Хастам бу Далла −стигланийн а‚ лаьттан а юьхьанца Кхоллархачунна‚ шишша‚ кхоккха‚ диъ тIемаш долчу маликех /пайхамарашка/ элчанаш хилийтинчунна. Цо совдоккху кхолларехь Шена луург. Баккъалла а, Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ берг ма ву.
Дала нахана Шен къинхетамах дIабеллинчунна −вац цунна дIакъовлархо. Цо дIакъевлинчунна −вац цунна дIахуьйцург Цул тIаьхьа. Иза веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву.
ХIай нах! Хьехаде шайна тIехь хилла долу Делан ниIмат. Дела воцчу кхечу кхоллархочо рицкъ лур дарий-те шуна стиглара а‚ лаьттара а? Кхин Дела ма вац Иза воцург. Ма Iехадеш ду-кх шу!
Хьо цара харцвахь /х1ай Мухьаммад/. −хьол хьалха а харцбина элчанаш. Далла тIе дIадоьрзу гIуллакхаш.
ХIай нах! Баккъалла а, Делан ваIда −хьакъ-бакъ ю. Шу данне а Iеха ма дойла дуьненан дахаро‚ шу данне а Iеха ма дойла Делаца Iехочо (шайтIано).
Баккъалла а, шайтIа шуна мостагI ду‚ мостагI дей схьалаца иза. Цо кхойкху шен тоба жоьжахатин дай хиларе.
Цатешнарш −царна чIогIа Iазап /хир/ ду. Ийман диллинарш а‚ диканаш динарш а −царна гечдар а‚ йоккха ял ма ю!
Ткъа ву-те шен Iамалах вониг шена хазйинарг‚ тIаккъа иза шена хаза гинарг /дика Iамал йинчух терра/? Баккъалла а, Дала тилавала ма вуьту Шена луург‚ Цо нис ма во Шена луург. Хьан са ма даа царна тIехь, гIайгIа еш. Баккъалла а, Дела ву цара деш дерг хууш верг.
Дела ву Ша мох бохуьйтуш верг‚ Цо цуьнга хьейойту мархаш‚ Оха уьш дIалехкира беллачу махка −цуьнца (догIица) латта дендийра иза деллачул тIаьхьа. Иштта ду /шу/ юхадендар а.
Мила а хиллехь сий дезаш, −Делан ду сий дерриге а. Цунна тIе хьалаайло цIена дош а‚ дика Iамал а‚ Цо аййо иза. Вонашца мекарло еш берш, −царна чIогIа Iазап ду. Церан мекарло −иза эрна ю.
Дела ву Ша шу кхоьллинарг поппарх‚ тIаккха тIадамах. ТIаккха Цо хилийтина шух боьршаниг а‚ стениг а. Цхьа а зуда берах хир ма яц‚ цо бер дийр ма дац Цуьнан хаарца бен. Цхьа а вехаш верг вехар а ма вац‚ цуьнан дахарах оьшур а ма дац жайначохь долуш бен. Баккъалла а, иза Далла атта ма ду.
Цхьанийсса бац /хIара/ ши хIорд: хIара мерза-теза‚ шен хи мала атта долуш бу‚ ткъа важа −дуьра туха ду. ХIораммах аш дуу керла жижиг‚ аш /царна чуьра/ схьайоху мехала маржанаш‚ аш уьш тIеюху. Хьуна го кема царна чухула кхерсташ аш лахархьама Цуьнан ниIматах‚ аш /Дала деллачу ниIматашна / шукур дархьама а.
Цо буьйса денна чу ялайо‚ де буьйсанна чу даладо‚ болх бойту малхе а‚ батте а. Массо а дIасалелаш ю шен тоьхна хан тIекхаччалц. Иза ву Дела‚ шун Эла‚ Цуьнан ду паччахьалла. Аш, Иза а витина шайга кхойкхучеран дōлахь ма дац цуьрриг а.
Аш цаьрга кхийкхича а‚ царна ца хозу шун кхайкхар‚ хезча а, −цара шуна жоп ца ло‚ къематдийнахь цара керстадийр ду шун накъосталла. Цхьаммо а хьоьга дуьйцур ма дац Ша сов хуучу (Цо) санна.
ХIай нах! Шу пекъарш ду Деле. Дела −Иза ву хьалдерг а‚ хастаме верг а.
Шена лаахь, шу дIадахийтина керла халкъ далор ду Цо.
Иза Далла /хIумма/ хала дац.
Хьур бац д1ахьочо кхечун мохь. /Къих/ дуьзна сино дийхича а шен /мохь/ д1абахьар‚ хIумма цунах д1ахьур бац /цхамма а/‚ гергарло йолуш иза хиллехь а. Ахь хьехам бе (кхерам таса) шайн Кхиош-кхобучух кхоьруш болчарна И гуш воццушехь‚ ламаз а хIоттинчарна. ЦIанвелларг −иза шена цIанло. Деле ду /шун массеран а/ дIадерзар.
Цхьанийсса вац бIаьрса доцург а‚ бIаьрса дерг а‚
Боданаш а‚ нур а‚
IиндагIа а‚ йовхо а.
Цхьанийсса бац дийнаберш а‚ белларш а. Баккъалла а, Дала хозуьйту Шена луучуьнга. Хьо ма вац хозуьйтур долуш кешний чохь волчуьнга.
Хьо веккъа кхерамча ву.
Баккъалла а, Оха вахийтина хьо бакъдолчуьнца кхаъ боккхург а‚ кхерам тосург а хилла. Цхьа а уммат ца хилла шена юккъехь кхерамча ваьхна бен.
Цара хьо харцвахь‚ царал хьалха хиллачара а харцбина /элчанаш/. Цаьрга баьхкира церан элчанаш билгалонашца а‚ язонашца а‚ нуре долчу жайнаца а.
ТIаккха Ас схьалецира цатешнарш. Муха хилира Ас цаларар /церан 1амал, Сан оьг1азло царна/?
Хьуна хаьий Дала доссина хилар стиглара хи‚ Оха схьабехира цуьнца стоьмаш‚ шайн беснаш тайп-тайпана а долуш‚ лаьмнех а /дихкира/ некъаш: кIайн а‚ цIен а‚ шайн беснаш тайп-тайпана а долуш‚ чIогIа Iаьржадерш а.
Иштта нахах а‚ дийнатех а‚ бежнех а /хилийтира Оха/ шайн беснаш тайп-тайпана долуш. Баккъалла а, Делах кхоьру Цуьнан лешех Iеламнах. Баккъалла а, Дела ву веза верг а‚ гечдеш верг а.
Баккъалла а, Делан жайна доьшуш берш‚ ламаз хIоттинарш‚ Оха шайна деллачу рицкъех къайлаха а‚ гучахь а /Делан новкъахь/ харжаш еш берш −уьш дог дохуш бу цкъа а са йоцуш юьсур йоцчу йохк-эцаре (ялсамане)‚
/Уьш догдохуш бу/ Цо дIаяларе шайн ял‚ шаьш совбахаре Шен ниIматах. Баккъалла а, Иза ву гечдеш верг а‚ баркалле верг а /Шена 1ибадат диначарна/.
Оха вехьеца жайнах хьоьга делларг иза бакъдерг ду‚ нийса догIуш а хилла долу шел хьалха хиллачуьнца. Баккъалла а, Дела Шен лешех дерг сов дика хууш а ву‚ гуш а ву.
ТIаккха Оха жайна (Къуръан) делира ирсана Тхан лешех Оха хаьржинчарна. Царах шена зулам дийриг а ву /цу Къуръанца Iамал ца еш/‚ царах барамехь /Iамал еш/ верг а ву‚ царах Делан пурбанца диканашца хьалхаваьлларг а ву. Иза ду-кх доккха дозалла!
Iадн (ц1е йолчу уггар еза йолчу ялсаманин) бошмаш /ю царна/‚ шена чу уьш боьдур болуш‚ /церан куьйгех/ буллур бу дашон а‚ луълуъан а гIоз‚ церан духар цу чохь хир ду дāри.
Цара эр ду: "Хастам бу Далла‚ тхуна тIера сингаттам дIабаьккхинчу. Баккъалла а, тхан Кхиош-кхобург гечдийриг а ву‚ баркалле верг а ву.
Иштаниг ву Иза Ша хьанал дина тхуна /гуттар латтаран/ цIа (ялсамани) Шен дозаллах‚ тхох ца хьакхало цу чохь хало‚ тхох ца хьакхало цу чохь кIаддалар."
Цатешнарш −царна жоьжахатин цIе ю‚ кхиэл йийр яц царна уьш леш‚ айдийр дац царна тIера цуьнан Iазапах /хIумма а/. Иштта бекхам бо Оха хIор цатешачунна.
Цара /Деле г1о доьхуш/ кхуьйкхур ду цу чохь: "Тхан Кхиош-кхобург‚ арадāхахь тхо‚ оха дика Iамал йийр ма яра, тхаш йина хилларг а йоцуш!" Оха дāха ца дитира шу /дуьненахь/ ша кхеташ верг кхеттал? Шуьга ма веара кхерамча. Iовша /хIинца Iазап/‚ вац зуламхошна цхьа а гIоьнча.
Баккъалла а, Дела ву стигланийн а‚ лаьттан а хьуламехьдерг хууш верг. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг а.
Иза ву Ша шух лаьттахь тIаьхье хилийтина. Милла а велахь керставаьлла −цунна шена ду цуьнан керстаналла. Совбохур бац керстанаш церан керстаналло шайн Кхиош-кхобучунна гергахь оьгIазаллица бен. Совбохур бац керстанаш церан керстаналло эшаллица бен.
Ахь āла: "Хьовсал шайн накъосташка‚ аш шайга кхойкхуш болчу, Дела а витина. Гайтал соьга‚ хIун кхоьллина цара лаьттахь‚ я царна /Делаца/ накъосталла ду стигланашкахь‚ я Оха цаьрга жайна делла‚ уьш Цуьнгара билгалонашкахь а болуш? ХIаъ‚ зуламхоша −цхьаболчара вукхарна еш йолу ваIда Iехор бен ма яц.
Баккъалла а, Дала сацош ю стигланаш а‚ латта а дIатиларх. Уьш дIатилча, соцуьйтур яри-й уьш цхьамма а Цул тIаьхьа? Баккъалла а, Иза хилла тIех собареверг а‚ гечдийрига.
Цара (Маккара керстанаша) дуй биира Делаца, инзаре чIогIа дуй, шайга кхерамчавагIахь‚ шаьш хир ма ду уггар нийсачу новкъахь долчу умматех цхьаъ‚ аьлла. Цаьрга кхерамчавеъча‚ цо сов ца бехира уьш /ислам динна/ генабовларца бен‚
Лаьттахь курабовларца а‚ вочу мекарлоца а бен. Вон мекарло ца хьерча шен охIлах бен. Хьовсур буй уьш хьалхалерчийн Iадате бен? Хьуна карор ма дац Делан Iадатна хийцар. Хьуна карор ма дац Делан Iадатна хьавзор /кхечунна тIе/.
Уьш ца лела лаьттахула‚ ца хьовсу-те‚ муха хилла царал хьалха хиллачеран тIаьхье? Уьш ма бара хIоккхарал вуно чIогIа ницкъаца. Дела хили Ша духатухур воцуш стигланашкахь а‚ лаьттахь а цхьанна хIумано. Баккъалла а, Иза хили хууш верг а‚ ницкъ берг а.
Дала нах луьйцушбелхьара цара карадинчуьнца‚ цу /лаьттан/ экъана тIехь дуьсур ма дацара цхьа а дийнат‚ делахь а, тIехьатотту Цо уьш шайна тоьхна хан тIекхаччалц. Церан /тоьхна/ хан тIееъча, −/Цо бекхам бийр бу царна шайн Iамалашка хьаьжна/ - баккъалла а, Дела хилла Шен леш &لوح محفوظ#1075;уш верг.