Дерриге а Исламан библиотека

34 - Sheba - Saba .

:1

Хастам бу Далла‚ Шена стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг долчу‚ Шена хастам болчунна эхартахь а. Иза хьикмате верг а ву‚ сов дика хууш верг а ву.

:2

Цунна хаьа латтана чудулуш дерг а‚ оцунах схьадолуш дерг а‚ стиглара охьадогIуш дерг а‚ цига ирхдолуш дерг а. Иза къинхетаме верг а ву‚ гечдешверг а ву.

:3

Цатешачара элира: "Сахьт (къематде) вайна догIур а дац". Ахь āла: "ХIаъ‚ сан Кхиош-кхобучух дуй боу ас‚ къайлаха дерг хууш волчу: данне а догIур долуш ду иза шуна". Цунах (Делах) къайладер дац мискъала зарратал хIума стигланашкахь а‚ лаьттахь а‚ цул мелхо а жиманиг а, мелхо а доккханиг а‚ билгалчу жайначохь долуш а бен.

:4

Ийман диллинчарна‚ дика Iамалш йиначарна ял ялархьама. Уьш бу шайна гечдар а‚ сийлахь рицкъ а хир дерш.

:5

Тхан аяташ талхо къахоьгуш берш, /уьш/ гIелдан гIерташ −царна Iазап ду лазош долчу таIзарах.

:6

Шайна Iилма деллачарнахаьа хьуна хьан Кхиош-кхобучуьнгара доьссинарг бакъдерг дуйла‚ ша /нах/ нисбеш долу веза волчун‚ хастаме волчун (Делан) новкъа.

:7

Цатешначара элира: "Оха нисдой шу цхьана стаганатIе‚ шуьга ша дуьйцуш волчу‚ шу ерриг кийсак хилла /кешний чохь/ дахкаделча, шу керлачу кхоллар чохь хир ду /юха дендийр ду/‚ бохуш волчу?

:8

Далла тIе харцдерг кхоьллина цо‚ я цуьнца жинаш ду". ХIаъ‚ эхартах ца тешаш берш Iазапа чохь а‚ генарчу тилар чохь а ма бу.

:9

Царна ца го-те стиглара а, лаьттара а шайна хьалхахь а, тIехьахь а дерг? Тхуна лиънехьара, Оха лаьтте худийтур бара уьш‚ я стиглара кийсакаш егор яра царна тIе. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду / тобадарца Далла / т1евоьрзуш волчу лена.

:10

Оха деллера Давудана Тхайгара ниIмат‚ /элира/: "ХIай лаьмнаш! Тасбахь де цуьнца цхьана‚ /аша а/ олхазарш". Оха кIаддийра цунна эчиг:

:11

"ГIаьгIнаш е‚ тIе юста /уьш/. Диканиг делаша. Баккъалла а, Со аш дийриг гуш ву".

:12

Сулейманна а /муьтIахь бира Оха/ мох‚ цуьнан Iуьйренан некъ бутт болуш‚ цуьнан суьйренан некъ а буттболуш. Оха лалийра цунна цIеста (ез), /хин/ хьоста санна дIаоьхуш. Жинех ду шаьш цунна хьалхахь болх беш дерш цуьнан Кхиош-кхобучун пурбанца. Царах Тхан омрах дIатилначарна Iавшор ду Оха жоьжахатин Iазапах.

:13

Цара еш цунна‚ шена луу‚ михьрабаш‚ сурташ а‚ кедаш, Iаьмнаш санна‚ чIогIа чIагIбина яйнаш а. Баркалла аларца Iамал елаш /Тхуна/‚ хIай Давудан доьзал. КIеззиг бу Сан лешех баркалла олуш берш.

:14

Оха цунна (Сулейманна) Iожалла тIехIоттича, и валарна тIе уьш нис ца бира цхьана лаьттан дийнато бен‚ ша цуьнан Iаса юуш. Иза /велла/ охьавоьжча, билгалделира жинашна: шайна къайле хууш хиллехьара, лаьттар цахилар шаьш сийсазчу Iазапехь.

:15

Хилира сабаашнашайн гIишлошкахь делил: ши беш: аьтту агIорхьара а‚ аьрру агIорхьара а. Даа шайн Кхиош-кхобучун рицкъех‚ баркалла āла Цунна (шукур де Дала)! Токхе мохк а‚ гечдеш волу Кхиош-кхобург /хилира царна/.

:16

Д1абевлира уьш /Далла баркалла аларх/‚ Оха доссийра царна тIе дуккха Iовраш‚ церан шинна бешан метта хилийтира ши беш, къаьхьа стоьмаш болуш‚ аслиха‚ /цхьацца/ хIума кIеззиг сидреха йолуш.

:17

Иза бекхам бира Оха царна уьш ца тешаш хиларна. Оха /иштта/ бекхам бой цатешачарна а бен?

:18

Царна (Сабаан) юккъехь а‚ Оха шайна чохь декъалйина хиллачу (Шаман) яртийн юккъехь а Оха йира гуш йолу ярташ‚ царна чохь къастийра некъ: "Лела царна чухула буьйсанашкахь а‚ деношкахь а, кхерам боцуш!"

:19

Цара элира: "Тхан Кхиош-кхобург‚ гена хилийталахь тхан кхерсташ лелар". Цара зулам дира шайна‚ Оха хилийтира царах /нахана/ дийцарш‚ массанхьа а дIасабаржира уьш. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду массо а собаре волчунна а‚ хам бечунна а.

:20

Иблисо бакъдайтира цаьрга шен моттар‚ уьш цунна тIаьхьахIоьттира муъмин нахах цхьа тоба йоцург.

:21

Ма яцара цунна царна тIехь цхьа а бакъо‚ деккъа Тхуна хаархьама‚ мила ву эхартах тешаш цунах шеконехь хиллачех. Хьан Кхиош-кхобург массо а хIуманна лардархо ву.

:22

Ахь āла: "Кхайкха шаьш, АллахI витина, /делий бу/ моьттуш хиллачаьрга". Цара дола ма ца до мискъала заррат /хIуманна/ стигланашкахь а‚ лаьттахь а. Ма дац царна (цара шайн делий бу бохучарна) цу шинна чохь цхьа а /АллахIаца/ накъосталла‚ ма вац Цунна царах цхьа а гIоьнча /оьшуш/.

:23

Пайда бийр бац гIодаккхароЦунна гергахь Цо шена пурба деллачунна бен. Шайн дегнашкара кхерам дIабаьккхича‚ цара (шайна шапаIат дан бакъо елла хилла долчу маликаша а, пайхамараша а) элира /вовшашка/: "ХIун элира шун Кхиош-кхобучо /шапа1ат даран хьокъехь/?" Цара элира: "Бакъдерг. Иза лекха а‚ воккха а верг ву".

:24

Ахь āла: "Мила ву шуна рицкъ луш верг стигланашкара а‚ латтара а?" Ахь āла: " Аллах1-Дела ву". Баккъалла а, Тхо я шу нийсачу новкъахь ду я билгалчу тилар чохь ду!".

:25

Ахь āла: "Шуьга хоттур дац оха къа дарна‚ тхоьга хоттур дац аш деш долчух".

:26

Ахь āла: "Цхьаьнатухур ду вай вайн Кхиош-кхобучо /къематдийнахь/ тIаккха къастор ду Цо вайна юккъехь бакъдолчуьнца‚ Иза хууш волу къастош верг ву".

:27

Ахь āла: "Аш гайта суна шаьш Цунах кхиина накъостий". ХIан-хIа! Иза −Дела ву‚ Ша веза волу‚ Ша хьукам /нийса/ деш волу.

:28

Оха вахийтина ма вац хьо массо а нахе кхаъ бахьаш верг а‚ кхерамча а хилла бен‚ делахь а, нахах дукхах- болчарна ца хаьа-кх.

:29

Цара олу: "Маца /кхочуш/ хир ю и ваIда, шу бакълуьйш хиллехь?"

:30

Ахь āла: "Шуна хан тоьхна де ду‚ цунах цхьа сахът тIаьхьадуьсур а дац шу‚ хьалхадовлур а дац".

:31

Цатешначара элира: "Тешанне а тешар ма дац тхо хIоккху Къуръанах а‚ цул хьалха хиллачух а". Хьуна гуш балхьара и зуламхой шайн Кхиош-кхобучунна хьалха хIоттийна‚ царах цхьаберш вукхаьрга дош юхадерзадеш‚ шаьш заьIип хиллачара куралла еш хиллачаьрга олуш: "Шу ца хиллехьара, тхох муъмин нах хилла хир ма бара".

:32

Шаьш куралла еш хиллачара элиразаьIип хиллачаьрга: "Оха дIатилира шу /нийсачу/ некъах и шуьга беъначул тIаьхьа? ХIаъ‚ шу шаьш хилира къинош деш".

:33

Шаьш заьIип хиллачара элира куралла еш хилачаьрга: "ХIаъ‚ буьйсанан а‚ дийнан а мекарлонаца аш тхуна омра ма дора тхо Делах цатешар‚ Оха Цуьнца кхиберш нисбар". Цара хьулдийра дохкобовлар, шайна Iазап гича. Оха буржолаш-г1оматаш туьйхира ца тешаш хиллачеран логех. Шаьш деш хиллачуьнца бен бекхам хир буй царна?

:34

Оха ца вахийтира юьртахь цхьа а кхерамча цуьнан (юьртан) хьалдолчара олуш бен: "Баккъалла а, тхо шу шеца даийтинчунна /ца тешаш/ керста ду-кх".

:35

Цара олура: "Тхо мелхо а алсам ду бахамца а‚ доьзалца а‚ тхуна Iазап дийр дац".

:36

Ахь āла: "Баккъалла а, сан Кхиош-кхобучо рицкъ даржадо Шена луучунна /дукха луш/‚ барам а бо /кIеззиг луш/‚ делахь а, нахах дукхах- болчарна ца хаьа-кх."

:37

Шун бахам а‚ шун доьзал а ма бац шу Тхуна гергадалош берш (кIез-кIеззиг) гергадалорца −ша ийман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а бен. Уьш бу шайна шозза ял ерш шаьш йинчу Iамалшца‚ уьш /хир/ бу /ялсаманин/ хIусамашкахь кхерам боцуш.

:38

Тхан аяташ /дохорехь/ къахьоьгуш берш, шаьш /уьш/ г1орасиза дийр ду моьттуш,- уьш Iазап чохь латтор ма бу.

:39

Ахь āла: "Баккъалла а, сан Кхиош-кхобучо даржадо /шортта/ рицкъ Шен лешех Шен луучунна‚ Цо цунна барам а бо /кIеззиг луш/". Аш хIуманах сагIина елларг- Цо меттахIоттор ю. Иза рицкъ лучарех уггар диканиг ву.

:40

Цу /къемат/дийнахь Цо гулбийр бу уьш берриге а‚ тIаккха эр ду маликашка: "ХIорш бу и шуна Iибадат деш хилларш?"

:41

Цара элира: "Вонах цIена ву хьо‚ Хьо ву-кх тхан вали, уьш боцуш. ХIаъ‚ уьш хилира жинашна Iибадат деш‚ царах дукхахберш царна ийман диллина бу".

:42

Тахана шух цхьаболчеран долахь бац вукхарна пайда а‚ зен а‚ Оха эр ду зулам диначаьрга: "Iовша шайна цIеран Iазап, аш ша харцдеш хилла долу".

:43

Шайна тIехь Тхан билгала долу аяташ доьшуш, цара элира: "ХIара ма вац шу шун дай шена Iибадат деш хиллачух дIатило лууш волу стаг бен". Цара элира /юха а/: "Цо ша кхоьллина харцдерг бен ма дац хIара /Къуръан/". Цатешначара элира бакъдолчунна, и шайга деъча: "ХIара деккъа къеггина бозбуунчалла ду-кх".

:44

Оха ца делла /хьалха/ цаьрга (Маккан ох1лага) цхьа а жайна цара и Iамадеш долу‚ Оха ца вахийтина цаьрга хьол хьалха цхьа а кхерамча.

:45

Харцдира царал хьалха хиллачара а‚ /хIорш-м/ ца кхиира Оха царна деллачух итталгIачу декъах а. Цара харцбира Сан элчанаш. Муха хилира Сан /уьш/ цаларар (Сан Iазап)?

:46

Ахь āла: "Ас хьоьху шуна цхьа хIума: шу д1ахIоттар Далла хьалха /бакъдерг лоьхуш/ шишша а‚ цхьаьцца а‚ тIаккха аш ойла яр: шун накъостма вац жинех. Иза ма вац кхерамча бен, чIогIа Iазап хилале хьалха /ваийтина волу/".

:47

Ахь āла: "Ас ца бехна шуьга цхьа а мах‚ иза шуна бу. Сан мах Далла тIехь бен бац. Иза массо а хIуманна тIехь теш ма ву".

:48

Ахь āла: "Баккъалла а, сан Кхиош-кхобучо дуьллу /пайхамарийн дегнашка/ бакъдерг‚ къайленаш дика хууш верг ву Иза".

:49

Ахь āла: "Деана бакъдерг. Д1адолалур дац харцдерг‚ духадоьрзур а дац".

:50

Ахь āла: "Со тилвеллехь, −со тилалуш ву сайна. Со нисвеллехь, −Сан Кхиош-кхобучо сайга деллачу вехьеца /нисвелла/. Баккъалла а, Иза хозуш верг а ву‚ гергахь верг а ву".

:51

Хьуна гинехьара уьш кхерабелла‚ бовла меттиг йоцуш‚ схьаьлаьцна гергарчу меттигера.

:52

Цара элира: "Оха ийман диллина цунах". Мичара ду царна /ийманах/ кхиар генарчу меттигера?

:53

Цара керстадина иза хьалха. Цара дIатосура къайлаха дерг генарчу меттигера. (Цара бакъ ца лорура шайга дуьненахь дуьйцуш хилла долу къематдийнах а, юхадендарах а, ялсаманих а, жоьжахатих а лаьцна хабарш).

:54

Дуьхьало хилира царна а‚ царна дезачунна а юккъехь‚ уьш санначарах хьалха дина ма хилла. Баккъалла а, уьш хилира шеконан шеконехь.