Алиф-лᾱм-мῡм.
ХIара жайна, цу чохь шеко яц, нийса некъ бу /Делах/ кхоьруш болчарна.
Уьш бу хьуламех долчухтешаш берш, ламаз хIоттошберш, Оха шайна деллачу рицкъанна тIера /дикачу аг1ор/ харжаш а еш берш.
Ишттанаш а бу уьш, тешаш, хьоьга доссийначух (Къуръанах) а, хьоьга доссийначул хьалха диссийначеха, эхартах а уьш ч1ог1а тешаш бу.
Уьш бу шайн Кхиош-кхобучуьнгара нийсачу новкъахь‚ уьш бу баккхийбийраш.
Баккъалла а, ца тешаш берш – царна бен дац ахь шайна кхерам тесча а‚ ца тесча а‚ уьш тешар бац.
Церан дегнаш а‚ лергаш а, мухIар а тоьхна, дIакъевлина‚ церан бIаьргашна дуьхьал кирхьа ду‚ царна хир ду деза доккха Iазап.
Нахах бу цхьаберш‚ шаьш олуш: "Тешна тхо Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а"- уьш ма бац тешаш.
Iехо гIерта уьш Дела а‚ ийман диллинарш а‚ амма цара ца Iехабо шаьш бен‚ – /и/ ца хаало-кх царна.
Церан дегнашкахь цамгар ю‚ Дала алсамъяьккхи и кхин т1е а цамгарца‚ царна ма ду лазош долу Iазап‚ шаьш хиларна харцлуьйш.
Цаьрга аьлча: " Ма леладе лаьтта т1ехь боьханиг", цара олу: "Тхо-м диканиг лелош дерш ма ду!"
Уьш бац‚ ткъа‚ боьханиг лелош берш? Делахь а‚ хаа ца ло-кх царна.
Цаьрга аьлча: "Тешийша‚ нах ма тешшар", цара олу: "Тхо тешар ду ткъа‚ Iовдалш санна?" Баккъалла а, уьш бац ткъа‚ Iовдалш? Амма, ца хаьа-кх царна.
Ийман диллинчарна дуьхьалкхетча‚ цара олу: "Тхо ийман диллина ду." Шайн шайтIанашца цьанабисча‚ цара олу: "Баккъалла а, тхо шуьца ма ду‚ тхо-м уьш (ийман диллинарш) хьийзош дарий".
.Дала сийсаза бийр бу уьш, ч1аг1бийр бу шайн тиларчохь д1а-схьа хьийзаш.
Уьш бу нийсачу некъах тилар эцнарш‚ ма сắ ца хили-кх церан йохка-эцарх‚ уьш ца хили-кх нийсачу новкъахь.
Уьш тера бу‚ цIе а латийна‚ тIаккха цо шена гонаха дерг серладаьккхича‚ Дала шайн нур дIа а даьхьна‚ боданехь бисинчарех‚ шайна х1умма ца гуш.
Къора а‚ мотт а ца хууш а‚ бIаьрзеа хилла, уьш юха ца боьрзу-кх/нийсачу новкъа/.
Я стигларчу догIанан марханах тера‚ шена чохь бода болуш‚ къовкъар долуш‚ ткъес тохар долуш – цара лергаш чу пIелгаш дуьхку‚ ткъес кхетна баларх ларлуш. И Дела ма ву гоне лоцур болуш и ца тешаш берш.
Ткъес герга ду церан бIаьрса дIаэца‚ шайна цо серло ма еллинехь‚ дIабоьлху уьш цуьнца‚ шайна Iарж ма еллинехь‚ совцу. Далла лиънехьара‚ хазар а‚ бIаьрса а дIахьур дара церан: Дела массо а хIуманна т1ехь ницкъ кхочуш ма ву.
ХIай нах! Шаьш а, шайл хьалхарнаш а кхоьллинчу шаьш Кхиош-кхобучуннаIибадат де‚ шу хила тарло-кх /Делах/ кхоьруш.
И ву шуна латтанах мотт бина‚ стигланах тхов бина‚ стиглара хи а даийтина‚ цуьнца стоьмаш а кхиина шуна рицкъана. Т1аккха ма нисве Делаца цхьа а‚ шайна хуъушехь.
Нагахь шу шеконехь делахь, ОхаТхан лега /Мухьаммад пайхамаре/ доссош хиллачух, т1аккха схьадаладе цунах тера цхьа сурат‚ схьакхайкха шайн тешаш (г1оьнчий)‚ Дела воцург‚ шаьш бакълуьйш делахь.
Нагахь шуьга и ца далахь – ткъа и шуьга цкъа а далур дац - кхерийша цIарах‚ шен ягориг адамаш а‚ тIулгаша долчу. Иза кечйина цатешачарна.
Ахь /хIай Мухьаммад/ кхаъ баккха ийман диллинчарга а,дика Iамалш йиначаьрга а шайна /ялсаманин/ бошмаш хирг хиларца‚ бухахула оьхуш хиш а долуш. Х1оразза шайна цу чуьра стоьмех рицкъ мел дели‚ цара эр ду: "ХIарра дара хьалха а вайна луш хилларг" – царна хьалха а деллера цунах тераниг /делахь а х1ара кхин дара чамаца а, хьожаца а, куц тера хиллехь а/. Царна цу чохь цIена зударий а хир бу‚ уьш цу чохь гуттар а лаьттар бу.
Баккъалла а, Дела ийза ца ло масал даладан: чуьрккал хIуманах а‚ цул лакхарчех а (тоьлуш долчех я цул оьшуш долчех а). Ийман диллинчарна хаьа и шайн Делера бакъдерг дуйла‚ ткъа цатешачара олу: "ХIун лиъна-те Далла цу масалца?" Цо тилабо цуьнца дуккха а берш‚ Цо нисбо цуьнца дуккха а берш. Цуьнца тила-м ца бо Цо песакхберш бен.
Уьш ма бу йохош Делаца хилла ваIдабарт хиллачул тIаьхьа‚ цара хедадо Дала хоттааьлла омра динарг‚ леладо лаьтта тIехь боьханиг‚ – уьш ма бу эшнарш.
Шу муха ца теша Делах? Шу делла ма дара. ТIаккха Цо шу ден ма дира. Юха Цо долуьйтур ду шу‚ юха а дендийр ду‚ тIаккха Цунна тIе дIадерзор ду шу.
Иза ву лаьтта тIехь мел дерг шуна кхоьллинарг‚ тIаккха тIевирзира И стигланна– Цо дIанисйира и ворхI стигалца‚ – И массо а хIуманах дерг Шена хууш верг ма ву.
Хьан Кхиош-кхобучо аьллера маликашка: "Со воллу лаьтта тIехь т1аьхье хилийта". Цара элира: "Ахь кхуллу ткъа цу тIехь боьханиг ден дерг а‚ цIий Iено дерг а? Оха бийр бара Хьуна хастам а‚ оха вазвийр а ма вара Хьо". Цо элира: "Со хууш ма ву шуна цахуург а".
Цо Iамийра Āдамна массо а хIуманийн цIерш‚ тIаккха уьшмаликашна а гайтина‚ элира: "Йийца Суна церан цIерш‚ шаьш делахь бакълуьйш".
Цара элира: "Массо а вочух цIена ву Хьо. Тхоьгахь ма дац Ахь тхайна 1амийна долу 1илма бен. Хьо ву-кх хууш верг а‚ хьекъале верг а".
/Дала/ элира: "ХIай Āдам‚ ахь йийцал цаьрга церан цIерш". ТIаккха цо цаьрга церан цIерш йийцича‚ элира /Дала/: "Ас шуьга ца аьллера ткъа: Со хууш ву стигланийн а‚ лаьттан а къайле‚ Со хууш ву аш гучудоккхуш дерг а‚ аш хьулдеш хилларг а?"
Оха аьллера маликашка: "Сужудде Āдамна". ТIаккха цара сужуд дира‚ Иблис доцчо. Иза дуьхьал а делира‚ цо куралла а йира‚ – и хилира цатешачарах.
/Д1аала хьайн къоме, х1ай Мухьаммад/: Оха элира: "ХIай‚ Āдам‚ вāха хьо а‚ хьан зуда а /ялсаманин/ бешахь‚ даа цу чохь долчух ма-дезза шайна луъург. Амма шу герга ма гIолаш хIокху диттана– /додахь/, шуь-шиъ хир ду зулам диначарах".
Галабаьхира шайт1ано и шиъ цуьнца (диттаца – марздира царна и стом кхалла). ТIаккха Цо и шиъ арадаьккхира шаьш хиллачуьра (ялсаманера). Оха элира /Āдаме а, Хьавага а, Иблисе а/: "Охьадисса /лаьтта т1е/‚ вовшийн мостагIийа долчу хьолехь. Шуна лаьттахь хир ю дахаран меттиг а‚ цхьа хан тIекхаччалц бахам а".
Āдама Iамийра ша Кхиош-кхобучуьнан дешнаш‚ Цо (Дала) цуьнан тōба къобалдира. Баккъалла а‚ Иза ву /т1етт1а/ тōба къобалдийриг а‚ къинхетаме верг а.
Оха (Дала) элира: "Чудисса цигара (ялсаманера) массо а. Нагахь шуьга Сан нийсонан некъ кхачахь (и кхача а кхочур бу), цунна т1аьхьабаьзначарна кхерам а хир бац (шайна дуьхьалкхетар долчу эхартан г1уллакхех), уьш сингаттаме а хир бац (дуьненахь шайх д1атилна дисина г1уллакхаш бахьанехь, Дала шайна мела цабаларна кхоьруш).
Цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдина берш а – уьш ма бу /жоьжахатин/ цIеран дай‚ уьш цу чохь гуттаренна а буьсур ма бу".
ХIай‚ ИсраиланкIентий‚ Аш дагадаийта Сан ниIмат‚ Ас шайна делла хилла долу‚ аш кхочушъе Соьца /шаьш Суна а бен 1ибадат дийр дац, аьлла/ хилла ваIда‚ Ас кхочушйийр ю шуьца /Айса шуна хаза мела лур бу, аьлла/ хилла ваIда‚ Сох цхьаннах кхералаш.
Шу тешалаш Ас охьадоссийначух (Къуръанах)‚ шуьгахь долчуьнца (Тавратаца) нийса догIуш а долчу‚ – шу ма хила цунах хьалхара цатешарш. Сан аятех кIеззиг болу мах ма эца‚ Сох кхералаш.
Ма иэде аш бакъдерг харц долчуьнца‚ бакъдерг хьул ма де‚ шайна хуьушехь (Таврата чохь долу Мухьаммадан сибат).
Ламаз хIоттаде‚ ло закат‚ сужудане гIо сужуд дечаьрца.
Аш хьоьху нахана диканиг? Ткъа дицдеш ма ду шайн дог1маш! Шу ма ду жайна (Таврат) доьшуш – шу хьекъале ца хуьлу?
Аш гIо лаха собарца а‚ ламазца а. Баккъалла а, иза деза (хала) ма ду/Делах/ч1ог1а кхоьруш берш боцучарна. (Иза кхочушдалур долуш дац /Далла/ муьтIахь болчаьрга бен).
Уьш бу шаьш шайн Кхиош-кхобуш волчунна дуьхьалкхетарг хиларх а‚ шаьш Цунна тIе дIадоьрзург хиларх а тешаш.
ХIай Исраилан кIентий! Аш /Суна шукур дарца/ дагадаийта Сан ниIмат, Ас шуна делла хилла долу, – Ас шу даздина хилар Iаламал (шух элчанаш бахкийтарца, жайнаш диссорца).
Шу кхера дийнах‚ сино синна пайда бийр боцчу, цуьнгара гIо къобалдийр доцчу, цуьнгара мах оьцур боцчу, шайна /Делан Iазапах/ гIо хир доцчу.
Дагадайта /хIай Исраилан кIентий/! Оха кIелхьардехира шу ФирIавнан нахах: вон Iазап шуна тIехь хIоттадора цара‚ бойура шун кIентий‚ дийна буьтура шун зударий – цу чохь шун сийлахь-веза волчу Кхиош-кхобучо зер ма ду.
Оха шуна хIорд бийкъира – шу к1елхьарадехира‚ ФирIавнан нах буха бахийтира‚ шу хьоьжуш доллушехь.
Оха Мусаца шовзткъа де-буьйсахан билгалъяьккхира (цуьнга Таврат дала)‚ тIаккха цул т1аьхьа шу эсанна 1ибадат дан дуьйладелира, иштта шух зуламхой хилира.
ТIаккха цул тIаьхьа а Оха гечдира шуна‚ шу баркалле хир дацара техьа, аьлла.
Дагадаийта! Оха делира Мусага жайна, бакъдерг харцдолчух а, хьанал дерг хьарам долчух а къастош долу‚ шу нислур дацара техьа, аьлла.
Мусас аьллера шен къоме: "ХIай сан къам‚ аш шайна зулам дина‚ шаьш эсанна 1ибадат дарца. Тōбанаш де шаьш Кхоьллинчуьнга‚ тIаккха шаьш-шайн дайа. И дика ду шуна шу Кхоьллинчунна (Далла) гергахь. ТIаккха Цо шун тōбанаш къобалдира. Баккъалла а, И ма ву /т1етт1а/ тōбанаш къобалдийриг а‚ къинхетаме верг а.
Аш ма элира: "ХIай Муса‚ тхо тешар ма дац хьох‚ и Дела тхайна къаьстташ ца гахь". ТIаккха шу лецира ткъесо (стелахаьштиго шу дайира) ‚ шу хьоьжуш лаьтташехь.
ТIаккха Оха дендира шу /цхьана дийнахь-буса/ делла лаьттинчул тIаьхьа – шу баркалле хир дацара техьа аьлла.
Оха шуна тIехула марха хIоттийра /шу маьлхан йовхонах лардеш/‚ даийтира шуна манна а‚ салва а. Даа Оха шайна деллачу рицкъанах цIенадерг (хьаналдерг). Тхуна зулам-м ца дира цара‚ амма уьш хилира шайна зулам деш-м.
Дагадаийта! Оха элира: "ЧугIо цу шахьара‚ даа цу чуьра шайна луьург шортта. Кевнехула чоьхьадовла, сужуд а деш. Аш āла: "Гечде тхуна!"– Оха гечдийр ду шун гIалаташна‚ тIаккха алсамбохур бу диканиг деш берш.
Зуламхоша хийцира шайга аьлла долу дош аьлла доцчуьнца‚ тIаккха зуламхошна Оха стиглара рижсдоссийра‚ уьш песакъхиларна.
Дагадаийта! Мусас ма дийхира /Деле/ шен къомана мала хи / уьш, хьагбелла, “Тих1”олучу боьрахь болуш/. ТIаккха Оха элира: "ДIатоха хьайн Iаса тIулгах". ТIаккха цунах делира шийтта хьоста. Берриге а нахана евзира шайн-шайн хи молу меттиг. Даа а даа‚ мала а мала Делан рицкъанах – ма де лаьтта тIехь вониг, боьханиг даржош.
Аш аьллера: "ХIай Муса‚ оха тоам бийр ма бац цхьана тайпанадаарх. Хьайн Кхиош-кхобучуьнга деха‚ Цо йолийтуьйла тхуна лаьтта тIехь кхуьуш болчу хасстоьмех‚ ехачу наьрсех‚ саьрмасекхех‚ хьозийн кхоьэх‚ хохех цхьацца хIума. Цо элира: "Ткъа аш хуьйцу диканиг /цул/ лахарчух? Охьадисса Мисра‚ шуна хир ду аш дехнарг". Царна тIетуьйхира сий дайар а‚ мискалла а‚ Делера оьгIазло хилира царна. Иза – уьш Делан аятех ца тешаш хиларна а‚ нийса доцуш пайхамарш бойуш хиларна а ду. Иза – цара дуьхьало ярна а‚ уьш дозанах бовлуш хиларна а ду.
Баккъалла а, /Мухьаммадна тIаьхьах1иттина/ ийман диллинарш а‚ /Мусана тIаьахьах1иттина хилла /жуьгтий а, /Iийсана таьахьах1иттина хилла/ насараш а‚ сабиаш а– /царах/ Делах а, т1аьххьарчу дийнах а тешаш берш а, дика 1амал йинарш а – царна шайн ял хир ю шайн Кхиош-кхобучун гергахь, кхерам а хир ма бац царна /эхартан та1зарх/, уьш сингаттаме а хир ма бац /мела цахиларх кхоьруш/.
Дагадайта! Оха шуьга чIагIо яйтира, шуна тIехула лам х1оттийна. Ч1ог1а схьалаца Оха шайна делларг‚ цу чохь дерг а дагадайта шу хир дацара-те /дуьненахь х1аллакхиларх а, эхартахь 1азаб хиларх а/ кхоьруш.
ТIаккха‚ цул тIаьхьа‚ шу юхадевлира /Тавратаца Iамал ярах/. Делан дозалла а‚ Цуьнан къинхетам а шуна ца хиллехьара – шу хилла хир дара эшначарех (шу хIаллакхир дара).
Шуна бевзира шайх шотдийнан бакъо талхийнарш. Оха цаьрга элира: "Хила шух сийсаздина маймалаш!".
Оха изахилийтира цу заманна а‚ тIаьхьа йогIур йолчу заманна а масална а‚ /Делах/ кхоьру-чарна кхетамна а.
Дагадаийта! Мусас аьллера шен къоме: "Баккъалла а, Дала омра до шуьга аттана урс хьакха‚ аьлла". Цара элира: "Ахь хьийзор дара тхо?" Цо (Мусас) элира: "Дала ларвойла со жехIал нахах хиларх".
Цара элира: "Деха хьайн Кхиош-кхобучуьнга‚ билгалбе тхуна и хIун етт бу‚ āлий". Цо элира: "Цо (Дала) боху: "И етт бу‚ къена а боцуш‚ жима а боцуш‚ юккъера. Шайга бохург кхочушде".
Цара элира: "Деха хьайн Кхиош-кхобучуьнга‚ билгалде тхуна‚ бос хIун бу цуьнан‚ āлий". Цо элира: "Цо боху: "И етт бу‚ сирла-можачу басахь‚ шега хьоьжурш чIогIа цецбохуш".
Цара элира: "Деха хьайн Кхиош-кхобучуьнга‚ билгалде тхуна‚ и муха бу‚ āлий. Бежнаш дерриге а вовшех тера ду тхуна. Тхо‚ Далла лаахь‚ дIанислур долуш ду".
Цо элира: "Цо (Дала) боху: "И етт бу охана дан я ялтанан аренна хи дилла Iамийна а боцуш, айпех цIена а болуш. ЧIама боцуш а бу иза". Цара элира: "ХIинца деана ахь бакъдерг". ТIаккха цара цунна урс хьаькхира‚ шаьш герга хиллехь а /и/ ца дан.
Дагадаийта /х1ай Исраилан к1ентий/: "Аш са (адам) ма дийра. Цу тIехь вовшашца девне девлира шу". Дела ма ву гучудоккхург аш дIахьулдеш дерг.
ТIаккха Оха элира: "Цу докъах тоха /аьттан/ цхьа меже". Иштта денво Дала велларг‚ гойту шуна Шен Iаламаташ‚ шу хилийтархьама кхеташ.
ТIаккха цул тIаьхьа шун дегнаш къиза хилира‚ тIулг санна я цул а чIогIа шайн къизаллица. Баккъалла а, тIулгаш юккъера схьадуьйлу шовданаш. Царех (т1улгех) ду, шаьш лелха а лелхаш, шайх хи долурш а. Баккъалла а, царех ду Делах кхерарца оьгуш дерш. Дела ма вац тергал ца деш аш дийриг.
Шу дог дохуш ду /хIай бусалбанаш/ уьш (жуьгтий) шайх тешаш хиларе? Хилла царах цхьаберш Делан дош хезаш‚ тIаккха‚ шаьш цунах кхеттачул тIаьхьа‚ и харцхьадоккхуш‚ шайна хуъушехь.
Шаьш ийман диллинчарна дуьхьалкхетча‚ цара олу: "Ийман диллина ду тхо"‚– ткъа шаьш вовшашца бисча, олу: "Аш цаьрга дуьйцур ду ткъа шайна Дала хаийтинаргцаьрга /бусулбанашка/ шайца шайн Далла гергахь долчуьнца къийсийта. Шу хIунда ца хуьлу хьекъале?"
Царна (жуьгташна) ца хаьа-те, и Дела цара хьулдийриг а, цара гучудоккхург а хууш вуйла?
Царах бу бодане берш‚ шайна жайна (Таврат) ца хууш‚ беккъа беса сатийсамаш бен - уьш ма бац шайна хетарш деш бен.
Балабу шайн куьйгашца жайна яздечарна‚ тIаккха цара олу: "ХIара ду Делера"‚– шайна цунах пайдабоццу мах эцархьама. ТIаккха бала бу царна шайн куьйгаша яздинчух‚ бала бу царна шаьш карадерзочух.
Цара элира: "Тхох кхетанне а кхетар яц /жоьжахатин/ цIе‚ цхьа масийтта дийнахь бен". Ахь āла /я Мухьаммад/: "Делера ваIда эцна аш? – Дала цкъа а ца йохайо Шен ваIда – я шу Делах лаьцна дуьйцуш ду шайна цахуург?"
Х1аъ, вониг динарш а, шайн г1алаташ шайх хьаьрчинарш а – уьш бу жоьжахатин дай, шаьш цу чохь гуттар хир болуш.
Ткъа ийман диллинарш а‚ диканиг динарш а – уьш бу ялсаманин дай‚ шаьш цу чохь гуттар хир болуш.
/Дагадаийта царна‚ хIай Мухьаммад/ Исраилан кIенташцачIагIо йира Оха: "Далла бен Iибадат дийр дац аш‚ деца-ненаца а дика хир ду шу‚ гергарчаьрца а‚ боберашца а /жималлехь дай белла бисинчу/‚ мискачаьрца а /дика хир ду/‚ аьлла; аш āла нахе диканиг‚ ламаз де‚ закат ло". ТIаккха шу юхадевлира‚ шух цхьа кIеззиг берш боцурш‚ шаьш дуьхьал а хуьлуш.
Барт бинера Оха шуьца: "Аш вовшийн цIий Iенор дац‚ шаьш вовшийн цIеношкара ара а дохур дац"‚ – аьлла‚ тIаккха аш чIагIдира /и/‚ шаьш тешаш а долуш.
ТIаккха, цул т1аьхьа, шу ду хIорш: шаьш шайн дойуш‚ шайх цхьаберш шайн х1усамашкара арабохуш‚ къа латорца а‚ мостагIаллица а царна (мушрикунашна) гIо а деш. Уьш йийсарш хилча‚ мехахпаргIатбоху аш. Шуна хьарам ду уьш ( шайн жуьгтийн вежарий шайн ц1еношкара) арабахар. Ткъа жайнанцхьадолчех шу теша‚ важа харцдо аш? Шух и лелочунна бекхам бац дуьненан дахарехь сисазалла бен‚ ткъа къематдийнахь уьш дIаберзор ма бу уггар чIогIачу Iазапе‚ ма вац и Дела тергал ца деш аш дийриг.
Уьш ма бу эхартах дуьненан дахар эцнарш. Царна Iазап дайдийр ма дац‚ царна гIо а дийр ма дац.
Оха деллера Мусага жайна‚ цул тIаьхьа а бахийтира элчанаш‚ Марьяман кIанте Iийсага делира кхоччуш тешаллаш (Инжил)‚ чIагIвира и Дезачу сица‚ ткъа мелла а шайн догIмашна цадезарг дохьуш шуьга элча веъча‚ шу курадовлура /х1ай Исраилан к1ентий/‚ /элчанех/ цхьаберш харцбора аш‚ цхьаберш бойура аш.
Цара (Исраилан кIенташа) элира: "Тхан дегнаш мужалт ду (дIакъевлина ду)”. ХIаъ‚ Дала неIалт элира царна, уьш (Делах) цатешар бахьанехь. Ма кIеззиг ду-кх и, уьш шех тешаш берг.
Цаьргахь дерг (Таврат) бакъдеш долу жайна (Къуръан) Делера шайга деъначул тIаьхьа…– хьалха уьш ма хиллера цатешачарна тIехь шайна гIо а доьхуш…– шайга и шайна хууш дерг деъча (Мухьаммад пайхамар)‚ цунах ца тийшира уьш. Делан неIалт хуьлда цатешачарна.
Ма вондоьхки цара шайн догIмаш Дала Шен лех Шена луучуьнга Шен къинхетамах доссийнарг хьог1аца харц а деш. ОьгIазаллинатIе а оьгIазаллина хьакъ хилира уьш. Цатешначарна ду сийсаза долу Iазап.
Цаьргааьлча: "Теша Дала доссийначух (Къуръанах)"‚– цара олу: "Тхо теша тхайга доссийначух". Уьш ма тешац цул т1аьхьа доьссинчух. Ткъа и ма ду бакъдерг‚ цаьргахь долчуьнцанийса а догIуш. Ахь āла /жуьгташка/: "Ткъа хьалха Делан пайхамарш хIунда бойура аш‚ шаьш тешаш хиллехь?"
Шуьга ма веънера кхоччуш тешаллашца Муса‚ тIаккха а, цул тIаьхьа, аш тIелецира эса, шаьш зуламхой а хуьлуш.
Дагадаийта! Оха ма бира шуьца барт‚ шуна тIехула айбира лам. "Ч1ог1а дIаэца Оха шайна делларг‚ ла а догIа". Цара элира: "ЛадоьгIна оха‚ Iеса хилла тхо". Церан дегнашкахь кхоллабелира эсе безам уьш цатешарна. Ахь āла: "Ма вон хIума ду-кх шун иймано шуна хьоьхуш дерг‚ шу тешаш хиллехь."
Ахь āла: "ТIаьххьара х1усамДалла гергахь‚ нахана а йоцуш‚ еккъа шуна хилахь‚ дала лаа‚ шаьш бакълуьйш делахь".
Царна цкъа а дезанне а дезар дац шайна иза шайн куьйгашца хьалхадаьккхинчуьнца. Дела ма ву бевзаш и зуламхой.
Хьуна каранне а карор ма бу уьш (жуьгтий) массо а нахал /дуьненан/ дахарна сутара‚ Делаца накъост лаьцначарел а. Царах хIоранна а луур дара эзар шарахь вāха. Ма вац-кха и Iазапах гена валалур волуш ша /мел дукха/ вāхарх. Дела гуш ма ву цара дийриг.
Ахь āла: "Мила хилла ДжибриланамостагI? Цо ма доссадора и /Къуръан/ хьан даг чу Делан пурбанца‚ цул хьалха хиллачуьнцанийса а догIуш, тешачарна ша нийса некъ а‚ кхаъ а хилла долу".
Мила хилла мостагI Далла а‚ Цуьнан маликашна а‚ Цуьнан элчанашна а‚ Джибрилана а‚ Мийкалнаа..? Ткъа Дела а ма ву мостагI цатешачеран.
Оха доссийна хьоьга билггала долу аяташ‚ уьш керстдийр ма дац песакъ наха а бен.
Шаьш ваIда мел йи а‚ царах (жуьгтех) цхьана тобано и йохайо‚ мелхо а царах дукхахберш тешаш ма бац /Тавратах/.
Шайга Делера элча веъча‚ шайгахь дергбакъдеш хилла волу‚ жайна деллачарехцхьана тобано дIатесира Делан жайнашайн баккъашна тIēхьа‚ шайна ца хууш санна.
Уьш тIаьхьа ма хIиттира Сулейманан паччахьаллехь шайтIанаша шайна дуьйцаш долчу бозбуунчаллина. Сулеймана керста ца дира‚ амма шайтIанаша керстадира‚ цара нахана Iамадора бозбуунчалла а‚ Бабилехьшина малике ХIаруте а‚ Маруте а доссийнарг а. Ткъа цара шиммо цхьанна а Iама ца дора‚ шаьш олуш бен: "Баккъалла а, тхо цхьа питана ду – хьо ца тешаш ма хилалахь". ТIаккха цара цу шингара (ХIарутера а‚ Марутера а) Iама ма дора мар а‚ зуда а вовшахдаккхар. Цара ма ца до цуьнца (бозбуунчаллица) зен цхьанна а‚ Делан пурбанца бен. Цара Iамадо царна зен ден хIума‚ ца Iамадо царна пайда бен хIума. Царна (жуьгташна) хиира иэцначарна эхартахь цхьа а дакъа цахилар. Ма вон хIума ду-кх и, цара шайн синойх эцнарг‚ царна хууш хиллехьара.
Уьш тешна а‚ /Делах/ кхоьруш а хиллехьара – Делера мēла тоьлуш хир бара‚ царна хууш хиллехьара.
ХIай ийман диллинарш! Аш ма āла /пайхамаре/: "Тхан г1айг1а бе". Аш āла: "Тхоьга хьажа"‚ ла а догIа. Цатешачарна лазош долу Iазап /хир/ ду.
Жайнан ох1лаха‚ мушрикех а болчу цатешначарна ма ца деза шуна шаьш Кхиош-кхобучуьнгара /цхьа а/ диканиг досса. Дала къаставо /пайхамар хила а, кхин диканиг дала а/ Шен къинхетамца Шена луург. И Дела сийлахь – доккха дозалла долуш ву.
Оха цхьа аят дIадаьккхича я дицдалийтича‚ доуьйту цул диканиг я цунах тераниг. Хьуна ца хаьа‚ и Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш хилар?
Хьуна ца хаьа‚ стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Делехь хилар? Шуна ма вац-кха и Дела воцург цхьа а доладийриг а‚ цхьа а гIоьнча а.
Я шуна лаьа шайн элчане (Мухьаммаде) деха‚ хьалха Мусага /жуьгташа шайна Дела гайта, аьлла/ дехна ма-хиллара? Ийман цатешарца хуьйцуш верг ма ву-кх тилавелла нийсачу некъах.
Бакъдерг шайна гучудаьллачул тIаьхьа а лиира жайнан охIланах дукхаболчарна, шайгара хьагI бахьанехь, ийман диллинчул тIаьхьа шу ийманах юхадаха. Къинт1ера довла /царна/‚ бита маьрша уьш Дала Шен омра даийтталц. Баккъалла а, и Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву.
Ламаз хIоттаделаш‚ закат лōлаш‚ аш шайн догIмашна хьалха мел даьккхина диканиг карор ма ду шуна Далла гергахь. Баккъалла а, и Дела аш дийриг гуш ма ву.
Цара элира: "Ваханне а ялсамане гIур ма вац ша жуьгтех я насарехверг бен". Иза церан дагахь дерг ду. Ахь āла: "Даладе шайн делил‚ шаьш бакълуьйш хиллехь".
ХIаъ! /ГIур ву ялсамане/ шен юьхь Далла муьтIахь йинарг‚ ша дика Iамал йинарг – цунна шен ял хир ма ю шен Кхиош-кхобучунна гергахь. Кхерам а хир ма бац царна‚ уьш сингаттаме а хир ма бац.
Жуьгташа элира: "Насараш цхьанна а хIуманна тIехь бац". Насараша элира: "Жуьгтий цхьанна а хIуманна тIехь бац". Ткъа уьш ма бу жайнадоьшуш. Иштта элира хIумма ца хууш болчара‚ церан дашах терра. И Дела ма ву хьукма дийр долуш царна юккъехь къематдийнахь цара хилпало ечу хIуманехь.
Ткъа мила ву зуламе Делан маьждигашна чохь Цуьнан цIе яккхар ца магош волчул‚ уьш дохо сихлуш волчул? Уьш (и нах, маьждигаш дохош болу) - царна баха мегар ма дацара цу /маьждигашна/ чу‚ /Делах/ кхоьруш бен. Царна ю дуьненахь сийсазалла‚ ткъа эхартахь-м царна ма ду деза доккха Iазап.
Делан ю малхбале а‚ малхбузе а. Шу миччахьа дирзича а – цигахь ю Делан юьхь. И Дела ма ву дерриге а чулоцуш верг а‚ дика хууш верг а.
Цара элира: "Дала доьзалхо лаьцна". Вонах цIена ву Иза. Ткъа Цуьнан ма ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Массо а Цунна муьтIахь ма ву.
Ша стигланаш а, латта а юьхьанца кхоьллинарг ву И. Цхьана гIуллакха тIехь Ша цхьа сацам бича‚ Цо олу цуьнга /Шена хила луучу х1умане/: "Хила!" – и хуьлу.
Шайгахь 1илма доцчара элира: "Тхоьга вистхилла велахьара Дела‚ я тхоьга цхьа делил деана хиллехьара". Иштта олура царал хьалха баханчара а‚ цара бохучуьнга терра‚ цхьатерра хилира церан дегнаш. Билгалдаьхна Оха аяташ ч1ог1а тешаш болчу нахана.
Баккъалла а, Оха хьоваийтина бакъдолчуьнца /кхаъ баккха/ хаамчахилла а‚ /Iазапан/ кхерамчахилла а‚ хьоьга хоттур ма дац жоьжахатин охIланна тIера.
Хиланне а реза хир ма бац хьуна жуьгтий а‚ насараш а‚ хьо церан динна т1аьхьах1оьттича бен. Ахь āла: "Делан нийса некъ – и ма бу нийса некъ"‚ хьо нагахь церан лаамашна тIаьхьахIоттахь‚ хьайга Iилма (бакъдолу дин – ислам) деъначул тIаьхьа‚ Делера хьуна хир ма вац цхьа а валиа‚ цхьа а гIоьнча а.
Оха шайга жайна деллачарех и /Къуръан/ деша ма-деззара доьшуш берш бу‚– уьш ма бу цунах/хьакъ-бакъ/ тешаш. Цунах ца тешаш берш – уьш ма бу эшамехь.
ХIай Исраилан кIентий! Аш дагадаийта Сан ниIмат‚ Ас шуна делла хилла долу‚ Ас даз ма дира шу Iаламал.
Кхералаш дийнах, цхьана сино кхечунна пайда бийр боцчу‚ шегара /Делан 1азапах л1елхьара вала белча а/ мах къобалбийр боцчу‚ гIодаккхаро (шапаIато) шена пайда бийр боцчу а. Царна (цатешачарна) г1о дийр дац.
/Ахь хьахаде цаьрга‚ хIай Мухьаммад/: ИбрахIим ма зийра шен Кхиош-кхобучо дешнашца‚ цо уьш кхочуш ма дира. Цо (Дала) элира: "Ас хьох нахана имам веш ву". Цо (ИбрахIима) элира: "Ткъа сан тIаьхьенах?". Элира /Дала/: "Сан ваIда ца хьакхало зуламхойх".
Хьахаде! Оха и цIадира нахана т1ебоьрзу а‚ маьрша а меттиг хилийта: "Е ИбрахIиман меттиг ламаз ден меттиг". Оха омра дира ИбрахIиме а‚ ИсмаIиле а: "Аш шиммо цIанде Сан цIа (КаIба) го боккхучарна а /тIавап деш/, чохь хевшина Iибадат (и1тикаф) дечарна а‚ горабахана ламаз дечарна а".
ИбрхIима аьллера: "ХIай сан Кхиош-кхобу/Дела/‚ Ахь хилийтахь хIара/меттиг/ маьрша мохк‚ Ахь рицкъ лолахь цуьнан охIланна стоьмашца‚ царах Делах а‚ тIаьххьарчу дийнаха тешначарна". Цо элира: "Ткъа /Делан ц1ен дин/ керстадиначаьрга Аса пайдаоьцуьйтур бу ни1матех цхьа к1еззиг‚ тIаккха дIахьавсор ма бу уьш цIеранIазапе". Ма вон ю-кх уьш кхочу болу меттиг!
ИбрахIима а‚ ИсмаIила а хьалаойбу цу цIийнан бух/ Деле доьхуш/: "ХIай‚ тхан Кхиош-кхобург! Къобалде Ахь /хIара г1уллакх/ тхоьгара. Баккъалла а, Хьо ма ву хезаш верг а‚ хууш верг а.
ХIай тхан Кхиош-кхобург! Тхойшиъ хилийта Ахь Хьайна муьтIахь‚ тхан тIаьхьенах а Хьайна муьтIахь уммат де Ахь‚ гайтахьа тхуна тхан Iибадат ден меттигаш‚ Ахь гечделахь тхуна. Баккъалла а, Хьо ма ву т1ех гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
ХIай тхан Кхиош-кхобург! Ахь ваийталахь царна элча‚ царах а волуш‚ ша царна доьшуш Хьан аяташ‚ царна Iамош жайна а‚ хьекъалалла а‚ уьш цIанбеш. Баккъалла а, Хьо ма ву веза верг а‚ хьукаме верга".
Ткъа мила ву ИбрахIиман миллатах /букъ тоьхна/ д1авоьрзуш верг? – Ма вац иза шен Iовдаллалица ша вайвеш верг бен. Оха хаьржина и /ИбрахIим/ дуьненахь‚ ткъа эхартахь и хир ма ву дикачарех.
Хьахаде! Аьллера цуьнга и Кхиош-кхобучо: "МуьтIахьхила!" Цо элира: "МуьтIахь ву со Iаламийн Дена (Далла)".
Цуьнца (исламаца) весет дира ИбрахIима шен кIенташка‚ Я1къуба а дира: "ХIай сан кIентий! Дала хаьржина шуна дин‚ шу дала ма лойла /цу Далла/ муьтIахь долуш а бен".
Ткъа шу дарий уллохь лаьтташ ЯIкъубана тIе Iожалла еъча‚ цо шен кIенташка олуш: "Хьанна Iибадат дийр ду аш сол тIаьхьа?" Цара ма элира: "Оха Iибадат дийр ма ду хьан Делана‚ хьан дайн – ИбрахIиман‚ ИсмаIилан‚ Исхьакъан – Делана‚ ша цхьаъ волчу цу Делана‚ Цунна муьтIахь ма ду тхо".
И д1адахна уммат ду. Цунна цо шена лехнарг карийна‚ шуна аш шайна лехнарг карийна. Шуьга жоп доьхур ма дац цара деш хиллачух.
Цара (жайнан ох1лах болчара) элира: "Хила жуьгтийн динехь я насараш‚ тIаккха хир ду шу нийсачу новкъахь". Ахь āла: "ХIан-хIа! Ша цIена Делах тешаш хиллачу ИбрахIиман дин ду сан‚ ца хилла иза мушрикех".
Аш āла: "Тешна тхо Делах а‚ тхайга доссийначух (Къуръанах) а‚ ИбрахIиме‚ ИсмаIиле‚ Исхьакъе‚ ЯIкъубе‚ цуьнан тIаьхьене доссийначух а‚ Мусага а‚ Iийсага а деллачух а‚ шаьш Кхиош-кхобучу Делера пайхамаршка даийтинчух а. Оха царах цхьа а ца къаставо. Тхо цунна (Далла) муьтIахь ма ду".
Нагахь санна уьш тешна белахь‚ шу ма тешшара – тIаккха уьш хир бу нийсачу новкъахь. Нагахь санна уьш дIаберзахь /цу тешамах/ – баккъалла а, уьш (жуьгтий а, насараш а) ма бу /хьоьгахь долчунна/ дуьхьала. Дала / церан зенах а, бохамах а 1алашварца/ кхачо йийр ю хьуна. И ма ву ша хезаш верг а‚ хууш верг а.
/Ала жуьгташка а, насарашка а: тхо къастийна/Делан динан хазаллин басарца. Мила ву ткъа Делачул дин хаза долуш? /Аш āла/: “Цунна Iибадат до оха.”
Ахь āла: "Тхоьца къуьйсу аш Делан хьокъехь? И ма ву тхан Кхиош-кхобург а‚ шун Кхиош-кхобург а‚ тхуна тхан Iамалш ю‚ шуна шун Iамалш ю‚ тхо цунна (Далла) тешаме ду".
Я аш боху: ИбрахIим‚ ИсмаIил‚ Исхьакъ‚ ЯIкъуб‚ цуьнан (Я1къубан) тIаьхье а хилла жуьгтий я насараш? Ахь āла: "Шуна дика хаьа я Далла дика хаьа? Мила ву зуламе шена гергахь Делера хилла долу тешаллахьулдеш волчул? Ма вац и Дела терго ца еш аш дийриг".
И д1адахна уммат ду. Цунна цо шена лехнарг карийна‚ шуна аш шайна лехнарг карийна. Шуьга жоп доьхур ма дац цара деш хиллачух.
Нахах хьекъале боцучара эр ма ду: "Стен дIаберзийна техьа уьш шаьш тIебоьрзуш хиллачу къилбанна тIера?" Ахь āла: "Делан ю малхбале а‚ малхбузе а‚ нисвеш ву И Шена луург нийсачу новкъа".
Иштта Оха дира шух юкъараллин уммат‚ шу хилийта нахана тIехь тешаш‚ элча а хилийта шуна тIехь теш. Оха ма ца дира хьо шена тIевоьрзуш хилла къилба /Байтул-Мукъаддис/ къасто бен элчанна тIаьхьавозург ша /керстаналлина т1е/ вухавоьрзучух. Баккъалла а, хиллера иза хала хIума Дала нисбиначарна доцуш. Дела ца хилла шун ийман эшор долуш. Баккъалла а, и Дела ма ву нахах дог лозуш а‚ къинхетаме а.
Гира Тхуна /хIай Мухьаммад/ хьан юьхь стиглахьа хьийзар. Оха хьо тIевоьрзор ма ву хьо реза волчу къилбанна. ДIаерзае хьан юьхь Дезчу МаьждиганагIор. Шаьш миччахьа делахь а‚ дIаерзае шайн яххьаш цу агIор. Жайнан охIланна хууш ма ду и шайн Кхиош-кхобучуьнгара бакъдерг хилар. Ма вац и Дела цара дийриг тидамехь доцуш.
Жайнан охIланна муьлхха делил ахь далийча а‚ уьш тIебоьрзур бац хьан къилбанна‚ хьо а воьрзур вац церан къилбанна тIе. Царах цхьаберш боьрзур ма бац кхечеран къилбанна тIе. Хьо церан дезаршна тIаьхьахIоттахь‚ хьайга Iилма деъначул тIаьхьа‚ хьо хир ма ву зуламхойх.
Оха шайга жайна деллачарнаи /Мухьаммад пайхамар/ вевза‚ шайн кIентий шайна ма бовзарра. Баккъалла а, царах цхьа тоба хьулдеш ма ю бакъдерг‚ шайна хууш доллушехь.
Бакъдерг ду / иза/ хьан Кхиош-кхобучуьнгара. Хиланне а хьо ма хилалахь шеко йолуш болчарах.
ХIоранна а – шен агIо ю‚ и цунна тIевоьрзуш. Аша сихое дикачу г1уллакхашкахь хьалхе яккхарехь. Миччахьа а шу делахь а‚ – Дала шу дерриге а цхьаьна гулдийр ду /къематдийнахь/. Баккъалла а, и Дела массо а хIуманна т1ехь ницкъ кхочуш ма ву.
Миччахьара хьо араваьлча а‚ дIаерзае хьан юьхь Дезачу Маьждиган агIор. Баккъалла а, и бакъдерг ма ду хьан Кхиош-кхобучуьнгара. Ма вац и Дела аша дийриг тидамехь доцуш.
Миччахьара хьо араваьлча а‚ дIаерзае хьан юьхь Дезачу Маьждиган агIор. Шаьш миччахьа хилча а‚ дIаерзае шайн яьххьаш цу агIор‚ нахана шуна тIехь бехк билла бахьана ца хилийта‚ царах зуламхой боцучарна, – шу царах ма кхералаш, Сох кхералаш, - Соьга шуна тIехь Сайн ниIмат чекхдаккхийта - шу нийсачу новкъа т1ехь хила тарлора-кх.
Оха шуна элча ваийтарх терра‚ шух шайх волу, ша дуьйцуш волу шуна Тхан аяташ‚ цо шу цIандеш‚ шуна жайна а‚ хьекъалалла а Iамадеш‚ шуна цо Iамадеш, шуна ца хууш хилларг.
Аш Со дагаваийта / Суна муьт1ахь хиларца/ – Аса шу а дагадоуьйтур ду /шуна гечдарца/‚ Суна шукар де‚ Суна инкарло ешма хила.
ХIай ийман диллинарш! Аш гIо лаха собарца а‚ ламазца а. Баккъалла а, и Дела ма ву собаре болчаьрца.
Аш ма āла Делан новкъахьбойучарах "белла". – Дийна бу уьш. – Амма шуна ца хаало.
Оха дитанне а ца зуьйш дуьтур дац шу кхерам тасарца а‚ мацалла яийтарца а‚ даьхни а‚ синош а‚ стоьмаш а эшийтарца а‚ – ахь кхаъ баккха собаре болчарна‚ –
Иштаннаш бу уьш шайна тIе цхьа боккха бāла беьча‚ олуш: "Вай Делан ду‚ Цуьнга дIадоьрзур долуш а ду".
Царна шайн Кхиош-кхобучуьнгара гечдар а ма ду‚ къинхетам а ма бу‚ уьш ма бу нийсачу новкъа т1ехь берш.
Баккъалла а, Сафа а‚ Марвата Делан динан билгалонех ду. Хьаьж доьхкучунна а‚ Iумратдечунна а къа дац царна го баьккхича. Лаа а лууш, /Шена/ диканиг диначунна – и Дела баркалла олуш а‚ хууш а ву.
Баккъалла а, Оха яийтина билгалонаш а‚ нийса некъ а, Оха шаьш нахана Жайнин чохьбилгалъяьхначул тIаьхьа, хьулдеш берш – уьш ма бу Дала шайна неIалт эр дерш а‚ неIалт олучара а шайна неIалт эр дерш а.
Бац /неIалтан кIел/ шаьш дечунна тIера /тōба дарца/ юхабевлла‚ дика а лелла‚ /шаьш хьулдеш хилларг/ билгала даьккхинарш-м – церан тōба Ас къобалдийр ду – Со тōба /дукха/ къобалдийриг а ву /Сайн лешна/, /Сайгахь/ шортта къинхетам берг а ву.
Баккъалла а, шаьш /дин/ керстадинарш‚ / оцу/ керста хьолехь белларш – царна хир ду Делан а‚ маликийн а‚ массо а нехан а неIалт.
Шаьш цу чохь (цIергахь) гуттар а лаьтташ‚ Iазап дайдийр ма дац царна‚ тIаьхьатоттур а ма бац уьш.
Шун Дела – Ша цхьаъ волу Дела ву. Кхин Дела вац И бен‚ сов къинхетаме а‚ къинхетаме а верг ву Иза.
Баккъалла а, стигланаш а‚ латта а кхолларехь а‚ буьйса-де хийцадаларехь а‚ хIорда чохь нахана пайданна дIасалелаш долчу кеманехь а‚ Дала стиглара охьадоуьйтучу, деллачул тIаьхьа шеца латта дендеш а, цу /лаьтта/ тIехь массо а дийнат даржадеш а долчу хинехь /дог1анехь/ а‚ мох хьекхарехь а‚ шаьш /Далла/ муьтIахь хилла стигланна а‚ лаьттана а юккъехь дIасалелачу мархашкахь а – билгалонаш ма ю шаьш ойла ян хуучу нахана.
Нāхах бу Аллах1-Дела витина кхиберш /делий/ лоьцуш берш, уьш Цуьнца нисбеш, шайна уьш безаш, /муъманахана/ Дела везарх терра. Ткъа /Делах/ тешаш берш Дела чIогIа дукхавезаш ма бу. Гуш белхьара и зулам деш берш – царна гур ма дара Iазап – царна хуур ма дара ницкъ берриге а Делан буйла а‚ и Дела Iазап дарехь ч1ог1а вуйла а.
Шайна нах тIаьхьахIуьттуш хилла берш цIанлур ма бу шайна тIаьхьа хIиттина хиллачарех‚ царна гур ду Iазап‚ хедар ю церан юкъаметтигаш.
Шаьш кхечарнатIаьхьахIуьттуш хиллачара эр ду: "Тхан юха дуьнена доьрзийла делахьара‚ тхо а цIанлур ма дара царах‚ уьш тхох цIанбаларх терра". Иштта гойтур ю Дала церан Iамалш царна бāла хилла. Уьш арабевра ма бац цIергара.
ХIай нах! Даа лаьттахь долчух хьанал дерг а‚ цIена дерг а. Шу ма хIитталаш шайтIанан лар т1е – и шуна билггала мостагI ма ду.
Баккъалла а, цо шуна хьоьху вониг а‚ ирчанигдар а‚ аш Делах лаьцна шайна цахуург алар а.
Цаьрга аьлча: "ТIаьхьахIитта Дала шайга доссийначунна (Къуръанна)", цара олу: "ХIан-хIа! Тхо тIаьхьахIуьттур ду тхайна тхешан дай шена тIехь карийначунна». – И шайн дай цхьанна хIуманах кхеташ а‚ нийсачу новкъахь а хилла бацахь а? /Т1аккха а х1уьтту уьш царна т1аьхьа??/
Керстаналла дечеран масал ду шега мохь биттича а, ц1ог1а хьекхча а бен ца хезачуьнга кхайкхаран масалах тера: къора, мотт ца хууш, б1аьрзе хилла, уьш кхетар бац.
ХIай ийман диллинарш! Даа Оха шайна деллачу рицкъанах цIена дерг‚ цу Далла шукар а де‚ шаьш Цунна Iибадат деш делахь.
Цо шуна хьарам йина къеелла хIума а‚ цIий а‚ хьакхин жижиг а‚ Далла доцуш‚ кхечунна лерина йийна хIума а. Нагахь санна /и хьарам йинарг/ ца йиъча ца валахь‚ /бехкамна/ дуьхьал а воцуш‚ дозанал т1ех а ца волуш‚ цо и /хьарамниг даарх/ цунна къа дац – баккъалла‚ и Дела ма ву гечдийриг а‚ къинхетаме верг а.
Баккъалла а, Дала Ша доссийначу жайнах /цхьадерг нахах/ хьулдеш берш‚ цунах шайна кIеззиг мах оьцуш берш– уьш ма бу шайн кийрахь цIе бен юур йоцурш. Вистхир ма вац и Дела цаьрга /реза хиларца/ къематдийнахь‚ цIанбийр ма бац Цо уьш. Царна хир ма ду лазош долу Iазап.
Уьш ма бу шаьш нийса некъ боьхкина тилар эцнарш‚ шаьш гечдар доьхкина Iазап эцнарш. Ма собаре бу уьш жоьжахатин цIе ла(в)рехь!?
Иза ду Дала и жайна (Таврат) доссош хиларна бакъдолчуьнца. Баккъалла а, цу жайница цхьаьна ца богIурш (и дохош, харц туьдуш берш) буьззина /барт/ эгIарехь ма бу.
Мела хир бац аш шайн яьххьаш малхбалехьа а‚ малхбузехьа а ерзаярехь. Ткъа мела хир бу и /нах/ Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а‚ маликех а‚ жайнах а‚ пайхамарех а тешаш белахь‚ шена а дезачу даьхних /сагIина/ делча гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачу нахана а‚ некъхочунна а‚ доьхучунна а‚ лай паргIатваккхарна а‚ ламаз а цо хIоттийча‚ закат а делча‚ шаьш делла дош кхочуш а дича‚ яккхийчу халонашкахь а‚ баланашкахь а‚ тIамехь а собаре а хилча. Уьш бу бакълуьйш берш. Уьш бу /Делах/ кхоьруш берш.
ХIай ийман диллинарш! Шуна тIедиллина байъинчареран чIир екхар: маьршаниг /вуьйр ву/ – /цо/ маьршаниг /вēр/ бахьанехь‚ лай /вуьйр ву/ – /цо/ лай /вēр/ бахьанеь‚ зуда /йуьйр ю/ – /цо/ зуда /ēр/ бахьанехь. /Бусалба/ вашас цхьанна гечдича – диканца цунна тIаьхьахIотта веза. Нийса кхочушдан деза дият. И шуна Делера атталла ю‚ къинхетам а ма бу. Цул тIаьхьадозанах ваьллачунна (ч1ир екха г1иртиначунна) хир ма ду лазош долу Iазап.
Шуна чIир екхарехь дахар ду‚ хIай хьекъал дерш, шу хилийтархьама кхоьруш /бехк боцуш стаг верах/.
Шуна тIедиллина цхьанна тIе валар деъча‚ нагахь цуьнан бухадуьсуш хIума делахь, цо и нийсонца дена-нанна‚ гергарчарна дала весет дар– баккъалла а т1ехь ду и /весет дар Делах/ кхоьручарна.
Нагахь санна цхьаммо и /весетан чулацам/ шена хезначул тIаьхьа хийцахь – къа и хийцинчунна хир ду. И Дела ма ву Ша хезаш верг а‚ хууш верг а.
Нагахь санна цхьаъ весет дечуьнгара нийсо ца ярах я къа дарах кхерахь‚ цо маслахьат дахь царнаюккъехь‚ цуннакъа хир дац. И Дела ма ву гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
ХIай ийман диллинарш! Шуна тIедиллина марха кхабар‚ шул хьалхарчарна тIедилларх терра‚ шу хилийтархьама /Делах/ кхоьруш.
/И марха кхобур ду/цхьа к1еззиг деношкахь; шух цхьаъ цомгуш велахь я новкъахь нислахь – кхечу хенахь/марха кхобур ду цо/ дисинчу денойн метта. Марха цакхабалучарна тIехь ду мискачу стагана даар далар. Диканиг цо совдаьккхича (шен даггара сагIа совлуш) – и цунна дика ду. Аш марха кхаьбча – шуна дика ду‚ шу хууш хиллехь.
/И марха кхаба деза денош/ Рамазан бутт бу‚ шена чохь нахана нийса некъ а болу‚ нийсачу некъан а, /бакъдерг-харцдерг, хьанал-хьарам/ къасторан а билгалонаш а йолу Къуръан доссийна болу. Шух и /рамазан бутт/ леринчо марха кхобийла. Цхьаъ цомгуш велахь‚ я новкъахь велахь – кхечу денойх цхьа дакъа /кхочушдер цо/. И Дела лууш ву шуна атто хилар‚ лууш вац И шуна хало хилар. Кхочушдер аш и денош /марханаш кхобуш/‚ вазвер аш и Дела /АллахIу акбар āларца/‚ Цо шаьш нийсачу новкъа нисдарна‚ шу хилахьара баркалла олуш.
Сан леша хьоьга хаттахь Сох лаьцна – Со гергахь ву‚ жоп луш ву доьхучуьнан дехарна – цо дехча. Суна жоп лойла цара (Суна муьт1ахь хиларца)‚ Сох тешийла уьш - уьш хила там бара нийсачу новкъахь.
Магош ду шуна мархийн баттахь буса шайн зударшна гергадахар – уьш шун духар ду‚ шу – церан духар ду. Далла хиира шу хилла хилар шаьш шайн Iехадеш. Шун тōба къобалдира Цо‚ шуна гечдира. ХIинца /буса/ гергаг1о шайна царна‚ лаха Дала шайна яздинарг. Даа‚ мала шайна сатасаран кIайн тай Iаьржачу тайх къастадаллалц. ТIаккха кхочушде марха кхабар буьйса т1еяллалц. Герга ма г1о царна (зударшна) шаьш маьждигаш чохь лаьтташ долуш /иIтикаф деш/. Уьш Делан дозанаш ду. Герга ма гIо царна (дозанашна – уьш дохо). Иштта билгалдоху Дала шен аяташ нахана‚ уьш хилийтархьама ларлуш /Делан дозанех/.
Аш ма даа вовшийн даьхни харцонцахьаькамашца берта а дахана, къа дарца нехан даьхни даархьама‚ шайна хуьушехь /и шайн доцийла/.
Хьоьга /хIай Мухьаммад/ хоьтту цара беттан куьцаш хийцадаларах лаьцна‚ ахь āла: "Иза нахана хан билгалъяккхархьама а‚ хьаьждехкарна а ду". Мēла хир бац шу х1усамаш чу тIехьахула дахарх. Мēла бу /шу Делах/ кхоьруш хилар. Х1усамаш чу г1о неIаршкахула! Делах кхера – шу даккхийдер ду.
ТIом бе Делан новкъахь шайца тIом беш болчаьрца‚ амма дозанал сов ма довла. Далла ца беза дозанал сов буьйлурш.
Байа уьш шайна карабаьхккинчохь‚ арабаха уьш шаьш арадаьхначуьра. ПитаначIогIа ду стаг вēрал а. ТIом ма бе цаьрца Деза Маьждигана уллохь‚ цара шайца т1ом ца бахь. Цара шайца бахь /тIом/ – байа уьш! Иштта бу цатешачарна бекхам.
Уьш совцахь– Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ву.
ТIом бе цаьрца питанасаццалц‚ дин / деш долу 1ибадат деккъа цхьана Далла хиллалц/. Уьш совцахь/т1ом бечуьра/ – тIелатарма де зулам дечарна бен.
Лераме бутт – лераме баттаца‚ хьурматаш а – ч1ир эца дезаш ду. Шайна цхьаъ тIелатахь – шу а тIелата цунна‚ и шайна тIе ма летта. Делах кхера, шуна хаа и Дела Шех кхоьручаьрца вуйла.
Харжаш е Делан новкъахь. Шайн куьйгашца шаьш хIаллак ма де. Диканиг де. Далла дукхабеза диканиг деш берш.
Кхочушде хьаьждехкар а‚ Iумрата Дела дуьхьа. Шун аьтто боьхнехь /цхьана х1умано новкъарло йина/, шайн ницкъ кхочу бежанаде сагIийна. Шайн кортош ма даша и сагIина дийна бежана шен меттиге дIакхаччалц. Шух цхьаъ цомгуш велахь я коьртан цамгар йолуш велахь– /корта бошур бац‚ амма/ цунна дуьхьал марха кхобур ду /кхаа дийнахь/‚ сагIа лур ду /ялх мискачу стагана‚ цхьанна ах сахь луш/‚ я уьстагI буьйр бу. Шу кхерамах паргIатдевлача‚ шух цхьаммо Iумрат хьалхадаккхахь хьаьждехкарал – шена ницкъ кхочу болу бежанна урс хьакха сагIийна. И ца карадахь – марха кхобур ду кхаа дийнахь хьаьждоьхкучу хенахь‚ ворхI дийнахь – цIа юхавирзича. Уьш кхоччуш итт де ду. И ду шен нах Деза Маьждигана гонахь боцчарна. Шу кхера Делах‚ шуна хаа и Дела таIзар дарехь чIогIа вуйла.
Хьаьждехкаран билгалдаьхна беттанашду. Цу хенахьхьаьж- дихкинчунна – зудчуьнца /гергара/ юкъаметтиг хилар а‚ Iесалла а‚ къийсар а ца мега хьаьждехкарехь. Аш муьлхха а дина дика Ша хууш ма ву и Дела. Шайца сурсаташ эца некъана (хьаьждехка доьлхуш). Ткъа уггар дика сурсат – Делах кхерар ду. Сох кхера‚ хIай хьекъал дерш.
Шуна къа дац‚ аш шайн Делера диканашлехча. Шаьш Iарафатераохьадаьхкича, Дела хьахавесийдолчу машIарехь. Хьахаве И /дика/‚ Цо шу /нийсачу новкъа/ нисдаре терра‚ шу хиллехь а цул хьалха тиллабелллачарех.
ТIаккха лела нах лелачухула‚ Деле гечдар а деха. И Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву.
Шаьш хьаьждехкар кхочушдина девлча‚ хьехаве и Дела‚ шаьш шайн дай хьехабарах терра‚ я кхин а чIогIа. Нахах ма бу олурш: "ХIай тхан Кхиош-кхобург‚ ло тхуна дуьненахь" /диканаш/ – ма дац царна эхартахь дāкъа.
Царах бу олурш а: "ХIай тхан Кхиош-кхобург! Ахь тхуна лōлахь дуьненахь а диканаш‚ эхартахь а диканаш‚ Ахь тхо ларделахь цIеран Iазапах".
Царна ма ду дāкъа шайна карадинчух. И Дела ма ву хьесап дарехь сиханиг.
Дела хьехаве масийтта дийнахь. Шина дийнахь /баьрзанашна т1е тIулгаш кхиссина дIаваха/ сихвеллачунна къа дац‚ (кхоалгIачу денна) тIаьхьависинчунна а къа дац – къа дац /Делах/ кхоьруш волчунна. Делах кхералаш‚ шуна хаалаш шаьш Цунна тIе дIагулдийр дуйла.
Адмашна юккъехь ишттаниг а ву, ша дуьненан дахарехь шен къамелаца хьо цецвоккхуш верг‚ даг чохь долчунна Дела теш хIоттош – и ма ву луьра мостагI.
/Хьох/ дIа ма къаьсттинехь, сихло иза (мунепикъ) лаьтта тIехь пасадхIуманаш дан‚ хIаллакдо цо охана а‚ даьхни а‚– Далла ца деза пасад хIума.
Шега аьлча: "Кхера Делах!" –куралло схьалоцу иза къа латорца. Цунна кхачо йийр ю жоьжахатино‚ –ма вон ю-кх /и санначарна/ нисйина меттиг.
Нахах ишттаниг а ма ву, Дела реза хилар лоьхуш шен са духкуш верг. Дела ма ву къахеташ /Шен/ лех.
ХIай ийман диллинарш! ЧугIо исламна кхоччуш. Шу ма хIитта шайтIанан ларашна тIаьхьа – и шуна билггала мостагI ма ду.
Шайга хIара билгалонаш кхаьчначул тIаьхьа шу галдовлахь– шуна хаалаш: и Дела веза ву /бекхам барехь/‚ хьекъале ву /гIуллакхаш дIадахьарехь/.
Уьш /ислам дин тIе ца лоцурш/ хьоьжуш бу-техьа Дела шайга варе мархашна юккъехула‚ иштта маликаш а /шайга дахкаре Iазап дохьуш/‚ тIаккха /Iазапан/ гIуллакх кхочушхиларе? Деле дIадоьрзуш ма ду гIуллакхаш.
Ахь хатта Исраилан кIенташка, мел дахкийтина Оха цаьрга билгала долу делилаш. Делан ниIмат хуьйцучунна‚ шега и деъначул тIаьхьа – и Дела ма ву таIзар дарехь чIогIа верг.
Цатешачарна хаздина дуьненан дахар‚ уьш боьлуш бу тешачарех. Баккъалла а, /Делах/ кхоьрурш царна тIехьхир бу къематдийнахь. Дала рицкъ ма ло Шена луучунна хьесап а доцуш.
Нах хилла цхьана умматехь‚ тIаккха /уьш тиларчу бахча/ Дала бахкийтира, шаьш кхаъ боккхуш хилла болу‚ кхерам тосуш хилла болу пайхамарш‚ цаьрца доссийра бакъдолчуьнца жайна‚ цаьрга нахана юккъехь хьукам дайта церан хилпалохиллачохь. Цу чохь хилпало-м ца хили и /Делан жайна/ шайга деллачеран бен‚ шайга билгалонаш кхаьчначул тIаьхьа вовшашна юккъехь хьагI хиларна. Дала Шен пурбанца нисбира ийман диллинарш (жайнан ох1ла) берш шеца хилпалонехь хиллачу бакъдолчунна тIе. И Дела ма ву нисвеш Шена луург нийсачу новкъа.
Шуна моьтту шаьш ялсамане гIур ду/хIай бусалбанаш/ шул хьалха баханчарна (бусалбанашна) тIедеънарг шайна т1е а ца дог1уш? Лецна хилла уьш баланаша а‚ цамгарша а‚ дегнаш Iийжира церан‚ элчано а‚ цуьнца цхьана ийман диллинчара а олуш: "Маца хир ду Делера гIо?" – Х1аъ! Баккъалла а, Делера гIо герга ма ду!
Цара хьоьга хоьтту: "ХIун лур ю сагIина?" Ахь āла: "Аш сагIина доккхуш долу дика х1ума - /даккха/ дена-нанна а‚ гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачу нахана а‚ некъахочунна а. Аш деш долу дика Дела хууш ву".
Шуна тIедиллина тIом бар. Иза шуна ца деза хIума ду. Шуна ца деза тарло цхьа хIума, и шуна дика а долуш. Шуна деза тарло цхьа хIума, и шуна вон а долуш. И Дела хууш ву‚ шу хууш дац.
Цара хьоьга хоьтту безачу баттах лаьцна‚ цу чохь тIом барх. Ахь āла: "Цу чохь тIом бар – доккха къа ду. Ткъа Делан некъах /нах/ духатохар а‚ Цунах цатешар а‚ Деза Маьждигах/нах духтохар/ а‚ цуьнан нах цу чуьра арабахар кхин доккха ду Далла гергахь". Питанадоккха ду тIом барал а. Уьш (керстанаш) совцур бац тIом бечуьра шу шайн динах дIадерзийча бен‚ шайн ницкъ кхачахь. Шух шен динах дIавирзина керста хьолехь велларг – уьш бу шайн Iамалш яйнарш дуьненахь а‚ эхартахь а. Уьш бу жоьжахатин дай‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар бу.
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ хIижардинарш а‚ Делан новкъахь къийсам латтийнарша – уьш догдохур долуш бу Делан къинхетаме. И Дела ма ву гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.
Цара хьоьга хоьтту чагIарх а‚ майсирха лаьцна‚ ахь āла: "Царна чохь доккха къа а ду‚ нахана пайданаш а бу. Царна чохь долу къа доккха ду царна чохь болчу пайданал". Юха а хоьтту цара хьоьга: "ХIун доккхур ду шаьш сагIина?" Ахь āла: "Совдаьлларг". Иштта Дала билгалйоху шуна билгалонаш‚ шу хилийтархьама ойла еш
Дуьненахь а‚ эхартахь а /долчу гIуллакхех/. Цара хьоьга хоьтту боберех лаьцна. Ахь āла: "Маслахьат дардика ду царна". Аш уьш вовшахтоьхча– уьш шун вежарий бу. И Дела хууш ма ву харцо йийриг а‚ нийсо йийриг а. Далла лиънехьара‚ Цо хало йийр яра шуна. Баккъалла а, Дела ма ву веза верг а‚ хьекъале верг а.
Аш ма балабе Делаца накъост луьйцу зударийцара ийман диллалц. Тешаш йолу лай тоьлуш ю Делаца накъост лоцучу зудчул‚ цо (Делаца накъост лоцуш йолчо) шуьга тамаша байтахь а. Делаца накъост лоьцучу божаршка а ма бахийта /бусалба/ зударий цара ийман диллалц. Тешаш волу лай тоьлуш ву Делаца накъост лоцучу стагал‚ цо шуьга тамаша байтахь а. Цара кхойкху жоьжахате‚ Дала кхойкху ялсамане а‚ Шен лаамца гечдаре а. Цо билгалйоху Шен билгалонаш нахана‚ уьш хилийтархьама ойла еш.
Хьоьга хоьтту цара зударийн цIано йохарх‚ ахь āла: "Иза бāла хьегар ду". ЦIано йоьхначу хенахь зударех дIакъаста‚ царна герга ма гIо, уьш цIанбаллалц. Уьш цIанбелча‚ гIуо царна улло‚ Дала шайна ма хьеххара. Баккъалла а, цу Далла ма беза тōба динарш‚ Цунна ма беза цIена берш.
Шун зударий – шун /оханан/ аресанна бу /шуна/. Шайн /оханан/ аренга г1о шайна ма луьу. /Диканиг/ хьалха даккха шайна. Делах кхера‚ шуна хаа‚ шу Цунна дуьхьалкхетарг хилар. Ахь кхаъ баккха ийман диллинчарна.
И Дела шайн дуйнийн Iалашо ма хилийта диканиг ца дан а‚ /Делах/ ца кхера а /вониг деш/‚ нахана юккъехь маслахьат ца дан а. И Дела хезаш верг а‚ хууш верг а ву.
Дала бехке ца лоцу шу даьсса дуйнех‚ шун дагахь доцуши хиллехь‚ амма Цо бехке лоцу шу шун дегнаша динчунна. И Дела гечдеш а‚ собаре а ма ву /Шен лешна къинош ма диннехь 1азап ца деш, царна тōба дан (дохко довла) хан луш/.
Шайн зударшна герга гIур дац аьлла дуй биинчарна тIехь ду беа баттахь ларвалар. ТIаккха уьш дохкобовлахь– и Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву.
Нагахь санна зударий бита сацам церан хилахь – и Дела хезаш а‚ хууш а ву.
Битина болу зударий хьовсур букхузза «къиръ»чекхъяларе. Мегаш дац царна шайн кийрахь Дала кхоьллинаргхьулдан‚ шаьш Делах а, тIаьххьарчу дийнах а тешаш белахь. Церан маройн бакъо ю уьш юхаберзо цу чохь, уьш лууш белахь маслахьат дан‚ церан (зударийн) бакъонех терра декхарш а ду диканца юкъаметтиг лелаярца.. Марой даржехь царал лакхара бу. И Дела ша веза верг а‚ хьекъале верг а ву.
Къастар шозза ду‚ цул тIаьхьа – нийсонца юхаерзор ю /зуда/‚ я диканца дIайохуьйтур ю. Шуна хьанал дац аш дIаделлачух хIумма юхаэца. Мегар ду уьшкхоьруш хилахь Делан дозанаш ца лардарна. Шу кхоьруш делахь цара шиммо а Делан дозанаш ца лардарна‚ царна шинна а къа дац зуда мехах паргIат яьлча. Уьш ду Делан дозанаш‚ уьш дōха ма делаш. Делан дозанаш дōхош берш – уьш зулам деш берш бу.
Нагахь санна зуда йитахь /кхузза/‚ цул тIаьхьа цунна и хьанал яц‚ кхечуьнга и маре йодахь бен. ТIаккха цо (и шолг1а яханчо) и йитича‚ цу шиннаа къа дац шаьш цхьанакхетча‚ шайна Делан дозанаш ларлур ду аьлла хетахь. Уьш ду Делан дозанаш‚ Цо билгалдеш долу хууш долчу къомана.
Аш зударий /цкъа я шозза/ битина болуш‚ церан хантIекхаьчча – совцабе уьш дикачу аг1онца‚ я дIабахийта уьш дикачу аг1онца. Аш ма совцабе уьш зуламца – тIаккха аш дозанаш талхор ду. И дēчо шена зулам до. Делан аяташ забаре ма лера. Аш дагадаийта шайна хилла долу Делан ниIмат а‚ Цо шеца шуна хьехам беш долу Ша шуьга доссийна долу Жайна а‚ /шуна делла долу/ хьекъалалла а. Шу Делах кхера‚ шуна хаалаш и Дела массо а хIума хууш вуйла.
Аш зударий битина‚ церан хан гергакхаьчча‚ ашновкъарло ма елаш царна шайн марошка юхаберзан‚ уьш вовшашна реза хиллехь дикачу аг1онца. И хьехам беш бу шуна‚ шух Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешаш волчунна. Иза хьекъале а ду шуна‚ цIена а ду. И Дела хууш ву‚ шу хууш дац.
Наноша дакхадойла шайн бераш дуьззина шина шарахь и дакхадар кхочушдан лууш волчунна (марана). Шена бер динчуннатIехь ду – зударшнадаа хIума а, тIедуха хIума латтор нийсонца. Цхьанна адамна тIедуьллуш дац шен ницкъ ца кхочург. Нанна зен ма дойла шен бер бахьанехь‚ шена бер динчунна (беран дена) а зен ма дойла шен бер бахьанехь. /Ден/ ирс оьцучунна – цуьнга терра (да веллехь, цу беро цуьнгара эцначу ирсана юккъера вакхочунна мах лойла беран верасо). Царна шинна алаахь дакхор юкъахдаккха вовшийн реза хиларца а‚ дагабовларца а – къа дац царна. Шуна лаахь шайн бераш дакхо кхин зуда лаха, шуна къа дац аш цунна мах белча даггара. Шу Делах кхералаш‚ шуна хаалаш и Дела аш дийриг гуш вуйла.
Шух дIакхелхина шайл буха зударий битинарш – церан зударий хьовсур бубеа баттахь а‚ итт дийнахь а. И хан тIекхаьчча‚ шунакъа дац цара шайх динарг бахьанехь диканца. И Дела аш дийриг дика хууш ву.
Къа дац шуна /хIай божарий/ аш шайн захало цу зударшка дIахьедича а‚ я къайладаьккхина шайгахь дитича а. Далла хаьа, баккъалла а, шуна уьш (зударий) дагабогIур буйла. Мухха делахь а‚ ваIдама е царна къайлаха‚ нийса дош олуш бен. И ялор чIагI ма де яздинаргшен ханна тIекхаччалц. Шуна хаалаш‚ и Дела хууш вуйла шун дагахь дерг. Цунах ларлойла шу. Шуна хаалаш‚ и Дела гечдеш а‚ собаре (къа дича, та1зар дар т1аьхьатоттуш) а вуйла.
Къа дац шуна аш зударий битича /цаьрца маххьахийначул тIаьхьа/ шаьш царна гергадаханаа доцуш, я урдон мах хадийна дIабелла а боцуш. /Ишттачу хьолехь и зударий битинчо/ луо царна шайна пайденна цхьацца хIума: хьал долчо – шен тароне хьаьжжина, хьал доцчо – шен тароне хьаьжжина, гIиллакхцапайденна хIума. Иза хьакъ ду хIор шен Iамал дика хилийта луучу стагана тIехь.
Аш уьш (зударий) битахь‚ шайн цаьрца гергарадахар а хилла доцу‚ ткъа шайна урдон мах хадийна болу – шаьш хадийначул ах урдон мах лур бу аш царна. Лур бац‚ нагахь цара (зударша), я зуда ялор-йитар шайн карахь долчара /ца боьхуш/ битахь. Аш мах ца оьцуш битар (урдох хIумма юха цадаккхар) герга ду /Делах/ кхоьруш хиларна. Аш диц ма де вовший юккъехь долу дозалла. Баккъалла а, и Дела аш дийриг гуш ву.
Ларде ламазаш а‚ юккъераламаз а‚ дIахIитта Далла муьтIахь хилла.
Шайна кхерам хилахь – ламазаш де шаьш /когашт1ахь/ гIаш доьлхушшехь я /цхьана х1уманна т1е/хевшина доьлхушшехь. Шаьш кхерамах хьалхадевлча‚ Дела хьехавелаш‚ Цо шайна Iамадеш ма-хиллара шуна ца хууш хилларг.
Шух дIакхелхинчара шайл буха зударий а битина, шайн зударшна весет дина царна оьшуш долу х1ума дуьтийла цхьа шо дуззалц. Уьш арабовлахь‚ шуна къа дац цара шайлахь динчунна диканца. И Дела веза верг а‚ хьекъале верг а ву.
Битинчу зударшна совг1атлур ду хазачу г1иллакхехь‚ Делах кхоьручарна и далар хьакъ долуш.
Иштта билгалдоху Дала шуна Шен аяташ шу хьекъале хилийтархьама.
Хьуна ца хаъа /хIай Мухьаммад/ баларх кхерабелла шайн цIеношкара бевдда арабевлачу эзарнашнахилларг? Дала цаьрга элира: "Ле шу!" /Уьш белира/, тIаккха Цо уьш денбира. Баккъалла а, и Дела къинхетам болуш ма ву нахах, амма дукхахболчу наха баркалла ца олу.
Къийсам латтабе Делан новкъахь. Шуна хаа‚ и Дела ша хезаш верг а‚ хууш верг а вуйла.
Далла хаза декхар делларгмилла велахь а‚ Цо масийттаза алсамдоккхур ду цунна и. И Дела ша рицкъ дIакъовлуш верг а ву‚ дIахоьцуш верг а ву‚ Цуьнга шу дIадерзор долуш а ду.
Хьоьга ца кхаьчна Исраилан кIентех /цхьана/ элаша Мусал тIаьхьа шайн пайхамаре аьлларг? "Ваийта тхуна паччахь‚ оха Делан новкъахь тIом бийр бу"-ма элира цара. Цо элира: "Шу хила тарло-те‚ шайна тIе тIом бар диллича‚ и ца бан дохкуш?" Цара элира: "Оха хIунда ца бо Делан новкъахь тIом‚ тхо тхешан цIеношкара а, тхешан доьзалех а арадаьхна хилча?" Царна тIом бар тIедиллича‚ юхабевлира уьш‚ царах цхьа кIеззиг берш боцурш. И Дела бевзаш ма ву зулам деш берш.
Церан пайхамара цаьрга элира: "Дала ваийтина шуна ТIалут‚ паччахь хилла". Цара элира: "Цо х1унда дан деза тхуна тIехь паччахьалла? Тхо хьакъ ду цул паччахьалла дан. Шортта даьхни а ца делла цунна". Цо элира: "Дала и хаьржина шуна тIехь‚ Цо и совваьккхина Iилманехь а‚ дегIехь а. Дала паччахьалла луш ду Шена луучунна. И Дела /Шен къинхетамца массо а/ чулоцуш ву‚ Ша хууш а ву /и къинхетам хьанах бан беза/".
Церан пайхамара цаьрга элира: "Цуьнгахь паччахьалла хиларан билгало ю шуна тIорказ дарца‚ шена чохь шун Кхиош-кхобучуьнгара сакинатдолуш‚ Мусан а‚ ХIарунан а доьзало бухайитина цхьацца хIуманаш йолуш- маликаша дахьар ду иза". Баккъалла а, цу чохь делил ма ду шуна‚ шу муъманах хиллехь.
ТIалут шен эскарца араваьлча‚ цо элира: "Дала шу зуьйр долуш ду хица: цунах хи мелларг сох вац (сан эскарца гIазоте гIур вац). Цунах чам ца баьккхинарг‚ шен куьйга эцна цхьа кана доцург‚ и сох ву (и гIур ву гIазоте)". Цара цунах хи мелира‚ цхьа кIеззиг берш боцучара. Иза (ТIалут) а, цуьнца /Делах/ тешаш хилларш а дIабахча‚ цара элира: "Вайн ницкъ кхочур бац тахана Джалутанаа‚ цуьнан эскарна а тIехь". Шаьш Далла дуьхьалкхетарг хиларх тешнаболчара элира: "Мосазза жимачу тобано йоккха тоба эшийна Делан лаамца. Баккъалла а, Дела ма ву собаре болчаьрца".
Джалутана а‚ цуьнан эскарна а уьшгучубевлча‚ цара элира: "Тхан Кхиош-кхобуш верг! Ахь собар лолахь тхуна‚ чIагIбелахь тхан когаш‚ гIо делахь тхуна ца тешаш долчу къомана тIехь толам баккха".
Делан лаамца цара уьшэшийра. Давуда вийра Джалут. Дала цунна паччахьалла а‚ хьекъалалла а делира‚ Iамийра цунна Шена луург. Дала нах цхьаберш вовшашца ларбеш бацахьара‚ латта галдерадара (керстанаш толарца, бусалбанаш байарца, маьждигаш дохорца), делахь а, и Дела ву комаьршаллин да дерриге а Iаламашна т1ехь.
Уьш Делан аяташ ду‚ Оха хьуна доьшуш бакъонца. Баккъалла а‚ хьо ма ву /Дала/ бахкийтинчарех.
Уьш бу элчанаш. Оха царах цхьаберш вукхарал базбина. Царах ву Дала шеца къамел динарг а‚ Цо айбина царах цхьаберш даржашкахь. Оха елира Марьяман кIанте Iийсага а билгалонаш‚ чIагI а вира Оха и сийдолчу сица. Далла лиъна хиллехьара‚ тIом бийр бацара царал (элчанел) тIаьхьа хиллачарашайга билгалонаш дIакхаьчначул тIаьхьа. Делахь а, цхьа барт ца хилла церан – царах бу тешарш а‚ царах бу цатешарш а. Далла лиъна хиллехьара‚ тIом бийр бацара цара‚ амма Дала до Шена луьург.
ХIай иман диллинарш! Харжаш е /Делан новкъахь/ Оха шайна деллачу рицкъанах‚ шена чохь йохка-эцар а‚ доттагIалла а‚ шапаIат а хир доцу детIекхачале. Цатешарш – уьш бу-кх зуламхой.
АллахI (Шен ц1е йолу цхьа Дела) ву – кхин Дела вац И воцург‚ дийна ву И‚ Ша дIахIоьттина ву‚ наб озор а наб яр а доцуш. Цуьнан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а. Цхьа а ма вац Цунна гергахь шапаIат дийр долуш‚ Цуьнан лаамца бен. Царал хьалха хилларг хууш ву И‚ тIаьхьа хиндерг а /хууш/ ву. Цуьнан Iилманан хIуманна а тIекхуьур ма бац уьш, Цунна луучул бен. Шуьйра хилла Цуьнан курсийстигланаш а, латта а чу лоцуш. Уьш Iалашъярехь хIумма а хало ца хуьлу Цунна, И лекха верг а‚ сийлахь – веза верг а ву.
Ницкъ бийр бац динехь; нийса некъ къастабелла харц некъах. ТIагIутахца тешаш‚ Делах тешнарг – и лаьтташ ву ша хедар йоцчу чIогIачу уьйраца. И Дела ша хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву.
Дела ву тешаш болчеран вали. Цо уьш арабоху боданера серлонга. Ца тешаш берш – церан авлияаш тIагIуташ ду, цара боху уьш серлонгара бодане. уьш ма бу цIеран дай‚ уьш цу чохь гуттар а лаьттар ма бу.
Хьуна хаий ИбрахIимца и Кхиош-кхобучух лаьцна къуьйсуш хиллачух‚ Дала шена паччахьалла делла хиллачу? ИбрахIима аьллера: "Сан Кхиош-кхобург ву Ша дендеш а‚ долуьйтуш а верг". Цо (Намруз паччахьа) элира: "Ас ден а до‚ дала а долуьйту". ИбрахIима элира: "Дала малх боуьйту малхбалехьахула‚ ахь баийтал и малхбузехьахула". ТIаккха вуьйхира цатешарг. Дала нис ца до зуламе долу къам.
Я /хаьий хьуна/ цхьана эвлана уллохула воьдучух хилларг, тхевнаш т1е а хирцина, йохийна хиллачу? Цо элира: "Муха денйийр ю хIара Дала еллачул тIаьхьа!?" Дала и валийтира бIешарна‚ тIаккха денвира. Элира /Дала/: "Мел лаьттира хьо?" Цо элира: "Со лаьттира /велла/ цхьана дийнахь я эха дийнахь". Цо (Дала) элира: "ХIан-хIа‚ хьо лаьттира бIешарахь‚ хьо хьажал хьайн кхачане а‚ маларе а – хийца ца делла уьш‚ хьо хьажал хьайн вире‚ Оха цхьа делил хуьлуьйтур ду хьох нахана. Хьажал хIинца даьIахкашка‚ Оха уьш муха денйо‚ тIаккха царна тIе дилха дуьллу". И шена билгалдаьллачул тIаьхьа‚ цо элира: "Суна хаьа Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш вуйла".
ИбрахIима аьллера: "Сан Кхиош-кхобург‚ гайтахь суна‚ Ахь муха денбо белларш". Цо (Дала) элира: "Хьо ца теша ткъа?" Элира /ИбрахIима/: "Теша‚ делахь а‚ дог чIагIдалийтархьама". /Дала/ элира: "ХIета‚ схьаэца диъ хьоза‚ хьайна тIедаладай‚ дакъош де царах. ТIаккха хIор ламанна тIе цхьацца дакъа дилла царах‚ тIаккха уьш тIекхайкха хьайна – сихха тIедогIур ду хьуна уьш‚ хьо хууш хилалахь и Дела Ша веза верг а‚ хьекъале верг а вуйла".
Шен долахьдерг Делан новкъахь даьккхинчун масал ду‚ буьртиган масалх тера: цо схьабалийтина ворхI кан‚ хIор кена чохь бIе буьртиг болуш. Цу Дала алсам ма доккху Шена луучунна‚ и Дела шорто йолуш верг а‚ хууш верг а ма ву.
Шайн долахьдерг Делан новкъахь доккхуш берш‚ тIаккха шаьш даьккхинчунна тIаьхьа тIехдеттарш а‚ бехкаш а ца дохуш‚ царна шайн мēла ма бу шайн Кхиош-кхобучун гергахь. Кхерам а хир ма бац царна‚ уьш сингаттаме а хир ма бац.
Хаза дош а‚ гечдар а тоьлуш ду шена тIаьхьа бехк боккхуш долчу сагIанал‚ и Дела хьал долуш а‚ собареа ма ву.
ХIай ийман диллинарш! ХIаллак ма де шайн сагIанаш тIехдеттаршций‚ бехкашций‚ ша Делах а‚ т1аьххьарчу /къемат/дийнах а тешаш а воцуш, шен долахьдерг нахана гайтархьама /саг1ина/ доккхучух тера. Цуьнан масал ду шена тIехь латта долчу шерачу тIулгах тера: шена тIе чIогIа догIа дилхича - и бисира шерра /шена тIера латта дIадаьлла/. Ницкъ кхочур бац царна шаьш гулдинчух /цхьа а/ хIуманах /пайдаэца/. Дала нис ца до ца тешаш долу къам.
Дела реза хиларе догдохуш, /иймана тIехь/ шаьш чIагIдалархьама шайн дōлахьдерг /сагIина/ доккхучеран масал тера ду басахь йолчу бешах: шена тIе чIогIа догIа дилхича‚ стоьмаш дуккха алсамбуьйлуш. ЧIогIа догIа ца дагIахь а, догIа серсаш, /цунах а тоам хуьлуш/. И Дела цара лелориг гуш ма ву.
Шуна цхьанна а луур дарий шен хурманийн а‚ кемсийн а беш хила‚ шена бухахула хиш а лелаш‚ массо а стом шена чохь а болуш‚ тIаккха шен кегий доьзал а болуш и воккха хилча‚ чохь цIе йолу чIогIа мох баьлла‚ цо и ягаян? Иштта билгалдоху Дала шуна аяташ‚ шу хилийтархьама ойла еш.
ХIай ийман диллинарш! СагIина ло‚ шайна карадеаначу цIенчух‚ Оха шайна лаьттах схьадалийтинчух а. Аш сагIа доккхуш шун Iалашо ма хуьлийла боьханиг‚ аша а оьцур ма яцара и /шайна елча/ бIаьргаш хьаббийна бен. Шуна хаалаш‚ и Дела вуйла хьал долуш а /Шена шун саг1анаш ца оьшуш /‚ хастаме а /дика 1амал йинчунна хаза ял луш/ .
ШайтIано кхерамаш туьйсу шуна къоьлаллица‚ хьоьху шуна ирчаниг. Дала ваIда йо шуна Шегара гечдар а‚ комаьршалла а. И Дела /Шегахь/ шорто йолуш а ву‚ хууш а ву.
Шена луучунна хьекъалалла луш ву И‚ (Цо) шена хьекъалалла делларг – шена дуккха а диканаш делларг ву-кх. Оцунах ойла-м ца йо хекъалдолчара а бен.
Аш хIума сагIийна елча, я муьлха нузардича – баккъалла а, Дела и дика хууш ма ву. Ма хир бац зуламхошна гIоьнчий.
Аш сагIанаш /нахана/ гуш дāхахь – дика ду иза. Аш уьш къайлаха дāхахь‚ пекъаршна лахь – и ду шуна тоьлуш дерг‚ цодойур ду шуна шун вонаш. И Дела аш дийриг дика хууш ма ву.
Хьуна тIехь дац уьш нийсачу новкъахь хилар‚ амма Дала нисво Шена луург. Аш саг1ийна мел даьккхинарг– шуна шайна ду. Аш ца доккху и Делан юьхье сатуьйсуша бен. Аш мел даьккхинчу саг1инйа бекхам хир бу шуна‚ зулам дийр дац шуна.
Пекъарашна /ло сагIанаш/‚ шаьш Делан новкъахь /шайн ч1аг1онаша/ совцийна болчу‚ ца кхуьу уьш лаьттахула кхерста. Цахуучунна моьтту уьш хьал долуш бу‚ уьш /сагIа/ ца доьхуш болу дела. Хьуна бевзар бу уьш шайн Iаламаташца‚ тIехIоьттина /сагIа/ ца доьху цара нахе. Муьлхха а диканиг аш /сагIинйа/ даьккхича – баккъалла а, Дела и дика хууш ма ву шуна.
Шаьш шайн дōлахьдерг /сагIийна/ доккхуш берш буса а‚ дийнахь а‚ къайлаха а‚ гуш а – царна шайн мēла хир бу шайн Кхиош-кхобучун гергахь‚ царна кхерам а хир ма бац‚ уьш сингаттаме а хир ма бац.
Шаьш рибадууш берш гIовтур ма бац ша шайтIано 1аьвдинарг гIоттуш санна а бен. Иза ду цара аларна: "Йохка-эцар рибах тера ду". Йохка-эцар хьанал дина Дала‚ риба хьарам дина. Шега шен Кхиош-кхобучуьнгара хьехам а беъна, сецнарг– цунна хьалха д1адахнаргду‚ цуьнан гIуллакх Деле дIадоьрзу. Юха а цуннатIевирзинарг – уьш цIеран дай бу‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар бу.
ДIадойу Дала риба‚ кхиадо сагIанаш. Цу Далла ца веза массо а т1ех цатешарг а‚ къинош дийриг а.
Баккъалла а, ийман диллинарш, /т1аккха/ дика Iамалш йинарш‚ ламаз хIоттадеш берш‚ закат луш берш – царна мēла бу шайн Кхиош-кхобучун гергахь‚ кхерам а хир ма бац царна‚ уьш сингаттаме а хир ма бац.
ХIай ийман диллинарш! Кхера Делах‚ дита шаьш /юхалург деллачунна/ т1е доккху риба‚ шаьш /Делах/ тешаш хиллехь.
И аш ца дахь – Делера а‚ Цуьнан элчанера а тIом кхайкхабе. Аш тōба дахь– шуна шайн дōлахьдолчун коьртехь хилларг ду: аш зулам дийр дац /риба доьхуш/ – шуна а зулам дийр дац /аш делларг эшош/.
Цуьнгахь хало хилахь– атта хиллалц тIаьхьатоттур ду /декхар схьадехар/‚ аш и /дерриг я цунах цхьадерг/ сагIина дитахь – дика ду шуна‚ шу хууш хиллехь.
Шу кхера дийнах‚ шена чохь шу Далла тIе дIадуьгур долчу‚ тIаккха массо а сина ша карадиначуьнца бекхам бийр бу‚ царна зулам дийр дац.
ХIай ийман диллинарш! Шаьш вовшашкара декхарш оьцуш цIе тоьхначу ханна – дIаязде уьш. Яздойла шуна юккъехь яздечо нийсонца. Яздийриг дуьхьал ма хуьлийла яздан‚ Дала ша Iамийна ма хиллара. Цо яздойла‚ шена тIехь декхар долчо дIадуьйцийла. Делах – шен Кхиош-кхобучух кхоьрийла и /харц дийца/‚ хIумма а ма эшадойла цо цунах. Нагахь санна и шена тIехь декхар дерг хилахь тIалам боцуш я заьIап‚ ша дIадийца ца луш‚ – цуьнан верасо дуьйцийла нийсонца. Шайн божарех шина теше тешалла а дайта‚ ши боьрша стаг ца хилахь – цхьа боьрша стаг а‚ ши зуда а‚ шаьш царна тешаш хила реза долчу‚ царах (зударех) цхьаъ тилалахь а – вукхо цунна дагадоуьйтур ду. Тешаша дуьхьало ма йойла /тешалла дан/ шаьш кхайкхинчу хенахь. Аш мало ма йойла и /декхар/ дIаяздан‚ жима делахь а‚ доккха делахь а шен хан тIекхаччалц. Иза мелхо а нийса ду Далла гергахь‚ чIогIа ду тешаллина‚ герга ду шуна шеко ца хиларехь. Нагахь и хилахь лаьтташ йолу йохка-эцар‚ аш вовший юккъехь дIахьош йолу‚ – и ца яздарх къа дац шуна. Тешаш хIиттабе шаьш йохка-эцар еш. Яздеш волчунна а зен ма дойла‚ тешана а. Аш и дахь – и шуьца песакъаллахилар ду. Шу кхера Делах‚ Дела шу Iамадеш ву. И Дела массо а хIума Ша хууш ву.
Шу новкъахь хилла‚ шуна яздан стаг ца каравахь – кара хIума ло закъалтана. Шух цхьаболчара вукхарна тешамна хIума елча– шена тешамна елла хIума юхаерзайойла цо‚ шен Делах – шен Кхиош-кхобучух – кхоьрийла иза /и юха ца ерзаян/. Аш ма хьулделаш тешалла‚ и хьулдийнарг – шен даго къинош дийнарг ву. И Дела аш дийриг хууш ма ву.
Делан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а‚ аш гучудаьккхича а шайгахь дерг‚ я хьулдича а – и хьесап дийр ду шуна Дала. Шена луучунна гечдийр ду Цо‚ Шена луучунна Iазап дийр ду. И Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву.
Элча тийшира шен Кхиош-кхобучуьнгара шега доссийнчух‚ муъманах а тийшира. Массо а тийшира Делах а‚ Цуьнан маликех а‚ Цуьнан жайнех а‚ Цуьнан элчанех а. /Олу муъманаха/: “Цуьнан элчаний юккъера цхьа а къаста ца во оха”. ТIаккха цара элира: "ЛадоьгIна оха‚ муьтIахь хилла тхо. Ахь гечделахь тхуна‚ тхан Кхиош-кхобург‚ Хьоьга ду-кх дIадерзар".
Сина тIе ца дуьллу Дала цунна ницкъ кхочург бен. Цунна – ша карадийнарг ду‚ цунна дуьхал а – ша карадийнарг ду. "Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахь тхо бехке ма лацалахь тхо дицделча а‚ я гIалатдаьлча а. Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахь тхуна тIе ма йиллалахь хало‚ Ахь тхол хьалхабаханчарна тIе йилларх терра. Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахь тхуна тIе ма диллалахь тхуна шена тIехь ницкъ цакхочург‚ хьалхадахалахь тхо‚ гечделахь тхуна‚ къинхетам а белахь тхох‚ Хьо ву тхан верас‚ гIо делахь тхуна ца тешачу къомана тIехь". (Иштта деха боху Дала муъманахе).