All Islam Directory
1

ХIай нах! Шу кхера шаьш цхьана синах (Āдамах) кхоьллина волчу шу Кхиош-кхобучух. Цо кхоьллина цунах цуьнан зуда (Хьава)‚ цаьршиннах Цо баржийра дуккха божарий а‚ зударий а. Шу кхера Делах‚ аш Шеца вовшашка дехарш деш волчу. Гергарлонашкахьа /кхера Делах/. Баккъалла а, и Дела хиллашуна тIехь тергамхо.

2

ДIало боберашна церан даьхни /уьш баккхий хилча/. Ма хийца боьханиг цIенчуьнца, ма даа церан даьхни‚ шайчух тохий. И хилла доккха къа (иза даккхийчу къинойх ду).

3

Шу кхоьруш делахь боберашкахь нийсо цаярх‚ аш балабе шайна дика хетта болу зударий: шишша, кхокхха‚ йиъ-йиъ. Шаьш нийсо цаярх кхерахь – цхьаъ‚ я шайн аьтту куьйгаша доладийнарг(ялае). И герга ду аш харцо цаярна (я шу пекъар цахиларна (дукха доьзалш хилла).

4

ДIало /шаьш балош болчу/ зударшна церан урдо совгIатана. Цара шуна цунах хIума ц1енчу даггара юхалахь‚ гIоза доийла и аш.

5

ДIа ма ло тIаламбан цахуучаьрга шайн даьхни‚ Дала шун дахаран бух бина долу. Цунах даа а‚ тIе духа а ло царна (боберашна)‚ цаьрга хаза дош а āла.

6

Зиэ (1алашде) бобераш зуда ялориг хиллалц. Уьш кхиъна буйла шайна хааделча‚ дIало цаьрга церан даьхни. Аш ма даа и кхоам ца беш а‚ тIалам боцуш а, уьш баккхий хилале. Хьал долуш верг озалойла /оцу боберийн даьхни даарх/‚ мисканиг – цо жимма доийла. Шаьш цаьрга церан даьхни дIалуш‚ цу тIехь тешалла хIоттаде.Дала кхачо йина хьесапца.

7

Божаршна дāкъа ду дас-нанас а‚ гергарчара а /шаьш дIакхелхина/ бухадитинчух‚ зударшна а ду дāкъа дас-нанас а‚ гергарчара а бухадитинчух‚ кIеззиг делахь а и‚ дуккха делахь а – дāкъа ду фарз хилла.

8

Ирсдоькъучохь хилахь пекъарш а, /шайна цунах ирс ца кхочу/ гергарнаш а‚ бобераш а‚ мисканаш а хилахь – рицкъ ло царна цунах‚ хаза дош āла цаьрга.

9

Кхоьрийлауьш шайл тIаьхьа шайн заь1апе доьзал бисча, уьш г1елонехь хиларна кхоьруш. Уьш кхоьрийла Делах /шен доьзална я боберашна эшам хиларх/‚ цара олийла нийса дош /вала герга ваханчуьнга весет нийса де, олий/.

10

Баккъалла а, зуламца боберийн даьхни дууш берш – уьш ма бу шайн гайш чохь цIе юуш‚ уьш гIур ма бу /жоьжахатин/ ц1ерга.

11

Дала весет до шуьга шайн доьзалшкахь (царна ирс декъарехь): цхьана божаберана ло шинна зудаберана кхочу дāкъа. Нагахь санна зударийбелахь /шиъ а/ шиннал сов а, царна бухадитина долчух кхо дāкъа дича, ши дāкъа ду. Нагахь санна цхьаъ елахь – цунна /бухадисинчух/ ах ду. Дена-нанна – хIоранна царах – ялхалгIа дāкъа ду бухадитинчух‚ нагахь санна цуьнан доьзалхо велахь. Цуьнан доьзалхо вацахь – цуьнан ирс кхочу цуьнан дена-нанна‚ нанна – кхо дāкъа дича, цхьа дāкъа (дисинарг дāс схьаоьцу). Нагахь санна цуьнан вежарий белахь‚ нанна ялх дāкъа дича, цхьа дāкъа ду‚ /хьакъболчарна ирс доькъур ду/ цо дина весеткхочушдинчул тIаьхьа‚ декхарал тIаьхьа. Шун дай‚ шун кIентий – шуна ца хаьа царах мила ву шуна герга пайдехь. Делера фарз ду иза. Баккъалла а, и Дела хилла Ша хууш а‚ хьукам /нийса/ деш а

12

Шуна а кхочу ах шун зударша бухадитинчух‚ нагахь санна церан доьзалхо вацахь (кхечунна вина‚ я шуна вина). Церан доьзалхо (кхечунна вина волу‚ я шуна вина волу) велахь – шуна цара бухадитинчух доьалг1а дāкъа кхочу церан весет кхочушдинчул тIаьхьа‚ декхарел тIаьхьа. Царна (шу делла бухабисина болу шун зударшна) – аш бухадитинчух доьалг1а дāкъа кхочу‚ нагахь санна шун доьзалхо (кхечу зудчо вина‚ я цо вина) вацахь. Шун доьзалхо велахь – царна аш бухадитинчух, борхIалг1а дāкъа кхочу дина, шун весет кхочушдинчул тIаьхьа‚ декхарел тIаьхьа. Нагахь санна шегара ирс кхочуш волу стаг‚ я зуда шен да я доьзалхо воцуш велахь – цуьнан ваша‚ я йишаелахь – цу шиннах хIоранна а, йолхалг1а дāкъа лур ду. Нагахь уьш царал алсам белахь – уьш декъашхой хир бу кхоалг1ачу декъан‚ цуьнан весет кхочушдинчул тIаьхьа‚ декхарал тIаьхьа‚ ша зен ца деш (цхьанна совдоккхуш‚ вукхунна эшош). Делера весет ду иза. И Дела ма ву хууш а‚ собаре а (дуьненахь сиха таIзар ца деш къинош динчарна).

13

Уьш ду Делан дозанаш. Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь верг – и вохуьйтур ву Цо ялсамане‚ шена бухахула хиш оьхуш йолчу‚ цу чохь уьш гуттар а хир бу. И сийлахь-боккха толам бу-кх.

14

Далла а, Цуьнан элчанна а Iеса верг а‚ Цуьнан дозанех ваьлларг а – и вхийтур ву Цо /жоьжахатин/ цIерга‚ гуттар а цу чохь хир волуш. Цунна – сийсаза долу Iазап ду.

15

Шун зударех боьханигдинарг – шух веаммо тешалла дойла цунна тIехь. Цара тешалла дахь – цIахь сацабе уьш баллалц‚ я Дала цхьа некъ хIоттолц.

16

Шух шиммо дахь и (боьханиг – зина) – та1зар де царна (човхорца а, бехк баккхарца а, иэхь хетийтарца а,мача тохарца а). Цара шиммо а тōба дахь, дика Iамал яхь‚ юьстахдовлацарах. Баккъалла а, Дела ма хилла ша тōба къобалдеш верг а‚ къинхетаме верг а

17

Баккъалла а, тōба къобалдар ду Далла т1ехь, шаьш ца хууш вōнаш а деш, т1аккха сихонца тōба деш болчарна. Баккъалла а, церан тōба къобалдийр ду Дала. И Дела хилла хууш верг а‚ хьикмате верг а.

18

Тōба къобалдийр дац шаьш вониг дечарна, шаьш бала герга бахча олуш болчу: "ХIинца ас тōба ди"‚ шаьш ца тешаш а болуш, беллачарна а. Царна Оха кечдина лазош долу Iазап.

19

ХIай ийман диллинарш! Хьанал дац шуна аш зударий ницкъаца ирсе битар‚ хало ма е царна шаьш царна деллачух (урдох) цхьадерг юхаэцархьама‚ нагахь санна билггала боьханиг цара тIедаийтина дацахь. Хаза дāха цаьрца. Шуна уьш безаш ца хилахь а /собаре хила цаьрца/. Шуна цхьа хIума ца еза тарло‚ Дала цу чохь дуккха диканаш хилийта тарло.

20

Шу лууш делахь зудчун метта зуда хийца‚ аш царах цхьанна дуккха даьхни делла делахь‚ цунах хIумма а юха ма эцалаш. – Аш схьаоьцур ду иза ткъа доккха зулам а‚ билгала къа а деш?

21

Аш и схьа муха оьцу‚ шу (майра а‚ зуда а хилла) вовшашна юкъадахана ма хиллий? Шуьгара чIогIа ваIдаэцна ма ярий цара.

22

Аш ма балабе шун дайша балийна хилла болу зударий‚ хьалха дIадаханарг доцург. И хилла боьханиг‚ чIогIа ирчаниг‚ вуно боьха Iадат а.

23

Шуна (бāло) хьарам бина шун наной а‚ шун йо1арий а‚ шун йижарий а‚ шун ден йижарий а‚ шун ненан йижарий а‚ шун вешин йо1арий а‚ шун йишин йо1арий а‚ шу дакхийна хилла болу шун нанойа‚ шун шуринйижарий а‚ шун зударийн наной а‚ шун цIеношкахь Iеш болу шун цаьрца гергара юкъаметтиг а хилла болчу зударийн кхечарна бина болу мехкарий а. Шун цаьрца гергара юкъаметтиг ца хиллехь – къа дац шуна /церан мехкарий бало/. Шун чIурах схьабевлла болу шун кIентийн зударий а‚ ши йиша вовшахтоха (цхьана яло) а /хьарам ду шуна/‚ хьалха д1адахна хилларг доцург. Баккъалла а, и Дела хилла гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.

24

Зударех марехь берш (хьарам бина шуна бāло)‚ шун аьтту куьйгаша доладийна боцурш‚ и тIедиллина Дала шуна. Хьанал бина шуна цул дēхьахь берш‚ шайн бахамца аш лехча‚ шайн догIу урдо дIалуш‚ шарIаца бāлош долуш‚ зина лелорца доцуш. Шаьш цаьргара марзо ийцича– царна богIу мах дIало фарз хилла болу. Фарз кхочушдина (царна догIу урдо дIаделла)‚ шу вовшашца реза долуш динчунна тIехь (цара шуна цхьадолу урдо юхалуш) къа дац шуна. Баккъалла а, и Дела ма хилла хууш а‚ хьукам /нийса/ деш а.

25

Шух муьлхачунна ца магахь шен таронца цIенаболу муъмин зударий бāло – шайн аьтту куьйгаша доладийначу шайн муъмин мехкарех (лех) балабе. Далла дика хаьа шун ийман‚ шу вовшах /схьадевлла/ ду. Балабе уьш церан охIлан пурбанца‚ дIало церан мах диканца‚ цIена хиллаболу‚ лелар боьха доцуш болу‚ доттагI лаьцнабоцуш болу – (зударий). ТIаккха марехь болуш цара боьханиг далийтахь‚ царна оьздачу зударшна догIучух ах Iазап ду. И дерриге ду шух къинах (зинах) кхоьруш волчунна. Аш собар дахь (и зуда ца ялош) – и шуна дика ду. И Дела гечдеш верг а ву‚ къинхетаме верг а ву.

26

Далла лаьа шуна билгалдаккха‚ шул хьалха хиллачийн новкъа шу нисдан‚ шун тōба къобалдан. И Дела хууш а ву‚ хьукам /нийса/ деш а ву.

27

Цу Далла лаьа шун тōба къобалдан. /Шайн/ дезаршна тIаьхьахIуьттуш болчарна лаьа шу /цIенчух/ дуккха генадовла.

28

Шуна тIера /халонаш/ яйъян лаьа Далла. Адам кхоьллина заьIап.

29

ХIай ийман диллинарш! Вовшийн даьхни ма даалаш харцонца‚ шун вовшийн резаллица йохка-эцар яцахь. Шаьш ма дайа. Баккъалла а, и Дела хилла шуьца къинхетаме.

30

МостагIаллица‚ зуламца и динарг‚ т1аьхьа Оха чуверзор ву цIерга. И хилла Далла атта (и Далла атта ду).

31

Шайна нехIадина долу даккхий къинош аш юьстахтаттахь‚ кегийчарна (кегийчу къиношна) Оха гечдийр ду шуна‚ чудохуьйтур ду шу сийлахьчу чугIойлина (ялсамане).

32

Шуна ма дезийла Дала шух цхьаболчарна вукхарал базбина делларг. Божаршна дāкъа ду шаьш карадийначух‚ зударшна а дāкъа ду цара шаьш карадийначух. Аш Деле деха Цуьнан комаьршаллах. И Дела хилла (ву) массо а хIума Ша хууш.

33

ХIоранна Оха хилийтина дас-нанас а‚ гергарчара а бухадитинчух ирсоьцург. Шун дуйнаша чIагIбиначарна (хьалха аш шайна ирс лур ду, аьлла, ваIда йина хилла болу доттагIий), – дIало царна церан дāкъа. Баккъалла а, и Дела хилла массо а хIуманна т1ехь теш.

34

Божарий тIехIиттинабу зударшна, Дала цхьаберш вукхарал базбарца а‚ цара шайн бахамах харж ярца а. Дика зударий бу – / Далла а, шайн марошна а/ муьтIахь берш‚ шаьш лардешберш /марошна/ гучахь доцург Дала ларде аларна. Шу – церан Iесаллех кхоьруш дерш – хьехам бе царна‚ /цунах пайда ца хилахь/ бита уьш меттахь‚ /цунах а пайда ца хилахь/ тоха царна (хьехам хилийтарна‚ лазорна доцуш). ТIаккха уьш шуна муьтIахь хилахь – некъ ма бохабе царна. Баккъалла а, и Дела хилла лекха верг а‚ воккха верг а

35

Шу кхерахь (маран а (майрачун)‚ зудчун а) юккъехь барт бохарх‚ кхайкха хьекъале берш цуьнан (маран) нахана юккъера а‚ зудчун нахана юккъера а. Маслахьатлууш и шиъ делахь‚ Дала аьтто бийр бу царна юккъехь. Баккъалла а, и Дела хилла (массо а хIума) хууш верг а‚ /къайлаха дерг/ дика хууш верг а.

36

Далла Iибадат де‚ накъост ма лаца Цунна цхьана а хIуманца‚ дена-нанна а дика хила‚ гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачарна а‚ гергара волчу лулахочунна а, гергара воцчу (хийрачу) лулахочунна а‚ аг1ор накъостанаа‚ некъан накъостанаа‚ шайн аьтту куьйгаша доладийначарнаа /дика хила/. Баккъалла а, Далла ца веза деккъа шеца тамаш беш верг а‚ кура верг а.

37

Пис берш а, нахана писхила, аьлла, омра деш берш а‚ Дала шайга даийтина долчу комаьршаллаххьулдеш берш а /ца беза Дала/ – Оха кечдина цатешачарна сийсаза долу Iазап.

38

Шайн даьхни нахана гайтархьама сагIина доккхуш берш а, шаьш Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешаш боцуш /ца беза Далла/, шена шайтIа доттагI хилларг – вон доттагI хилла цунах.

39

ХIун дара царна Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешча‚ Дала шайна деллачу рицкъанах сагIа делча? И Дела уьш бевзаш ма хилла.

40

Баккъалла а, и Дела мискъала зарратал, зулам деш ма вац. И (мискъала заррат) дика хилахь – и т1етт1а алсамдоккху Цо‚ Шегара йоккха ял ло.

41

Муха хир ду Оха массо а умматах /цхьацца/ теш валийна‚ хьо хIокхарна тIехь теш валийча?

42

Цу дийнахь цатешачарна а‚ элчанна Iесалла йиначарна а луур ду латта шаьшца нисдалар. Хьулдийр дац цара Делах /цхьажимма а дуьненахь шаьшца/ хилларг.

43

ХIай ийман диллинарш! Шу ламазна герга ма гIолаш‚ шу дехна а долуш‚ шаьш дуьйцург шайна ца хаахь; шайца боьха хи делахьа – ца луьйчуш, шаьш новкъахула /хи доцучухула/ лелаш дацахь, я /маьждига чохь ца совцуш/ чекхдовлуш дацахь. Шу хиллехь цомгуш‚ я новкъахь‚ я шух цхьаъ хьаштаг1анера (хинарара) веана велахь‚ я шу зударех хьакхаделладелахь – тIаккха шуна хи ца карадахь – темаде цIенчу лаьттаца /я гIамарца/. Шайн яххьех а‚ куьйгех хьакха и. Баккъалла а, и Дела хилла къинхетаме а‚ гечдеш а.

44

Хьуна ца го и шайна жайнах /цхьа/ дāкъа делларш? Шаьш тиладалар оьцу цара‚ шу а некъах тиладала лаьа царна.

45

Далла дика бевза шун мостагIий. Дала кхачо йина /шун/ валихиларца, Дала кхачо йина /шун/ гIоьнча хиларца.

46

Жуьгтийн динехь хиллачарех бу шаьш дошшен меттигера дIадоккхуш берш. Цара олу: "Хезна тхуна /хьан дош/‚ Iеса ду тхо /хьан омрана/", "ЛадогIа ахь – хозуьйтур дац хьуна /вониг/", "РаIина"маттаца к1еда олуш, /ислам/ динна 1иттарш еш. Цара аьллехьара: "Хезна тхуна‚ муьтIахь хилла тхо‚ ладогIа‚ хьажа тхоьга (тхан гIайгIа бе)"- царна дика хир дара‚ чIогIа а /хир дара/. Мухха делахь а, Дала неIалт аьлла царна уьш цатешарна. Ма тешаш бац уьш цхьа кIеззиг(берш) бен.

47

ХIай шайга жайна делларш! Шу теша Оха доссош хиллачух (Къуръанах)‚ ша бакъдеш долу шуьца дерг (Таврат а‚ Инжил а) Оха яххьаш нисйина тIехьа ерзаяле‚ я неIалт алале‚ шоьтан дийнан дайшнама-аллара. Делан гIуллакх кхочушхилла.

48

Баккъалла а, Дала геч ца до Шеца накъост лацарна‚ Цо геч ма до и доцург Шена луъчунна. Милла а велахь а, Делаца накъост лоцуш – деза-доккха къа кхоьллина (дина) цо.

49

Хьуна ца го и шаьш цIанбеш берш? Дала цIанвийр ма ву Шена луург. Цуьрриг а зулам дийр ма дац царна.

50

Хьажал хьо‚ муха кхуллу цара Далла тIехь харцдерг! Кхачо хили цунах билггала къа хиларца.

51

Хьуна ца го шайна жайнах дāкъа делларш – уьш тешаш бу джибтеха‚ тIагIутаха‚ цара олу цатешачаьрга: "Шу ду нийсачу новкъахь /Мухьаммадан Деле/ ийман диллинчарал"

52

Уьш ма бу Дала шайна неIалт аьлларш. Дала неIалт аьллачунна хьуна цкъа а карор ма вац гIоьнча.

53

Я шайна мулках дāкъа долуш бу уьш? Цара лур ма дац нахана чамхалг а.

54

Я нахана хьагI йо-те цара, Дала царна Шен комаьршаллах деллачунна тIехь? Оха делира ИбрахIиман доьзална жайна а‚ хьекъалалла а. Деза-доккха мулк (даьхни) деллера Оха царна.

55

Царах (жуьгтех) цунах (цу Дала доссийначу жайнах – Къуръанах) тешнарг а ву. Царах цунна дуьхьалваьлларг а ву. Кхачо хилла жоьжахатица /уьш бāго/ цIе хилар.

56

Баккъалла а, и Тхан аятех цатешарш – тIаккха бохуьйтур бу Оха уьш цIерга. Церан чкъоьрнаш даьгна мел дели Оха уьш хийцор ду кхечу чкъоьрнашца цаьрга Iазап Iовшийтархьама. Баккъалла а, и Дела хилла нуьцкъала а‚ хьукам /нийса / деш а.

57

Ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – тIаккха уьш чубохуьйтур бу Оха бошмашка (ялсамане)‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу. Уьш цу чохь гуттар лаьттар бу. Цу чохь царна цIена зударий хир бу. Оха чубохуьйтур бу уьш дуькъачу IиндагIе.

58

Дала омра до шуьга‚ шайга тешаме елла хIуманаш дIаерзор шайн дайшка‚ нахана юккъехь шаьш хьукам деш, и хьукам дар нийсонца. Баккъалла а, и Дела – ма хаза ду Цо шуьга шеца хьехам беш дерг! Баккъалла а, и Дела хилла хезаш верг а, гуш верг а.

59

ХIай ийман диллинарш! Шу муьтIахь хилалаш Далла‚ шу муьтIахь хилалаш элчанна а‚ шух гIуллакх карахь долчарнаа. Цхьана хIуманна тIехь шун къийсам хилахь‚ аш и д1адерзаделаш Деле а‚ элчане а‚ шаьш Делах а‚ тIаьхьарчу дийнах а тешаш делахь. И дика а ду‚ хазачу кепара дастар а ду.

60

Хьуна ца го и шаьш хьоьга доссийначух а‚ хьол хьалха доссийначух а тешаш бу моьттуш берш? Уьш лууш ма бу шайна юккъехь хьукам дойла тIагIута. Цаьрга омра ма дина цунах (тIагIутах) ма теша, аьлла. ШайтIа ма ду лууш уьш тило геннарчу тиларца.

61

Цаьрга аьлча: "ТIедуьйла Дала доссийначуьнга а‚ элчанна а (схьадуьйла‚ хьукам дойту вай Къуръане а‚ элчане а)"‚ хьуна ма го и мунепикъашдIабоьрзуш хьо волчура /сихачу/ берзарца.

62

Муха хир ду царна тIе цхьа бāла беъча‚ шайн куьйгаша кечбина болу‚ т1аккха уьш хьуна тIе баьхкича‚ шаьш Делаца дуйнаш бууш: "Тхо ма дацара лууш диканиг а‚ кхиам хилар а бен"‚ – олуш?

63

Уьш ма бу Далла шайн дегнашкахь дерг хууш берш. Юьстахвала хьо царах‚ хьехам бе царна‚ āла цаьрга /уьш/ к1оргга кхетош долу дош.

64

Цхьа а элча ца ваийтина Оха цунна /нах/ муьтIахь хилархьама бен, Делан лаамца. Уьш хиллехьара шаьш шайна зулам дича, хьуна тIе богIуш, т1аккха Деле гечдар доьхуш‚ элчано а гечдар дехча, царна и Дела карор ма вара шайн тōба къобалдийриг а, къинхетаме верг а.

65

Хьан Кхиош-кхобуш волчу (Делора) ма бац уьш /Делах/ тешаш шайна юкъадоьжначунна тIера хьукам хьоьга дойтуш бацахь‚ тIаккха а ахь йинчу кхиэлана шайгахь хIумма новкъарло ца карош‚ шаьш цунна муьтIахь хуьлуш бацахь.

66

Оха царна тIедиллина хиллехьара, шаьш дайа аьлла я арадовла шайн цIеношкара аьлла‚ царах кIеззиг болчара бен и дийр ма дацара. Шайна хьоьхуш дерг цара дахьара – и дика а‚ делилца чIогIа а ма дара.

67

ТIаккха Тхайна гергара сийлахь-йоккха ял лур ма яра царна Оха.

68

Нийсачу новкъа бихкина хир ма бара Оха уьш.

69

Далла а‚ элчанна а муьтIахь берш – уьш хир бу Дала шайна ниIмат деллачаьрца цхьана: пайхамаршца‚ уггар бакълуьйчаьрца‚ гIазотехь беллачаьрца, дикачаьрца. Ма хаза хили уьш шайна накъост хиларца!

70

И дозалла Делера ду‚ кхачо хилла Дела хууш верг хилар.

71

ХIай ийман диллинарш! Ларлуш хилалаш‚ гIазотана арадовлалаш тобанашца а‚ я дерриге а.

72

Баккъалла а, шух ма ву ша /гIазотана/ тIаьхьавуьсуш верг. Шуна цхьа бохам хилча, олу цо: "Ма ниIмат делла суна Дала со царна юккъехь (гIазотехь) цахиларна" (хиллехьара, со лазийна я велла хир вара).

73

Шуна Делера сийлалла хилча‚ билггала олу цо‚ шуна а, шена а юккъехь безам боцуш санна: "Ма декъаза хили-кх со‚ цаьрца хила ца мегара со – беза - боккха толам ас а боккхур ма барий тIаккха".

74

Делан новкъахь тIомбойла шаьш эхартах гергара (дуьненан) дахар духкучара. Делан новкъахь тIом бина велларг а‚ я толам баьккхинарг а – тIаккха лур ю Оха цунна сийлахь-йоккха ял.

75

Аш хIунда ца бо т1ом Делан новкъахь а, божарех а‚ зударех а‚ берех а заьIап болчу нехан дуьхьа а? Уьш ма буй олуш: "Тхан Кхиош-кхобург! Арадаха тхо хIоккху юьртара‚ шена чуьра нах зуламе болчу‚ хьан гергара верас (гIолоцург) ваийтахьа тхуна‚ хьан гергара гIоьнча ваийтахьа тхуна"

76

Ийман диллинчара тIом бо Делан новкъахь‚ цатешачара тIом бо тIагIутан (шайтIанан) новкъахь. ШайтIанан верасаш хIаллакбе. Баккъалла а, и шайтIанан мекарло ледара ма хилла.

77

Хьуна ца го и шайга аьлларш: "Юхадаха шайн куьйгаш (тIамах: тIом бар ма деха хIинца а – цуьнан хан тIе ца кхаьчна)‚ ламаз хIоттаде‚ закат ло"‚ шайна тIом бар тIедиллича‚ царах цхьа тоба кхийрира нахах‚ Делах кхерарх санна‚ я кхин а чIогIа. Цара элира: "Тхан Кхиош-кхобург‚ хIунда тIедиллина Ахь тхуна тIом бар. Цхьа гергара замане тIаьхьатаьттина хиллехьара Ахь тхо". Ахь āла: "Дуьненан хIума – кIеззиг хIума ю. Эхарт ду дика ша /Делах/ кхоьручунна. Цхьа цуьрриг а зулам дийр ма дац шуна".

78

Шу миччахьа хилахь а, далар тIекхуьур ду шух‚ чIогIа хIиттийна бIаьвнаш чохь шу хилча а. Шайга диканиг деъча, цара олу: "ХIара Делера ду"‚ нагахь санна шайга вониг деъча, цара олу: "ХIара хьоьгара ду / х1ай пайхамар, ахьа дуьйцу х1уманаш бахьанехь/". Ахь āла: "Массо а ду Делера". ХIун ду-те цу къомана? – Кхета ца туьгу-кх иза хуьлучух.

79

Хьуна тIедеана долу диканиг – Делера ду хьуна /хIай адам/‚ хьуна тIедеана долу вониг – хьоьгара ду хьуна /ахь деш долу вониг бахьанехь/. Оха ваийтина хьо /хIай Мухьаммад/ нахана тIе элча хилла. Кхачо хилла Делаца теш хилар.

80

Элчанна муьтIахь хилларг – Далла муьтIахь хилла‚ юхаваьлларг– хьо ца ваийтина Оха царна тIехь терго еш вергхилла.

81

Олу цара: "МуьтIахь хир ду". Хьо волчуьра дIайирзича, царах цхьана тобано буса леладо ахь ма де аьлларг. И Дела д1аяздеш ма ву и цара буса лелош дерг. Бита уьш (дIакъаста царах)‚ Далла тIетовжа. Делаца кхачо хилла ша тIетевжаш волчунна.

82

Къуръанах ойла ца йо-те цара? Иза Дела воцчуьнгара хилча‚ цу чохь дуккха хилпалонашкарор ма ярий царна.

83

Кхерамцахиларх а‚ я кхерамах а цхьа гIуллакх шайга деъча – и даржадо цара. Цара и дерзадахьара элчане а‚ шайна юккъера гIуллакх карахь долчаьрга а – тIаккха царах цуьнан буха тIекхуьучарна хуур дара /бакъдерг/. Делан комаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а шайна ца хиллехь‚ цхьа кIеззиг берш боцурш шайтIанна тIехьахIуьттур ма дара шу.

84

ТIом бе /х1ай Мухьаммад/ Делан новкъахь. Ахь жоп лур дац деккъа хьайха бен. Муъмин нехан дегнаш айде /тIамна/‚ Дала сацо тарло цатешачеран ницкъ. И Дела чIогIа ма ву ницкъаца а‚ и чIогIа ма ву бекхамца а.

85

Хазчу гIиллакхан агIо лаьцначунна – цунах дāкъа ду‚ вочу гIиллакхан агIо лаьцначунна – цунах мохь хир бу. И Дела хилла массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш.

86

Шайга салам делча‚ цул хазчуьнца салам ло аш я юхадерзаде и. Баккъалла а, и Дела ма хилла массо а хIуманна терго еш.

87

АллахI цIе йолу цхьа Дела ву – кхин дела вац И бен. Цо дерриге а гулдийр ду шу къематдийнахь‚ цу чохь шеко яц. Мила ву ткъа Делал хабар бакъдуьйцуш?

88

ХIунда хилла шу мунепикъашкахь ши тоба? Дала /шу шена т1ехь долчу бакъдолчух/ дIаберзина уьш шаьш динарг бахьанехь. Шу лууш ду нисван Дала тилавала витинарг? Дала тилавала витинарг – хьуна карор ма бац цунна некъ /и нисван/.

89

Царна дийзира шу ийманах юхадовлар, шаьш юхадовларх терра‚ тIаккха шу хир дара цхьанийса. Ма леца царах доттагIий, уьш Делан новкъахь дIакхалххалц. Нагахь санна уьш дуьхьалбовлахь, схьалеца уьш‚ хIаллакбе уьш шайна карабаьхккинчохь. Царах доттагI а‚ гIоьнча а ма лаца.

90

Шаьш шуна а‚ шайна юккъехь а барт болчу къомана тIебаьхкинарш боцурш; я шуна тIебаьхкинарш а, шайн дагахь доцуш шуьца я /шуна дуьхьал долчу шайн/ къомаца тIом бан г1ерташ боцурш а. /Шуьца а, шуна дуьхьал а боцурш/. Далла лиъна хиллехьара‚ Цо шуна тIехIиттор бара уьш – цара шуьца тIом бийр бара. Уьш шух дIакъастахь – цара шуьца тIом бийр бац‚ шуьца машар бийр бу цара. Шуна ца бина Дала царна тIехь некъ (цаьрца т1ом бан бакъо яц шун).

91

Кхин цхьаберш карор бу шуна, шаьш лууш шуьца тешаме хила а‚ шайн къомаца (керстанашца) тешаме хила а‚ шаьш питанема-кхайккхина, цу чу булуш. Уьш шух дIа ца берзахь (шуьца т1ом ца беш)‚ шуьца машар ца бахь‚ шайн куьйгаш шуна /тIекхийдочух/ ца совцадахь, схьалеца уьш‚ хIаллакбе уьш шайна карабаьхккинчохь. Царна тIехь Оха шуна билггала некъбина (цаьрца тIом бан мега шуна).

92

Ца хилла /цкъа а мегаш/ муъмин стагана муъмин стаг вēр, гIалатваьлла бен. Цхьаммо гIалатваьлла муъмин стаг вēхь, муъмин лай паргIатвоккхур ву (йоккхур ю) цо‚ цуьнан охIланна д1алуш долу диятлур ду цо‚ цара /цунна гечдина/ сагIина ца дитахь. Нагахь санна и (и ца хууш велларг) хиллехь шуьца мостагIалла долчу къомах‚ ша муъмина волуш – муъмин лай паргIатвоккхур ву (йоккхур ю). И хилахь шена а, шуна а юккъехь барт (машар) болчу къомах–д1алуш долу дият лур ду цуьнан охIланна‚ муъмин лай паргIатвоккхур ву. И ца карадахь, тIеттIа шина баттахь марханаш кхобур ду‚ Делера гечдар доьхуш. И Дела Ша хууш а‚ хьукам /нийса/ деш а хилла.

93

Цхьаммо шена хуъушехь муъмин стаг вехь‚ цунна бекхам – жоьжахати ю‚ цу чохь и гуттар лаьттар волуш‚ Дела оьгIаз а вахана цунна‚ неIалт а аьлла‚ Цо кечдина цунна деза-доккха Iазап.

94

ХIай ийман диллинарш! Шаьш Делан новкъахь арадевлла долуш‚ аш билгалдаккха: шайга салам деллачуьнга ма āла: "Хьо муъмин вац"‚ дуьненан дахаран бахаме догдохуш – Далла гергахь йоккха хIонс ю. Иштта хилла шу хьалха – Дала шуна ниIмат делла. Аш билгалдаккха. Баккъалла а, и Дела хилла аш дийриг дика хууш.

95

Цхьатерра бац муъмин нахах шаьш гIазотах цхьа а бахьана доцуш бухабуьсурш а‚ шаьш шайн хьолаца а‚ шайн синошца а‚ Делан новкъахь гIазот деш берш а. Шайн хьолаца а‚ шайн синошца а гIазот деш берш даржаца базбина Дала бухабуьсучарал. ХIоранна Дала ваIда йина хазаниг (ялсамане) яла. ГIазот деш берш базбина Дала бухабуьсучарал сийлахь – йоккхачу йолаца (боккха мēла баларца).

96

Шегарчу даржашца‚ гечдарца‚ къинхетамца /базбина Цо уьш/. Дела хилла Ша гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.

97

Баккъалла а, шайна зуламаш дина, маликаша дIаэцна болчаьргаэр ма ду: "Шу мичахь хиллера?" Цара эр ду: "Тхо хиллера лаьттахь (дуьненахь) долуш кхечара тхуна тIехь ницкъ беш". Эр ду: "Ткъа Делан латта шортта дацара шу кхечухьа дIакхалха?" Уьш ма бу шайн чугIойла жоьжахати ерш. Ма вон хилла-кх /церан/ кхоллам!

98

Божарех а‚ зударех а‚ берех а шайна ницкъ хилла /дIабаха/, таро ца хилларш а‚ кIелхьарбовла некъ ца карийнарш а боцурш (царна гечдан там бу Дала).

99

Царна бехк ца билла а‚ гечдан а тарло Дала. И Дела хилла къинхетаме а‚ гечдеш верг а.

100

Делан дуьхьа дIакхелхинчунна лаьттахь карор ма ю дуккха тIетовжийлаш а‚ шорто а. Далла а‚ элчанна а дуьхьалвоьдуш шен цIера араваьлча, цунах валар хилча (и новкъахь велча) – цуьнан ялДалла тIейоьжна. И Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а хилла.

101

Шу лаьттахула девлла лелаш, шуна къа дац аш ламаз доцца дича‚ нагахь шу кхоьруш делахь цатешачара шайна питана дарна (тIелатарна). Баккъалла а, цатешарш хилла шуна билггала мостагIий.

102

Хьо (пайхамар) царна юккъехь волуш‚ царна ламазна хьалха хIоьттича‚ царах цхьа тоба хьоьца хIуттийла, шайн герз схьаоьцийла. Уьш сужуде бахча (церан ракаIат чекхдаьлча), шуна тIехьа кхиберш хIуьттийла. ТIаккха ламаз даза тоба йогIийла (хьуна тIехьахь ламаз дан). Цара ламаз дойла хьоьца ларлуш, герз а схьаоьцийла цара. Ца тешарш лууш бара шу шайн герзах а, хIуманех гIопал (терго ца еш) хуьлийла – тIаккха уьш шуна тIекхуьур бара цхьа гIулч. Шуна къа дац, нагахь санна шуна цатам белахь догIа бахьанехь, я шу цомгуш делахь, аш шайн герз охьадилларх. Шу ларлуш хила. Баккъалла а, Дала кеч ма дина цатешачарна сийсаза долу Iазап.

103

Шаьш ламаз кхочушдича, Дела хьахаве ирахь а, охьахиъна а‚ шайн агIошна тIетевжина а. Шаьш кхерамах хьалхадевлча, ламаз хIоттаде (кхоччуш). Баккъалла а, ламаз хилла муъмин нахана хан тоьхна тIедиллина.

104

Шу ледара ма хилалаш /шаьшца мостагIалла йолу/ нах лаха (гIазот дан). Шу лазош хиларх, уьш а лазош ма бу, шу лазош санна. Шу-м Делера цара дог ца дохучу хIуманедогдохуш а ду. И Дела хилла Ша хууш верг а, хьукам /нийса/ деш верг а.

105

Баккъалла а, Оха доссийна хьоьга жайна, бакъонца ахь нахана юккъехь хьукам дархьама Дала хьайна гайтинчуьнца. Хьо ма хилалахь ямартхойн дуьхьа къуьйсуш.

106

Деле гечдар деха. Баккъалла а, Дела хилла гечдеш верг а, къинхетаме верг а.

107

Ахь ма къийсалахь шаьш ямартло еш болчеран дуьхьа. Баккъалла а, Далла ца веза къинош дарца ямартло еш верг.

108

Уьш дIахьуллуш бу нахах, дIахьуллуш бац Делах, ткъа Иза уьш гуш ву, цара буса И реза воцу дешнаш дуьйцуш. Дела хилла цара динчунна го лоцуш верг.

109

ХIай, шу ма ду церан дуьхьа дуьненан дахарехь къуьйсуш. Хьан къуьйсур ду Делаца церан духьа къематдийнахь? Я мила хир ву царна тIехь векал /церан г1аролхо/?

110

Милла велахь а вониг деш, я шена зулам деш, тIаккха цо Деле гечдар дехча‚ цунна и Дела карор ма ву гечдеш а, къинхетаме а.

111

Милла велахь а къа деш – и деш ду цо шена. Дела хилла хууш верг а‚ хьукам/нийса/ деш верг а.

112

Милла велахь а гIалат я къа деш, тIаккха и цIенаволчунна тIетоьттуш – и ма ву ирча харцдерг а‚ билггала къа а шена тIелоцуш.

113

Делан комаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а хьуна ца хиллехьара – царах цхьа тоба ма яра хьо тило лууш. Цара-м тилор бацара шаьш бен. Цхьа хIумма а цара зен дийр дац хьуна. Дала хьоьга доссийна жайна а, хьекъалалла а‚ Цо Iамийра хьуна хьуна ца хууш хилларг. Йоккха хилла хьуна т1ехь Делан комаьршалла.

114

Дукхадолчу церан къайлахчу къамелех пайда бац, нагахь санна саг1ица, диканиг дарца, нахана юккъехь барт барца омра деш уьш бацахь. И деш верг милла а велахь а, Дела реза хиларе дог а дохуш, тIаккха Оха цунна лур ма ю сийлахь- йоккха ял.

115

Милла велахь а, элчанна дуьхьалваьлларг, шена нийса некъ билгалбаьллачул тIаьхьа, муъмин боцу нехан некъана тIаьхьахIоьттинарг – и вуьтур ву Оха ша хаьржинчу новкъахь, вохуьйтур ву жоьжахати чу. Ма вон хилла и цуьнан кхоллам!

116

Баккъалла а, Дала гечдеш дац Шеца накъост лацар, гечдийр ду и доцург /кхин къинош/ Шена луучунна. Милла велахь а Делаца накъост лоцуш – тилавелла и генарчу тилаваларца.

117

Иза а витина, уьш кхойкхуш ма бу стечу хIуманашка, уьш кхойкхуш ма бу дуьхьалдаьллачушайтIане.

118

Дала неIалт аьлла цунна. Цо (иблисо Деле) аьллера: "Хьан лех цхьа билггала дāкъа сайгахьа доккхур ду ас.

119

Тилланне а тилор бу ас уьш, хазанне – ойбур бу ас церан /харц/ лаамаш, омра дийр ма ду ас царна – бежнийн лергаш хедор ма ду цара, омра дийр ма ду ас царна – хуьйцур ма ду цара Делан дин" (кхоллар). Дела а витина, и шайтIа шена доттагI лаьцнарг – эшна и къаьстинчу эшамца.

120

ВаIда йо цо царна‚ харц лаамаш дага кхуьссу царна. ШайтIано царна ваIда еш ма яц харцдерг бен.

121

Уьш бу шайна чугIойла жоьжахати хир ерш‚ карор дац царна цунах кIелхьардовлар.

122

Ткъа ийман диллинарш а‚ дика Iамалаш йинарш а – Оха чубохуьйтур бу уьш /ялсаманин/ бошмашка, шайн бухахула хиш оьхуш йолчу. Цигахь уьш гуттар хир бу – Делан ваIда бакъ хиларца. Ткъа мила ву Делал дош бакъ олуш? (Хьенан дош ду Делан дашал бакъ?) - /цхьа а вац/.

123

Шун лаамашца а‚ жайнан охIлананлаамашца а дац иза. Милла велахь а, вониг деш – цуьнца бекхам бийр бу цунна. Карор вац цунна Дела воцург вераса, гIоьнча а.

124

Милла велахь а, дика Iамалш еш, боьрша и велахь а‚ я зуда елахь а, ша муъмин (ийман диллинарг) волуш – уьш чу гIур бу /ялсаманин/ беша. Цхьа- цуьрриг зулам дийр дац царна.

125

Мила ву хаза динца, ша дика 1амал а еш, шен юьхь Далла муьт1ахь а йина, ша бакъдолчунна тIетевжина хиллачу ИбрахIиман миллатана тIаьхьа хIоьттина хиллачул сов? Дала доттагI лецира ИбрахIим.

126

Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Дела хилла массо а хIума чулоцуш /Шен 1илманца/.

127

Хьоьга хьехам боьхуш бу уьш зударийн хьокъехь. Ахь āла: "Дала хьехам бийр бу шуна церан хьокъехь а‚ /довзийтур ду шуна/ зударий аш шайна ирсанакхачорах лаьцна, Къуръана чохь доьшуш дерг а, /иштта довзийтур ду шуна/ байлахь дисинчу зудаберех а, шу шайна уьш бāло лууш, царна догIу урдо кхоччуш дала ца лууш болчу, заьIап хилла кIелбисинчийн берийн хьокъехь а /хьехам бийр бу Дала/: аш нийсо латтае боберашкахь. Аш диканиг дахь – и Дела и хууш хилла".

128

Нагахь санна зуда кхоьруш хилахь, майра шех хервала гIертарх‚ шега тидам цахиларх – царна шинна (майрачунна а‚ зудчунна а) а къа дац вовший юккъехь маслахьат дарх‚ маслахьат тоьлуш ду. БIаьрмецигалла лаьтташ ю синошца. Шу дика хилахь‚ шу Делах кхоьруш хилахь – и Дела ма хилла аш дийриг дика хууш.

129

Шуна цкъа а ницкъ кхочур бац зударшна юккъехь нийсо ян‚ шуна мел лиъча а. ДIа ма дерза /шайна ца езачу зудчух/ кхоччуш, аш и юьтуш /хIаваэхь/ кхазаелларг санна. Аш маслахьат дахь‚ шу Делах кхерахь – и Дела хилла гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.

130

И шиъ (майра а‚ зуда а) къастахь – Дала лур ду /царах/ хIоранна Шен шортта долчух. И Дела хилла шортта (ниIмат) долуш а‚ хьукам /нийса/ деш а.

131

Цу Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Оха весет дина шул хьалха жайна даийтинчаьрга а‚ шуьга а Делах кхера, аьлла. Аш керстадахь– цу Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. И Дела хилла хьал долуш верг а‚ Шена хастам беш верг а.

132

Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Делаца кхачо хилла /Шен лайн Iамалш/ Iалаш еш верг хилар.

133

Шена лиъча‚ шу дIадōхур ду Цо‚ хIай нах‚ кхиберш бāлор бу. Хилла Дела цунна тIехь ницкъ болуш.

134

Дуьненан мēла безаш милла велахь а‚ Делан бу дуьненан мēла а‚ эхартан мēла а. Дела хилла хезаш верг а‚ гуш верг а.

135

ХIай ийман диллинарш! Шу хилалаш чIогIа дIахIиттина нийсонца тешалла деш Далла - шена тIехь делахь а, я шайн дена-нанна тIехь делахь а‚ я гергарчарна тIехь делахь а. И /шена т1ехь тешалла деш верг/ хьал долуш велахь а‚ я пекъар велахь а – Дела ву цу шиннал /лерам бан/ хьакъ верг (дика хууш ву царна шинна пайдане дерг; уьш шиъ а Iалашбийриг Дела ву). Шу тIаьхьа ма хIитталаш деган дезаршна – шу /бакъдолчух/ дIатовжа кхерамна. Аш /тешалла/ хийцадахь я /и тешалла дан шу/ дуьхьал хилахь – баккъалла а, и Дела ма хилла аш дийриг дика хууш.

136

ХIай ийман диллинарш! Шу теша Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ Цо шен элчане доссош хиллачу жайнах а‚ Цо хьалха доссийначу жайнах а. Делах а‚ Цуьнан маликех а‚ Цуьнан жайнех а‚ Цуьнан элчанех а‚ ТIаьхьарчу дийнах а цатешнарг – и тила ма велла генарчу (к1орггерачу) тиларца.

137

Баккъалла а, и тешаш хилларш‚ тIаккха керстадеш‚ юха а тешаш‚ юха а керстадеш‚ тIаккха керстадарца совбуьйлуш берш – Дела вац царна гечдийр долуш а‚ уьш нисбийр болуш а нийсачу новкъа.

138

Ахь кхаъ баккха мунепикъашка царна лазош долу Iазап хиларца.

139

Ишттанаш бу уьш, муъмин нах битина, ца тешаш берш шайна доттагIий лийцинарш. Сийлалла лоьху-те цара цаьргахь? Баккъалла а, сийлалла ерриге а Делан ма ю!

140

Цо (Дала) шуьга жайни чохь масийттаза доссош хилла: нагахь санна шуна Делан аяташ харцдеш а‚ сийсаздеш а хазахь‚ цаьрца охьа ма ховша‚ аьлла, – уьш кхечу хабарна тIеберззалц. Вуьшта, – шу, баккъалла а, уьш санна ду. Баккъалла а, цу Дала гулбийр болуш ма бу мунепикъаш а‚ цатешарш а жоьжахати чохь – берриге а.

141

Уьш бу шу тергалдеш Iаш. Шуна Делера толам хилча‚ цара олу: "Ткъа тхо а дацара шуьца?" Нагахь санна цатешачарна дāкъа хилча‚ олу: "Тхо дацара шуна гIо дан гIерташ‚ шу Iалашдеш муъмин нахах?" Дала хьукам дийр ду шуна юккъехь къематдийнахь. Цкъа а цатешачарна муъмин нахана тIехь некъ лур бац Дала.

142

Баккъалла а, и мунепикъаш Дела Iехо гIерта. И ву уьш Iехош. Шаьш ламазна хIиттича‚ уьш хIуьтту маллой (ца лууш), нахана шаьш гайтархьама‚ кIеззиг бен Дела ца хьехаво цара.

143

Уьш лесташ (д1асахьийзаш) бу оцунна (ийманна а, керстаналлина а) юккъехь: хIокхарах а (муъмин нахах а) ца кхета‚ вукхарах а (керстанех а) ца кхета. Ша Дала тилвала витинчунна хьуна карронне а карор ма бац /и нисван/ некъ.

144

ХIай ийман диллинарш! Аш ма леца цатешарш, доттагIий бай, муъмин нах битий. Шу лууш ду Дала шайна тIехь билггала делилдан?

145

Баккъалла а, мунепикъаш хир ма бу /жоьжахатин/ цIеран уггар бухарчу т1ег1анна (г1ата) т1ехь‚ хьуна каронне а карор ма вац царна гIоьнча.

146

Шаьш тōба а дина‚ диканаш а дина‚ Делаца чIагIбелла, шайн дин Далла цIандина берш боцурш. Уьш муъмин нахаца бу. ТIаьхьа лур ю Дала муъмин нахана сийлахь-йоккха ял.

147

ХIун дийр ду Дала шуна Iазап дина, баркалла олуш а, тешаш а шу хилча? И Дела хилла баркаллеверг а‚ хууш верг а.

148

Далла ца деза вон хабарш даржадар‚ шена зулам динчо бен. И Дела хилла хезаш верг а‚ хууш верг а.

149

Аш гучудаккхахь диканиг‚ я хьулдахь и‚ я гечдахь /шена вон динчунна/ вониг, – /мела бу шуна/. Баккъалла а, и Дела Ша ма хилла гечдеш верг а‚ ницкъ кхочуш верг а.

150

Баккъалла а, Делах а‚ Цуьнан элчанех а ца тешаш берш‚ шаьш лууш берш Далла а‚ Цуьнан элчанийн а юкъ эгIо‚ шаьш олуш берш: "Теша тхо цхьаболчарах‚ ца теша тхо вукхарах"‚ шаьш лууш берш цу юккъехь некъ лаца (карабан) –

151

Баккъалла а, уьш ма бу хьакъболу керстанаш. Цу керстанашна Оха кеч ма дина сийсаза долу Iазап.

152

Шаьш Делах а‚ цуьнан элчанех а тешнарш‚ царах цхьа а ца къестош берш – уьш бу Оха шайна тIаьхьа ял лур ерш. И Дела хилла гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.

153

Хьоьга доьху жайнан охIлано шайга стиглара жайна доссаде‚ бохуш. Мусага цул доккханиг дийхира цара‚ элира: "Дела гайта тхоьга гуччахь". ТIаккха стиглара цIаро схьалецира уьш шайн зулам бахьанехь. ТIаккха эсасхьалецира цара (1ибадат дан) шайга билгалонаш схьаеъначул тIаьхьа. Цунна а гечдира Оха. Мусага делира Оха билггал делил.

154

Церан тIехула лам айбира Оха, цаьрца бартбеш /и тIелацийтархьама/‚ Оха элира цаьрга: "НеIарехула чоьхьадовла, сужуд деш". Элира Оха цаьрга: "/Делан/ дозанех ма довлалаш шоьтдийнахь". Цаьргара нуьцкъала ваIда ийцира Оха.

155

Цара и шайн барт бохорна‚ уьш Делан аятех цатешарна‚ цара цхьа а бехк боцуш пайхамарш байарна‚ церан "тхан дегнаш мужулт (хьарчийна)ду", аьлла, дош бахьанехь /Дала неIалт аьлла царна/. Дала мухIар тоьхна церан /дегнашна/ уьш цатешар бахьанехь. Цхьа Iеззиг берш бен /царах/ тешар болуш бац.

156

Уьш цатешар бахьанехь‚ церан Марьямахлаьцна аьлла долу дош – деза-доккха эладита бахьанехь /неIалт аьлла царна/.

157

Церан: "Баккъалла а, Оха вийна Масихь – Марьяман кIант Iийса Делан элча", – аьлла, дош бахьанехь а (и дерриге а бахьанехь Iазап дина Оха царна). Вийна вац цара и‚ ирх оьллина а вац цара и. Мухха делахь а, царна /цхьа кхин/ тарвеллера цунах. Баккъалла а, цу чохь хилпало йинарш – цунах шеконехь бу-кх уьш. Цуьнан цхьа а Iилма дац цаьргахь – шайна мотталуш долчунна тIаьхьахIоттар бен. Ца вийна цара и, баккъалла а,

158

Дала Шена герга хьалаваьккхина и. И Дела хилла веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а.

159

Жайнин охIланах цхьа а вац цунах тешар волуш бен ивалале‚ къематдийнахь и хир ву царна дуьхьал теш.

160

Жуьгташкара даьлла зулам бахьанехь хьарам дира Оха царна диканаш‚ хьалха шайна хьанал хилла долу‚ Делан некъах цара дуккханнаш дIатовжор бахьанехь а.

161

Цара рибаэцар бахьанехь, шайна дихкина хилла долу‚ цара харцонца нехан даьхни даар бахьанехь а. Царах керстанашна лазош долу Iазап кечдина Оха.

162

Мухха делахь а, царах кIорга Iилма хууш берш а‚ муъминаша ийман диллина бу хьоьга доьссинчуьнга а (Къуръане)‚ хьоьл хьалха доьссинчуьнга а‚ хIоттош бу ламаз‚ луш бу закат‚ Делах а‚ эхарт дийнах а тешаш бу. Царна тIаьхьа Оха лур ма ю сийлахь – йоккха ял.

163

Баккъалла а, Оха вехьийдаийтира хьоьга‚ Нухье а‚ цул тIаьхьа пайхамаршка даийтарх терра. Вехьий даийтира Оха ИбрахIиме а‚ ИсмаIиле а‚ Исхьакъе а‚ ЯIкъубе а‚ ЯIкъубан тIаьхьене а‚ Iийсага а‚ Аюбе а‚ Юнусе а‚ ХIаруне а‚ Сулеймане а. Давуде делира Оха Забур.

164

Элчанашка‚ Оха хьайга хьалха бийцина болчу‚ Оха хьайга бийцина боцчу а /элчанашка вехьий даийтира Оха/. Мусага хабар дийцира Дала /схьадиллинчу/ дийцарца.

165

Элчанашка‚ шаьш кхаъ боккхуш хилла болчу а‚ кхерам туьйсуш хилла болчу а /даийтира Оха вехьий/ нахана Далла тIехь делил цахилийтархьама элчанел тIаьхьа. Дела веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а хилла.

166

Мухха делахь а, Дала тешалла до хьоьга доссинчуьнца – Цо доссийна и Шен Iилманца. Маликаша а до тешалла. Кхачо хилла Делаца теш хилар.

167

Баккъалла а, и цатешашнарш‚ Делан новкъара /нах/ юьстахбохуш берш – уьш тилабелла генарчу тиларца.

168

Баккъалла а, и цатешнарш‚ зулам динарш – ма вац Дела царна гечдан воллуш‚ уьш нисбан /воллуш нийсачу/ новкъа‚

169

Жоьжахатин новкъа бен‚ уьш цу чохь даима лаьтташ. И хилла Далла атта.

170

ХIай нах! Шуьга веана элча бакъонца шун Кхиош-кхобучуьнгара‚ аш ийман дилла – иза дика ду шуна. Аш керстадахь – Делан ма ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Дела хилла хууш верг а‚ хьукам /нийса/ дешверг а.

171

ХIай жайнан охIла! Дукха тIех ма довла шайн динехь. Ма āла Далла тIехь бакъдерг бен. Баккъалла а, Масūхь, Марьяман кIант Iийса – Делан элча ву‚ Цуьнан дош ду‚ Цо ша делла хилла долу Марьяме‚ Цунах са а ду – ийман дилла Деле а‚ Цуьнан элчанашка а. Аш ма āла: "Кхоъ". Совца – шуна дика хир ду. АллахI – цхьа Дела ву‚ цIена ву и Шен доьзалхо хиларх. Цуьнан ма ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Кхачо хилла Делаца векалхилар.

172

Куралла янне а йийр яцара Масūхьа Делан лай хила‚ герга долчу маликаша а йийр яцара. Цуьнан Iибадатна куралла йинарг, дозалладинарг – тIаккха Шена тIе гулвийр волуш ву Цо массо а.

173

Ийман диллинарш а‚ диканаш динарш а – царна бекхамна лур ю шайн ял‚ Шен комаьршаллица Цо совбохур бу уьш. Амма куралла йинарш а‚ дозалладинарш а – Iазап дийр ду царна лазош долчу Iазапца‚ царна карор вац Дела воцург доладийриг а‚ гIоьнча а.

174

ХIай нах! Еана шуьга шун Кхиош-кхобучунгара билгало. Къегина нур доссийна Оха шуьга.

175

Деле ийман диллинарш‚ Цуьнца чIагIбелларш – тIаккха кхачор бу Цо уьш Шегара къинхетаме а‚ комаьршалле а‚ нисбийр бу Цо уьш Шена тIе нийсачу новкъа.

176

Хьоьга жоп доьхуш бу уьш цхьацца хаттаршна. Ахь āла: "Дала кхетор ду шу шен доьзалхо я да, буха а ца вуьсуш, веллачун хьокъехь: нагахь санна цхьа стаг лахь‚ бухавуьсуш шен доьзалхо а, /да а/ воцуш‚ бухаюьсуш ю цхьа йиша – цунна цо бухадитинчух нийсса ах лур ду. Вашас оьцу йишин дерриг ирс‚ нагахь санна цуьнан (йишин) доьзалхо вацахь. Нагахь санна ши йиша буха йисина елахь – цу шинна, кхо дāкъа дина, ши дāкъа лур ду цо бухадитинчух. Нагахь санна бухабисина белахь вежарий а‚ йижарий а – боьршачунна шина зудчунна кхочу дāкъа лур ду. Шуна и билгалдеш ву Дела шу тила цадалархьама. И Дела массо а хIума хууш ву.