Дерриге а Исламан библиотека

13 - The Thunder - Ar-Ra`d .

:1

Алиф-лам-мим-ра. ХIорш жайнин аяташ ду. Хьоьга хьан Кхиош-Кхобучуьнгара доссинарг – бакъдерг ду‚ делахь а, дукхахболу нах ца теша.

:2

Дела ву ша стигланаш аййинарг шуна гуш г1ортораш а йоцуш‚ тIаккха ша дIанисвелла Иза Iарша тIехь. Малх а‚ бутт а муьтIахь бина Цо /Шен лен г1уллакхашна/ – дерриге дIасалела /шен/ тоьхначу хене. ГIуллакхна урхалла до Цо‚ аяташ билгалдоху Цо. Шу шайн Кхиош-Кхобучунна дуьхьалкхетарх /доггах/ теша мегар-кха.

:3

Иза ву латта даржийнарг‚ цу тIехь лаьмнаш а‚ хиш а хилийтинарг‚ массо а стоьмех цунна (лаьтта) тIехь Цо хилийтина шишша тайпа. Буьйсане де хьулдойту Цо. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду ойла ечу нахана.

:4

Лаьттахь ул-уллохь дакъошду‚ кемсийн бошмаш ю‚ ялта ду‚ хурманаш ю цхьана ораман а‚ цхьана ораман йоцурш а‚ цхьа хи ду царна дуьллуш дерг. Царах цхьаерш вукхарал язъйина Оха яарехь. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду-кх хьекъал долчу нахана.

:5

Хьо цецвалахь‚ цецвоккхуш ду церан дешнаш: "Тхох латта хилча, керлачу кхолларна чохь хир ду тхо (юха а денлур ду тхо)?" Уьш бу шайн Кхиош-Кхобучунна керстаналла динарш‚ церан логех /тесна къематдийнахь/ г1оьмаш (буржалш) хир ду‚ уьш /жоьжахатин/ цIеран дай бу‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар бу.

:6

Хьо сихвеш ву цара вочуьнцадикачул хьалха. Царал хьалха а дIадахна масале таIзарш. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург Шегахь нахана гечдар долуш ву, церан зуламашка а ца хьоьжуш. Баккъалла а‚ хьан Кхиош-Кхобург чIогIаниг а ву бекхамца.

:7

Цатешачара олу: "Шен Кхиош-Кхобучуьнгара цхьа делил доссийнехьара цуьнга!" Хьо дIахоуьйтург ву. ХIор къоман хьехамхо ву.

:8

Далла хаьа хIор стечу дийнато /кийрахь/ лелорг‚ беран цIийнан гатдалар а‚ шордалар а. Массо а хIума Цунна гергахь /шен/ барамца ду.

:9

Хьуламехь дерг а‚ гучохь дерг а хууш верг а‚ воккха верг а‚ лакхаваьлларг а ву Иза.

:10

/Цу Далла/ цхьабосса ву шух дош къайладаьккхинарг а‚ и гучохь дитинарг а‚ ша буса хьуллуш верг а‚ дийнахь дIасалелаш верг а.

:11

Цунна (адамна) хьалхахула а‚ тIехьахула а цуьнца цхьаьна д1асалелаш дершду‚ шаьш и Iалашвеш Делан омраца. Баккъалла а, Дала нахах долчух хIумма а ца хуьйцу, цара шаьш шайх дерг хийццалц. Далла нахана вониг лиъча, цунна духатохар дац‚ И воцург урхалчама вац царна.

:12

И ву шуна кхерамций‚ догдахарций ткъес гойтуш верг‚ Цо кхиайо еза мархаш.

:13

Цунна хастам барца тасбихь до стигал къовкъаро. Маликаша а /до Далла тасбихь/ Цунах кхерарца. Стелахаьштигаш оьхуьйту Цо‚ уьш Шена луучунна тIетуху, уьш Делан хьокъехь къуьйсуш а болуш. Иза – ницкъаца чIогIаниг ву.

:14

Цуьнга ду бакъдолчун кхайкхар. И воцчуьнга кхойкхуш берш – цхьанна а хIуманца царна жоп лур дац цара‚ уьш тера бу хи тIе генара куьйгаш кховдинчух и шен бага кхачийта – ткъа иза ца кхочу цуьнга. Цатешачеран /шайн делашка/ кхайкхар ма дац тилар чохь бен.

:15

Далла сужуд деш ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел верг, лууш а, ца лууш а. Церан IиндагIаш а /ду Цунна сужуд деш/ Iуьйранна а‚ суьйранна а.

:16

Āла /хIай Мухьаммад/: "Мила ву стигалийн а‚ лаьттан а Эла?" Āла: "Дела ву". Āла: "Ткъа, Иза а вуьтий, /Iибадат дан кхин/ накъостий лоьцу аш‚ шайн догIмашна а пайда а‚ я зен шайгахь доцу?" Āла: "Цхьатерра вуй ткъа бIаьрзениг а‚ бIаьрсадерг а‚ я цхьатерра дуй ткъа боданаш а‚ нур а?" Я цара Далла накъостий хилийтина‚ шаьш /халкъ/ кхоьллина, Цо кхолларх терра - царна и халкъах тарделла? Ахь āла: "Массо а хIуманан кхоллархову Дела. И ша цхьаъ верг а‚ ницкъ алссам берг а ву".

:17

Цо доссийна стиглара хи– Iовраш ихира хершанашкахула шайн барамехь‚ Iовраша д1аяьхьира аййелла чопа. Цара цIергахь хазаллаш я кхин хIуманаш еш ягаечух а чопа ю цунах терра. Иштта даладо Дала бакъдолчун а‚ харцдолчун а масал.Чопа эрна дIагIо‚ ткъа нахана пайда беш дерг лаьттахь дуьсу. Иштта даладо Дала масалш.

:18

Шен Кхиош-Кхобучунна жоп деллачарна хазаниг ду - (ялсамани). Цунна жоп цаделлачарна лаьттахь мел дерг хилча а‚ цуьнца кхин цул а‚ и цунах (Делан Iазапах кIелхьардовла) дIалур ма дара цара. Ма вон хьесап ду-кх царна! Церан чугIойла жоьжахати ю. Вон (дIавуьжу) мотт бу и!

:19

Ткъа хьан Кхиош-Кхобучуьнгара хьоьга доссинарг бакъдерг дуйла хууш верг бIаьрса доцучух тера ву? Баккъалла а‚ дагадоуьйту хьекъал долчара‚

:20

Шаьш кхочушъеш болчара Делан ваIда‚ ца бохош болчара барт‚

:21

Шаьш вовшахтосушболчара Дала вовшахтаса аьлла омра динарг а‚ шайн Делах кхоьручара а‚ вочу хьесапах ларлучара а.

:22

Шаьш собар диначара а шайн Кхиош-кхобучун юьхь езаш‚ ламаз хIоттийначара а‚ Оха шайна деллачу рицкъах а къайлаха а‚ гучахь а харжйиначара‚ шаьш вониг дикачуьнца духатухуш болчара а‚– царна ю-кх дахарантIаьхье -

:23

Iаднанбошмаш. Царна чугIур бу уьш а‚ церан дайх а‚ зударех а‚ зуьрриетах а дика Iамал мел йинарг а. Маликаш тIедогIур ду царна массо а неIарехула /олуш/:

:24

"Маршо ю шуна аш собар дарна". Ма дика ю дахаран тIаьхье!

:25

Шаьш Делаца хилла ва1да, и ч1аг1ъйинчул т1аьхьа, йохош болчарна‚ Дала вовшахтаса аьлларг хедош болчарна‚ лаьттахь боьханиг даржош болчарна – царна неIалт ду‚ царна вон цIаду.

:26

Дала рицкъ кховдадо Шена луучунна /шортта/‚ барам а бо. Баккхийбе уьш дуьненан дахарх. Дуьненан дахар ма дац, эхартаца дуьстича, цхьа хIуьмалгбен.

:27

Цатешначара олу: "Цуьнга (Мухьаммаде) доссийна хиллехьара шен Кхиош-Кхобучуьнгара цхьа делил". Ахь āла: "Баккъалла а, Дала тилавала вуьту Шена луург‚ Цо нис ма во Шена тIе ша вирзинарг.

:28

Ийман диллинарш а‚ шайн дегнашна Дела хьехаварца синтемхилларш а /нисбо Дала нийсачу новкъа/‚ ткъа Дела хьехаварца ца хуьлу дегнашна синтем?

:29

Ийман диллинчарна‚ дика Iамалш йинчарна – зовкх хьегар а ду‚ хаза чугIойла а ю".

:30

Иштта вахийтира Оха хьо умматна юккъе– цул хьалха а дIадахара умматаш – ахь царна дешархьама Оха хьайга ваьхьица делларг, уьш Къинхетам болчунна керстаналла деш а болуш. Ахь āла: "Иза сан Кхиош-Кхобург ву‚ И воцург кхин дела вац‚ Цунна тIетевжина со‚ Цуьнга ду сан тōба дар".

:31

Къуръанца лаьмнаш леллехьара‚ я латта хедийнехьара‚ я цуьнца белларш бистхиллехьара /иза Делан омра хир дара – тIаккха а ийман дуьллур дацара цара/. ХIаъ. Делан ду-кх гIуллакх дерриге а. Ткъа ийман диллинчарна (х1инца а) ца хаьа‚ Далла лаахьара, нах берриге а Цо нисбина хирг хилар? Цатешачара шаьш динарг бахьанехь царна т1е ца буссуш ца соцу бāла‚ я церан цIийнан уллохь /буссу/ и Делан ваIда яллалц. Баккъалла а, Дала ца йохайо /Шен/ ваIда.

:32

Хьол хьалха а сийсазбина элчанаш‚ Ас хан елла битира цатешарш‚ тIаккха Ас /Iазапца/ схьалецира уьш. Муха хилира Сан таIзар?!

:33

Ткъа И Ша хIор синна цо шена карадинчуьнца ТIехIоьттинарг /тера ву кхечарах/? Далла накъостий хилийтина цара. Ахь āла: "ЦIерш яха церан! Я аш Цуьнга дуьйцур ду Цунна лаьттахь цахуург я т1ехула (деса) долу дош ду /и аш дуьйцург/?" ХIаъ‚ хаздина цатешачарна шайн хIилла‚ /нийсачу/ некъах баьхна уьш. Дала тилавала витинчунна цхьа а баьчча вац /и нисвалур волуш/.

:34

Царна дуьненан дахарехь а Iазап ду‚ ткъа эхартан Iазап кхин а хала ду. Ма вац царна шаьш Делах (Цуьнан Iазапах) лардан цхьа а.

:35

/Делах/ кхоьручарна ваIда йина йолчу /шен гIаланийн/ бухахула хиш оьхуш йолчу бешансурт ду: цуьнан даар гуттар а ду‚ цуьнан IиндагIа а /гуттар ду/. И ду /Делах/ кхоьруш хиллачарна хиндерг. Цатешачарна хинъерг /жоьжахатин/ цIе ю!

:36

Оха шайга жайна делларш бакхийбеш бу хьоьга доссийначух. (Хьуна дуьхьалйевллачу мушрикех а, жуьгтех а лаьтташ хиллачу) тобанех ю цуьнан (Къуръанан) цхьадолчунна инкарло еш ерг а. Ахь āла: "Суна омра дина ас Далла Iибадат дан а‚ Цуьнца накъост ца лаца а. Ас Цуьнга кхойкху‚ Цуьнга ду сан дIаверзар а".

:37

Иштта доссийра Оха и (Къуръан) Iаьрбийн /маттахь/ хьукма хилла. Хьо церан дезаршна тIаьхьахIоттахь хьайга Iилма деъначул тIаьхьа – Делехьара валиа вац хьуна‚ лардархо а вац.

:38

Хьол хьалха а элчанаш бахийтира Оха‚ царна зударий а‚ зурриет а хилийтира Оха. /Тарлур/ дацара цхьанна элчанна аят даийта Делан пурбанца а бен. ХIор ханна а шен жайна ду.

:39

Дала Шена луург дойъу‚ /Шена луург/ чIагI а до. Цуьнгахь жайнин нанаю.

:40

Я Оха гайтаза дуьтур ду хьоьга Оха царна ваIда йинчух цхьадерш‚ я Оха хьо волуьйтур ву /уьш ца гойтуш/ – хьуна тIехь /хьайга Дала делларг нахе/ дIахаийтар ду‚ Тхуна тIехь хьесап дар ду.

:41

Царнаца го-те Оха Латта жим-жимма эшош хилар шен йисташкара /бусалбанаша мушрикийн мехкаш схьабохуш шайначарех тухуш/? Дала до хьукма‚ Цуьнан хьукманна новкъарло ен ерг ма вац. И ву хьесапехь сиха верг.

:42

Царал хьалха хиллачара а мекарло йира‚ Делехь ю мекарло ерриге а /нехан мекарлонаш йохо ницкъ/. Цунна хаьа хIор синна карадеш дерг. ТIаккха хуур ду керстанашна‚ хьанна кхочур ю /эхартахь хир йолу хастаме/ х1усам.

:43

Цатешачара олу: "Хьо ваийтинарг вац ( хьо элча вац)"‚ ахь āла: "Кхачаме ду Дела теш хилар а суна а, шуна а юккъехь‚ шегахь жайнин Iилмадерг а".