Дерриге а Исламан библиотека

102 - The Rivalry in world increase - At-Takāthur .

:1

Шу духатоьхна /Далла гIуллакх дарах/ шун /даьхница а‚ доьзалшца а/ алсамдийларо

:2

Шу кешнашка дерзалц (дIакхалхар тIехIотталц Дела дага ца вогIу шуна).

:3

ХIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду шуна!

:4

ТIаккха а хIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду шуна!

:5

ХIан-хIа! Шу хууш делхьара бакъ долу Iилма,

:6

Шуна ганне а гур ма яра жоьжахати.

:7

ТIаьхьа /эхартахь/ шуна ганне а гур а ма ю иза /шайн/ бIаьрга.

:8

ТIаккха шуьга хаттанне а хоттур ма ду оцу /къемат/дийнахь /шуна дуьненахь хиллачу/ ниIматех.