All Islam Directory
1

Массо а вонах цIена ву Иза (Дела)‚ Ша Шен лайбуса /кхарста/ ваьккхина волу Дезчу маьждигераГенарчу маьждиге‚ Оха шен гонаха дерг беркате дина долчу‚ цунна гайтархьама Тхан аяташ. Баккъалла а, Иза ву хезаш верг а‚ гуш верг а.

2

Оха делира Мусага жайна‚ цунах хилийтира нийса некъ Исраилан кIенташна‚ Ша воцург, кхин векал ма лаца‚ аьлла.

3

Х1ай Оха шаьш Нухьаца лелийначеран зурриет /Исраилан к1ентий! Дагадаийта Оха шайн дай хина бухабахарх к1елхьарбахар; шукур де Далла/. Баккъалла а, иза (Нухь пайхамар) хили баркале лай.

4

Оха хаам бира Исраилан кIенташка жайни чохь: "Телхина дерг ца деш 1ийр ма дац шу лаьтта тIехь шозза‚ курадевр ду шу т1ех кураллица"‚−аьлла.

5

Цу шиннах хьалхара ваIда еъча‚ Оха шуна тIе бахкийтира Тхешан леш‚ шайгахь чIогIа ницкъ болу‚ чекхбевлира уьш х1усамаш чухула- ваIда кхочушхилира.

6

Т1аккха /аш тоба динчул т1аьхьа/ Оха шуьга юхабаккхийтира царна тIехь толам‚ гIо дира шуна хьолаца а‚ кIенташца а‚ шух хилийтира вуно йоккха тоба ( дукха халкъ).

7

Аш диканиг дича – и диканиг дина шайна‚ аш вониг дича – иза а шуна шайна (зуламе) ду. /Делан/ шолгIа ваIда кхочушхилча – /Дала кхин мостагIий тIетесира шуна/ цара шун яххьаш эрчаяха‚ маьждигауьш чу баха‚ дуьххьара шаьш бахаре терра‚ дохо шайна дола мел деънарг.

8

Шун Кхиош-Кхобучо шух къинхетам бан мега. Шу духадерзахь /къинош дарна/‚ Тхо а духадуьрзур ду /шуна таIзар дарна/. Оха хилийтина жоьжахати керстанашна набахти /уьш цу чуьра ара ца бовлалуш/.

9

Баккъалла а, хIокху Къуръано нисво ша уггар нийсадолчунна тIе‚ кхаъ боккху шаьш диканаш деш болчу муъмин нахана царна йоккха ял хиларца.

10

Эхартах ца тешаш берш – Оха царна кечдина лазош долу Iазап.

11

Адамо /шена я шен доьзалхочунна, ша оьг1азвахча/ вониг доьхуш доIа до, ша диканиг доьхуш доIа даре терра. Адам /шен кхолламехь/ хилла сиха /амал йолуш /.

12

Оха хилийтина буьйса а‚ де а ши билгало хилла. Буьйсанан билгало дIайоккху Оха‚ дийнан билгало гуш йой, шуьга лахийтархьама шайн Кхиош-Кхобучун комаьршонах /рицкъ/‚ шерийн барам а, хьесап а шуна хаийтархьама. Массо а хIума къастийна Оха кхоччуш болчу къастамца.

13

Массо а адамна логах хьарчийна Оха шен кхоллам.Оха цунна къематдийнахь жайна гучудоккхур ду – цунна гур ду иза схьадиллина (дуьненахь ша дина диканиг а, вониг а цунна хьалхахь хир ду къематдийнахь).

14

"Деша хьайн жайна. Хьайн са кхачо хили хьуна тахана хьесап дан" /эр ду цуьнга/.

15

Нисвелларг – шена нислуш ву. Тилавелларг а – шена тилалуш ву. Хьур бац хьуш волчо кхечуьнан мохь. Тхо ца хилла Iазап деш, Оха элча вахийтталц.

16

Тхуна цхьа юрт хIаллакъян лиъча‚ Оха /элчанашкахула/ омрадо цуьнан /юьртахойн/ хьоладайшка /Далла муьт1ахь хила, олий/‚ – цара цу чохь (юьртахь) 1есалла йо (Далла)‚ тIаккха оцунна тIехь /Делера 1азап дуссур ду, аьлла долу/ дош бакъхуьлу – тIаккха Оха иза йохайо кхоччуш.

17

Маса тIаьхье хIаллакйина Оха Нухьал т1аьхьа! Кхачо ю хьан Дела Шен лен къинош сов дика хууш а‚ гуш а хилар.

18

Милла а хиллехь дезаш сиханиг– сихдина /лур ду/ Оха цунна цу чохь (дуьненахь) Тхайна луург Тхайна луучунна‚ тIаккха Оха хилийтина цунна жоьжахати – чуг1ур ву иза цунна /вага/ бехке а хилла‚ сийсаза а волуш (Делан къинхетамах генаваьккхина).

19

Милла а велахь дезаш тIаьхьарниг‚ цунна тIекхача сихвелларг шен къахьегарца, ша тешнаа волуш, – уьш бу шайн къахьегар баркалле (декъала) хилларш.

20

ХIоранна а ло Оха – хIокхарна а (дуьне лоьхучарна)‚ вукхарна а (эхарт лоьхучарна) – хьан Кхиош-Кхобучун ниIматах. Хьан Кхиош-Кхобучун ниIмат ца хилла дихкина.

21

Хьажал‚ муха базбина Оха царах цхьаберш вукхарал (дуьненан дахарехь)! Ткъа эхарт −даржех уггаре доккханиг а ду‚ дозаллах уггаре доккханиг а ду (Делах кхоьруш хиллачарна кечдина долу).

22

Делаца кхин дела ма ве – /и вахь/ хьо охьахуур ву бехке а хилла‚ (Делера) гIо доцуш а висина.

23

Хьан Кхиош-Кхобучо омра дина: аш Iибадат ма делаш Ша воцчунна‚ деца-ненаца дика а хилалаш‚ аьлла. Хьуна гергахь царах цхьаъ я ший а къаналлина тIекхачахь‚ ахь цу шинга ма алалахь: "Уффай!"‚ дIа ма къахкаделахь и шиъ‚ ахь алалахь цу шинга хаза дош.

24

Ахь охьабахийта цу шинна къинхетамах муьтIахь хиларан тIам‚ āла: "Сан Кхиош-кхобург‚ къинхетам бехьа цу шиннах‚ цу шиммо жима волуш (терго еш) со кхиорах терра".

25

Шун Кхиош-Кхобург дика хууш ву шун дегнашкахь дерг. Шу дика хилахь – баккъалла, Иза хилла /даггара тōба дарца/ Шена тIебоьрзучарна гечдеш.

26

Гергарчунна шен хьакъ дIало‚ мискачунна а‚ некъахочунна а /дIало церан хьаккъаш/‚ дайа ма дайа /хьайн хIума/ эрна.

27

Эрна дойуш берш хилла шайтIанийн вежарий‚ ткъа шайтIа шен Кхиош-Кхобучунна керста хилла.

28

Нагахь хьо царах (гергарачарах, мискачарах, некъахойх - царна сагIина дала хIума доцуш) д1авирзинехь, хьайн Кхиош-Кхобучун къинхетам безаш (Делан къинхетамах рицкъ дезаш), и хиларе сатуьйсуш а волуш, /т1аккха оцунах царна саг1ина дала дагахь/, ахь цаьрга алалахь к1еда-мерза дош.

29

Ма хилийта хьайн куьг хьайн логах дихкина‚ даржа а ма де и дерриг даржорца−т1аккха (и дахь) охьахуур ву хьо бехкаме а хилла‚ гIайгIане а вахана.

30

Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучо рицкъ даржадо Шена луучунна /шортта/‚ барам а бо. Баккъалла а, Иза хилла Шен леш дика бевзаш а‚ гуш а.

31

Ма дайа шайн бераш мискаллах кхоьруш – Оха кхобур бу уьш а‚ шу а. Баккъалла а, уьш байар хилла доккха гIалат.

32

Зинанагерга ма гIолаш‚ баккъалла а, и ду ирчаниг‚ и бу боьха некъ /жоьжахате вуьгуш/.

33

Ма делаш Дала /ден/ хьарам дина долу сабакъонцийбен. Шена т1ехь зулам а деш вийнарг – Оха цуьнан верасна (ирс оьцучунна) бакъо елла /чIир эца/‚ байарехь тIех ма волийла иза. Баккъалла а, иза (веллачун верас) хир ву (Дала) шена (ч1ир эца) гIо динарг.

34

Шу герга ма гIолаш боберан даьхнина уггар дикчуьнца (цунна пайдехь) бен и /кхоччуш/ г1еметтах1отталц. Iалашбе барт (шайн кхечаьрца хилла чIагIонаш). Баккъалла а, барт жоьпалле хилла. (Дала жоп доьхур ду цунах).

35

Нийсо е (шаьш нахана х1уманаш) юстарехь, шаьш юстучу хенахь)‚ озалаш нийсачу терзанца. Иза дика а ду‚ мелхо а хаза а ду тIаьхьенгахь (эхартахь мела хиларца).

36

Хьо тIаьхьа ма хIотталахь хьайгахь Iилма доцчу х1уманна. Баккъалла а, лерса а‚ бIаьрса а‚ дог а – уьш дерриг хир ду цунах жоп доьхур долуш (къематдийнахь).

37

Ма лелалахь лаьтта тIехь кураллица– баккъалла а, ахь лаьттан бух охкур ма бац‚ ламанан локхалле а кхочур ма вац хьо!

38

Оцу дерригенан вониг хьан Кхиош-Кхобучунна гергахь ца дезаш хилла (ду).

39

И ду хьан Кхиош-Кхобучо хьоьга ваьхьица хаийтинчу хьикматах. Ма хилийта Делаца кхин дела – тIаккха жоьжахати чукхуссур ву хьо бехкаме а хилла (хир волуш)‚ /массо а диканах/ юха а тоьхна.

40

Ткъа шу хаьржина шун Кхиош-Кхобучо кIенташца‚ Шена маликех йо1арий бина? Баккъалла а, шу олуш ма ду (шен ирчаллица) деза-доккха дош.

41

Оха /массо а хIума/ билгалдина хIокху Къуръан чохь царна (адамашна) дагадаийтархьама – цо-м (оцу билгалдаро) уьшалсам ца боху /бакъдолчух/ дIакъахкарций бен.

42

Ахь āла: "Цуьнца кхин делий хилча‚ цара ма-бохху, – Iарш йолчунна (Далла) тIе некъ лохур ма бара цара(и 1арш д1алаца г1ерташ, дерриге паччахьалла шайн карадерзо лууш)".

43

Вонах цIена ву Иза‚ т1ех лаккхавели Иза цара (керстанаша) дуьйцучух.

44

Цунна тасбихь деш ю ворхI стигал а‚ латта а‚ царна чохь мел берш а (Дала мел кхоьллина х1ума). Цуьнан хастамца тасбихь ца деш хIумма а яц‚ делахь а, шу (х1ай адамаш) ца кхета церан тасбихьах. Баккъалла а, Иза хилла т1ех собареа‚ гечдийриг а.

45

Ахь Къуръан доьшуш‚ Оха хьуна а‚ эхартах цатешачарна а юккъехь хилийтина хьулдина кирхьа.

46

Оха йина церан дегнашна тIехь гIат (т1екхоьллина х1ума), уьш цунах (Къуръанах) ца кхетийта‚ церан лергашна чохь а къоралла ю. Ахь Къуръана чохь веккъа Ша цхьаъ хьайн Кхиош-Кхобург хьехийча‚ уьш юхабовлу, /бакъдолчух/ къаьхкаш.

47

Тхо дика хууш ду цара стенга ладуг1у, хьоьга шаьш ладугIучу хенахь, /т1аккха/ къайлаха вовшашка хабарш дуьйцуш, зуламхоша олу: "Шу тIаьхьахIуьттуш ма ду шегахь бозбуунчалла долчу стагана".

48

Хьажал‚ муха далийна цара хьуна масалш‚ тилабелла уьш‚ ницкъ ца кхочу церан /нийса/ некъ /каро/.

49

Цара элира: "Тхох даьIахкаш а‚ чим а хилча‚ тхо дендийр ду, керла халкъ а хилла?"

50

Ахь āла: "Шух тIулг я эчиг‚

51

Я /муьлхха/ кхоьллина хIума хилча а, ша йоккха хуьлуш йолу шун дегнашкахь /иза а денйийр ю/." ТIаккха цара эр ма ду: "Хьан /дендина/ духадерзор ду тхо?" Ахь āла: "Дуьххьара шу кхоьллинчо". ТIаккха цара шайн кортош лестош хьо волчухьа‚ эр ма ду: "Маца /хир/ ду иза?" Ахь āла: "Иза кеста хила тарло".

52

Оцу /къемат/дийнахь Цо шуьга кхойкхур ма ду‚ аш Цунна хастамбарца жоп лур ду‚ шуна моьттур ду шаьш кIеззиг бен ца 1ийна (дуьненахь я кошахь).

53

Ахь āла Сан лешка‚ цара олийла (шаьш къамелаш деш) уггаре диканиг. Баккъалла а, шайтIано царна юккъе дов туьссу. Баккъалла а, шайтIа адамна къаьсттина мостагI хилла.

54

Шун Кхиош-Кхобург шу дика девзаш ву. Шена лаахь, къинхетам бийр бу Цо шух‚ я Шена лаахь, Цо шуна Iазап дийр ду. Оха ца вахийтина хьо царна тIехь векал хилла.

55

Хьан Кхиош-Кхобург дика бевзаш ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а берш. Оха базбина цхьаболу пайхамараш вукхарал‚ Оха делла Давуде Забур.

56

Ахь āла: "Аш кхайкха шаьш, И /АллахI-Дела/ витина, делий бу бохучаьрга /шайна гIо де алий/". Церан дōлахь ма дац шуна тIера зен д1аайдар а‚ /я и кхечарна т1е/ дерзор а.

57

Цара шайга кхойкхуш бершшаьш а бу шайн Деле /герга хила/ некъ лоьхуш‚ царах вуно /Далла/ герга верг муьлханиг ву-те /хьоьжуш/. Дог дохуш бу уьш Цуьнан къинхетаме‚ кхоьруш бу Цуьнан Iазапах. Баккъалла а, хьан Кхиош- Кхобучун Iазап хилла шех лардала дезаш.

58

Ма яц цхьа а юрт Оха хIаллакйийр йоцуш къематде дале‚ я Оха шена чIогIа Iазап дийр доцуш. И хилла /Лавхь махьфуз/ жайни чохь яздина /хийцалур доцуш/

59

Тхо духа ца тоьхна Оха аяташдиссорах уьш хьалхалерачара харцдаро бен. Оха елира самудашнаэмкал, гуш а йолуш‚ цара цуьнцазулам дира. Оха ца боссабо аяташцакхерам бен.

60

Дагадайта: Оха ма элира хьоьга: "Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучо нахах гуо биллина". Оха ца хилийтира Оха хьуна гайтина хилла долу гара, Къуръан чохь шена неIалт аьлла долу дитта нахана питана бен. Оха царна кхерам кхуьссу‚ цо уьш алсам ца боху доккхачу тиларца бен.

61

Хьахаде, (х1ай пайхамар): Оха элира маликашка: "Сужуд де Āдамна". Цара сужуд дира, иблис доцчо. Цо элира: "Ас сужуд до ткъа Ахь поппарх кхоьллинчунна?"

62

Элира /иблисо/: "Хьажахь! ХIара ву Ахь суна тIехь вазвинарг? Ахь со тIаьхьататтахь къематде даллац‚ цуьнан зурриет тилор ма ду ас‚ цхьа кIеззиг берш боцурш".

63

Цо (Дала) элира: "ДIадала! Царах хьуна тIаьхьа милла хIоттахь а,– баккъалла а, жоьжахати ю-кх шуна кхоччуш бекхам.

64

Кхерам таса царах хьайн ницкъ кхочучарна хьайн озаца‚ гулбе (т1ехеца) царна дуьхьал хьайн дошлой а‚ гIашлой а‚ декъашхо хила цаьрца (церан) хьолехь а, доьзалшкахь а‚ ваIда е царна!” ШайтIано ваIда ма ца йо царна (уьш) Iехабар бен.

65

"Баккъалла а, Сан /дог ц1ена, тешаме болу/ леш, - царна тIехь бакъо яц хьан". Кхачаме ду хьан Кхиош-Кхобург (уьш шайт1анах 1алашбарехь) векал хилар.

66

Шун Кхиош-Кхобург ву шуна хIорда чухула кеманаш лелош верг шуьга лехийта Шен комаьршаллах(рицкъ) Баккъалла а, Иза хилла шуна къинхетаме.

67

Шух зен-зулам 1оттаделча хIорда чохь‚ дIа ма туьлий и, аш Иза воцчуьнга, шайга кхойкхуш берш. ТIаккха Цо шаьш кIелхьардаьхча аренна тIе – шу духадевли. Баккъалла а, адам хили баркалле доцуш.

68

Шу тешна хили-те Цо шу аренан цхьана декъана бухадохуьтург цахиларх я Цо шуна тIе дарц хьовзор цахиларх? ТIаккха шуна карор ма вац шайна векал.

69

Я шу тешна дара-те Цо шу цунна (хIорда) чу /цкъа шун доIа бахьанехь Оха арадаьхначул тIаьхьа/ юха а дерзориг цахиларх, тIаккха шуна тIе механ дарц хьавзийна, цо шу хи буха дохуьйтур долуш, шу ца тешаш хиларна? ТIаккха шуна карор вац шайна Тхуна тIехь цуьнца / бекхам эца/ тIаьхьаваьлларг.

70

Оха сийдина (леерам бина) Āдаман кIентех‚ Оха лелийна уьш аренца а‚ хIорда чухула а‚ рицкъ делла царна цIенчух‚ Оха базбина уьш Тхаьш кхоьллинчу /халкъех/ дуккхачарах базбарца.

71

Оцу /къемат/дийнахь Оха кхойкхур ду дерриге а адамашка шайн имамаца. Шен жайна шен аьтту куьйга делларг милла велахь а и, цара шайн жайна доьшур ма ду‚ царна цуьрриг зулам дийр ма дац.

72

КхузахьбIаьрсадоцуш милла хиллехь а, – иза эхартахь а бIаьрса доцуш хир ву‚ некъаца уггар тилавелларг а ву.

73

Уьш герга хилира Оха хьоьга ваьхьица доссийначух хьо дIатилаванхьоьга Тхуна тIехь кхидерг кхоллийта. ТIаккха хьо доттагI лаьцна хир ма вара цара!

74

Оха хьо (бакъдолчунна т1ехь) ца сацийнехьара‚ хьо герга вара жимма царна тIетовжа.

75

ТIаккха /хьо мушрикашна цхьа жимма а гергавахана хиллехь/ Оха хьоьга /Iазап/ Iовшийтина хир дара шозза дахарехь а‚ шозза валарехь а‚ тIаккха хьуна Тхуна дуьхьал гIоьнча карор ма вацара.

76

Уьш герга бара хьо оцу лаьттара (Маккара) херван‚ хьо цу чуьра (Маккара) араваккхархьама. ТIаккха хьол тIаьхьа уьш кIеззиг бен 1ийр ма бацара (Дала Iазап дийр дара царна).

77

Оха хьол хьалха бахкийтинчу Тхан элчанийн Iедалехьду иза. Хьуна карор ма дац Тхан Iедалан хийцдалар.

78

Ахь ламаз хIоттаде малх дIакерчачу хенера буьйсанан бодане кхаччалц‚ сатасаран Къуръана деша (Iуьйре-ламаз де). Баккъалла а, сатасаран Къуръан хилла шена тешаллаш долуш.

79

Буьйсанах а (цхьана декъехь) ахь къахьега айхьа цуьнца (Къуръан дешарца) совнаха ламазашкахь – хьан Кхиош-кхобучо хьо вахийта тарло хастаме меттиге.

80

Ахь āла: "Сан Кхиош-Кхобург! Сан чуг1ойла хилийталахь бакъдолчун а, сийлаллин а не1арехула, сан араволийла а хилийталахь бакъдолчун а, сийлаллин а не1арехула. Хилийталахь суна гIоьнна Хьайгара бакъо а, ницкъ а (Хьан мостаг1ех со ларвеш, Хьан дин даздеш)".

81

Ахь āла: "Бакъдерг деана‚ харцдерг д1адаьлла. Баккъалла а, харцдерг д1адала дезаш хилла".

82

Оха доссадо Къуръан чуьра (аяташ) муъмин нахана /дегнашна а, дог1машна а) дарба дерг а‚ къинхетам берг а. Зуламхошна – цо дараш (зен) бен сов ца доху.

83

Оха адамна ниIмат делча, – и юхаволу‚ генаволу / Тхуна 1ибадат дарх/‚ ша бохамо схьалаьцча, и хуьлу /Делан къинхетамах/ догдиллина.

84

Ахь āла: "Массо а ву Iамал еш шен-шен кепара". Шун Кхиош-Кхобург дико хууш ву новкъаца /массарал/ нисвелларг милла велахь а.

85

Цара хьоьга хоьтту сих /лаьцна/.Ахь āла: "Са сан Кхиош-кхобучун гIуллакхах ду. Шуна Iилма кIеззиг бен ца делла".

86

Тхуна лиънехьара‚ Оха дIадаьккхина хир дара хьоьга Тхаьш ваьхьица делларг – тIаккха хьуна карор вац хьайна цуьнца Тхуна тIехь векал (и духадерзо ницкъ берг)

87

Хьо Кхиош-Кхобучуьнгара къинхетам а бен. Цуьнан комаьршалла хьуна тIехь йоккха хилла.

88

Ахь āла: "Адамаш а‚ жинаш а гулделча хIокху Къуръанах тераниг дан‚ дийр дацара цара цунах тераниг‚ царах цхьаберш вукхарна накъостий хилча а".

89

Оха хIокху Къуръан чохь нахана билгалдаьккхина массо а х1ума. Т1аккха а дукхахболу нах керстаналла доцчунна дуьхьал хилира.

90

Цара элира: "Тхо цкъа а тешар ма дац хьох ахь ца даккхахь тхуна лаьттах хьаст (шовда),

91

Я хьуна хурманийн а‚ кемсийн а беш ца хилахь‚ цунна юккъехула ахь хин татолаш ца дахкахь.

92

Я стигал ахь тхуна тIе, ахь ч1аг1 ма-дарра, кескашца ца йожаяхь‚ я хьо тхуна дуьхьал Дела а‚ маликаш а далош ца ваг1ахь‚

93

Я хьан хазйинчу х1уманийн (дашо) цIа ца хилахь‚ я хьо стигла ца валахь. Цкъа а тешар дац тхо хьан /стигал/ валарх а, ахь тхуна жайна доссадалц‚ оха ша доьшуш а долуш". Ахь āла: "Вонах цIена ву сан Кхиош-Кхобург‚ ткъа со адам - элча бен ма вац."

94

Нах (керстанаш) ца совцийна тешарх (ийман дилларх) шайга нийса некъ беъча а‚ "Адам доуьйту ткъа Дала элча хуьлий?" шаьш аларо бен.

95

Ахь āла: "Лаьттахь паргIат лелаш маликаш хиллехь‚ цаьрга доссийна хир дара Оха стиглара малик, элча а хилла".

96

Ахь āла: " Кхачам бу Дела теш хилар суна а‚ шуна а юккъехь. Баккъалла а, Иза хилла Шен леш /сов дика/ бевзаш а‚ гуш а".

97

Дала нисвеш верг – иза ву нийсачу новкъахь верг‚ Дала тилабала буьтуш берш – хьуна карор ма бац царна гIоьнчий, И Ша воцург. Оха гулбийр бу уьш къематдийнахь шайн яххьаш тIехь бIаьрса доцуш‚ мотт ца хууш‚ къора. Церан чугIойла – жоьжахати /-н цIе/ ю. И ма яйнехь‚ Оха царна алу совйоккху.

98

Иза царна бекхам бу уьш Тхан аятех ца тешаш хиларна а‚ цара аларна а: "Тхо даьIахкаш а‚ чим а хилча‚ керла халкъ хилла дендийр ду, ткъа?"

99

Царна ца го-техьа и стигланаш а‚ латта а кхоьллина волу Дела ницкъ кхочуш хилар и саннарг юхакхолла? Цо царна шегахь шеко йоцу Iожалла йиллира, - т1аккха а зуламхоша керстаналла бен къобал ца дира.

100

Ахь āла: "Шу хилча а сан Кхиош-Кхобучун къинхетаман хазнийн доладеш‚ бIаьрмециг хир ма дара шу, уьш (и хазнаш) шайгара дIадовларна кхоьруш. Адам хилла пис (сутара).

101

Оха делира Мусага исс билгала долу делил. Ахь хаттал Исраилан кIенташка: иза (Муса) царна т1е веъча‚ ФирIавна цуьнга ма элира: "Суна хета хьо‚ Муса‚ /наха/ хьайна бозбуунчалла дина верг ву".

102

Цо элира: "Хьуна хиъна: хIорш ца диссийна стигланийн а‚ лаьттан а Эло бен‚ гуш йолу билгалонаш а йолуш. Суна хета‚ хIай ФирIавн‚ хьо хIаллакхир ву".

103

ТIаккха цунна (ФирIавнна) лиира уьш (Исраилан кIентий) лаьттара (Мисрара) д1алахка‚ Оха иза а‚ цуьнца мел верг - массо а хина бухавахийтира.

104

Оха элира цул тIаьхьа Исраилан кIенташка: "(Х1окху) лаьттахь дāха‚ эхартан (къематде х1оттаран) ваIда деъча‚ Оха шу д1адуьгур ду /Далла хьалха/ вовшашца ийна /ийман диллинарг – керста, диканиг – вониг/".

105

Бакъдолчуьнца доссийна Оха иза /Къуръан/‚ бакъдолчуьнца доьссина иза /Далла гергара/. Хьо ца ваийтинаОха хаамча а‚ кхерамча а волчу хьолехь бен.

106

Къуръанан а дакъош адина Оха хьоьга и паргIат дешийта нахана. Оха и доссийна кIез-кIеззиг доссорца.

107

Ахь āла: "Теша цунах‚ я ма теша (Къуръанах)! Баккъалла а, шайна цул хьалха Iилма делларш и (Къуръан), шайна доьшуш, чIенигишна тIе гуора оьгу".

108

Цара (1илма деллачара) олу: "Вонах цIена ву тхан Кхиош-Кхобург‚ тхан Кхиош-Кхобучун ваIда кхочушхилла".

109

ЧIенигашна тIе иэга уьш, боьлхуш‚ цо (Къуръан дешаро) уьш совбоху /Далла/ муьтIахь хиларца.

110

Ахь āла: "Шу кхайкха /Деле/ АллахI алий‚ я Къинхетаме вергалий. Шу муьлхачуьнца (ц1арца) кхайкхахь а −/дика ду/‚ Цуьнан хаза цIерш ю". Хьайн ламаз дукха чIогIа (аз айдина) а ма де‚ сов меллаша (аз лаг1дина) а ма де‚ цу юккъехь некъ лаха хьайна(юккъерчу барамехь).

111

Ахь āла: "Хастам бу Далла, доьзалхо (Шена) ца лаьцначу‚ Шена паччахьаллехь /мулкехь/ накъост (оьшуш) ца хиллачу. Сийсазаллах /ларван/ гIоьнча а ца эшна Цунна". Воккха виэ Иза воккхаварца!