All Islam Directory
1

Сурат ду Оха ша доссийна долу‚ Оха /шен хьукамаш кхочушдар/ фарз дина долу‚ Оха доссийна цу чохь билгала долу аяташ – аш ойла йийр яцара-те!

2

Кхахьпа лела зуда а‚ кхахьпа лела стаг а – тоха цу шиннах хIоранна бIе гIаж. Шун ма хуьлийла цу шиннах доглазар Делан динехь‚ нагахь санна шу хиллехь тешаш Делах а‚ эхар /догIур долчу/ дийнах а. Церан шиннан а таIзар гойла муъмин нахах цхьана тобанна.

3

Кхахьпа лелачу стага ялор яц кхахьпа лела зуда я /Делаца/ накъост лоцузуда а бен‚ кхахьпа лела зуда юьгур яц кхахьпа лелачу стага я /Делаца/ накъост лоцучу стага а бен‚ – хьарам дина иза муъмин нахана.

4

Оьздачу зударшна тIе бехк кхуьссушберш /уьш нахаца лела аьлла/‚ тIаккха цара виъ теш ца валавахь – тоха царна езтIкъа гIаж. Кхин церан тешалла къобал ма делаш цкъа а. Уьш – песакъашбу.

5

Шаьш цул тIаьхьа тōба а дина‚ дика Iамал йинарш боцурш – тIаккха‚ баккъалла‚ Дела т1ех гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.

6

Шайн зударшнабехк кхуьссуш берш‚ шайна тешаш боцуш‚ шаьш бен‚ – царах цхьанно тешалла дойла Делаца доьазза‚ баккъалла а‚ ша бакълуьйчарах ма ву‚ аьлла.

7

ПхоьазлагIа Делан неIалт хуьлда шена‚ нагахь санна ша хиллехь харцлуьйчарах‚ аьлла.

8

Цунах (зудчух) таIзар духатухур ду цо тешалла дарца Делаца диъ тешаллица‚ баккъалла а‚ иза (и шен мар) харцлуьйчарах ма ву‚ аьлла.

9

ПхоьазлагIа Делан оьгIазло хуьлийла шена тIехь‚ нагахь санна и хиллехь бакълуьйчарах‚ аьлла.

10

Делан комаьршалла а, Цуьнан къинхетам а ца хиллехьара шуна тIехь‚ И Дела тōба т1ех/дукха/ къобалдийриг а‚ хьукам /нийса/ дийриг ца хиллехьара /хIаллакхир дара шу/.

11

Баккъалла а, и эладитадеънарш – шух цхьа тоба ма ю. Шуна ма мотталаш и шуна вон ду. ХIаъ‚ и шуна дика ду. Царах хIор стагана къинах ша карадинарг ду. Царах шена тIе цуьнан (къинан) доккханиг лаьцнарг– цунна доккха долу Iазап ду.

12

И шайна хезча, хIунда ца моьттура муъмин божаршна а‚ муъмин зударшна а шайн дегнашкахь диканиг‚ цара хIунда ца элира: "ХIара билггала эладита ду-кх?"

13

Виъ теш валийнехьара цара цунна тIехь. Цара тешаш ца балабахь, – уьш бу Далла гергахь шаьш харцлуьйш берш.

14

Делан комаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а ца хиллехьара шайна тIехь дуьненахь а‚ эхартахь а‚ шу лаьцна хир дара аш тIех дийцинчохьдеза-доккхачу Iазапо.

15

Аш тIе ма лоцу и шайн маттаца‚ ма дуьйцу шайн баганашца шайна шеца цхьа а Iилма доцург‚ шуна моьтту и атта ду‚ иза Далла гергахь деза- доккха ду.

16

Шайна иза хезча, аш хIунда ца элира: "Тхуна мегар дац иза дийца. Вонах цIена ву Хьо‚ ма деза-доккха эладита ду-кх хIара".

17

Дала хьоьху шуна ишттачунна тIе шу цкъа а цадерзар‚ шу муъмин нах делахь.

18

Дала билгалдо шуна аяташ. Дела хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву.

19

Баккъалла а, ийман диллинчаьргахь боьханиг даржа лууш берш – царна лазош долу Iазап хир ду дуьненахь а‚ эхартахь а. Далла хаьа‚ шуна хаац.

20

Делан коьмаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а шайна ца хиллехьара, и Дела диканиг лууш а‚ къинхетаме а вацахьара /хIаллакхир дара шу/.

21

ХIай ийман диллинарш! ШайтIанан гIулчашна тIаьхьа ма хIитталаш. ШайтIанан гIулчашна тIаьхьахIоьттинарг – баккъалла цохьоьху боьханиг а‚ инкарло а. Шайна тIехь Делан коьмаршалла а‚ Цуьнан къинхетам а ца хиллехьара, шух цхьа а цкъа а цIанлур ма вацара. Делахь а, Дала цIанво Шена луург. Дела хозуш верг а‚ хууш верг а ву.

22

Дуй ма боийла шух шегахь коьмаьршалла а‚ хьал а долчо гергарчарна а‚ мискачарна а‚ Делан новкъахь дIакхелхиначарна а /сагIа/ лур дац,алий. КъинтIера болийла уьш‚ бехказбохийла цара. Шуна ца деза Дала шайна гечдар? Дела т1ех гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.

23

Баккъалла а, оьздачу‚ /шайна боьханиг/ ца девзачу муъмин зударшна бехк кхуьссуш берш – дуьненахь а‚ эхартахь а неIалт аьлла царна‚ царна деза-доккха Iазап а ду.

24

Оцу /къемат/дийнахь тешалла дийр ду царна тIехь церан меттанаша‚ церан куьйгаша а‚ церан когаша а цара лелош хиллачуьнца.

25

Оцу дийнахь Дала бийр бу царна хьакъ-бакъ болу бекхам. Царна хууш ду и Дела Ша вуйла билгала бакъдерг.

26

Боьха /лела/ зударий – боьхачу божаршна‚ боьха /лела/ божарий – боьхачу зударшна. ЦIена /лела/ зударий – цIенчу божаршна‚ цIена /лела/ божарий – цIенчу зударшна. Уьш /Iаишат и саннарш/ цIена бу цара дуьйцучух. Царна гечдар а ду‚ сийлахь рицкъ а ду.

27

ХIай ийман диллинарш! Шу чу ма гIолаш шайн доцчу цIеношка бакъо а ца йоьхуш‚ церан дайшка салам ца луш. Иза шуна дика ду /шу ц1еххьана царна чу г1очул/. Аш ойла йийр яцара-те?

28

Шуна ца каравахь цу чохь (цу нехан цIеношкахь) цхьа а – чу ма гIолаш шайна пурба даллалц. Шайга "Юхадерза" алахь – юхадерзалаш /чу ца гIош/. Иза вуно а цIена ду шуна. И Дела аш дийриг хууш ву.

29

Къа дац шуна бēхаш нах боцчу, шуна оьшу хIуманаш / я пайда болчу/ цIеношначу шу даха. И Дела хууш ву аш гучудоккхуриг а‚ аш д1ахьулдийриг а.

30

Ахь āла муъмин нахе охьатухийла цара шайн хьēжар‚ шайн эвхье меженаш ларйойла цара. Иза вунō а цIена ду царна. Баккъалла а, Дела дика девзаш ву цара дийриг.

31

Ахь āла муъмин зударшка охьатухийла цара шайн хьēжар‚ ларйойла цара шайн эвхье меженаш‚ ма гойтийла цара шайн хазнашцунах гучахьерг бен‚ цара тIе кхуссийла шайн кхоллар шайн некхийн гонахьа. Цара ма гойтийла шайн хазнаш шайн марошка‚ я шайн дайшка‚ я шайн маройн дайшка‚ я шайн кIенташка‚ я шайн маройн кIенташка /кхечу зударша бина болу/‚ я шайн вежаршка‚ я шайн вежарийн кIенташка‚ я шайн йижарийн кIенташка‚ я шайн /хьалхахь гIуллакх деш болчу/ зударшка‚ я шайн аьтту куьйгаша доладиначаьрга‚ я тIехьоьжуш болу шайн шовкъ дIаялла болу божаршка‚ я зударийн эвхье меженашка ца хьоьжучу берашка а бен. Шайн когаш ма беттийла цара шаьш хьулдина шайн хазалла довзийтархьама. Тōба де Деле массараа‚ хIай муъмин нах‚ шу даккхийден тарло.

32

Зударий бāлабе шайх жера-божаршна а‚ шайн лēх дикачарна а‚ маре ло шайн лай-зударий. Нагахь уьш миска хилахь, – Дала хьал лур ду царна шен коьмаршаллах. Дела тIех комаьрша ву /Шен луучунна шортта рицкъ луш/‚ хууш ву.

33

Юхаозалуш хуьлийла /нахаца леларх/ шайна зуда ялор /маре бахар/ ца нисбелларш Дала шайна Шен комаьршаллах хьал даллалц. Шун аьтту куьйгаша доладиначарах азат бāла язбала лууш берш – язбе уьш, нагахь санна шуна хаалахь цу чохь диканиг. ДIало царна Делан бахамах‚ Цо шуна белла болчу. Ма теIабелаш шайн мехкарий кхахьбаллина тIе‚ царна лиънехь цIена хила‚ аш дуьненан дахаран хиламаш (бахам) лоьхуш. Уьш тIетеIош верг /кхахьбаллина- цунна та1зар дийр долуш ду Дала/... Дела уьш /ницкъа/ тIетеIабиначул тIаьхьа/цу зударшна/ гечдеш а ву‚ къинхетаме а ву.

34

Ōха доссина шуьга /массо х1ума/ билгалдоху аяташ а‚ шул хьалха баханчеран /дāхаран/ масал а‚ /Делах/ кхоьручарна хьехам а.

35

Дела–стигланийн а‚ лаьттан а нур ду . Цуьнан нур пенан юкъах тера ду, шена чохь чиркх болчу. Чиркх шишана чохь бу. Шиша /нур/ лепачу седах тера ду. Беркатечу зайт-диттан /даьттанах/ латабо и (чиркх). Малхбалехь а‚ малхбузехь а дац и (дитт-яьссачу арахь ду, гуттар малх кхетарца шен стоьмаш сиха а, хаза а мадлуш). Даьтта герга ду къага шех цIе хьакхаелла яцахь а. Нур тIехь а нур ду. Нисво Дала Шен нур тIе Шена луург. Дāладо Дала масалшнахана. И Дела массо а хIума хууш верг ву.

36

/И нур ду Делан/ цIеношкахь (маьждигашкахь) Дала шаьш /сийдеш/ лакха дахан а‚ шайна чохь Цуьнан цIе хьехаян а омра дина долчу. Царна чохь Далла тасбахь (ламазаш) до Iуьйранна а‚ суьйранна а -

37

/Муъмин/наха, шаьш йохк-эцаро юкъахбохур боцуш Дела хьехорах а‚ ламаз хIотторах а, закат даларх а. Уьш кхоьру /къемат/дийнах‚ шен /ирчаллих нехан/ дегнаш а‚ бIаьрса а детталур долчу.

38

Дала шайна бекхам бархьама шаьш дийначух уггар хазачуьнца‚ Цо шайна совдаккхархьама Шен комаьршаллах. И Дела рицкъ луш ву Шена луучунна хьесап а доцуш.

39

Цатешнарш – церан Iамалш шерачу арахь /хIуттучу/ йилбазгIалахтера ю: хьогах волчунна и хи ду метта‚ и цунна тIевахча, – и хIумма ца карайо цунна. Цунна караво Дела шена гергахь – Цо кхочушдо цуьнан хьесап (шен Iамалашка хьожий Дала бекхам бо цунна). И Дела хьесап дарехь сиха верг ву.

40

Я /Делах цатешачеран 1амалаш/ тера ю кIоргачу хIоьрда чохь болчу боданах‚ ша хьулбеш болчу толгIано. Цунна тIехула толгIа ю‚ цунна тIехула марха ю. Боданаш ду цхьадерш вукхарна тIехь‚ цо шен куьг арадеккхи ча, – цунна и ган ца туьгу. Дала шена нур ца диначунна цхьа а нур дац.

41

Хьуна ца хиъна и Дела хилар Шена тасбахь деш стигланашкахь а‚ латтахь а мел волчо‚ могIаршца /тIама деллачу/ олхазарша а? ХIоранна хиъна шен ламаз а‚ шен тасбахь а. И Дела хууш ма ву цара дийриг.

42

Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Деле ду дIадерзар а.

43

Хьуна ца го Дала д1алохку мархаш‚ тIаккха тIегулйо уьш‚ тIаккха Цо уьш хуьлуьйту тIеттIа /барз/‚ хьуна го догIа церан юккъехула схьадолуш‚ Цо доссадо стиглара /мархийн/ лаьмнаш‚ шайна чохь тIкъес йолуш. Шена луучунна туху Цо и‚ Шена луучух юха дIахьавзайо. ТIкъесан нуро /нехан/ бIаьрса дIахьош лаьтта.

44

Харцайо Дала буьйса а‚ де а. Баккъалла а, цу чохь хьехам ма бу бIаьрса долчарна.

45

Дала кхоьллина массо а дийнат хих. Царах шен гай тIехь леларг ду‚ царах шина кога тIехь леларг а ду, царах деа кога тIехь леларг ду. Кхуллу Дала Шена луург. Баккъалла а, Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочург ву.

46

Ōха доссина май билгала долу аяташ. Дала нисво Шена луург нийсачу новкъа.

47

Цара ōлу: "Тешна тхо Делах а‚ элчанех а‚ муьтIахь а хилла тхо". ТIаккха дIайоьрзу /бакъдолчу динах/ царах цхьа тоба цул тIаьхьа – уьш муъмин нах бац!

48

Шаьш Далла а‚ элчанна а тIе кхайкхича шайн юккъехь хьукам дан – царах цхьа тоба дуьхьалйолу.

49

Шайна хилахь бакъо– цунна тIе богIу уьш, муьтIахь хуьлий.

50

Церан дегнашкахь цамгар ю-те‚ я шекбевла-те уьш‚ я кхоьру-те уьш Дала а‚ Цуьнан элчано а шайца нийсо ца ян? ХIаъ! Уьш зуламхой бу!

51

Баккъалла а, муъмин нехан дош хили шаьш Далла а‚ Цуьнан элчанна а тIе кхайкхича шайна юккъехь хьукам дан, цара āлар: "ЛадоьгIна ōха‚ муьтIахь хилла тхо". Уьш бу баккхийбен берш.

52

Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь верг‚ Делах кхоьруш верг‚ Цуьнца вочух ларлуш верг – уьш бу толам баьккхинарш!

53

Делаца биира цара шайн чIогIа дуйнаш ахь шайга омра дича, арадовлур душаьш‚ бохуш. Ахь āла: "Аш дуй ма баа! МуьтIахь хилар дика дара /шуьгара/. Баккъалла а, Дела дика хууш ву аш дийриг".

54

Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "МуьтIахь хила Далла‚ муьтIахь хила элчанна!" Уьш дIаберзахь, цуннашена тIе диллинарг ду‚ шуна – шайна тIе диллинарг ду. Цунна /элчанна/ муьтIахь шу хилахь – шу нийсачу новкъахь ду. Элчанна-м тIехь дац билгала дIакхачор бен.

55

Дала ваIда дина шух ийман диллинчарна а‚ дика Iамалш йиначарна а Ша тIаьхье лур ю царна лаьттахь‚ аьлла‚ Ша царал хьалха хиллачарна яларх терра‚ Ша чIагIдийр ду царна шайн дин‚ Ша цунна царна реза хилла волу‚ Ша царна церан кхерамал тIаьхьа тешам лур бу (маршо лур ю)‚ аьлла. Цара Суна Iибадат дийр ду‚ цхьа а хIума хуьлуьйтур яц Суна накъосталла дан. Цул тIаьхьа керста хилларг – уьш бу песакъаш!

56

Аш хIоттаде ламаз‚ ло закат‚ шу муьтIахь хила элчанна – шух къинхетам бан мегара.

57

Хьуна ма мотталахь и цатешарш /Тхан шайна т1ехь/ ницкъ боцуш бу лаьттахь (дуьненан дахарехь). Церан чугIойла – цIе ю. Ма вон дIадерзар ду-кх и!

58

ХIай ийман диллинарш! Шуьга пурба доьхийла кхузза шун аьтту куьйго доладиначара а‚ шух кхиънаца ваьллачо а‚ сатасаран ламазал хьалха а‚ шаьш делкъахь бедар йоккхучу хенахь а‚ пхьуьйре- ламазал тIаьхьа а – шун кхо Iоврат /йолу хан ю иза/. Шуна а‚ царна а къа дац царал (цу хенал) тIаьхьа /чу бан/. ТIехьоьжуш бу шуна шух цхьаберш вуккхарна. Иштта билгалдоху Дала шуна аяташ. И Дела хууш верг а‚ хьукам /нийса/ дийриг а ву.

59

Шун бераша кхиъна баьлча,пурба доьхийла царашайл хьалхалерачарадехарх терра. Иштта билгалдоху Дала шуна Шен аяташ. Дела хууш верг а ву‚ хьукам /нийса/ дийриг а ву.

60

Зударех къанбелларш‚ маре баха дог дохуш боцу – царна къа дац шайн /тIехула йолу/ бедарш д1аяхарх‚ хазалла гучудоккхуш бацахь. Уьш оьзда хилча,– царна дика ду. Дела хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву.

61

БIаьрса доцчунна къа дац‚ астагI волчунна къа дац‚ цомгаш волчунна къа дац‚ шуна шайна а /къа/ дац аш /хIума/ яарх шайн цIеношкара‚ я шайн дайн цIношкара‚ я шайн нанойн цIеношкара‚ я шайн вежарийн цIеношкара‚ я шайн йижарийн цIеношкара‚ я шайн ден вежарийн цIеношкара‚ я шайн ден йижарийн цIеношкара‚ я шайн ненан вежарийн цIеношкара, я шайн ненан йижарийн цIеношкара‚ я шайн /цIенойн/ догIанашна аш доладечеран/цIеношкара/‚ я шайн доттагIчун /цIеношкара/. Дац шуна къа аш /хIума/ яарх цхьана‚ я шаьш-шаьш. Шаьш цIеношна чу доьдуш салам ло вовшашка Делан гергара беркате а‚ цIена а хиллачу маршаллица. Иштта билгалдоху Дала шуна аяташ – шу хила мегара хьекъале.

62

Баккъалла а, муъмин нах бу шаьш тешнарш Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ шаьш цуьнца (Делан элчанца) долуш цхьана юкъара гIуллакхна тIехь дIа ца боьдуш берш цуьнга пурба дехна а бен. Баккъалла а, и хьоьгапурба доьхурш – уьш бу Делах а‚ Цуьнан элчанах а тешаш берш. Цара хьайга пурба дехча шайн цхьацца гIуллакхна‚ пурба ло царах хьайна луучунна‚ гечдар а деха царна Деле. Баккъалла Дела гечдийриг а ву‚ къинхетам бийриг а ву.

63

Аш ма де элчане кхайкхар шайна юккъехь шайх цхьаболчеран вукхарга кхайкхарх тера. Далла бевзаш бу шух лачIкъа буьйлурш. Ларлойла и цуьнан (элчанан) омрана хилпало еш берш питна (дуьненан бала) шайх хьарчарх‚ я /эхартан/ лазош долу Iазап шайх хьарчарх.

64

Ткъа Делан дац стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг? Цунна хаьа шу Шена тIехь дерг. Уьш Шена тIеберзинчу /къемат/ дийнахь Цо цаьрга дуьйцур ду цара дийнарг. И Дела массо а хIума хууш верг ву.