ХIай пайхамар! Делах кхералахь‚ хьо муьтIахь ма хилалахь керстанашна а‚ мунепакъашна а. Баккъалла а, Дела хили хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а.
Хьо тIаьхьахIотта хьайга вехьешцахьан Кхиош-кхобучуьнгара дог1учунна. Баккъалла а, Дела хили аш дийриг сов дика хууш.
Ахь Далла т1е таваккалде −кхачо хили Делаца векал.
Ца дина Дала цхьанна стагана ши дог цуьнан кийрахь‚ ца хилийтина Цо шун зударех‚ аш шайга шун баккъаш шайн нанойн баккъашка тера хета‚ аьлла болчу‚ шун наной‚ аш долабаьхначу берийх шуна кIентий ца хилийтина Цо. Иза шун дош ду шун багенашца /олуш долу/. Дала олу бакъдерг‚ Цо нисво нийсачу новкъа.
Шайн дайшка дIакхайкхауьш −иза ду мелхо а нисдерг Далла гергахь. Шуна церан дай ца бовзахь, −шун вежарий а бу уьш динехь‚ шун доттагIий а бу. Шуна къа дац шу шегахь гIалатдаьллачуьнгахь‚ аш дагалаьцначуьгахь бен. Хили Дела т1ех гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
Пайхамар тамеву муъмин нахана шайл а‚ цуьнан зударий церан наной бу. Гергарнаш цхьаберш вукхарал таме бу Делан жайнахь /кхечу/ муъмин нахал а‚ хIижар дихкинчарала‚ аш шайн доттагIашна диканиг деш далахь бен. Хили иза жайнахь дIаязделла.
Оха схьаийцира пайхамарашкара чIагIам‚ хьоьгара а‚ Нухьера а‚ ИбрахIимера а‚ Мусагара а‚ Маръяман кIантера Iийсагара а. Оха схьаийцира цаьргара чIогIа чIагIам.
Цо (Дала) бартхаттархьама бакълуьйчаьрга шайн бакълерах. Кечдина Цо керстанашна лазош долу Iазап.
ХIай ийман диллинарш! Аш дагадайта шайна хилла Делан ниIмат −шуна деара /маликийн/ эскар −Оха бахийтира царна тIе моха‚ эскар а‚ шуна ша гуш доцу. Хилира Дела аш дийриг гушверг.
Уьш баьхкира шуна тIе шун тIехула а‚ шун бухахула а −/шун/ бIаьргаш хьен тIе бевлира‚ дегнаш къамкъаргашка кхечира‚ шуна мотталора Делах лаьцна цхьацца /нийса доцу/ моттадаларш.
Цигахь зийра муъмин нах‚ /церан дегнаш кхераделла/ чIогIа тохаделира.
/Ахь дагадаийта/ мунепакъаша а‚ шайн дегнашкахь цамгар йолчараа элира: "Дала а‚ Цуьнан элчано а вайца йина ваIда Iехор бен ма дац".
/Ахь хьахаде/: царах цхьана тобано элира: "ХIай Ясрибанбахархой! Шуна латта меттиг яц /тIом бан/‚ юхадерза". Царах цхьа кхиерг (тоба) пайхамаре /ц1ахь йиса/ пурба деха йолаелира‚ олуш: "Тхан цIенош даьсса ду". Даьсса ма дац уьш −царна луург бовдар ду-кх /тIамтIера/.
Царна чубахкитича цуьнан (гIалин) йисташкахула‚ тIаккха цаьрга питнадийхича, −и лур ма дара хьуна цара‚ цхьа кIеззиг хьоьжуш лаьттар а ма бацара хьуна уьш.
Уьш хьалха а хилира Делаца ваIда еш‚ шаьш довдур дац /тIамтIера/‚ бохуш. Хили Делан ваIда жоп доьхуш.
Ахь āла: "Пайда бийр бац шуна довдаро шу даларх я дайарх девдича, кIеззиг бен бахам хир бац шуна т1аккха а".
Ахь āла: "Мила ву иза ша Делах шу лардийр верг, Цунна шуна цхьа зен лиъча‚ я Цунна шуна цхьа къинхетам лиъча? Цара карор ма вац шайна Дела воцург цхьа а вали а‚ цхьа а гIоьнча а".
Бевза Далла шух новкъарло еш берш /нах гIазоте ца бохуьйтуш/‚ шайн вежаршка олуш берш: "Схьадуьйла тхо долчу /ма гIо гIазоте/!" Цхьа кIеззиг бен ца бира цара (мунепакъаша шуьца цхьана) тIом (гIазот),
/Иза а/ шуна /безамций, доглазарций/бIаьрмециг хуьлуш а бен. Кхерам беъча,хьуна гира уьш хьоьга хьоьжуш шайн бIаьргаш хьийзаш,валан хорша еанарг санна. Кхерам дIабаьлча,шух чекхдохур ду цара чIиран меттанаш дикачунна бIаьрмециг хилла. Уьш ийман диллина бац хьуна‚ Дала д1аяйа хьуна церан Iамалаш. Иза хилира Далла атта.
Царна моьтту и тобанашдIа ца яхна. И тобанаш еъча,царна лаьа кхелхаш лелачу Iаьрбийн юккъехь дIасалеларшхила‚ шун хабарш хоьттуш. Шун юккъехь хилча а,кIеззиг бен тIом бира бацара цара.
Баккъалла а, шуна хилира Делан элчанехь хаза масал-/шух/ Деле а‚ тIаьхьарчу дийне а дог дохуш волчунна а‚ дуккха а Дела хьехош волчунна а.
Муъмин наха, шайна и /т1ом бан йог1у керстанийн/ тобанаш гича‚ элира: "ХIара ю Дала а‚ Цуьнан элчано а вайца йина ваIда‚ бакълина Дела а‚ Цуьнан элча а". /Цу гIуллакхо/ уьш алсам ца боху ийманца а‚ муьтIахь хиларца а бен.
Муъмин нахах цхьа божарий бу шаьш бакъйина шайн Делаца хилла йолу ваIда‚ царах шен Iожалла т1екхаьчнарг (велларг) а ву‚ царах /г1азотехь вала/хьоьжуш верг а ву‚ цхьа а хийцам ца бина цара /шайн Делаца хилла ваIдин/
Дала ял ялархьама бакълийначарна шайн бакълерца‚ Iазап дархьама мунепакъашна,Шен лаахь‚ я гечдархьама царна. Баккъалла а, Дела хили гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
Дала юхаберзира цатешнарш шайн оьгIазаллица‚ ца кхиира уьш дикчух. Кхачо хилийтира Дала муъмин нахана тIамах. Хили Дела нуьцкъала верг а‚ веза верг а.
/Дала/ охьабоссийра жайнан ох1лах царна гIо дина хилларшшайн чIагIонашкара‚ Цо кхоьссира церан дегнашка кхерам‚ цхьаберш аш бойу‚ цхьаберш аш йийсаре луьйцу.
Цо ирсана шуна делира церан латта а‚ церан цIенош а‚ церан бахам а‚ /кхин/ аш хьешна доцу лаьтта а. Хили Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш.
ХIай пайхамар! Ахь āла хьан зударшка: "Шу делахь дуьненан дахар дезаш‚ цуьнан хазалла а /езаш/‚ схьадуьйла −ас йитинчу зудчунна дог1ург лур ду шуна‚ хазачу кепара паргIатдохур ду шу.
Шу делахь везаш Дела а‚ Цуьнан элча а‚ тIаьхьа хир йолу хIусам а (ялсамане), −Дала кечйина шух диканиг дечарна сийлахь- йоккха ял.
ХIай пайхамаран зударий! Шух билгала ирчаниг деанчунна −шозза алсам хир ду цунна Iазап. Хили иза Далла атта.
ШухДалла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь хилларг а‚ дика Iамал а йинарг −цунна ял лур ю Оха шозза. Оха цунна кечдина сийлахь рицкъ.
ХIай пайхамаран зударий! Шу дац зударех цхьанга а тера. Шу /Делах/ кхоьруш делахь,ма хила дашца кIеда /хийрачу божаршна/ −тIаккха шен дагчохь цамгар ерг тIехьийзар ву‚ аш āла дика дош.
Шайн цIеношкахь совца‚ кеч ма ло хьалхалера жехIаллин кечдаларца. Ламаз а хIоттаде‚ закат а ло‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь хила. Баккъалла а, Далла лаьа, /хIай пайхамаран/ цIийнан охIла, шух боьху хIума дIадаккха а, шу цIандан а цIандарца.
Дагадайта шайн цIеношкахь доьшуш долу Делан аяташ а‚ хьикмата. Баккъалла а, Дела хили дика кхеташ верг а‚ сов дика хууш верг а.
Баккъалла а, бусалба божарий а‚ бусалба зударий а‚ муъмин божарий а‚ муъмин зударий а‚ /Делах/ кхоьруш болу божарий а‚ /Делах/ кхоьруш болу зударий а‚ бакълуьйш болу божарий а‚ бакълуьйш болу зударий а‚ собаре болу божарий а‚ собаре болу зударий а‚ /Далла/ муьтIахь болу божарий а‚ /Далла/ муьтIахь болу зударий а‚ сагIа луш болу божарий а‚ сагIа луш болу зударий а‚ марха кхобу божарий а‚ марха кхобу зударий а‚ шайн эвхье йолу меттигашларош болу божарий а‚ зударий а‚ дуккха Дела хьехош волу божарий а‚ зударий а −кечдина Дала царна гечдар а‚ сийлахь-йоккха ял а.
Ца хилламуъмин стагана‚ я муъмин зудчунна,Дала а‚ Цуьнан элчано а цхьа гIуллакх кхочушдича,шайн гIуллакхах /шайн дезарг/ харжан бакъо. Далла а‚ Цуьнан элчанна а Iесаверг тилавелла билгалчу тиларца.
/Хьажал/ ахь ма элира Дала а‚ ахьа а шен ниIмат деллачуьнга: "Хьайгахь кхаба хьан зуда‚ Делах кхера!" Ахь хьулдийра хьайгахь Дала гучудоккхург. Хьо кхоьрура нахах‚ ткъа Дела мелхо а там болуш вара хьо Шех кхера. Зайда цуьнца шен лаам кхочушбича (цо иза йитича, Iиддат чекхдаьлча)‚ Оха иза хьуна ялийра муъмин нахана хало ца хилийтархьама шаьш дай хIоьттинчу кIентийн зударий бало цара шайн царца долу гIуллакх чекхдаькхича (шарIехь уьш битича). Хили Делан гIуллакх дина даьлла.
Пайхамарна хало хила мегар дац Дала Шена тIе диллинчуьнгахь −Делан Iадат /ду иза/ хьалха баханчаьргахь а хилла. Хили Делан гIуллакх азаллехь кхочушхилла.
Ишттанаш бу уьш (хьалхабаханарш) шаьш Делан элчаналла кхочушдина‚ Цунах кхоьруш болуш‚ Дела воцучех цхьаннах ца кхоьруш. Делаца кхачо хилла хьесапдийриг.
Ца хилла Мухьаммад шун божарех цхьаннан а да‚ делахь а,Делан элча а‚ пайхамарийн мухIар а ду иза. Хили Дела массо а хIума хууш верг.
ХIай ийман диллинарш! Хьехаве Дела дукха хьехаварца.
Тасбахь де Цунна Iуьйранна а‚ суьйранна а.
Иза ву шух къинхетамбеш верг‚ Цуьнан маликаш а /ду шуна гечдар доьхуш/‚ шу боданера серлонга дахархьама. Иза хили муъмин нахах къинхетамбеш верг.
Церан маршалла Цунна дуьхьалкхийтинчу дийнахь −салам ду. Цо кечйина царна сийлахь ял.
ХIай пайхамар! Баккъалла а, Оха вахийтина хьо теш хилла‚ кхаъанча хилла‚ кхерамча хилла.
Деле кхойкхуш верг а хилла Цуьнан пурбанца‚ нуре чиркх а хилла /вахийтина хьо/.
Ахь кхаъ баккха муъмин нахана царна Делера йоккха комаьршаллаю‚ аьлла.
МуьтIахь ма хилалахь /Делах/ цатешачарна а‚ мунепакъашна а‚ дита церан /хьуна деш долу/ халахетарш. Далла тIе товжа. Кхачо хили Делаца векал.
ХIай ийман диллинарш! Аш муъмин зударий балийча‚ тIаккха уьш битича шу царах хьакхадалале,шуна царна тIехь цхьа Iиддатдац аш терго ян дезаш. Ло царна шайн пайда эццал хIума‚ хазчу кепара бита уьш.
ХIай пайхамар! Оха хьанал бина хьуна хьан зударий‚ ахь шайна махбелла болу‚ хьан аьтту куьйга доладинаршхьуна Дала хIонсана беллачарах‚ хьан ден вешин мехкарий а‚ хьан ден йишин мехкарий а‚ хьан ненан вешин мехкарий а‚ хьан ненан йишин мехкарий а‚ шаьш хьоьца хIижар дина болу; /кхин муьлхха/ муъмин зуда а‚ цо ша пайхамарна дIалахь‚ пайхамарна иза ялон а лаахь‚ еккъа хьуна а /хIай пайхамар/ хуьлуш кхин муъмин нахана йоцуш. Тхуна хии‚ хIун тIе диллина Оха царна шайн зударшкахь‚ аьтту куьйгаша дола-диначаьргахь а‚ хьуна хало ца хилийтархьама. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
Ахь тIаьхьатоттур ю хьайна луург царах, хьайна тIелоцур ю хьайна луург; хьайна езахь айхьа /хьалха/ юьстах яьккхиначарах −къа дац хьуна /хьо цунна тIевахарх/. Иза мелхо а герга ду церан бIаьргаш бузарна‚ уьш сингаттаме цахиларна /и Делера дуй хиъча/‚ уьш реза хиларна а ахьа шайна деллачух −уьш массо а. Далла хаьа шун дегнашкахь дерг. Хили Дела хууш верг а‚ /массо а хIума шен-шена меттиге дIанисдеш верг а/, /къиношна дуьхьал таIзар дарехь/сих ца луш верг а
Хьанал бац хьуна зударий царал сов а‚ уьш хийцабар а /кхечу/ зударех‚ церан хазалло хьо цецваккхахь а‚ хьан аьтту куьйго доладинарш боцурш. Хили Дела массо а хIуманна тIехь терго еш верг.
ХIай ийман диллинарш! Пайхамаран цIеношна чу ма гIолаша шайна пурба делчи бен кхача баа, /тIаккха а дукха хьалха ма гIолаш/ и /кхача/ кечбина баларе хьоьжуш ца Iан. Мухха делахь,шайга кхийкхича, −чу гIо. Шаьш хIума йиъча,дIасадаржа‚ хабарна юкъа а ца гIош. Баккъалла а, шун иштта хиларо пайхамарна новкъарло йо‚ цунна шух эхь хета /шуьга ала/. Далла эхь ца хета бакъдолчух. Аш цаьрга (элчан зударшка) цхьа хIума ехахь‚ аш еха и цаьрга кирхьана дехьахула. Иза мелхо а цIена ду шун дегнашна а‚ церан дегнашна а. Шуна мегара дац Делан элчанна новкъарло ян а‚ цуьнан зударий балабан а цул тIаьхьа цIеллигацIа. Баккъалла а, иза хили Далла гергахь деза- доккханиг (къа).
Аш гучудаккхахь а цхьа хIума‚ я хьулдахь и −баккъалла а, Дела хили массо а хIума хууш верг.
Къа дац царна (зударшна‚ кхоччуш хьул ца белча)шайн дай‚ шайн кIенташна‚ шайн вежаршна‚ шайн вежарийн кIенташна‚ шайн йижарийн кIенташна‚ шайн /хьалхахь болчу/ зударшна‚ шайн аьтту куьйгаша доладиначарна хьалхахь. Делах кхералаш /шу зударий −хийрачу божаршна гучудовларехь/. Баккъалла а, Дела хили массо а хIуманна тIехь теш.
Баккъалла а, Дала а‚ Цуьнан маликаша а салотдуьллу пайхамарна. ХIай ийман диллинарш! Аша а дилла цунна салот‚ салам ло маршаллица.
Баккъалла а, Далла а‚ Цуьнан элчанна а халахоьтуьйтуш берш −Дала неIалт аьлла царна дуьненахь а‚ эхартахь а‚ кечдина царна сийсаза Iазап.
Муъмин божаршна а‚ муъмин зударшна а, цаьргара даьлла х1умма а доццушехь, халахоьтуьйтуш берш -цара дехьна доккха эладита а‚ билгала къа а.
ХIай пайхамар! Āла хьан зударшка а‚ хьан мехкаршка а‚ муъмин нехан зударшка а шайна тIе шайн оба (паранжа‚ парду) узийла цара. Иза мелхо а герга ду уьш бовзарна а‚ царна халахетар цадарна а. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
Мунепакъаш а‚ шайн дегнашкахь цамгар ерш а‚ Мадинатехь эладитанаш даржош берш а ца совцахь,Оха хIоттор ма ву хьо царна тIе. ТIаккха хьан лулахь уьш цигахь Iийр ма бац кIеззиг бен.
Шайна неIалт хилларш /бу уьш/. Миччахь хилахь схьалоьцур ма бу уьш‚ бойур ма бу байарца.
Делан суннат ду иза‚ хьалха дIабаханчаьргахь а лелла. Хьуна каранне а карор ма бац Делан суннатана хийцам.
Хьоьга хоьтту наха сахьтахлаьцна. Ахь āла: "Цуьнан Iилма Далла гергахь ду". Стено хоуьйту хьоьга? −и сахьт-м герга-хилла а мега.
Баккъалла а, Дала неIалт аьлла цатешачарна‚ Цо кечйина царна жоьжахати.
Уьш лаьттар бу цу чохь гуттар. Царна карор вац цхьа а вали а‚ гIоьнча а.
Оцу дийнахь шайн яххьаш цIерга ерзош,цара эр ма ду: "Вай хилла хиллехьара Далла муьтIахь‚ элчанна муьтIахь!"
Цара элира: "Тхо Кхиош-кхобург‚ тхо муьтIахь хили тхан элашна а‚ тхан тхьамдашна а. Цара тили тхо /нийсачу/ некъах.
Тхан Кхиош-кхобург‚ лōлахь царна шозза Iазап‚ доккха неIалт алалахь царна".
ХIай ийман диллинарш! Шу ма хилалаш Мусана халахетар диначарах тера. Дала цIанвира иза цара аьллачух. Иза хилира Далла гергахь лоруш верг.
ХIай ийман диллинарш! Делах кхералаш‚ нийса дош алалаш.
Цо дика хуьлуьйтур ю шун Iамалш‚ гечдийр ду шуна шун къинош. Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь верг −цо баьккхина боккха толам.
Оха хьалхадиллира аманатстигланашна а‚ лаьттана а‚ лаьмнашна а −уьш дуьхьал хилира и д1адахьан‚ уьш кхийрира цунах‚ и дIадихьира адамо. Баккъалла а, иза хили-кх зуламе верг а‚ ца хууш верг а.
Дала Iазап дархьама мунепакъ божаршна а‚ мунепакъ зударшна а‚ ширк динчубожаршна а‚ ширк динчу зударшна а‚ Дала тōба къобалдархьама муъмин божарийн а‚ муъмин зударийн а. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.