All Islam Directory
1

Алиф-лам-мим.

2

Аллах1 /цхьа Дела/ ву‚ кхин дела вац И бен‚ Ша дийна ву‚ гуттар лаьтташ ву /Шен лейн гIуллакхаш кхочушдеш/.

3

Цо хьоьга диссийна хьакъ-бакъ а долуш‚ шел хьалха хилларг бакъдеш а долу жайна (Къуръан). Цо доссийна/Мусага/ Таврат а, / Iийсага / Инжил а

4

Хьалха нийса некъ хилла долу нахана‚ Цо доссийна Фуркъан. Баккъалла а, Делан аятех ца тешаш берш – царна ма ду чIоIа Iазап. И Дела ма ву ша веза верг- бекхаман да.

5

Баккъалла а, и Дела ма ву Шех хIумма а къайлаер йоцуш, лаьттахь а, стиглахь а.

6

И ву шу кепе дерзийна беран цIа чохь (ненан кийрахь) Шена ма луьу‚ кхин дела вац И бен‚ Ша веза верг а‚ хьекъалеверг а ву И.

7

И ву хьоьга жайна доссийнарг‚ цуьнах ду хьикмате аяташ – уьш (хьикматенаш) жайнин нана ю‚ кхидерш – цхьатерранаш ду. Амма шайн дегнашкахь дIатовжар дерш– уьш тIаьхьахIуьтту цу чуьра (Делан сибат) цхьана х1уманех тардеш долчарна питана лоьхуш а‚ уьш даста гIерташ а. Уьш даста ма ца хаьа Далла Шена бен. Шаьш Iилманчохь кIаргбеллачара олу: "Тешна тхо цунах‚ дерриге а ду тхан Кхиош-кхобучуьнгара". Ойла-м ца йо шайн хьекъал долчара бен.

8

/Олу ийман диллинчара/: "Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахь тхан дегнаш дIа ма товжаделахь, Айхьа тхо нисдинчул тIаьхьа‚ Хьайгара къинхетам лōлахь тхуна‚ баккъалла а, Хьо ма ву /шортта/ луш верг‚

9

Тхан Кхиош-кхобург‚ Хьо ма ву нах гулбийр берг шегахь шеко йоцчу /къемат/ денна‚ баккъалла а, Дала ца йохайо ваIда".

10

Баккъалла а, цатешнарш – церан бахамо а‚ церан доьзало а Делера (Цуьнан Iазапах) х1умма а хьалхабохур ма бац уьш. Уьш ма бу /жоьжахатин/ цIеран ягориг.

11

ФирIавнан доьзалан Iадатах терра‚ царал хьалха хиллачеран Iадатах терра: харцдира цараТхан аяташ – Дала схьалецира уьш шайн къинош бахьанехь. И Дела таIзар дарехь чIогIа ма ву.

12

Ахь āла цатешначаьрга: "Эшор а ду шу‚ жоьжахатина чу лохкур а ду шу". – Ма вон моттбу-кх иза.

13

Шуна делил дара-кх вовшашна дуьхь-дуьхьал яхна хиллачу шина тобанехь: цхьа тоба тIом беш Делан новкъахь‚ важа – цатешаш ерг. Царна уьш гуора шайл шозза алсам бIаьргаца. Дала чIагIво Шен гIоьнца Шена луург. Баккъалла а, цу чохь хьехам ма бу бIаьрсадолчарна.

14

Нахана хазбина безам зударшка а‚ кIенташка а‚ тIеттIа гулдинчу дешига а‚ детига а‚ васт долчу говрашка а‚ даьхнига а‚ ялтига а – иза дуьненан дахаран бахам бу‚ ткъа Далла гергахь ма ю хаза дIавоьрзийла.

15

Ахь āла: "Ас дийций шуна цул диканиг?" /Делах/ кхоьруш болчарна шайн Кхиош-кхобучунна гергахь бошмаш ю‚ бухахула хиш а оьхуш‚ гутаренна а цу чохь хир бу уьш‚ цIена зударий а бу‚ Делера реза хилар а ду. И Дела гуш ма ву Шен леш‚

16

Шаьш олуш болу: "Тхан Кхиош-кхобург! Оха, баккъалла а, ийман диллина‚ Ахь гечделахь тхан къинош‚ Ахь хьалхадахалахь тхо цIеран Iазапах"‚ –

17

Шаьш собаре болуш‚ бакъдерг дуьйцуш‚ Далла муьтIахь болуш‚ /дикчу аг1ор/ харжаш еш‚ гечдар доьхуш сатасале.

18

Дала тешалла дина цхьа а дела цахиларна‚ И Ша бен‚ маликаша а‚ Iилма долчу наха а дина /тешалла/‚ нийсонна тIехIоьттина воллуш ву Иза‚ кхин дела вац И бен‚ Ша веза верг а‚ хьекъале верг а ву Иза.

19

Баккъалла а, дин Далла гергахь исламду. Шайга жайна делларш бекъа ца белира шайга Iилма деъначул тIаьхьа бен вовшашна юккъехь хьагI кхоллаяларца. Делан аяташ харцдеш милла велахь - Дела ма ву хьесап дарехь сиханиг.

20

Цара хьайца къийсахь‚ ахь āла: "Ас муьтIахь йина сайн юьхь Далла‚ суна тIаьхьахIоьттинчо а йина". Ахь āла шайга жайна деллачаьргаа‚ бодане болчаьргаа: "Шу хиллий муьтIахь?" Уьш муьтIахь белахь‚ тIаккха уьш нийсачу новкъахь бу‚ уьш дIаберзахь – хьуна тIехь дIакхачорбен дац. И Дела ма ву Шен леш гуш верг.

21

Баккъалла а, Делан аяташ харцдеш берш‚ цхьа а бакъо йоцуш пайхамарш бойуш берш, нāхах шайга нийсо е олурш бойуш берш – царна ахь кхерам тасалахь лазош долчу Iазапца.

22

Уьш ма бу шайн Iамалш яйнарш дуьненахь а‚ эхартахь а - царна гIоьнчий /хир/ ма бац!

23

Хьуна ца гина и шайга Жайнан цхьа дāкъа делларш– уьш Делан Жайне кхайкхича вовшашна юккъехь хьукам дан‚ царах цхьа тоба дIайоьрзу‚ дуьхьал а хуьлуш.

24

Иза ду, цара олу дела: "/Жоьжахатин/цIаро схьалоцур дац тхо цхьа масийтта денна бен". Шаьш шайн динехь харц кхуллуш долчочIогIа тилийна уьш.

25

Оха уьш гулбинчу хенахь шегахь шеко йоцчу /къемат/ денна‚ массо а синна ша карадиначуьнца бекхам бича‚ царна зулам муха дийр дац?

26

Ахь āла: "ХIай Дела‚ паччахьалла Хьайн дōлахь долуш волу‚ Хьайна луучунна ло-кх Ахь паччахьалла‚ Хьайна луучуьнгара схьадоккху Ахь паччахьалла‚ Хьайна луург вазво Ахь‚ Хьайна луург сийсазво. Хьан карахь ду-кх диканаш. Баккъалла а, Хьо ма ву массо а хIуманна т1ехь ницкъ берг.

27

Буьйса денна чу йохуьйту Ахь‚ де буьйсанна чу дохуьйтуАхь‚ веллачух дийнаверг схьавоккху Ахь‚ дийнаволчух велларг схьавоккхуАхь‚ рицкъ ло Ахь Хьайна луучунна цхьа а хьесап ца деш ".

28

Муъмина наха ма лоьцийла цатешарш г1оьнчий /кхечу/ муъмина нахана дуьхьал. И динарг вац Делера /цхьанна а/ хIуманна тIехь‚ шу царах (керстанех) кхеранне а кхоьруш дацахь. (Шайна кхераме делахь – лаца). Дала шу лардо Шеца. Деле ма ду дIадерзар.

29

Ахь āла: "Аш хьулдахь а шайн дегнашкахь дерг‚ гучудаккхахь и – Дела и хууш ву. И хууш ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а дерг. И Дела массо а хIуманна т1ехь ницкъ кхочуш ма ву.

30

Оцу дийнахь массо а синна шена хьалхахь карор ду ша дина диканиг. Ша динчу вочунна а, шена а юккъехь генара хан (йоккха юкъ) хуьлийла луур дара цунна. Дала лардо шу Шеца. И Дела къинхетаме ву лешца".

31

Ахь āла: "Шу Дела везаш делахь‚ суна тIаьхьахIитта – Далла дезар ду шу‚ шуна гечдийр ду Цо шун къинош"‚ – и Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву.

32

Ахь āла: "МуьтIахь хила Далла а‚ элчанна а". Уьш дIаберзахь (ахь шайга кхойкхучуьнгара) - Далла ца беза цатешарш.

33

Баккъалла а, Дала хаьржира Āдам а‚ Нухь а‚ ИбрахIиман доьзал а‚ Iимранан доьзал а Iаламел,

34

Цхьаберш вокхеран зуьррет а долуш‚ и Дела хезаш верг а‚ хууш верг а ву.

35

/Ахь хьахаде цаьрга, х1ай Мухьаммад/ Iимранан зудчо аьллера: "Сан Кхиош-кхобург‚ ас Хьуна нузар (нигат) дина-кх, сайн кийрахь дерг массо а хIуманах паргIат а даккхий, къобалдехьа соьгара. Баккъалла а, Хьо хезаш верг а‚ хууш верг а ву-кх".

36

Ша бер дина яьлча /цо/, элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ аса-м йоI йина".- И Дела дика хууш ма ву‚ цо мила йина.- "Боьршаниг ма ца хуьлу стениг санна. Ас цунна цIе тиллина Марьям‚ ас иза а‚ цуьнан зуьррет а Хьоьца лардо, т1улгаш детташ, эккхош долчу шайтIанах".

37

Дала т1еийцира цуьнан и хазчу къобалдарца. Хаза а, цIена а кхиира Цо и (Марьям)‚ цуьнан доладар тIедиллира Закарийна. И йолчу михьрабачу ма-велли‚ Закарийна цунна (Марьямна) хьалхахь рицкъ карадора. Цо олура: "Марьям‚ хIара мичахьара ду хьуна?" Цо (Марьяма) олура: "ХIара Делера ду. Баккъалла а, и Дела рицкъ луш ма ву Шена луучунна, хьесап доцуш".

38

Цигахь дийхира Закарийс шен Кхиош-кхобучуьнга. Цо элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ лōхьа суна Хьайгара цIена зуьррет‚ баккъалла а‚ Хьо ма ву (Хьайга) дехар хезаш".

39

Цуьнга кхайкхира маликаша‚ и ламазна хIоьттина волчу михьраба чохь: "Дала кхаъ боккху хьоьга Яхьъяца (и ц1е йолу к1ант валарца) ‚ ша Делан Дош бакъдеш, ша эла а, ша вочух ларлуш волу къонах а‚ ша дикачарех пайхамар а хир волчу".

40

Цо элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ мичара хир ву суна кIант? Со воккха а ма хилла‚ сан зуда а ма ю бер ца хуьлуш". Цо (Дала) элира: "Иштта, Аллах1а до Шена луург".

41

Цо (Закарийс) элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ цхьа делил хилийтахь суна". /Дала/ элира: "Хьан делил ду хьо нахе кхаа дийнахь вист цахилар ишарца бен‚ хьан Кхиош-кхобушверг хьехаве дуккха а‚ хаставе И сарахь а‚ Iуьйранна а".

42

Маликаша аьллера: "ХIай Марьям‚ баккъалла а, Дала хаьржина хьо‚ Цо цIанйина хьо‚ Цо хьо хаьржина (массо а) Iаламийн зударшна т1ехь.

43

ХIай Марьям‚ муьтIахь хила хьайн Кхиош-кхобучунна‚ сужуд а де‚ гор а х1отта горх1уьттучаьрца".

44

Иза ду хьуламан хабарех, шаьш хьуна хоуьйтуш долчу. Хьо вацара уьш болчохь‚ цара шайн къоламашкхуьссуш‚ муьлхачо дола дийр ду Марьяман‚ хьо вацара уьш болчохь цара къуьйсучу хенахь.

45

Маликаша аьллера: "ХIай Марьям‚ баккъалла а, Дала кхаъ боккхуш бу хьуна Шегара Дашца‚ шен цIе Хьаьхнарг‚ Марьяман кIант Iийса а волуш‚ ша дуьненахь а‚ эхартахь а сий долуш хинверг‚ ша /Далла/ гергарчарех хинверг.

46

Нахаца хабар дуьйцур ду цо агана чохь а‚ воккха хилча а, дикачарех хир ву иза".

47

Цо )Марьяма( элира: "Сан Кхиош-кхобург, мичара хир ву сан доьзалхо‚ сох /цхьа а/ адам хьакха делла а ца хилча?" Элира /маликаша/: "Иштта Дала кхуллу Шена луург. Шена цхьа гIуллакх т1ехь сацам хилча‚ Цо ōлу цуьнга: "Хила!" – И хуьлу".

48

Цо 1амор ду цунна )Iийсана( йоза а‚ хьекъалалла а, Таврат а‚ Инжил а.

49

Элча (вийр ву Дала цунах) Исраилан кIенташка", /ша олуш:/ "Со веана шуьга шун Кхиош-кхобучуьнгара делилаца‚ ас кхуллу шуна поппарх хьозан суьртехь хIума, х1уп олу цу чу – хуьлу хьоза Делан пурбанца‚ ас тавийр ву бIаьрса доцург‚ бурсцамгар ерг а‚ белларш а денбийр бу Делан пурбанца‚ ас дуьйцур ду шуна аш юучух а‚ аш шайн цIеношкахь Iалашдеш долчух а лаьцна. Баккъалла а, цу чохь делил ду шуна‚ шу муъмина нах делахь.

50

Бакъдан /веана со/ сол хьалха хилла Таврат‚ хьанал дан шуна /Таврата чохь/ хьарам хилла долчех цхьадерш‚ – со веана шуьга шун Кхиош-кхобучуьнгара делилашца – Делах кхера‚ суна муьтIахь хила.

51

Баккъалла а, и Дела сан Кхиош-кхобург а ву‚ шун Кхиош-кхобург а ву‚ Цунна Iибадат дейша – и бу нийса некъ", /Iийсас эр ду и дешнаш/.

52

Iийсас шена цаьргара цатешар хааделча‚ элира: "Муьлш бу сан гIоьнчий Делехьа?" Хьаварийшаэлира: "Тхо ду Делан гIоьнчий‚ Делах тешна тхо‚ ахь тешалла де тхо муьтIахь дерш (бусалбанаш) ду‚ алий.

53

Тхан Кхиош-кхобург! Тхо тешна-кх Ахь доссийначух‚ тхо тIаьхьахIиттина элчанна – Ахь дIаязде тхо тешалладинчаьрца".

54

/Цатешачара/ мекарлойира‚ /церан мекарлонна дуьхьал/ Дала а йира мекарло. /Мекарлона дуьхьал/ Дела мекарло дика еш ву.

55

Дала аьллера: "ХIай Iийса‚ Ас хьо д1акхалхо‚ Сайна герга хьалавоккху‚ цIанво хьо цатешачарех. Со латто воллу хьуна тIаьхьахIиттинарш цатешачарна тIехь къематде даллалц. ТIаккха Суна тIе хир ду шун д1адерзар. Ас кхел йийр ю шуна юкъахь‚ аш хилпало еш хиллачунна тIехь.

56

Ткъа цатешнарш – Ас царна Iазап дийр ду чIогIачу Iазапца дуьненахь а‚ эхартахь а – ма хир бац-кх царна гIоьнчий".

57

Амма ийман диллинарш а‚ диканаш динарш а - царна шайн кхоччуш ял дIалур ю Цо. Далла ца беза зуламхой.

58

И ду Оха хьуна доьшуш дерг аятех а‚ хьекъале хьехамах а.

59

Баккъалла а‚ Iийсан масал Далла гергахь Āдаман масалх тера ду: Цо и кхоьллира лаьттах‚ тIаккха элира цуьнга "Хила!" – и хилира.

60

Бакъдерг ду и хьан Кхиош-кхобучуьнгара – хьо ма хилалахь шеко ечарах.

61

Хьайга хаам беъначул тIаьхьа цунах лаьцна хьайца къуьйсуш болчаьрга āла: "Дуьло‚ кхойкху вай тхан кIенташка а‚ шун кIенташка а‚ тхан зударшка а‚ шун зударшка а‚ тхоьга тхайга а‚ шуьга шайга а‚ тIаккхадоIанаш дер вай‚ Делан неIалт аьр вай харцлуьйчарна".

62

Баккъалла а, хIара ду бакъдолу хабар. Вац цхьа а дела‚ ша АллахI (цIе йолу и цхьа Дела) а бен. Баккъалла а, и Дела ша веза верг а‚ ша хьекъалеверг а ву.

63

Уьш дIаберзахь (ахь дуьйцург къобал ца деш) – и Дела хууш (гуш) ву боьханиг лелош берш.

64

Ахь āла: "ХIай жайнан охIла‚ дуьйла тхуна юкъахь а‚ шуна юкъахь а цхьаъ долчу дашна тIе: "Iибадат дийр дац вай цхьана Далла бен‚ Цуьнца накъост лоцур вац вай цхьана а хIуманца‚ и Дела а витина, вайх цхьаболчара вукхарах делий лоьцур бац". Уьш дIаберзахь, аш āла: "Аш тешалла де тхо /Далла/ муьтIахь дерш хиларна".

65

ХIай жайнан охIла‚ аш хIунда къуьйсу ИбрахIиман хьокъехь? Таврат а‚ Инжил а ма ца доссийна цул тIаьхьа а бен - аш ойла ца йо?

66

ХIай шу, ма ду къийсамехь хилларш шайгахь Iилма долчохь а /Мусан а, Iийсан а гIуллакхашкахь/. ХIунда къуьйсу аш шайгахь Iилма доцучух муххале а? И Дела хууш ву‚ шу ца хууш ду.

67

Ца хилла ИбрахIим жуьгти а‚ насари а– и хилла цIена тешаш верг а‚ муьтIахь верг а‚ и ца хилла мушрикеха.

68

Баккъалла а‚ ИбрахIимца там болу нах бу – цунна тIаьхьахIиттина хилла берш а‚ хIара пайхамар а‚ тешаш берш а. И Дела ма ву тешаш болчеран вали (доттаг1).

69

Лиира жайнан охIланах цхьана тобанна шу тило (нийсачу некъах)‚ тилор-м дац цара шаьш бен - ам царна и ца хаало-кх.

70

ХIай жайнан охIла‚ аш хIунда харцдо Делан аяташ‚ шайна хуушехь /уьш бакъ дуйла/?

71

ХIай жайнан охIла‚ хIунда вовшахъэдо аш бакъдерг харцдолчуьнца‚ бакъдерг хьулдеш ду шу, шайна хуъушехь.

72

Жайнан охIланан цхьана тобано элира: "Шу теша тешначаьрга доссийна долчух дийнан юьххьехь‚ харцде цуьнан /дийнан/ чакхенгахь /диссинарш/‚ уьш /бусалбанаш/ дIаберза тарло /шайн динах/.

73

Шу ма тешалаш шайн динна тIаьхьахIуттуш волчух бен". Ахь āла: "Нийса некъ бу Делан нийса некъ" – "Шуьга деллачух тераниг кхечуьнга дала /там бац Дала/‚ я шуьца къуьйсу цара шун Кхиош-кхобучун гергахь?" Āла: "Баккъалла а, дозалла Делан карахь ду‚ И луш ву и Шена луучунна". И Дела Шегахь шортта /доллу х1ума/ долуш а ву‚ хууш а ву.

74

Шен къинхетамца къаставо Цо Шена луург‚ и Дела Шен сийлахь-доккха дозалла долуш ву!

75

Жайнан охIланах ву ахь шена цхьа къинтIарделча‚ шех тешна‚ иза хьоьга юхадерзош верг‚ царах ву ахь шех тешна‚ шега цхьа динарделча а‚ иза хьоьга юха ца дерзош верг а‚ хьо шена тIехIоьттина лаьттича бен. Иза ду цара олу дела: "Тхуна бодане нахалахьнекъ бац". Далла т1ехь харцдерг олу цара, шайна хуъушехь.

76

ХIаъ‚ ша делла дош кхочушдинарг а, ша /Делах/ кхийринарг а (шех бина тешамна ямарт цахилларг а – уьш бу нийсачу новкъахь) – баккъалла а, цу Далла ма беза /Шех/ кхоьруш берш.

77

Баккъалла а, Делан ваIданах а‚ шайн дуйнех а кIеззиг мах эцнарш (дуьненан бахам бахьанехь уьш дохадеш)‚ эхартахь дāкъа ма дац царна‚ Дела цаьрга вистхир ма вац‚ цаьрга хьожур ма вац Иза къематдийнахь‚ цIанбийр ма бац Цо уьш‚ царна лазош долу Iазап а ма ду.

78

Баккъалла а, царах ма ю цхьа тоба шайн меттанашца хуьйцуш /Делан/ жайна‚ изашуна /Делан/ жайнах ду моттийта. Ма дац и /Делан/ жайнах. Цара олу: "И Делера ду", ма дац и Делера. Уьш олуш бу-кх Далла т1ехь харцдерг‚ шайна хуъушехь.

79

Адамна там бац Дала шега жайна а‚ хьукам а‚ пайхамаралла а делча‚ āла нахе: "Шу хила сан леш‚ Дела а витий". Мухха делахь а‚ там бу цара āла: "Шу хила шаьш жайна /нахана/ Iамош хиларца‚ шаьш иза /шайна/ 1амадеш хиларца кIорггера Iеламнах".

80

Цошуьга омра дан там бац маликех а‚ пайхамарех а деланаш леца‚ аьлла. Ткъа цо шуьга омра дийр ду, ма теша, аьлла‚ шу муьтIахьхиллачул тIаьхьа?

81

Дала барт бира пайхамаршца: "ХIара Ас шуьга делларг ду жайнах а‚ хьекъалаллах а. ТIаккха вогIур ву шуьга элча‚ шуьгахь дерг бакъдеш волу. Шу билггала тешар ду цунах‚ аш цунна гIо а дийр ду". /Дала/ элира: "Аш чIагIдирий‚ ийцирий аш цунна тIехь Сан ваIда?" Цара элира: "ЧIагIдина оха". Элира /Дала/: "Тешалла де‚ Со а ву шуьца тешалла деш болчарех".

82

Цул тIаьхьа юхабевлларш – уьш ма бу фасикъаш.

83

Ткъа Делан дин /Ислам/ дуьтий, кхин дин лоьху цара (жайнан ох1лано)? Цунна (Далла) муьтIахь ма ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел верг, шена лууш а‚ ца лууш а‚ Цуьнга уьш дIаберзор болуш а ма бу.

84

Ахь āла: "Тешна ду тхо Делах а‚ тхоьга доссийнчух а‚ ИбрахIиме а‚ ИсмаIиле а‚ Исхьакъе а‚ Я1къубе а‚ цуьнан берашкадоссийначух а‚ Мусага а‚ Iийсага а, /кхечу/ пайхамаршка а шайн Кхиош-кхобучуьнгара деллачух а. Царах цхьа а къаста ца во оха‚ тхо Цунна (Далла) муьтIахь ду".

85

Исламдоцург /кхин/ дин дезаш верг – къобалдийр дац иза цуьнгара‚ эхартахь иза эшначарех ма ву.

86

Муха нисдийр ду Дала шаьш ийман диллинчул тIаьхьа а, /Мухьаммад/ элча бакъхиларан тешаллаш гинчул т1аьхьа а, шайга билгалонаш еъначул т1аьхьа а керстаналла дина долу къам? Цу Дала нис ма ца до зуламе къам.

87

Уьш бу шайна бекхам Делан а‚ маликийн а‚ массо а нехан а неIалт дерш.

88

Гуттар лаьттар болуш бу уьш цу /не1алта/ чохь. Ойур дац царна тIера Iазап‚ тIаьхьа а тоттур бац уьш‚ –

89

Цул тIаьхьа тōба динарш а, тIаккха дика Iамалш йинарш а бен. Баккъалла а‚ и Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ма ву.

90

Баккъалла а, шаьш ийман диллинчул тIаьхьа ца тешаш хилларш‚ тIаккха цатешарца совбуьйлуш берш– церан тōба къобалдийр ма дац. Уьш ма бу тилбелларш.

91

Баккъалла а, /Мухьаммад элча хиларна/ инкарло йинарш‚ /т1аккха оцу/ керстаналлина т1ехь белларш – царах цхьаьнгара а д1аоьцур ма дац латта дуьззина деши‚ нагахь санна цара делча а. Царна лазош долу Iазап ма ду. Ма бац царна гIоьнчий.

92

Цкъа а мела кхочур бац шуна, аш сагIина луш йолу х1ума шайна езачух елча а бен. Аш сагIина луш йолу хIума – баккъалла а, Дела и хууш ма ву.

93

Массо а кхача хьанал хилла Исраилан кIенташна‚ Исраила шен дегIана ша хьарам бина боцург‚ Тавратдоссале хьалха. Ахь āла: "Таврат дохьуш дуьйла‚ деша и, шаьш бакълуьйш делахь".

94

Цул тIаьхьа Далла тIехь харцдерг кхоьллинарш – уьш бу зуламхой.

95

Ахь āла: "Бакълийна Дела‚ шу тIаьхьахIитта ИбрахIиман миллатана‚ ша бакъ-цIена тешаш хилла волчу. Ца хилла и /Делаца/ накъост лоьцучарех".

96

Баккъалла а, нахана /1ибадат дан/ хIоттийна хилла долу дуьххьарлера цIа- ду Баккатехьдерг: беркате а‚ нийса некъ а ларалуш массо а Iаламашна.

97

Цу чохь билггала аяташ ду: ИбрахIиман меттиг. Цунна чоьхьа ваьлларг маьрша хилла. Нах Далла декхар бу хьаьжалла дихка‚ шайн некъаца ницкъ кхачахь. Милла а тешаш вацахь– и Дела цхьа а 1алам ца хилча а волу.

98

Ахь āла: "ХIай жайнан охIла‚ шу хIунда ца теша Делан аятех‚ и Дела теш ма ву аш деш долчунна тIехь?"

99

Ахь āла: "ХIай жайнан охIла‚ аш хIунда дIатоьтту Делан некъа тIера ийман диллинарг? Шу ду лууш и гамбан‚ шу шаьш ма дуй /цунна тIехь/ тешаш". Ма вац и Дела тергал ца деш аш деш дерг.

100

ХIай ийман диллинарш‚ шу шайга жайна деллачеран /цхьана/ тобанна муьтIахь хилахь‚ цара д1адерзор ду шу керстаналлина тIе, аш ийман диллинчул тIаьхьа.

101

Шу муха хуьлу ца тешаш – шуна тIехь доьшуш Делан аяташ ма ду‚ шуна юккъехь Цуьнан элча ма ву? Милла велахь а, Делаца чIагIвелларг – нисвелла и нийсачу новкъа.

102

ХIай ийман диллинарш‚ кхера Делах хакъ-бакъ кхерарца‚ шу дала ма лойла Цунна муьтIахьдолуш бен.

103

ЧIагIло Делан муьшцамассо а. Шу декъа ма ло. Дагадаийта шайна хилла Делан ниIмат: шу ма дара мостагIий – шун дегнаш кIаддийра Цо‚ шух хилира Цуьнан ниIматца вежарий. Шу ма дара цIеран ора йисттехь – Цо шу цунах кIелхьарадехира. Иштта билгалдо Дала шуна Шен аяташ – шу нисдала тарлора.

104

Шух хуьлийла уммат‚ ша дикане кхойкхуш‚ диканиг хьоьхуш‚ вочух /нах/ духатухуш. Уьш бу баккхийбийр берш.

105

Шу ма хилалаш шайга билгалонаш еъначул тIаьхьа бекъабеллачарех а‚ шайн барт цахиллачарех а тера. Царна – деза-доккха Iазап ду.

106

Оцу /къемат/дийнахь /Далла муьт1ахь хиллачу муъмин нехан/ яххьаш кIайлур ю‚ /Далла инкарло йинчу керста нехан/ яххьаш Iаржлур ю. Амма шайн яххьаш Iаржъелларш /кхуьссур бу жоьжахати чу‚ цаьрга хоттур ду/: "Ткъа шу ца тийши шайга ийман /ийманан 1аламаташ/ деъначул тIаьхьа а? Iовша Iазап, шаьш ца тешаш хиларна!"

107

Ткъа шайн яххьаш кIайъелларш – Делан къинхетамна чохь (ялсаманехь) хир бу. Уьш цу чохь гуттар лаьттар бу.

108

Уьш Делан аяташ ду, Оха дуьйцу хьуна уьш бакъдолчуьнца. И Дела ма вац зулам лууш Iаламна (ша кхоьллинчу цхьанна хIуманна).

109

Делан долахь ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Деле дIадоьрзу гIуллакхаш.

110

Шу хилла нахана юкъадаьллачех уггар дика уммат: диканиг хьоьхуш‚ вочух /нах/ духатухуш‚ Делах тешаш. Жайнан охIла тешна хиллехьара‚ царна дика хир дара. Царах тешарш а бу‚ царах дукхахберш фасикъаш ма бу.

111

Цара шуна данне а зен дийр дац‚ цатам бахь бен. Шух латахь а – шайн баккъаш берзор бу цара шуна (эшна бухабевр бу уьш)‚ тIаккха царна гIо дийр дац.

112

Царна тIекхоьссина сийсазалла‚ уьш миччахьа хиллехь а‚ Делера ва1дийца а‚ нахера ва1дийца а уьш бацахь. Делера оьгIазаллина тIекхиира уьш‚ тIекхоьссира царна мискалалла. Иза – уьш хилла хиларна Делан аятех ца тешаш‚ байа хьакъ боцуш‚ пайхамарш бойуш. Иза – цара Iесалла ярна а‚ уьш дозанех бевлла хиларна а ду.

113

Цхьатерра бац уьш. Жайнан охIланах ю цхьа/нийса/ хIоьттина йолу тоба: цара Делан аяташ доьшу буьсанан заманчохь, цара сужуд до /Далла/.

114

Уьш тешаш бу Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а‚ диканиг хьоьхуш бу‚ вочух /нах/ духатухуш бу‚ сихлуш бу уьш дика хIуманаш дан – уьш бу дикачарех.

115

Цара дина диканиг – керстадийр дац и царна (къобал ца деш дуьтур дац), и Дела ма ву бевзаш /Шех/ кхоьруш берш.

116

Баккъалла а, цатешнарш – церан бахамо а, церан доьзалша а царах хIумма а духатухур дац Делера. Уьш бу /жоьжахатин/ цIеран дай, уьш цу чохь даима лаьттар бу.

117

Гергарчу /дуьненан/ дахарехь цара (керстанаша) йина харж тера ю шеца чIогIа шело йолчу махах, шайна зулам динчу нехан ялтина хьекхна болчу - цо и хIаллакдина. Дала зулам ца дина царна, мухха делахь а, шаьш зулам деш бу уьш шайна.

118

ХIай ийман диллинарш! Аш ма леца шайн /даггара/ доттагIий, шаьш доцурш. Шун гIуллакхаш дохо жигара хуьлу уьш, шуна халонаш хуьлийла лаьа царна. ОьгIазалла гучуяьлла церан багахула, церан дегнаша хьулдинарг кхин а доккха ду. Аяташ билгалдаьхна Оха шуна, шу хьекъале хиллехь.

119

ХIай шу! Уьш безаш ду шу, царна шу ца деза. Шу теша массо а жайнах. Шуна дуьхьалкхетча‚ цара олу: "Тхо ийман диллина ду ". /Шаьш шух/ дIатилча, шайн пIелгех цергаш юьхку цара оьгIазлонца. Ахь āла: "Са дала шу шайн оьгIазаллица. И Дела хууш ма ву дегнашкахь дерг".

120

Шух диканиг кхетча, цо вон до царна, шуна вон хилча, цунах баккхийбе уьш. Аш собар дахь, шу Делах кхерахь, церан мекарлоно хIумма а зен дийр дац шуна. И Дела цара деш дерг дерриге а чулоцуш ма ву.

121

/Ахь дагадайта, х1ай Мухьаммад/: хьо 1уьйрана ара ма велира хьайн доьзал болчура /т1еман кечамна/, муъмина нах тIамна дIанисбеш, ткъа Дела хезаш верг а, хууш верг а ма ву.

122

Шух шина тобанна дагчу еара осалалла (кхерабевлла тIамах юхабовла ойла хилира церан), лиира дIасадаржа. И Дела ма ву церан гIоьнча. Далла тIетевжийла муъмина нах.

123

Дала гIо ма дира шуна Бадрехь, шу ледара долуш. Делах кхера‚ шу хила мегара шукурдеш.

124

Ахь олура муъмина нахе: "Шуна тоам ца хуьлу шун Кхиош-кхобучо шаьш чIагIдича охьадоссийначу кхаа эзар маликаца?"

125

ХIан-хIа! Аш собар дахь‚ шу /Делах/ кхерахь‚ шуна тIе сихонца уьш (мостагIий) летача, шун Кхиош-кхобучо чIагIдийр ду шу пхеа эзар маликаца‚ Iаламаташ долчу.

126

И ца дина Дала шуна кхаъ хилла бен‚ шун дегнаш ийманца чIагIдархьама а бен. Толам бац ша веза волчу‚ хьукам нийса деш волчу Делан гергара бен.

127

/И дина Дала/ ца тешаш болчеран цхьа агIо хадорхьама я уьш сийсазбархьама – дог диллина бухбевр бу уьш.

128

/Оцу/ гIуллакхах хIумма дац хьуна: я гечдер Цо царна‚ я Iазап дер – уьш зуламхой бу.

129

Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а‚ Шена луучунна гечдо Цо‚ шена луучунна Iазап до. И Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву.

130

ХIай ийман диллинарш! Ма даа риба т1ех алсамдаккхарца. Делах кхера – шу даккхийде тарло.

131

Шу кхера цIерах‚ цатешачарна кечйина йолчу.

132

Шу муьтIахь хила Далла а‚ элчанна а- шух къинхетам бан тарло.

133

Шу сихло шайн Кхиош-Кхобучуьнгара гечдаре а‚ ялсамане а‚ шен шоралла стигланаш а‚ латта а /санна/ йолчу‚ /Делах/ кхоьруш болчарна ша кечйина йолчу.

134

Ишттанаш бу уьш‚ шаьш сагIа доккхуш аьттонехь а‚ халонехьа‚ оьгIазло юхатухуш‚ нахана къинтIерабовлуш. Цу Далла беза дика берш.

135

Ишттанаш а бу уьш‚ шаьш цхьа вон къа дича я шаьш шайна зулам дича, Дела дагавогIуш‚ шайн къиношна гечдар доьхуш. Мила ву ткъа гечдийр долуш къинош ша Дела воцург? Шаьш динчунна (къина) тIе юха ца боьрзу уьш хаа а хууш.

136

Уьш бу шайн бекхам шайн Кхиош-Кхобучуьнгара гечдар а‚ бошмаша берш‚ шайн бухахь хиш оьхуш йолчу‚ царна чохь уьш гуттар а хир болуш. Ма хаза ял ю и Iамал ечарна!

137

Шул хьалха а дIадахна /шуна т1ех1уьттуш дерш санна долу/ хилларш. Шу лела лаьттахула‚ хьовса, муха хилла /дин/ харцдинчеран чаккхе.

138

ХIара хаам бу нахана‚ нийса некъ а бу‚ хьехам а бу /Делах/ кхоьручарна.

139

Шу ледара ма довла /гIазот дан/‚ шу сингаттаме ма хила /Ухьудехь эшарна/ – шу лакхахь хир ду /керстанашна тIехь толам баккхарца/, шу /баккъалла а, /муъмина нах хиллехь.

140

Шуна чов хилча – нахана ахилла чов, цунах терра. И денош Оха хьийзадо нахана юккъехь‚ Далла бовзархьама (нахана гучубохуш) ийман диллинарш‚ шун юккъера гIазотан ял ерш хилийтархьама а. Цу Далла ца беза зуламхой.

141

Дала /къинойх/ цIанбархьамаийман диллинарш, хIаллакбархьама цатешарш.

142

Шуна моьттира шаьш ялсамане гIур ду Далла бовзалешух къахьегнарша, Цунна бовзале собар динарш а?

143

Шу ма дарий дала лууш /гIазотехь/ цунна (г1азотана) дуьхьалкхетале хьалха‚ и /далар/ гира шуна‚ шу хьоьжуш долуш (ткъа хIинца юхадовлу шу?).

144

И Мухьаммад ма вац элча бен. ДIабахана цул хьалха а элчанаш. Иза велча я вийча – шаьш хиллачу /цатешаре/ юхадоьрзур ду шу? Юхавирзинарг милла велахь а‚ цхьана а хIуманца Далла зен ца до цо. ТIаккха мēла лур бу Дала баркалле болчарна.

145

Ца хилла синна далар Делан лаамца бен‚ шен йозанца тоьхна хан йолуш бен. Милла велахь а дуьненан ял езаш – Оха ло цунна цунах‚ милла велахь а эхартан ял езаш – Оха ло цунна цунах. ТIаккха мела лур бу Оха баркалле болчарна.

146

Мел дукха пайхамаршца цхьаьна тIемаш бина /Делан новкъахь/ ч1ог1а Далла тешаме хиллачу муъмин наха. Халчу ца даьккхира царашайна Делан новкъахь хилла долу цатаме дерг‚ ледара ца бевлира уьш‚ к1ел ца бисира /мостагIчунна/. Цу Далла беза собаре берш

147

Церан дош ца хилла деккъа алар бен: "Тхан Кхиош-кхобург‚тхуна гечделахь тхан къинош‚ тхан гIуллакхехь /тхоьгара яьлла/ тхан тIаламазалла а, чIагIбелахь тхан когаш‚ толам лолахь тхуна ца тешаш долчу къомана тIехь" /тхоьца къийсамехь долчу къомана т1ехь/ .

148

Дала елла царна дуьненан ял‚ ткъа ма хаза ю эхартан ял. Цу Далла беза диканиг деш берш.

149

ХIай ийман диллинарш! Цатешачарна шу муьтIахь хилахь‚ цара шу юхадерзор ду /шайн дине/ – тIаккха шу дIадоьрзур ду /ийманах/ эшна.

150

ХIаъ! Дела ву шун гIодоккхург. И ву г1одоккхучарах уггаре а диканиг.

151

Оха кхуьссур ма бу цатешачеран дегнашка кхерам‚ цара шайга йоссийна /цхьа а/ бакъо йоцуш, Делаца накъост лацарна. Церан хIусам – /жоьжахатин/ цIе ма ю. Ма вон ю-кх зуламхойн чугIойла!

152

Дала бакъйина шуна Шен ваIда‚ аш и /цатешарш/ бойуш Цуьнан пурбанца‚ шу ледара довллалц‚ гIуллакхехь вовшашца къийссалц‚ шу Iеса хиллалц‚ шуна дезаш хилларг (толам) Цо шуьга гайтинчул тIаьхьа. Шух дуьне дезаш верг а ву‚ шух эхарт дезаш верг а ву. ТIаккха шу дIатеттира Цо царах‚ шу зерхьама. Шуна къинтIеравелира Иза. И Дела Шен комаьршалла йолуш ма ву муъмин нахана т1ехь.

153

Шу хьала девдира цхьаьнге а юха ца хьовсуш‚ кхечарна юккъехь элча шуьга кхойкхуш волуш.Сингаттамна т1е а сингаттам белира Цо шуна‚ шу г1айг1ане ца хилийтархьама шайна ца хиллачунна (хIонсана) а, шуна /нах байарца а, эшарца а/ хиллачу бохамна а. И Дела сов дика хууш ву аш дийриг.

154

ТIаккха Цо йоссийра шуна гIайгIанал тIаьхьа паргIато – наб озор. Шух цхьа /иймана т1ехь ч1аг1ъелла/ тоба хьулйира цо. Вукху /мунепикъийн/ тобанан синтем байира шайн синоша: царна хетара Делах лаьцна бакъдоцург‚ жехIал замананчохь хеташ хилларг /хетара царна/. Цара олура: "Оцу гIуллакха т1ехь хIуммаа дуй вайна?" Ахь āла: "ГIуллакх дерриг Делан ду". Хьулдеш бу уьш шайгахь хьуна шаьш гучу ца доккхург. Олу цара /шайга/: "Тхуна хиллехь гIуллакхах /цхьа/ хIума‚ кхузахь дойур дацара тхо". Ахь āла: "Шу 1ийна хиллехьара шайн цIенош чохь‚ /шух/ бийшина Iохккучарна /церан Дāла тоьхна 1ожалла т1екхаьчнехь/ тIебогIур бара шайна тIом бар яздина берш, Дāла зерхьама шун кийрахь дерг‚ /къинойх/ цIандархьама шун дегнашкахь дерг. И Дела хууш ма ву кийрахь дерг”.

155

Баккъалла а, шух /Ухьудехь тIамах/ юхабевлларш /бусалбанийн а керстанийн а/ ши тоба дуьхьалкхеттачу дийнахь‚ – шайтIано тилийна уьш цхьадолчу цара динчу /вон/ хIуманца. Дела къинтIеравелира царна. Дела ша гечдеш а‚ /Шена 1еса хиллачунна та1зар дан сих ца луш/ собаре а ву.

156

ХIай ийман диллинарш! Шу ма хила цатешачаьрга тера, шаьш олуш хилла болчу шайн вежаршка, уьш йохк-эцарна я гIазотана арабевлча: "Тхуна гергахь лаьттинехь лийр а бацара‚ бойур а бацара уьш". Цунах Дала церан дегнашкахь боккха сингаттам бийр бу. И Дела денбеш а ву‚ болуьйтуш а ву. И Дела аш дийриг гуш ма а ву.

157

Шу дайахь Делан новкъахь, я /цигахь кхечу бахьаница/ лахь – Делера гечдар а ‚ къинхетам а беза хир бу цара гулдеш долчул /дуьненан бахамал/.

158

Шу лахь а‚ я дайахь а – Далла тIе гулдийр долуш ду шу.

159

Делера къинхетамца хилира хьо /х1ай Мухьаммад/ цаьрца кIеда. Хьо кIоршаме‚ дог дера хиллехьара‚ хьуна гонахьара дIасабаьржира бара уьш /хьан накъостий/. КъинтIеравала царна‚ гечдар а деха царна, дагавала царах гIуллакхехь. Ахь айхьа сацам бича, Далла тIетовжа. Далла беза /Шена/ тIетевжинарш.

160

Дала шуна гIо дахь – шуна тIехь толамхо вац. Цо шу гIо ца деш дитахь – мила ву Цул тIаьхьа шуна гIо дийр дерг? Далла тIетовжийла муъмина нах!

161

Ца хилла пайхамар хIонс къайлайоккхур йолуш. И къайлаяьккхинарг ша къайлаяьккхинчуьнца вогIур ву къематдийнахь. ТIаккха хIор синна шена карадеъначуьнца бекхам бийр бу – царна зулам дийр дац.

162

Дела резахиларна тIаьхьахIваьзнарг тера вуй техьа Делан оьгIазаллина к1елнисвеллачух, шен д1аверзар жоьжахати хир йолчу?! Ма ирча ю и кхочу йолу меттиг!

163

Уьш тайп-тайпана бу Далла гергахь /ялсамане гIур берш а, жоьжахате гIур берш а/. И Дела гуш ву цара деш дерг.

164

Дала боккха кхинхетам ма би муъминан нахах царалахь шайна юккъера элча а вахийтина‚ цо царна Цуьнан аяташ дуьйцуш‚ уьш цIанбеш‚ жайна а‚ хьекъалалла а царна Iама а деш, хьалха уьш билггалчу тиларчохь хиллехь а.

165

Я шайна эшам хилча, аш а ма бира эшам/Бадрехь мостагIчунна/ шозза алссам, аш элира: "ХIара мичара ду?" Ахь āла: "Иза шуьгара шайгара ду". Баккъалла а‚ Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву.

166

Ши тоба дуьхь-дуьхьал кхеттачу дийнахь шуна хилла болу эшамДелан лаамца бу‚ цу Далла /Шех/ тешна хилларш /нахана гучубохуш/ бовзархьама.

167

Цунна бовзархьама шалхолелораша‚ шайга аьлча: "Схьадуьйла‚ тIом бе Делан новкъахь‚ я дIалелхабе /мостагIий/"‚ аьлларш: "Тхуна тIом бан хууш хиллехьара‚ тхо шуна тIаьхьахIуьттур дара". Уьш цатешарна герга бара оцу дийнахь ийманна /герга/ хиллачул‚ меттанашца дуьйцуш шайн дегнашкахь доцург. И Дела дика хууш ву цара хьулдеш дерг.

168

Уьш бу шаьш /гIазоте ца боьлхуш/, чохь хевшина а 1ийна шайн вежарех лаьцна аьлла хилларш: "Оха бохург динехьара‚ бойур бацара уьш". Ахь āла: "Духатоха шайх далар (Iожалла)‚ шу бакълуьйш хиллехь".

169

Ахь ларране а ма ларалахь Делан новкъахь белларш белла. Дийна бу уьш – шайн Кхиош-кхобучун гергахь /Цо шайна/ рицкъ а луш.

170

Дала Шен комаьршаллах шайна деллачуьнца баккхийбеш бу уьш‚ шайх ца кхуьуш /г1азотехь ца леш/ тIаьхьа бисинчарна кхаъ боьхуш бу уьш царна кхерам ца хилийта /эхартахь/ а‚ уьш сингаттаме ца хилийта а /дуьненахь бухадуьсучух/.

171

Кхаъ боьхуш бу уьш Делера ниIматца а‚ комаьршаллица а‚ Дала цаяйъаре муъмин нехан ял /дог дохуш бу уьш/.

172

Уьш бу Далла а‚ элчанна а жоп делларш‚ шайна човхиллачул тIаьхьа. Царах диканиг диначарна а, /Делах/ кхийринчарна а сийлахь-йоккха ял ю.

173

Ишттанаш бу уьш, шайга нахааьлла: "Нах бу шуна го биллина‚ царах кхера". Цо уьш алсамбехира ийманца. Цара элира: "Тхан кхачо ю – Дела‚ дика векал а ву И".

174

Делера ниIматца а‚ дозаллица а юхабирзира уьш‚ зено ца лецира уьш‚ Дела реза хиларна тIаьхьахIиттира уьш. И Дела Шегахь сийлахь-доккха дозалла долуш ву.

175

И шайтIа дара шен доттагIашка /керстанашка/ шуна кхерам туьссуьйтуш‚ ма кхера царах‚ Сох кхера‚ шаьш тешаш хиллехь.

176

Хьо сингаттаме ма войла цатешарехь сихбевллачара. Цара данне а цхьана а хIуманца зен дийр дац Далла. Дела лууш ву царна /ялсаманин/ дāкъа ца дан эхартахь. Царна деза доккха Iазап хир ду.

177

Ийман а доьхкина, цатешар эцначара данне а Далла /цхьана а/ хIуманца зен ца до. Царна лазош долу Iазап хир ду.

178

Цатешачарна ма моьттийла Оха шаьш латторшайна диканна ду, Оха уьш латтош бу къиношца алсамбовлийтар- хьама. Царна сийсаза долу Iазап хир ду.

179

Ца хилира и Дела муъмин нах буьтуш шу долчу хьолехь /тешамениг а, мунепикъ а иэвелла/‚ боьханиг цIенчух къаста ца веш. Ца хиллера и Дела шу кхиадеш къайленна тIе‚ мухха делахь а, Дала хоржу элчанех Шена луъург. Тешалаш Делах а‚ Цуьнан элчанех а. Шу тешахь а‚ шу /Делах/ кхерахь а – шуна сийлахь-йоккха ял ю.

180

Дала Шен комаьршаллех /шайна/ деллачунна тIехь писаллалелочарна ма моьттийла и шайна дика ду. И мелхо а царна вон ду, къематдийнахь и цара кхоийнаргцеран логах хьарчор ду. Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а ирс. И Дела аш дийриг дика хууш ву.

181

Далла хезира олучара аьлла долу дош: "Дела пекъар ву‚ тхо хьоле ду". Оха дIаяздийр ду цара аьлларг а‚ цара, хьакъ доцуш, пайхамарш байар а. Оха эр ду: "Iовша жоьжахатин Iазап".

182

Шун куьйгаша кечдинарг бахьанехь ду иза /Iазап/. И Дела зуламдеш ма вац лешна.

183

Ишттанаш а бу уьш, шаьш аьлла: "Дала барт бина тхоьца‚ тхо элчанах тешар дац аьлла, цо саг1а даийтталц, ша дууш цIаро". Ахь āла: "Шуьга баьхкирасол хьалха билгалонашца элчанаш‚ аш аьлла долчуьнца а – уьш хIунда байира аш‚ шаьш бакълуьйш делахь?"

184

Хьуо цара харцвича /и тидаме ма эца/‚ хьол хьалха а элчанаш харцбина. Билгалонашца баьхкина бара уьш: зубуршцаа‚ нуьре долчу жайнацаа.

185

Массо а сино Iовшур ма ду далар (1ожалла). Шуна /кхоччуш/ лур ю шун ял къематдийнахь. Т1аккха жоьжахатина, гена а ваьккхина, ялсамане вахийтинарг – и ву толам баьккхинарг. Дуьненан дахар ма дац Iехаваран хIума бен.

186

Шу данне зуьйр ма ду шун бахамехь а‚ шаьшкахь а, шуна хаззане а хезар ма ду шул хьалха шайга жайна деллачаьргараа‚ мушрикунашкарахалахетарш. Аш собар дахь‚ шу /Делах/ кхерахь – баккъалла а, и ду-кх чIогIачу гIуллакхех.

187

Дала барт бира жайна деллачаьрца: аш билгалдоккхур ду нахана‚ аш хьулдийр дац и аьлла. ИдIатесира цара шайна тIехьа‚ цунах кIеззиг мах ийцира цара. Ма вон хIума ю-кх цара оьцург!

188

Хьуна ма мотталахь и шаьш деъначуьнца (динчуьнца - Делан некъах нах д1атилош) баккхийбеш берш‚ шаьш дина доцучуьнца наха шаьш хесто лууш берш‚ хьуна ма мотталахь уьш Iазапах кIелхьарабевр бу‚ - царна лазош долу Iазап ду.

189

Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а долалла‚ и Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву.

190

Баккъалла а, стигланаш а‚ латта а кхолларехь‚ буьйса-де хийцадаларехь билгалонаш ма ю хьекъал долчарна.

191

Ишттанаш бу уьш шаьш Дела хьехавеш дIахIиттина а‚ охьхевшина а‚ шайн агIонашна тIехь а‚ ойла еш бу уьш стигланаш а‚ латта а кхолларан: "Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахь кхоьллина ма дац хIара эрна‚ Хьо хаставо оха‚ ларделахь тхо /жоьжахатин/ цIеран Iазапах.

192

Тхан Кхиош-кхобург‚ баккъалла а, Ахь цIерга воьллинарг, Ахь сийсазвинарг ву-кх иза. Зуламхошна ма бац гIоьнчий.

193

Тхан Кхиош-кхобург‚ тхуна хезира цхьа кхойкхуш верг, ша /нах/ иймане кхойкхуш: ийман дилла шайн Кхиош-кхобучуьнга, бохуш‚ тIаккха Оха ийман диллира. Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахь гечделахь тхуна тхан къиношна‚ цIанделахь тхо тхан вочу Iамалех‚ тхо далийталахь дикачаьрца.

194

Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахь тхуна даийталахь Айхьа хьайн элчанашка доуьйтур ду аьлларг‚ сийсаза ма делахь тхо къематдийнахь‚ баккъалла а, Ахь ца йохайо – кх ваIда."

195

Жоп делира царна шаьш Кхиош-кхобучо: "Ас эшор ма яц йинчун Iамал‚ и стаг велахь а, я зуда елахь а‚ – шу вовшех ду. ДIакхелхинарш‚ шайн цIеношкара арабаьхнарш‚ Сан новкъахь шайна халонаш хилларш‚ шаьш тIом бинарш‚ шаьш тIам тIехь белларш – цIанбийр бу Ас уьш шайн вочу Iамалех‚ бухахула хиш лелаш долчу бошмашка бохуьйтур бу Ас уьш, – мēла бу и Делера. И Дела Шегахь хаза мēла болуш ву".

196

Хьо Iеха ма войла и цатешнарш махкахь дIай-схьай леларо.

197

КIеззиг хIума ду иза. ТIаккха уьш чуг1он болу меттиг жоьжахати ю. Ма вон товжийлаю иза.

198

Мухха делахь а‚ шайн Кхиош-кхобучух кхоьруш болчарна бошмаш ю‚ шайн бухахула хиш оьхуш‚ гуттар а хир бу уьш цу чохь, – Делан гергара хьешашна /хаза/ кечдар ду иза. Далла гергахь дерг дика ду дика Iамал йиначарна.

199

Баккъалла а, жайнан охIлех ву Делах тешаш верг‚ шуьга доссийначух а‚ шайга доссийначух а тешаш верг‚ Далла муьтIахь а волуш. Делан аяташ ца духку цара кIеззигчу мехах. Царна шайн ял ма ю шайн Кхиош-кхобучун гергахь. И Дела сиха ма ву хьесап дарехь.

200

ХIай ийман диллинарш! Шу собаре хилалаш, шу собарехь яхье довлалаш, чIагIлолаш вовшашца‚ Делах кхералаш - декъалхила тарло шу.