101 - The Calamity - Al-Qāri`ah .
:1
Тухуш дерг.
:2
Иза хIун ду тухуш дерг?
:3
Хьоьга стено хаийтина /хIай Мухьаммад/‚ и тухуш дерг хIун ду?
:4
Оцу дийнахь адамаш хир ду даьржина цIоз санна‚
:5
Лаьмнаш хир ду къовзина тIаргIасанна.
:6
Амма шен терза язъелларг (дика Iамалш совъялла) −
:7
Иза хир ву /ша/ реза волчу дахарехь /ялсамани чохь/.
:8
Амма шен терза яйелларг (дика 1амалш к1еззиг хилла) −
:9
Цуьнан нана "хIавия"хир ю.
:10
Хьоьга стено хаийтина /хIай Мухьаммад/‚ иза хIун ю?
:11
Алу туьйсу цIе /ю иза/!