ТIа-сūн-мūм.
ХIорш ду хIуманаш билгалдечу жайнан аяташ.
Оха дуьйцу хьуна Мусан а‚ ФирIавнан а хабарех цхьадерш бакъдолчуьнца тешачу къомана /пайда хилийтан/.
Баккъалла а, ФирIавн вазвелира /Мисран/ лаьттахь‚ цуьнан нахах тобанаш йира цо‚ царах цхьа тобагIелъеш. Цо байара церан кIентий‚ дийна буьтура церан зударий. Баккъалла а, иза хилира пасад х1уманаш (телхина мел дерг) лелочарах.
Тхуна лиира шаьш лаьттахь гIелбина хиллачарах (Исраилан к1ентех) къинхетам бан а‚ царах имамашбан а‚ уьш ирс оьцурш бан а,
Уьш чIагIбан а лаьттахь, ФирIавна а‚ ХIаманна а‚ цу шиннан эскарна а гайта а уьш шех кхоьруш дерг.
Оха хаам бираМусан нене вакхаве иза‚ аьлла. Нагахь хьо кхерахь цунах (Мусана бохам хиларх)‚ ахь кхосса иза хIордачу −кхера ма кхера‚ са ма гатде −Оха юхаверзор ву иза хьоьга‚ хуьлуьйтур ву иза элчанех.
Иза схьаваьккхира /Нил хина чуьра/ ФирIавнан доьзало цунах шайна мостагI а‚ сингаттам а хилийта. Баккъалла а, ФирIавн а‚ ХIаман а‚ цу шиннан эскар а хилира г1алатбевларш.
ФирIавнан зудчо элира: "Суна а‚ хьуна а бIаьргийн марзо ю-кх! Ма ве иза‚ вайна пайда бан мега цо‚ я вай доьзалхо лоцур цунах −царна хаалуш дацара…/оцунах хиндерг/.
Мусан ненан дог даьссаIуьйренга делира. Иза гергаяра цуьнца гучуялаОха цуьнан дог чIагIдина ца хиллехьара иза (Мусан нана) хилийтархьама /Делан ваIдих/ тешачарах.
Цо элира цуьнанйише: "Хьада‚ цуннатIаьхьагIо". Иза хьоьжура цуьнга агIорхьара‚ царна хаа ца луш.
Оха хьарам бира цунна и вакхон зударий хьалха. ТIаккха цоэлира: "Ас нисдой шу цIийнан охIлана тIе, шуна иза кхобург волчу‚ шаьш цунна хьехамчаш а хуьлуш".
ТIаккха Оха юхаверзира иза шен нене‚ цуьнан бIаьрг марзбала а‚ цо сагат ца дан а‚ цунна хаийтархьама а Делан ваIда хьакъ-бакъ хилар‚ делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх.
Иза (Муса) г1еметтах1оьттича‚ нисвелча‚ Оха цунна делира хьукам а‚ Iилма а. Иштта бекхам бо Оха дикачарна.
Г1алина чоьхьавелира иза цуьнан нах гIовпалболчу хенахь. Цунна карийра цу чохь ши стаг вовшах леташ: хIара хIокхун тобанех‚ важа −хIокхун мостагIех. Цуьнга гIо дийхира цуьнан тобанех волчо цуьнан мостагIех волчунна тIехь. Мусас цунна буй туьйхира −цо иза чекхваьккхира. Цо (Мусас) элира: "ХIара шайтIанан гIуллакхех ду. Баккъалла а, иза билгала тилавеш мостагI ду".
Цо (Мусас хьаставелла Деле) элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ ас сан дегIана зулам ма дина‚ гечдехьа суна". Цо цунна гечдира. Баккъалла а, Иза т1ех гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву.
Цо элира: "Сан Кхиош-кхобург‚ Ахь суна ниIмат даларца сох цкъа а хир ма вац къиношдечарна гIоьнча".
Иза Iуьйранга велира г1алахь кхоьруш‚ сема хуьлуш. /Ша иштта лаьтташ/ селхана шега гIо дийхинарг шега мохь бетташ /гира цунна/. Мусас цуьнга элира: "Баккъалла а, ма гуш-лаьтташ тилавелларг ву-кх хьо!"
ТIаккха шайн шиннан мостагI волчунна тоха цунна (Мусана) лиъча‚ цоэлира: "ХIай Муса‚ со вēн лууш ву-кх хьо‚ айхьа селхана стаг вēрах терра‚ хьо лууш ма вац лаьттахь ницкъ беш верг хилла /1ан а/ бен‚ хьо лууш ма вац /нахана юккъехь/ маслахьат дечарах хила".
Цхьа стаг веара гIалин йистера ведда‚ цо элира: "ХIай Муса! /ГIалин/ дай дагабевла хьо вēн‚ аравалалахь /хIокху махкара/. Со хьуна хьехамбечарах ву".
Иза цигара (гIалара) аравелира кхоьруш‚ сема хуьлуш. Цо элира: "Сан Кхиош-кхобург‚ кIелхьарваккхахь со зуламечу къомах".
Ша Мадйан агIоргахьа дIаволавелча‚ цо элира: "Сан Кхиош-кхобучо со нисван мега нийсачу новкъа".
Мадйанан хинан коьрте д1акхаьчча‚ цунна цигахь цхьа нах карийра хи малош /шайн бежнашна/. Цунна карийра царна тIехьахь лаьтташ ши зуда /шайн уьстагIий/ дIалоьхкуш /хина тIе ца дохуьйтуш/. Цо элира: "ХIун бала бу шу-шиннан?" Цу шиммо элира: "Оха ца маладо и Iуй чекх ца бевлича‚ ткъа тхан да воккха стаг ву".
Цо хи малийра царна шинна (церан уьстаг1ашна)‚ тIаккха дIавирзира IиндагIе‚ элира: "Сан Кхиош-кхобург‚ со Ахь суна доссина диканиг оьшуш ма ву (меца ву)".
Цунна тIе еара цу шиннах цхьаъ‚ эхь хеташ йолаелла‚ цо элира: "Сан дас хьо кхойкху хьуна мах балан ахь тхуна хи малорна". Иза (Муса) цуннатIе веъча‚ цо цуьнга хабар дийцича‚ цо элира: "Хьо ма кхера! Хьо кIелхьарваьлла зуламечу къомах".
Цу шиннах цхьаммо элира: "Дада‚ мехах болх бан вита иза‚ ахь мехах болх бан вуьтур волчех уггар диканиг ву иза −нуьцкъала а‚ тешаме а ву".
Цо (ШуIайбс) элира: "Суна лаьа хIокху сан шина йоIах цхьаъ хьоьга маре яла ахь суна болх барх борхI шарахь. Ахь итт шо кхочушдахь −и хьоьгара хир ду‚ хьуна хало ян лууш вац со. Хьуна карор ву со‚ Дала мукъалахь‚ дикачарах".
Цо (Мусас) элира: "ХIара суна а‚ хьуна а юкъахь ду. Цу шиннах муьлхха зама ас кхочушъяхь‚ дов дийр дац соьца. И Дела вай олучунна тIехь векалма ву".
Муса шен хан чекх а яьккхина, шен доьзалца дIавоьдуш‚ цунна хааелира Т1ýр ламанан агIорхьара цIе. Цо элира шен доьзале: "Аш /кхузахь/ собар де‚ суна цIе хааелла‚ со ван мега шуна тIе цуьнгара цхьа хабар дахьаш‚ я цIерах цхьа хаьштиг дахьаш‚ шу дохдаламегара".
Иза цунна (цIарна) тIе веъча, кхийкхира тогIин аьтту агIорхьара беркате йолчу меттигехь долчу дитт долчуьра: "Ва Муса! Баккъалла а, Со Дела ву‚ Iаламийн Да.
Охьакхосса хьан Iаса!" Цунна иза гича етталуш, текхарг санна‚ иза дIаведира, юха а ца воьрзуш. "Ва Муса! Гергавола‚ ма кхера‚ хьо кхерам хир боцучарах ву.
Хьан куьг че долла‚ /т1аккха схьаадаккха и/ - схьадер ду кIайн хилла цхьа а зен доцуш. ТIетаIаде /хьан аьтту куьг/ хьан /дагна/ т1е – д1адер ду хьан /текхаргах/ кхерар. И шиъ билгало ю хьуна хьан Кхиош-кхобучуьнгара ФирIавне а‚ цуьнан элашка а. Баккъалла а, уьш хили-кх песакъ къам".
Цо элира: "Сан Кхиош-кхобург‚ ас царах стаг ма вина‚ со кхоьру-кх цара со вēн.
И сан ваша ХIарун‚ иза сол мелхо а говза ма ву маттаца‚ ваийтахь иза соьца гIоьнча хилла‚ со бакъхилар чIагIдийр дара цо. Баккъалла а, со кхоьру цара со харцварна".
Цо (Дала) элира: "Оха чIагIвийр ву хьо хьан вешица‚ Оха хуьлуьйтур ю шуна шинна бакъо‚ шуна шинна тIекхочур бац уьш. Тхан аяташца шу шиъ а‚ шуна шинна тIаьхьа мел ваьзнарг тоьлур ву".
Шайга веъча Муса Тхан билгалчу аяташца‚ цара элира: "ХIара ма дац /наха/ кхоьллина бозбуунчалла бен‚ тхуна-м ца хезна оцунах тхан хьалхалерчу дайшкахь".
Элира ткъа Мусас: "Сан Кхиош-кхобург ву-кх дика хууш Шегара нийсачу некъаца мила веана а‚ /дахаран/ хIусаман тIаьхье хьенан хир ю а. Баккъалла а, зуламхой баккхийбийр ма бац".
ФирIавнас элира: "ХIай элий! Суна ца хиънера шуна со воцург /кхин/ дела. ЦIе латае суна‚ хIай ХIаман, поппарах (кибарчигаш йотта), тIаккха /лекха/ гIала е суна, со мега Мусан Далла тIекхача. Баккъалла а, суна иза хеташ ву харцлуьйчарах".
Куравелира иза а‚ цуьнан эскар а лаьттахь курабовла хьакъ боцуш‚ царна меттара шаьш Тхуна тIе юхадерзор а дац.
Оха схьалецира иза а‚ цуьнан эскар а‚ тIаккха Оха кхоьссира уьш хIорда чу. Хьажал хьо‚ муха хилла зуламхойн тIаьхье!
Оха хилийтира царах /нах/ цIергакхойкхуш имамаш. Къематдийнахь царна гIо дийр дац.
Царна тIаьхьахьажийра Оха хIокху дуьненахь а неIалт‚ къематдийнахь уьш ма бу /Делан къинхетамах/лелхош генабаьхначарах.
Хьалхалера тIаьхьенаш хIаллакйинчул тIаьхьа Оха делира Мусага жайна, ша нахана гуш долу делилаш а‚ нийса некъ а‚ къинхетам а хилла долу‚ цара дагадайта мегара-кх‚ аьлла.
Хьо вацара /х1ай Мухьаммад/ малхбузен агIонгахь Оха Мусага гIуллакх сацадечу хенахь‚ хьо вацара /цигахь/ хиллачарах.
Делахь а, Оха кхиира тIаьхьенаш‚ дахделира царна тIехь дахар. Хьо вацара лаьтташ Мадйан охIла юккъехь царна Тхан аяташ а дуьйцуш‚ делахь а, Тхо дара бохкуьйтурш /элчанаш/.
Хьо вацара Т1ýр ламананагIонгахь Оха /Мусага/ кхийкхича‚ делахь а, хьан Кхиош-кхобучун къинхетамца /ваийтина хьо/ ахь кхерам тасан къомана‚ шена тIе хьол хьалха /цхьа а/ кхерамча ца веана долчу‚ цара ойла йийр яцара-те?
/Оха къурайшашка элча ца вахийтинехьара/ шайна бохам хилча шайн куьйгаша хьалха кечдийнарг бахьанехь‚ цара эр ма дара: "Тхан Кхиош-кхобург! Ахь ваийтина хиллехьара тхоьга элча‚ тхо тIаьхьахIуттур ма дара Хьан аяташна‚ тхо хир ма дара тешачарах".
Шайга Тхоьгара бакъдерг деъча‚ цара элира: "Цуьнга (Мухьаммад пайхамаре) делла хиллехьара Мусага делларг". Ткъа цара харц ца дира Мусага делларг хьалха? Цара ма элира: "Ши бозбуунчалла (Къуръан а‚ Таврат а) ду, вовшашна гIо а деш". Ма элира цара: "Массох а ца теша /тхо/".
Ахь āла: "Схьало Делера жайна, ша цу шиннал (Къуръанал а‚ Тавратал а) нийса а долуш‚ со цунна тIаьхьахIуттур ву, шу бакълуьйш хиллехь".
Цара хьуна жоп ца лахь‚ хьуна хаалахь уьш деккъа шайн дезаршна тIаьхьабевла буйла. Мила ву ткъа тиламе, Делера нийса некъ а боцуш, шен дезарна тIаьхьаваьллачул? Баккъалла а, Дала нис ца до зуламе къам.
Оха кхачийра цаьрга дош тIеттIа, цара ойла йийр яцара-те?
Оха шайна цул (Къуръанал) хьалха жайна (Таврат, Инжил…) делларш −уьш цунах (Къуръанах) тешаш бу.
Иза шайна дешча, цара элира: "Тхо цунах тешна‚ баккъалла а, иза бакъдерг ду вайн Кхиош-кхобучунгара‚ тхо хилира цул хьалхабусалбанаш."
Уьш −царна лур бу шайн мах шозза цара собар дарна а‚ цара вониг дикачуьнца духатухуш хиларна а‚ Оха шайна деллачу рицIкъех цара /диканна т1ехь/ харжаш ярна а.
Шайна даьсса хабар хезча‚ цунах дIакъаьста уьш‚ олуш: "Тхуна тхан Iамалш ю‚ шуна шайн Iамалш ю‚ салам хуьлда шуна‚ тхо ца гIерта жехIал нахана тIе".
Баккъалла а, ахь нисвийр вац хьайна везнарг‚ делахь а, Дала нисво Шена луург. Иза дика бевзаш ву нисбелларш.
Цара (къурайшин тайпан наха) элира: "Тхо нийсачу некъана тIаьхьахIиттича хьоьца цхьана‚ тхо тхан лаьттах дохур ма ду /кхечу Iаьрбаша/". Оха чIагI ца йира ткъа царна тешаме хьарам‚ цига массо а хIуманан стоьмаш кхоьхьуш Тхоьгара рицкъ хилла? Делахь а, царах дукхах болчарна ца хаьа-кх.
Мел хIаллакйира оха юрт‚ кураяьлла хилла йолу шен дахарехь. ХIорш ю церан гIишлош‚ /шайна чохь/ царал тIаьхьа кIеззиг бен /нах/ ца бехаш. Тхо хилира ирс оьцурш.
Хьан Кхиош-кхобург ца хилира ярташ хIаллакйеш церан нахалахь элча ца вохуьйтуш‚ цо царна Тхан аяташ а доьшуш. Тхо ца хилира ярташ хIаллакйеш‚ церан бахархой зулам деш болуш бен.
Шуна делла хIума −иза дуьненан дахаран /к1еззиг/ х1ума ду‚ цуьнан хазалла а ю-/чекхдер долуш а ду и дерриге а/. Далла гергахьдерг −дика а‚ мелхо а бухадуьссуш а ду. Шу хьекъале ца хуьлу /и диканиг а, бухадуьсург а харжа/?
Оха шеца /ялсамане гIур ву аьлла/ хаза ваIда йинарг, иза цунах кхиар а волуш, тера вуй ткъа Оха шена дуьненан дахаран хьал делла, тIаьхьа ша къематдийнахь /жоьжахате/ бахийтинчарах хир волчух?
Оцу дийнахь Цо цаьрга кхойкхур ду‚ олуш: "Мичахь бу Сан накъостий‚ шуна Соьца хилла моьттуш хилла болу?"
Эр шайна тIехь /жоьжахате гIур бу аьлла/ дош бакъхиллачара: "Тхо Кхиош-кхобург‚ хIорш бу оха тилинарш‚ оха уьш тилира тхаьш тиладарх терра. Тхо цIандели /царах/ Хьоьга /дерзарца/. Уьш ца хилла тхуна Iибадат деш".
Элира: "Схьакхайкха шайн накъостий /шайна гIо дан/". Цара кхайкхира цаьрга. Цара жоп ца делира царна‚ царна гира Iазап. /Ма лиира царна шаьш/ нийсачу новкъахь хиллехьара‚ аьлла!
Оцу дийнахь Цо цаьрга кхойкхур ду‚ олуш: "ХIун жоп делира аш элчанашка?"
Iаьржа хир ду царна хабарш оцу дийнахь‚ цара вовшашка хIумма а хоьттур дац.
Амма тōба динарг а‚ ийман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а −тарло иза хила баккхийбечарах.
Хьан Кхиош-кхобучо кхуллу Шена луург‚ хоржа а хоржу. Дацара царна харжар. ЦIанвели Дела /массо а кхачамбацарех/‚ лакхавели Иза цара /Шеца/ накъост лацарх.
Хьан Кхиош-кхобучунна хаьа‚ хIун дIахьулдина церан дегнаша‚ хIун цара дIахьедош ду.
Иза АллахI-Дела ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Цунна хастам бу хьалхарчахьа‚ тIаьхьарчахьа. Цуьнан ду хьукам а‚ Цунна тIе дIадерзор ду шу а.
Ахь āла: "Дийцал суна‚ Дала шуна буьйса хилийтинехьара гуттарена къематде кхаччалц‚ АллахI-Дела воцург муьлхачу дала шуна серло йоуьйтур яра? Шуна ца хозу-те?"
Ахь āла: "Дийцал суна‚ Дала шуна де хилийтинехьара гуттарена къематде кхаччалц‚ АллахI-Дела воцург муьлхачу дала шуна буьйса йоуьйтур яра‚ аш шена чохь садоIуш? Шуна ца го-те?
Цуьнан къинхетамах ду-кх Цо шуна буьйса а‚ де а хилийтар аш шена чохь садаIа а‚ Цуьнан ниIмат лаха а −шу хила мегара баркалла олуш".
Оцу дийнахь цаьрга Цо кхойкхур ду‚ олуш: "Мичахь бу Сан накъостий‚ шуна /шаьш Соьца/ хилла моьттуш болу?"
Оха схьаваьккхирахIор умматах теш‚ Оха элира: "Схьадаладе шайн делилш". Царна хиира бакъдерг Делан дуйла. Царах дIатилира цара /Цунна тIехь харц/ кхоьллина хилларг.
Баккъалла а, Къāрýн вара Мусан къомах. Царна зулам дора цо. Оха еллера цунна хазнаш‚ шен догIанаш цо ницкъ болчу тобанца халла д1асакхоьхьуш хилла йолу. Цуьнга ма элира цуьнан къомо: "Хьо воккха ма ве. Баккъалла а, Далла ца беза баккхийбедаш берш.
Ахь лаха хьуна Дала деллачохь эхартан цIа‚ диц ма де дуьненах хьан дāкъа а. Диканиг де‚ Дала хьуна диканиг ма ди. Ма гIерта лаьттахь пасад хIуманна тIе. Баккъалла а, Далла ца беза пасад хIума деш берш".
Цо (Къāрýна) элира: "Иза (хьал‚ даьхни) суна делла соьгара Iилма бахьанехь". Цунна ца хаьа-те Дала хIинцале мел /дуккха/ тIаьхьенаш хIаллакйина цул хьалха‚ цул ницкъаца мелхо а чIогIа йолуш‚ гулдарца (хьал‚ даьхни) мелхо а алсам йолуш. Шайн къинойх лаьцна хоьттур а дац къиношдечаьрга (Далла и дика хаьа дела).
Иза (Къāрýн) араваьлира шен къомана тIе шен хазаллехь. Дуьненан дахар дезачара элира: "ЭхI! Тхуна делахьара Къāрýнна делларг! Баккъалла а, ма деза-доккха дāкъа долуш ву-кх иза!"
Шайна Iилма деллачара элира: "Декъаза ма довла! Делан ял дика ю ийман диллинчунна а‚ дика Iамал йинчунна а. Иза дуьхьалкхетар ма яц собар диничарна а бен" /и хаза бекхам/.
Оха латта бухавахийтира иза а‚ цуьнан цIа а. Ца хилира цунна цхьа а гIо деш тоба Далла дуьхьал‚ ца хилира иза а шена гIо дечарах.
Цуьнан меттиг шайна селхана езаш берш бисира олуш: "ОхI! Дала рицкъ даржош ду Шен лех Шена луучунна‚ барам а бо /кIеззиг луш/. Дала вайх къинхетам ца бинехьара‚ латта бухадахна хир дара вай а. ЭхI! Баккхий ца боь /Делах/ цатешарш".
И эхартан хIусам Оха хуьлуьйтур ю лаьттахь лакхалла а‚ пасадца дезачарна. ТIаьхье /Делах/ кхоьручарна ю.
Дикачуьнца веъначунна −цунна цул а диканиг ду. Вочуьнца веънарг −вонаш диначарна бекхам хир бац цара деш хилларг а бен.
Баккъалла а, хьуна Къуръан тIе диллинчо хьо юхаверзор ма ву юхавоьрзучу меттиге. Ахь āла: "Сан Кхиош-кхобучунна хаьа-кх нисчу новкъа веънарг а‚ билгалчу тиларчохь верг а".
Хьо ма вацара дог дохуш хьайга жайна даларе хьан Кхиош-кхобучуьнгара къинхетам хилла а бен. Хьо хиллане а ма хилалахь /Делах/ цатешачарна гIоьнча.
Хьо духа ма тухийла Делан аятех уьш хьоьга доьссинчул тIаьхьа. Хьан Кхиош-кхобучуьнга кхайкха! Хьо хиллане а ма хилалахь /Делаца/ накъост лоцучарах (мушрикунех).
Ахь ма кхайкхалахь Делаца кхин деле. Кхин дела вац хьуна Иза бен. Массо а хIума хIаллакхир ю хьуна Цуьнан юьхь йоцург‚ Цуьнан ду хьукам‚ Цунна тIе юхадерзор долуш ду шу а.