ХIай нах! Кхера шайн Кхиош-кхобучух. Баккъалла а, сахьт дēгардоккха-деза хIума ду.
Оцу дийнахь‚ шуна шайна гуш‚ массо а /бер/ дакхош ерг йицлур ю ша дакхийначух‚ охьабуьллур бу шен /кийрахь/ мохь болчошен мохь/хеназа/‚ хьуна гур бу нах бехна – бехна бац уьш‚ делахь а, Делан Iазап чIогIа ду.
Нахах ву ша Делехь къуьйсуш верг /цхьа а/ Iилма доцуш‚ ша тIаьхьахIуттуш верг х1ор аьрхадаьллачу шайтIанна.
Цунна (шайтIанна) язделла шеца доттагIалла лелийнарг ша тилор а ву‚ цIеран Iазапе дIанисвийр а ву‚ аьлла.
ХIай нах! Шу хиллехь юха дендина /гIовторах/ шекона чохь – Оха шу кхоьллина поппарах‚ тIаккха тIадамах‚ тIаккха цIийнан улхах‚ тIаккха жижиган кийсаках‚ кеп йолуш долчух а‚ кеп йоцуш долчух а шуна билгалдаккхархьама /Тхо ницкъ болуш дуйла/. Оха дIанисдо /шу/ беран цIийначохь Тхайна ма луъу цIе тоьхна хан тIеккхаччалц‚ тIаккха Оха арадоху шу бер хуьлий‚ тIаккха шу тIекхиархьама шайн ницкъина. Шух леш верг а ву‚ шух /къанваларца/ уггар сийсазчу дахарна тIеверзош верг а ву‚ шена /дуккха а х1уманаш / хууш хиллачул тIаьхьа хIумма а ца хаийтархьама. Хьуна го латта дакъаделла. Оха шена тIе хи доссийча, и деттало‚ деста‚ /цуьнца/ кхуьу массо а хаза шишша тайпа /яраш/.
Иза ду – Дела хиларна бакъдерг‚ Цо денбийриг хиларна белларш‚ Иза хиларна массо а хIуманна тIехь ницкъберг.
/Иза ду/ – сахьтдогIург хиларна‚ цу чохь шеко яц‚ Дела хиларна денбина гIовтор болуш кешний чохь берш.
Нахах ву ша Делехь къуьйсуш верг‚ шегахь Iилма а доцуш‚ нийса некъ а боцуш‚ нуьре долу жайна а доцуш.
/Куралла ярца/ шен лаг дIагIертош Делан новкъах /нах/ тилабархьама. Цунна дуьненахь а сийсазалла ю‚ Оха Iовшуьйтур ду цуьнга къематдийнахь цIеран Iазап.
/Цуьнга эр ду/: "И ду хьан шина куьйго хьалхадаьккхинарг бахьанехь‚ Дела цахиларна а зуламаш дийриг лешна".
Нахах ву ша Далла Iибадат деш верг уьраллин юьхьига тIехьволчух тера: шех кхиъча диканиг, цуьнца паргIатволу иза‚ шех питана (бāла) кхиъча, шен юьхь тIе дIавоьрзу и /цатешарна тIе/ – дуьне а‚ эхарт а дайина цо. Иза билггала эшам бу-кх!
Цо кхойкху Дела воцучуьнга‚ шена зен ца дечуьнга‚ шена пайда ца бечуьнга. Иза ду-кх генара тилар!
Цо кхойкху шена /хуьлучу/ пайданал шена зен герга долчуьнга– ма вон эла ву-кх‚ ма вон накъост ву-кх /цо лаьцнарг‚ Дела а витина/!
Баккъалла а, Дала чубохуьйтур бу ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а бошмашна‚ шайн бухахула хиш оьхуш йолчу. Баккъалла а, Дала до Шена луург.
/Шен элчанна/ Дала дуьненахь а‚ эхартахь а гIо дийр дац моьттуш хилларг – цо муш дIатосийла тхов тIе ирхкхазвала, тIаккха хададойла /шен лаг/‚ тIаккха хьожийла шена‚ дIадехьний-те цуьнан мекарлос и оьгIазвохуьйтург.
Иштта доссийра Оха и /Къуръан/ билгала аяташ хилла‚ Дела хиларна а нисвеш Шена луург /нийсачу новкъа/.
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ жуьгтийн динехь берш а‚ сабиинаш а‚ насараш а‚ цIеран гIуллакх деш берш а‚ /Делаца/ накъост лаьцнарш а... Баккъалла а, Дала къастор ду царна юккъехь къематдийнахь. Баккъалла а, Дела массо а хIуманна тIехь теш ву.
Хьуна ца го Далла сужуд ма дой стигланашкахь волчо а‚ лаьттахь волчо а‚ малхо а‚ батто а‚ седарчаша а‚ лаьмнаша а‚ дитташа а‚ дийнаташа а‚ нахах дукхаболчара а? Дукхаболчарна Iазап хьакъ хилла. Дала сийсазвинарг‚ милла велахь а‚ – ма вац цунна сий айдан цхьа а. Баккъалла а, Дала до Шена луург.
ХIокху шина мостагIчошайн Кхиош-кхобучуьнгахь къийсира. Цатешнарш – царна бедарш хадор ю цIарах‚ церан кортошна тIе дуттур ду ц1ийдина хи.
Дāгор ду цуьнца церан гайш чохь дерг а‚ чкъор а.
Царна аьчкан чхьонкарш ю.
Царна цу чуьра бāлахьēгарх арабовла мел лии‚ цу чу юхаберзор бу уьш /эр ду/: "Iовша шайна цIеран Iазап!"
Баккъалла а, Дала чубухкур бу ийман диллинарш а‚ дика Iамалаш йинарш а /ялсаманин/ бошмашна‚ шайн бухахула хиш оьхуш йолчу‚ хазбина хир бу уьш цу чохь дашочу чIагаршца а‚ жовхIаршца а‚ церан духар цу чохь хир ду дари.
Уьш нисбина /дуьненахь/ дашах хазачуьнга /Къуръанах/‚ уьш нисбина хастамечу новкъа.
Баккъалла а, цатешнарш а‚ шаьш /нах/ дIатоттуш берш а Делан некъах а‚ Дезачу маьждигах а‚ Оха ша нахана цхьанисса /сийлахь/ хилийтина долчу шена чохь волчунна а‚ арара /зиярате/ веъначунна‚ цу чохь зуламца бакъдолчух д1ахьавзар /Делах цатешар/ дезаш верг а – Оха Iовшуьйтур ду цаьрга лазош долу Iазапах.
Хьахаде: Оха билгалъяьккхира ИбрахIимна /Хьаьж/цIийнан меттиг, олуш: "Ма лаца Соьца накъост цхьана а хIуманца‚ цIанде Сан цIаго боккхучарна а /т1аваф деш/‚ хIоьттина лаьттачарна а‚ рукIебаханчарна а‚ сужданебаханчарна а.
Кхайкха нахалахь хьаьжалла: уьш (муъмин нах) богIур бу хьуна гIаш а‚ х1ор эзачуннатIехь а‚ шаьш йогIуш хилла йолчу х1ор туьпара боьрара
Тешалла дан шайна пайданашна‚ Делан цIе хьехаян а цхьана билгалчу деношкахь‚ Цо шайна рицкъина деллачу бежанна тIехь. Даа цунах‚ дааде бāлахоьгучуннаа, пекъарнаа.
ТIаккха дIайохийла цара /Хьаьж дехкарца/ шайн боьхаллаш (гIурбан бежна динчул тIаьхьа корта баша я ларга, маIарш теда…)‚ кхочушдойла шайн нузарш‚ гобоккхийла Ширчу ЦIийнна".
/ГIуллакх иштта ду/. Делан хьурматаш даздеш верг – и цунна шена дика ду шен Кхиош-кхобучунна гергахь. Хьанал дина шуна бежанаш /даа/‚ шуна тIехь доьшушдоцурш. Генадовла цIуйн (жа1арийн) рижсах‚ генадовла харц дашах
Далла тIедирзинарша хилла‚ Цуьнца накъост лаьцнарш ца хуьлуш. Ткъа Делаца накъост лоцург... и тера ву стиглара воьжначух‚ тIаккха олхазарш схьалоцуш‚ я мехо генарчу меттиге дIавуьгуш волчух.
/ГIуллакх иштта ду/. Делан Iедалашдаздеш верг‚ – баккъалла а, изадегнаш /Делах/ кхерарх ду.
Шуна цу чохь пайданаш бу цIетоьхна хан тIекхаччалц‚ тIаккха церан /урс хьакха хьанал йолу/ меттиг Ширчу ЦIийнан гергахь ю.
ХIор умматана а Iибадат даран кеп хилийтина Оха цаьрга Делан цIе яккхийта Цо Шена рицкъина деллачу даьхнин бежанна тIехь. Шун Дела цхьа Аллах1 - Дела ву‚ Цунна муьтIахь хила: ахь кхаъ баккхамуьтIахь болчарна.
Уьш бу Дела хьахавича, шайн дегнаш кхоьрушберш‚ шайна тIедеъначу вочунна собар деш берш‚ ламаз хIоттадеш берш‚ Оха шайна деллачу рицкъех /Дела реза волчу новкъа/ харжаш еш берш.
И ерстана эмкалхилийтина Оха шуна Делан дин гучудоккхучу билгалонех‚ шуна цу чохь диканиг ду. Хьехае царна тIехь‚ цхьана могIара хIоьттинчу хьолехь‚ Делан цIе. Уьш шайн агIонашна тIедегча‚ даа царах‚ дааде доьхучунна а‚ ца доьхучунна а. Иштта Оха муьтIахь дина уьш (бежанаш) шуна‚ – шу хир дацара-те баркалла олуш.
Далла ца кхочу церан жижиг а‚ церан цIий а‚ делахь а, Цуьнга кхочу шуьгара /Делах/ кхерар. Иштта Цо уьш (бежанаш) муьтIахь дина шуна аш Дела вазвархьама Цо шу /нийсачу новкъа/ нисдарна. Ахь кхаъ баккха дикадечарна.
Баккъалла а, Дала ларбо ийман диллинарш. Баккъалла а, Далла ца веза массо а тешнабехк беш верг, /Делан ни1матна/ ша т1ех инкарло еш волу.
Магийна шайца тIом беш болчарна/тIом бан/‚ царна зулам дина хиларна. Баккъалла а, Дела царна (цу бусалбанашна) гIодарна тIехь ницкъ болуш ву‚
Шайн цIеношкара арабаьхна болчу‚ цхьа а бакъо йоцуш‚ деккъа цара аларна: "Тхан Кхиош-кхобург Аллах1-Дела ву". Дала нах вовшашца ларбеш ца хиллехьара, йохийна хир яра /насарийн мозг1арийн/ Iибадат ден меттигаш а‚ килсаш а‚ /жуьгтийн/ ламазан меттигаш а‚ маьждигаш а‚ шайна чохь дуккха Делан цIе хьехош йолу. Данне а гIо дийр ма ду Дала Шена /гIуллакхна/ гIо деш волчунна. Баккъалла а, Дела ницкъ берг ма ву, веза верг а ма ву.
Уьшбу Оха шаьш лаьттахь чIагIбича‚ ламаз хIоттош берш‚ закат луш берш‚ диканиг де‚ аьлла‚ омра деш берш‚ вочух /нах/ духатухуш берш. Делан ю гIуллакхийн чакхе.
Хьо цара харцвахь, – харцбинацарал хьалха Нухьан а‚ Iадийн а‚ Самудийн а къаьмнаша‚
ИбрахIиман къомо а‚ ЛутIин къомо а,
Мадъян дайша а. Харцвира Муса а. Ас ханна тIаьхьатеттираца тешаш берш. ТIаккха Ас схьалецира уьш. Муха хилира Сан цаларар /уьш шайна Iазап дарца/!
Маса юрт хIаллакйина Оха‚ шаьш зуламе хилла йолу! Уьш шайн буха тIехь яьсса ю. Маса шовда даьсса дисина! Маса йоьгIна гIала /яьсса йисина/!
Лаьттахула ца лела уьш? – хир дара царна дегнаш‚ шайца цара ойла еш‚ я лергаш‚ шайца цара ладугIуш. БIаьрса дац бIаьрзе – кийрахь долу дегнаш ду бIаьрзе!
Хьо сихво цара Iазапаца. Дала йохор яц Шен ваIда. Цхьа де хьан Кхиош-кхобучун гергахь эзар шо санна ду аш дагардечух.
Маса юрт /ханна/ тIаьхьатеттира /Iазап ца деш/ Ас‚ уьш зуламе а йолуш? ТIаккха схьалецира уьш Ас‚ Суна т1е ду тIекхачар.
Ахь āла: "ХIай нах! Баккъалла а, со шуна билгала кхерамча ву-кх".
Ийман диллинарш а‚ дика Iамал йинарш а – царна гечдар а‚ сийлахь рицкъ а ду.
Тхан аяташна дуьхьал, уьш дохо г1ерташ къахьегнарш – уьш жоьжахатин дай бу.
Оха ца вахийтина хьол хьалха цхьа а элча а‚ цхьа а пайхамар а цо сатуьйсучу хенахь цуьнан сатийсамийн чу шайтIа ца оьккхуш‚ тIаккха Дала дIадоккхуш бен шайтIано кхоьссинарг. ТIаьхьа Дала хьукам дойтур ду Шен аяташка. И Дела хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву.
/И ду/ шайтIано кхоьссинчух питана хилархьама шайн дегнашкахь цамгар йолчарна‚ шайн дегнаш къиза долчарна. Баккъалла а, зуламхой генарчу мостагIаллина чохь ма бу.
Iилма деллачаьрга хаийтархьама‚ иза хьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъдерг хилар‚ цунах тешийла уьш‚ мукIар хуьлийла Цунна церан дегнаш. Баккъалла а, Дела ма ву нисбеш верг ийман диллинарш нийсачу новкъа.
ДIатилар бац цатешнарш цунах шеконехь латтарх‚ шайна тIе цIеххьана сахьткхаччалц‚ я шайна тIе Iахар дийнанIазап кхаччалц.
Паччахьалла оцу дийнахь Делан ду‚ Цо хьукам дийр ду царна юккъехь. Ткъа ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – ниIматан бошмашкахь хир бу.
Цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдинарш а – уьш бу шайна сийсаза долу Iазап хир дерш.
Делан новкъахь дIакхелхинарш‚ тIаккха байинарш я белларш – даллане а хаза рицкъ лур ду царна Дала. Баккъалла а, Дела – И ву-кх рицкъ лучарах уггар диканиг.
Цо бохканне а чубухкур бу уьш шаьш шайна реза долчу чугIойлина (ялсамани чу). Баккъалла а, Дела ма ву хуург а‚ дукха собареверг а /царна Iазап ца деш/.
Иштта ду иза. Милла велахь а /муъмин нахах/ ша шена /керстанаша/ динчул /царна/ таIзар а дина‚ тIаккха шена /цара юха а/ зулам дина – данне а цунна гIодийр ду Дала. Баккъалла а, Дела къинтIераволург а ву‚ гечдийриг а ву.
И /гIо ду/ Дела хиларна буьйса денна чуялош‚ де −буьйсанна чудалош‚ Дела хиларна хезаш верг а‚ гуш верг а.
И /гIо ду/ Дела – Иза хиларна бакъдерг‚ И витина, цара /шега/ кхойкхург – и хиларна харцдерг‚ Дела – Иза хиларна лекха верг а‚ воккха верг а.
Хьуна ца го Дала доссийна стиглара хи – тIаккха лаьтта хуьлу сенделла. Баккъалла а, Дела ву /Шен лешна рицкъ даларехь/ дика кхеташ верг а‚ /церан дегнашкахь долу х1уманах сиха догдиллар/ дика девзаш верг а.
Цуьнан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а. Баккъалла а, Дела – И ву хьоле верг а‚ хастаме верг а.
Хьуна ца хиъна Дала шуна болх бойтуш хилар лаьттахь мел долчуьнга а‚ кемане а – лела и хIорда чухула Цуьнан омраца. Цо сацайо стигал лаьтта тIе йожарх‚ Шен пурбанца а бен. Баккъалла а, Дела нахана диканиг лууш верг а (и йоллу х1ума шуна муьт1ахь ярца)‚ къинхетаме верг а ву.
И ву шуна дахар делларг‚ тIаккха долуьйту Цо шу‚ тIаккха /юха/ дендийр ду. Баккъалла а, адам– ч1ог1а керста ду-кх.
ХIор умматана Оха хилийтина Iибадат ден меттиг‚ цара шена Iибадат а деш. Хьоьца ма къуьсийла цара гIуллакхехь. Хьан Кхиош-кхобучуьнга кхайкха /уьш/. Баккъалла а, хьо нийсачу новкъахь ма ву.
Цара хьоьца къийсахь‚ ахь āла: "Далла дика хаьа аш деш дерг".
Дала хьукам дийр ду шуна юккъехь къематдийнахь шуна шегахь хилпало хиллачохь.
Хьуна ца хаьа Дела хууш вуйла стиглахь а‚ лаьттахь а мел дерг? Баккъалла а, иза /Лавхь махьфуз/ жайна чохь ду. Баккъалла а, иза Далла атта ду.
Цара Iибадат до‚ Дела а вуьтий‚ Цо шеца цхьа а делил ца доссийнчунна‚ шайна шех лаьцна цхьа а Iилма доцучунна. Ма вац зуламхошна цхьа а гIоьнча.
Шайна тIехь Тхан билгала долу аяташ дешча‚ хьуна хаало цатешачеран яххьашкахь инкарло. Лата кийча бу уьш шайна тIехь Тхан аяташ доьшучаьрца. Ахь āла: "Ас дуьйций шуна цул вочух? – ЦIе ю, Дала цатешначарна ваIда йина йолу‚ ма вон тIекхачар ду-кх!"
ХIай нах! Масал далийна‚ ладогIа цуьнга. Баккъалла а, Дела а витина‚ аш /шега/ кхойкхучо цхьаьллига цхьа моза а кхуллур бац‚ уьш цунна гулбелча а. Мозано шайгара цхьа хIума яьккхича, – иза цуьнгара юха ца яккхало царна. Ледара ваьлла лоьхург а‚ шегара лоьхург а.
Цара ца вазвира Дела ша вазван ма-веззара. Баккъалла а, Дела нуьцкъала верг а ву‚ веза верг а ву.
Дала хоржу маликех а /пайхамаршка/ элчанаш‚ нахах а /нахе элчанаш/. Баккъалла а‚ Дела хезаш верг а ву‚ гуш верг а ву.
Цунна хаьа царал хьалха хилларг а‚ царал тIаьхьа хиндерг а. Деле д1адоьрзу гIуллакхаш.
ХIай ийман диллинарш! РукIе гIо‚ суждане гIо‚ Iибадат де шайн Кхиош-кхобучунна‚ диканиг де −шу даккхийден там бу.
Къахьега Делехь ша къахьега ма-деззара‚ Цо шу хаьржина‚ ца йина шуна динехь цхьа а хало‚ шун ден ИбрахIиман миллатах /ду и шун дин/‚ Цо (Далла) аьлла шух бусалбанашхьалха а‚ хIокху /Къуръан/ чохь а‚ элча шуна тIехь теш хилийтархьама‚ шу а тешаш хилийтархьама нахана тIехь. Ламаз хIоттаде‚ закат ло‚ Делаца чIагIло. И ву шун вали– дика вали а ву‚ дика гIоьнча а ву.