All Islam Directory
1

Баккхийбийрамуъмин нах.

2

Уьш бу шайн ламазашкахь /Делах кхоьруш, Цуьнан ваззаллина/ муьтIахь берш.

3

Уьш бу даьссачу хабарех юьстахбовлуш берш.

4

Уьш бу закат доккхуш берш.

5

Уьш бу шайн эвхье меженаш ларъеш берш.

6

Шайн зударшна а‚ я шайн аьтту куьйгашадоладиначарна а бен /тIе ца гIерташ берш/ – тIаккха уьш бехке бац.

7

Царал дехьа кхийдинарш – уьш /Делан/ дозанех бевларш бу.

8

Уьш бушайх тешна дитина хIума а‚ шайца хилла барт а Iалашбеш берш.

9

Уьш бу шайн ламазаш лардеш берш.

10

Уьш бу верасаш.

11

Шайна ирсана Фирдавскхочур ерш‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар болуш.

12

Оха кхоьллина адам (дуьххьара стаг Āдам) цIенчу поппарх (топпарх).

13

ТIаккха хилийтина Оха цунах тIадамчIогIачу меттигехь.

14

ТIаккха тIадамах декъа цIий кхоьллира Оха‚ декъачу цIийх кхоьллира Оха жижиган кийсак‚ жижиган кийсаках кхоьллира даьIахкаш‚ тIаккха даьIахкий тIе жижиг дуьхийра (диллира) Оха, тIаккха Оха кхиийра кхин кхоллар. Беркате хилла Дела – кхоллархойх уггар диканиг.

15

ТIаккха‚ баккъалла а, шу цул тIаьхьа лийр ду.

16

ТIаккха‚ баккъалла а, шу къематдийнахь дендийр ду.

17

Оха кхоьллира шуна тIехула ворхI г1атт/стигал/ – Тхо ца хилира /массо а Тхаш кхоьллинчу/ халкъах гIовпал (тидам боцуш).

18

Оха доссийра стиглара хи барамца‚ и сацийра Оха лаьттахь‚ Тхо и дIадахийта а ницкъ болуш ду.

19

Оха кхиийра шуна цуьнца (догIица) хурманан а‚ кемсийн а бошмаш‚ шуна цу чохьдуккха стоьмаш а бу‚ аш царах боу.

20

Сайнаъламанах схьадолуш долу зайт-дитт а /кхоьллина Оха/‚ цунах долу зайтдаьтта а‚ чамбийриг а юучарна.

21

Баккъалла а, шуна бежнашкахь /кхин са долчу хIумнашкахь а/ масалма ду: Оха шуна малайо церан кийрахь йолчух‚ шуна цаьргахь дуккха пайданаш а бу‚ царах аш доу.

22

Царна (бежнашна) тIехь а‚ кеманна тIехь а шу д1асалеладо.

23

Оха вахийтира Нухь шен къомана тIе. Цо элира: "ХIай сан къам! Аш Iибадат де Далла‚ шуна вац И воцург кхин дела‚ шу ца кхоьру?"

24

Цуьнан къомах ца тешаш хиллачеран элаша элира: "ХIара-м адам бен дац‚ шу санна‚ иза лууш ву шуна тIехь хьалавала‚ Далла лиънехьара, Цо маликаш дохкуьйтур дара. Тхуна ца хезна оцунах тхан хьалхалерчу дайшкахь а.

25

Иза (Нухь) жинех волу стаг бен ма вац‚ шу хьовсал цуьнга цхьа хан яллалц".

26

Цо (Нухьас, Деле доьхуш) элира: "Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь гIо делахь суна цара со харцварна".

27

Оха хаам бира цуьнга вехьеца: "Кема де Тхан бIаьргий хьалхахь, Тхан хьехамца. Тхан гIуллакх деъча‚ пеш кхехкича‚ цу чу (кеманна тIе) лахка хIораннах шишша тайпа а‚ хьан доьзал а‚ царах шайна тIехь дош хьалхадаьлларш боцурш. Соьга ма хьехабелахь зулам динарш. Уьш хина бухабохуьйтур бу".

28

Хьо а‚ хьоьца верг а кеманна тIехь дIанисвелча‚ ахь алалахь: "Хастам бу Далла‚ тхо хьалхадаьхначу зуламечу къомах".

29

Ахь āлалахь: "Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ охьавоссавелахь со беркатечу меттигехь‚ Хьо уггар дика охьавоссориг ву-кх."

30

Баккъалла а, цу чохь делилаш ду-кх‚ Тхо хилла-кх зуьйш дерш.

31

ТIаккха Оха кхиийра царал тIаьхьа кхин тIаьхье.

32

Оха вахийтира цаьрга царах элча‚ Iибадат де Далла‚ шуна вац Иза воцург кхин дела‚ аьлла. Шу ца кхоьру?

33

Цуьнан къоман ца тешаш хиллачу‚ эхартаца цхьанакхетар харцдеш хиллачу‚ Оха дуьненан дахарехь шайга зовкх хьегийтинчу элаша элира: "ХIара-м адам бен дац‚ шу санна‚ аш юучух юу цо‚ аш молучух молу цо.

34

Шу муьт1ахь хилахь шаьш санначу адамна‚ тIаккха‚ баккъалла а, ма эшнарш ду-кх шу.

35

Цо ваIда до шуна‚ шу делча‚ шух латта а‚ даьIахкаш а хилча‚ шу арадохур ду‚ аьлла?

36

Ма гена ду-кх‚ ма гена ду-кх шуна деш долу ваIда!

37

ХIара вайн дуьненан дахар бен кхин дахар дац‚ ле вай‚ деха вай – вай юха дендийр дац.

38

И ву веккъа Далла тIе харцдерг кхоьллина стаг‚ вай цунах тешар дац".

39

Цо (элчано) элира: "Сан Кхиош-кхобург‚ Ахь суна гIо делахь цара со харцварна".

40

Цо (Дала) элира: "Цхьа кIеззигчу /хенахь/ уьш дохкобевлла хир бу хьуна".

41

Уьш схьалецира цIогIа тохаро‚ лаца хьакъ болуш‚ Оха нехаш йира царах. Делла дала зуламе къам!

42

ТIаккха‚ царал тIаьхьа‚ кхиийра Оха кхин тIаьхьенаш.

43

Хьалхадер дац цхьа а уммат шен Iожаллал‚ тIаьхьабуьсур а бац уьш.

44

ТIаккха тIеттIа бахийтира Оха Тхан элчанаш. Мацца а умматана тIе шен элча веъча – цара и харцвора‚ Оха царах цхьаберш вукхарна тIаьхьабахийтира. Оха царах хилийтира дийцарш. Делла дāла ца тешаш долу къам!

45

ТIаккха Оха вахийтира Муса а‚ цуьнан ваша ХIарун а Тхан аяташца а‚ билгалчу делилаца а

46

ФирIавнна а‚ цуьнан элашна а тIе – уьш курабевлира‚ царах хилира лакхадала гIерта къам.

47

Цара элира: "Тхо тешар ду ткъа тхо санначу шина стагах‚ цу шиннан нах тхуна /леш хилла/ гIуллакх деш а болуш?"

48

Цара и шиъ харцвира‚ шаьш хIаллакхиллачарах хилира.

49

Оха делира Мусага жайна‚ уьш нислур бацара-те‚ аьлла.

50

Оха хилийтира Марьяман кIантах а‚ цуьнан ненах а делил. Оха /цхьана ханна баха/ охьаховшийра и шиълекхачу меттиге‚ шен чIагIо а‚ шовда а долчу.

51

ХIай элчанаш! Даа цIенчух‚ Iамал е диканиг! Баккъалла а, Со аш деш дерг хууш ву шуна.

52

Баккъалла а, хIара шун умматцхьа уммат ду‚ Со шун Кхиош-кхобург ву‚ Сох кхералаш.

53

Цара хадийра шайн гIуллакх вовший юккъехь тобанашца. Массо а тоба шегахь долчуьнца яккхийеш ю.

54

Бита уьш шайн кегари чохь /уьш лийр болу/ хан тIеккхаччалц.

55

Царна моьтту-техьа Оха шайна шеца бахам а‚ кIентий а луш хилар

56

Оха шайна диканаш сихдар ду? ХIетте а, ца хаало-кх царна.

57

Баккъалла а, шаьш шайн Кхиош-кхобучух кхоьруш эгна берш‚

58

Шаьш шайн Кхиош-кхобучун аятех тешаш берш‚

59

Шаьш шайн Кхиош-кхобучуьнца накъостий ца луьйцуш берш‚

60

Шаьш шайн Кхиош-кхобучунна тIе д1адоьрзур дуйла а хууш, /Цунах/ шайн дегнаш кхоьруш а долуш‚ шайна /Дала/ деллачу рицкъих /сагIа/ луш берш -

61

Уьш бу диканашна тIе сихбелларш - уьш царах (шайн диканех) хьалххе т1екхуьур бу!

62

Оха тIе ца дуьллу синна цуьнан ницкъ кхочург бен. Тхоьгахь ду жайна‚ ша бакъдерг дуьйцуш долу‚ царна зулам дийр дац.

63

Церан (керстанийн) дегнаш оцунах (бакъдолчух) дIатилар чохь ду‚ царна уьш йоцурш а /кхин вон/ Iамалаш ю, шаьш еш йолу.

64

Царах ниIмат делларш Оха Iазапаца схьалаьцча‚ уьш мохь хьоькхуш бисира.

65

/Цаьрга элира/: "Мохь ма хьекха тахана – шуна Тхоьгара гIо хир дац!"

66

Хилла Сан аяташ шуна тIехь доьшуш – хилла шу царах юхадовлуш.

67

Курадевлла цуьнца (КаIбица)‚ буьйсанна /Къуръанах/ луьйш.

68

Цара ойла ца йо дашах‚ я цаьрга деана церан хьалхалерчу дайшка ца деънарг?

69

Я царна ца вевзира шайн элча‚ цара цунна инкарло а еш?

70

Я цара олу: "Цуьнца жинаш ду?" И веана цаьрга бакъдолчуьнца‚ царах дукхахберш бакъдерг ца дезаш бу.

71

Бакъдерг церан дезаршна тIаьхьа даьллехьара‚ стигланаш а‚ латта а‚ цу чохь мел дерг а хIаллакхир дара. Оха цаьрга белира /шена чохь/ шайна сий а, дозалла а долуш хьехам (Къуръан). Уьш шайна /бечу/ хьехамах д1абоьрзура.

72

Я ахь цаьрга харж йоьху? Хьан Кхиош-кхобучун харж тоьлаш ю. Иза рицкъ лучарах уггар диканиг ву.

73

Баккъалла а, ахь уьш кхойкху нийсачу новкъа.

74

Баккъалла а, эхартах цатешарш /нийсачу/ некъах дIатуьлуш ма бу.

75

Оха къинхетам бинехьара царах‚ айдинехьара царах долу зен‚ уьш кхерсташ чухьовдур ма бара шайн тиларна.

76

Оха Iазапаца схьалийцира уьш‚ амма уьш мукIар ца хилира шайн Кхиош-кхобучунна‚ /Цуьнга/ хьаста ца белира.

77

Оха шайна тIе чIогIа Iазап долу неI схьаеллалц – уьш цигахь массо а хIуманах дог диллина бисира.

78

Иза (Дела) ву кхоьллина шуна хазар а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а – ма кIезиг баркалла олу-кх аш!

79

Иза ву кхиийна шу лаьттахь – Цунна тIе шу д1агулдийр долуш а ду.

80

Иза ву дендеш верг а‚ долуьйтуш верг а‚ Цуьнан ду буьйса а‚ де а хьийзар‚ шу хьекъале ца хуьлу?

81

ХIаъ‚ цара элира хьалхалерчара аьллачух тераниг.

82

Цара элира: "Тхо делча‚ тхоьх латта а‚ даьIахкаш а хилча‚ тхо юха а дендийр ду?

83

И ваIда динера тхуна а‚ тхан дайшна а хьалха‚ иза-м хьалхалерачийн туьйранаш бен дац".

84

Ахь āла: "Хьенан ду латта а‚ цу чохь мел дерг а‚ шу хууш хиллехь?"

85

Цара эр ду: "Делан ду". Ахь āла: "Аш ойла ца йо?"

86

Ахь āла: "Мила ву ворхI стигалан Кхиош-кхобург‚ сийлахь-йоккхачу Iаршан Кхиош-кхобург?"

87

Цара эр ду хьуна: "/Уьш/ Делан ю-кх". Ахь āла: "Шу ца кхоьру /Делах/?"

88

Ахь āла: "Мила ву шен карахь массо а хIуманан паччахьалла дерг‚ ша /кхиберш/ ларош верг‚ шена дуьхьал /кхечара/ ларон йиш йоцург‚ шу хууш хиллехь?"

89

Цара эр ду: "Дела ву-кх". Ахь āла: "Ма бозбуунчалла деш ду-кх шуна!"

90

ХIаъ‚ Оха цаьрга делира бакъдерг. Баккъалла а, уьш харцлуьйш берш ма бу.

91

Дала ца лецира цхьа а доьзалхо‚ ца хилира цуьнца цхьа а дела. ТIаккха-м массо а делас ша кхоьллинарг дIахьур ма дара‚ царах цхьаберш (делий)вукхарал лакхабевр ма бара. ЦIена ву и Дела цара Шех кхуллучух.

92

Хьуламехь дерг а‚ гучахь дерг а хууш волу‚ лакхаваьлла Иза цара шеца накъост лоцучух.

93

Ахь āла: "Со Кхиош-кхобург‚ нагахь Ахь гайтанне а гайтахь суна царна хир ду аьлларг (Iазап),

94

Со Кхиош-кхобург‚ тIаккха со ма хилийталахь зуламе нахана юккъехь".

95

Баккъалла а, Тхо хьоьга гайта Оха царна ваIда динарг ницкъ болуш ду хьуна‚

96

Ахь духатохалахь вониг ша диках долчуьнца. Тхо дика хууш ду хьуна цара /Далла тIе/ кхуллург.

97

Ахь алалахь: "Со Кхиош-кхобург‚ со ларло Хьоьца шайтIанийн т1ех1усдечу /вочу/ х1уманех.

98

Со ларло Хьоьца‚ сан Кхиош-кхобург‚ уьш (шайтIанаш) суна гергадахкарх".

99

Царахцхьанна тIе валар деъча‚ эр ду: "Сан Кхиош-кхобург‚ юхаверзаве-хьа со /дуьнена/.

100

Дика Iамал ян мегара ас‚ айса ца еш йитинарг". ХIан-хIа! И дош ду цо (шайтIано‚ цатешачу стага) ша аьлла долу. Церан тIехьахь дуьхьало ю уьш юха денбийр болчу дийне кхаччалц.

101

Сур лекхча, – гергарлонаш хир дац царна юккъехь оцу дийнахь‚ вовшашка хоьттур дац цара.

102

Шайн мизан-терза дазделларш– уьш хир бу баккхийбуьйраш.

103

Шен миза-терза дайделларш– уьш шаьш хIаллакбинарш бу‚ гуттар жоьжахати чохь хир бу уьш.

104

Шайн яххьаш цIаро ягаеш‚ шаьш цу (жоьжахати) чохь кхоьлина (юьхь хабийна) хир бу уьш.

105

Сан аяташ ца хилира шуна тIехь доьшуш? Шу ма хилира уьш харцдеш!

106

Цара элира: "Тхан Кхиош-кхобург‚ тхан декъазалла туьйлира тхуна тIехь‚ тхо хили-кх тиладелла къам.

107

Тхан Кхиош-кхобург‚ арадāхахь тхо цу (жоьжахати) чуьра‚ тхо юха а тIедерзахь /къиношна/‚ – тIаккха тхо хир хьуна зуламхой".

108

Цо (Дала) элира: "ДIасовца цу чохь‚ къамел ма де Соьга!"

109

Баккъалла а, Сан лех цхьа тоба хилира олуш: "Тхан Кхиош-кхобург‚ ийман диллина оха‚ гечдехьа тхуна‚ къинхетам бехьа тхох‚ Хьо ву-кх къинхетам бечарах уггар диканиг".

110

Аш царахбелар дира оцо шуьга Сан хьехам бицбайтталц‚ шу хилира царах доьлуш.

111

Баккъалла а, Ас ял ели царна тахана цара собар дарна‚ баккъалла а, уьш бу-кх толам баьккхинарш.

112

Цо (Дала) элира: "Мел лаьттира шу лаьтта тIехь шерийн барамехь?"

113

Цара элира: "Тхо лаьттира дийнахь‚ я дийнан цхьана декъехь‚ хаттал дагардечаьрга".

114

Цо элира: "Шу кIеззиг бен ца лаьттира‚ шу хиллехьара хууш".

115

Шуна моьттина-те Оха шу кхоьллина эрна‚ шаьш Тхуна тIе д1адерзор а дац?

116

Лакхавели Дела – бакъволу паччахь‚ вац кхин дела Иза воцург – сийлахь йолчу Iаршан Да /ву Иза/.

117

Милла велахь Делаца цхьана кхечу деле кхойкхуш‚ шена цуьнца цхьа а тешалла а доцуш – цуьнан хьесап шен Кхиош-кхобучун карахь ду. Баккъалла а, баккхийбуьйр ма бац цатешнарш.

118

Ахь āла: "Со Кхиош-кхобург‚ гечдехьа‚ къинхетам бехьа‚ Хьо ву-кх къинхетам бечарах уггар диканиг".