Дерриге а Исламан библиотека
1

ТIа-сūн. ХIорш ду Къуръанан – билгалчу жайнан аяташ.

2

Шаьш нийса некъ а‚ муъмин нахана кхаъ а хилла болу.

3

Уьш бу шаьш ламаз а хIоттадеш‚ закат а луш‚ эхартах а шаьш /ч1ог1а/ тешаш берш.

4

Баккъалла а, эхартах ца тешаш берш – Оха хазйина царна шайн Iамалш, т1аккха уьш /шайн тилар чохь/ дIасауьйдуш бу.

5

Уьш бу шайн /дуьненахь – байарца, йийсаре лийцарца/ чIогIа Iазап хир дерш, эхартахь уьш хир бу вуно тIех эшнарш.

6

Баккъалла а, /хIай Мухьаммад/ хьуна /нуьцкъала а/ дуьйцуш ду Къуръан Ша хьукамеа‚ хууш а волчунгура.

7

Мусас ма элира шен доьзале: "Суна хааели-кх цIе‚ со шуна тIевогIур ву цунах цхьа хабар дахьаш‚ я ас шуна бахьар бу цхьа бēгаш болу кIогалг – шу дохдала мегара-кх".

8

Иза цига веъча‚ цуьнга кхайкхира: "Декъала хили цIергахь верг а‚ цунна гонахь верг а‚ вонах цIена ву Дела – Iаламийн Да.

9

ХIай Муса! Баккъалла а, Со веза волу, хьукаме волу Дела ву.

10

Охьакхосса хьан Iаса". Шена иза (Iаса) гича етталуш, текхарг санна‚ и (Муса) дIаведира‚ юха а ца вирзира. "ХIай Муса! Ма кхера. Ца кхоьру Суна гергахь элчанаш

11

Зулам динарг а бен. ТIаккха цо ша динчу вонан метта диканиг дахь, – тIаккха баккъалла а, Со т1ех гечдийриг а‚ къинхетам бийриг а ву-кх.

12

Хьан че долла хьан куьг – ахь схьадоккхур ду иза кIайделла, цхьа а хало а йоцуш‚ ФирIавне а‚ цуьнан къоме а долчу исс /Iаламатий/ чохь /цхьа Iаламат ду иза/. Баккъалла а, уьш хили песакх къам.

13

Шайга гучудевлла Тхан аяташ деъча‚ цара элира: "ХIара билгала бозбуунчалла ду!"

14

Зулам дарца а‚ куралла ярца а керстадира цара уьш‚ шаьш /дагца/ тешнехь а /уьш Делера хиларх/. Хьажал‚ муха хилла пасад х1уманаш (вон мел дерг) лелош болчеран тIаьхье?

15

Оха делира Давуде а‚ Сулеймане а Iилма. Цу шиммо элира: "Хастам бу Далла‚ Ша тхо даздинчу дукха болчу Шен тешаш болчу лешех".

16

Сулеймана ийцира Давудан ирс‚ цо элира: "ХIай нах! Тхуна Iамийна олхазарийн мотт‚ тхуна делла массо а хIуманах /ниIматаш/. Баккъалла а, иза билгала дозалла ду-кх".

17

Гулдира Сулейманна жинех а‚ адамех а‚ олхазарех а долу цуьнан эскар −тIаккха иза (эскар) дийкъира (могIаршкахь).

18

Уьш зингатийн боьрана тIе кхаьчча‚ элира /цхьана/ зингато: "ХIай зингаташ! Чудовлалаш шайн баннашна‚ шу хьеша ма хьешахьара Сулеймана а‚ цуьнан эскаро а‚ шайна хаа ца луш".

19

Иза велакъежира цуьнан /зингатан/ дешах‚ элира: "Сан Дела‚ Ахь суна таро лолахь хам бан Хьан ниIматана‚ Айхьа суна а‚ сан дена - нанна а делла долчу‚ Хьо шена реза волу дика Iамал ян а. Со дIатохалахь Хьан къинхетамца дикачу лешна юкъа".

20

Иза волавелира олхазарш лēха‚ тIаккха элира: "Суна хIуттут хIунда ца го‚ я йоцучарах хили иза?

21

Ас данне а Iазап дийр ма ду цунна чIогIа Iазап‚ я ас хьакханне а урс хьокхур ма ду цунна‚ я суна /ша бехке цахиларан/ цхьа билгала делил дахьар ма ду цо".

22

Жимма хан ялийтина /еъначу хIуттуто/ элира: "Суна хиира хьуна ца хиънарг‚ ас беана хьуна Сабаъарабакъболу хаам.

23

Баккъалла а, суна карийна /цхьа/ зуда‚ ша царна тIехь паччахьалла деш йолу‚ цунна делла массо а хIуманах (паччахьалла‚ ниIмат‚ беркат‚ хазалла…), цуьнан сийлахь-йоккха Iарша ю.

24

Суна карийна иза а‚ цуьнан къам а сужуд деш малхана‚ Дела а витина. Хазйина царна шайтIано шайн Iамалш‚ цо дIатилина уьш /нийсачу/ некъах −уьш нис ца ло (уьш нийсачу новкъа ца х1утту).

25

Цара сужуд хIунда ца до-те Далла‚ Ша Iорадоккхуш волчу хьулделларг стигланашкахь а‚ латтахь а‚ Шена хууш волчу аш къайладоккхург а‚ аш дIахьедориг а?

26

АллахI (ц1е йолу цхьа) Дела ву‚ кхин дела вац‚ Иза воцург‚−сийлахь-йоккхачу IаршанДа ву/Иза/".

27

Цо (Сулеймана) элира: "Вай хьовсур ду‚ бакъ лийна-те хьо‚ я хьо хилла-те харцлуьйчарах?

28

Хьада‚ хIара сан кехат эций дIагIо‚ царна хьалха кхосса иза‚ тIаккха царна юьстахдала‚ хьажа‚ цара хIун юхадерзадо".

29

Цоэлира: "ХIай‚ элийн тоба‚ баккъалла а, кхаьчна соьга сийлахь долу кехат.

30

Баккъалла а, иза ду Сулейманера‚ цо /дуьйцу-кх/: "Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.

31

Шу лакхадовла ма гIерта сол‚ суна тIе дуьйла, муьт1ахь а хилий (Дела цхьаъ веш)".

32

Цо (Билкъисо) элира: "ХIай элийн тоба! Сацам бе суна сан гIуллакха тIехь. Со ца хилла-кх цхьа а г1уллакх хададеш‚ шуца дагайолуш бен".

33

Цара элира: "Вай ницкъ болуш а ду‚ чIогIа хьуьнар долуш а ду‚ ткъа гIуллакх хьоьгахь ду-кх. Хьажахь ткъа‚ хIун омра до ахь -/оха кхочушдийр ду иза/".

34

Цо элира: "Баккъалла а, паччахьаша шаьш юьртана чубаьхкича‚ йохайо иза‚ цуьнан охIлах сийлахь берш сийсазбоху цара. Иштта до цара.

35

Баккъалла а, ас дохьуьйту царна (СулеймангIарна) совгIат‚ тIаккха хьожур ю‚ стенца юхабоьрзу бахийтинарш".

36

Иза (Билкъиса ваийтинарг) Сулейман волчу веъча‚ цо (Сулейманас) элира: "Со даьхница хьоле во аш? Дала суна делларг дика ма ду Цо шуна деллачул а‚ делахь а, шу шайн совгIатаца даккхийдеш ду-кх.

37

Юхаверза царна тIе‚ тхо догIур ду царна тIе эскарца‚ шеца уьш ларалур боцчу‚ Оха арабохур бу уьш цу чуьра (шайн махкара) сийсаза хилла‚ уьш кIелбуьсур бу".

38

Цо (Сулеймана) элира: "ХIай элийн тоба! Шух муьлха догIур дара суна тIе цуьнан (Билкъисан) Iарш яхьаш‚ уьш суна тIе бахкале муьт1ахь а хилла?"

39

Жинех уггар /нуьцкъала/ долчу Iифрито элира: "Со догIур ду хьуна тIе цуьнца‚ хьо хьан меттигера хьалагIаттале. Со цу тIехь нуьцкъала а‚ тешаме а ду".

40

Шегахь жайнан Iилмадолчо элира: "Со вогIур ву хьуна тIе цуьнца‚ ахь бIаьрганегIар тохале". Шена иза (Билкъисан Iарш) гича‚ шена хьалхахь лаьтташ‚ цо (Сулеймана) элира: "ХIара сан Кхиош-кхобучун дозаллах ду‚ Цо со зерхьама‚ баркалла олу ас я инкарло йо. Баркалла олучо −цо шен дуьхьа олуш ду‚ инкарло ечо−баккъалла а, сан Кхиош-кхобург хьал долуш а ву‚ сийлахь а ву".

41

Цо элира: "Хийцам бе цуьнан Iарша тIехь‚ вай хьовсур‚ евзий цунна иза‚ я хир ю-те иза и ца евзачарах. "

42

Иза (Билкъис) еъча, элира /цуьнга/: "Иштта юй хьан Iарш?" Цо элира: "Иза йолчух тера ю хIара". /Сулеймана элира шена Билкъисехь Iилма дуйла хиъначул тIаьхьа/: "Тхуна Iилма деллера цунчул (Билкъисал) хьалха‚ тхо муьтIахь хилира /Далла/".

43

Иза (Билкъис) юхатуьйхира /цхьана Далла Iибадат дарах/ цо, Иза а витина, кхечунна Iибадат даро. Баккъалла а, иза ма яра ца тешачу къомах.

44

Элира цуьнга: "Чоьхьаяла гIалина!" Шена иза (г1ала) гича‚ цунна моттаделира иза алссам хи ду‚ цо шен настарш гучуехира. Цо (Сулеймана) элира: "Баккъалла а, иза гIала ю къегинчу аьнгалех йина". Цо (Билкъисо) элира: "Со Кхиош-кхобург‚ бакъалла а, ас зулам ма дина сайна. /Х1инца/ муьт1ахь хили со Сулейманаца цхьана /цхьаъ волчу/ Далла −Iаламийн Дена".

45

Оха вахийтира Самудашка церан ваша Салихь‚ Далла Iибадат де‚ аьлла −уьш‚ ши тоба а хилла‚ къийса буьйлабелира.

46

Цо элира: "Х1ай сан къам‚ шу хIунда сихло вониг /дарца/ диканиг /дарал/ хьалха? Гечдар дехахьара аш Деле‚ шух къинхетам бан там бара".

47

Цара элира: "Хьо а‚ хьоьца берш бахьанехь тхуна вон билгалонаш хааелла". Цо элира: "Шун дāкъа (диканиг я вониг) Далла гергахь ду.ХIаъ‚ шу ду-кх питане лоьцуш долу къам".

48

Цу гIалахь хиллера исс стаг‚ лаьттахь боьханиг даржадеш волу‚ диканиг а ца деш.

49

Цара элира: "Вовшашна дуйнаш баа Делаца‚ вай буьйсана войур ву иза а (Салихь)‚ цуьнан доьзал а‚ тIаккха эр вай цуьнан верасе: "Тхо дацара цуьнан доьзал хIаллакхуьлучахь‚ тхо бакълуьйш ма ду".

50

Мекарло йира цара мекарлонца‚ Оха йира /церан мекарлонна дуьхьал/ мекарло мекарлонца‚ царна ца хаалуш.

51

Хьажал‚ муха хилла церан мекарлонан тIаьхье: Оха эт1ира уьш а‚ церан къам а −берриге а.

52

ХIорш ду церан цIенош‚ доьхна лаьтташ‚ цара зулам дина хиларна. Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх ша хууш долчу къомана.

53

Оха кIелхьарбехира ийман диллина хилларш‚ шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш.

54

ЛутI а /вахийтира Оха шен къомана тIе/‚ цо шен къоме ма элира: "Боьханиг леладо ткъа аш шайна гуш долуш? (И боьха хилар).

55

Шу оьху ткъа божарашна тIе безамца‚ зударий буьтий? ХIаъ‚ шу ду-кх жехIал къам".

56

Ца хилира цуьнан къоман дала жоп‚ шаьш āлар бен: "Арабаха ЛутIан доьзал шайн юьртара. Баккъалла а, уьш ма бу цIанбала гIерташ болу нах".

57

Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а‚ цуьнан /цхьа/ зуда йоцург −цуьнан кхоллам /1азапехь/ бухаюьсучарах хилийтира Оха.

58

Оха доьттира царна тIе догIа −вон хилира шайна кхерам тесначарна догIа.

59

Ахь āла /хIай Мухьаммад/: "Хастам бу Далла‚ салам ду Цуьнан лешна‚ Цо хаьржина хиллачарна. И Аллах1-Дела тоьлу‚ я цара /Цуьнца/ лаьцна накъостий тоьлу?

60

Я мила ву Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг‚ шуна стиглара хи а даийтинарг? Оха ялийтина цуьнца (догIица) бошмаш‚ шайца хазалла а йолуш‚ аш ма долуьйтара дацара цуьнца (цу хица) дитт. Кхин дела ву /цу/ АллахIаца цхьана? ХIаъ‚ уьш ду къам‚ ша /Делаца кхиберш/ нисбеш.

61

Я мила ву Ша латта хилийтинарг чIагIо хилла‚ юккъехула хин татолаш динарг‚ цу тIехь лаьмнаш динарг‚ шина хIорда юккъехь дуьхьало йинарг? Кхин дела ву АллахIаца цхьана? ХIаъ‚ царах дукхахберш ца хууш бу-кх.

62

Я мила ву Ша жоп луш верг шена гIело хиллачунна, цо Шега кхайкхича‚ и зулам дIадоккхуш верг‚ шу хуьлуьйтуш верг лаьттан дай? Кхин дела ву АллахIаца цхьана? Ма кIеззиг ойла йо-кх аш.

63

Я мила ву Ша шу нисдеш верг аренан а‚ хIордан а боданашкахь‚ Ша мох бохуьйтуш верг кхаъ хилла /догIа дарна/ Шен къинхетамал хьалха? Кхин дела ву АллахIаца цхьана? Лакхавели Дела цара /Шеца/ накъост лацарх.

64

Я мила ву Ша кхоллар долош верг‚ тIаккха иза карладоккхург‚ мила ву шуна рицкъ луш верг стиглара а‚ латтара а? Кхин дела ву АллахIаца цхьана? Ахь āла: "Даладе шайн делил‚ шаьш хиллехь бакълуьйш".

65

Āла: "Ца хаьа стиглахь волчунна а‚ лаьттахь волчунна а къайлахь дерг, Ша Дела воцчунна". Царна хаалур дац, шаьш маца дендийр ду.

66

ТIекхиъний церан хаарш эхартана? ХIаъ‚ уьш шеконехь бу цунах. ХIаъ‚ уьш цунах бIаьрса дайна бу.

67

Элира цатешначара: "Тхох а‚ тхан дайх а латта хилча‚ тхо арадохур долуш ду /кешнашкара/?

68

ЧIагIо йинера хIокхунца тхуна а‚ тхан дайшна а хьалха а. Иза-м хьалхалерачеран туьйранаш бен дац".

69

Ахь āла: "Д1асалела лаьттахула‚ хьовса‚ муха хилла къинош диначеран тIаьхье".

70

Ахь са ма гаттаде царна‚ ма хила халонехь цара ечу мекарлонех.

71

Цара олу: "Маца хир ю и ваIда,шу бакълуьйш хиллехь".

72

Ахь āла: "Шуна т1аьхьадеъна хила тарло цхьацца аш сихдеш дерш".

73

Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобург дозалла долуш ма ву нахана тIехь‚ делахь а, царах дукхахболчара баркалла ца олу-кх.

74

Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобург Ша хууш ву-кх церан дегнаша хьулдеш дерг а‚ цара дIахьедориг а.

75

Дац цхьа а къайлаха дерг стиглахь а‚ лаьттахь а билгалчу жайначохь /яздина/ долуш бен.

76

Баккъалла а, хIокху Къуръано дуьйцу Исраилан кIенташна церан шена чохь хилпало йолчух дукхахдерш.

77

Баккъалла а, иза нийса некъ бу‚ къинхетам а бу муъмин нахана.

78

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо кхиэл йийр ю царна юккъехь Шен хьукамца. Иза веза верг а ву‚ хууш верг а ву.

79

Хьо тIетовжа Далла. Баккъалла а, хьо билгалчу бакъдолчунна тIехь ма ву.

80

Баккъалла а, ахь /хIумма а/ хозуьйтур дац беллачарна‚ ахь кхайкхар хозуьйтур дац къора болчарна, уьш юхабевла дIабевдича.

81

Хьо ма вац нисбеш верг бIаьрса доцурш шайн тиларх. Ахь хозуьйтур ду деккъа Тхан аятех тешаш болчарна – тIаккха уьш бу муьт1ахь берш.

82

Царна доштIедоьжча‚ Оха лаьттан кийрара схьадоккхур ду царна бежана‚ цо цаьрца къамел а деш, баккъалла а, нах Тхан аятех ца тешаш хилла, аьлла.

83

/Ахь хьахаде/: оцу дийнахь Оха гулйийр ю хIор умматах Тхан аяташ харцдеш хиллачух тоба −уьш дIаса- нисбийр бу.

84

ТIаккха уьш /хьесап дечу меттиге/ беъча‚ /Дала/ эр ду: "Аш харцдира Сан аяташ? Шу ма дацара шайгахь /уьш харцдан/ Iилма долуш а‚ хIун Iамал еш хиллера шу?"

85

ТIедуьйжира царна тIе /Iазап бакъхиларан/ дош цара шайгара зулам далийтарна‚ уьш бист ца хуьлу.

86

Царна ца го-те Оха хилийтина хилар буьйса‚ шайна чохь садаIан‚ де а серладаккха. Баккъалла а, цу чохь билгалонаш ма ю тешаш долчу къомана.

87

Оцу дийнахь сур локхур ю −кхоьрур ву стигланашкахь мел верг а‚ лаьттахь мел верг а, Далла лиънарг воцург. Массо а Цунна тIе вогIур ву муьт1ахь а хилла.

88

Хьуна гур ду лаьмнаш‚ хьуна шаьш Iуьллуш ду моьттуш −амма уьш дIасалелаш хир ду, мархаш санна −Делан кхоллар ду иза‚ Ша массо а хIуманна хьукам динчу. Баккъалла а, Иза аш дийриг дика хууш верг ву-кх.

89

Дикачуьнца веънарг−цунна цул диканиг /ша деъначух/ хир ду‚ уьш кхерамах оцу дийнахь маьрша хир бу.

90

Вочуьнца веънарг−юьхь цIарга ерзийна хир ю цуьнан. Аш еш хиллачу Iамалашца бен бекхам хир буй шуна?

91

Суна омра дина хIокха /Макка/ гIалин Дена Iибадат де аьлла‚ Ша иза хьарамйина йолчу‚ Цуьнан ду массо а хIума а. Суна омра дина со муьт1ахь хиллачараххила‚ аьлла.

92

Къуръан деша аьлла а‚ нисвелларг /цу КIуръана тIе/ иза нислуш ву шена. /Нах ийманах/ тилошболчуьнга ахь āла: "Со кхерам тосучарах ву".

93

Ахь āла: "Хастам бу Далла. Цо гойтур ду шуна Шен аяташ −тIаккха шуна уьш девзар ду. Хьан Кхиош-кхобург ма вац аш дийриг тидаме ца оьцуш".