Дерриге а Исламан библиотека

39 - The Troops - Az-Zumar .

:1

Жайна доссор /ду хIара/ Ша веза волчу‚ хьукам /нийса/ деш волчу Делера.

:2

Баккъалла а, Оха доссина хьоьга жайна бакъдолчуьнца: Далла Iибадат де‚ Цунна дог ц1ена хуьлуш /дечу/1ибадатехь.

:3

Ткъа Делан дац цIена дин?Иза воцург гIоьнчийлаьцнарш‚ /олуш/: оха царна Iибадат ца до цара тхо Далла гергадахийта а бен ма торру гергахиларца −баккъалла а, Дала хьукам дийр ду царна юккъехь церан хилпало йолчохь. Баккъалла а, Дала нис ца во ша харцверг а‚ т1ех сов керста хилларг а.

:4

Далла лиънехьара Шена доьзалхо лаца‚ Цо хаьржина хир ма вара Ша кхоьллинчух Шена луург. Вонах цIена ву Иза. Иза АллахI ву‚ Ша цхьаъ волу‚ тIех сов нуьцкъала волу.

:5

Цо кхоьллина стигланаш а‚ латта бакъдолчуьнца. Цо хьавзайо буьйса дийне‚ де хьовзадо буьйсане‚ муьтIахь бина малх а‚ бутт а−массо а дIалелаш бу шен хан тIекхаччалц. Ткъа Иза вац веза верг а‚ тIех сов гечдеш верг а?

:6

Цо шу кхоьллина цхьана синах (Āдамах)‚ тIаккха Цо йина цунахцуьнан зуда (Хьава)‚ Цо доссина шуна даьхнех борхI−борша а‚ сте а. Шу кхуллу Цо шун нанойн кийрахь цхьана кхолларца /кхечу/ кхолларал тIаьхьа кха /хIуманан/ боданехь. Иза ву АллахI −шун Эла‚ Цуьнан ду паччахьалла. /Кхин/ дела вац Иза воцург −ма дIатилош ду шу /Цунах/.

:7

Аш керстадахь −баккъалла а, Дела шух цIенаву. Иза реза вац Шен лешна /цара Шен дин/ керстадарна. Аш шукурдахь −оцуьнца реза ву Иза шуна. Д1ахьур бац д1ахьочо кхечун мохь. ТIаккха шун Кхиош-кхобучунна тIе шун дIадерзар ду. Цо дуьйцур ду шуьга аш деш хилларг. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг.

:8

Адам цхьана бохамо схьалаьцча, −шен Кхиош-кхобучуьнга кхойкху цо, Цунна тIе воьрзий /тōба дарца/. ТIаккха Цо Ша паргIатваьккхича Шегара ниIматаца, −дицдо цо ша Цуьнга кхойкхуш хилларг хьалха‚ Далла нийсархой а бо цо Цуьнан некъах /нах/ тилорхьама. Ахь āла: "Бахам бе хьан керстаналлица цхьа кIеззиг. Баккъалла а, хьо ву цIеран дайх".

:9

Ша Далла гIуллакх деш верг буьйсанан сахьташкахь‚ сужуд деш‚ /ламазаш деш/ хIоьттина верг эхартах кхоьруш, шен Кхиош-кхобучун къинхетаме дог дохуш /вуй и тера Далла Iесалла ечух/? Ахь āла: "Цхьа терра буй хууш берш а‚ ца хууш берш а?" Баккъалла а, ойла йийр ю хьекъал долчара.

:10

Ахь āла: "ХIай сан ийман диллина болу леш! Шу кхера шайн Кхиош-кхобучух. Диканиг динчунна хIокху дуьненахь −диканиг ду. Делан латта шортта ду. Собар диначарна шайн ял лур ма ю цхьа а хьесап доцуш".

:11

Ахь āла: "Баккъалла а, суна омра дина ас Далла Iибадат дан, Цунна дог ц1ена хуьлуш /дечу/ 1ибадатехь.

:12

Суна омра дина со цхьалгIа бусалбахила".

:13

Ахь āла: "Бакъалла а, со кхоьру, ас сан Кхиош-кхобучунна Iесалла йича, деза-доккхачу /къемат/ дийнан Iазапах".

:14

Ахь āла: "Далла Iибадат до ас, Цунна дог ц1ена хуьлуш сан 1ибадатехь.

:15

Аш Iибадат де шайна ма луу Иза воцучунна". Ахь āла: "Баккъалла а, эшаллехь бисинарш бу шаьш а‚ шайн доьзал а байнарш къематдийнахь". Иза бац ткъа билгал эшам?

:16

Царна шайн тIехула а цIеран гIатт хир ю‚ шайн бухахула а гIатт ю. Иштта цуьнца кхерабо Дала Шен леш: хIай Сан леш! Сох кхералаш.

:17

ТIагIутгенадаьккхинарш шена Iибадат дарх‚ Далла тIе бирзинарш −царна кхаъ бу −ахь кхаъ баккха Сан лешна.

:18

/Уьш/ даше ладуьйгIуш берш бу‚ тIаккха цуьнан уггар дикачунна тIехьабаьзаш −уьш бу Дала шаьш нисбинарш. И бохкурш −уьш бу хьекъалдерш!

:19

Ткъа Шена тIехь Iазапан дош /жоьжахате гIур ву аьлла/ бакъхилларг −/нисло дика Iамал ечуьнца/? Ахь кIелхьарвоккхур вуй цIаргахьверг?

:20

Делахь а, шайн Кхиош-кхобучух кхийринарш −царна хIусамашхир ю‚ шайн тIехула а дина даьлла цIенош долуш‚ шайн бухахула хиш а лелаш −Делан ваIда ю /иза/. Дала ца йохайо /Шен/ ваIда.

:21

Хьуна ца го: Дала доссина стиглара хи‚ т1аккха дохуьйту и лаьттахь долчу хьосташчу‚ тIаккха цуьнца ялта схьадоккху Цо тайп-тайпана беснашдолуш‚ тIаккха дакъадолуьйту Цо −хьуна и го мажделла‚ тIаккха Цо царах /аьтта, йохийна/ кийсакаш хуьлуьйту. Баккъалла а, цу чохь хьехам бу хьекъалдолчарна.

:22

Ткъа Дала шен дог исламанад1аделлинарг‚ ша шен Кхиош-кхобучун нур тIехь волуш /дика вац шен дагна тIе мухIар тоьхначул/? Бала бу шайн дегнаш Дела хьехорах къиза долчарна. Уьш билгалчу тилар чохь бу-кх!

:23

Дала хабарх уггар хазниг доссадина −шен хьукам а, хьехамаш а керл – керла бохуш, вовшашка тера болуш долу жайна, цунах шен Кхиош-кхобучух кхоьручеран чIор детталуш‚ тIаккха шен чIор а‚ дегнаш а Дела хьехорна кIадлуш. Иза бу Делан нийса некъ‚ Цо нисво цуьнца Шена луург. Дала тилавала вуьтуш верг −цуьнан вац /ша/ нисвийриг.

:24

Ткъа шен юьхьаца къематдийнахь Iазапан вонах ларвала гIиртинарг/ву цу жоьжахатих ларинчух тера/? Аьлла /хир ду/ зуламхошка: "Iовша /хIинца/ шаьш /дуьненахь/ карадеш хилларг!"

:25

Царал хьалха хиллачара а харцбира /элчанаш/ −Iазап деара царна шайна хаа ца лучуьра.

:26

Дала Iавшийтира цаьрга дуьненан дахарехь сийсазалла, ткъа эхартан Iазап вуно а доккха ду‚ уьш хууш хиллехь.

:27

Оха далийна нахана хIоккху Къуръанчохь хIор /х1уманах/ масал, уьш ойла еш хир бацара-те?

:28

Iаьрбийн /маттахь/ Къуръан /хилийтина/‚ цхьа а гамо йоцуш −уьш кхоьрур бацара-те?

:29

Валийна Дала масална цхьа стаг‚ шегахь накъостий къуьйсуш болу (дукха нехан долахь волу)‚ /важа/ стаг а (веккъа цхьана стеган долахь волу). И шиъ цхьатерра вуй масалца? Хастам бу Далла. ХIаъ‚ царах дукхахболчарна ца хаьа-кх.

:30

Баккъалла а, хьо а лийрволуш ву /х1ай Мухьаммад/‚ баккъалла а, уьш а лийр болуш бу.

:31

Т1аккха баккъалла а, шу къематдийнахь шайн Далла хьалхахь къуьйсуш хир ду.

:32

Мила ву ткъа зуламе ша Далла тIехь харцлуьйш волчул‚ ша бакъдерг, и шега деъначул тIаьхьа, харцдеш волчу? Ткъа жоьжахатина чохь яц Iан меттиг керстанашна? /Ма шортта ю!/

:33

Ша бакъдолчуьнца веънарг а /Мухьаммад пайхамар/, иза бакъвеш берш а /муъмин нах/ −уьш бу /Делах/ кхоьруш берш.

:34

Царна шайна луург /хир/ ю шайн Кхиош-кхобучунна гергахь. И бу дикачеран бекхам.

:35

Дала цIанбархьама уггар вочу шаьш динчух (къинах)‚ царна шайн ял ялархьама шаьш деш хилалчух уггар хазачуьнца.

:36

Ткъа Дела вац кхачо йолуш Шен лена? Цара хьуна кхерамаш туьйсу Цул лахарчаьрца. Милла велахь а Дала тилавала витинарг, −ма вац цунна цхьа а иза нисвийриг.

:37

Милла велахь а Дала нисвеш верг −ма вац цхьа а и тилаван. Ткъа Дела вац веза верг а‚ шегахь бекхам берг а? /Ву!/

:38

Ахь цаьрга хаьттича: "Хьан кхоьллина стигланаш а‚ латта а"‚ аьлла‚ цара аланне эр ма ду: "Дала". Ахь āла: "Гой шуна и аш, Дела а витина шайга кхойкхурш‚ Далла суна цхьа зен лиъча‚ цара дIадоккхур долуш дуй и Цуьнан зен‚ я Цунна лиъча суна къинхетам‚ цара сацор болуш буй и Цуьнан къинхетам?" Ахь āла: "Тоам бу суна Дела‚ Цунна тIе товжийла шаьш т1етовжуш берш".

:39

Ахь āла: "Сан къам‚ Iамал е шайна могучу кепара‚ баккъалла а, со а Iамал еш ву. ТIаьхьа хуур ду шуна,

:40

Хьанна тIе догIур ду Iазап, цуьнан сий а дайаш‚ хьанна тIе хьаьрчар ду лаьтташ долу Iазап."

:41

Баккъалла а, Оха доссийна хьоьга нахана /деша, хьукам дан/ жайна бакъдолчуьнца. Нисвелларг −шена /нисвелла/‚ тилавелларг −иза а шена тилавелла. Хьо ма вац царна тIехь векал.

:42

Дала схьаоьцу /нехан/ синош уьш лечу хенахь‚ цаделларг −набарх. Цо схьалоцу шена Iожалла сацам хилларг‚ дIадохуьйту важа шен тоьхначу ханна. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду ойла ечу къомана.

:43

Цара лаьцна, Дела а витийна, шайна гIодоккхурш? Ахь āла: "Уьш цхьанна хIуманна доладеш ца хилча а‚ хьекъале ца хилча а?"

:44

Ахь āла: "Делан ду гIодаккхардерриге а. Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. ТIаккха Цунна тIе шу дIадерзор долуш ду".

:45

Веккъа цхьа АллахI - Дела хьехавича, дегнаш тохало /и ца дезаш/ эхартах ца тешаш болчеран. Иза воцурш хьехабича, −уьш баккхийбеда (баккхийбоь).

:46

Ахь āла: "/Везан/ Дела‚ /Хьо ву-кх/ стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг‚ къайлаха дерг а‚ гучахь дерг а хууш верг а‚ Ахь хьукам дийр ду-кх Хьан лешна юккъехь‚ цара хилпало еш хиллачохь".

:47

Зулам диначарна лаьттахь мел дерг а‚ цуьнца кхин цул хилча а, −и д1алур ма дара цара къематдийнахь Iазапан вочун духьал (к1елхьарбовлархьама). Гучуделира царна Делера цара хьесап ца деш хилларг.

:48

Гучуделира царна боьха хIуманаш шаьш карадинчух‚ хьакхаделира царах уьш шех ца бешаш хилларг.

:49

Адамо цхьана зено ша схьалаьцча, Тхоьга кхойкху‚ тIаккха Оха иза Тхайгара ниIмате хьовзадича‚ цо олу: "Баккъалла а, иза-м деллера суна сан хаарна (со суо бахьанехь)". ХIаъ‚ иза (Дала цунна делларг) питна (и зерхьама делла) ду‚ делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх.

:50

Иза элира царал хьалха хиллачара а‚ кIелхьар ца бехира уьш цара карадеш хиллачо.

:51

Царах кхиира боьха хIуманаш‚ цара карадина хилла долу. ХIокхарах зулам динарш −царах а кхиар ду шаьш карадина долу боьха хIуманаш‚ цара (и Делан Iазап) гIелдийр ма дац. (Цунах бовдур ма бац уьш).

:52

Царна ца хаьа-те Дала рицкъ даржадеш хилар Шена луучунна /и зерхьама/‚ барам а беш /хилар Шена луучунна и бале озорна/. Баккъалла а, цу чохь делилш ду-кх тешаш долчу къомана.

:53

Ахь āла /х1ай Мухьаммад/ шайна /дукха къинош дарца/ тIаламза хилла болчу Сан лешка: "Аш дог ма дилла Делан къинхетамах. Баккъалла а, Дала гечдо къинош дерриге а. Баккъалла а, Иза тIех гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву".

:54

Шайн Кхиош-кхобучунна тIе хьовза (тōба дарца)‚ муьтIахь хила Цунна шайга Iазап дāле хьалха‚ тIаккха шуна гIо дийр дац.

:55

ТIаьхьахIитта шайга шайн Кхиош-кхобучуьнгара доссинчух уггар хазчунна шайна цIеххьана Iазап дāле, шуна хаа ца луш.

:56

Сино аларх /ларло/: "Байлахь диси со Делан агIорхьара ас ледарло ярна‚ со хилира-кх /Делан аятех/ цадешачарах".

:57

Я цо аларх: "Дала со нисдинехь‚ со а хир ма дара /Делах/ кхоьручарах".

:58

Я цо аларх, Iазап шена гича: "Суна юхаделахьара /дуьненан дахар/, −со хир ма дара диканиг дечарах".

:59

ХIаъ‚ деана хьоьга Сан аяташ‚ уьш харцдира ахь‚ хьо кураделира‚ хьо хилира цатешачарах.

:60

Къематдийнахь хьуна гур бу Далла тIехь харцлийнарш шайн яххьаш Iаржъелла. Ткъа жоьжахатина чохь яц Iан меттиг кураболчарна?/Ю деллара!/

:61

Дала кIелхьарбохур бу /Делах/ кхоьруш хилларш /шаьш лоьху ялсамани шайна хуьлуш/ шайна толам хиларца. Царах хьакхалур дац боьха хIума‚ уьш сингаттаме а хир бац.

:62

Дела ву массо а хIуманан кхоллархо. Иза массо а хIуманан векал а ву.

:63

Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а дōгIанаш. Делан аятех цатешнарш −уьш бу эшнарш.

:64

Ахь āла: "Дела воцчунна омра до аш соьга Iибадат де, олий‚ хIай‚ жехIал нах?!"

:65

Хьоьга вехьеца хаийтина‚ хьол хьалхалерчаьрга а: "Ахь накъост лацахь /Делаца/‚ хьан Iамал йоьйур ю хьуна‚ хьо эшначарах хир ву хьуна".

:66

ХIаъ‚ Далла Iибадат де ахь‚ хьо хила /Далла/ шукур дечарах.

:67

Мах ца хадийра цара Делан хадо ма безза‚ латта дерриг Цуьнан буйнахь хир ду къематдийнахь‚ стигланаш а хир ю хьарчийна Цуьнан аьтту куьйгаца. /Массо а кхачамбацарех/ цIена ву Иза‚ лакхавели цара /Шеца/ накъост лацарх.

:68

Сур лекхира −тентакваьлирастигланашкахь мел верг а‚ лаьттахь мел верг а‚ Далла лиънарг воцург. Юха а лекхира /сур/ кхин цкъа −уьш /кешнашкара/ гIевтина бисира, хьоьжуш.

:69

Къегира латта шен Кхиош-кхобучун нураца‚ охьадиллира жайна‚ схьабалабира пайхамарш а‚ тешаш а‚ кхиэл йира царна юккъехь бакъдолчуьнца‚ царна зулам дийр дац.

:70

ДIаделира /механа/ хIора сина ша динарг‚ Иза дика хууш ву цара деш дерг.

:71

ДIабигира цатешнарш жоьжахате тобанашца‚ уьш цига беъча дIаеллаелира цуьнан неIарш‚ элира цаьрга цуьнан гIаролаша: "Ца баьхкира шуьга элчанаш шуна юккъера‚ шаьш шуна шун Кхиош-кхобучун аяташ а доьшуш‚ шаьш шуна дIахьедош шун хIокху денна дуьхьалкхетар?" Цара элира: "ХIаъ‚ делахь а, бакъхили керстанашна Iазап хир ду аьлла дош".

:72

Элира: "ЧугIо жоьжахатина неIаршкахула, лаьтташ цу чохь гуттарена а". Ма вон ю-кх курабевллачеран чохь Iен меттиг.

:73

ДIабигира шайн Кхиош-кхобучух кхоьруш хилларш ялсамане тобанашца‚ уьш цига беъча дIаеллаелира цуьнан неIарш‚ элира цаьрга цуьнан гIаролаша: "Салам-маршалла ду шуьга. Декъала хили шу. ЧугIо цунна гуттарена а".

:74

Цара элира: "Хастам бу Далла‚ Ша тхуна бакъхилийтина Шен ваIда‚ Цо ирсана делира тхуна /ялсаманин/ латта‚ охьаховшур ду тхо ялсаманехь тхайна луучохь". Iамал ечеран ма хаза ял ю-кх /иза/!

:75

Хьуна гур ду маликаш хьийзаш Iаршана гонахула‚ тасбахь деш шайн Кхиош-кхобучунна, И хасторца. Кхиэл йина царна юккъехь бакъдолчуьнца‚ элира: "Хастам бу Далла −Iаламийн Дена".