Дерриге а Исламан библиотека

32 - The Prostration - As-Sajdah .

:1

Алиф-лāм-мūм.

:2

Жайна охьадоссор /ду хIара/‚ шена чохь шеко йоцуш‚ Iаламийн Дегара.

:3

Я цара олу: "Цо (Мухьаммада) кхоьллина /харцдерг/ ду иза"? ХIаъ‚ иза бакъдерг ду хьан Кхиош-кхобучуьнгара ахь къомана кхерам тасархьама‚ хьол хьалха шайга цхьа а кхерамча веана воцчу‚ уьш нийсачу новкъа хIуттур бацара-те?

:4

Дела ву Ша стигланаш а‚ латта а, цу шинна юккъехь мел дерг а кхоьллинарг ялх дийнахь‚ тIаккха дIанисвелира Иза IаршатIехь. Ма вац шуна Иза воцург цхьа а вали а (доттагI)‚ цхьа а гIодаккхархо а‚ аш ойла ца йо-те?

:5

Омра дIасадоькъу Цо стиглара лаьтта тIе‚ тIаккха иза (омра) Цунна тIе айло дийнахь‚ шен барам эзар шо долуш аш дагардечу кепара.

:6

Иза ву хьуламехьдерг а, гучахьдерг а хууш верг а. Веза верг а‚ къинхетаме верг а /ву Иза/.

:7

Иза ву Ша мел кхоьллинарг хазчу куьцара дина. Адам кхолла волавелла Иза поппарах.

:8

ТIаккха цуьнан т1аьхье хилийтира Цо ладамбоцчу хинан тIадамах.

:9

ТIаккха Цо иза нисвира‚ Цо диллира цу чу Шен сих /са/‚ Цо хилийтира шуна хазар а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а. Ма кIеззиг ду-кх аш шукур дийриг.

:10

Цара элира: "Тхо дайча лаьттахь‚ тхо керлачу кхолларехь хир дуй (юхадендийр дуй)?" ХIаъ‚ уьш шайн Кхиош-кхобучунна дуьхьалкхетарна керстахили.

:11

Ахь āла: "Долуьйтур ду шу даларан малико‚ ша шуна тIе хIоттина долчу‚ тIаккха шайн Кхиош-кхобучунна тIе шу дIадерзор ду.

:12

Хьуна гуш балхьара и къинош дийнарш шайн кортош охьатаIина шайн Кхиош-кхобучунна хьалхахь /олуш/: "Тхан Кхиош-кхобург‚ гина тхуна‚ хезна тхуна‚ юхадерзадехь тхо /дуьнен чу/ −дика Iамал йийр яра оха‚ тхо /хIинца шеко йоццуш/ тешна ду".

:13

Тхуна лиънехьара, Оха лур бара хIор сине шен нийса некъ‚ делахь а, бакъхили-кх Соьгара дош: "Юзанне а юзор ма ю Ас жоьжахати жинех а, нахах а- /царах Далла 1еса хиллачарах/ массарах а".

:14

Iовша /Iазап/ хIокху шайн /къемат/ денна дуьхьалкхетар аш дицдарна - Оха шу а дицдина. Iовша гуттаренан Iазап шаьш /дуьненахь/ деш хилларг бахьанехь.

:15

Баккъалла а, тешаш бу Тхан аятех, шайна уьш хьехийча, сужудане бегаш берш‚ шайн Кхиош-кхобучунна хастам барца тасбахь деш берш‚ шаьш кура а ца бовлуш.

:16

Церан агIонаш айло /буьйшачу/ меттигашкара‚ шайн Кхиош-кхобучуьнга кхойкху цара (Цуьнан Iазапах) кхерарца а‚ (Цуьнан къинхетаме) догдахарца а‚ Оха шайна деллачу рицIкъех /дикчу агIора/ харжаш йо цара.

:17

Ца хаьа синна‚ хIун шайна хьулйина ю бIаьргашна езачарах шаьш йина хиллачу Iамална дуьхьал.

:18

Ткъа муъмин стаг хилла песакхстагах тера? Нис ца ло уьш.

:19

Ткъа ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а −царна бошмаш ю чугIойла‚ хьешана санна кечйина йолу цара йина хилла Iамал бахьанехь.

:20

Ткъа песакх хилларш а −церан чугIойла /жоьжахатин/ цIе ю. Царна цу чуьра арабовла мел лии, −цу чу юхаберзор бу уьш‚ цаьрга эр ду: "Iовша шайна цIеран Iазап‚ шаьш иза харцдеш хилла долу".

:21

Оха Iовшанне а Iовшийтур ма ду цаьрга дайа Iазап/эхартан/ доккха Iазапал хьалха, юхабоьрзур бацара-те уьш /къиношдечух/.

:22

Ткъа мила ву зуламе шен Кхиош-кхобучун аяташ шена хьехадеш тIаккха царах дIавоьрзуш волчул? Баккъалла а, Тхо къинош диначаьргара бекхам оьцур берш ма ду.

:23

Оха деллера Мусага жайна −хьо ма хилалахь шеконехь цуьнца вовшахкхетарна. Оха хилийтира цунах (Тавратах) нийса некъ Исраилан кIенташна.

:24

Оха хилийтира царах имамаш‚ шаьш нисбелла болу Тхан омраца, шаьш собаре хиллачул тIаьхьа. Уьш хилира Тхан аятех ч1ог1а тешаш.

:25

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо къастор ду царна юккъехь къематдийнахь церан хиллачу хилпалонехь.

:26

Ткъа Оха царал хьалха мел хIаллакйинчу тIаьхьенаша а нис ца бо-те уьш /бакъдолчунна тIе/? Уьш д1асалелаш ма бу церан гIишлошкахула. Баккъалла а, цу чохь /Тхо бакъхиларан/ делилаш ду-кх! Царна ца хозу-те?

:27

Царна ца хаьа-те Оха д1алоллу хи /дакъаделла/ этIачу лаьттана тIе‚ цуьнца ялта арадолуьйту −цунах ма дуу церан бежнаша а‚ цара шаьш а?! Царна ца го-те?

:28

Цара (дин харцдечара) олу: "Маца хир бу /шуна/ толам/тхуна тIехь/, шу бакълуьйш хиллехь?"

:29

Ахь āла: "Толаман дийнахь пайда бийр бац цатешачарна церан иймано‚ уьш тIаьхьатоттур а бац" /тōба дан/.

:30

ДIаверза царах‚ хьоьжуш Iелахь‚ уьш бу хьуна хьоьжуш Iеш.