Дерриге а Исламан библиотека

96 - The Clot - Al-`Alaq .

:1

Деша хьо Кхиош-кхобучун цIарца‚ Ша /Iаламаш/ кхоьллина волчу!

:2

Цо адам кхоьллина цIийн улхах.

:3

Деша! Хьо Кхиош-кхобург ву уггар комаьрша верг.

:4

Иза ву Ша Iамийнарг /адам/ къоламца.

:5

Цо Iамийра адамна цунна цахуург.

:6

ХIан-хIа! Баккъалла а, адам тIехдолу /Делан дозанех/

:7

Шена ша гуш хьал долчу хьолехь.

:8

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучуьнга ду /массеран а/ дIадерзар.

:9

Хьуна гиний /хIай Мухьаммад/ и новкъарло еш верг (Абу-ДжахIал)

:10

Лена (Мухьаммад пайхамарна), цо ламаз деш?

:11

Гиний хьуна, и (шена новкъарло йийриг Мухьаммад пайхамар) нийсачу новкъахь хиллехь?

:12

Я /Делах/ кхерарца омра деш хиллехь?

:13

Хьуна гиний и /ша пайхамарна новкъарло еш волу Абу-ДжахIал/‚ /Дела/ харцвеш хиллехь‚ /бакъдолчух/ дIавирзинехь?

:14

Цунна ца хиъна-те Далла гуш дуйла?

:15

ХIан-хIа! И ца сацахь‚ Оха дIаозор ву иза кIужалца /жоьжахате/‚

:16

Харц йолчу‚ къинехь йолчу кIужалца!

:17

Цо /гIо лоьхуш/ кхойкхийла шен гуламе.

:18

Оха кхойкхур ду забанияташка.

:19

ХIан-хIа! Цо бохург ма де ахь /хIай Мухьаммад/‚ /Далла/ сужуд де‚ /Цунна/ герга гIо /Iамал ярца/.