Дерриге а Исламан библиотека

41 - Explained in Detail - Fuşşilat .

:1

Хьа-мūм.

:2

/Жайна/ охьадоссар /ду хIара/ Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчуьнгара.

:3

Жайна /ду хIара/‚ Шен аяташ къастийна долу‚ Iаьрбийн /маттахь/ дешара хилла хууш долчу къомана.

:4

Кхаъ бахьарг а‚ кхерамча а /хилла ду и Къуръан/‚ царах дукхахберш дIабирзи − шайна ца хозуш (и къобал ца деш).

:5

Цара элира: "Тхан дегнаш хьуламехь ду ахь тхо шега кхойкхучух‚ тхан лергий чохь къоралла ю‚ тхуна юккъехь а‚ хьуна юккъехь а кирхьа ду‚ хьан Iамал е‚ оха тхан Iамал йийр ю".

:6

Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "Баккъалла а, со-м адам ду шу санна‚ соьга вехьеца хаийтина шун Дела цхьа Дела вуйла‚ дIанисло Цуьнга, Цуьнга гечдар деха. Бāла бу-кх /Делаца/ накъост лоцучарна.

:7

Шаьш закат ца луш болчу‚ эхартана уьш керста бу.

:8

Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а − царна хедар йоцу ял ю.

:9

Ахь āла: "Аш инкарло йо Ша латта кхоьллинчунна шина дийнахь‚ аш Цунна нийсархой а хуьлуьйту? Иза ву Iаламийн Да".

:10

Хилийтина Цо цигахь (лаьттахь) чIогIа боьгIнарш (лаьмнаш) цунна тIехула‚ беркатедира Цо иза (латта)‚ дийкъира цу чохь кхачанаш деъа дийнахь− цхьанийсса /диъ де хилла/ хоьттучарна.

:11

ТIаккха Иза тIевирзира стиглана − и кIур бара (айелла хин Iаь). Цо элира цуьнга а, лаьтте а: "Схьадуьйла шайн лаамца‚ я лаамза". Цу шиммо элира: "Тхо деана тхан лаамца".

:12

Цо уьш кхочушхилийтира ворхI стигал хилла шина дийнахь‚ дIахаийтира /вехьеца/ хIор стигална шен гIуллакх. Оха хазйира гергара стигал чиркхашца‚ /ларийра иза шайтIанах/ Iалаш ярца. Иза бу веза волчун‚ хууш волчун (Делан) дIахIоттам.

:13

Уьш дIаберзахь‚ ахь āла: "Ас кхерам теси шуна ткъесаца‚ Iадийн а‚ Самудийн а ткъесах тера".

:14

Дагадаийта! Цаьрга баьхкира элчанаш‚ царна хьалхахула а‚ тIехьахула а: "Аш Далла бен Iибадат ма де", /олуш/. Цара элира: "Тхан Кхиош-кхобучун лиънехьара‚ Цо маликаш доссор дара. Баккъалла а, тхо шу шеца даийтинчунна керста ду-кх".

:15

Ткъа Iадаш курабевлира лаьттахь цхьа а бакъо йоцуш‚ цара элира: "Мила ву тхол чIогIа верг ницкъаца?" Царна ца гина-те уьш кхоьллина волу Дела царал чIогIа вуйла ницкъаца. Уьш хилира Тхан аяташна инкарло еш.

:16

Оха бахийтира царна шок лоькху мох халачу деношкахь цаьрга Iовшийтархьама сийсазаллин Iазап дуьненан дахарехь. Эхартан Iазап вуно а сийсаза ду. Царна гIо хир дац.

:17

Ткъа Самудаш − Оха билгалбаьккхира царна /диканан а, вонан а/ некъ − ткъа царна бIаьрсазалла дукхайийзира нийсачу некъал. ТIаккха уьш схьалецира ткъес тухучу сийсазаллин Iазапо цара карадеш хилларг бахьанехь.

:18

Оха кIелхьарбехира ийман диллинарш‚ шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш.

:19

Делан мостагIий цIарна хьалха гулбечу дийнахь − уьш могIаршкахь /вовшашна тIе/ лохкур бу.

:20

Уьш цига (цIарга) баьхкича, тешалла дийр ду царна тIехь церан хазаро‚ бIаьрсано‚ чIораша, уьш хIун деш хилла‚ аьлла.

:21

Цара эр шайн чIорашка: "Аш хIунда тешалла дира тхуна дуьхьал?" Цара эр: "Дистхилийтина тхо Дала‚ Ша массо а хIума дистхуьлуьйтуш волчу‚ Цо шу кхоьллина цкъа /шу доцучу хенахь/‚ Цунна тIе шу дIадерзош а ду".

:22

Шу ца хилира хьулдан гIерташ шайна тIехь тешалла дан шун хазаро а‚ шун бIаьрсино а‚ шун чIораша а‚ делахь а, шуна моьттура Далла ца хаьа аш дечух дукхадерг.

:23

Иза ду шун моттар‚ шайн Кхиош-кхобучух шуна моьттина долу‚ цо (шун моттаро) хIаллакдира шу‚ тIаккха шу хилира эшначарах.

:24

Цара нагахь сатохахь − цIе ю царна чохь Iан меттиг‚ цара нагахь /Дела/ реза хилар дехахь − уьш хир бац /Иза/ шайна реза хиллачарах.

:25

Оха хIоттийра царна доттагIий /шайтIанех а‚ жиннех а/‚ цара хаздира царна шайн хьалхахьдерг а‚ тIехьахьдерг а‚ царах хьакхаделира царал хьалхадаханчу жинийн а‚ адамийн а умматашкахь аьлла долу дош. Баккъалла а, уьш хилира эшнарш.

:26

Цатешначара элира: "Ла ма догIа хIокху Къуръане‚ даьсса хабар дийца цуьнгахь‚ шу тола мега".

:27

Iовшанне а Iовшуьйтур ма ду Оха цатешначаьрга чIогIа Iазап‚ банне а бекхам бийр ма бу Оха царна цара деш хиллачух уггар вочуьнца.

:28

И бу Делан мостагIийн бекхам − цIе. Царна цигахь гуттаренан хIусам ю − бекхам а хилла царна шаьш Тхан аяташна инкарло еш хиларна.

:29

Цатешначара элира /жоьжахатехь/: "ХIай тхан Кхиош-кхобург‚ гайтахь тхуна жинех а‚ адамех а тхо тилина и шиъ− тхан когий кIел буьтур бара оха – уьш /шиа/ хилийтаархьама уггар бухахьболчарах".

:30

Баккъалла а, аьлларш /шайн са долуш/: "Тхан Кхиош-кхобург /цхьа/ Дела- АллахI ву"‚ тIаккха нисбелларш − царна тIе дуссур ду /къинхетаман/ маликаш, /цара олуш/: "Шу ма кхералаш, сингаттаме ма хилалаш, кхаъ хили шуна ялсаманица‚ шуна ваIда йина хилла йолчу".

:31

"Тхо ду шун доттагIий дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а‚ шуна цигахь шун синошна дезарг ду‚ шуна цигахь аш дехнарг а ду"‚

:32

/Хьошаллина/ кечдина Ша гечдеш волчуьнгара‚ Ша къинхетаме волчуьнгара.”

:33

Мила ву вуно хаза дашца Деле кхийкхинчул а‚ дика Iамал йиначул а‚ ша аьлла волчул: "Баккъалла а, со ву-кх /Далла/ муьтIахь болчарах".

:34

Цхьанийсса ца хуьлу диканиг а‚ вониг а‚ ахь духатохауггар хаза долчуьнца − тIаккха хьуна а‚ шена а юккъехь мостагIалла ерг хьоме доттагI санна хир ву хьуна.

:35

И далур дац шаьш собар диначарна а бен‚ и далур дац шегахь доккха /ирсан/ дāкъа долчунна а бен.

:36

Хьуна /оцуннатIехь/ шайтIано васвасалла даг чу кхоссане а кхоссахь, Делаца ларвалар лаха. Баккъалла а, Иза хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву.

:37

Цуьнан Iаламатех ю буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а. Сужуд ма де малхана а‚ баттана а‚ аш сужуд де Ша уьш кхоьллина волчу Далла‚ шаьш Цунна Iибадат деш делахь.

:38

Цара куралла яхь‚ Далла гергахь берш Цунна тасбахь деш бу буьйсана а‚ дийнахь а‚ царна кIор ца до.

:39

Цуьнан Iаламатех ду хьуна латта гар декъа. Оха цунна тIе хи доссича, иза деттало‚ кхуьу. Баккъалла а, Иза дендийнарг − денбийр болуш ма ву белларш. Баккъалла а, Иза массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву.

:40

Тхан аяташкахь керстаналла деш берш Тхуна къайлабер бац. ЦIарга кхуссур верг дика ву я къематдийнахь кхерамза вогIур верг /дика/ ву? Iамал е шайна ма луъу. Баккъалла а, Иза аш дийриг гуш ма ву.

:41

Баккъалла а, хьехамна (Къуръанна) керстаналла динарш и шайга беъча /бекхам бийр бу Оха царна/. Баккъалла а, иза деза долу жайна ду-кх.

:42

Харцдерг догIур дац цунна хьалхахула а‚ тIехьахула а‚ /иза/ охьадоссар ду Ша хьукаме а‚ хастаме а волчуьнгара.

:43

Хьоьга ца олу хьол хьалха элчанашка аьлларг а бен. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург Шегахь гечдар долуш а ву‚ лазаме таIзар долуш а ву.

:44

Оха иза хилийтинехьара Iаьрбех доцу Къуръан‚ /тIаккха а/ эр ма дара цара: "Цуьнан аяташ къастинехьара /тхуна‚ тхо царах кхетархьама/. Ткъа /Къуръан/ Iаьрбех доцуш хила дезара‚ /пайхамар ша/ Iаьрби а волуш? Ахь āла: "Иза (Къуръан) ийман диллинчарна ду‚ нийса некъ а‚ дарба а хилла". Цатешнарш а − церан лергий чохь къоралла ю‚ иза (Къуръан) царна бIаьрсаза ду (уьш ца кхета цунах). Уьш бу шайга кхойкхучарах /тера/ генарчу меттигера.

:45

Оха делира Мусага жайна‚ цу чохь а хилпало хилира. Дошхьалха ца деллехьара хьан Кхиош-кхобучуьнгара − хьукам дина хир дара царна юккъехь. Баккъалла а, уьш шеконан шеконехь бу-кх.

:46

Дика Iамал йинарг − /иза/ цунна шена ю. Вониг динарг − /иза а/ цунна дуьхьал ду. Хьан Кхиош-кхобург ма вац /цуьрриг/ зулам дийр долуш лешна.

:47

Цунна тIе духадерзо сахьтан Iилма. Ара ца болу зезагийн юккъера стоьмаш а‚ цхьа а стечун кийра бер а ца лета‚ цо бер ца до Цунна хууш бен. Оцу дийнахь цаьрга кхойкхур ду: "Мичахь бу Сан накъостий?" Цара эр: "Хьоьга хаийтина оха: вац тхох цхьа а теш".

:48

ДIатилира царах уьш хьалха шайга кхойкхушхилларш. Царна хиира шайна цхьа а кIелхьардовлийла доцийла.

:49

КIор ца до адамна диканаш дехар. Нагахь санна шех вониг кхетахь, /Делан къинхетамах/ дог дуьллу цо.

:50

Оха цуьнга Тхайгара къинхетам Iовшийтахь цунах зен кхетначул тIаьхьа‚ цо аланне а ма олу: "ХIара сан /хьуьнарца/ ду. Суна ца моьтту сахьт д1ахIуттур ду. Со сан Кхиош-кхобучунна тIе юхаверзавахь а − суна Цуьнгахь вуно а диканиг хир ду". Оха дийцанне а дуьйцур ма ду керстанашка цара динарг‚ Оха Iовшийтанне а Iовшуьйтур ма ду цаьрга луьрачу Iазапах /1азап/.

:51

Оха адамна ниIмат делча‚ дIавоьрзу иза /баркалла аларх/‚ агIорхьавзий. Вониг шех кхетахь − дехха доIанаш деш хуьлу.

:52

Ахь āла: "Гой шуна‚ иза /Къуръан/ Делера хилча - /и хьакъ – бакъ ду/, тIаккха аш цунна керстаналла дича, мила ву ткъа ша /цуьнца/ генарчу мостаг1аллехь волчул вуно а тилавелларг?"

:53

ТIаьхьа Оха цаьрга гойтур ду Тхан Iаламаташ /стигланийн а‚ лаьттан а/ агIонашкахь а‚ цаьргахь шайгахь а царна билгалдаллалц иза бакъдерг дуйла. Кхачо ца хуьлу хьан Кхиош-кхобучуьнца Иза массо а хIуманна тIехь теш хилар?

:54

Баккъалла а, уьш бац шайн Кхиош-кхобучуьнца цхьанакхетарах шеконна чохь? Баккъалла а, Иза вац массо а хIуманна го буьллуш верг /Iилманца‚ Шена хаарца/?