Хьа-мūм.
Жайна охьадоссор /ду хIара/ Ша веза волчу‚ хууш волчу Делера,
Ша къа гечдийриг волчу‚ ша тōба къобалдийриг волчу‚ бекхамехь чIогIа волчу, комаьршалла Шегахь йолчу. Вац /кхин/ дела Иза воцург‚ Цуьнга ду дIадерзар.
Къуьйсур ма дац Делан аяташкахь шаьш /Делах/ цатешначара бен‚ хьо Iеха ма войла церан махкахь /кура/ дIасхьаийдаро.
Харцдира /Делан цIен дин/ царал хьалха Нухьан къомо а‚ царал тIаьхьа тобанаша а. Ойла еш дара хIор уммат шен элчанех иза /бохам барца/ схьалацан. Цара къийсийра харцдолчуьнца цуьнца бакъдерг дайа гIерташ −Ас схьалецира уьш /хIаллакбарца/. Муха хили Сан таIзар!
Иштта бакъхилира хьан Кхиош-кхобучун дош цатешначарна тIехь‚ уьш /жоьжахатин/ цIеран дай бу‚ аьлла долу.
Шаьш Iарш лелош берш а, цунна гонахь берша тасбахь деш бу хастамбарца шайн Кхиош-кхобучунна‚ тешаш бу Цуьнах‚ гечдар доьхуш бу ийман диллинчарна: "Тхан Кхиош-кхобург‚ массо а хIуманна шорто йина Ахь къинхетамца а‚ Iилманца а‚ Ахь гечделахь тōба диначарна а‚ Хьан некъана тIаьхьахIоьттинчарна а‚ уьш ларбелахь жоьжахатин Iазапах.
Тхан Кхиош-кхобург‚ Iаднан/ялсаманин/ бошмаш чу бохкалахь уьш‚ Ахь царна ваIда йина йолчу‚ церан дайх а‚ зударех а‚ зуьрретах а дика Iамал мел йинарг а. Баккъалла а, Хьо ву-кх веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а.
Ахь ларбелахь уьш вочух (къинош бахьанехь дечу 1азапах). Ахь ша вочух ларвийнарг оцу дийнахь −Ахь къинхетам бина цунах. Иза бу-кх сийлахь-боккха толам".
Баккъалла а, цатешначаьрга кхойкхур ма ду: "Делан цабезам мелхо а боккха бу шун цабезамал шайга‚ шу кхойкхура иймане −аш керстадора".
Цара элира: "Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахь далийтира тхо шозза‚ Ахь ден а дира тхо шозза‚ тхо къера хилла тхан къиношна. Арадовла цхьа а некъ буй?"
Иза (Iазап ду шуна) веккъа цхьана Деле кхайкхича, аш и керстадарна‚ Цуьнца накъост лоцуш хилча, шу тешарна. Хьукам /хIинца/ лекха-воккха волчу Делан ду.
Иза ву гойтуш шуьга Шен аяташ‚ Цо охьадоссадо шуна стиглара рицкъ. Ойла ца йо-кх ша /Далла/ т1евоьрзуш волчо а бен.
КхайкхаДеле шаьш Цунна дог ц1ена хуьлуш /дечу/ 1ибадатехь, и керстанашна /мел/ ца дезахь а.
Даржаш хьалайохург /ву Иза/‚ /шегахь/ Iарш йолуш‚ Садохуьйту Цо Шен лех Шена луучуьнга кхерам таса вовшашца цхьанакхетар хиндолчу денца.
Оцу дийнахь уьш гучубовлур бу /арабовлур бу шайн кешнашкара/. Хьуллур дац Далла царах долчух хIумма а. Хьенан ду паччахьалла тахана? Ша цхьаъ волчу‚ тIех нуьцкъала волчу Делан ду-кх!
Тахана бекхам бийр бу хIор синна ша /дуьненахь/ карадинчуьнца. Зулам хир дац тахана. Баккъалла а, Дела сиханиг ву хьесап дарехь.
Кхерам таса царна гергадогIур долчу /къемат/денца‚ /нехан/ дегнаш къамкъаргашна тIе кхаьчча /кхераделла детталуш/‚ шаьш дохкобевла /хир болу/. Ма вац зуламхошна цхьа а доттаг1 а, цхьа а г1одоккхург а, шена /уьш/ муьтIахь а болуш.
Хаьа Цунна бIаьргийн тешнабехк а /хьарам хIумане хьоьжуш/‚ дегнаша хьулдийриг а.
Дала кхиэл йо бакъдолчуьнца. Иза а витина, цара шайга кхойкхуш болчара кхиэл ца йо цхьанна хIуманца. Баккъалла а, Дела −Иза ву хозуш верг а‚ гуш верг а.
Уьш ца лела лаьттахула‚ тIаккха уьш ца хьоьжу, муха хилла царал хьалха хиллачеран тIаьхье? Уьш бара царал вуно чIогIа ницкъаца а‚ лаьттахь асар дитарца а. Дала схьалецира уьш шайн къинош бахьанехь‚ ма ца хилира царна Делан дуьхьал цхьа а лардархо.
Иза /хилла/ цаьрга богIуш хиларна шайн элчанаш билгалонашца −цара уьш харцбора. Дала схьалецира уьш. Баккъалла а, Иза нуьцкъала верг а ву‚ бекхамца чIогIаниг а ву.
Оха вахийтира Муса Тхан аяташца а‚ билгалчу бакъонца а
ФирIавне а‚ ХIамане а‚ Къаруне а. Цара элира: "/Иза/ тIех харцлуьйш волу бозбуунча ву".
Иза цаьрга веъча Тхоьгара бакъдолчуьнца, цара элира: "Байа цуьнца цхьана ийман диллинчеран кIентий‚ дийна бита церан зударий". Керстанийн мекарло тилар чохь бен ма яц.
ФирIавно элира: "Вита со Муса вен. Шен Кхиош-кхобучуьнга кхойкхур цо. Баккъалла а, со кхоьру цо шун дин хийцадан‚ я лаьттахь боьханиг гучудаккхийтан".
Мусас элира: "Баккъалла а, со ларвелла сан Кхиош-кхобучуьнца а‚ шун Кхиош-кхобучуьнца а массо а хьесапан /къемат/ дийнах ца тешаш кураваьллачух ".
ФирIавнан доьзалах цхьана ийман диллинчу и шегахь хьулдеш волчу стага элира: "Аш воь ткъа стаг цо аларна "сан Кхиош-кхобург цхьа АллахI-Дела ву?" Ткъа иза шуьга шун Кхиош-кхобучуьнгара билгалонашца ма веана. Иза харцлуьйш велахь, цунна шена ю-кх и харцо. И бакълуьйш велахь, цо шуна хир ду бохучух цхьадерг хьакхалур (кхетар) ма ду шух. Баккъалла а, Дала нис ца во ша тIаламза верг а‚ тIех харцверг а.
ХIай сан къам‚ шуна ду паччахьалла тахана‚ шу /Мисран/ лаьттахь /массарал/ тоьлуш долуш. Хьан гIо дийр ду вайна Делан ницкъах /кIелхьарадовла/ и вайга беъча?" ФирIавно элира: "Ас шуьга ца гойту сайна гушдерг а бен‚ ас шу нис ца до нийсонан новкъа бен".
Ийман диллинчо элира: "Сан къам‚ баккъалла а, со кхоьру шуна тобанийн десанначу дийнах.
Нухьан къоман а‚ Iадийн а‚ Самудийн а‚ царал тIаьхьа хиллачеран Iадатах тера /ду-кх хIара аш лелориг/. Дела ма вац зулам лууш Шен лешна.
ХIай сан къам‚ баккъалла а, со кхоьру шуна вовшашка кхайкхаран дийнах.
Шу духадовду долчу дийнах −ма вац шуна Делера цхьа а гIоьнча. Дала тилавала витинарг −ма вац цунна цхьа а нисвийриг".
Шуьга веара хьалха Юсуф билгалонашца шу лаьтташ ду шеконехь иза шуьга шеца веанчух. Иза хIаллакхилча (велча), аш элира: "Ваийтанне а воуьйтур ма вац Дала цул тIаьхьа элча". Иштта тилавала вуьту Дала ша тIаламза верг а‚ шеконехь верг а,
Шаьш Делан аяташкахь къуьйсуш болу шайга еана бакъо а йоцуш. Боккха хили /цаьрга болу/ цабезам Далла гергахь а‚ ийман диллинчеран гергахь а. Иштта муьхIар туху Дала х1ор курадаьллачу‚ /нахана/ ницкъбечу дагна тIе.
ФирIавно элира: "ХIай ХIаман! ЮгIа суна гIала‚ со кхиа тарло некъашка.
Стигланийн некъашка. Мусан Далла тIекхочур ву со. Баккъалла а, суна хета и (Муса) харц ву аьлла". Иштта хаздина ФирIавнана цуьнан балхан вониг‚ дIахьовзина иза /нисчу/ некъах. ФирIавнан мекарло ма яц хIаллакхилар чохь бен.
/ТIаккха/ элира /Фир1авнан къоман юккъера/ ийман диллинчо: "ХIай сан къам‚ суна тIаьхьахIитта‚- ас нисдийр ду шу нийсонан новкъа.
ХIай сан къам! Баккъалла а, хIара дуьненан дахар /кIеззиг/ зовкх хьегар ду‚ ткъа эхарт −иза ду чIагIонан цIа.
Вониг динарг −цунна бекхам хир бац и санначуьнца а бен. Диканиг динарг‚ стаг велахь а‚ зуда елахь а‚ ша муъмин а волуш −уьш ялсамани чу гIур бу‚ царна рицкъ лур ду цу чохь, хьесап а доцуш.
ХIай сан къам! Х1ун ду суна шу кхайкха /жоьжахатих/ кIелхьардовларе‚ аш со кхайкха /жоьжахатин/ цIарга?
Аш со кхойкху ас Далла керстаналла даре‚ ас Цуьнца накъост лацаре суна шеца цхьа а Iилма доцург‚ ткъа ас шу кхойкху Ша веза а‚ тIех гечдийриг волчуьнга.
Дера аша-м кхойкху со шена дуьненахь а‚ эхартахь а цхьа а кхайкхар доцучуьнга‚ ткъа вайн дIадерзар Деле ма ду‚ амма тIаламза берш −уьш ма бу /жоьжахатин/ цIеран дай.
Шуна тIаьхьа дагадогIур ду ас шуьга дуьйцург. Ас сан гIуллакх Деле дIало. Баккъалла а, Дела ву-кх /Шен/ леш (халкъ) гуш верг."
Дала ларийра иза цара йинчу мекарлонан вонах. Хьакхаделира ФирIавнан доьзалах Iазапан вониг.
ЦIе −цунна тIе уьш кхуьссур бу Iуьйрана а‚ суьйрана а‚ сахьт хIуттучу дийнахь /кхайкхар хир ду цаьрга/: "Чу бохка ФирIавнан доьзал уггар чIогIачу Iазапна".
Дагадаийта! Вовшашца къийсаме баьр бу уьш цIаргахь‚ гIийлачараэр ду курабевла хиллачаьрга: "Баккъалла а, тхо дара шуна тIаьхьахIиттийна /дуьненахь аш бохург деш‚ хIинца/ аш дIадоккхий тхох цIеран /Iазапах/ цхьа дāкъа?"
Шаьш курабевла хиллачара элира: "Баккъалла а, вай дерриге а цу чохь/цIаргахь/ ду-кх. Баккъалла а, Дала хьукам дина лешна юккъехь".
Эр ду цIаргахь болчара жоьжахатин гIаролашка: "Кхайкха шайн Кхиош-кхобучуьнга‚ дайде āла тхуна тIера Iазап цхьана денна мукъане а".
Цара (жоьжахатин гIаролаша) эр ду: "Шуьга бохкуш ца хилира шун элчанаш билгалонашца?" Цара элира: "ХIаъ". Элира /гIаролаша/: "Кхайкха шаьш!" Керстанийн кхайкхар ма дац тилар чохь бен.
Баккъалла а, Оха гIо дийр ду Тхан элчанашна а‚ ийман диллинчарна дуьненан дахарехь а‚ тешаш хIуттучу /къемат/ дийнахь а.
Оцу дийнахь зуламхошна пайда бийр бац церан бехказлонаша. Царна неIалт ду‚ царна /эхартан/ цIийнан боьханиг ду.
Оха белира Мусага нийса некъ‚ ирсана дитира Исраилан кIенташна жайна.
Нийса некъ а‚ хьехам а /хилла долу/ хьекъалдолчарна.
Собар де‚ баккъалла а, Делан ваIда −хьакъ-бакъ ю‚ гечдар деха хьан къина‚ тасбахь де хьан Кхиош-кхобучунна хастам барца сарахь а‚ Iуьйранна а.
Баккъалла а, Делан аяташкахь шайга еана цхьа а бакъо йоцуш къуьйсуш берш −баккъалла а, церан кийрахь ма яц куралла бен‚ уьш шена тIе кхуьур йоцу (уьш шайн мураде кхочур боцу). Ларвалар лаха Делаца. Баккъалла а, Иза ву хозуш верг а‚ гуш верг а.
Ткъа стигланаш а‚ латта а кхоллар мелхо а доккха ду нах кхолларал‚ делахь а, дукхах болчу нахана ца хаьа-кх.
Цхьа терра бац бIаьрсадоцург а‚ гуш верг а; ийман диллинарш а, дика Iамалш йинарш а‚ вониг деш верг а. КIеззиг ду-кх аш ойла йийриг.
Баккъалла а, сахьтдогIур долуш ду, шеко яц цу чохь‚ делахь а, дукхах болу нах тешаш бац-кх.
Шу Кхетош-кхиочо аьлла: "Соьга кхайкха −Ас жоп лур ду шуна".Баккъалла а, шаьш Суна Iибадат дарах курабовлуш берш −чугIур ма бу жоьжахатина, кIелбисина.”
Дела ву хилийтинарг шуна буьйса шуьга садаIийта шена чохь‚ де а /шуна/ серло луш /шайн г1уллакхаш дан/. Баккъалла а, Дела ниIмат долуш ву-кх нахана /дала/‚ делахь а, дукхах болчу наха баркалла ца олу-кх.
И ву-кх АллахI-Дела‚ шун Кхиош-Кхобург‚ массо а хIуманан кхоллархо. /Кхин/ дела вац Иза воцург. Ма Iехош ду шу /генадохуш ду бакъдолчух/!
Иштта Iехора /генабохура бакъдолчух/ Делан аяташна инкарло еш хилларш.
Дела ву динарг шуна латта чIагIо хилла‚ стигал гIишло хилла‚ шуна куьцаш динарг‚ т1аккха хаздина Цо шун куьцаш, цIенчу хIуманех рицкъ а делла шуна. И ву АллахI-Дела −шун Кхиош-кхобург. Беркате хили Дела −Iаламийн Да.
Иза дийнаверг ву‚ /кхин/ дела вац Иза воцург‚ кхайкха Цуьнга‚ Цунна дог ц1ена хуьлуш /дечу/ 1ибадатехь. Хастам бу Далла −Iаламийн Дена.
Ахь āла: "Баккъалла а, суна дихкина Iибадат дан аш, Дела а витина /шайга/ кхойкхучаьрга сан Кхиош-кхобучуьнгар соьга билгалонаш еъначул тIаьхьа‚ суна омра дина Iаламийн Дена муьтIахь хилар".
Ахь āла: "Баккъалла а, суна дихкина Iибадат дан аш, Дела а витина /шайга/ кхойкхучаьрга сан Кхиош-кхобучуьнгар соьга билгалонаш еъначул тIаьхьа‚ суна омра дина Iаламийн Дена муьтIахь хилар".
Иза ву шу кхоьллинарг топпарах‚ тIаккха тIадамах‚ тIаккха детинчу цIих‚ тIаккха бераш хуьлий арадоху шу‚ тIаккха шу тIекхиархьама шайн ницкъина‚ тIаккха шух къена нах хилийта. Шух ву хьалха леш верг а. /И кхиэл йина Дала/ шу тоьхначу ханна тIекхачархьама а, шу ойла еш хилийтирхьама а.
Иза ву шу кхоьллинарг топпарах‚ тIаккха тIадамах‚ тIаккха детинчу цIих‚ тIаккха бераш хуьлий арадоху шу‚ тIаккха шу тIекхиархьама шайн ницкъина‚ тIаккха шух къена нах хилийта. Шух ву хьалха леш верг а. /И кхиэл йина Дала/ шу тоьхначу ханна тIекхачархьама а, шу ойла еш хилийтирхьама а.
Иза ву денволуьйтург а‚ волуьйтург а. Шен /цхьана/ гIуллакх тIехь сацам хилча‚ Цо олу цуьнга: "Хила!" −иза хуьлу.
Иза ву денволуьйтург а‚ волуьйтург а. Шен /цхьана/ гIуллакх тIехь сацам хилча‚ Цо олу цуьнга: "Хила!" −иза хуьлу.
Хьуна ца го и Делан аяташкахь къуьйсуш берш. Ма д1ахьовзош бу уьш /бакъдолчух/!
/Уьш бу/ шаьш харцдинарш жайна а‚ Оха шеца Тхан элчанаш бахийтинарг а. ТIаьхьа хуур ду-кх царна!
Шайна лагех буржолаш-г1оматаш а тоьхча‚ зIайнаш а /ехкича/, такхор бу уьш
Кхахкина хи чу‚ тIаккха цIаргахь багор бу .
ТIаккха олур /ду/ цаьрга: "Мичахь ду аш /Делаца/ накъост лоцуш хилларг
АллахI воцург?" Цара элира: "ДIатили уьш тхох. ХIаъ‚ тхо дацара кхойкхуш хьалха хIуманне а". Иштта тилабала буьту Дала керстанаш.
И (Iазап ду шуна) лаьттахь цхьа а бакъо а йоцуш шу даккхийдедаш хиларна а‚ шу тIех хазахеташ хиларна а.
Чу гIо жоьжахатина неIаршкахула, гуттарена цу чохь лаьтташ. Ма вон чохь Iен меттиг ю-кх курабевлачеран!
Собар де‚ баккъалла а, Делан ваIда хьакъ-бакъ ю. Оха гайтанне а гойтур ма ду хьоьга /хир ду/аьллачех цхьадолу хIуманаш я Оха волуьйтур ву хьо −тIаккха Тхуна тIе дIаберзор бу уьш.
Оха бахийтинера элчанаш хьол хьалха а‚ царах Оха хьуна бийцинарш а бу‚ царах Оха хьуна бийцаза берш а бу. Бакъхьара ца хилла цхьанна элчанна цхьа а аят дан Делан пурбанца бен. Делан омра деъча −сацам хилира бакъдолчуьнца −кхузахь ийшира /дин/ харцдеш хилларш.
Дела ву шуна бежанаш хилийтинарг: царах /цхьадерш/ шуна тIеховжа‚ царах /цхьадерш/ −шуна даа.
Шуна цаьргахь /кхин/ пайданаш а бу‚ аш царна тIехь кхочушдархьама шайн дагахь долу хьашт‚ царна тIехь а‚ кеманна тIехь а шу дIалеладо.
Цо гойту шуна Шен аяташ. Делан муьлхачу аятана аш инкарло йо?
Уьш ца лела лаьттахула‚ ца хьовсу-те‚ муха хилла царал хьалха хиллачеран тIаьхье? Уьш ма бара вуно царал дукха ницкъаца а‚ лаьттахь /дуьтучу/ асарца а вуно чIогIа а −кIелхьар ма ца бехира уьш цара /дуьненахь/ карадеш хиллачо.
Цаьрга баьхкича церан элчанаш билгалонашца‚ баккхийбийдира уьш шайгахь долчу /дуьненан/ Iилманца‚ царах хьакхаделира цара ша сийсазадеш хилларг.
Шайна Тхан ницкъ гича‚ цара элира: "Оха ийман дилли веккъа цхьана Деле‚ Оха керстадина тхаш Цуьнца накъост лоцуш хилларг".
Ца хилира царна пайдехь церан ийман Тхан ницкъ беъначул тIаьхьа. Делан Iадат /ду иза/‚ Цуьнан лешкахь ша чекхдаьлла долу. Ийшира кхузахь керстанаш.