Дерриге а Исламан библиотека

15 - The Rocky Tract - Al-Ĥijr .

:1

Алиф-лам-ра. Уьш /Делан/ жайнин а, къегинчу Къуръанан а аяташ ду.

:2

Ма луур ду цатешначарна шаьш бусалбанаш хилла белхьара аьлла.

:3

Бита уьш /хIума/ яа а‚ зовкх хьега а, /дахаре/ догдахаро ийманах юкъахбаха а. ТIаьхьа хуур ду царна.

:4

Цхьа а юрт хIаллак йина ма яц Оха цунна /хIаллакъян/ хьалххе тоьхна билгала хан йолуш бен.

:5

Цхьа а умматшена /тоьхначу/ хенал хьалхадер ма дац‚ тIаьхьадуьсур а ма дац.

:6

Цара элира: "ХIай хьайга дагадаийтар доссош хилларг! Хьо жинехма ву!

:7

Маликаш хIунда ца даладо ахь тхуна‚ хьуо бакълуьйчарах хиллехь?"

:8

Маликаш ца диссадо Оха бакъдолчуьнца бен‚ тIаккха уьш /цатешаш берш Iазапах/ тIаьахьатеттинарш хир бац.

:9

Оха боссийна и хьехам (Къуръан). Оха и Iалашбийр а бу.

:10

Хьол хьалха а бахийтина Оха хьалхалерачийн тобанашкахь /элчанаш/.

:11

Цхьа а элча ца веана цаьрга, цара иза сийсазвеш бен.

:12

Иштта дуьллу Оха изакъинош деш болчеран дегнашка.

:13

Цунах ца теша уьш. Иштта дIадахна хьалхалерачийн Iадат а.

:14

Оха царна стиглара неI еллехьара‚ уьш буьсуш цу чухула хьалабовлуш,

:15

Цара эр ма дара: "Тхан бIаьрса дахийна‚ тхо шайна бозбуунчалла дина нах ду".

:16

Стиглахь гIаланашйина Оха, уьш хазйина Оха хьоьжучарна.

:17

Массо а тIулгашца эккхошдолчу шайтIанах и1алаш а йина Оха.

:18

Ша къайлах ладугIуш доцучух – цунна а тIаьхьаболу билгал болу седа.

:19

Латта а даржийна Оха‚ цунна т1ехь чIогIа лаьмнаш а доьг1на, цунна т1ехь далийтина Оха хIор барам бинчу хIуманах.

:20

Оха цунна т1ехьбахам хилийтина шуна а‚ аш шайна рицкъ ца луш хиллачарна а /аккхарой, олхазарш.../

:21

Цхьа а хIума яц Тхоьгахь шен хазна йолуш бен‚ Оха и охьа ца йоссайо хууш болчу барамца а бен.

:22

Оха дахийтина ялта хьоькъуьйту мехаш‚ стиглара хи доссийна Оха – и малийна Оха шуна – шу дац и /дIадиллина/ латтош.

:23

Баккъалла а, Оха ден а до‚ Оха дала а долуьйту‚ Тхо ду верасаш.

:24

Шух хьалха д1абевлларша бевзина Тхуна, тIаьхьабуьсуберш а бевзина.

:25

Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург – И ву-кх уьш гулбийр болуш. Баккъалла а, Иза хьукамеверг а /Шен гIуллакх дарехь/‚ хууш верг а ву /Шен халкъехь дерг/.

:26

Оха адам кхоьллира бекъачу (зевнечу), т1едачу поппарх, (басца а, хьожанца а) хийцалучу.

:27

Жинашкхоьллира Оха кхин а /Āдамал/ хьалха т1ех йовхачу цIарах.

:28

Хаийта: хьан Кхиош-Кхобучо маликашка аьллера: "Со воллу адам кхолла бекъачу (зевнечу), т1едачу поппарх, (басца а, хьожанца а) хийцалучу.

:29

Ас и нисдича‚ Сайн сих цунна чу са а диллича, шу иэгалаш цунна сужуде".

:30

Маликаша массара а сужуд дира.

:31

Иблис доцчо – и дуьхьалделира сужуд дечаьрца хила.

:32

Цо (Дала) элира: "Х1ай Иблис, хьуна хIун ду сужуд дечаьрца ца хила?"

:33

Цо (Иблисо) элира: "Со хила ца дог1у адамна сужуд деш‚ Ахь ша кхоьллина долчу бекъачу (зевнечу), т1едачу поппарх, (басца а, хьожанца а) хийцалучу».

:34

Цо (Дала) элира: "Арадала цу /ялсаманин/ чуьра! Хьо тIулгаш детташ эккхо дезаргду.

:35

Хьуна тIехь неIалт ду бекхаман декхаччалц".

:36

Цо (Иблисо) элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ тIаьхьататтасо уьш денбийр болчу дийне кхаччалц".

:37

Цо (Дала) элира: "Баккъалла а, хьо (даларх) тIаьхьатеттинчарах ду.

:38

Хууш йолчу хенан детIекхаччалц".

:39

Цо элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ Ахь со тилорна‚ ас хаздийр ма ду царна (Адаман т1аьхьенна) лаьттахь дерг /къинош дар/‚ ас тилор ма бу уьш берриге а

:40

Царах Хьан къастийна леш боцурш".

:41

Цо (Дала) элира: "ХIара бу Суна тIебог1у нийса некъ.

:42

Баккъалла а, Сан леш – царна тIехь бакъо яц хьан! Тилабеллачарах хьайна тIаьхьахIиттинчарна тIехь бен.

:43

Баккъалла а, жоьжахати ю-кх царна массарна хин йолу (къастийна) меттиг.

:44

Цуьнан ворхI неI ю‚ хIор неIарна царахкъастийна дāкъа ду / чу баха/.

:45

Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш – бошмашкахь а‚ шовданашкахь а хир бу".

:46

"ЧугIо цу (ялсамане) чу саламца‚ кхерам боцуш!"

:47

Церан дегнашкахь йолу къизалла дIаяьккхира Оха‚ вежарий хилла‚ меттанашна тIехь вовшашна дуьхь-дуьхьал бирзина /хир бу уьш/.

:48

Царах хьакхалур яц цу чохь хало‚ уьш цу чуьра ара а бохур бац.

:49

Д1ахаийта Сан лешка: "Баккъалла а, Со т1ех гечдийриг а ву‚ къинхетам бийриг а ву.

:50

Сан Iазап – иза лазош долу Iазап ду".

:51

Дийца царна ИбрахIиман хьешах /лаьцна/:

:52

И волчу баьхкира уьш‚ элира: "Маршалла". Цо (ИбрахIима) элира: "Баккъалла а, тхо шух кхоьруш ду".

:53

Цара элира: "Ма кхера. Оха хьуна кхаъ боккху кхетаме хир волчу кIантаца".

:54

Цо элира: "Аш суна кхаъ баьккхина, со къаналло схьалаьцча? Стенца кхаъ боккху аш?"

:55

Цара элира: "Бакъдолчуьнца кхаъ баьккхина Оха хьоьга‚ догдиллинчарах ма хилалахь".

:56

Цо элира: "Муьлш бу ткъа шайн Кхиош-Кхобучун къинхетамах дог дуьллу берш, шаьш тилабелларшбен? "

:57

Элира /ИбрахIима маликашка/: "ХIун ду шун гIуллакх‚ хIай дахкийтинарш? (Х1ун г1уллакх дахьаш дахкийтина шу Дала?"

:58

Цара элира: "Тхо дахкийтина къинош дечу нахана тIе /царна 1азап дан/,

:59

ЛутIан доьзал боцург – уьш берриге а Оха к1елхьарбохур болуш бу,

:60

Цуьнан цхьа зуда йоцург. Оха кхиэл йина: и бухабуьсучарах(х1аллакбен болчарах хир) ю".

:61

И бахкийтинарш ЛутIан нахана (Лут1 пайхамарна) тIе баьхкича,

:62

Цо (ЛутIас) элира: "Баккъалла а, шу (суна) ца девза нах ду-кх".

:63

Цара элира: "Амма, тхо хьо волчу даьхкина уьшшайн шеко хиллачуьнца.

:64

Тхо даьхкина хьо волчу бакъдолчуьнца – баккъалла а, тхо бакълуьйш дерш ма ду.

:65

ДIагIуо хьайн доьзалца буьйсанах цхьа дакъа даьлча‚ хьо а гIуо царна тIаьххье. Цхьа а юха ма хьожийла шух /зуламхошна ден долу 1азап шайна ца гархьама и гинчунна а шена и ца хилийтархьама/‚ шайга омра динчудIагIуо".

:66

И гIуллакх (Тхешан кхиэл) цунна (Лут1ина) д1ахаийтира Оха: хIокхеран тIаьхье хадор йолуш ю Iуьйренга бовларца (уьш берриге а х1аллакбийр болуш бу 1уьйранна).

:67

ГIалара нах баьхкира баккхийбеш.

:68

Цо (ЛутIас) элира: "ХIорш сан хьеший бу‚ со сийсаза ма велаш.

:69

Делах кхералаш‚ со юьхьIаьржа ма хIоттавелаш".

:70

Цара элира:"Оха бехкам бина бацара хьуна массо а нахах /хийра нах т1е ма лаца, аьлла ?".

:71

Цо элира: "Х1орш сан йо1арий бу шуна‚ шу /боьханиг/ ца деш ца Iахь /уьш балабейш шайна, сан хьеший а битий".

:72

Хьан дахарора /хIай пайхамар/‚ баккъалла а, уьш шайн бехна хиларехь дIай-схьай уьйдуш ма бу.

:73

Малх кхеташ, цIогIано схьалецира уьш (ч1ог1ачу г1овг1ано х1аллакбира уьш).

:74

Цуьнан лакхенах лахе йираОха‚ царна тIе дагийначу лаьттан тIулгаш /дог1а санна/ делхийтира Оха.

:75

Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду, ойла еш, хьоьжучарна.

:76

Баккъалла а, има ю /нийсса Маккара Шама боьдучу/ новкъахь.

:77

Баккъалла а, цу чохь (Лут1ин къам х1аллакдарехь) делил ма ду муъмин нахана.

:78

Айкатанбахархой ма хилира зуламхой.

:79

Царна бекхам бира Оха‚ баккъалла а, и шиъбилгалчу меттигехь ма ю.

:80

Хьижранбахархоша а харц ма бира элчанаш.

:81

Оха Тхешан аяташ далийра царна‚ ткъа уьш царах дIабоьрзуш хуьлура.

:82

Уьш хилла, лаьмнащ огуш, цIенош деш, шаьш кхерамазаллехь а болуш /царна чохь баха/.

:83

Ц1ог1ано схьалецира уьш, Iуьйренга бовлуш.

:84

Шайна карадеш хиллачо уьш к1елхьара ца бехира /Делан 1азапах/.

:85

Оха ца кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ царна юккъехь мел дерг а бакъдолчуьнца бен. Сахьт/шеко йоццуш/ догIур долуш ду. Хьо хазачу кепара къинт1еравалалахь /царна/.

:86

Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург вухууш волу /дерриге а/ кхоллархо.

:87

Оха делира хьоьга кест-кеста далочарах ворхI/аят/ а‚ сийлахь-деза долу Къуръан а.

:88

Хьайн бIаьргаш ма хьежабе Оха царах (кериста нахах) тайп-тайпана болчарна деллачу ни1маташка‚ царна тIехь са а ма гатта де‚ хьайн /къинхетаман/ тIам т1етовжабе муъмин нахана.

:89

Ахь āла: "Баккъалла а, со билггал волу кхерамчаву".

:90

Оха /хоьга/ доссийна /Къуръан, хIай Мухьаммад, жайнаш диссорах/ терра /дин/ доькъучаьрга.

:91

Ишттанаш бу уьш шаьш Дешарх (Къуръанах) дāкъош дина болу.

:92

Хьан Кхиош-кхобучу Делора, Оха хаттаза дуьтур ма дац цаьрга массаьрга а

:93

Цара шаьш деш хиллачух.

:94

ДIакхайкхаде /хозуьйтуш/ хьайга омра динарг‚ /Делаца/ накъост лоцучарах дIаверза.

:95

Баккъалла а, Оха к1елхьарваьккхира хьо /хьох/ кхаьрдачарах‚

:96

Шаьш Делаца кхин дела а хуьлуьйтуш болчу. Кеста хуур ду царна /шаьш деш хиллачун жам1/.

:97

Тхо хууш ду хьан дог 1аьвдаш хилар цара /мушрикунаша хьан динах лаьцна/ дуьйцучух.

:98

Тасбихь де хьайн Кхиош-Кхобучунна хастамбарца‚ сужуд дечарах хила.

:99

Хьайн Кхиош-Кхобучунна Iибадат де хьайга бакъдерг кхаччалц.