All Islam Directory
1

Алиф-лāм-мūм.

2

ХIорш хьукаме долчу жайнан аяташ ду.

3

Шаьш нийса некъ а‚ къинхетам а хилла долу диканиг дечарна.

4

Уьш бу шаьш ламаз хIоттош‚ закат луш‚ эхартах уьш /шеко йоццуш/ тешаш бу.

5

Уьш шайн Кхиош-кхобучуьнгара нийсачу новкъахь бу. Уьш бу баккхийбийраш.

6

Нахах ву шегахь Iилма доцуш даьсса (пайда боцу) хабар оьцуш (дуьйцуш) вергДелан некъах /нах/ тилорхьама‚ сийсазбой схьалоцу цо иза /Делан некъ/. Уьш (и саннарш) −царна сийсаза долу Iазап ду.

7

Шена Тхан аяташ доьшуш, кураваьлла дIавирзи иза‚ шена уьш ца хезча санна‚ шен лергашкахь къоралла ерг санна. Ахь цунна кхаъ баккха лазош долчу Iазапца.

8

Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а −царна ни1матийн /ялсаманин/ бошмаш ю.

9

Уьш цу чохь гуттар лаьттар бу. Делан бакъ хилла йолу ваIда ю иза. Иза веза верг а ву‚ хьукам /нийса деш/ верг а ву.

10

Цо кхоьллира стигланаш шуна ша гуш цхьа а бIогIам боцуш. Лаьттахула лаьмнаш кхиссира Цо и шуьца ца лестийтархьама‚ даржийна Цо цигахь массо а дийнат (са долу хIума). Оха доссийра стиглара хи‚ Оха кхиийра цу чохь (лаьттахь) хIор беркате шишша /орамат/.

11

Иза Делан кхоллар ду. ХIинца аш Соьга гайтал‚ хIун кхоьллина Иза воцчо. ХIаъ‚ зуламхой билгалчу тилар чохь бу-кх!

12

Оха /хьалха/ деллера Лукъманнахьекъалалла: "Далла шукур де. Шукур дечо −шена шукур деш ду. /Дин/керстадеш верг−Дела хьал долуш а ву‚ хастаме а ву".

13

Хьахаде! Лукъмана элира шен кIанте‚ ша цунна хьехар деш: "ХIай сан кIаьтиг‚ ахь Делаца накъост ма лацалахь. /Делаца/ накъост лацар −/инзаре/ доккха зулам ду".

14

Оха весет дина адамна шен деца-ненаца /дика хилар/: шен нанас /кийрахь/ лелийна иза гIелъяларна тIе а гIелъяларца‚ цуьнан /ненах дакхорах/ къастар −ши шо дуьзча ду. Шукур де Суна а‚ хьан дена-нанна а. Суна т1е ду /массеран а / дIадерзар.

15

Нагахь санна цу шиммо къахьегахь ахь Соьца накъост лацарна тIехь хьуна шеца Iилма доцучуьнца, −тIаккха ахь цу шинга ла ма догIалахь. Накъосталла де царна шинна дуьненахь дикчу хIуманна тIехь. Хьо тIаьхьаваза Суна тIевирзиначун новкъа. ТIаккха Суна тIе ду шун д1адерзар. Ас дуьйцур ду шуна аш деш хилларг.

16

"ХIай сан кIаьтиг‚ и (вониг) хилахь а цхьа жимма кIоллан буьртигал я тархахь (чарчохь)‚ я стигланашкахь‚ я лаьттахь а −иза а схьадоккху Дала. Баккъалла а, Дела тIех кхетаме верг а ву‚ сов дика хууш верг а ву.

17

ХIай сан кIаьтиг‚ хIоттаде ламаз‚ диканиг /нахана/ омра де‚ вочух /нах/ духатоха‚ собар де хьайх хьакхаделлачунна тIехь. Иза гIуллакхийн чIогIаллах ду.

18

/Куралла еш, ца вешаш/ хьан юьхь ма сеттае нахана‚ ма лела лаьттахула кура. Баккъалла а, Далла ца веза массо а кура верг а‚ везаведарг а.

19

Юкъанаккъара де хьан болар‚ аз а лагIде хьан. Аьзнех уггар ирчаниг виран аз ду".

20

Шуна ца хиъна-те‚ Дала шуна болх бойтуш хилар стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел долчуьнга‚ Цо шуна шортта делла Шен ниIматаш‚ гуш дерш а‚ хьуламехь дерш а? Нахах ву ша Делехь къуьйсуш верг цхьа а Iилма доцуш‚ нийса некъ боцуш‚ нуре жайна доцуш.

21

Шайга аьлча: "ТIаьхьахIитта Дала доссийначунна"‚ цара эли: "ХIан-хIа‚ тхо тIаьхьахIуьтту тхуна шена тIехь тхан дай карийначунна". Я шайтIа хилчи а цаьрга кхойкхуш жоьжахатин Iазапе?

22

Шен юьхь Далла муьтIахь еш верг, дика а хилла −цо схьалецна чIогIа уьйр‚ Деле ю гIуллакхийн чакхе.

23

Керстаналла динарг −хьо сингаттаме ма войла цуьнан керстаналло. Тхоьга ду церан д1адерзар‚ Оха дуьйцур ду цаьрга цара динарг. Баккъалла а, Дела хууш ву дегнашкахь дерг.

24

Оха пайда оьцуьйтур бу цаьрга цхьа кIеззиг, тIаккха Оха дийр ду царна ирча Iазап.

25

Ахь цаьрга хаьттича‚ хьан кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ аьлла‚ цара эр ма ду: "Дала". Ахь āла: "Хастам бу Далла". ХIаъ‚ царах дукхахберш хууш бац.

26

Делан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Баккъалла а, Дела −Иза ву хьал долуш верг а‚ хастаме верг а.

27

Лаьттахь мел долчу диттах къоламаш хилча‚ ткъа хIордана шел тIаьхьа ворхI хIордо гIо а дича /шекъа а хилла/ −кхачалур ма дацара Делан дешнаш. Баккъалла а, Дела веза верг а‚ хьукам /нийса деш/ верг а ву.

28

Шу кхоллар а‚ шу юхадендар а цхьа садаIар санна а бен дац /Далла/. Баккъалла а, Дела хозуш верг а ву‚ гуш верг а ву.

29

Хьуна ца хаьа‚ Дала буьйса денна чу яло‚ де буьйсанна чу дало‚ болх бойтуш бу малхе а‚ батте а‚ массо а дIасалелаш ю шен тоьхна хан тIекхаччалц‚ и Дела аш дийриг дика хууш хилар а /ца хаьа шуна/?

30

Иза ду И Дела Ша бакъдерг хилар‚ ткъа цара, Иза а витина, шега кхойкхург харцдерг хилар‚ Дела −Иза лекха верг а‚ воккха верг а хилар а /ду иза/.

31

Хьуна ца го кема, дIасалелаш хIорда чохь Делан ниIматаца Цо шуьга гайтархьама Шен аятех /аяташ/. Баккъалла а, цу чохь аяташ ду массо а собаре волчунна а‚ шукур деш волчунна а.

32

Шаьш толгIано хьулбича‚ рагIус санна‚ цара Деле кхойкху, Цунна дин а цIандеш. Цо уьш аренга кIелхьарбаьхча, −царах юкъанаккъара верг а ву (керстаналлина а‚ ийманна а юккъехь)‚ /керстаналлина тIехь сеццарг а ву/. Тхан аяташ керстадийр ма дац массо а тешнабехк бечо а‚ /Делан ниIматашна/ инкарло ечо а бен.

33

ХIай нах! Шу кхералаш шайн Делах‚ шу кхералаш дийнах‚ да шен доьзалхочунна пайдане хир воцчу, доьзалхо а шен дена цхьанна хIуманца пайдабийриг хир воцчу. Баккъалла а, Делан ваIда хьакъ-бакъ ю. Шу Iеха ма дойла дуьненан дахаро‚ шу Iеха ма дойла Делаца Iехадаларо.

34

Баккъалла а, Далла гергахь ду сахьтан Iилма (къематде х1оттар хаар)‚ Цо доссадо догIа‚ Цунна хаьа беран цIа чохь дерг а. Синна ца хаьа‚ хIун карадийр ду ша кхана‚ синна ца хаьа‚ муьлхачу лаьттахь ша лийр ду. Баккъалла а, Дела хууш верг а ву /къайлаха дерг‚ гучахь дерг санна/, девзаш верг а ву.