Дерриге а Исламан библиотека

59 - The Exile - Al-Ĥashr .

:1

Тасбахь дина Далла стигланашкахь мел долчо а‚ лаьттахь мел долчо а. Иза веза верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву.

:2

Иза ву Ша арабаьхнарг жайнан охIлах цатешнаршхьалхарчу дIалахкарехь. Шуна ца моьттура уьш арабовлур бу. Царна моьттура шайн /тIеман/ гIопаша лардийр ду шаьш Делах. Дела т1екхиарацарна шайна дага а ца догIучухула. Церан дегнашка кхерам тесира Цо − дохадеш шайн цIенош шайн куьйгашца а‚ муъмин нехан куьйгашца а. Хьехам хилийта шайна цунах‚ хIай бIаьрсадерш!

:3

Дала царна ца яздинехьара махкара арабахар, Iазап дина хир дара царна дуьненахь. Царна эхартахь а цIеран Iазап ду.

:4

Иза ду цара дуьхьало ярна Далла а‚ Делан элчанна а. Милла велахь Далла дуьхьало еш верг − баккъалла а, Дела ч1ог1а ву-кх таIзар дарехь.

:5

Аш хадийна долу хурманан дитт‚ я дитина дерг шен орамий тIехь− Делан пурбанца ду‚ песакх нах сийсазбарна а.

:6

Дала Шен элчанна /аш т1ом ца беш / елла цаьргарахIонс− шуна ца кхийтира цунна тIаьхьа лахка говраш а‚ эмкалш а‚ амма Дала ло урхалла Шен элчанашка Шена луучунна тIехь. Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву.

:7

Дала Шен элчанна яртийн нахерасхьаяьккхина елла хIонс ю Далла‚ Цуьнан элчанна‚ /пайхамаран/ гергарчарна‚ боберашна‚ мискачарна‚ некъахочунна шух хьал долчу нехан долахь ца хилийтархьама. Элчано деънарг схьаэца‚ цо ца магийнарг дита: Делах кхералаш. Баккъалла а, и Дела чIогIа ву-кх таIзар дарехь.

:8

МухIажирийн пекъар нахана а /ю и хIонс/‚ шайн цIенойх а‚ бахамах а арабехна хилла болчу‚ цара Делера къинхетам а, резалла а лахарна‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а гIо дарна. Уьш бу бакъберш.

:9

Царалхьалха шайн цIенош хилларш‚ иймана чохь чIагIбелларш- безаш бу шайна тIе баьхкинарш‚ царна ца карайо шайн дегнашкахь /мухIажиршнаеллачу хIонс бахьанехь/ хьагI‚ шайл а уьш совбоху цара, шайгахь пекъаралла хиллехь а. Шен дегI бIаьрмецигаллах лардинарг − уьш бу-кх баккхийбедар берш.

:10

Царал тIаьхьа баьхкинарш а, олуш: "Веза Дела‚ гечделахь тхуна а‚ ийманца тхол хьалхабевллачу тхан вежаршна а‚ ма хилийталахь тхан дегнашкахь ийман диллинчаьрга цабезам. Веза Дела‚ баккъалла а, Хьо ву-кх /тхуна/ къинтIерволург а, къинхетаме верг а" /хьакъ бу шайна х1онсах дакъа кхача/.

:11

Хьуна гирий и мунепакъ нах, шаьш олуш жайнан охIлах ца тешаш хиллачу шайн вежаршка: "Шу арадаьхна хиллехьара‚ даннē а тхо а арадовлур дара шуьца. Шуна дуьхьал цхьанна а цкъа а муьтIахь хир дацара тхо. Шуьца тIом бинехьара − шуна даннē а гIо дийр ма дара оха". Дала тешалла до‚ баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу‚ аьлла.

:12

Уьш арабаьхча‚ цаьрца арабовлур а ма бацара уьш. Цаьрца тIом бийча − царна гIо дийр ма дацара цара. Цара царна гIо дийчи а, юхбовлур ма бара уьш (бовдур ма бара уьш)‚ тIаккха /церан/ гIо царна хир ма дацара.

:13

Шу ма ду церан дегнашкахь Делал а тIех кхераме. Иза уьш кхетам боцу къам долу дела ду.

:14

Цара шуьца тIом бийр бац массара а цхьана чIагIйина ярташкахь бен я пений тIехьахь бен. Церан ницкъ вовшийн юккъехь чIогIа бу. Хьуна моьтту уьш цхьана бу. Церан дегнаш декъаделла ду. Иза − уьш хьекъал доцу къам долу дела ду.

:15

Дукха хан йоццуш шайл хьалха хиллачарах тера бу уьш: шайн гIуллакхан бāла Iевшира цара. Царна хир ду лазош долу Iазап а /эхартахь/.

:16

ШайтIанах тера бу уьш, ша аьллачу адаме: "/Делах/ цатешарг хила!" Иза /Делах/ цатешарг хилча, цо элира: "Баккъалла а, со цIени ду хьох. Баккъалла а, со кхоьру Делах − Iаламийн Дех!"

:17

Цу шиннан (мунепикъийн а, жугтийн динан цатешачеран а) тIаьхье хилира и шиъ жоьжахатехь хилар‚ цу чохь гуттар а лаьтташ. Иза бу зуламхойн бекхам.

:18

ХIай ийман диллинарш! Делах кхералаш. Хьожийла са‚ ша хIун кечдина-те кханенна. Шу кхералаш Делах. Баккъалла а, Дела сов дика хууш ву аш дийриг.

:19

Шу ма хилалаш Дела вицвинчарах тера - тIаккха Цо бицбайтира цаьрга шаьш а. Уьш песакъ нах бу.

:20

Цхьатерра бац жоьжахатин дай а‚ ялсаманин дай а. Ялсаманин дай − уьш бу тоьлларш!

:21

Оха хIара Къуръан доссийна хиллехьара ламане, хьуна гур ма бара иза д1атебелла баьдда Делах кхерабаларна. ХIара масалш Оха дāладо нахана, цара ойла яхьара аьлла.

:22

Иза АллахI (цхьа Дела) ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Хьуламехь дерг а‚ гучахь дерг а хуург ву Иза. Иза сов къинхетаме верг а‚ къинхетамеверг а ву.

:23

Иза АллахI ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Паччахь ву Иза‚ /массо а боьхачу, кхоьллинчу сибатех, кхачамбацарех/ ц1ена верг ву‚ /Шен халкъана/ машар /луш/ верг ву‚ /Шен элчанашка цаьргахула Шен му1жизаташ гучудахарца нахе/ ийман дуьллуьйтуш верг ву‚ /массо а х1ума/1алашдийриг ву‚ веза верг ву‚ нуьцкъала верг ву‚ /вāла хьакъ долуш/ кура вергву. ЦIена ву Иза /Шеца/ цара накъост лацарх.

:24

Иза АллахI ву‚ Кхоллархо ву Иза‚ йоцучуьра хIуманаш хуьлуьйтург а ву Иза, сурт хIоттош верг а ву /Ша кхуллучу х1уманан/. Цуьнан хаза цIерш а ю. Цунна тасбахь деш ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Иза веза верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву.