Дерриге а Исламан библиотека

19 - Mary - Maryam .

:1

Каф-хIа-йа-Iайн-сод.

:2

Шен лех Закарийах хьан Кхиош-кхобучо /бина болу/ къинхетам хьехор /ду хIара/.

:3

Хьахаде! Цо кхайкхира шен Кхиош-кхобучуьнга къайлаха кхайкхарца.

:4

Элира: "Сан Кхиош-кхобург (сан везан Дела)! Баккъалла, сан даьIахкийн г1ора дайна /со къанваларца/‚ /сан/ корта буьзна къоьжачу чоьша‚ со ца хилира Хьоьга кхайкхарехь‚ /везан/ Дела‚ декъазниг (Ахь сан доIина жоп ца луш ца вуьтура со – жоп лōхьа суна хIинца а).

:5

Со кхоьру сол тIаьхьа буьсучу сан гергарчарах/цара Хьан дин дIатасарна/‚ зуда а хили сан бер ца хуьлуш‚ лōхьа суна Хьайгара /дика/ доьзалхо.

:6

Сан ирс оьцур цо‚ ЯIкъубан доьзалан ирс а оьцур цо‚ Ахь хилийталахь иза‚ со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ /Хьо шена/ реза волуш".

:7

"ХIай Закарийа! Оха кхаъ боккху хьуна кIантаца‚ шен цIе Яхья йолчу. Ца хилийтина Оха цул хьалха и цIе ерг".

:8

Цо элира: "Со Кхиош-кхобург‚ мичара хир вара суна кIант?! Сан зуда а бер ца хуьлуш ма ю‚ со а воккхаллехь дукха тишвелла".

:9

/Делан малико/ элира: "Иштта аьлла хьан Кхиош-кхобучо: "И Суна /дукха/ атта ду‚ хьо а кхоьллина Ас хьалха‚ хьо хIумма а ма яцара".

:10

Цо (Закарийас) элира: "Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ цхьа билгало хилийтахь суна!" Элира: "Хьуна билгало ю-кх ахь нахе нийсса кхаа буьйсанна хабар цадийцар".

:11

ТIаккха шен нах болчу аравелира иза михьрабачуьра‚ цо цаьрга хаийтира ишар ярца: "Тасбахь делаш /Далла/ Iуьйранца а‚ суьйранца а"‚−аьлла.

:12

/Дала элира/: "ХIай Яхья! Схьаэца жайна ницкъица!" Оха делира цуьнга хьукам и жимакIант волуш.

:13

Тхоьгара къахетар а‚ цIеналла а/дара иза/. И хилира /Делах/ кхоьруш а,

:14

Дена-нанна дика а /хилира и/‚ и вацара /нахана/ ницкъ бийриг а‚ Iеса верг а.

:15

Салам ду цунна и дуьнена ваьллачу дийнахь а‚ и лийр волчу дийнахь а‚ и юха /гIаттийна/ денвийр волчу дийнахь а.

:16

Ахь хьахае жайна чохь Марьям. Жимма генаелира иза шен нахах малхбалечу меттиге.

:17

ТIаккха цо лецира шена царна дуьхьал пардо. Оха дахийтира цунна тIе Тхан Са‚ и тарделира цунна нийса долчу адамах.

:18

Цо (Марьяма) элира: "Со Къинхетам болчуьнца /Делаца) ларло хьох‚ хьо /Делах/ кхоьруш хиллехь".

:19

Цо (Джабраил малико) элира: "Со хьан Кхиош-кхобучун элча ву‚ хьуна цIена кIант вала веана".

:20

Цо (Марьяма) элира: "Мичара хир ву суна кIант! Сох адам а хьакха ца делла‚ со нахаца лелаш а ца хилла".

:21

Цо элира: "Иштта аьлла хьан Кхиош-кхобучо: "И суна атта ду". И (Iиса пайхамар дуьненчу вāлар) хуьлуьйтур ду Оха нахана делил а‚ Тхайгара къинхетам а. ГIуллакх кхочушхилла".

:22

И цунахберах йисира‚ тIаккха и цуьнца генаелира генарчу меттиге.

:23

Бер деш лазар дāро и ялийра хурман диттан гIад долчу‚ цо элира: "Елла елахьара со хIокхул хьалха, – йицъелла яьлла хир яра со!"

:24

Цо (Джабраил малико) цуьнга кхайкхира цуьнан (хурман дитта) кIелара: "ГIайгIане ма йожа‚ хьан Кхиош-кхобучо хьуна бухахь /хин/ татол хилийтина.

:25

ДIасаластаде хьайна хурман диттан гIад‚ цо егор ю хьуна мадъелла тIеда хурманаш.

:26

Даа‚ мала‚ йоккхае (йоккха еда). Хьайна нахах милла гахь а‚ āла: "Со Къинхетам болчунна (Дала) марха лаца ваIда йина ю‚ со тахана йист хир яц цхьанна адаме ".

:27

ТIаккха и яхара цуьнца (бераца Iийсаца) шен нах болчу‚ ша и хьош /шен карахь/‚ цара элира: "ХIай Марьям‚ ма тамаше хIума деана ахь!"

:28

"ХIай ХIарунан йиша! Хьан да ма ца хилла вон стаг‚ хьан нана а ма ца хилла нахаца лелаш".

:29

Цо (Марьямо) цуьнгахьа (шен кIант Iийсагахьа) ишар йира. Цара элира: "Тхо муха дист хуьлу ша аганчохь долчу бере?"

:30

Цо (жимчу берас-Iийсас) элира: "Со Делан лай ву. Цо соьга жайна делла‚ Цо сох пайхамар хилийтина.

:31

Цо со беркате хилийтина со миччахь велахь а. Суна весет дина Цо ламаз а‚ закат а, со дийна мел лаьтта,

:32

Сан нанна дика хилар а. Цо ца хилийтина со /нахана/ ницкъбийриг а‚ декъазниг а.

:33

Салам ду суна дуьнена ваьллачу дийнахь а‚ лийр волчу дийнахь а‚ юха /гIаттийна/ денвийр волчу дийнахь!"

:34

Иза ву Iийса‚ Марьяман кIант – бакъонан дош‚ цара шена чохь шеко еш долу.

:35

Далла ца хилла /там болуш/ цхьа а доьзалхо лāца. Вонах цIена ву Иза. Ша цхьа гIуллакх кхочушдеш‚ Цо цуьнга олу: "Хила!" – иза хуьлу.

:36

" Баккъалла а, АллахI – Дела сан Кхиош-кхобург ву‚ шун Кхиош-кхобург а ву‚ Цунна Iибадат дейша. ХIара бу нийса некъ".

:37

Оцарах тобаний юккъехь хилпалонашхилира: бāла бу ца тешаш хиллачарна деза-доккхачу /къемат/ дийнахь гур долчух.

:38

Ма билгала хозур ду царна, ма къаьггина гур ду царна шаьш Тхуна тIедаьхкинчу /къемат/ дийнахь! Делахь а, зуламхой тахана билгалчу тилар чохь ма бу.

:39

Кхерам таса царна баланан /къемат/ дийнаца‚ гIуллакх кхочушхилла уьш тидама чохь боцуш‚ уьш ца тешаш болуш.

:40

Баккъалла а, Оха ирсана оьцу латта а‚ цунна тIехь мел верг а‚ Тхуна тIе юхаберзор болуш бу уьш а.

:41

Хьахаве жайна чохь ИбрахIим. Баккъалла а, иза хилла т1ех бакълуьйш верг а‚ пайхамар а.

:42

Хьахаде! Цо аьллера шен дега: "Дада‚ ахь хIунда Iибадат до шена /х1умма а/ ца хозучунна‚ шена /х1умма а/ ца гучунна‚ ша хьо цхьана а хIуманах кIелхьарвоккхур воцчунна?

:43

Дада‚ соьга деана Iилманах хьоьга цадеънарг‚ суна тIаьхьахIотта – ас нийсачу новкъа вуьллур ву хьо.

:44

Дада‚ шайтIанна Iибадат ма дехьа. Баккъалла а, шайтIа Къинхетам болчунна (Далла) Iеса хилла.

:45

Дада‚ со кхоьру Къинхетам болчуьнгара Iазапо хьо схьалацарна – тIаккха хьо шайтIанан доттаг1 хир ма ву".

:46

Цо (ИбрахIиман дас) элира: "Ткъа хьо къаьхка сан делех‚ хIай ИбрахIим? Хьо ца сацахь‚ ас хьуна деттане а тIулгаш деттар ма ду. Генавала суна цхьана ханна!"

:47

Цо (ИбрахIима) элира: "Салам ду хьуна. Ас гечдар доьхур ду хьуна сан Кхиош-кхобучуьнга. Баккъалла а, Иза хилла соьца дукха дика.

:48

Шух а дIакъаьста со‚ аш‚ Дела а витина‚ шена Iибадат дечух а. Ас Iибадат до сан Кхиош-кхобучунна‚ со ца хила тарло сан Кхиош-кхобучунна Iибадат дарца декъазниг".

:49

Иза царах а‚ Дела а витина‚ цара шена Iибадат дечух а дIакъаьстича‚ Оха цунна велира Исхьакъ а‚ ЯIкъуб а – хIораннах хилийтира Оха пайхамар.

:50

Оха делира царна Тхан къинхетамах /даьхни а‚ доьзал а/‚ Оха хилийтира царна бакъдолчун мотт лекхачу даржехь.

:51

Хьахаве жайнахь Муса. Баккъалла а, иза вара /Дала Шена/ къастинарг‚ иза вара элча а‚ пайхамар а.

:52

Оха цуьнга кхайкхира ламананаьтту агIорхьара‚ гергавалийра иза къайлахчу къамелана.

:53

Оха Тхан къинхетамах /совг1атна/ велира цунна шен ваша ХIарун пайхамар хилла.

:54

Хьахаве жайнахь ИсмаIил. Баккъалла а, иза вара ваIда бакъйеш верг‚ и вара элча а‚ пайхамар а.

:55

Иза хуьлура шен охIланна омра деш ламазций‚ закатций‚ и вара шен Кхиош-кхобучунна гергахь шена /Иза/ реза верг.

:56

Хьахаве жайнахь Идрис. Баккъалла а, иза вара т1ех бакълуьйш верг а‚ пайхамар а.

:57

Оха хьалаваьккхира иза лекхачу меттиге.

:58

Уьш бу Āдаман зуьрретах болу Оха Нухьаца лелийначарах а‚ ИбрахIиман а‚ Исраилан а зуьрретах а‚ Оха шаьш нисбинчарах а‚ хаьржинчарах а болчу пайхамарех Дала шайна ниIмат делларш. Шайна Къинхетам болчун аяташ дешча, – гора гIора уьш сужд дарций‚ белхарций.

:59

Царал тIаьхьа цхьа тIаьхье хилира ша ламаз дойуш‚ /дег1ан/ шовкъашна тIаьхьахIуьттуш. Т1аьхьа бегар бу уьш тилар чу /и бахьанехь дуьненахь а, эхартахь а бекхам хир бу царна/.

:60

Тōба динарг а‚ ийман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а воцург. Уьш ялсамани чу гIур бу‚ царна хIумма зулам дийр дац.

:61

Iаднан бошмашна чу‚ Къинхетам болчо Шен лешна /цара и шайна/ гуш а йоцуш /цунна 1амал ярна/ ваIда йина йолчу. Баккъалла а, Иза вара Шен ваIда кхочушхир йолуш.

:62

Царна цу чохь деса хабар хезар дац‚ "Салам"бен‚ царна шайн рицкъ хир ду цу чохь Iуьйранна а‚ суьйранна а.

:63

И ялсамани ю Оха ирсана луш Тхан лех /Делах/ кхоьруш хиллачунна.

:64

"Тхо охьа ца дуссухьан Кхиош-кхобучун омраца бен. Цуьнан ду вайн хьалхахь дерг а‚ вайн тIехьахь дерг а‚ оцарна юккъехь дерг а. Ца хилла хьан Кхиош-кхобург вицлуш".

:65

Стигланийн а‚ лаьттан а‚ царна юккъехь мел долчун а Кхиош-кхобург ву иза‚ Цунна Iибадат де‚ Цунна Iибадат дарна тIехь собар а де. Хьуна вевзий Цуьнан цIерхо?

:66

Адамоолу: "Со велча, тIаьхьа денвина аравоккхур ву?"

:67

Ойла ца йо-те адамна Оха ша кхоьллина хилар хьалха – и хIумма ма яцара?

:68

Хьан Кхиош-кхобучух дуй боу /Ас/‚ Оха гулбийр ма бу уьш а‚ шайтIанаш а‚ тIаккха жоьжахатина гонаха балор ма бу горабахана.

:69

ТIаккха Оха схьавоккхур ву хIор тобанах Къинхетам болчунна дуьхьало ярца уггар чIогIа верг.

:70

ТIаккха Тхо дика хууш ду шаьш цу чохь бāга там берш.

:71

Шух ма вац цу чу гIуш вергбен. Хьан Кхиош-кхобучун и хилла сацам боллуш кхочушхилларг.

:72

ТIаккха Оха кIелхьарбохур бу шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш‚ зуламхой буьтур бу Оха цу чохь горабахана.

:73

Шайна билгала долу Тхан аяташ дешча‚ цатешачара элира ийман диллинчаьрга: "/Вайх/ шиннах муьлха тоба ю дика бахамца‚ вовшашца цхьанакхетарца хаза?"

:74

Мел хIаллакйина Оха царал хьалха тIаьхьенаш‚ оцарал вуно хаза йолуш хьолаца а‚ гарца а!

:75

Ахь āла /хIай Мухьаммад/: "Милла хиллехь а тилар чохь‚ Къинхетамболчо яхйо цунна хан /балане ца лоцуш/ и шена ваIда йинарг: /дуьненан/ Iазап‚ я сахьтшен б1аьргий хьалха х1отталц – тIаккха хуур ду царна‚ мила ву вон верг меттигаца‚ уггар ледар верг эскарца.

:76

Совбоху Дала нисбалагIертарш нийсачу некъаца. Бухаюьсуш йолу дика Iамалш тоьлу хьан Кхиош-кхобучун гергахь мēлаца‚ тоьлу духадерзор долчуьнцаа.

:77

Хьуна гирий и Тхан аятех цатешнарг? Цоэлира: "Суна ланне а лур бу бахам а‚ доьзал а".

:78

Къайлахдолчунна т1екхиъна- те иза, я КъинхетамболчуьнгараваIда эцна-те цо?"

:79

ХIан-хIа! Оха яздийр ду цо бохург‚ яхйийр ю цунна Iазапан хан яхйарца.

:80

Оха схьаоьцур ду ирсана цо бохург (цуьнан бахам а, цуьнан доьзал а и х1аллаквинчул т1аьхьа)‚ Тхуна тIе вогIур ву иза цхьа /даьхни а‚ доьзал а боцуш/.

:81

Цара лаьцна Дела воцург /кхин/ делий‚ шайна царах сий хилархьама.

:82

ХIан-хIа! Церан Iибадатна керстаналла дийр ду цара‚ царна мостагIий хир бу царах /къематдийнахь/.

:83

Хьуна ца хиъна‚ Оха шайтIанаш дахийтина керстанашна тIе цара уьш луьйра къиношна тIекхойкхуш (уьш царна хаздеш)?

:84

Сих ма ло царна. Оха царна дагардеш ду /денош/ дагардарца.

:85

Оцу /къемат/дийнахь Оха гулбийр бу /Делах/ кхоьрурш Къинхетамболчунна тIе тIехевшина.

:86

Оха д1алохкур бу къинош динарш жоьжахате гIаш.

:87

ШапаIатанда хир вац ша Къинхетамболчуьнгара ваIда эцнарг а бен.

:88

Цара элира: "Къинхетамболчо доьзалхо лаьцна /шена/"

:89

Ирча хIума деана аш.

:90

Стигланаш этIарна герга ду цунах‚ латта дадарна‚ лаьмнаш доьхна дегарна /герга ду/

:91

Цара Къинхетамболчунна доьзалхо кхайкхар бахьанехь.

:92

Там бац Къинхетам болчунна доьзалхо лāца.

:93

Массо а стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел верг ма вац Къинхетам болчунна тIе лай хилла вогIур волуш бен.

:94

Цо церан хьесап дина‚ багарбина уьш багарбарца.

:95

Уьш массо а Цунна тIе богIур бу къематдийнахь шаьш-шаьш.

:96

Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – царна Къинхетамболчо безам хуьлуьйтур бу.

:97

Баккъалла а, Оха атта дина и (Къуръан), хьанматтахь хьоьга /Делах/ кхоьручарна цуьнца кхаъ баккхийта‚ луьрачу къомана цуьнца кхерам тасийта.

:98

Мел хIаллакйина Оха царал хьалха тIаьхьенаш! Хаалой хьуна царах цхьа а‚ я хезий хьуна церан тата а?