Дерриге а Исламан библиотека

20 - Ta-Ha - Ţāhā .

:1

ТIахIа.

:2

Оха ца доссийна хьоьга Къуръан хьуна хала хилийта (хьоьга баланаш хьегийта).

:3

Хьехам хилла бен ша /Делах/ кхоьруш волчунна.

:4

Ша латта а‚ лекха стигланаш а кхоьллинчуьнгара доссош долчу хьолехь /ду хIара/.

:5

Ша сов къинхетаме верг ву И – Iарша тIехь д1анисвелла И.

:6

Цуьнан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а‚ цу шиннаюккъехь дерг а‚ лаьтта бухахь дерг а.

:7

Ахь дош чIогIа āлахьа, – баккъалла а, Иза хууш ву къайле а‚ вуно хьуламехь дерг а.

:8

/Цхьа Аллах1/ Дела ву – кхин дела вац И бен. Цуьнан ю хаза цIерш.

:9

Хьоьга деаний Мусан хабар?

:10

Дагадаийта! Цунна ма гира цIе‚ тIаккха цо элира шен доьзале: "Шу совца /хIокху меттехь/‚ суна цIе хааелла‚ со ван мега шуна цунах цхьа āлу йохьуш‚ я суна карор бу цIера тIехь нийса некъ".

:11

Иза цуннатIевеъча‚ кхайкхира: "ХIай Муса!

:12

Баккъалла а, Со ву хьан Эла‚ дIаяха хьан мачаш – хьо ву ТIува олучу езачу атагIахь.

:13

Ас хьо хаьржина – ладогIа вехьеца дуьйцучуьнга.

:14

Баккъалла а, Со Дела ву‚ кхин дела вац Со воцург‚ Суна Iибадат де‚ ламаз хIоттаде Со хьехаван.

:15

Баккъалла а, сахьтдогIур долуш ду‚ Со лаьтта и хьулдеш‚ хIор синна ша тIегIерташ долчуьнца бекхам хилийта.

:16

Хьо цунах юха ма воккхийла ша цунах ца тешаш шен дезаршна тIаьхьа хIоьттинчо – тIаккха хIаллакхир ву хьо.

:17

И хIун ю хьан аьтту куьйгахь ерг‚ х1ай Муса?"

:18

Цо элира: "И сан Iаса ю‚ со цунна тIетовжу‚ ас цуьнца сан жана гIаш дегадо‚ суна цу чохь кхин пайданаш а бу".

:19

Цо (Дала) элира: "ДIакхосса и‚ х1ай Муса!"

:20

Цо и дIакхоьссира – цунах чукхиссалуш текхарг хилира.

:21

Цо элира: "Схьаэца и‚ ма кхера!" Шен хьалхалеррачу куьце ерзор ю и Оха.

:22

Хьан куьг хьан агIонна тIетаIаде – кIайделла схьадер ду иза хало йоцуш – кхин делил ду хьуна

:23

Оха хьоьга гайта Тхан даккхийчу делилех.

:24

Хьада ФирIавнна тIе гIо‚ – баккъалла а, и тIехваьлла /Делан дозанех/".

:25

Цо элира: "Сан Кхиош-кхобург‚ сан дог паргIатдаккхахь‚

:26

Ахь дайдехь суна сан гIуллакх.

:27

Ахь бастахьа сан маттах болу шад-

:28

ТIаккха уьш кхетар бара сан дашах.

:29

Хилийтахь суна гIоьнча сан охIлах‚

:30

ХIарун‚ сан ваша.

:31

Цуьнца сан ницкъ чIагIбехьа.

:32

Суна накъосталла дайтахьа цуьнга сан гIуллакхехь.

:33

Оха Хьуна тасбихь дархьама дуккха а.

:34

Оха Хьо хьехавархьама дуккха а.

:35

Баккъалла а, Хьо хилла-кх тхо гуш верг".

:36

Цо (Дала) элира: "Хьуна делла айхьа доьхург‚ х1ай Муса.

:37

Оха кхин /хьалха а/ ма бинера хьох къинхетам‚

:38

Оха вехьеца хаийтира хьан нене хоуьйтург:

:39

"ТIорказа чу вилла и‚ тIаккха хIорда чу кхосса и. ХIордо юьстаха кхуссур ву иза – Сан а‚ цуьнан а мостагIчо схьаоьцур ву". Ас хьуна безам тесира Сайгара‚ хьо кхиархьама Сан бIаьргийн хьалха.

:40

Хьан йиша ма яхара‚ тIаккха цо олу: "Ас тIехьажадой шу икхобург волчунна?" Оха хьо юхаверзийра хьан нене цуьнан бIаьрг бузо‚ и гIайгIане ца йожийта а. Ахь цхьа стаг вира – Оха хьо кIелхьарваьккхира пошмаллах. Оха зийра хьо зерца. Хьо висира цхьана шерашкахь Мадъянан нах болчохь. ТIаккха хьо веара /элчаналла хьуна т1едилла билгалдинчу/ хеннахь‚ х1ай Муса.

:41

Ас Сайна /элчалла д1адахьа/ хаьржина хьо.

:42

Хьада‚ гIуо хьо а‚ хьан ваша а Сан делилашца‚ аш шиммо ледарло ма елаш Со хьехаварехь

:43

ДIагIо ший а ФирIавнна тIе‚ баккъалла а‚ и тIехваьлла /Делан дозанех/.

:44

Аш шиммо āла цуьнга кIеда дош‚ ойла ян тарло цо‚ я кхеравала тарло иза.

:45

Цу шиммо (Мусас а‚ ХIаруна а) элира: "Тхан Кхиош-кхобург‚ тхо кхоьру цо тхуна вас ярна‚ я и тIехвāларна".

:46

Цо (Дала) элира: "Шу /шиъ/ ма кхера‚ Со шуьца ву‚ хезаш ву‚ гуш ву.

:47

ДIагIо цунна тIе‚ аш āла: "Баккъалла а, тхо хьан Кхиош-кхобучун элчанаш ду. ДIабахкийта тхоьца Исраилан кIентий‚ Iазап ма де царна. Тхо даьхкина хьуна тIе хьан Кхиош-кхобучуьнгара делилаца. /Делан 1азапах/ маршо ю нийсачу новкъа т1аьхьахIоьттинчунна.

:48

Тхуна вехьеца хаийтина: Iазап хир ду‚ аьлла‚ /цIена Делан дин/ харцдинчунна а‚ /оцунах/ юхаваьллачунна а".

:49

Цо (ФирIавнас) элира: "Мила ву шуьшиннан Кхиош-кхобург‚ хIай Муса?"

:50

Элира /Мусас/ : "Тхан Кхиош-кхобург ву‚ Ша массо а хIуманна кхоллар делларг а‚ тIаккха /и/ нийсачу новкъа диллинарг а".

:51

Цо (ФирIавнас) элира: "Хьалха хиллачу тIаьхьенийн гIуллакх муха ду?"

:52

Элира /Мусас/: "Церан Iилма сан Кхиош-кхобучунна гергахь жайна чохь ду‚ тила а ца ло сан Кхиош-кхобург‚ виц а ца ло.

:53

И ву Ша хилийтинарг шуна латта агасанна‚ Цо шуна цу (латта)чухула некъаш дихкина‚ Цо даийтина стиглара хи". Оха схьадаьхна цуьнца (хица) шинакепаратайп-тайпана ораматаш.

:54

Даа шайна а‚ даьхни а дажаде. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду хьекъал долчарна.

:55

ЦунахОха кхоьллина шу‚ цу чу Оха шу юхадерзош ду‚ цунах Оха шу арадохур долуш ду кхин цкъа.

:56

Оха цуьнга (ФирIавне) гайтира Тхан дерриге а делилаш – цо харцдира‚ цо тIе ца ийцира /уьш/.

:57

Цо элира: "Хьо веана тхо тхан лаьттараарадаха хьан бозбуунчаллица‚ хIай Муса?

:58

Оха лур ма ду хьуна цунах терра бозбуунчалла. Хан тоха тхуна а‚ хьайна а юккъехь‚ оха а йохор йоцуш‚ ахьа а – юккъера меттиг (массарна тIе бахка атта йолу меттиг харжа вайна къовса)".

:59

Цо (Мусас) элира: "Хан ю шуна – хаздаран де‚ Iуьйре делкъехьа йоьрзуш /я малх гIеххьа хьалабаьлча, цига/ нах гулбар а".

:60

ФирIавн д1авахара, шен мекарло гулйира‚ тIаккха веара.

:61

Цаьрга Мусас элира: "Ма бала бу шуна! Ма кхолла Далла тIехь харцдерг – Цо Iазап доуьйтур ду шуна. ХIаллакхилла харцдерг кхоьллинарг".

:62

Цара къийсира шайн гIуллакх вовшашлахь‚ къайлаха кхеташо йира.

:63

Цара элира: "ХIара шиъ бозбуунчаш ма бу. Цу шинна лууш ду шу шайн лаьттара арадаха шайн шиннан бозбуунчаллица‚ шун масал хилла долу некъдIатилабан лууш ма бу уьш.

:64

ДIагулъе шайн мекарло‚ тIаккха цхьа могIа бе. Воккхавуьйр ву тахана тоьлларг".

:65

Цара элира: "ХIай Муса‚ я ахь кхуссу‚ я тхо хир дуьххьара кхуссурш?"

:66

Цо элира: "ХIан-хIа‚ кхосса аш!" ТIаккха церан машшаш а‚ церан Iасанаш а цунна хаалора церан бозбуунчаллица тIекхиссалуш.

:67

Мусас шегахь кхерам лайра.

:68

Оха элира: "Ма кхера‚ баккъалла а, хьо ву вуно лакхахь верг.

:69

Кхосса хьан аьтту куьйгахь ерг‚ цо кхоллур ю цара йинарг. Баккъалла а, цара йина бозбуунчийн мекарло. Воккхавер вац бозбуунча, миччахьара веъча а".

:70

Бозбуунчаш суждане бегийра. Цара элира: "Оха ийман дилли ХIарунан а‚ Мусан а Кхиош-кхобучунга".

:71

Цо (ФирIавнас) элира: "Аш ийман дилли Цуьнга ас шайна пурба далале хьалха? Баккъалла а, шун воккханигву иза ша шуна бозбуунчалла Iамийнарг. Ас хаддане а хадор ма ду шун куьйгаш а‚ когаш а дуьхь-дуьхьал‚ ас ирхъухкур ма ду шу хурманан дитташна тIехь‚ шуна хаъане а хуур ма ду‚ муьлханиг ву тхох Iазапца нуьцкъала верг а‚ мелхо а бухавуьсург а".

:72

Цара элира: "Оха цкьа а хьо хоржур ма вац цо (Мусас) тхьоьга еъначу билгалонел а‚ тхо кхоьллинчул а (тхан Делал а/. Кхочушде айхьа кхочушдийриг: ахь кхочушдийр ду-кх деккъа х1окху дуьненан дахар (-ан г1уллакх).

:73

Баккъалла а, Оха ийман дилли тхан Кхиош-кхобучуьнга Цо тхуна гечдархьама тхан гIалаташ а‚ ахь тхо ницкъ шена тIедахийтина бозбуунчалла а. Дела – дика а ву‚ /хьол а, массарел а/ бухавуьсург а ву".

:74

Баккъалла а, шен Кхиош-кхобучунна тIе къинош дина вогIург – цунна хир ю жоьжахати‚ лийр вац и цу чохь‚ вехар а вац.

:75

Цунна (Далла) тIе ийманехь а болуш, дика Iамалш а еш беънарш – уьш бу шайна вуно лаккхара даржаш дерш –

:76

Iаднанбошмаш‚ шайн бухахула хиш оьхуш, цу чохь уьш гуттар лаьтташ. И бу бекхам ша цIанвеллачунна.

:77

Оха вехьеца хаийтира Мусага: "Аравала Сан лешца буса‚ тоха х1ордах /хьан 1аса/ царна бекъа некъ хилийта. Ма кхералахь /Фир1авнан эскар хьайна/ тIекхиарх‚ ма кхералахь /шаьш хина бухадахарх а /.

:78

Царна тIаьхьавелира ФирIавн шен эскарца – уьш д1ахьулбийра хIорда чохь ша хьулбечо.

:79

Тилира ФирIавнас шен нах‚ нийсачу новкъа ца бихкира.

:80

ХIай Исраилан кIентий! Оха кIелхьардехира шу шун мостагIчух‚ ваIда йира шуцаламанан аьтту агIорахь‚ Оха доссийра шуна манна а‚ салва а.

:81

Даа Оха шайна деллачу рицкъих цIенадерг‚ тIех ма довлалаш /дозанех/ цу тIехь – тIаккха Сан оьгIазло хьаьрчар ю шух. Шех Сан оьгIазло хьаьрчинарг – хIаллакхилла.

:82

Баккъалла а, Со ву тIеттIа гечдийриг ша тōба динчунна‚ ийман диллинчунна‚ дика Iамал йиначунна, тIаккха нисвеллачунна.

:83

"Хьо стено сихви хьан къомах‚ хIай Муса?".

:84

Цо элира: "Уьш дIогахь бу сан тачча /богIуш/‚ со-м сихвелира Хьуна тIе‚ сан Кхиош-кхобург‚ Хьо реза хилархьама".

:85

Цо (Дала) элира: "Баккъалла а, Оха питане лаьцна хьан къам хьол тIаьхьа‚ уьш-м тилабина Самирийс".

:86

Муса шен къомана тIе юхавирзира оьгIазвахана‚ пошме а хилла. Цо элира: "ХIай сан къам! Шун Кхиош-кхобучо шуьца хаза ваIда ца йинера ткъа? Яхъели шуна ваIда я шуна лии шайх шайн Кхиош-кхобучун оьг1азло хьарча – аш йохий сан ваIда?"

:87

Цара элира: "Оха ца йохийра хьан ваIда тхан ницкъица а, тхан лаамца а‚ делахь а, тхоьга схьабаийтира /массо а/ къоман хазнийн маххьаш‚ Оха уьш /ц1ерга/ кхиссира. Иштта кхоьссира Самийрийс".

:88

Цо царнаэса схьадаьккхира дегIаца шен Iехар а долуш‚ тIаккха цара элира: "ХIара шун а Дела ву‚ Мусан а Дела ву. Цо (Мусас) вицвина /и шен Дела‚ дIавахана/".

:89

Царна ца го-те: цо (эсо) царна дош а юха ца дерзадо‚ цуьнгахь царна зен а дац‚ пайда а бац?

:90

Цаьрга ХIаруна а ма элира хьалха: "ХIай сан къам‚ шу цуьнцапитане лаьцна. Баккъалла а, шун Кхиош-кхобург Ар- Рахьманву‚ суна тIаьхьахIитта‚ сан омрана муьтIахь хила".

:91

Цара элира: "Тхо совцур дац цунна Iибадат дечух тхуна тIе Муса юхаверззалц".

:92

Цоэлира: "ХIай ХIарун‚ хьуна стено новкъарло йи, уьш тилабелла гича,

:93

Суна тIаьхьахIотта? Сан омрана Iеса хилла хьо?"

:94

Цо (ХIаруна) элира: "ХIай сан ненан кIант! Ма лаца сан маж а‚ сан корта а. Со кхийрира ахь āларна: "Исраилан кIентий бекъна ахь‚ сан дош а тергал ца ди ахь".

:95

Цоэлира: "Хьан хIун бāла бу‚ хIай Самирий?".

:96

Цо элира: "Суна гира царна ца гинарг: ас схьалецира элчанантачех цхьа кана /чан/‚ и кхоьссира ас /эса т1е/‚ иштта хаздира суна сан сино".

:97

Цо (Мусас Самирийчуьнга) элира: "ДIагIо! Хьуна /дуьненан/ дахарехь хир ду /таIзар/‚ ахь олуш: "Ма хьакхале/сох/". Хьуна тоьхна хан ю‚ йохор йоцуш. Хьажал хьайн деле‚ хьо шена Iибадат деш лаьтташ волчу‚ оха и вагаво‚ тIаккха оха и варжор ву чим бина хIорда чохь".

:98

Шун Дела АллахI ву‚ Ша воцург кхин дела воцу‚ массо а хIума чулаьцна цо Iилманца".

:99

Иштта Оха дуьйцу хьоьга хабарех ша хьалхадахнарг‚ Оха делира хьоьга Тхайгара дагадайтар.

:100

Цунах дIакъаьстинарг‚ милла велахь а‚ – баккъалла а, цо хьур ма бу къематдийнахь /къинойн/ мохь.

:101

Гуттар лаьтташ цу /жоьжахати/ чохь – вон хили царна къематдийнахь мохь.

:102

Оцу дийнахь сур локхур ю‚ Оха гулбийр бу оцу дийнахь къинош динарш /бIаьргаш/ сенбелла.

:103

Вовшашка шабар-шибар дийр ду цара: "Аша-м ца даьккхира /цигахь/ итт /де/ бен".

:104

Тхо дика хууш ду цара олург. Царах леларца уггар тоьллачара эр ду: "Аша-м цхьа /де/ бен ца даьккхина".

:105

Цара хоьтту хьоьга лаьмнех лаьцна‚ ахь āла: "Дохийна даржор ду уьш сан Кхиош-кхобучо".

:106

Дуьтур ду Цо уьш нийса яьсса меттиг хилла.

:107

Хьуна гур яц цигахь лохе а‚ лакхе а.

:108

Оцу дийнахь уьш тIаьхьахIуьттур бу кхойкхучунна‚ шех юьстахбовлийла доцуш‚ аьзнаш мукIар хир ду Ша сов къинхетаме волчунна (Далла)‚ хьуна хезар дац шабар-шибар бен.

:109

Оцу дийнахь пайда бийр бац шапаIатоШа сов къинхетаме волчо шена пурба деллачунна бен‚ шен дашнаИза реза хиллачунна бен.

:110

Цунна (Далла) хаьа царал хьалха хилларг а‚ царал тIаьхьа хиндерг а‚ уьш тIаьхьакхуьур бац Цунах Iилманца.

:111

Яххьаш мукIар хилира Ша дийна волчунна, Ша /Iаламийн гIуллакхашна/ д1ахIоьттийна волчунна (Далла), дог диллина висира зулам деанарг (Делаца накъост лаьцнарг).

:112

Ша диканаш динарг‚ ша муъмин волуш – и кхоьрур вац зуламах а‚ эшамах а.

:113

Иштта охьадоссийра Оха и Iаьрбийн Дешардина‚ цу чохь кхерамаш билгалбехира Оха, уьш кхоьрур бацара-те‚ аьлла‚ я цо царна /шайл хьалха хилларш хIаллакхилар/ дагадойтур дацара-те‚ аьлла.

:114

Лакхавели Дела – Ша бакъволу паччахь! Сих ма ло Къуръанца хьайга Цуьнан вехьи чекхдаллалц‚ āла: "Со Кхиош-кхобушверг‚ совваккха со Iилманца".

:115

Оха ваIда йинера хьалха Āдамца а – цунна и йицъелира. Тхуна ца карийра цуьнгахь чIогIалла.

:116

Хьахаде! Оха аьллера маликашка: "Сужуд деĀдамна". Цара сужуд дира, иблис доцчо – и дуьхьалхилира /сужуд дан/.

:117

Оха элира: "ХIай Āдам‚ баккъалла а, хIара /иблис/ мостагI ду хьуна а‚ хьан зудчунна а‚ цо даххане а ялсамани чуьра ара ма дохийла шуьшиъ – тIаккха дакъазавер ву хьо.

:118

Хьуна цу /ялсамани/ чохь мацлойла а дац‚ верза-тIерза (верзийна) вуьсийла а дац.

:119

Хьо цу чохь хьаглур а вац‚ /маьлхан/ йовхоно вагор а вац".

:120

ШайтIа тIедирзира цунна /тилаван/‚ элира: "ХIай Āдам‚ ас тIенисвой хьо гуттаренан а‚ ша чекхдер доцчу паччахьаллин а диттана тIе?"

:121

Цара шиммоцунах кхаьллира /стом/ – тIаккха царна шинна шаьшшиннан эвхье меттигаш гучуевлира – уьш буьйлабелира шайна тIе ялсаманин гIаш летадан. Āдамо Iесалла йира шен Кхиош-кхобучунна – и тилавелира.

:122

ТIаккха шен Кхиош-кхобучо хаьржира иза‚ тōба къоболдира цуьнан‚ нисвира /нийсачу новкъа/.

:123

Цо (Дала) элира: "Охьадисса шу шиъ цу /ялсамани/ чуьра шун зуьрретах цхьаберш вакхарна мостаг1ий хилла /лаьттахь/ цхьаьнакхетар болчу хьолехь. Шуьга беъча Соьгара нийса некъ‚ цу Сан некъана тIаьхьахIоьттинарг – и тилалур вац‚ и декъазавер вац.

:124

Со хьехорах юхаваьлларг – сов готта бахам бу цуьнан. Оха гулвийр ву и къематдийнахь, бIаьрса а доцуш.

:125

Цо эр: "Со Кхиош-кхобург‚ Ахь хIунда гулви со, бIаьрса а доцуш‚ со бIаьрса долуш ма вари-й?"

:126

Цо (Дала) элира: "Иштта деара хьоьга Тхан аяташ – ахь уьш дицдира. Иштта тахана хьо вицвийр ву".

:127

Иштта бекхам бо Оха тIалам ца бинчунна‚ шен Кхиош-кхобучун аятех ца тешначунна. Эхартан Iазап мелхо а чIогIа а ду‚ /ханна/ деха а ду.

:128

Уьш нис ца бина-те Оха шайл хьалха мел хIаллакйинчу тIаьхьенаша? – церан бахамашкахула д1асалелаш ма бу уьш! Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду‚ хьекъал долчарна.

:129

Дошхьалха ца даьллехьара хьан Кхиош-кхобучуьнгара, ихилаза цадериг дара, цIе тоьхна хан а /ца хиллехьара/.

:130

Ахь собар де цара дуьйцучунна тIехь‚ хьан Кхиош-кхобучунна тасбахь де малх схьакхетале а‚ и дIабузале а. Буьйсанан заманашкахь атасбахь де‚ дийнан тIегIешкахь а‚ – хьо реза хила там бара.

:131

Хьан бIаьргаш данне а ма кхийдадеОха царах шайна ниIмат деллачу марошка-зударшка – дуьненан дахаран зазадаккхар ду иза‚ уьш цу чохь Оха зерхьама. Хьан Кхиош-кхобучун рицкъ дика а‚ вуно ханна деха а ду.

:132

Омра де хьан охIле ламаз де‚ алий‚ цу тIехь собаре хила. Оха ца доьху хьоьга рицкъ. Оха лур ду хьуна рицкъ. ТIаьхье– /Делах/ кхерарехь ю!

:133

Цара элира: "Цо (пайхамара) деънехьара вайга шен Кхиош-кхобучуьнгара цхьа /билгала/ делил?" Цаьрга ца еана ткъа билгало хьалхалерчу жайнашкахь?

:134

Оха уьш хIаллакбинехьара Iазапца цул (пайхамарал) хьалха‚ цара эр ма дара: "Тхо Кхиош-кхобург‚ Ахь ваийтинехьара тхоьга элча, – тхо тIаьхьахIуьттур ма дара Хьан аяташна‚ тхо сийсаза хилале‚ тхо юьхьIаьржа хIоттале?"

:135

Ахь āла: "Массо а хьоьжуш ву‚ хьежа шу а‚ тIаккха тIаьхьа хуур ду шуна‚ муьлш бу нийсачу некъан дай, муьлш бу нисбелларш".