All Islam Directory
1

Алиф-лāм-мúм.

2

Эшинера румой /парисаша/,

3

Лаьттана (шайн махкана) мелхо а гергахь. Уьш шайн эшарал тIаьхьа тоьлур болуш бу

4

Цхьа масийтта шарах. Делан ду гIуллакх хьалха а‚ тIаьхьа а. Оцу дийнахь хазахетар ду муъманахана.

5

Делан гIоьнца. Цо гIо до Шена луучунна. Иза веза верг а‚ къинхетаме верг а ву.

6

Делан ваIда ю. Дала йоха ца йо Шен ваIда‚ делахь а, нахах дукхах- болчарна ца хаьа-кх.

7

Царна хаьа дуьненан дахарах гучахь дерг‚ эхартах уьш гIовпалбу.

8

Цара ойла ца йо-те шайх? Дала ца кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг а бакъонца а‚ цхьана тоьхна ханна а бен. Баккъалла а, нахах дукхаберш шайн Кхиош-кхобучунна дуьхьалкхетар керстадеш бу-кх.

9

Уьш лелаш бац лаьттахула‚ ца хьоьжу-те‚ муха хилла царал хьалха хиллачеран тIаьхье? Уьш царал чIогIо ма бара ницкъаца‚ цара асар ма дитина лаьттахь‚ бāха ма баьхна цу тIехь уьш баьхначул дукхō‚ цаьрга ма баьхкира шайн элчанаш билгалонашца. Дела вацара царна зулам деш‚ делахь а, уьш шаьш хилира /шайна/ зулам деш.

10

ТIаккха вóн диначеран тIаьхье ирчаниг хилира цара Делан аяташ харцдарна‚ уьш царах ца бēшаш хиларна.

11

Дала д1адоладо кхоллар‚ тIаккха Цо иза карладоккху‚ тIаккха шу Цунна тIе юхадерзор а ду.

12

СахьтхIоьттинчу дийнахь совцур бу къиношдинарш догдиллина /шайна къийса хIума доцуш/.

13

Ца хилира царна шайн накъостех шапаIат деш берш‚ уьш хилира шаьш /Дела а витина лийцина хилла/ накъостий х1инца керстабеш.

14

Сахьт хIоьттинчу дийнахь −оцу дийнахь уьш бекъалур бу.

15

Ийман диллинарш‚ дика Iамалш йинарш −царна /ялсаманин/ бошмашкахь хазахоьтуьйтур ду (там бийр бу).

16

Цатешнарш а‚ Тхан аяташ а‚ эхартана дуьхьалкхетар а харцдинарш а −уьш Iазапна чохь /гуттар лаьтташ/ хир бу.

17

Тасбахь де Далла (ламаз де Цунна) шу суьйренга девлича а‚ шу Iуьйранга гIевтича а,

18

Цунна хастам бу стигланашкахь а‚ лаьттахь а‚ малхбузехь а‚ аш делкъаюкъ хилийтинчу хенахь а/де ламазаш/.

19

Цо схьавоккху дийнаверг веллачух‚ велларг а схьавоккху дийначух‚ дендолуьйту латта и деллачул тIаьхьа. Иштта шу а схьадохур ду /кешнашкара къематдийнахь/.

20

Цуьнан делилех ду Цо шу кхоллар поппарах‚ тIаккха шу адамаш хилла даьржаш.

21

Цуьнан делилех ду Цо шуна шух шайх зударий кхоллар шу цаьрца /паргIат/ дāха. Цо хилийтина шуна юккъехь безам а‚ къинхетам а. Баккъалла а, цу чохь делилш ду-кх ойлаечу нахана.

22

Цуьнан делилех ду стигланаш а‚ латта а кхоллар‚ шун меттанаш а‚ беснаш а хийцадалар. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду Iаламашна.

23

Цуьнан делилех ю шун наб буьйсана а‚ дийнахь а‚ Цуьнан къинхетамах аш /бāхам/ лахар а. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду ладугIучу нахана.

24

Цуьнан делилех ду Цо шуьга тIкъес гайтар кхерамца а‚ /догIа даре/ догдахарца а. Цо доссадо стиглара хи‚ цуьнца дендолуьйту латта и деллачул тIаьхьа. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду хьекъалечу нахана.

25

Цуьнан делилех ду стигал а‚ латта а Цуьнан омраца хIоьттина Iар. ТIаьхьа Цо шуьга кхийкхича лаьттара схьакхайкхарца, шу /кешний чуьра/ арадовлур ду /къематдийнахь/.

26

Цуьнан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Массо а Цунна муьтIахь а бу.

27

Иза ву /хIума/ кхоллар д1адолош верг −тIаккха Цо иза карладоккху. Иза Цунна аттō ду. Цуьнан вунō лекха масал ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а. Иза −веза верг а‚ хьукаме верг а ву.

28

Цо шуна масал далийна шух шайх: шуна буй Оха шуна деллачу рицIкъехь шун аьтту куьйгашадоладиначарах накъостий, шу цу чохь цхьанийсса а долуш‚ шу царах кхоьруш (царна вон хIума хиларна), шайна /хиларх/ кхераре терра? Иштта къастадо Оха аяташ хьекъалечу нахана.

29

ХIаъ‚ зулам динарш тIаьхьахIиттира шайн дезаршна цхьа а Iилма доцуш. Хьан нисвийр ву-те Дала тилавала витийнарг? Ма вац царна цхьа а гIоьнчех (г1оьнча)!

30

Ахь хIоттае хьан юьхь /Делан/ дина тIе, цIена дин дерг а хилий. Делан кхоллар ду иза, Цо Шена тIехь нах а кхоьллина долу. Хийцам бац Делан кхолларан. Иза мехала дин ду‚ делахь а, нахах дукхахболчарна ца хаьа-кх.

31

Цунна тIедоьрзуш/хилалаш тōба дарца/‚ Цунах кхералаш‚ ламаз хIоттаделаш‚ шу ма хилалаш мушрикунех.

32

Шайн дин декъна тобанаш хиллачарах а /ма хилалаш шу/. Массо а тоба шегахь долчух яккхийедаш ю.

33

Нах цхьана зено схьалаьцча, цара шайн Кхиош-кхобучуьнга кхойкху‚ Цунна тIебуьрзий‚ тIаккха Цо цаьрга Шегара къинхетам Iовшийтича, царах цхьана декъо шен Кхиош-кхобучуьнца накъост лоцу

34

Оха шайна делларг керстадархьама. Зовкх хьега! ТIаьхьа хуур ду шуна.

35

Оха цаьрга тешалладоссийна‚ цо дуьйцуш цара шех накъост лоцуш хиллачух?

36

Оха нахе къинхетам Iовшитича‚ уьш цунах баккхийбоь. Ткъа царах вониг кхиъча шайн куьйгаша хьалхадаьккхинчуьнца, −цара дог дуьллу /Делан къинхетамах/.

37

Царна ца го-те Дала рицкъ даржадо Шена луучунна‚ барам а бо /кIеззиг луш/. Баккъалла а, цу чохь делилш ду-кх тешаш болчу нахана.

38

ДIало гергарчунна шен хьакъ‚ мискачунна а‚ новкъахь волчунна а /шен хьакъ/. Иза −дика ду Делан юьхь езачарна. Уьш бу баккхийбийр берш.

39

Аш делла долу риба нехан бахамехь кхиархьама −ца кхиа Далла гергахь. Аш делла долу закатДелан юьхь езаш /алссам кхиа Далла гергахь/ −уьш бу алссам ял хилларш.

40

Дела ву шу кхоьллинарг‚ тIаккха шуна рицкъ делларг −тIаккха шу долуьйтуш верг‚ тIаккха шу дендеш верг. Шун накъостех вуй ша цунах хIума (и саннарг) деш верг? Ц1анвели Иза /массо а кхачамбацарех/, лакхавели цара накъост лацарх.

41

Боьханиг гучудели аренгахь а‚ хIорда чохь а нехан куьйгаша гулдинчуьнца‚ /Дала/ шаьш динчух цхьадерш Iовшийта мега /цаьрга/. Уьш юхабоьрзур бац-те /вониг дечух Далла тIе/?

42

Ахь āла: "Шу лела лаьттахула‚ хьовсал‚ муха хилла шул хьалха хиллачеран тIаьхье. Царах дукхах- берш /Делаца/ накъост лоцурш ма хилла.

43

Ахь хIоттае хьан юьхь мехалчу дин т1е шена Делера духатохар доцу /къемат/де дале хьалха. Оцу дийнахь уьш бекъалурбу.

44

/Делан дин/ керстадинарг −цунна шена ду шен керстаналла. Дика Iамал йинарг −цара шаьш шайна /ялсаманехь хIусамаш/ кечйо‚

45

Ийман диллинчара а‚ дика Iамалш йиначара а Цуьнан къинхетамах ял эцархьама. Баккъалла а, Цунна ца беза /Делах/ цатешарш.

46

Цуьнан аятех ду Цо мехаш даийтар кхаьънаш хилла шуьга Iовшийтархьама Шен къинхетамах‚ кема лелийтархьама Шен омраца‚ шуьга лахийтархьама Цуьнан комаьршаллах‚ шуьга /Цунна/ баркалла алийта а.

47

Оха бахийтира хьол хьалха а элчанаш шайн къомана тIе‚ уьш беара цаьрга билгалонашца‚ Оха чIир ийцира къинош диначаьргара. Тхуна тIехь хьакъ хилла муъмин нахана гIо дар.

48

Дела ву Ша мехаш доуьйтург‚ цо хьейо марха‚ Цо иза яржайо стиглахь Шена ма луу‚ Цо цунах кийсакаш хуьлуьйту. Хьуна го догIа схьадолуш цунна юккъехула. Цо иза кхиича Шен лех Шена луучарна −царна хазахета /догIа деъча/.

49

Цул хьалха иза шайна тIе доссале уьш хиллехь а дог диллина.

50

Хьажал Делан къинхетаман тIаьхьенашка: муха дендо Цо латта и деллачул тIаьхьа. Баккъалла а, Иза белларш денбийриг ву. Иза массо а хIумана тIехь ницкъ кхочуш берг ву.

51

Оха баийтинехьара мох‚ тIаккха царна иза (лаьттахь схьадолуш дерг) мажделла гича‚ цул тIаьхьа а уьш лаьттара ма бара ца тешаш.

52

Баккъалла а, ахь хозуьйтур дац беллачаьрга‚ ахь хозуьйтур дац къорачаьрга кхайкхар, уьш юхарбевлича.

53

Хьо ма вац нисбийр болуш бIаьрсадоцурш шайн тиларах. Ахь хозуьйтур ду деккъа Тхан аятех тешачаьрга, шаьш /Далла/ муьт1ахь а болуш.

54

Дела ву шу кхоьллинарг ледараллах (тIадамах)‚ тIаккха Цо хилийтина ледараллал тIаьхьа ницкъ (къоналла)‚ тIаккха хилийтина ницкъал тIаьхьа ледаралла (къаналла)‚ къоьжа чоьш а. Цо кхуллу Шена луург. Иза хууш верг а ву‚ ницкъ кхочург а ву.

55

Сахьт хIоьттиначу дийнахь дуйнаш буур бу къинош диначара шаьш сахьтехь а ца лаьттина бохуш /дуьненахь къинош деш/. Иштта Iехийна хилла-кх уьш!

56

Iилма а‚ ийман а шайна деллачара элира: "Шу лаьттира Делан жайна чохь дендаларан де далц. ХIара ду дендаларан де‚ делахь а, шу ца хууш хили-кх".

57

Оцу дийнахь пайда бийр бац зулам диначарна шайн Iуьзарша‚ бехказадовлар а доьхур дац цаьрга.

58

Оха далийна нахана хIокху Къуръан чохь массо а масал. Хьо цаьрга веъча цхьана аятаца‚ эр ма ду цатешачара: "Шу ма дац /бакъдерг/ дохийнарш а бен".

59

Иштта мухIар туху Дала цахуучеран дегнашка.

60

Ахь собар де! Баккъалла а, Делан ваIда бакъ ю хьуна. Хьо атта ма хетийла цатешначарна /собарах ма валалахь/.