Дерриге а Исламан библиотека

21 - The Prophets - Al-'Anbyā .

:1

Гергадеана нахана шайца хьесап дар, уьш тIаккха а терго ца еш‚ /эхартан Iамал ярх/ дIабирзина ма бу.

:2

Цаьрга ца богIу шайн Кхиош-кхобучуьнгара цхьа а керла хьехам цара цуьнга ладугIуш бен‚ шаьш ловзуш а долуш. (Забаре лоцу цара и).

:3

Шайн дегнаш /цуьнан маь1нах/ тидамбоцуш долуш. Къайладаьккхира хабар зулам диначара: "ХIараадам бен дац шу санна? Бозбуунчалла къобалдо аш‚ шайна гуш а долуш /и бозбуунчалла дуйла/?"

:4

Цо (пайхамара) элира: "Сан Кхиош-кхобучунна хаьа дош‚ стиглахь а‚ лаьттахь а /аьлла долу/. Иза хезаш верг а‚ хууш верг а ву".

:5

ХIаъ‚ цара элира: "Вовшах ийнагIенаш ду. ХIаъ‚ цокхоьллина и. ХIаъ‚ иза илланча ву. Вайга цхьа делил даийта цо‚ хьалхалернаш бахкийтаре терра".

:6

Ийман ца диллира царал хьалха а Оха хIаллакйинчу цхьана а юьрто. ХIокхара ийман дуьллур дара?

:7

Оха ца бахкийтира хьол хьалха а божарийбен‚ Оха цаьрга вехьеш луш. Хаттал хьехамболчу нахе‚ шаьш ца хууш хиллехь.

:8

Оха ца хилийтира царах кхача ца боу дегI‚ уьш ца лаьттира даима.

:9

ТIаккха Оха бакъхилийтира цаьрца (элчанашца хилла) ваIда. Оха хьалхабехира уьш а‚ Тхайна луурш а‚ Оха хIаллакбира тIаламбоцурш (элчанаш харцбинарш).

:10

Оха доссийна шуьга жайна /хIай Iаьрбий/‚ шена чохь шу хьехор /шух сийдар/ долуш /и шун маттахь хиларца/‚ шу хьекъале ца хуьлу?

:11

Маса йохийна Оха зуламе хилла йолу юрт! Кхиийра Оха царал тIаьхьа кхин къаьмнаш.

:12

Шайна Тхан ницкъ хаабелча‚ уьш цунах сиха бовду.

:13

"Ма довда! Юхадерза шу шена чохь /хьалха/ ниIмат хиллачу /дахарна/‚ шайн хIусамашка шуьга барт хаттархьама ".

:14

Цара элира: "Бала бу-кх тхуна! Баккъалла а, тхо хилла-кх зуламхой!"

:15

И церан узарш ца сецира Оха шаьш хьаькхна ялтин аре санна хиллийтталц‚ шаьш дIатийна а буьсуш.

:16

Оха ца кхоьллина стигал а‚ латта а‚ цаьршинна юккъехь ерг а Тхаьш ловзуш.

:17

Тхо хиллехьара синкъерам безаш /зудчунца я доьзалхочунца/‚ Оха и эцна хир бара Тхайгара (Тхан гергахь болчу хьурулIинех а, маликех а)‚ Оха и деш хилча.

:18

ХIаъ‚ Оха бакъдолчуьнца туху харцдолчунна тIе – цо и дайа‚ и хIаллакхуьлу. Шуна бāлабу шаьш /Тхуна т1е/ кхуллучу /харц/ сибатех.

:19

Цуьнан бу стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел берш. Цунна гергахь берш кура ца бовлу Цунна Iибадат дан‚ кIад ца ло уьш.

:20

Цара тасбахь до буса а‚ дийнахь а‚ уьш лагI ца луш.

:21

Ткъа цара эцна-те делий лаьттах, цара денбеш /белларш/?

:22

Цу шиннахьа аАллахI воцург /кхин/ делий хиллехьара – уьш шиъа хIаллакхилла хир яра. ЦIена ву и Дела‚ Iаршан Да‚ цара /Шена т1е/ кхуллучу харц сибатех.

:23

Цуьнга ца хотту Цо дечух‚ цаьрга хоттур ду /цара дуьненахь динчух лаьцна/.

:24

Ткъа цара лийцина И воцург /кхин/ делий? Ахь āла: "Дāладе шайн тешаллаш! ХIара хьехам бу соьца болчеран а (Къуръан)‚ сол хьалха хиллачеран а (Таврат а, Инжил а, кхин жайнаш а – царна чохь массанхьа а Дела цхьаъхилар чIагъдеш ду). ХIаъ‚ дукхахболчарна ца хаьа бакъдерг‚ уьш дуьхьалбевлла".

:25

Оха ца вахийтина хьол хьалха цхьа а элча‚ Оха шега вехьеца хоуьйтуш бен кхин дела вац Со бен‚ Суна Iибадат дейша‚ аьлла.

:26

Цара элира: "Лаьцна Къинхетам болчодоьзалхо". Вонах цIена ву Иза! Уьш-мсийлахь болу леш бай!

:27

Уьш (пайхамараш) Цул хьалха ца бовлу дашца‚ уьш Цуьнан омраца 1амал еш бу.

:28

Цунна хаьа церан хьалхахь дерг а‚ церан тIехьахь дерг а, цара шапаIатдийр дац Иза шена реза хиллачунна бен‚ уьш Цунах кхоьруш, эгош бу.

:29

Милла велахь а‚ царах олуш: "Со ву дела‚ Иза а воцуш"‚−цунна бекхам бийр бу Оха жоьжахатица. Иштта бекхам бо Оха зуламхошна.

:30

Цатешачарна ца го-техьа стигланаш а‚ латта а хилла хилар вовшаххоттаделла? Оха уьш къастийра! Оха кхоьллира хих массо а дийна (са долу) хIума. Уьш ца теша-те?

:31

Оха хилийтира лаьттахь лаьмнаш‚ иза цаьрца чIагIдалийтархьама. Оха хилийтира цу чохь тогIин некъаш – уьш нийсачу новкъа баха мегар-кх.

:32

Оха хилийтира стигалах ша Iалашбеш болу тхов‚ ткъа уьш цуьнан (стиглан) аятех д1абоьрзуш бу /ойла ца еш/.

:33

Иза ву Ша кхоьллинарг буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а. Массо а шен меттехь нека деш ю.

:34

Оха ца хилийтина адамна хьол хьалха а абаде. Ткъа хьо велча, уьш гуттар лаьттар болуш бу-те?

:35

Массо а сино Iовшур ду далар. Оха зуьйр ду шу вонаца а‚ диканца а питанахилла. Тхуна тIе юхадерзор долуш а ду шу.

:36

Цатешачарна хьо гича‚ хьо сийсазвой бен тIе ца лоцу цара: "ХIара ву шун делий хьехош верг?" Ткъа уьш Къинхетам бергхьехорна керста бу.

:37

Адам кхоьллина сихонах. Гойтур ду Ас шуна Сан делилаш‚ аш Со сих ма ве!

:38

Цара олу: "Маца хир ю и ваIда /кхочуш/‚ шу бакълуьйш хиллехь?"

:39

Хаахьара цатешачарна шаьш шайн яххьашна тIера а, шайн баккъашна тIера а цIе дIа тоьттур йоцу‚ шайна гIо хир доцу хан! /Ма сих дийр дацара цара тIаккха и Делан Iазап/!

:40

ХIаъ‚ царна тIе догIур ду и /къематде/ цIеххьана‚ уьш хьере бийр бу цо‚ царна могур дац и духатоха‚ уьш /цунах/ тIаьхьатоттур а бац.

:41

Сийсазбина элчанаш хьол хьалха а. Царах (элчанех) ца бēшаш хиллачарах шайх хьакхаделира шаьш сийсаздеш хилларг.

:42

Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "Хьан лардийр ду шу буса а‚ дийнахь а Къинхетам болчух /Делах–Цуьнан Iазапах/?" ХIаъ‚ уьш шайн Кхиош-кхобург хьехорх д1абоьрзуш ма бу.

:43

Я церан, Тхо доцург, /кхин/ делий бу-те, шаьш уьш духатухур болуш /Iазапах/? Царна могур дац шайна гIо дан а‚ уьш Тхох /Тхан Iазапах/ ларор ма бац.

:44

ХIаъ‚ Оха ниIматаш деллера хIокхарна а‚ церан дайшна а шайна тIехь оьмар яхъяллалц. Царна ца го-те Тхо дохкуш латта эшадеш шен йисташкахула? Уьш бу ткъа тоьлларш?

:45

Ахь āла: "Баккъалла а, ас шуна кхерам тосу вехьеца. Ца хеза-кх къора болчарна кхайкхам, шайна кхерам тосуш".

:46

Хьан Кхиош-кхобучун Iазапан хIо хьакхаро шаьш схьалецча, цара аллане а эр ма ду: "Ма /боккха/ бāла бу-кх тхуна! Тхо хилла-кх зуламхой!"

:47

Оха хIоттор ю къематденнанийсонан терзанаш‚ зулам дийр дац синна /цхьана а/ хIуманца. КIоллан буьртиган барамехь ерг а дIалур ю Оха. Хьесап дийраш хила кхачо ю Тхан.

:48

Оха белира Мусага а‚ ХIаруне а къастам а‚ серло а‚ хьехам а /Делах/ кхоьруш болчарна.

:49

Ишттанаш бу уьш‚ шаьш кхоьруш шайн Кхиош-кхобучух‚ И /б1аьргашца/ гуш воццушехь‚ уьш бу сахьтах/кхоьруш/, бегабеш.

:50

ХIара /Къуръан/ беркате хьехам бу‚ Оха ша боссийна болу. Аш цунна инкарло йо?

:51

Оха белира ИбрахIиме а хьалха шен нийса некъ‚ Тхо и вевзаш дара.

:52

Хьахаде! Цо аьллера шен дега а‚ цуьнан къоме а: "ХIорш хIун суьрташ (жа1арш) ду‚ шу шайна гуора оьхуш долу?"

:53

Цара элира: "Тхуна карийна тхан дай царна Iибадат деш".

:54

Цо (Ибрах1има) элира: "Шу а‚ шун дай а хилла-кх билгалчу тилар чохь".

:55

Цара элира: "Хьо тхуна веана-те бакъдолчуьнца‚ я хьо /тхо/ ловзочарех ву-те?!"

:56

Цо элира: "ХIаъ‚ шун Кхиош-кхобург ву стигланийн а‚ лаьттан а Кхиош-кхобург‚ Ша уьш кхоьллина а ву /хIумма йоцчу хIуманах/‚ со оцунна тIехь тешалла дечарах ву-кх.

:57

Делаца дуй боу ас: шун цIушна (жа1аршна) янне а мекарло йийр ма ю ас шу /царах/ баккъаш берзийна генадевллачул тIаьхьа ".

:58

ТIаккха цо царах кескаш йира‚ церан йоккханиг йиссалц – уьш цунна тIе берза мегара.

:59

Цара элира: "Хьан дина хIара вайн делашна? Баккъалла а, и зулам диначарах ву-кх!"

:60

Элира /царах Ибрах1има аьлларг хезначара/: "Тхуна хезира цхьа кIант уьш (вай делий) хьехош‚ цунах ИбрахIим олура".

:61

Элира /паччахьа Намруза а, цуьнан хьолдайша а/: "Схьавалаве иза нехан бIаьргашна хьалха – цара тешалла дан мегара".

:62

Цара элира: "Ахь дина хIара тхан делашна т1ехь‚ хIай ИбрахIим?"

:63

Цо элира: "ХIан-хIа. И дина хIокху царах воккхучо. Аш цаьрга хаттийша‚ уьш бистхуьлуш хиллехь!"

:64

Уьш шаьш шайна тIебирзира‚ цара элира: "Баккъалла а, шу ду-кх зуламхой!"

:65

Т1аккха церан кортош охьабахийтира/эхьхетаро/, /олуш/: "Хьуна ма хаьий х1орш бист ца хуьлий".

:66

Цо (ИбрахIима) элира: "Ткъа аш Iибадат до‚ Дела а вуьтий‚ шайна хIумма а пайда а ца бечунна‚ зен а ца дечунна?

:67

Туф! Шуна а‚ Дела а витина‚ аш Iибадат дечарна а! Шу хьекъале ца хуьлу-те?"

:68

Цара элира: "Вāгаве и (ИбрахIим)‚ гIо де шайн делашна‚ шаьш /гIуллакх/ деш хиллехь!"

:69

Оха элира: "ХIай цIе! Хьох хилалахь ИбрахIимна шело а‚ маршоа".

:70

Царна йийзира цунна дуьхьал мекарло– Оха уьш хилийтира доккха зен хиллачарах.

:71

Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ ЛутI а‚ Оха ша Iаламашна беркате динчу латтат1е /Шама д1ахьажийра/.

:72

Оха цунна велира Исхьакъ а‚ кхин совгIатана ЯIкъуб а. /Уьш/ берриге а хилийтира диканаш.

:73

Оха царах хилийтира тхьамданаш, Тхан омраца шаьш /нахана/ нийса некъ гойтуш. Оха цаьрга хаийтирадиканаш дар а‚ ламаз хIоттадар а‚ закат далар а. Уьш хилира Тхуна Iибадат деш.

:74

ЛутIана а делира Оха хьукам а‚ Iилма а. Оха и кIелхьарваьккхира ша боьханаш деш хилла йолчу юьртара. Баккъалла а, уьш хилира вонан нах‚ песакъаш.

:75

Оха иза (ЛутI пайхамар) воьллира Тхан къинхетам чу. Баккъалла а, иза дикачарах ву.

:76

Нухь а‚ цо кхайкхира хьалха. Оха цунна жоп делира: кIелхьарваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а боккхачу бāланах.

:77

Оха ларвира иза Тхан аяташ харцдинчу нахах. Баккъалла а, уьш бара вочу хIуманан нах‚ Оха уьш берриге а /хина/ бухабахийтира.

:78

Давудана а‚ Сулейманна а‚ шаьшшиммо хьукам дечу хенахь /ялтин/ аренах лаьцна‚ ша нехан уьстагIаша хьаьшна хилла йолчу. Тхо хилира церан хьукаман тешаш.

:79

Оха цунах (хьукамах) кхетийтира Сулейман а. /Цу шиннах/ х1оранна а Оха делира хьукам а‚ Iилма а. Оха муьтIахь дира Давудана лаьмнаш – цара тасбахь а деш, олхазарш а /дира Оха цунна муьт1ахь/‚ тхо хилира /гIуллакх/ дийраш.

:80

Оха цунна Iамийра шуна бедаршяр‚ цара шу Iалашдархьама шун /мостаг1ийн/ ницкъах. Аш баркалла ца олу?

:81

Сулейманна а /муьтIахь бира Оха/ нуьцкъала мох - дIасалелаш Тхан омраца Оха ша беркате дина хиллачу лаьттахула. Тхо хилла массо а хIума хууш дерш.

:82

ШайтIанеха хилла цунна/хIорда/ чу лелхаш‚ и доцург а‚ кхин белхаш а беш‚ Тхо хилира уьш Iалашдийраш.

:83

Аюб а /хьахаве/. Цо кхайкхира шен Кхиош-кхобучуьнга: "Со бāлано лаьцна‚ Хьо къинхетам болчарах а уггар къинхетаме верг ву-кх".

:84

Оха цунна жоп делира‚ айбира цуьнца хилла бāла‚ белира цунна шен доьзал а‚ цаьрца цхьана кхин ишттал‚ Тхан гергара къинхетам а хилла‚ Iибадат дечарна хьехам а хилла.

:85

/Хьахаве/ ИсмаIил а‚ Идрис а‚ Зуль-Кифла‚ массо а собаре хиллачарах бу.

:86

Тхан къинхетам чу бахийтира Оха уьш. Баккъалла а, уьш дикачарах бу.

:87

Зун-Нуна‚ дIавахара иза оьгIазвахана‚ цунна хаалора Оха ша гатвийр воцийла та1зар дарца. ТIаккха цо кхайкхира боданехь: "Хьо воцург кхин Дела вац‚ вонах цIена ву-кх Хьо‚ со хилла-кх зулам дечарах".

:88

Оха цунна жоп делира‚ и кIелхьарваьккхира сингаттамах. Иштта кIелхьарбоху Оха муъмин нах.

:89

Закарийа /хьахаве/, цо кхайкхира шенКхиош-кхобучуьнга: "Со Кхиош-кхобург‚ ма витахь со цхьа‚ Хьо ирс лучарах уггар диканиг ма вара!"

:90

Цунна а жоп делира Оха‚ велира цунна /кIант/ Яхьъя‚ Оха цунна тоялийтира цуьнан зуда. Баккъалла а, уьш хилира сихлуш диканаш дарехь‚ Тхоьга кхойкхура дог дохуш /Тхан дикане/‚ кхоьруш /Тхан Iазапах/. Уьш хилира Тхох кхоьруш.

:91

И шен йо1стагалла Iалашдинарга /хьехайе/‚ Оха цунна Тхан сих са чудиллира. Цунах а‚ цуьнан кIантаха /массо а/ Iаламна делил хилийтира Оха.

:92

Баккъалла а, хIара шун умматцхъа уммат ду‚ Со шун Кхиош-кхобург а ву‚ Суна Iибадат дейша.

:93

Цара (тIаьхьабогIучара) дийкъирашайн гIуллакх вовшашна юккъехь. Массо а Тхуна тIе юхабоьрзу.

:94

Диканаш деш верг‚ ша муъмин волуш – хир яц цуьнан къахьегарна инкарло‚ баккъалла а, Тхо цунна яздеш ду.

:95

Хьарам ду Оха ша хIаллакйинчу юьрта (-н дай) юхаберза

:96

Яъжуж а‚ Маъжужа гучубовллалц. Уьш массо а аг1орхьара, лакхарчу меттигашкара охьахецалур бу.

:97

Гергаеана бакъйолу ваIда‚ ца тешаш хиллачеран бIаьргаш тIебаьлла: "Ма бāла бу-кх вайна‚ вай дар-кх хIара тергал ца деш‚ вай хилла-кх зулам динарш"/эр ду цара/.

:98

Баккъалла а, шу а‚ Дела а витина‚ аш шайна Iибадат деш берш а‚ жоьжахатин ягориг ю‚ шу цу чу гIур долуш а ду.

:99

Уьш делий хиллехьара, – цу чу гIур бацара. Массо а цу чохь гуттар лаьттар ву.

:100

Царна цу чохь хала са ийзар а ду‚ царна цу чохь хезар а дац.

:101

Баккъалла а, шайна Тхоьгара диканиг хьалхадаьлларш – уьш цунна (жоьжахатина) генахь хир бу.

:102

Царна хезар дац цуьнан (жоьжахатин) шах-ших а‚ уьш шайн синошна дезначохь гуттар лаьттар бу.

:103

Уьш сингаттаме бийр бац бокхачу кхерамо‚ царна дуьхьалкхетар ду маликаш /олуш/: "ХIара ду шун де‚ шуна хир ду аьлларг".

:104

Оцу дийнахь Оха тIегулйийр ю стигал‚ жайнан кехаташ тIегулдаре терра. Оха дуьххьара кхоллар долоре терра‚ карладоккху Тхуна тIехь хилла йолчу ваIдица. Баккъалла а, Тхо хилла /гIуллакх/ деш дерш.

:105

Оха яздинера Забурачохь хьехамалтIаьхьа: "Лаьттах ирс оьцур ду Сан дикачу леша".

:106

Баккъалла а, хIокху чохь кхоччуш кхетам бу Iибадат дечу нахана.

:107

Оха ца вахийтина хьо /хIай Мухьаммад/ массо а Iаламна къинхетам хилла а бен.

:108

Ахь āла: "Суна ваьхьица хаийтина шун Дела цхьаъ вуйла. Шу муьтIахьхуьлий?"

:109

Уьш дIаберзахь‚ ахь āла: "Ас дIакхайкхийна шуьга цхьатерра‚ суна ца хаьа, герга ду‚ я гена ду шуна ваIдайинарг.

:110

Баккъалла а, Цунна (Далла) хаьа дашах хезаш дерг а‚ Цунна хаьа аш къайладоккхуш дерг а.

:111

Суна ца хаьа и /шуна таIзар ца деш тIаьхьататтар/ хила тарло шуна питана /зер/ а‚ цхьа хан яллалц бахам а".

:112

Элира /Мухьаммад пайхамаро/: "Сан Кхиош-кхобург‚ Ахь де-кх бакъонца хьукам /суна а, х1ара дин харцдечарна а юккъехь/. Тхан Кхиош-кхобург ву сов къинхетаме верга‚ аш сибат дечунна тIехьШегара гIо эца дезаш верг а ".