Дерриге а Исламан библиотека

37 - Those who set the Ranks - Aş-Şāffāt .

:1

/Ас дуй боу/ могIаршкахь лаьттачарахмогIица.

:2

/Ас дуй боу/ лохкучарахлахкарца.

:3

/Ас дуй боу/ хьехам боьшучарах:

:4

Баккъалла а, шун Дела цхьаъ ву.

:5

Стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь мел долчун а Да ма ву Иза‚ малхбалийн а Да ма ву Иза.

:6

Баккъалла а, Оха хаздина гергара стигал седарчийн хазаллица а,

:7

Iалашдарца а массо а карзахдаьллачу шайтIанах.

:8

Цара ладугIур дац Лакхарчу Кхеташоне‚ духатухур ду массо а агIорхьара

:9

Генадаккхарца‚ ткъа царна ду цкъа а хедар доцу Iазап.

:10

Сихха /цхьа дош/ схьалаьцнарг доцург‚ т1аккха цунна а тIаьхьакхуьу /стиглара/ охьабужу цIе туху седа.

:11

Ахь хаттал цаьрга: "Уьш бу вуно чIогIа кхолла‚ я Оха кхоьллинарг ду?" Баккъалла а, Оха кхоьллина уьш (церан бух −Āдам) леташ болчу топпарах (поппарах).

:12

ХIаъ‚ цецваьлла хьо, уьш ца бешаш бу /хьан цецваларх/.

:13

Шайна /Къуръанца/ кхерам тесчи а, цара тидам ца бо.

:14

Шайна делил гича а, тIех ца бешаш хуьлу.

:15

Цара элира: "ХIара билгала бозбуунчалла а бен дац.

:16

Вай делча‚ вайх топпар (поппар) а‚ т1ехкаш (даьIахкаш) а хилча, вай юхадендийр ду?

:17

Я вайн хьалхалера дай?"

:18

Ахь āла: "ХIаъ‚ шу кIелдуьсур ма ду".

:19

Иза-м цхьа азбен дац −уьш хьоьжуш хир бу.

:20

Шаьш олуш: "Ма бала бу вайна! ХIара ду-кх и бекхаман де".

:21

"ХIара ду-кх и къастаран де‚ аш ша харцдеш хилла долу".

:22

"Схьагулбе и зулам динарш а‚ церан зударий а‚ цара /шайна/ Iибадат деш хилларш а,

:23

Дела а витина. ДIанисбе уьш жоьжахатин новкъа!

:24

Совцабе уьш −цаьрга барт хоттур бу!"

:25

"Шуна хIун хилла? Вовшашна гIо деш ма дац шу?"

:26

ХIаъ‚ уьш тахана мукIар хилла.

:27

Царах цхьаберш т1ебирзи вукхарна, хоьттуш.

:28

Олуш: "Шу ма дара тхуна тIедогIуш аьтту агIорхьара".

:29

/Вукхара/ эр: "ХIаъ‚ шу шаьш ца хилира тешаш /Делах/.

:30

Тхан шуна тIехь цхьа а ницкъ бацара. ХIаъ‚ шу шаьш хили тIехдаьллакъам.

:31

Тхуна тIехь бакъ хили тхан Кхиош-кхобучун дош. Баккъалла а, оха Iовшур ду-кх /Iазап/.

:32

Оха шу а тили-кх‚ баккъалла а, тхо тхаьш а хилла-кх тиладелла".

:33

Баккъалла а, уьш оцу дийнахь Iазапехь /цхьанна/ декъах хир бу.

:34

Баккъалла а, Тхо иштта до/1азап/ къинош диначарна.

:35

Баккъалла а, уьш хилира шайга аьлча: "Кхин дела вац АллахI бен", курабуьйлуш.

:36

Цара олура: "Оха буьтура ткъа тхан делий жинех волчу илланчиндуьхьа".

:37

ХIаъ‚ иза-м веана бакъдолчуьнца‚ цо бакъбина баийтинарш.

:38

Баккъалла а, аш Iовшур ма ду лазош долу Iазап.

:39

Шуна бекхам хир ма бац аш деш хилларг бен.

:40

Делан сов цIена леш боцучара. (Царна хир дац 1азап).

:41

Царна −девзаш долу рицкъ ду −

:42

Стоьмаш‚ церан сийдеш хир ду

:43

НиIматийн бошмашкахь.

:44

Маьнганий тIехь вовшийн духь-дуьхьал лаьтташ.

:45

Царна /тIехьийзаш/ го боккхур бу /бераша/ шовдана чуьра /ихачу/ чагIаран кадаца.

:46

КIайн‚ чоме /малар/ долуш молучарна.

:47

Цу чохь /хьекъал/ талхар а дац /корта лезаш/‚ уьш цунах бехар а бац.

:48

БIаьрса лоцу долуш бIаьргаш баккхий болу/хаза зударий/ хир бу церан.

:49

Шаьш хьуламехь долчу хIоахтера.

:50

Царах цхьаберш вукхарна дуьхьал гIур бу, хоьттуш.

:51

Эр ду царах олучо: "Баккъалла а, сан цхьа накъост ма вара /дуьненахь долуш/.

:52

Цо олура: "Баккъалла а, хьо /пайхамараш/ бакъбечарах ву?

:53

Вай делча‚ вайх поппар (топпар) а‚ даьIахкаш (т1ехкаш) а хилча, вай бекхаме узур ду?"

:54

Цо элира: "Шу хьовсий?"

:55

Иза хьаьжира‚ тIаккха цунна иза жоьжахатина юккъехь гира.

:56

Цо элира: "ТаллахIи‚ /цхьана маьIIара/ со хIаллаквеш ма лаьттара ахь.

:57

Сан Кхиош-кхобучун ниIмат ца хиллехьара, со хир ма вара /хIоккхахь/ лаьттачарах".

:58

/Ялсаманин охIлано эр ду, уьш бахьош/: "Вай лийр долуш дац?

:59

Вайн цкъа далар а бен‚ вайна Iазап дийр долуш а дац?

:60

Баккъалла а, хIара бу-кх сийлахь-беза толам.

:61

Ишттачун дуьхьа къахьоьгийла къахьоьгучара".

:62

Ткъа иза ду дика тIедосса /хьошалгIа/‚ я заккъумдитт ду?

:63

Баккъалла а, Оха иза хилийтина питна хилла зуламхошна.

:64

Баккъалла а, иза ду жоьжахатина бухахь арадолу дитт.

:65

Цуьнан стоьмаш бу шайтIанийн кортош санна.

:66

Баккъалла а, цара цунах дуур долуш а ду‚ гайнаш юзор йолуш а ю цунах.

:67

ТIаккха баккъалла а, царна цунна тIе /тоьхна/ цIийдина хи ду.

:68

ТIаккха баккъалла а, церан дIадерзар жоьжахате ду.

:69

Баккъалла а, царна карийра шайн дай а тилабелла /царна тIаьхьабаьзира уьш/.

:70

Уьш церан лорах лехкира. (Дуьненахь болуш шайн дайша дина къинош дира цара а).

:71

Тилабелира царал хьалха дуьххьар хиллачарах дукхахберш.

:72

Оха бахийтира цаьргахь кхерамчаш.

:73

Хьажал‚ муха хилла шайна кхерам тесначеран тIаьхье.

:74

Делан сов цIена леш боцучеран.

:75

Тхоьга кхийкхира Нухьас −ма дика жоп луш дерш ду /Тхо/.

:76

Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а боккхачу балих.

:77

Оха хилийтира цуьнан зуьррет −иза бухадуьсург.

:78

Оха цунна дитира /хаза хаставар/ тIаьхьенашкахь.

:79

Салам ду Нухьана Iаламашкахь.

:80

Баккъалла а, Оха иштта бекхам бо дикачарна.

:81

Баккъалла а, иза ву Тхан муъмин лешех.

:82

ТIаккха Оха хи бухабахийтира бисинарш.

:83

Баккъалла а, цуьнан тобанах ма ву ИбрахIим а.

:84

Дагадаийта! Иза веара шен Кхиош-кхобучунна тIе цIенчу дагца.

:85

Дагадаийта! Цо аьллера шен дега а‚ шен къоме а: "ХIун ю аш Iибадат деш ерг?

:86

Харцдерг делий /лаца/ лаьа шуна, АллахI- Дела а вуьтий?

:87

ХIун ду шуна моьттург Iаламийн Дех?"

:88

Иза хьежира хьажарца седарчашка.

:89

ТIаккха цо элира: "Баккъалла а, со цомгуш ву".

:90

Уьш дIабирзира цунах‚ букъ берзина.

:91

Иза тIевирзира церан делашна‚ цо элира: "Аш ца юу?

:92

Шуна хIун хилла‚ дист ца хуьлу шу?"

:93

Иза тIевирзира царна, тухуш аьтту куьйгаца.

:94

Уьш дуьхьалкхийтира цунна бевда беана.

:95

Цо элира: "Аш Iибадат до ткъа шаьш тостуш йиначарна?"

:96

Дела ма ву шу кхоьллинарг а‚ аш деш дерг а /кхоьллинарг а/".

:97

Цара элира: "Ē цунна гIишло‚ чу кхосса иза егачу цIарга!"

:98

Царна лиира цуьнца мекарло ян‚ Оха хилийтира уьш кIелбисинчарах.

:99

Цо (ИбрахIима) элира: "Баккъалла а, со воьду сан Кхиош-кхобучунна тIе. Цо нисвийр ву со.

:100

Сан Кхиош-кхобург‚ суна дикачарах /доьзалхо/ лōлахь".

:101

Оха цунна кхаъ баьккхира тIех собаре кIантаца.

:102

Иза цуьнца (ИбрахIимца) сиха лелалучу хьоле кхаьчча‚ цо (ИбрахIимо) элира: "ХIай сан кIаьтиг‚ баккъалла а, суна го гIенах ас хьуна /гIурбанна/ урс хьокхуш‚ хьажал‚ хьуна хIун хета". Цо элира: "Дада‚ хьайга омра деш дерг де‚ хьуна со карор ву‚ Дала мукъалахь‚ собар дечарах".

:103

И шиъ /Далла/ муьт1ахь хилча‚ цо (ИбрахIима) иза хьаж тIе виллича‚

:104

Оха цуьнга кхийкхира: "ХIай ИбрахIим!

:105

Бакъхилийти ахь гIан". Баккъалла а, Оха иштта бекхам бо дикачарна.

:106

Баккъалла а, хIара −иза ду-кх билгала долу зер.

:107

Оха текхира цунах сийлахь-деза гIурба.

:108

Оха дитира цуьнан /цIе яккхар а‚ и хаствар а/ тIаьхьабогIучаьргахь.

:109

Салам-маршалла ду ИбрахIимна.

:110

Оха иштта бекхам бо дикачарна.

:111

Баккъалла а, иза ву Тхан муъмин лешех.

:112

Оха кхаъ баьккхира цунна Исхьакъаца‚ −дикачарах пайхамарца.

:113

Оха декъалвира иза а‚ Исхьакъ а. Цу шиннан зуьрретах диканиг а ву‚ ша шена билгала зуламхо а ву.

:114

Мусах а‚ ХIарунах а бинера Оха /боккха/ къинхетам.

:115

КIелхьарваьккхира Оха и шиъ а‚ цу шиннан къам а боккхачу бāланах.

:116

Царна гIо дира Оха −уьш хилира тоьлларш.

:117

Оха делира цу шинга билгала долу жайна.

:118

Оха нисвира и шиъ нийсачу новкъа.

:119

Оха дитира цу шиннан /хаза цIе яккхар/ тIаьхьабогIучаьргахь.

:120

Салам-маршалла ду Мусага а‚ ХIаруне а.

:121

Баккъалла а, Оха иштта бекхам бо дикачарна.

:122

Баккъалла а, и шиъ Тхан муъмин лешех ву.

:123

Баккъалла а, Ильяс а ма ву бахкийтинчарах.

:124

Цо ма элира шен къоме: "Шу /Делах/ ца кхоьру?

:125

Аш кхойкху ткъа БаIлага‚ уггар дика кхоллархо а вуьтий?

:126

АллахI −шун Дела а, шун хьалхалера дайн Дела а вуьтий?"

:127

Т1аккха цара иза харцвира – баккъалла а, уьш хьалхах1оттор ма бу /жоьжахатина, 1азапана/.

:128

Делан сов цIена леш боцурш.

:129

Оха дитира цунна /хаза цIе яккхар, наха хаставар/ тIаьхьабогIучаьргахь.

:130

Салам-маршалла ду Ил-йāсūна.

:131

Баккъалла а, Оха иштта бекхам бо дикачарна.

:132

Баккъалла а, и Тхан муъмин лешех ву.

:133

Баккъалла а, ЛутI а ву бахкийтинчарах.

:134

Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ цуьнан берриг доьзал а.

:135

/1азапехь/ бисинчарна юккъехь хилла йолу /Лут1ан зударех/ цхьа йоккха стагйоцург.

:136

ТIаккха Оха бохийра биснарш.

:137

Баккъалла а, шу лелаш ма дуй царна юххехула Iуьйрана а‚

:138

Буьйсана а. Шу хьекъале ца хуьлу?

:139

Баккъалла а, Юнус а ву бахкийтинчарах (элчанех).

:140

Ведара иза дуьззинчу кемана тIе.

:141

Цо кхаж тесира /царца/ −иза эшначарах хилира.

:142

И кхеллира чIеро и бехке а волуш.

:143

Баккъалла а, иза ца хиллехьара тасбахь дечарах

:144

Вуьсара ма вара цуьнан кийрахь уьш юхадендечу /къемат/дийне кхаччалц.

:145

Кхоьссира Оха иза ара (яьссачу меттиге), цомгуш а волуш.

:146

Оха далийтира цунна туьтен (гIабакхан) дитт.

:147

Оха вахийтира иза бIе эзарна (дуккха нахана тIе) я совболчаьрга.

:148

Цара ийман диллира −Оха цхьа хан тIекхаччалц бахам белира царна.

:149

Ахь хаттал цаьрга: "Ткъа хьан Кхиош-кхобучунна мехкарий бу‚ ткъа царна кIентий бу.

:150

Я Оха кхоьллина маликаш зударийн /жинсах / царна гуш?"

:151

ХIан-хIа! Баккъалла а, шайн эладитанах дуьйцуш ма ду и цара

:152

Дала бер дина /бохуш/ −баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу.

:153

Мехкарий хаьржина Цо кIентел‚ /бохуш/?

:154

ХIун ду шуна‚ муха хьукам до аш?

:155

Ойла ца йо аш?

:156

Я шун билгала бакъо ю?

:157

Схьало шайн жайна, шу бакълуьйш хиллехь.

:158

Царахилийтира Цуьнан а‚ жинийн юкъахь гергарло. Жинашна хиира уьш дIахIотторбуйла.

:159

ЦIена ву и Дела цара дечу /харц/ сибатах.

:160

Сов цIена Делан леш боцурш /жоьжахатина хьалха дIахIоттор бу/.

:161

Баккъалла а, аша а‚ аш /шена/ Iибадат дечо а −

:162

Аш питне лоцур ма вац

:163

Ша жоьжахатехь вегар верг бен.

:164

Тхох ма дац цхьа а шена билгала меттиг йолуш бен.

:165

Баккъалла а, тхо могIарш бина ду (лаьтташ 1ибадатехь мог1аршца ).

:166

Баккъалла а, тхо тасбахь деш ду.

:167

Уьш(Маккара керстанаш) хиллехь а олуш:

:168

"Тхоьгахь хьехам хиллехьара хьалхалерачаьргара‚

:169

Тхо хир дара Делан сов цIена леш".

:170

Керстаналла дина цара цунна (Къуръанна)‚ тIаьхьа хуур ду царна.

:171

Хьалхадаьлла Тхан дошТхан бахкийтинчулешка.

:172

Баккъалла а, уьш −уьш бу шайн гIо дийр дерш.

:173

Баккъалла а, Тхан эскар (муъмин нах) −и ду толамхо.

:174

Д1аверза царахцхьа хан яллалц.

:175

Гайта цаьрга /царна Iазап дуссуш/ −тIаьхьа гур ду царна /шайн керстаналлин бекхам/.

:176

Ткъа Тхан Iазапца а сих ло уьш?

:177

Иза (Iазап) доьссича, церан керташка (аренга) −ма вон хилла-кх шайна кхерам тесначеран Iуьйре.

:178

Д1аверза царах цхьа хан яллалц.

:179

Гайта −тIаьхьа гур ду царна.

:180

ЦIена ву хьан Кхиош-кхобург - сийлаллин Эла −цара /Шена т1ехь/ кхуллучу /харц/ сибатех.

:181

Салам-маршалла ду элчанашна.

:182

Хастам бу Далла −Iаламийн Дена.