95 - The Fig - At-Tīn .
:1
Инжирах а дуй боу Ас‚ зайтунаха‚
:2
Сининолучу ламанах а дуй боу Ас‚
:3
ХIокху тешаме йолчу гIалах а (Макках) дуй боу Ас:
:4
Оха кхоьллира адам уггар хазчу хьолехь.
:5
ТIаккха Оха дIаверзина иза уггар бухарчу хьоле (къанлой‚ тишлой. Муъмин стеган Iамал эшало, иза къона хиллачу замане хьаьжча‚ Дала цунна ял ло Шен дашца):
:6
Ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а боцурш − царна ю хедар йоцу ял.
:7
Стено харцдойту хьоьга /хIай керста/ цул тIаьхьа а дин?
:8
Ткъа Дела вац хьукам дечарах уггар /нийса/ хьукам деш верг?