Дерриге а Исламан библиотека
1

Делан омра кхаьчна (гергадеана къематде хIоттар)‚ и сихдар ма лехалаш. Вонах цIена ву Иза‚ лакхавели Иза цара /Шеца/ накъост лацарх.

2

Маликаш диссадо Цо сицаШегара омраца Шен лех Шена луучуьнга "Аш дIахьеде: Со воцург кхин дела цахилар‚ Сох кхералаш"‚−олий.

3

Цо кхоьллина стигланаш а‚ латта а бакъдолчуьнца. Лакхавели И цара /Шеца/ накъост лацарх.

4

Адам кхоьллина Цо тIадамах‚ ткъа иза билггал мостагI ву-кх (керста, Далла инкарло еш волу).

5

Даьхни а – Цо кхоьллина иза. Цуьнца шуна йовхо а ю (‚ пайданаш а бу‚ царах аш доу.?

6

Шуна цаьргахь хазалла ю, аш/уьш/ чулохкучу хенахь а‚ ашдажа арадохуш а.

7

Шун маххьаш дIакхоьхьу цара (даьхнино) шу чIогIа хала а бен д1акхочур доцчу махка (меттигашка). Баккъалла а, шун Кхиош-кхобург /шух/ дог лозуш а ву‚ къинхетаме а ву.

8

Говраш а‚ бIаьрзанаш а‚ варраш а шу шайна тIехь лелийта а‚ хазаллина а ю. Цо кхуллу шуна ца хуург а.

9

Далла тIехь ду /адам / нийсачу новкъа хьажор‚ цунах (некъах) бу /бакъдолчух/ дIаверзош берг а. Шена лиънехьара, шу дерриге а нийсачу новкъа нисдина хир дара Цо.

10

И ву Ша стиглара хи (дог1а) даийтинарг‚ шуна цунах (хих) малар а ду (аш молуш долу хи)‚ цунах аш шен чохь бежнаш дажош долу буца ю (дог1анца Дала йолуьйту буц шун бежнаш дажийта).

11

Цуьнца Цо шуна схьадолуьйту ялта а‚ зайт-дитташ а‚ хурманаш а‚ кемсаш а‚ массо а тайпа стоьмаш а. Баккъалла а, цу чохь Дела /цхьаъ хиларан а, ницкъ болуш хиларан а / делил ма ду ойла ечу нахана.

12

Шуна муьтIахь дина Цо буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а. Седарчий а /шуна буса некъ гойтуш/ муьтIахь дина Цуьнан омраца. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду хьекъале болчу нахана.

13

Цо шуна лаьттахь тайп-тайпанан бесашкахь кхиийна хIуманаш (дийнаташ, ораматаш…) /муьтIахь йина шуна/. Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх дагадойтуш болчу нахана.

14

И ву /шуна/ муьтIахь бинарг хIорд шуьга цу чуьра керла жижиг (ч1ерий…) даийта‚ шуьга цу чуьра аш шаьш тIеухкуш долу жовхIарш дахийта. Хьуна го кеманаш д1асалелаш цу чухула, Цуьнан комаьршаллих /хIуманаш/ шуьга лахийта (х1ордан ни1маташ а, йохка-эцар лелорна а)‚ шу баркалла олуш хилийта а.

15

Лаьтта т1ехь лаьмнаш доьг1на Цо, иза шуьца цхьаьна ца лестийтархьама‚ хиш а‚ некъаш а /хилийтира/, – шу нислур дацара-те нийсачу новкъа (шайна Iалашонашна тIе).

16

(Кхидолу) Iаламаташ а /кхоьллина Цо шуна некъаш билгалдаха/‚ ткъа седанца (седарчашца) царна карабо нийса некъ /буса шаьш д1абаха безачу меттиге/.

17

Ша кхуллург цакхуллучух тера ву-те? Аш ойла ца йо-те?

18

Аш Делан ниIмат дагардахь – хьесап далур дац шуьга цуьнан. Баккъалла а, Дела т1ех гечдеш верг а ву‚ къинхетаме верг а ву.

19

Далла хаьа аш къайладоккхург а‚ аш дIахьедийриг а.

20

Дела а витина, цара шайга кхойкхуш берш – цара хIумма а ца кхуллу‚ уьш шаьш а кхуллуш бу.

21

Белла бу уьш‚ дийна боцуш. Царна ца хаьа‚ маца денбийр бу уьш (шайна 1ибадат деш хилларш).

22

Шун дела Ша цхьаъ волу Дела ву (Шена 1ибадат дан массо а хьакъ волу). Шаьш эхартах ца тешаш берш – церан дегнаш инкарло еш ду‚ шаьш курабевлла а бу уьш (бакъдерг т1е ца лоцуш).

23

Шеко йоццуш, Далла ма хаьа аш къайладоккхург а‚ аш дIахьедийриг а. Баккъалла а, Цунна ца беза курабевларш.

24

Цаьрга (мушрикашка) аьлча: "ХIун доссийна шун Кхиош-Кхобучо?"‚ цара олу: "Хьалхалерачийн (хьалха баьхначу нехан) туьйранаш ".

25

Цара дIахьойла шайн /къинойн/ мохь кхоччуш къематдийнахь‚ цхьа а хаар доцуш шаьш тилийначеран мохь а. Вон ца хили цара дIахьош ерг!? /Хили!/

26

Царал хьалха хиллачара а мекарло йира – дIаяьккхира Дала церан гIишло (церан мекарло) баххашкара дуьйна‚ тхов тIебуьйжира царна тIехула. Цо Iазап даийтира царна шайна ца хаалучухула.

27

ТIаккха къематдийнахь Цо сийсазбийр бу уьш‚ эр а ду (цаьрга): "Мичахь бу Сан "накъостий" (аш Соьца нисбеш хилла болу харц деланаш)‚ шаьш бахьанехь аш /бакъдолчуьнца/ къуьйсуш хилла болу?" Шайна Iилма деллачара эр: "Баккъалла а, тахана сийсазалла а‚ вон а ду-кх керстанашна‚

28

Маликаша болуьйтуш (шайн синош схьаоьцуш) болу шаьш шайна зулам дечу хьолехь". ТIаккха /шайн синош схьаоьцучу хенахь/ муьтIахь хилира уьш: "Тхо дацара вониг деш". ХIаъ! Баккъалла а, Дела хууш верг ву аш деш хилларг.

29

"Жоьжахати чу гIуо неIаршкахула‚ даима а цу чохь дуьсуш. Ма вон ю-кх курабевллачеран чугIойла".

30

/Делах/ кхийринчаьрга элира: "ХIун доссийна шун Кхиош-Кхобучо?"‚ цара элира: "Диканиг". Диканиг диначарна хIокху дуьненахь а диканиг ду‚ эхартан х1усам тоьлуш ю. Ма дика ю-кх /Делах/ кхоьручеран х1усам!

31

Шайнабухахула хиш оьхуш йолу Iаднанбошмаш – царна чу гIур бу уьш. Царна цу чохь шайна (мел) езнарг хир ю. Иштта ял ло Дала /Шех/ кхоьручарна.

32

Шаьш маликаша (синош оьцуш), (къинойх) цIена а болуш, болуьйтуш болчу (Делах кхоьруш хилачу муъмин нахе), олу: "Маршалла ду шуьга! Чу гIуо ялсаманина шаьш /дика/ Iамал еш хиларна".

33

Уьш (керстанаш) хьовсуш бу-те шайга (синош иэца) маликаш дахкаре‚ я хьан Кхиош-Кхобучун (шайна 1азап дан) омра даре? Иштта дира хьуна царал хьалха хиллачара а. Дала зулам ца дира царна‚ делахь а, шаьш шайна зулам деш хилира уьш.

34

Шаьш дина вонаш (бекхам хилла) шайх дахара царах‚ шаьш ца дēшаш хилларг шайх дахара царах.

35

/Делаца/ накъост лаьцначара элира: "Далла лиънехьара, И воцчу цхьана а хIуманна Iибадат дина хир дацара оха – оха а‚ тхан дайша а‚ Цо ца йинарг, цхьа а хIума хьарам йина хир яцара оха". Иштта /хьукма/ дора царал хьалха хиллачара а. Элчанашна тIехь дуй ткъа (Дала делларг нахе) къеггина дIакхачор бен?

36

ХIор уммате Оха ваийтира элча‚ Далла Iибадат де‚ тIагIутахгенадовла‚ аьлла. Царах (оцу умматех) Дала нисбинарш а бу‚ царах шайна тIехь (нийсачу некъах) д1атилар кхочушхилларш а бу. Лела шу лаьттахула‚ хьовса‚ муха хилла /Делан цIена дин / харцдиначеран чаккхе!

37

Уьш нисбала хьуна мел ч1ог1а лиъчи а, Дала нис ма ца во Ша тилавала витинарг. Царна (Делан 1азапах к1елхьарабаха) гIоьнчий ма бац.

38

Делах чIогIа дуйнаш ма биъна цара "Денвийр вац Дала велларг"‚−бохуш. Мелхо а, иза бакъ хилла йолу ваIда ю-кх Цуьнгара! Делахь а, дукхахболчу нахана ца хаьа-кх;

39

Билгалдаккхархьама царна шена чохь церан хилпало ерг‚ керстанашка хаийтархьама шаьш харцлуьйш дерш дуйла.

40

Баккъалла а, Тхан дош ду цхьана хIумане, Тхуна и /хила/ лиъча, цуьнга "Хила!" алар. Т1аккха и хуьлу.

41

Шайна зулам динчул тIаьхьа Делан дуьхьа (кхечу махкашка) дIакхелхинарш– Оха уьш биссор ма бу дуьненахь а дикачунна тIе‚ эхартан ял-м мелхо а йоккха ю‚ царна (и) хууш хиллехь.

42

Уьш бу шаьш собар динарш а‚ шайн Кхиош-Кхобучунна тIетевжинарш а.

43

Хьол хьалха а ца бахийтинаОха божарий бен, Оха шайга ваьхьий а луш. Аш хаттал хьехам (хаам) шегахь болчу охIлане, шаьш хиллехь ца хууш.

44

Билгалонашца а‚ жайнашцаа /бахкийтира Оха элчанаш/. Хьоьга боссийна Оха хьехам, хьоьга нахана билгалдаккхийта а цаьрга доссош хилларг (Делан хьукманаш)‚ уьш ойла еш хилийта а.

45

Вочуьнца мекарло йинарш тешна бу-те Дала шаьш лаьтте д1а ца худабайтарх‚ я шайга Iазап догIур цахилрх шайна хаа ца лучухула?

46

Я Цо шаьш схьацалацарх шайн дIай-схьай идаршкахь? Цара кIелдуьтур ма дац /Делан гIуллакх/.

47

Я Цо шаьш схьалоцург хиларх,шаьш кхерамехь а болуш? Баккъалла а, шун Кхиош-Кхобург /шух/ дог лозуш а ву‚ къинхетаме а ву.

48

Уьш ца хьовсу-те Дала кхоьлличу хIуманашка, шайн IиндагI Далла сужуд дарций аьтту агIорхьа а‚ аьрру агIорхьа а теIаш йолчу, шаьш /Делан ницкъана/ муьтIахь йолчу?

49

Далла сужуд до стигланашкахь мел долчо а‚ лаьттахь мел долчо а‚ дийнатех /долчара а/‚ маликаша а, шаьш куралла а ца еш.

50

Уьш кхоьруш ду шайна тIехь волчу шайн Кхиош-Кхобучух‚ деш ду шайга де бохург.

51

/Дийца цаьрга, х1ай Мухьаммад/ Дала элира: "Аш ма леца ши дела. Иза цхьа Дела ву. Сох (цхьаннах) кхералаш!

52

Цуьнан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Цуьнан ду даима долу дин‚ ткъа Дела воцчух кхоьру шу?

53

Шуьца мел долу ниIмат Делера ду-кх. ТIаккха шаьш цхьана бохамо схьалаьцча – Цуьнга доьху аш мохь бетташ.

54

ТIаккха Цо и бала шух дIабаьккхича, шух /цхьана/ тобано шен Кхиош-Кхобучуьнца накъост лоцу

55

Оха шайна деллачу /ниIматна/ инкарло ярхьама. Зовкх хьега шайна! ТIаьхьа хуур ду шуна /шаьш динчух хиндерг/.

56

Оха шайна деллачу рицкъанах шайна /х1ун ю/ ца хуучарнадāкъа до цара. ТаллахIи‚ шуьга хаттаза дуьтур ма дац аш /Далла дуьхьал/ харц кхуллуш хиллачух.

57

Далла мехкарий хуьлуьйту цара – вонах цIена ву Иза - ткъа шайна – шайна дезарг /кIентий/ хуьлуьйту.

58

Царах цхьанна йоI хилла аьлла, кхаъ баьккхича‚ юьхь Iаржало цуьнан, кийрахь халла сецайо шен оьг1азло.

59

И леч1къа нахах шега кхаъ баьккхина болу цатам бахьанехь. "Сийсазаллица т1елоцу-те ша и /йоI/‚ я лаьттах дIахьулйо-те?" Ма вон ду-кх цара деш долу хьукма!

60

Эхартах цатешачарна вон масал ду‚ ткъа Делехь ма ду вуно лакхара масал. Иза веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.

61

Дала нах шайн зулам бахьанехь /бāлане/ лоцуш хиллехьара‚ цунна (лаьтта) тIехь цхьа а дийнат (Делах тешаш воцу керста) дуьтур ма дацара Цо‚ делахь а, тIаьхьатотту Цо уьш билгал яьккхина хан тIекхаччалц. Шайн /билгал яьккхина/ хан т1еъча – цхьа сахьт тIаьхьа а ца буьсу уьш‚ хьалха а ца бовлу.

62

Далла шайна цадезарг хуьлуьйту цара‚ харцдолчуьнан сурт хIоттадо церан меттанаша, шайна диканиг ду‚ бохуш. Шеко йоццуш, царна /жоьжахатин/ цIе ю‚ уьш /цу чохь/ бицбийр бу.

63

ТаллахIи‚ хьол хьалха а умматашка бахкийтира Оха /Тхешан элчанаш/‚ шайтIано шайн Iамалш хазйира царна. Тахана а церан доладийриг (накъост) и ду‚ царна (кечдина) лазаме долу Iазап ду.

64

Хьоьга жайна доссийна ма дац Оха, деккъа ахь царна билгалдаккха а бен церан шена чохь хилпало хилларг, нийса некъ а‚ къинхетам а хила а бен тешаш долчу къомана.

65

Дала стиглара хи доссийна‚ цуьнца латта дендина Цо и деллачул тIаьхьа. Баккъалла а, цу чохь /Дела цхьаъ хиларан а, ницкъ болуш хиларан а/ делил ма ду ладугIучу нахана.

66

Баккъалла а, шуна хьайбанашкахь а маьIна ду: Оха шуна малайо церан кийрахь йолчух боьхаллина а‚ цIийна а юккъера шура‚ цIена а‚ чам болуш а йолуш молчарна.

67

Хурманийн а‚ кемсийн а стоьмех аш доккху вахош долу малара‚ хаза рицкъ а. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду хьекъале болчу нахана.

68

Хьан Кхиош-Кхобучо накхармозан даг чу тесира: хьайна г1ишлош е лаьмнашкахь а‚ дитташ т1ехь а‚ цара (наха) дечу ц1енош чохь а (тхевнашна т1ехь) аьлла.

69

ТIаккха даа хьайна массо а стоьмех рицкъ‚ хьайн Кхиош-Кхобучун, хьайна муьт1ахь динчу, некъашкахула лела, аьлла. Церан (накхармозийн) кийрара малар долу‚ шен бос тайп-тайпана а болуш‚ шена чохь нахана дарба а долуш. Баккъалла а, цу чохь /Делан ницкъ хиларан/ делил ду-кх шаьш ойла ечу нахана.

70

Дала кхоьллина шу‚ тIаккха Цо долуьйтур ду шу. Шух ву дахаран уггар ирчачу хьолеверзош верг а, цунна /къона волуш/ хууш хиллачул тIаьхьа /кхин/ хIумма а ца хаийта. Баккъалла а, Дела хууш а ву‚ ницкъ кхочуш а ву.

71

Дала шух цхьаберш вуккхарал базбина /шайна/ рицкь даларехь. Ма бац и базбинарш шайн рицкъ лур долуш шайн аьтту куьйгаша доладиначарна (лешна‚ ялхошна), шаьш цу чохь (рицкъанехь), уьш шайца нис а беш. Делан ниIмат а харц до ткъа цара?

72

Дала шуна шух шайх а зударий бина‚ Цо шуна шун зударшкахула кIентий а‚ кIентийн кIентий а хилийтина. Цо шуна дикчух рицкъ делла. Ткъа харцдолчух теша уьш‚ Делан ниIматана керстаналла до?

73

Цара Iибадат до Дела воцчу‚ шайн долахь царна яла стигланашкара а‚ лаьттара а рицкъех хIумма а йоцучарна‚/яла лиъча а/ ницкъ ца кхочучарна.

74

Делаца цхьа а ма нисве. Баккъалла а, Дела хууш ву‚ шу ца хууш ду.

75

Дала далийна шуна масал: цхьаъ шех /кхечара/ доладеш волу лай ву‚ шен хIуманна ницкъ а ца кхочуш волу‚ /важа/ Оха шена Тхайгара дика рицкъ делларг ву‚ цо цунах харж а йо /сагIа ло/ къайлаха а‚ гучахь а. Цхьатерра буй уьш? Хастам Далла бу. Делахь а, царах дукхахберш ца хууш бу.

76

Дала /кхин/ масалина валийна ши стаг: оцу шиннах цхьаъ мотт ца хууш ву‚ цхьанна а хIуманна ницкъ ца кхочу цуьнан‚ и верриг шен элан (шена т1ех1оьттинчу стеган) кōчахь ву‚ ша миччахьа а хьажийча а‚ цо диканиг ца дохьу. Ткъа цхьатерра вуй иза а‚ нийсонца омра деш верг а‚ ша нийсачу новкъахь а волуш?

77

Делан ю стигланийн а‚ лаьттан а къайле. Ма дац сахьтангIуллакх (къематде х1оттар) бIаьрнегIар тохар санна а бен‚ я кхин а гергахь. Баккъалла а, Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву.

78

Дала схьадаьхна шу шайн нанойн кийрара‚ хIумма хууш дацара шу. Цо шуна лерса а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а хилийтира (делира)‚ шу хила мегар-кх баркалла олуш.

79

Царна ца го-те олхазарш‚ стиглан хIаваэхь /т1емадевлла Дала/ аьтто бина долчу? Уьш ца сецадо /стиглахь/ Дала бен. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду тешаш болчу нахана.

80

Дала шуна хилийтина шун г1ишлойх /парг1ат чохь 1ен/ хIусамаш‚ Цо хилийтина шуна хьайбанийн ц1оканех х1усамаш‚ шаьш шуна еза а йоцуш шу дIа-схьадоьлхучу дийнахь а‚ шу / сада1а/ севцинчу дийнахь а; церан (уьстаг1ийн) тIаргIанах а‚ /эмкалийн/ т1арг1анах а‚ /гезарийн/ чох (т1арг1анах) а шуна йийбар (салпал) а ю‚ цхьана ханна пайдаэца хIуманаш а ю.

81

Дала хилийтина шуна Ша кхоьллинчух IиндагI‚ Цо хилийтина шуна лаьмнех лочIкъийла‚ Цо хилийтина шуна духар, шу лардеш йовхонах‚ хилийтина духар (т1еман духар) а шу лардеш вовшийн ницкъах (дераллах). Иштта кхочушдо Дала Шен ниIмат шуна тIехь, шу хилархьама муьт1ахь хилла.

82

Уьш дIаберзахь – хьуна тIехь билгал дIакхачор ду /Тхан элчалалла/.

83

Делан ниIмат девза царна‚ тIаккха а инкарло йо цара цунна‚ царах дукхахберш керстанашбу.

84

Оцу дийнахь (къематдийнахь) Оха вохуьйтур ву хIор умматах теш‚ тIаккха керстанашна (дохкобовла) пурбалур дац‚ цаьрга бехказлонаша ялайойтур яц.

85

Зуламхошна (Делах цатешначарна) Iазап гича‚ царна и дайдийр а дац‚ тIаьхьатоттур а бац уьш (цунах).

86

/Делаца/ накъост лаьцначара шайн "накъостий" гича‚ эр ду: "Тхо Кхиош-Кхобург‚ хIорш бу тхан накъостий‚ Оха шайга, Хьо а витина, кхойкхуш хилла болу". Царацаьрга дош кхуссур ду: "Баккъалла а, шу харцлуьйш дерш ду-кх"‚−аьлла.

87

Деле кховдор ю цара оцу дийнахь мукIарло‚ дIакъаьстарду царах цара (хапц) кхуллуш хилларг.

88

Цатешначарна а‚ Делан некъах /нах/ д1атилинчарна а Оха тIетухур ду Iазапа тIе а Iазап уьш боьханиг деш хиларна.

89

Оцу дийнахь хIор умматна т1е Оха вохуьйтур ву (шайгахьа волу а-тешаш хиллачарна) шайна дуьхьал волу а – цатешачарна) теш царах шайх‚ хьо (х1ай Мухьаммад) валор ву Оха хIокхарна /шайгахьа волу а, шайна /дуьхьал волу а теш хилла. Хьоьга жайна доссийна Оха ша массо а хIуманан билгало хилла долу‚ ша бусалбанашна нийса некъ а‚ къинхетам а‚ кхаъ а хилла долу.

90

Баккъалла а, Дала омра до нийсо‚ диканиг /леладе олий/ а‚ гергарчарна /сагIа/ далар а; ца магадо /Дала/ боьханиг а‚ вониг а‚ хьагI а. Цо шуна хьехам бо; хьехам тIелоцур бацара-те аш.

91

Делаца йина чIагIо кхочушъе‚ шаьш чIагIо йинчул тIаьхьа‚ дуйнаш ма къарбе, шаьш уьш чIагIбинчул тIаьхьа: аш Дела ма вина шайна тIехь теш. Баккъалла а, Далла хаьа аш дийриг.

92

Шу ма хилалаш шен уьйриг баьстинчу зудчухтера, ша и хала бинчул тIаьхьа‚ шайн дуйнех вовшашна юккъехь пайдаоьцуш‚ цхьаберш вукхарал хьал сов долуш хилийтархьама. Дала шу цуьнца (ва1да кхочушъе аларца) зуьйш ду. Цо шуна къематдийнахь билгалдийр ду шу шена чохь хилпало еш хилларг.

93

Далла лиънехьара, Цо шу цхьа уммат хуьлуьйтур дара‚ делахь а, Цо тилавала вуьту Шена луург‚ Цо нисво Шена луург. Шуьга /къематдийнахь/ хаттанза дуьтур ма дац аш /дуьненахь/ лелош хиллачух.

94

Шайн дуйнех вовшашна юккъехь харцонаш ма елаш – шайн ког ца шаршийта и чIагIбелла лаьтташ хиллачул тIаьхьа‚ /аш и х1уманаш дахь/ вониг Iовшур ду аш шаьш Делан некъах /нах/ тилорна‚ шуна деза- доккха Iазап а хир ду.

95

Ма эца Делан ваIданах кIеззиг мах! Баккъалла а, Далла гергахь дерг дика ду шуна‚ шу хууш хиллехь.

96

Шуьгахь дерг кхачалур ду‚ Далла гергахь дерг бухадуьсур ду. Собаре хиллачарна дIаялаза юьтур ма яц Оха шайн ял цара деш хиллачух уггар хазачуьнца.

97

Дика Iамал йинарг‚ боьрша стаг велахь а‚ зуда елахь а‚ ша муъмин болуш – уьш денбийр ма бу Оха хазчу дāхарца‚ церан ял дIалур ма ю Оха цара деш хиллачух уггар хазчуьнца.

98

Айхьа Къуръан доьшуш‚ Деле ларвалар дехалахь, тIулгаш кхуьссуш, эккхочу шайтIанах.

99

Баккъалла а, цуьнан бакъо яц, ийман а диллина, шайн Кхиош-Кхобучунна тIетовжуш болчарна тIехь.

100

Цуьнан бакъо ю шех /шайна/ верасалла лелочарна тIехь а‚ шаьш цунах (Делаца) накъост лоцучарна тIехь а.

101

Оха аят /кхечу/ аятаца хийцича, – Дела дика хууш ву Ша доссош дерг‚ – цара олу: "Баккъалла а, хьо кхуллуш верг ву". ХIаъ‚ царах дуккхахберш хууш бац.

102

Ахь āла: "И /Къуръанан аят/ доссийна Дезчу синохьан Кхиош-Кхобучуьнгара бакъдолчуьнца, Ша чIагIбархьама ийман диллинарш‚ Ша нийса некъ а‚ кхаъ а хилла бусалба нахана".

103

Тхуна хууш ду‚ цара олу: "ИзаIамавеш ву адамо". Уьш шена тIекхийдаш берг Iажаммотт ма бу‚ ткъа хIара билггал Iаьрбийн мотт ма бу.

104

Баккъалла а, Делан аятех ца тешаш берш – Дала нисбийр бац уьш (нийсачу новкъа)‚ царна лазош долу Iазап хир ду.

105

Баккъалла а, /Делан сибаташ т1ехь/ харцдерг кхуллу Делан аятех ца тешаш болчара - ткъа уьш ма бу харцлуьйш берш.

106

Ша ийман диллинчул тIаьхьа Далла керстаналла динарг‚ шен дог ийманца чIагIделла а долуш, шена ницкъ бинарг воцуш‚ керстаналлина шен дог д1аделлинарг– царна Делера оьгIазло а ю‚ царна деза-доккха Iазап а ду.

107

Иза (1азап) - царна Эхартал дуьненан дахар сов дезарна ду‚ Дала (нийсачу новкъа) нисбеш цахиларна ду керста къам.

108

Уьш бу Дала шайн дегнашна а‚ хазарна а‚ бIаьрсинна а мухIар тоьхнарш - уьш бу шаьш гIопал берш!

109

Шеко яц Эхартахь уьш эшнарш хиларан.

110

ТIаккха, баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург /гечдеш ву/ хIижар диначарна, шаьш питане лаьцначул тIаьхьа къахьегна болчу‚ собар дина болчу, – баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург цул тIаьхьа гечдеш верг а ву‚ къинхетаме верг а ву.

111

Оцу /къемат/дийнахь х1ор са догIур ду ша къуьйсуш (шен болх балхош)‚ массо а синна /кхоччуш/ лур ду цо ша /дуьненахь/ динарг. Царна зулам дийр дац (царна харцо йийр яц)!

112

Дала масаллина ялийна цхьа юрт (Макка). И хилла маьрша а‚ паргIат а: цунна (юьртарчу нахана) шортта шен рицкъ догIура массо а меттигера. ТIаккха цо(Маккин ох1лано) Делан ниIматашна керсталла дира. ТIаккха Дала цуьнга Iовшийтира мацаллин а‚ кхераман а духарцара деш хилларг бахьанехь.

113

Цаьрга веара элча, царах а волуш – цара иза харцвира. ТIаккха уьш схьалецира Iазапо‚ шаьш зуламхой а болуш (харцонна т1ехь а болуш).

114

Аш даа Дала шайна деллачу рицкьих хьанал дерг а‚ цIена дерг а‚ Делан ниIматашна шукур де‚ шаьш Цунна Iибадат деш делахь.

115

Баккъалла а, Дала хьарам йина шуна еккъа къеелла хIума а‚ цIий а‚ хьакхин жижиг а‚ Дела воцуш /кхечун/ цIе яьккхинарг а (шена урс хьокхучу хенахь). Ша (яаза) ца ваьлларг/мацалла ца вала/ ‚ къа деш воцуш (и яар магош доцуш), барамал т1ех ца волуш(вуззалц а ца юуш)‚ – тIаккха Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву (ца ваьлла и хьарамйина х1ума йиъначунна).

116

Аш ма āлалаш шайн меттанаша дуьйцучу харцдерг бахьанехь: "ХIара хьанал ду‚ хIара хьарам ду"‚ Далла тIе харцдерг кхоллархьама. Баккъалла а, Далла тIе харцдерг кхуллуш берш баккхийбийр болуш бац.

117

КIеззиг зовкх хьегар ду /и царна/ - лазош долу Iазап ду царна /кечдина/.

118

Жуьгтийн динехь хиллачарна а хьарам дина Оха хьоьга хьалха дийцинарг‚ Оха царна зулам ца дира‚ делахь а‚ уьш хилира шаьш шайна зулам деш.

119

ТIаккха, баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург ца хууш вониг диначарна‚ тIаккха цул тIаьхьа тōба деш дика Iамалш йиначарна, – баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург цул тIаьхьа /царна/ гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ма ву.

120

Баккъалла а, ИбрахIим хилла Далла муьтIахь имам‚ цIена дин дерг‚ и ца хилла ширкдечарах.

121

Цуьнан ниIматашна шукур дийриг а /хилла иза/. Цо (Дала) хаьржира иза‚ нис а вира нийсачу новкъа.

122

Оха цунна делира дуьненахь а диканиг‚ иза Эхартахь а дикачарах а ву.

123

ТIаккха Оха хьоьга ваьхьий доссийра цIена дин долуш хиллачу ИбрахIиман миллатна тIаьхьахIотта аьлла. И (Ибрах1им) ца хилла ширк дечарах.

124

Шоьтан де/даздар/ хилийтина цуьнгахь хилпало хиллачарна. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург хьукма дийр долуш ву къематдийнахь царна юккъехь уьш хилпало еш хиллачунна.

125

Ахь кхайкха хьан Кхиош-Кхобучун новкъа хьекъалций‚ хазчу хьехамций‚ цаьрца (хьайна дуьхьалболчаьрца) къийса хазчу кепара. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург вуно дика вевзаш ву Шен некъах тилавелларг. Иза вуно дика бевзаш ву нийсачу новкъахь берш а.

126

Нагахь санна аш таIзар дахь‚ таIзар де шайна таIзар динчух терра‚ аш собар дахь – иза собар дечарна дика ду-кх.

127

Ахь собар дēлахь‚ хьан собар Делаца а бен дац‚ царна пошме ма хила‚ хьо ма хила сагатлуш цара ечу мекарлонах.

128

Баккъалла а, Дела ву /Шех/ кхийринчаьрца‚ Иза ву дикачаьрца /уьш 1алаш а беш, терго а 1еш/.