Хастам бу Далла‚ Ша Шен лега жайна доссийначу‚ цу чохь (Къуръан чохь) нийса доцург ца далийна Цо.
Нийса хилла долу /жайна ду иза/, цунах /цатешачарна/ кхерам хилийта Шегара чIогIачу ницкъаца‚ шаьш диканаш деш болчу муъмин нахана кхаъ баккхийта царна хаза ял хиларца.
Уьш цу чохьгуттар лаьтташ.
Кхерам таса шаьш олучарна: "Дала доьзалхо лаьцна".
Царна цуьнца цхьа а Iилма дац‚ церан дайшна а (ца хилла и). Инзаре доккха хили церан багахула долург (доккха къа хиларан) дашца. Харцдерг бен ма дац цара олуш дерг.
Хьо хила мега хьайн дог дохош церан ларшца (уьш бахьанехь сингаттаме а хилла)‚ халахеташ хIокху хабарех а уьш ца тийшича.
Оха лаьтта тIехь мел дерг хаздина цунна (лаьттана), уьш зерхьама: муьлха ву-те Iамалца уггар диканиг?
Оха хуьлуьйтур ю цу тIехь мел ерг декъа латта (т1ехь х1умма а йоцуш).
Я хьо моьттуш вара-те и хьехан а‚ ракъимана дай Тхан аяташна /юккъехь/ тамаше хIума хилла?
Хьахаде /цаьрга, хIай Мухьаммад/: цхьа къонахий д1а ма лечкъира хьеха чу‚ цара элира: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ Хьайгара къинхетам лолахь тхуна‚ атта делахь тхуна тхан гIуллакхехь нисдалар".
Оха церан лергаш д1акъевлира хьеха чохь масийтта шарна.
ТIаккха Оха уьш денбира (самабехира) Тхайна хаархьама /нахана гучудоккхуш/, шина тобанах муьлханиг ю цара яьккхина хан дика ягаръеш.
Оха дуьйцу хьоьга церан хабар бакъдолчуьнца. Баккъалла а, уьш къонахий бара шайн Кхиош-Кхобучух тешна‚ Оха совбехира уьш нийсачу некъаца.
Оха чIагIдира церан дегнаш, уьш хьалагIевтича. Цара элира: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ стигланийн а‚ лаьттан а Эла ву Хьо‚ оха кхойкхурма дац И воцчу Деле, – тIаккха оха гIалат дерг эр ма дара!
ХIокху тхан къомо Иза воцург /кхин/ деланаш лаьцна. Цара деънехьара царна тIехь билгала делил! Мила ву ткъа вуно зуламе ша Далла тIехь харцдерг кхоьллинчул?"
"Шу царах а‚ цара, Дела а витина, Iибадат дечух а дIакъаьсти‚ хьеха чу дIаловчкъийша – шуна баржор бу шун Кхиош-Кхобучо Шен къинхетамах /къинхетам/‚ Цо шуна аьтто бийр бу шун г1уллакхашкахь".
Хьуна го, малх схьакхетачу хенахь церан хьехана аьтту агIорхула дIахьаьвзаш, дIабузучу хенахь – царах дIатуьлуш аьрру агIорхула, уьш цуьнан (хьехан) парг1атчу меттигехь а болуш. Иза Делан делилех ду. Дала нисвеш верг – иза нийса верг ву‚ Дала тилавала вуьтуш верг – хьуна цкъа а карор ма вац цунна нийса некъ хьоьху г1оьнча.
Хьуна моьтту уьш сема бу‚ ткъа уьш наб еш бу‚ Оха берзабо уьш аьтто агIор а‚ аьрру агIор а /латте церан дог1маш ца даийта/. Церан жIаьла, шен ши ког а баржийна, неIсагIехь ду. Царна тIекхиънехь, – юхавер вара хьо ведда‚ т1ехдер ма дара хьан царах кхерар.
Иштта денбира (самабехира) Оха уьш, цаьрга вовшашка хаттийтархьама. Царах олучо элира: "Мел лаьттира шу (оцу хьолехь)?" Цара элира: "Тхо лаьттира цхьана дийнахь я дийнан декъахь?" Цара элира: "Шун Кхиош-Кхобург дика хууш ву шу мел лаьттинехь а. Аш вахийта шайх цхьаъ хIокху кехаташцагIала. Лохийла цо уггар цIена кхача – цунах рицкъ дохьийла цо шуна‚ сема хуьлийла иза‚ цхьаьнга ма хоуьйтийла цо шух дерг.
Баккъалла а, уьш шуна тIенислахь, цара тIулгаш деттар ду шуна‚ я шу духадерзор ду шайн дине – тIаккха цкъеллига цкъа а даккхийдер дац шу!"
Иштта Оха царна тIе /нах/ нисбалийтира, царна хаийтархьама Делан ваIда бакъ юйла‚ сахьт– цу чохь шеко йоцийла (къематде х1уттур хиларна). Церан гIуллакхехь вовшашца галморзахбевлира уьш. Элира (цхьаболчара): "ГIишло е царна тIехула (хьехана гонахула). Церан Кхиош-Кхобург дика хууш ву царах дерг". Церан гIуллакхна тIехь тоьллачара элира: "Царна тIехь маьждиг (ламаз ден меттиг) дийр ду вай".
Цара эр ду: "Кхоъ ву (уьш)‚ церан доьалгIаниг – церан жIаьла ду". Олу /цхьа кхечара/: "Пхиъ ву (уьш)‚ церан йолхалгIаниг – церан жIаьла ду"‚ гучахь доцург хаа гIерташ. Олу /вукхара/: "ВорхI ву‚ церан борхIалгIаниг – церан жIаьла ду". Ахь āла: "Сан Кхиош-Кхобург дика хууш ву церан терахь (уьш маса хиллехь)‚ уьш ца бевза кIеззигчарна бен". Цаьрца ма къийса билгалдолчуьнца бен. Царах лаьцна х1окхарах цхьаьнга ма хетта.
Ахь аллане а ма алалахь цхьана хIуманна тIехь: "Ас дийр ду иза кхана,
Далла лаахь"‚−олуш бен. Хьайн Кхиош-Кхобург дагаваийталахь хьуо вицвелча‚ āлалахь: "ХIокхул а нийсачунна герга вахийта мега со сайн Кхиош-Кхобучо".
Шайн хьеха чохь уьш лаьттира кхаа бIе шарахь‚ /кхин/ исс /шо/ т1етуьйхира царна (шерашна).
Ахь āла: "Дела дика хууш ву уьш мел лаьттира‚ Цуьнгахь ю стигланийн а‚ лаьттан а къайле". Ма дика гуш ву Иза (ган мел дезарг)! Ма дика хезаш ву Иза (хаза мел дезарг)! И воцург цхьа а доладийриг ма вац царна‚ Шен хьукамехь цхьа а накъост ца лоцу Цо.
Ахь дийца (Iамаде) хьайга ваьхьица деллачу хьайн Кхиош-Кхобучун жайнах. Вац Цуьнан дешнаш хуьйцуверг‚ хьуна цкъа а карор яц Цунна Шена т1е йоцург дIавада меттиг.
Хьо собаре хила шайн кхиош-кхобучу Делан юьхь езаш, Цуьнга Iуьйранна а, суьйранна а кхойкхучаьрца. Хьайн ши бIаьрг дIа ма берзабе царах, дуьненан хазалла езаш‚ хьо муьтIахь ма хила Оха шен дог Тхо хьехорна гIовпалдинчунна а‚ шен дезаршна тIаьхьахIоьттинчунна а‚ – цуьнан гIуллакх эрна хилла.
Ахь āла: "Бакъдерг ду шун Кхиош-Кхобучуьнгара. Шена лиънарг тешийла‚ шена лиънарг керста хуьлийла". Баккъалла а, Оха кечйина зуламхошна /жоьжахатин/ цIе‚ цуьнан пенаша гобийр бу царах. Цара гIо дехахь‚ царна гIо дийр ду хица‚ ша лалийначу эчигах тера долчу, яххьаш а ягаеш. Ма вон малар ду-кх! Вон хилла /церан/ чуг1ойла(жоьжахате)!
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика 1амалш йинарш а, – баккъалла а, Оха эшор ма яц хаза Iамал йинчун ял.
Уьш бу шайна Iадн(ялсаманин) бошмаш ерш‚ шайн /когаш/ бухахула хиш оьхуш‚ хазбийр бу уьш цу чохь дашо х1азаршца‚ цара тIедухур ду атласан а, деза дарийн баьццара духар а‚ цу чохь шаьш маьнгешна тIетевжина лаьтташ. Ма дика мēла бу-кх! Хаза хили (церан) чуг1ойла (ялсамане) !
Масална валаве царна ши стаг. Цу шиннах цхьанна Оха кемсийн ши беш хилийтина‚ цу шинна (бешана) го бира Оха хурманашца‚ цу шинна юккъехь ялта хилийтира.
Шина а бешо шайн даарделира‚ цунах (стоьмех) хIумма а ца телхира. Царна юккъехула хи дигира Оха.
Цунна хилира стоьмаш, тIаккха цо шен накъосте элира, и шеца къамел деш а волуш: "Сан хьайчул алсамо бу бахам а‚ со хьол сийлахьо ву накъостий хиларца а".
И шен беша велира‚ шена зулам деш а волуш‚ цо элира: "Суна ца моьтту цкъеллига цкъа а дIаер ю /хIара беш/.
Суна ца моьтту сахьтхIуттур ду. Со сайн Кхиош-Кхобучуьнга дIаверзавахь, суна кароза дуьсур ма дац дIаверзарца цул диканиг".
Элира цуьнга цуьнан /бусалба/ накъоста, ша цуьнга къамел деш волуш: "Ахь керстаналла до ткъа хьо кхоьллинчунна поппарх‚ тIаккха тIадамах‚ тIаккха хьо Ша нисвина волчу /онда/ стаг а хилла?
Делахь а, сайх лаьцна аьлча‚ Иза АллахI ву – сан Кхиош-Кхобург‚ сайн Кхиош-Кхобучуьнца цхьа а накъост лоцур вац аса-м!
Хьуо хьайн беша вахча‚ ахь аьллехьара: "МашаАллахI! Делаца бен ницкъ ма бац". Хьуна со гуш велахь хьайл ледаро хьолаца а‚ доьзалшца а,
Сан Кхиош-кхобучо суна дала а мега хьан бешал а диканиг‚ доссадан цуьнан (хьан беша) тIе стиглара хьесап– тIаккха цунах шера а меттиг хуьлуш (лаьттаца д1ашарйина)‚
Я цуьнан хи (лаьттах) д1ахудуш‚ хьан цкъа а ницкъ ца кхочур боцуш и карадан".
Гобира цуьнан стоьмех (х1аллакхиларо)‚ и волавелира шен куьйгаш вовшех детта, ша цунна (бешана) харж ярна‚ ткъа иза (беш) шен бух тIехь еса йолуш. Цо олу: "Ас ца лаьцна хиллехьара сайн Кхиош-Кхобучуьнца цхьа а накъост!"
Ца хилира цунна /гIоьнчийн/ тоба, ша цунна гIо деш Дала динчунна дуьхьал. И ша ца хилира шена гIо далуш!
Цигахь гIо – хьакъ волчу Делан ду. И ву дика верг мēла баларца а‚ дика верг /хаза/ тIаьхье хилийтарца а.
Дāладе царна масална дуьненан дахар: Оха стиглара доссийна хи (дог1а) санна ду иза – цунах ийра лаьттан ораматаш. Т1аккха царах дакъаделла асарш хилира, шаьш мехаша д1аса а даржадеш. Хилира Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш.
Бахам а‚ кIентий а – дуьненан дахаран хазалла ю - бухадуьсуш долу диканаштоьлу хьан Кхиош-Кхобучун гергахь мēлаца а‚ тоьлу догдахарца а.
Оха лаьмнаш дуьйладолуьйтучу (д1а-схьадаржочу) /къемат/ дийнахь‚ хьуна гур ду латта шарделла. Оха схьагулбийр бу уьш (берриге а)‚ бухавуьтур вац царах цхьа а.
Хьан Кхиош-Кхобучун хьалха д1ахIиттор бу уьш мог1ара: шу даьхкина Тхо долчу, Оха шу дуьххьара ма-кхоллара. Шуна-м моттара Оха шайна /Тхуна дуьхьалкхетаран/ хан юьллур яц‚ аьлла.
Охьадуьллур ду тептар (адамаша дуьненахь мел йина дика а. вон а 1амал д1аязйина долу) ‚ тIаккха хьуна гур бу къинош динарш цу чохь долчух кхоьруш‚ шаьш олуш: "Ма бāла бу вайна‚ х1ара х1у тептар ду? ХIокхо -м буха ца дитина жиманиг а‚ я доккханиг а тергал ца деш!” Царна карийра шаьш /дуьненахь долуш/ динарг (шайна) хьалхадиллина. Зулам ца до хьан Кхиош-Кхобучо цхьанна а.
Дагадаийта! Оха ма аьллера маликашка: "Сужуд де Āдамна". Цара сужуд дира, Иблис доцчо – и дара жинех‚ цо ла ца дуьйг1ира шен Кхиош-Кхобучун омране. Ткъа аш лоцу иза а‚ цуьнан зурриет а доттагIий‚ Со а вуьтий‚ – уьш шуна мостагIий ма-бу?! Ма вон бу-кх зуламхошна /шаьш бина/ хийцам!
Ас уьш стигланаш а‚ латта а кхолларан а ‚ уьш шаьш кхолларан а‚ тешаш ца хIиттийна. Со ца хилира /и Сан халкъ/ тилош берш гIоьнчий лоцург а.
Оцу /къемат/дийнахь Цо (Дала) эр ду: "Кхайкха аш шаьш Сан накъостий бу‚ бохуш‚ чIагIбеш хиллачаьрга!" Уьш кхайкхира цаьрга. Цара оцарна жоп ца делира‚ Оха хилийтира царна юккъехь хIаллакхилар (жоьжахати бахийтар).
Гира къинош диначарна /жоьжахатин/ цIе‚ царна хиира шаьш цу чу кхочур дуйла‚ ца карийра царна цунах дIасахьовзийла.
Оха /къастош/ далийна хIокху Къуръан чохь нахана массо а тайпа масал. Адам хилира вуно дукха хIуманашца къуьйсуш.
Цхьа а дуьхьало ца хилла нахана /Делах/ теша шайга нийса некъ беъча‚ шайн Кхиош-Кхобучуьнга гечдар деха а – цаьрга хьалхалерачийн масал даро бен‚ я шайна хьалха Iазап х1оттаро бен.
Оха ца бохкуьйту элчанаш кхаъ боккхуш а‚ кхерам тосуш а бен. Цатешачара харцдолчуьнца къуьйсу бакъдерг кIелдитархьама. Сан аяташ а‚ шайна кхерам теснарг а сийсазадеш тIелаьцна цара.
Мила ву зуламе шена шен Кхиош-кхобучун аяташ хьехийна‚ тIаккха царах юхаваьллачул‚ шен куьйгаша хьалхадаьккхинаргдицдийначул? Баккъалла а, Оха церан дегнаш чу гIат диллина – тIаккха уьш цунах (Къуръанах) ца кхета‚ церан лергаш чу /йиллина/ къоралла. Ахь уьш нийсачу новкъа кхайкхича а‚ цкъеллига цкъа а нислур бац уьш.
Хьан Кхиош-кхобург гечдийриг ву‚ /Шегахь/ къинхетам (боккха) болуш. Цара /дуьненахь/ карадинчуьнца Цо уьш /Iазапе я бāлане/ лоьцуш белахьара‚ царна Iазап сихдийр дара Цо. Царна тоьхна хан ю‚ Цунна тIехбевла бовда меттиг цкъа а карор ма яц царна.
И ярташ - Оха хIаллакйира уьш‚ цара зулам дича‚ уьш хIаллакбарна хан йиллира Оха.
Дагадаийта! Мусас аьллера шен къонахе: "Со соцур вац ши хIорд вовшахкхетачу меттиге кхаччалц‚ я лелар ву еххачу заманахь".
И шиъ /хIорд/ вовшахкхетачу меттиге кхаьчча‚ царна шайн чIара бицбелира‚ ткъа цо /лаьттахула/ Iуьрг доккхуш шен некъ хIорда чу биллира.
ТIаккха шаьш - шиъ /оцу меттигах/ чекхваьлча‚ цо элира шен къонахе: "Схьало вайна вайн кхача. Вайна дуьхьалкхийти хIокху вайн некъах хало".
Цо (Мусаца хиллачу кIанта) элира: "Хьажахь! Вай чарайолчу дирзича, суна бицбелира чIара‚ шайтIано а бен суна и биц ца балийти‚ суна и дага ца бойтуш‚ ткъа цо шен некъ цхьа тамаше кепара хIорда чу биллира".
Цо (Мусас) элира: "И дара вайна дезаш хилларг". ТIаккха и шиъ шайн тачча (лорах) юхабирзира.
Царна шинна карийра Тхан лейх цхьа лай‚ Оха шена Тхан гергара къинхетам белла волу‚ Оха шена Тхайгара Iилма Iамийна волу.
Мусас цуьнга элира: "Хьуна тIаьхьахIуттий со‚ ахь суна Iаморхьама хьайна Iамийначух кIорггера бакъдерг?"
Цо (Хизрас) элира: "Хьуна маггане а могур дац соьца собар дан.
Муха дийр ду ахь собар‚ хьайна шех хаар доцчуьнца".
Цо (Мусас) элира: "Хьуна карор ву со‚ Дала мукъалахь‚ собар деш‚ хьуна Iеса хир вац со омра кхочушдарца".
Цо элира: "Хьо суна тIаьхьахIоттахь‚ соьга ма хатталахь цхьана а хIуманах лаций‚ ас хьуна шех дерг д1адийццалц".
ТIаккха и шиъ дIаволавелира кеманна тIехаъалц – цо цунна Iуьрг даьккхира. Цо (Мусас) элира: "Iуьрг даьккхи ахь цуьнан нах бухабахийтархьама‚ цхьа ирча хIума ма ди ахь!"
Цо элира: "Ас ца элира: хьуна маггане а могур дац соьца цхьана собар дан".
Цо (Мусас) элира: "Ахь суна бехк ма билла со вицваларна‚ хало ма е суна /кху/ сан гIуллакхах".
ТIаккха и шиъ дIаволавелира цхьана кIантана дуьхьалкхетталц – цо и вийра. /Мусас/ элира: "/Ванах/ ахь цIена са дий-кх, сина дуьхьал а доцуш! Ма вон хIума дий-кх ахь!"
Цо элира: "Ас ца аьллера хьоьга: хьуна данне а соьца собар далур дац‚ аьлла?"
Цо (Мусас) элира: "Нагахь санна ас хьоьга хIума хаттахь хIокхул тIаьхьа, – суна накъосталла ма де: соьгара бехказло ю хьуна".
ТIаккха и шиъ дIаволавелира цхьана юьртан нахана тIекхаччалц. Цара цуьнан нахе даа хIума дийхира, ткъа цара дуьхьало йира цу шинна хьошалла дан. Цу шинна карийра цу чохь йожа йоллуш керт – цо (Хизрас) иза ирахIоттийра. Элира /Мусас/: "Хьайна лиънехь, цунах мах оьцур бара ахь".
Цо элира: "Х1ара суна а‚ хьуна а юккъехь д1акъастар ду. Ас достур ду хьуна шеца собар дан ца мегнарг:
Амма кема – хIорда чохь болх беш болчу мискачу нехан дара иза. Суна лиира иза дохо – царна тIехьахь лаьтташ вара паччахь‚ массо а /дика/ кема схьадоккхуш ницкъица.
Ткъа кIант – цуьнан да-нана муъмин нах бара‚ тхо кхоьрура цо царна халахетийтарна /Делан/ дозанех валарца а‚ /Далла/ керста хиларца а.
Тхуна лиира церан Кхиош-кхобучо цу шинна, хийцина‚ цул диканиг /доьзалхо/ лойла‚ цIена волуш‚ къинхетамца мелхо а герга волуш.
Ткъа керт‚ и яра гIалахь шинна кIентан – боберийн‚ цунна бухахь цу шиннан хазна яра. Цу шиннан да вара дика Iамал йолуш стаг. Хьан Кхиош-кхобучунна лиира и шиъ г1еметтах1оттийта‚ цаьрга шайн хазна схьаяккхийта хьан Кхиош-кхобучуьнгара къинхетамца. Иза ас ца дина сан гIуллакхаца. И ду хьуна шена тIехь собар дан ца мегначун тидар".
Цара хьоьга хоьтту Ши маIа йолчухлаьцна. Ахь āла: "Ас дуьйцур ду шуна цунах лаьцна хабар".
Баккъалла а, Оха чIагIвира иза лаьттахь‚ белира цунна /шен лааме кхача/ массо а хIуманан некъ (ницкъ).
Цхьана новкъа хIоьттира иза.
Малхбузе кхаьчча‚ цунна карийра и дIабузуш 1аьржа поппар болуш /довха/ шовда долчу меттигехь‚ цуьнан уллохь цхьа нах карийра цунна. Оха элира: "ХIай Ши маIа ерг! Я Iазап дийр ду ахь‚ я ахь цаьргахь диканиг дийр ду".
Цо элира: "Ткъа зулам динарг милла велахь, – тIаьхьа цунна Iазап дийр ду оха. ТIаккха шен Кхиош-кхобучунна тIеверзор ву иза – Цо Iазап дийр ду цунна, ирча Iазап.
Ткъа ийман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а – царна хаза бекхам бу. Оха цуьнга эр ду тхан омрах атта дерг".
ТIаккха цхьана /кхечу/ новкъа хIоьттира иза.
Малх схьакхетачу меттиге кхаьчча‚ цунна карийра и схьакхеташ цхьана нахана‚ Оха шайна цуьнан (маьлхан) дуьхьал цхьа а хьулам ца бинчу.
Иштта дIалецира Оха цуьнгахь дерг хаарца.
ТIаккха цхьана /кхечу/ новкъа хIоьттира иза.
Шина /лаьмнийн/ дуьхьалонан юккъе кхаьчча‚ цунна карийра царна бухахь /Зул-Къарнайн цхьана а/ дашах кхеташ боцу нах.
Цара элира: "ХIай ШимаIаерг! Баккъалла а, Яъжуж а‚ Маъжужа боьханиг даржош бу лаьттахь. Оха хьуна −харж йой‚ ахь тхуна а‚ царна а юккъехь дуьхьало йийриг?"
Цо элира: "Сан Кхиош-кхобучо со шена чохь чIагIвинарг дика ду. Суна ницкъица гIо де‚ ер ас шуна а‚ царна а юккъехь чIагIо.
Ло суна эчиган кийсикаш". Ша уьш шинна ламанан йистошкахь нисйича‚ цо элира: "/ЦIе/ марсаяккха!" Цо цунах цIе хилийтича‚ элира: "Схьало соьга‚ ас цунна тIе лалийна эчиг дуттур".
Ца мегира царнацунна тIе бовла а‚ ца мегира царна цунна Iуьрг даккха а.
Цо элира: "ХIара сан Кхиош-кхобучуьнгара къинхетам бу. Сан Кхиош-кхобучун ваIда еъча‚ Цо лаьттаца нисйийр ю иза. Сан Кхиош-кхобучун ваIда хьакъ-бакъ хилла".
Оха буьтур бу уьшоцу /къемат/ дийнахь цхьаберш вукхарна тIе бетталуш. Сур локхур ю‚ Оха уьш гулбийр бу берриге а.
Хьалхаюьллур ю Оха оцу дийнахь цатешачарна жоьжахати шуьйрра.
Уьш бара шайн бIаьргашна дуьхьал парду долуш Со хьехорх /уьш духатухуш/‚ уьш бара ладогIа ца могуш.
Цатешначарна моьтту-те шаьш‚ Со воцург‚ Сан леш гIоьнчий луьйцур бу? Оха кечйина жоьжахати цатешачарна чубисса.
Ахь āла: "Ас буьйций шуна Iамалашца уггар эшнарш‚
Дуьненан дахаре шайн къахьегар /эрна/ дайина хилларш, шаьш дика болх беш бу моьттуш?"
Уьш бу шаьш шайн Кхиош-кхобучун аяташна а‚ Цунна дуьхьалкхетарна а керстаналла динарш‚ эрна хилла церан Iамалш‚ хIоттор дац Оха царна къематдийнахь терза.
И - царна бекхам бу – жоьжахати: шаьш керстаналла дарна а‚ Сан аяташ а‚ Сан элчанаш а бахьорна а.
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ диканаш динарш а – царна хилла Фирдавсанбошмаш чохь Iан –
Цу чохь гуттар лаьтташ‚ царах шайна дIатила ца лууш.
Ахь āла: "ХIорд сан Кхиош-кхобучун дешнашна шекъа хилча а, – хIорд кхачалур бара сан Кхиош-кхобучун дешнаш кхачадалале‚ цунах тераниг Оха алссам деъчи а /кхин хIорд хилийтича а/".
Ахь āла: "Со адам ду шу санна‚ суна ваьхьица хаийтина шун Дела цхьа Дела вуйла. Шен Кхиош-кхобучунна дуьхьалкхетаре дог дохуш хиллачо – дика Iамал йойла‚ шен Кхиош-кхобучун Iибадат дарехь цхьа а накъост ма лоцийла".