Дерриге а Исламан библиотека

36 - Ya Sin - Yā-Sīn .

:1

Я сūн.

:2

Ша хьикмате долчу Къуръанах дуй боу Ас:

:3

Баккъалла а, хьо ма вубахкийтинчарах (цхьа элча)

:4

Нийсачу новкъахь.

:5

Ша веза а‚ къинхетаме а волчуьнгара охьадоссина ду иза (Къуръан)‚

:6

Хьоьга хьехам байта къомана‚ шайн дайшна бина ца хилла −уьш гIовпал хилла (Делан дин ца девзаш).

:7

Царах дукхахболчарна тIехь дошбакъхилла −цара /ахь деъначуьнга/ ийман дуьллур дац.

:8

Церан логех Оха буржулаш -г1оматаш тоьхна‚ уьш чIенгийх (ч1енигех) кхаьчча, −церан кортош ирх айбелла.

:9

Царна хьалхахула а‚ тIехьахула а дуьхьало йина Оха‚ церан бIаьргий хьалха кирхьа диллина Оха −уьш гуш ма бац.

:10

Царна цхьатерра ду: ахь хьехам бича а‚ ца бича а −уьш тешар болуш бац /ахь деъначух, хIай Мухьаммад/.

:11

Баккъалла а, ахь хьехам бе хьехамна тIаьхьахIуттуш волчунна‚ шена гуш воццушехь Къинхетаме волчух (Делах) кхоьруш волчунна. Ахь цуьнга кхаъ баккха цунна гечдина хиларца а‚ сийлахь ял хиларца а.

:12

Баккъалла а, Оха ден ма бо белларш‚ дIа яз ма до Оха цара хьалха лелийнарг а (дахийтинарг а)‚ церан /тIаьхьа хир йолу/ лар а. Массо а хIума дIанис ма дина Оха билгалчу жайначохь.

:13

Балабе царна масална цхьана юьртандай: цига баьхкира элчанаш.

:14

Оха вахийтинера цаьрга шиъ−цара уьш шиа харцбира. ТIаккха Оха уьш чIагIбира кхоалгIачуьнца‚ цара элира: "Баккъалла а, тхо шуьга /дахкийтина/ элчанаш ма ду".

:15

Цара (юьртара наха) элира: "Шу ма дац тхо санна адамаш бен. Цхьанна хIуманца Къинхетаме волчо дахкийтина ма дац шу −шу харцлуьйш ма ду".

:16

Цара (элчанаша) элира: "Вайн Кхиош-кхобучунна хаьа-кх тхо шуьга даийтина элчанаш дуйла.

:17

Тхуна тIехь-м дац билгалдерг дIакхачор бен".

:18

Цара (юьртара наха) элира: "Шу бахьанехь вон билгалонаш хааелла тхуна‚ шу ца совцахь‚ оха шуна тIулгаш деттар ма ду‚ тхоьгара лазош долчу Iазапо схьалоьцур ма ду шу".

:19

Цара элира: "Шун вон билгалонаш шуьца шайца ю. Ткъа шуна хьехам бина дела /ю шун вон билгалонаш; цундела до аш тхуна Iазап?/ ХIаъ‚ шу ду-кх тIаламза къам (дуккха кIорга дахна шу къинош дарехь)".

:20

ГIалина йистера ведда цхьа стагсхьакхечира‚ цо элира: "ХIай сан къам! ТIаьхьахIитта оцу элчанашна.

:21

ТIаьхьахIитта шайга мах ца боьхуш болчарна −уьш нийсачу новкъахь ма бу.

:22

Ас хIунда ца до Iибадат суо Кхоьллинчунна‚ шу а Шена тIе дIадуьгур долчунна?

:23

Иза а вуьтий‚ кхин делий тIелоцу ткъа ас? Къинхетаме волчунна (Далла) суна цхьа зен дан лиъча‚ церан шапаIаташа хIумма а гIо дийр ма дацара суна‚ цара со кIелхьарвоккхур ма вацара /Делан Iазапах/.

:24

Ган а гуш долчу тиларчохь хир ма вара со тIаккха.

:25

Баккъалла а, ас ийман дилли шун Кхиош-кхобучуьнга, соьга ладогIа…"

:26

/Маликаша/ элира: "Ялсамане гIо". Цо элира /шен са долуш/: "ХIай сан къам‚ шу хууш хиллехьара-кх

:27

Суна сан Кхиош-кхобучо гечдина хилар а‚ Цо со сийлахьболчарах хилийтар а".

:28

Цул тIаьхьа цуьнан къоманна тIе стиглара бIо ца баийтира Оха‚ и боуьйтурш ца хилира Тхо.

:29

Беккъа цхьа чIогIа мохь хилира −уьш /чим хилла/ дIатийна бисира.

:30

Ма боккха бала бу-кх /Сан/ лешна: цхьа а элча ца веана-кх цаьрга, и цара хьийзавеш бен.

:31

Царна ца го-техьа: мел дукха т1аьхьенаш хIаллакйина Оха царал хьалха‚ уьш царна тIе юхабоьрзур ма бац.

:32

Массо а цхьана Тхуна хьалха дIахIиттор ма бу.

:33

Билгала делил ма дуй царна делла долу латта: Оха иза дендина‚ цунах Оха буьртигаш а схьадаьхна −царах цара кхача боу.

:34

Цунна тIехь Оха хурманийн а‚ кемсийн а бошмаш хIиттийна. Цунах Оха шовданаш а даьхна −

:35

Цаьрга цуьнан стоьмаш баийта −церан куьйгаша ца дина иза. Баркалла хIунда ца олу цара?

:36

Ц1ена вуИ(Дела массо а кхачамбацарех)‚ Ша массо а хIума боьрша а‚ стеа‚ кхоьллина волу: лаьтто схьадолуьйтуш дерг а‚ уьш шаьш а‚ царна цахуург а.

:37

Билгала делил ду царна буьйса: цунах де схьадоккху Оха‚ т1аккха уьш боданехь буьсуш.

:38

Малх а дIалела шена хIоттинчу меттиге −Ша веза волчун‚ Ша хууш волчун дIахIоттам бу иза.

:39

Беттан а барам бина Оха шен манзалашкахь−дIабоьрзуш хурманан ширчу гах тарлой.

:40

Малх баттана тIаьхьа ца кхуьу‚ буьйса дийнал хьалха ца йолу −массо а шен-шен меттехь нека деш ю.

:41

Билгала делил ду царна Оха церан зуьррет дуьззина хиллачу /Нухьан/ кемана тIехь д1асалелийна хилар.

:42

Цунах тера кхоьллира Оха царна уьш тIе хаа хIуманаш а.

:43

Тхуна лиънехьара‚ хи чу бахийтина хир бара уьш‚ −ма хир дацара царна орца‚ ма кIелхьарбохур бацара уьш

:44

Тхоьгара къинхетам а‚ цхьа хан тIекхаччалц бахам а хилча бен.

:45

Цаьрга аьлча: "Шу кхералаш шун хьалха хиллачух а‚ шун тIаьхьа хирдолчуха −шух къинхетам бан там бара" /уьш дIабоьрзу/.

:46

Делан аятех цхьа а аят ца догIу цаьрга‚ уьш цунах дIабоьрзуш а бен.

:47

Цаьрга аьлча: "Саг1а ло /мискачарна /Дала шайна деллачу рицкъах," цатешачара олу ийман диллинчарах: "Оха хIунда кхобу уьш? Дала,Шена лаахь,Ша кхобур бу‚ ган а гуш тиларчохь ду-кх шу".

:48

/ТIаккха/ цара олу: "Маца хир ду иза аш дуьйцург, шу бакълуьйш хиллехь?"

:49

Хьоьжуш лаьттар бац уьш −беккъа цхьа чIогIа мохь хир бу: цо схьалоцур бу уьш,шаьш лаьтташехь къуьйсуш.

:50

Весет дан а ницкъ кхочур бац царна‚ шайн нахана тIе юхабоьрзур а бац уьш.

:51

Сурлокхур ю−уьш кешнашкара шайн Кхиош-кхобучунна тIе сихлур бу.

:52

Цара элира: "Ма боккха бала беана вайна! Хьан гIовтина-те вай‚ дийшина Iохкучуьра?!" /Маликаша я муъмин наха эр ду/: "ХIара ду шуна Къинхетам болчохир ду аьлларг. Бакълина элчанаш".

:53

Беккъа цхьа чIогIа мохь хилла −уьш берриге а Тхуна хьалха дIатарбелла.

:54

Тахана синна цхьанна хIуманца зулам дийр ма дац‚ аш йинчу Iамалшца бен бекхам а шуна хир ма бац.

:55

Баккъалла а, ялсаманин дай тахана /шайн/ гIуллакхашкахь зовкх хьоьгуш хир бу.

:56

Уьш а‚ церан зударий а IиндагIехь маьнганашна тIетевжина лаьттар ма бу.

:57

Царна цигахь стоьмаш а‚ царна шаьш ехнарг хир ма ю.

:58

"Салам!" −олуш маршалла хир ду къинхетаме волчу Делера.

:59

Шу дIакъаста тахана‚ хIай къинош динарш!

:60

Ас шуьга ца аьллера ткъа: "ХIай Āдаман кIентий! ШайтIанна Iибадат ма делаш −иза шуна билгала мостагI ма дуй?

:61

Суна Iибадат дейша −хIара бу нийса некъ!"

:62

Шух йоккха тоба тилина даьлла и! −Шу ца хили-кх хьекъале?

:63

ХIара ю и жоьжахате‚ хир ю шуна‚ аьлла хьехийнарг!

:64

Iовша цуьнан йовхо тахана−шаьш цатешаш хиларна!

:65

Тахана Оха церан багенашна мухIар тухур ма ду‚ церан куьйгаша Тхоьга дуьйцур ма ду‚ цара /дуьненахь/ карадеш хиллачунна когаша тешалла дийр ма ду.

:66

Тхуна лиънехьара,бIаьрса дехьна уьш буьтур бара‚ новкъах тилла бисинчу царна мичара гур дара?

:67

Я Тхуна лиънехьара, шайн меттигехь куьцаш хуьйцур ма дара церан −дIабахалур ма бацара уьш‚ юхабоьрзур а ма бацара уьш.

:68

Оха вāха витинарг къаналле д1аверзаво,уьш хьекъале ца хуьлу-те?

:69

Ца Iамийна Оха цунна (Мухьаммад пайхамарна) иллеш−и дан цо там а ма бацара: иза хьехам а, /хIумнаш/ билгалдоху Къуръан а ма ду‚

:70

Шеца кхерам таса дийнаволчунна‚ цатешначарна тIехь /царна Iазап хир ду аьлла/ дош бакъхилийта.

:71

Царна ца го-техьа Оха шайна Тхан куьйгаша динчух даьхни кхоьллина хилар‚ уьш царна тIехь дай а бина?

:72

Оха уьш царна муьтIахь хилийтина: царах уьш тIехуьйшурш а ду‚ царах цара доу.

:73

Царна цаьргахь пайданаш а‚ маларш а ду −баркалла хIунда ца олу цара?

:74

АллахI-Дела а витина кхин делий лаьцна −шайна гIо хир ду моьттуш.

:75

Хир дац царна цаьргахула гIо −ма бу уьш царна дIахIоттина бIо.

:76

Церан дашо сингаттаме ма войла хьо. Тхо хууш ду хьуна цара къайладоккхург а‚ цара дIахьедийриг а.

:77

Адамнаца го-те Оха ша кхоьллина хилар тIадамах? −билгала мостагI хили-кх цунах!

:78

Тхуна масал а далийна‚ ша кхоллар диц а дина‚ аьллера: "Хьан денйийр ю даьIахкаш,уьш яхкаелча?"

:79

Ахь āла: "Денйийр ю уьш шаьш дуьххьара кхоьллинчо −Иза массо а хIума кхолла Ша хууш ма ву.

:80

Иза ву шуна сийначу диттах цIе хилийтина‚ −аш цунах лата а еш".

:81

Ткъа стигланаш а‚ латта а Ша кхоллинчунна ницкъ ца кхочу и саннарг юха кхолла?! Кхочу!!! И ша дика хууш кхоллархо ма ву!

:82

Цуьнан гIуллакх ду Шена цхьа хIума лиъча,цуьнга"Хила!" āлар −т1аккха иза хуьлу.

:83

Ц1ена вуИ (Дела массо а кхачамбацарех)‚ Шен куьйгахь массо а хIуманан паччахьалла долу‚ шу а Шена тIе дIадерзор долу.