Дерриге а Исламан библиотека

25 - The Criterion - Al-Furqān .

:1

Беркате хили Ша къастордоссош хилларг Шен легаи хилийтархьама Iаламашна кхерамча.

:2

Иза /АллахI-Дела/ ву стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Шегахь дерг‚ Цо ца лаьцна доьзалхо‚ вац Цунна накъост паччахьаллехь. Цо кхоьллина массо а хIума‚ барам бина цунна (массо а хIуманна) барамца.

:3

Цара лецира‚ Иза а витина‚ делий‚ цара хIумма ца кхуллу‚ уьш шаьш кхуллуш бу /Дала/. Цара дола ца до шайн синошна зенна а‚ пайденна а‚ цара дола ца до даларна а‚ дахарна а‚ дендарна а.

:4

Элира цатешачара: "ХIара /Къуръан/ харцдерг ду‚ ша цо (пайхамара) кхоьллина долу‚ цунна гIо дина цу тIехь кхечу наха а". Цара деана зулам а‚ харцдерг а.

:5

Цара элира: "Хьалхалеранчерантуьйранаш ду. Цо (Мухьаммада) яздайтина уьш‚ уьш цунна доьшуш ду Iуьйранна а‚ суьйранна а".

:6

Ахь āла: "Иза /Къуръан/ доссийна Ша стигланашкахь а, лаьттахь а къайле хууш волчо. Баккъалла а, Иза хилла т1ех гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а".

:7

Цара элира: "ХIун ду хIокху элчанна? Даар доу цо‚ базаршкахула лела иза. Доьссина хиллехьара цуьнга малик, т1аккха и хуьлуш цуьнца цхьана кхерамча.

:8

Я кхоьссинехьара цуьнга хазна‚ я хиллехьара цунна беш, цо цу чуьра юуш". Элира зуламхоша: "Шу тIаьхьахIиттина ма ду шена бозбуунчалла динчу стагана".

:9

Хьажал‚ муха далийна цара хьуна масалш – тилабелла уьш‚ /бакъдолчунна тIе/ некъ /лаха/ ца могу царна.

:10

Беркате хили Иза‚ Шена лиъча, хуьлуьйтур яра хьуна цул диканиг – бошмаш‚ шена бухахула хиш оьхуш йолу‚ хуьлуьйтур яра хьуна гIаланаш.

:11

ХIаъ‚ цара харцдира сахьт. Оха кечйина сахьт харцдинчунна /жоьжахатин/ цIе.

:12

Цунна (жоьжахатина) уьш гича генарчу меттигера‚ царна хезар ду цуьнан дералла а‚ угIар а.

:13

Цу чуьра готтачу меттиге шаьш кхиссича‚ дIадихкина а долуш /куьйгаш логех/‚ цара кхойкхур дара хIаллакхиларе.

:14

/Эр ду цаьрга/: "Аш ма кхайкха тахана цхьана хIаллакхиларе‚ кхайкха дуккха а хIаллакхиларшка!"

:15

Ахь āла: "ХIара тоьлу‚ я гуттаренна а йолу /ялсаманин/ беш /тоьлу/‚ ша /Делах/ кхоьручарна хир ю аьлларг? И хилира царна бекхам а‚ т1етовжийлаа".

:16

Царна цу чохь шайна луург ю‚ гуттар /шаьш цу чохь/ лаьтташ. И хили хьан Кхиош-кхобучунна т1ехь жоьпаллин ваIда.

:17

Ша уьш а‚ цара, И витина, шайна Iибадат динарш а гулбинчу дийнахь‚ Цо эр ду: "Аш тилийра хIара Сан леш‚ я шаьш /нийсачу/ новкъах бевлира уьш?"

:18

Цара эр: "Вонах цIена ву Хьо‚ тхуна оьшуш ца хилира Хьо воцург верасаш лийца‚ делахь а, Ахь зовкх хьегийтира цаьрга а‚ церан дайшка а царна хьехам бицбаллалц‚ уьш хилира хIаллакхилла къам".

:19

/Эр ду Дала/: "Цара шу харцдира аш дуьйцучуьнца‚ шуна ца могу духатоха а /шайх Iазап/‚ гIо хилийта а. Шух милла велахь а зулам деш‚ – цуьнга Iовшуьйтур ду Оха доккха Iазап".

:20

Оха ца вахийтина хьол хьалха а элчанех /цхьа а/, цара кхача боуш а, уьш базаршкахула лелаш а бен. Оха хилийтира шух цхьаберш вукхарна питана. Аш собар дой? Хилира хьан Кхиош-кхобург гуш верг.

:21

Элира Тхуна дуьхьалкхетаре дог ца дохучара: "Вайна доссинехьара маликаш‚ я вайна гуш велахьара вайн Кхиош-кхобург". Уьш курабевлира шаьшлахь‚ /Делан/ дозанех бевлира уьш бāларал а сов.

:22

Шайна маликаш гинчу дийнахь – кхаъ хир бац оцу дийнахь къинош диначарна‚ цара (маликаша) эр ду: "Хьарам бина хьарам бу".

:23

Тхо тIедирзира цара (керстанаша дуьненахь) йинчу Iамална‚ цунах хилийтира Оха баьржина чим(ца лерира Оха церан Iамалш).

:24

Ялсаманин дай оцу дийнахь дика хир бу чIагIбаларан меттигца а‚ вуно дика хир бу /делкъахь/ садаIаран меттигца а.

:25

Цу дийнахь етIар ю стигал мархашца‚ охьадоссор ду маликаш /могIаршца/ охьадоссорца.

:26

Хьакъ-бакъ долу паччахьалла цу дийнахь Къинхетам болчунна (Далла) ду. И хилирацатешачарна хала /де/.

:27

Цу дийнахь зулам динчоцергаш юьхкур ю шен куьйгех‚ эр ду: "Ма декъазваьлла-кх со. Элчанца некъ лаьцна хиллехьара ас.

:28

Ма бала бу-кх суна! Ма лаьцнехьара-кх ас хьенех доттагI.

:29

Тилийра цо со хьехамах‚ и соьга беъначул тIаьхьа. ШайтIа хилира адамна ямартхо".

:30

Элира элчано /Деле далхош шен г1уллакх/: "Сан Кхиош-кхобуш волу Дела‚ баккъалла а, сан къомо хIара Къуръан дIатесна ма дити!"

:31

Иштта хIора пайхамарна а Оха хилийтира мостагI къинош диначарах. Тоьур ду хьуна хьан Кхиош-кхобург хилар нисвеш верг а‚ гIоьнча а.

:32

Элира цатешачара: "Доьссинехьара цуьнга /хIара/ Къуръан цхьана тептарца". Иштта/доссийна Оха и/ шеца хьан дог чIагIдархьама‚ Оха дийшира и тIеттIа".

:33

Хьоьга дахьар дац цара цхьа а масал (хаттар), Оха хьуна луш /и духатухуш/ бакъдерг а, вунō хаза тидар а бен.

:34

Шаьш гулбийр берш шайн яххьаш т1ехь /текхош/ жоьжахатина тIе – уьш бу вон берш меттигаца‚ уггар тилабелларш некъаца.

:35

Оха делира /хьалха/ Мусага жайна‚ вазирхилийтира цуьнца цуьнан ваша ХIарун.

:36

Оха элира: "ДIагIо шу шиъ шаьш Тхан аяташ харцдинчу /Фир1авнан/ къомана тIе". ТIаккха Оха уьш бохийра /ч1ог1ачу/ бохорца.

:37

Нухьан къам а‚ цара элчанаш харцбича‚ хин бухабахийтира Оха уьш. Оха хилийтира царах нахана делил. Оха кечдира зуламхошна лазош долу Iазап.

:38

Iадаш а‚ Самудаш а‚ Рассан дай а, царна юккъехь тIаьхьенаш дуккха а /хIаллакйира Оха/.

:39

ХIоранна Оха далийра шен масалш‚ хIора а Оха хIаллаквира хIаллакварца.

:40

Уьш (Маккан керстанаш) ма бахарий юьртатIе‚ шена тIе вонан догIа дилхина хиллачу. Ткъа уьш хилира и ца гуш? ХIан-хIа! Уьш хилира юхадендаре дог ца дохуш.

:41

Хьо шайна гича‚ хьох белар до цара: "ХIара ву Дала ваийтинарг элча вина?

:42

Вай вайн делех дIатиладарах ца соцу-кх иза‚ вай царна тIехь собар ца дахь". ТIаьхьа хуур ду царна шайна Iазап гича‚ мила хилла уггар тилавелларг некъаца.

:43

Хьуна гини-й и шен чIогIа дезачу хIуманах шена дēла лаьцнарг? Ткъа хьо хир вара цуьнан тIехь векал? (Хьуна могур ма дац и нисван).

:44

Я хьуна моьтту царах дукхах берш хозуш я ойла еш бу? Уьш-м бежнаш санна а бен баций. ХIаъ‚ уьш вуно а тилабелларш бу некъаца.

:45

Хьо ца хьоьжу хьан Кхиош-кхобучунга‚ муха даржина Цо IиндагI? Шена лиънехьара‚ Цо и хуьлийтара дара /паргIат/ сецца. ТIаккха Оха малх хилийтира цунна тIехь делил.

:46

ТIаккха Оха Тхайна тIе озадира и (IиндагI) дайа озадарца (кIез-кIеззиг доккхуш дIа даьккхира Оха и IиндагI, тIаккха кIез-кIеззиг юхахуьлуьйту).

:47

Иза ву Ша хилийтинарг шуна буьйса духархилла‚ наб – синтем хилла. Цо хилийтина де юхадендалархилла.

:48

Иза ву баийтинарг мох кхаъ хилла Шен къинхетамалхьалха‚ Оха охьадоссира стиглара т1ех цIена хи.

:49

Цуьнца Оха денбархьама белла мохк‚ и маладо Оха /шортта/ Тхаш кхоьллинчух бежнашна а‚ дуккха нахана а.

:50

И (хи) даржийра Оха царна юккъехь царна дагадайтархьама /Делан ниIмат/. Т1аккха а нахах дукхахберш дуьхьал хилира керстаналла доцучунна.

:51

Тхуна лиънехьара‚ Оха ваийтина хир вара хIор юртахь кхерамча.

:52

Хьо муьтIахь ма хилалахь цатешачарна‚ къийсам латтабе цаьрца цуьнца (Къуръанца) боккха къийсам.

:53

Иза ву ши хIорд хецна битинарг /я оьхучу хин ши агIо хецна йитинарг/: хIара: теза – мерза‚ хIара: дуьра-чемаза. Цо хилийтина цу шиннан юккъехь /доккха/ пардо а‚ чIогIа дуьхьало а уьш /вовшах ца эн /.

:54

Иза ву кхоьллинарг хих адам‚ Цо цунна хилийтина шен тайпан агIорхьара гергарло а, зударийн агIорхьара (захаллин) гергарло а. Хилира хьан Кхиош-кхобург ницкъ кхочуш.

:55

Цара Iибадат до, Дела а вуьтий, шайна пайда а‚ зен а ца дечунна. Хили цатешарг шен Кхиош-кхобучунна дуьхьал гIоьнча.

:56

Хьо ца вахийтина Оха кхаъ боккхург‚ кхерам тосург хилла а бен.

:57

Ахь āла: "Ас шуьга ца боьху цунна т1ехь цхьа а мах‚ шена луучо шен Кхиош-кхобучуьнга некъ лацар бен".

:58

Хьо тIетовжа ша дийнаволчунна (Далла)‚ лийриг воцчу‚ тасбахь де Иза хасторца. Кхачо ю Цуьнца Шен лейн къинош дика довзарца.

:59

Ишттанниг ву Иза Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг ялх дийнахь‚ тIаккха дIанисвелла Иза IаршатIехь. Къинхетаме верг ву Иза. Хатта цуьнах дика хууш волчуьнга.

:60

Шайга аьлча: "Сужуд де Къинхетаме волчунна"‚ цара элира: "Мила ву и Къинхетаме верг? Ткъа оха сужуд до ахь тхуна омра дечунна?" Цо совбехира уьш /Делан некъах/ дог даларца.

:61

Беркате ву /Дела/, Ша стиглахь /седарчийн/ г1аланашйинарг‚ Цо бина цу чохь чиркх а‚ нуре болу бутт а.

:62

Иза ву хилийтинарг буьйса а‚ де а хийцалуш шена луучунна ойла ян‚ я баркалла āла.

:63

Къинхетаме волчун леш бу – шаьш эсала (кура боцуш) лаьттахула лелаш берш, шайца жехIал наха къамел деш‚ олуш берш: "Салам!"

:64

/Далла/ сужудане баханчу хьолехь а, ирах1оьттина лаьтташ а ламазаш дарций буьйсанаш ден еш берш а /бу/.

:65

Олуш берш /а бу/: "Тхан Кхиош-кхобург! ДIадаккхалахь тхох жоьжахатин Iазап. Баккъалла а, цуьнан Iазап хилла тIедоьжна (къинош дечарах ца къаьсташ).

:66

Баккъалла а, ма вон хили-кх иза /чохь/ латтарна а‚ /садаIа/ меттиг хиларна а".

:67

ШIаьш /сагIа доккхуш, кхин/ харжаш еш, кхоам а беш‚ пис а ца хуьлуш‚ цу юккъехь хIоьттина лаьтташ берша /бу Цу Делан дика леш/.

:68

Делаца кхин деле ца кхойкхуш берш а /бу Делан дика леш/. Цара ца дойу са, Дала ша /ден/ хьарам дина долу‚ /ден/ хьакъ долуш бен. Зина ца до цара. И деш верг къица дуьхьалкхетар ву.

:69

Шозза алсам доккхур ду цунна (Делаца накъост лаьцначунна) Iазап къематдийнахь‚ гуттар лаьттар ву иза цу чохь сийсаза хилла.

:70

Ша тōба динарг а‚ ийман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а воцург – уьш бу Дала шайн вонаш диканашца хийцор дерш. Хили Дела т1ех гечдеш верг а‚ къинхетаме а верг.

:71

Тōба динарг а‚ дика Iамал йинарг а – баккъалла а, цо тōба до Деле /къиношна/ дохко валарца.

:72

Харц тешалла ца деш берш а‚ шаьш даьссачу хабарна уллохула боьдуш – оьзда чекхболуш берш а /бу царах/.

:73

Шайн Кхиош-кхобучун аяташ шайна тIехь хьехийча, къора хиларций а, б1аьрзе хиларций а царах д1а ца боьрзу уьш.

:74

Олуш берш / бу уьш/: "Тхан Кхиош-кхобург‚ лōлахь тхуна тхан зударех а‚ доьзалах а бIаьрг бекхабалар‚ тхо хилийталахь /Делах/ кхоьручарна масал (уьш Тхуна тIаьхьахIуттуш)".

:75

Царна ял лур ю /ялсаманин/ хIусамца цара /ийманца/ собар дарна. Цигахь царна дуьхьалдогIур ду /маликаш/ маршаллица а‚ саламца а.

:76

Гуттар лаьттар бу уьш цу чохь. Ма хаза хили и сацавала меттиг хиларца а, /хьошалг1а/ восса меттиг хиларца а /ша Делах кхоьручунна/!

:77

Ахь āла: "Шуьца бала хир бацара сан Кхиош – кхобучун шун /халонашкахь а, баланашкахь а Цуьнга/ кхайкхар ца хиллехьара. Аш харцдина /Цуьнан дин/ – тIаьхьа хир ду шуна иза хилаза ца дōлуш дерг".