Дерриге а Исламан библиотека

38 - The Letter "Saad" - Şād .

:1

Сāд. Шегахь хьехам болчу Къуръанах /дуй боу Ас/:

:2

ХIаъ‚ цатешнарш кураллина чохь а‚ мостагIаллиначохь а бу-кх.

:3

Мел тIаьхье хIаллакйина Оха царал хьалха‚ цара кхойкхура /къинхетам боьхуш/−яцара и /кIелхьарбевлла/ бовдаран хан.

:4

Цецбевлира уьш шайга шайн юккъера кхерамча веъча. Цатешачара элира: "ХIара тIеххарцволу бозбуунча ву.

:5

Цо /дуккха делийн метта/ цхьа дела хилийтина? И тамаше хIума ду!"

:6

Царах хьалдолу тобадIаяхара /олуш/: "Д1аг1о‚ собар а де шайн делий тIехь. Баккъалла а, хIара ду дезаш долу хIума.

:7

Тхуна ца хезна оцунахтIаьхьарчу миллатехь. Иза шаьш кхоьллина хIума а бен дац”.

:8

"Цуьнга боссина хьехам вайна юккъера?". ХIаъ‚ уьш шеконехь бу-кх Сан хьехамах. ХIаъ‚ цара /хIинца а/ ца Iевшина Сан Iазап.

:9

Ткъа цаьргахь ю хьан веза волчу‚ /пайхамарна ниIмат/ луш волчу Кхиош-кхобучун къинхетаман хазнаш?

:10

Я церан ду стигалнийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун а паччахьалла? Хьалаболийла уьш /стигла/ гIирсашца.

:11

/Паймарна дуьхьал вовшахтоьхначу/ тобанех цхьа кIеззиг бIо бу уьш –бохор бу хьуна иза.

:12

Харцбира /пайхамарш/ царал хьалха Нухьан къомо а‚ Iадаша а‚ хьостамашдолчу ФирIавно а.

:13

Самудаша а‚ ЛутIан къомо а‚ Айкатандайша а −цу /ерриг/ тобанаша.

:14

Массара а харцбира элчанаш −бакъхилира Сан бекхам.

:15

Х1орш хьовсур ма бац цхьана мохье бен −цунна хан яхъяр хир дац. (И мохь тохар тIаьхьатоттур дац.)

:16

Цара (Маккан ох1лано ца бешаш) элира: "Тхан Кхиош-кхобург‚ сихде тхуна тхан дāкъахьесапан дедале".

:17

Сатоха /ахь‚ хIай Мухьаммад/ цара дуьйцучунна‚ дагавайта Тхан лай Давуд‚ шегахь ницкъ хилла волу. Баккъалла а, иза /Далла/ тIевоьрзуш верг вара.

:18

Оха муьтIахь дира /Давудана/ лаьмнаш −цуьнца цхьана тасбахь деш суьйранца а‚ /малх/ дIакхетарца а.

:19

Олхазарш а‚ гулдеш /тобанашкахь/ −массо а Цунна тIедоьрзу /муьтIахь хиларца, тасбахь дарца/.

:20

Оха чIагIдира цуьнан паччахьалла‚ делира цунна хьекъалалла а‚ дов къастон хаар а.

:21

Хьоьга деъний довхойн хабар? Уьш михьрабехьала ма бевлира.

:22

Уьш Давуд волчу чоьхьа бевлира‚ иза царах кхеравелира. Цара элира: "Ма кхера. Ши довхо ву /тхо/. Тхан цхьаберш вукхарна чугIиртина. Кхиэл е тхуна юккъехь нийсонца‚ харцо ма ēлахь‚ нисде тхо нисчу новкъа.

:23

ХIара сан ваша ву‚ цуьнан дезткъе ткъаесна уьстагI бу‚ сан цхьа уьстагI бу. Цо аьлла: "Суна кхачо е цуьнца". Иза сол тоьлира довехь".

:24

Цо (Давуда) элира: "Хьуна зулам дина цо хьан уьстагI бехарца шен уьстагIий тIе. Баккъалла а, цхьана гIуллакх дечарах дукхачара вовшашна гамо йо‚ ийман диллинарш а‚ дика Iамалш еш берш а боцучара −ма кIеззиг бу уьш!" Давудана хиира Оха ша питне лаьцна хилар. ТIаккха шен Кхиош-кхобучуьнга гечдар дийхира цо‚ горавоьжира иза‚ /Далла/ тIевирзира иза.

:25

Оха цунна из гечдира. Баккъалла а, цунна Тхоьгахь гергарло а ю‚ хаза тIетовжийла а ю.

:26

ХIай Давуд! Оха хилийтина хьох лаьттахь халип. Кхиэл е нахана юккъехь нийсонца‚ тIаьхьа ма хIотта дезаршна −цара тилор ву хьо Делан некъах. Баккъалла а, Делан некъах тилалуш берш −царна чIогIа Iазап ду цара хьесапан де дицдарна.

:27

Оха эрна ца кхоьллина стигал а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг а. Иза цатешачарна моттар ду. Бāла бу цатешачарна /жоьжахатин/ цIергара.

:28

Я Оха хуьлуьйту ийман диллинарш а, дика Iамалш йинарш а лаьттахь боьхалелачарах тера? Я Оха хуьлуьйту /Делах/ кхоьруш берш къинош дечарах тера? /Х1ан-х1а, хуьлуьйтур бац/

:29

Жайна ду /хIара/‚ Оха ша хьоьга доссийна‚ беркате долуш‚ цаьрга цуьнан аятех ойлаяйта‚ хьекъал долчарна дагадайта.

:30

Оха велира Давудна Сулейман −дика лай. Баккъалла а, иза /Далла тIе/ т1евоьрзуш верг ву /1ибадат дарехь/.

:31

Цунна (Сулеймана) гайтира суьйранца барг туху /кха кога тIехь хIотталуш/ говраш.

:32

Цо элира: "Баккъалла а, суна дукхадиза ниIматсан Кхиош-кхобург хьехорал кирхьаца /малх/ дIахьулбаллалц.

:33

Схьаялаел уьш суна тIе!" Волавелира иза /урс/ хьекханостарех а‚ логех а.

:34

Оха питне лецира Сулейман‚ цуьнан гIанта тIе цхьа дегIдиллира Оха‚ тIаккха иза /тōба дарца Тхуна/ тIе вирзира.

:35

Цо элира: "/Везан/ Дела‚ гечдехь суна‚ ло суна паччахьалла, сол тIаьхьа цхьанна хир доцчу тайпана. Баккъалла а, хьо ву-кх т1етт1а лушверг".

:36

Оха муьтIахь бира цунна мох‚ байа лелаш цуьнан омраца цунна луучу‚

:37

ШайтIанаш а – массо а гIишлоярхо а‚ хIорда бухауьйдург а (маржанаш лоьхуш)‚

:38

Вуьйш а‚ дихкина долу буржолашкахь.

:39

/Оха элира цуьнга/: "ХIара −Тхан совгIат ду.Д1ало /хьан совг1атах рицкъ хьан дōлахь болчарах хьайна луучунна/ я /ца луш/ сацаде /хьайна луучунна/, цхьа а хьесап а доцуш."

:40

Баккъалла а, цунна Тхоьгахь гергарло а ю‚ дика тIетовжийла а ю.

:41

Дагавайта Тхан лай Аюб‚ цо кхийкхира шен Кхиош-кхобучуьнга: "Баккъалла а, со схьалаьцна шайтIано халонца а‚ Iазапаца а".

:42

/Элира цуьнга/: "Тоха хьан когаца! ХIара −шийла лийчар а ду‚ малар а ду".

:43

Оха д1абелира цунна шен доьзал а‚ кхин царал а цаьрца цхьана Тхоьгара къинхетам а хилла‚ хьекъал долчарна хьехам а хилла.

:44

/Оха элира цуьнга/: "Схьаэца хьан куьйга цIов‚ цуьнца тоха‚ хьан дуй къера ма хилийта!" Баккъалла а, Тхуна иза карийра собаре. Дика лай ву. Баккъалла а, иза /Далла тIе/ воьрзуш верг ву.

:45

Дагабайта Тхан леш ИбрахIим‚ Исхьакъ‚ ЯIкъуб‚ шайгахь ницкъ хилла болу /Далла Iибадат дарехь/‚ тидамалла а хилла болу /дин кхочушдарехь/.

:46

Оха цIанбирауьш цIенчу Iалашонна −/эхартан/ цIа дагадайтан.

:47

Баккъалла а, уьш Тхан гергахь хаьржинчарах‚ дикачарах бу.

:48

Дагабайта (хьахабе)ИсмаIил а‚ АльясаI а‚ Зуль-Кифл а −берриге а дикачарах бу.

:49

ХIара хьехам бу. Баккъалла а, /Делах/ кхоьручарна дика тIевоьрзийла ю.

:50

Iаднанбошмаш ю царна‚ /шайн/ неIарш дIаеллина йолу.

:51

Тевжина лаьтташ /хир бу уьш/ цигахь‚ цара схьабоьхуш(царна т1екхоьхьуш) цу чохь дуккха стоьмаш а‚ малар а /хир ду/.

:52

Царна бу бIаьргаш гаттаболу‚ цхьана хеннара болу /мехкарий/.

:53

ХIара ду-кх шуна/дуьненахь долуш/ хир ду аьлларг хьесапан денна.

:54

Баккъалла а, хIара Тхан рицкъ ду‚ цунна кхачадалар дац.

:55

ХIара! Баккъалла а, /Делан/ дозанах бевлинчарна вон тIевоьрзийла ю-кх!

:56

Жоьжахати −цу чохь бегар бу уьш −ма вон /дIавуьжу/ мотт бу-кх /иза/.

:57

ХIара /Iазап/ Iовшийла цара‚ и ду лелина хи а‚ нотIкъа а.

:58

Кхин а‚ цуьнан кепара‚ тайп-тайпана /Iазапаш хир ду царна/.

:59

ХIара толгIею шуьца цхьана /жоьжахатина/ чу йоьдуш. "Марша догIийла" дац царна. Баккъалла а, уьш цIаргахь бегар бу-кх (баьгга чекх ца бовлуш).

:60

Цара элира: "ХIаъ‚ шуна "марша догIийла" дац-кх. Аш хьалхадаьккхина тхуна хIара. Ма вон чIагIо ю-кх!"

:61

Цара элира: "Везан Дела‚ хIара тхуна хьалхадаьккхинчунна тIетохалахь Iазап шозза цIаргахь".

:62

Цараэлира: "Вайна хIун хилла ца ган божарий‚ вай шаьш вочарах лоруш хилла болу /дуьненахь/?

:63

Вай ца дешаш дара царах‚ я /вайн/ бIаьрг царах дIатили?"

:64

Баккъалла а, иза хьакъ-бакъ ду −жоьжахатин дайша вовшашца къийсар.

:65

Ахь āла: "Баккъалла а, со кхерамчаву. Ма вац цхьа а дела Ша веккъа Цхьаъ волу‚ т1ех нуьцкъала волу АллахI бен.

:66

Ша стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун Да волу‚ Ша веза волу‚ т1ех гечдеш волу".

:67

Ахь āла: "Иза −сийлахь доккха хабар ду.

:68

Шу цунах дIадоьрзуш ду.

:69

Суна ца хили лаккхарчу элих (Далла гергахь долу маликех) лаьцна хаар, уьш къуьйсуш болуш./Āдаман хьокъехь/.

:70

Суна вехьеца хаийтина со билгала кхерамча вуйла".

:71

Дагадаийта! Хьан Кхиош-кхобучо аьллера маликашка: "Баккъалла а, Со кхолла воллу адам поппарх.

:72

Ас иза нисвича‚ цу чу Сан сих са а диллича,цунна /сий деш/ суждане гIолаш".

:73

Сужуд дира маликаша массара а

:74

/Цхьа/Иблис юкъарадолуш−цо куралла йира‚ и хилира керстанех.

:75

Цо (Дала) элира: "ХIай иблис‚ стено дуьхьало йина хьуна сужуд дан Ас кхоьллинчунна Сан куьйгашца? Курадаьлла хьо‚ я хьо хилла хьаладала гIертачарах".

:76

Цо элира: "Со цул (Āдамал) дика ду. Со кхоьллина Ахь цIарах‚ и кхоьллина Ахь топпарх".

:77

Цо (Дала) элира: "Арадала цу /ялсамане/ чуьра. Баккъалла а, хьо неIалт аьлла /массо а диканах/ хадийнарг ду.

:78

Баккъалла а, хьуна Сан неIалт ду бекхаман де далц".

:79

Цо (иблисо) элира: "Везан Дела‚ хан яхъехь сан уьш (адамаш) юхаденбен де т1екхаччалц". ("Къематде далц ца долуьйтуш дитахь со")

:80

Цо элира: "Баккъалла а, хан яхъйиначарах ду-кх хьо!

:81

Билглчу хенан де т1екхаччалц". ("Къематде далц лийр дац хьо)."

:82

Цо элира: "Хьан возаллах дуй боу ас: ас тиланне а тилор ма бу уьш берриге а,

:83

Царах Хьан сов цIена леш боцурш".

:84

Цо элира: "Баккъалла а, хьакъ-бакъ Ас олу:

:85

Юзанне а Ас юзор ма ю жоьжахати хьох а‚ хьунатIаьхьа мел хIоьттинчух а – царах массарах а".

:86

Ахь āла: "Ас цу тIехь цхьа а мах ца боьху‚ со сайна тIедиллинчарах а вац".

:87

Иза (Къуръан)беккъа Iаламашна хьехам бу.

:88

Шуна хаанне а хуур ду оцунан хабар цхьа хан яьлча.