Дерриге а Исламан библиотека

26 - The Poets - Ash-Shu`arā .

:1

ТIа-сūн-мūм.

:2

ХIорш билгала долчу жайнан (Къуръанан) аяташ ду.

:3

Хьо хила мега хьуо хIаллаквеш уьш ца тешаш хиларна.

:4

Тхуна лаахь‚ Оха доссор ду царна стиглара аят - тIаккха дуьсур ду церан легаш цунна (Делан аятана‚ делилна) муьтIахь хилла.

:5

Цаьрга ца богIу Къинхетамболчуьнгарацхьа а керла хьехам уьш цунах дIабоьрзуш бен.

:6

Харцбира цара /элчанаш/ - тIаьхьа богIур бу цаьрга хаам‚ уьш шех ца бешаш хилла болу.

:7

Уьш ца хьоьжу-те лаьтте: мел дукха дика хIуманаш ялийтина Оха цунах шиш-шиш!

:8

Баккъалла а, цу чохь делилма ду. Ца хили-кх царах дукхахберш тешаш.

:9

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ву-кх веза верг а‚ къинхетаме верг а.

:10

Дагадаийта! Кхайкхира хьан Кхиош-кхобучо Мусага: “ДIагIо зуламе къам тIе,

:11

ФирIавнан къам тIе. Уьш кхоьрур бацара-те?”

:12

Цо (Мусас) элира: “Сан Кхиош-кхобург‚ баккъалла а, со кхоьру-кх цара со харцварна.

:13

Гаттало-кх сан дог‚ ца бастало-кх сан мотт а. ХIарунна тIе бахийтахь /и соьца вайтан/.

:14

Церан суна тIехь къа ду- со кхоьру цара со вен”.

:15

Цо (Дала) элира: “ХIан-хIа! ДIагIо шу шиъТхан аяташца. Баккъалла а, Тхо шуьца ду ладугIуш.

:16

Шу шиъ дIагIо ФирIавна тIе‚ аш шиммо дIаала: “Тхо Iаламийн Ден элчанаш ду.

:17

ДIабаийта тхоьца Исраилан кIентий”.

:18

Цо (ФирIавнас) элира: “Оха ца кхиира хьо /хIай Муса/ тхайна юккъехь /хьо/ бер а долуш‚ ахь д1а ма дехьира тхуна юккъехь хьан дахаран шераш.

:19

Ахь ма дийра хьан гIуллакх‚ айхьа дийнарг (тхох цхьа стаг вийра ахь – доккха къа дийра) - баркалла ца олучарах ву-кх хьо”.

:20

Цо (Мусас) элира: “И дийра ас со тилабеллачарахволчу хенахь.

:21

Со дIаведира шух‚ суо шух кхеравеллачул тIаьхьа. ТIаккха делира суна сан Кхиош-кхобучо хьукам‚ Цо хилийтира со элчанех.

:22

ХIара ниIмат ду ахь суна ша тIехдетташ айхьа Исраилан кIентех леш барна” (уьш бацорна).

:23

ФирIавнас элира: “Мила ву Iаламийн да?”

:24

Цо (Мусас) элира: “Стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шинна юккъехь мел долчун а Да ву-кх‚ шу /бакъдолчух/ тешаш хиллехь”.

:25

Цо (ФирIавнас) элира шена гонахь болчаьрга: “Шу ладугIуш дац?”

:26

Цо (Мусас) элира: “Шун Дела а ву И‚ шун хьалхалерчу дайн а Дела а ву”.

:27

Цо (ФирIавнас) элира: “Баккъалла а, /хIара/ шун элча‚ шуьга ваитина волу‚ жинийх ма ву”.

:28

Цо (Мусас) элира: “Малхбален а‚ малхбузен а цу шинна юккъехь долчун а Дела ву Иза‚ шу хиллехь хьекъале”.

:29

Цо (ФирIавнас) элира: “Ахь со воцург дела лацахь‚ ас хьо набахти чохь болчарах хуьлуьйтур ма ву”. (“Ас хьо набахти чу вуьллур ма ву”).

:30

Цо (Мусас) элира: “Со хьайга цхьана кхаьсташ хIуманца веънехь а‚ э?”

:31

Элира /ФирIавнас/: “Схьало и /айхьа деънарг/, хьуо хиллехь бакълуьйчарах”.

:32

ТIаккха цо (Мусас) шен Iаса кхоьссира - цунах къегналехь хилира.

:33

Цо арадаьккхира шен куьг /чоьхьара/ - иза шурул кIайн хилира хьоьжучарна.

:34

Цо (ФирIавнас) элира шен гонахь болчу элашка: “Баккъалла а, хIара говза волу бозбуунча ву.

:35

Лууш ву и шу арадаха шун лаьттара шен бозбуунчаллица - аш хIун омра до?”

:36

Цара элира: “Хан лоцунна а‚ цуьнан вешина а‚ бахийта гIаланашка /нах/ гулбийраш.

:37

Хьуна тIе богIийла уьш массо а говза волчу бозбуунчица”.

:38

ТIаккха гулбийра бозбуунчаш билгалчу дийнахь /тоьхначу/ хенахь.

:39

Элира нахе: “Шу гулделлий?

:40

Вай тIехьадаза мега бозбуунчашна, нагахь уьш хилахь тоьлларш”.

:41

Бозбуунчаш баьхкича‚ цара элира ФирIавне: “Тхуна, баккъалла а, мах хир буй, тхо хилахь тоьлларш?”

:42

Цо (ФирIавнас) элира: “ХIаъ‚ баккъалла а, шу тIаккха /суна/ герга- далийначарах хир ду”.

:43

Элира цаьрга Мусас: “Кхисса шаьш кхуьссуш ерг”.

:44

Цара кхиссира шайн мушаш а‚ Iáсанаш а‚ элира: “ФирIавнан воззалица‚ баккъалла а, вай тоьлур ма ду”.

:45

ТIаккха кхоьссира Мусас шен Iáса - цо юду (кхоллу) цара мел кхуллург.

:46

Охьабигира бозбуунчаш, сужуд деш.

:47

Цара элира: “Оха диллина Iаламийн Кхиош-кхобучуьнга‚

:48

Мусан а‚ ХIарунан Кхиош-кхобучуьнга”.

:49

Цо (ФирIавнас) элира: “Аш дилли ас шайна пурба далале? Баккъалла а, иза (Муса) шун воккханиг ву‚ ша шуна бозбуунчалла Iамийнарг‚ тIаьхьа хуур ду шуна. Ас хаддане а д1ахадор ду шун куьйгаш а‚ когаш а дуьхь-дуьхьал‚ ас ирх- ухкур ма ду шу дерриге а”.

:50

Цара элира: “Зен дац. Баккъалла а, тхо тхан Кхиош-кхобучуьнга дIадоьрзур ду.

:51

Баккъалла а, тхо /чIогIа/ лууш ду тхан Кхиош–кхобучо (Дала) гечдан тхан гIалаташ тхаш хиларна дуьххьашхалгIа ийман диллинарш”.

:52

Оха Мусага хаам бира вехьеца: “Сан лешца буьйсана аравала‚ аьлла‚ баккъалла а, /ФирIавнан нах/ шуна тIаьхьабовлур болуш ма бу”.

:53

Бахийтира ФирIавно гIалашкахала гуламчаш.

:54

/Олуш/: “ХIорш-м (Исраилан кIентий) кIеззиг йолу цхьа ледара тоба яра.

:55

Баккъалла а, цара вайн дегнаш ма этIо.

:56

Баккъалла а, вай дерриге а сема хила дезаш ма ду”.

:57

Оха арабехира уьш бошмашкара а‚ шовданашкара а.

:58

Хазнашкара а‚ сийлахьчу меттигера а.

:59

Иштта Оха уьш ирсана делира Исраилан кIенташна.

:60

Уьшцарна тIаьхьабевлира малх кхеташ.

:61

Шина тобаннавовший гича‚ Мусан накъосташа элира: “Баккъалла а, /ФирIавнан бIо/ вайна тIаьхьакхуьуш бу”.

:62

Цо (Мусас) элира: “ХIан-хIа! Баккъалла а, соьца сан Кхиош-кхобург ву‚ Цо нисвийр ву со”.

:63

Оха вехьеца хаийтира Мусага хьан Iаса тоха хIордах‚ аьлла. ТIаккха иза бекъабелира‚ хилира хIор дāкъа боккхачу ламанах тера.

:64

Оха гергабалира цига важаш а.

:65

Оха кIелхьарваьккхира Муса а‚ цуьнца верг а – берриге а.

:66

ТIаккъа Оха /хIорда/ бухабахийтира важа берш.

:67

Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх. Ца хилира царах дукхахберш ийман диллина.

:68

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ву веза верг а‚ къинхетаме верг а.

:69

Дийца царна ИбрахIиман хабар.

:70

Цо ма аьллера шен дега а‚ шен къоме: “Стенна Iибадат деш ду шу?”

:71

Цара элира: “Тхо Iибадат деш ду тхан жа1аршна (цIушна). Тхо лаьтта царна суждане дахна”.

:72

Цо элира: “Царна шу хозий аш кхойкхуш?

:73

Я шуна пайда беш буй цара‚ я зен деш дуй?”

:74

Цара элира: “Делахь а, тхуна карийра тхан дай иштта /гIуллакх/ деш”.

:75

Цо элира: “Шуна ца го‚ шу стенна Iибадат деш хилла‚

:76

Шу а шун шира дай а?

:77

ТIаккха уьш мостагIий бу-кх суна‚ Iаламийн Давоцург.

:78

Ша со кхоьллина волу‚ Цо нисвийр ву со.

:79

Иза ву суна даа а‚ мала а луш верг.

:80

Со цомгаш хилча‚ Цо со таво.

:81

Цо со волуьйтур ву‚ тIаккха денвийр ву.

:82

Иза ву суна чIогIа лууш верг Цо сан гIалаташ гечдойла бекхаман дийнахь.

:83

Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ ло суна хьекъалалла‚ со кхиаве дикачарах.

:84

Хилийталахь со хаза хьехавеш тIаьхьабог1учаьргахь.

:85

Со хилийталахь ниIматийн ялсаманинирсоьцучарах.

:86

Ахь гечделахь сан дена‚ баккъалла а, иза хили-кх тилабеллачарах.

:87

Сийсаза ма велахь со /Хьан та1зарца/ уьш денбийр болчу дийнахь,

:88

Хьоло а‚ кIенташа а пайда бийр боцчу дийнахь

:89

Ша цIенчудагца Далла тIе веънарг воцчунна”.

:90

Ялсамане гергаялира /Делах/ кхоьручарна.

:91

Жоьжахати гайтира галабаьллачарна.

:92

Элирацаьрга: “Мичахь ю и шу шена Iибадат деш хилларг‚

:93

Дела витина‚ шуна гIо дой цара? Я шайна гIо дой цара?”

:94

Яххьашна тIе охьатухур бу цу чохь уьш а‚ галабаьлларш а‚

:95

Иблисан массо а эскар а.

:96

Эр ду цара‚ шаьш цу чохь къуьйсуш болуш:

:97

“ТаллахIи‚ тхо ма дара билгалчу тилар чохь‚

:98

Оха шу нисдечу хенахь Iаламийн Деца.

:99

Тхо тила ма ца дина къинош диначара бен.

:100

Ма вац тхуна шапа1ат дечарах цхьа а,

:101

Дог цIена доттагI а .

:102

Тхо юха /дуьнена/ дохуьйтуш делхьара - тхо хир ма дара ийман диллнчарах”.

:103

Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хилира царах дукхахберш муъмин нах.

:104

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ву веза верг а‚ къинхетаме верг а.

:105

Харцбира Нухьан къомо а элчанаш.

:106

Ма аьллера цаьрга церан вашас Нухьас: “Шу ца кхоьру /Делах/?

:107

Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву.

:108

Кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила

:109

Ас шуьга цунна тIехь мах ца боьху. Суна мах балар Iаламийн Дегахь бен дац.

:110

Кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила!”

:111

Цара элира: “Тхо муха теша хьох‚ хьуна тIаьхьахIиттина ма бу /тхох/ уггар бухабиснарш”.

:112

Цо элира: “Суна хаац, уьш хIун деш хилла.

:113

Церан хьесап сан Кхиош-кхобучунна тIехь ду‚ шуна хаалахь.

:114

Ас д1алелхор бац муъмин нах.

:115

Со билгала волу кхерамча бен вац”.

:116

Цара элира: “Хьо ца сацахь‚ хIай Нухь‚ хьо хир ма ву шайна тIе /оха/ тIулгаш биттинчарах”.

:117

Цо элира /Деле доьхуш /: “Сан Кхиош-кхобург‚ сан къомо со харц ма вина.

:118

Ахь кхиэл ехь суна а‚ царна а юккъехь‚ кIелхьарваккхалахь со а‚ муъмин нахах соьца мел верг а”.

:119

Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ цуьнца мел верг дуьззинчу кемана чохь.

:120

ТIаккха Оха /хIорда/ буха- бахийтира биснарш.

:121

Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хили-кх царах дукхахберш муъмин нах.

:122

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ма ву Ша веза верг а‚ къинхетаме верг а.

:123

Харцбира Iадаша элчанаш.

:124

Цаьрга ма элира церан вашас ХIудас: “Шу ца кхоьру /Делах/?

:125

Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву.

:126

Шу кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила.

:127

Ас ца боьху шуьга цунна тIехь мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац.

:128

Аш бо хIор айеллачу меттигехь гIирс /билгало еш лелачарна/ самукъадуьйлуш.

:129

Луьйцуш ду шу /бакхий/ гIирсаш, шаьш гуттар лаьттар ду моьттуш.

:130

Шаьш тухуш, туху аш къинхетам боцуш.

:131

Шу кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила.

:132

Шу кхера Ша шуна хуург шуна шортта деллачух.

:133

Цо шуна шортта делла даьхни а‚ кIентий а,

:134

Бошмаш а‚ шовданаш а.

:135

Баккъалла а, со кхоьру шуна дезачу дийнанIазапах”.

:136

Цара элира: “Цхьатерра ду тхуна, ахь хьехам бийчи а‚ я хьо хьехам бечарах ца хилчи а.

:137

ХIара хьалхалерачийн гIиллакх бен дац.

:138

Тхуна Iазап дийр долуш дац”.

:139

Цара иза харцвира‚ тIаккха Оха уьш хIаллакбира. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хили-кх царах дукхах берш муъмин нах.

:140

Баккъалла а, хьан Кхиошкхобург - Иза ву-кх Ша веза верг а‚ къинхетаме верг а.

:141

Харцбира Самудаша а элчанаш.

:142

Ма элира цаьрга церан вашас Салихьо: “Шу ца кхоьру?

:143

Баккъалла а, со шуна тешаме элча ву.

:144

Кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила.

:145

Ас ца боьху шуьга цунна тIехь мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац.

:146

Шу дуьтур долуш ду ткъа кхузахь шаьш долчахь (х1окху дуьненахь гуттар ни1маташкахь), кхерам а боцуш?

:147

Бошмашкахь а‚ шовданашкахь а.

:148

Ялтанашкахь а‚ хурманашкахь а - шен стом хьена болчу.

:149

Аш туьсту лаьмнех цIенош курадовлуш.

:150

Кхералаш Делах‚ суна муьтIахь а хилалаш.

:151

Шу муьтIахь ма хилалаш исрап деш болчераномрана.

:152

Уьш бу лаьттахь боьханиг деш берш‚ диканиг ца до цара.

:153

Цара элира: “Баккъалла а, хьо шена нуьцкъала бозбуунчалла динчарах ву-кх.

:154

Хьо ма дац тхо санна адам а бен‚ дāладе делил, хьуо велахь бакълуьйчарах”.

:155

Цо элира: “ХIара эмкал ю. Цунна малар ду‚ шуна а малар ду билгалдинчу дийнахь.

:156

Ма кхеталаш цунах вониг дарца - тIаккха сийлахь деза долчу дийнан Iазапосхьалоьцур ду шу”.

:157

Цара цунна урс хьаькхира - уьш дохко бевлла Iуьйранга бевлира.

:158

Iазапо схьалецира уьш. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хили-кх царах дукхахберш муъмин нах.

:159

Баккъалла а, хьан Дела - Иза ву-кх Ша веза верг а‚ къинхетаме верг а.

:160

Харцбира ЛутIан къомо элчанаш.

:161

Ма элира цаьрга церан вашас ЛутIас: “Шу ца кхоьру?

:162

Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву.

:163

Шу кхералаш Делах‚ суна а муьтIахь хилалаш.

:164

Ас ца боьху шуьга цу тIехь цхьа а мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац.

:165

Шу оьху ткъа божаршна тIе массо а Iаламера?

:166

Аш дIатесна дуьту шун Кхиош-кхобучо шайна кхоьллина хиллачу шун зударех(шайна шовкъ лахар). ХIаъ‚ шу ду-кх дозанах даьлла къам”.

:167

Цара элира: “Хьо ца сацахь‚ хIай ЛутI‚ хьо хилланне а хир ма ву арабаьхначарах”. (“Оха юьртара аравоккхур ву хьо”.)

:168

Цо элира: “Баккъалла а, со шун Iамална чIогIа оьгIазбахначарах ву-кх.

:169

Со Кхиош-кхобург‚ кIелхIарваккхалахь со а‚ сан доьзал а цара дечух”.

:170

Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ берриге а цуьнан доьзал а‚

:171

Цхьа къена зуда йоцургбухабисинчарна юккъехь.

:172

ТIаккха бохийра Оха биснарш.

:173

Оха доьттира царна тIе догIа. Ма вон хилира шайна кхерам тесначеран догIа!

:174

Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх. Ца хилира царах дукхах берш муъмин нах.

:175

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ву-кх ша веза верг а‚ къинхетаме верг а.

:176

Харцбира Айкатандайша а элчанаш.

:177

Ма элира цаьрга ШуIайбас: “Шу ца кхоьру?

:178

Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма вуй.

:179

Шу кхералаш Делах‚ суна а муьтIахь хилалаш.

:180

Ас ца боьху шуьга цу тIехь цхьа а мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац.

:181

Нийса хилийталаш /терзан/ барам‚ шу ма хилалаш /терза/ эшочарах.

:182

Озалаш нийсачу терзанца.

:183

Аш ма эшаелаш нахана церан хIуманаш‚ ма лелалаш лаьтта тIехь боьханиг даржадеш.

:184

Шу кхералаш‚ Ша шу а‚ /шул/ хьалхалерачийн уммат а кхоьллинчух.

:185

Цара элира: “Хьо шайна бозбуунчалла диначарах ву-кх.

:186

Хьо а ма дац адам бен‚ тхо санна долу. Тхо тешна ма ду‚ хьо харцлуьчарах ву аьлла.

:187

Ахь егае тхуна кийсакаш стиглара‚ хьо велахь бакълуьйчарах”.

:188

Цо элира: “Сан Кхиош-кхобург дика хууш ву-кх аш дийриг”.

:189

ТIаккха цара иза харцвира‚ тIаккха уьш схьалецира IиндагIан дийнанIазапо. Баккъалла а, иза хилира деза – доккхачу дийнан Iазап.

:190

Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хилира-кх царах дукхах берш муъмин нах.

:191

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ву-кх веза верг а‚ къинхетаме верг а.

:192

Баккъалла а, иза /Къуръан/ - Iаламийн Дегара охьадоссар ду.

:193

Охьадоьссира цуьнца (Къуръанца) Тешаме Са.

:194

/Цо дийшира и хьуна/ хьан дагчохь /ч1аг1даллалц/ хьо хилийтархьама кхерам тосучарах.

:195

Билгалчу Iаьрбийн маттахь.

:196

Баккъалла а, иза хьалхахиллачеран жайний чохь а ду.

:197

Царна ца хилла-те делил и хууш хилар Исраилан кIентийн Iеламнахана?

:198

Оха иза /Къуръан/ доссийна хиллехьара кхечу къаьмнийн цхьаболчаьрга‚

:199

Цара иза царна доьшура дара - хир бацара уьш цунах а тешаш.

:200

Иштта диллира Оха и (Къуръан харцдар) къиношдечеран дегнашка.

:201

Тешар бац уьш цунах шайна лазаме долу Iазап галц.

:202

Иза догIур ду царна цIеххьана‚ шайна хаа ца луш.

:203

Цара тIаккха эр ду: “Вайна цхьа /кIеззиг/ хан ца ло /Iазап ца деш/?”

:204

Тхан Iазапаца сихло уьш?

:205

Хьуна ца гора Оха уьш шерашкахь /дуьненахь/ бāхийтича а…

:206

ТIаккха деара цаьрга‚ шайца хир ду‚ аьлла‚ ваIда дина хилларг.

:207

КIелхьар ца бехира уьш /Делан Iазапах/ царна белла хиллачу бахамо.

:208

Оха хIаллак ца йира цхьа а юрт шена кхерамчаш боцуш

:209

/Царна/ дагадайта. Тхо ца хилира зуламхой.

:210

Ца доьссира цуьнца шайтIанаш (шайтIанаша ца доссина и Къуръан, цхьаболчу керстанаша ма бохху).

:211

Тарлуш дац царна (шайтIанашна вехьешца охьадисса)‚ царна ницкъ ца кхочу.

:212

Уьш /шайтIанаш маликашка/ ладогIарахдIасакъастийна ду.

:213

Ма кхайкха Делаца кхин деле - тIаккха хьо хир ву шайна Iазап дийрдолчарах.

:214

Ахь хьехам бехьуна юххера гергарчаьрга.

:215

Хьан тIам охьабахийта муъмин нахах хьайна тIехьахIоьттинчарна (кIеда-мерза хила цаьрца).

:216

Цара хьуна Iесалла яхь‚ ахь āла: “Со цIена ву-кх аш дечух”.

:217

Хьо тIетовжаШа веза волчунна а‚ къинхетаме волчунна а.

:218

Шена хьо гуш волчунна хьо ирахIуттучу хенахь.

:219

Хьан дIасаидар а ду сужуд дечеран юккъехь.

:220

Баккъалла а, Иза ву-кх хозуш верг а‚ хууш верг а.

:221

Ас дуьйций шуна /хIай Маккан керстанаш/‚ шена тIешайтIанаш дуссучух?

:222

Уьш дуьссу хIор харцлуьчунна а‚ къинош дечунна а тIе.

:223

Цара /шайтIанаша маликашкара къайленаш/ хазар бозбуунчашка кхуьссу‚ царах дукхах берш харцлуьйш бу.

:224

Назманчаш - царна тIаьхьахIуьтту тилабелларш.

:225

Хьуна ца го уьш массо а буьйрахь дIасауьйдуш?

:226

Цара дуьйцу шаьш ца дийриг

:227

Ийман диллинарш‚ дика Iамалш йинарш‚ дуккха Дела хьехийнарш боцурш - царна гIо хилира шайна зулам динчул тIаьхьа. ТIаьхьа хуур ду зулам диначарна‚ муьлхачу хьовзарна шаьш тIехьовзур ду.