Алиф-лам-ра.Жайна ду /хIара/‚ Оха ша хьоьга доссийна долу, хьоьга нах боданашкара серлонга арабахийтархьама шайн Кхиош-Кхобучун пурбанца, Ша веза волчун‚ Ша хастаме волчун новкъа‚
Делан /новкъа/‚ стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг Шен долчу. Бāла бу-кх цатешачарна чIогIачуIазапах.
Ишттанаш бу уьш шайна дуьненан дахар эхартал т1ех дукха дезаш‚ Делан некъах /нах/ дIатоьттуш, и гамбан гIерташ, – уьш генарчу тилар чохь ма бу.
Оха ца ваийтина цхьа а элча шен къоман маттахь бен цуьнга царна билгалдаккхийтархьама. Шена луург тилавала вуьту Дала‚ Шена луург нийсачу новкъа вуьллу. И веза верг а‚ хьукма /нийса деш/ верг а ву.
Оха Муса вахийтира Тхешан аяташца: "Арадаккха хьайн къам боданашкара серлонга‚ дагадаийта царна Делан /ниIмат шайна дукха хилла/ денош"‚−аьлла. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду хIор т1ех собаре волчунна а‚ баркалла олуш волчунна а.
Хьахаде: Мусас аьллера шен къоме: "Аш дагадаийта шайна хилла Делан ниIмат! Цо кIелхьардехира шу ФирIавнан доьзалх‚ боьха Iазап шуна тIехь хIоттош хилла болчу‚ шун кIентий бойъуш‚ шун зударий дийна буьтуш. Цу чохь шун Кхиош-Кхобучуьнгара сийлахь-доккха зер ду шуна".
Дагадаита: шун Кхиош-Кхобучо дIакхайкхира: "Шу баркалле хилча‚ Ас совдохур ду шу /ниIматашкахь/‚ аш /Сан ни1маташна/ керстадича, Сан Iазап чIогIа ду!"
Мусас элира: " Аша а‚ лаьттахь мел волчо а – массара а керстадахь а, – баккъалла а, и Дела хьал долуш а ву (хIумма оьшуш вац)‚ хастаме а ву".
Шуьга ца кхаьчна шул хьалха хиллачеран −Нухьан къоман‚ Iадийн‚ Самудийн а хабар‚ царал тIаьхьа хиллачеран а /хабар/? Далла а бен ца хаьа уьш. Цаьрга баьхкира шайн элчанаш билгалонашца – куьйгаш шайн бага а духкий, цара олура: "Оха керстадина шу шеца даийтинчунна‚ тхо чIогIачу шеконехь ду аш тхо шена тIекхойкхучух".
Церан элчанаша элира: "Ткъа Делехь /И цхьаъ хиларехь а, дерриг 1ибадат Цунна дарехь а/ шеко ю‚ стигланаш а‚ латта а кхоьллина волчу? Цо кхойкху шу шун къинош Ша гечдаре‚ тоьхначу ханна шу тIаьхьататтаре". Цара элира: "Шу ма дац тхо санна адамаш бен‚ шуна лаьа тхо дIататта тхан дай шена Iибадат деш хиллачух‚ даладе тхуна билггала делил".
Церан элчанаша цаьрга элира: "Тхо-м шу санна адамаш дара‚ делахь а, Дала Шен лẽх Шена луучунна ниIмат ло. Шуна цхьа а делил далойла ца хилла тхуна Делан пурбанца а бен‚ Далла тIетевжийла муъмин нах.
Тхо хIунда ца тевжа Далла тIе – Цо тхо нис ма дина тхешан некъашна тIе‚ оха собар дийр ма ду аш тхуна ечу халонашкахь‚ Далла тIетевжийла шаьш т1етевжаш берш! "
Цатешачара элира шайн элчанашка: "Оха арадохур ма ду шу тхешан лаьттара (махкара) я шу т1едоьрзур ма ду тхан динна ". Цаьрга /пайхамаршка/ церан Кхиош-Кхобучо ваьхьица хаийтира: "ХIаллакбийр ма бу Оха зуламхой‚
Оха дāха ховшор ма ду шу /пайхамарш а, царна т1аьхьабаьзнарш а/ лаьттахь царал тIаьхьа‚ иза ду Суна хьалха ша д1ахIоттарх кхоьруш волчунна а‚ Сан таIзарх кхоьруш волчунна а".
Царатолам бийхира – ийшира массо а юхахьараваьлла Iазапхо.
Цуьнан тIехьахула жоьжахати ю‚ наткъаран хи малор ду цунна.
Цо къурдаш бийр бу цунах‚ амма и халла бен кийра дахийталур дац цуьнга – массо а аг1ора цунна тIе валар догIу‚ и вала ца ле‚ цунна тIехьахула луьра Iазап ду.
Шайн Кхиош-Кхобучух цатешначеран масал ду: церан Iамалш ч1ог1а мох баьллачу дийнахь цу махо баржийначу чимах тера ю. Шайна карадеанчу хIуманна тIехь ницкъ болуш бац уьш. Иза ду-кх генара тилар!
Хьуна ца хиъна Дала стигланаш а‚ латта а бакъонца кхоьллина хилар? Шена лиъча, Цо шу дIа а дохур ду, керла халкъ далор ду.
Далла деза а (хала хIума а) дац и.
Далла гучубевр бу берриге а /къематдийнахь/. Ледара хиллачара эр ду кура хиллачаьрга: "Баккъалла а, тхо дара /дуьненахь/ шуна тIаьхьахIуьттуш. Шуьга д1аяккхалой тхуна тIера Делан Iазапах хIумма а?" Цара эр ду: "Дала тхо нисдинехьара – оха шу а нисдина хир дара. Тхуна цхьатерра ду: тхаьш синтем байна хьийзича а‚ я тхаьш собар деш Iийча а, – тхуна кIелхьардовлар дац".
ШайтIано эр ду /къематдийнахь/, гIуллакх кхочуш хилча: "Баккъалла а, Дала йинера шуьца бакъ ваIда‚ аса а ваIда йинера шуьца – ас тешнабехк бина шуна. Шуна тIехь цхьа а хьаькамалла ма дацара сан, ас шуьга кхайкхар бен – аш суна жоп делира. Суна бехкаш ма бахка – шайна бехкаш бахка. Сан шуна дан гIо а дац‚ шун суна дан гIо а дац. Ас керстдина аш со хьалха накъост лаьцна хилар". Баккъалла а, зуламхой - царна лазош долу Iазап хир ма ду.
Тешаш хилларш а‚ дика Iамалш йинарш а чубахийтина хир бу /ялсаманин/ бошмашка‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу‚ шаьш гуттар цу чохь хир болуш шайн Делан пурбанца. Церан маршалла цу чохь "Салам" ду.
Хьуна ца хиъна‚ муха масал далийна Дала хазчу дашца? И хазчу диттах тера ду: цуьнан орам чIогIа бу‚ цуьнан га стиглахь ду.
Шен даарло цо массо а хенахь шен Кхиош-Кхобучун пурбанца. Дала масалш даладо нахана – цара ойла йийр яцара-те!
Боьхачу дешан масал – боьхачу диттах тера ду‚ ша схьадаьккхина долчу /орамашца/ лаьтта тIера – чIагIо яц цуьнан.
Дала чIагIбо ийман диллинарш /Дела цхьаъваран/ чIогIачу дашца дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а. Дала тилабала буьту зуламхой. Дала до Шена луъург.
Хьо ца хьаьжна /х1ай Мухьаммад/ шаьш Делан ниIмат керстаналлах хийцинчаьрга? Цара охьахаи шайн халкъ хIаллакхиларан ц1а чу,
Жоьжахати чу, шена чохь уьш богур болу? Ма вон ю-кхуьш кхочу болу меттиг!
Далла накъостий хилийтира цара Цуьнан некъах /нах/ тилорхьама. Ахь āла: "Зовкх хьега шайна – шун дIадахар /жоьжахатин/ цIерга ду".
Ахь āла Сан ийман диллинчу лешка: ламаз хIоттадойла цара‚ Оха шайна деллачу рицкъанах къайлах а‚ гучохь а /дикчу аг1ор/ харжаш йойла /Делан новкъахь/ шена чохь йохка-эцар а‚ доттагIалла а доцу /къемат/де дале хьалха.
Дела ву Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а. Цо даийтина стиглара хи‚ цуьнца кхиира Цо цхьадолу стоьмаш шуна рицкъ хилийта. Шуна муьтIахь динаЦо кеманаш лелийта хIорда чохь Шен омраца‚ шуна муьтIахь дина Цо хиш.
Цо муьтIахь бина шуна малх а‚ бутт а‚ и ший а, хаддаза (шайн некъашкахула лелаш) болуш. Цо муьтIахь дина шуна буьйса а‚ де а.
Аш Шега дехначух дерриге а делла Цо шуна. Делан ниIматаш аш дагардахь – дагардалур дац уьш шуна. Баккъалла а, адам т1ех зуламе а‚ баркалла ца олуш а ма ду.
Хьахаде: ИбрахIима ма аьллера: "Со Кхиош-Кхобург‚ Ахь хилийталахь хIара мохк маьрша‚ Ахь генаваккхалахь со а, сан к1ентий а оха жа1аршна 1ибадат дарх.
Со Кхиош-Кхобург‚ баккъалла а, цара тила ма бина нахах дукхаберш. Суна тIаьхьахIоьттинарг – сох ву‚ суна Iеса хилларг, – баккъалла а, Хьо гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву-кх.
Тхан Кхиош-Кхобург! Ас дāха хаий сан зуьриетахцхьаберш ялта доцчу аренгахь Хьан сийлахь долчу цIийна уллохь цара цигахь, тхан Кхиош-Кхобург, ламаз хIотторхьама. Цхьаболчу нехан дегнаш царна т1етевжаш хилийталахь‚ стоьмех рицкъ лолахь царна – цара баркалла āла тарлора.
Тхан Кхиош-Кхобург! Хьо хууш ву-кх оха къайладоккхург а‚ оха гучудоккхург а. Делах къайлаер яц хIумма лаьттахь а‚ стиглахь а.
Далла бу хастам‚ суна воккхаллехь ИсмаIил а‚ Исхьакъ а веллачу! Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург доIа хезаш верг ву-кх.
Сан Кхиош-Кхобург‚ сох хилийталахь ламаз хIоттош верг‚ сан зуьриетах а /хилийталахь дика Iамалш еш берш/. Тхан Кхиош-Кхобург‚ сан доIа къобалделахь.
Тхан Кхиош-Кхобург‚ гечделахь суна а‚ сан дена-наннаа‚ муъмин нахана а хьесап хIуттур долчу /къемат/ дийнахь".
Хьуна ма мотталахь Дела гIопал ву зуламхоша дечух. Цо тIаьхьатоттуш бу уьш /1азап ца деш/ шена чохь бIаьргаш къаьрзарболчу /къемат/ дийне.
Сиха гIур бу уьшшайн кортош айбина‚ шайн бIаьрахьажар юхадоьрзур дац цаьрга‚ церан дегнаш дассаделла хир ду/Делан 1азапах ч1ог1а кхерабелла/.
Ахь кхерам таса нахана шайга Iазап догIур долчу дийнаца‚ шаьш зулам диначара эриг хилар: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ тIаьхьататтахь тхо йоццачу ханна – Хьан кхайкхамна жоп лур дара оха‚ элчанашна а тIаьхьахIуьттур дара тхо". Ткъа шу дацара хьалха дуйнаш бууш шайна дайна дIадовлар дац, бохуш?
Шу охьахевшира шаьш шайна зуламаш диначеран гIишлошкахь‚ шуна гучуделира‚ хIун дина Оха царна‚ шуна масалш далийра Оха.
Шайн мекарло йира цара. Далла гергахь ю церан /мекарло йохо/ мекарло‚ и церан мекарло хиллехь а шеца лаьмнаш дохош. ВАХИТА
Хьуна цкъа а ма мотталахь‚ Дела Шен элчанашца йолу ваIда йохор йолуш ву, алий. Баккъалла а, Дела веза верг а ву‚ бекхам Шегахь берг а ву.
Оцу дийнахь латта хийцор ду кхечу лаьттаца‚ стигланаш а /хийцор ю кхечаьрца/ – уьш цхьаъ волчу‚ т1ех нуьцкъала волчу Далла хьалха дIахIуттур бу.
Хьуна гур бу оцу дийнахь къинош динарш зIенашца (з1айнашца) д1абихкина.
Церан бедарш силамах /хир ю/‚ церан яххьаш цIеро дIахьулйийр ю.
Дала бекхам бархьама хIор синна ша карадийначуьнца. Баккъалла а, Дела хьесап дарехь сиха верг ма ву.
ХIара хаам бу нахана‚ цуьнца царна кхерам тасархьама а‚ царна хаархьама а Иза хилар цхьа Дела‚ хьекъалдолчаьрга ойлаяйтархьама а.