100 - The Courser - Al-`Ādiyāt .
:1
/Шайн багара/ аз долуш тIехьаьдда йогIучу /говрех/ дуй боу Ас‚
:2
/Шайн бергашца лаьттах/ суйнаш кхуьссучу /говрех/ дуй боу Ас,
:3
Iуьйрана тIелетачу /говрех/ дуй боу Ас,
:4
Цара аййира цигахь чан,
:5
Цара гобира цигахь /мостагIийн/ тобанна:
:6
Баккъалла а, адам ша Кхиош-кхобуш волчун /ниIматашна/ керстама ду.
:7
Баккъалла а, иза цу тIехь /ша а/ теш ма ду.
:8
Баккъалла а, иза /дуьненан/ хьал дезарехь чIогIа ма ду.
:9
Цунна ца хаьа: кешний чохь мел дерг аракхоьссича‚
:10
Дегний чохь мел дерг гучудаьккхича,
:11
Баккъалла а, уьш Кхиош-кхобуш верг оцу дийнахь царах дерг сов дика хууш вуйла?