Дерриге а Исламан библиотека

11 - Hud - Hūd .

:1

Алиф-лам-ра. Шен аяташа хьукам /нийса/ деш долу‚ т1аккха /уьш хаза/ къастош долу жайна (Къуръан) ду /х1ара/ - Ша хьукам /нийса/ деш а, сов дика хууш а волчуьнгара (Делера).

:2

Аш Iибадат цадархьама /цхьана/ Далла а бен. "Баккъалла а, со шуна Цуьнгара кхерамча а‚ хаамча аву‚−аьлла.

:3

Аш шайн Кхиош-кхобучуьнга гечдар дехархьама‚ тIаккха аш тōба де Цуьнга – Цо шуна хаза бахам лур бу цIетоьхна хан тIекхаччалц‚ массо а дозалла долчунна шен дозалла а лур ду. Шу юхадовлахь – со кхоьру шуна доккхачу /къемат/дийнан Iазапах.

:4

Деле ду шун дIадерзар. И массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш ву".

:5

Хьажахь! Баккъалла а, уьш бац шайн дегнаш хьийзош Цунах хьулдархьама. Хьажахь! Ткъа цара шайн бедар тIеюхуш Цунна ца хаьа цара къайладоккхург а‚ цара дIахьедийриг а? Баккъалла а, И хууш ма ву дегнашкахь дерг.

:6

Цхьа а дийнатдац лаьттахь Далла тIехь шен рицкъ долуш бен‚ Цунна хаьа церан латтам а‚ церан дIагIойла а, – массо а билгалчу /Лавхь махьфуз/ жайна чохь ду.

:7

И ву Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а ялх дийнахь, Цуьнан Iарш хина тIехь яра‚ шу зерхьама‚ муьлха ву-те шух Iамалца вуно а диканиг. Ахь аьлча: "Баккъалла а, шу дендийр долуш ду деллачул тIаьхьа"‚ керстанаша аллане а эр ма ду: "Иза-м билггала бозбуунчалла ма дуй!"

:8

Оха царах Iазап тIаьхьатеттича цхьа ягарйинчу ханна‚ цара аллане а эр ма ду: "Стено сацийна и (Iазап)?" Хьажал! Ткъа и цаьрга деъначу дийнахь царах дIатилар ма дац! Уьш шех ца бēшаш хилларг царах дIа ма хьаьрчира.

:9

Оха адаме Тхайгара къинхетам Iовшийтича‚ тIаккха Оха цунах и дIабаьккхича – и догдуьллург а‚ /Делан ниIматана/ керста а ма хуьлу.

:10

Оха цуьнга ниIмат Iовшийтича, и схьалаьцначу бāланал тIаьхьа‚ цо аллане а эр ма ду: "Къинош дIадахна суна т1ера". Баккъалла а, и хазахеташ‚ куралла еш ма хуьлу.

:11

Собар динарш‚ дика Iамалш йинарш боцурш – царна гечдар а‚ йоккха ял а ю.

:12

Хьо хила тарло хьайга делла цхьацца вехьиш дуьтуш‚ цуьнца хьан дог къийдашцара олуш хиларна: "Хазна йоьссина хиллехьара цуьнга‚ я малик деънехьара цуьнца". Баккъалла а, хьо кхерамча ву. Дела массо а хIуманна тIехь векал ву.

:13

Я цара āларна: "И цо кхоьллина". Ахь āла: "Аш даладел, делахь, цунах тера итт сурат‚ шаьш кхоьллина долу. Кхайкха Дела воцчу шайна могучаьрга‚ шаьш бакълуьйш хиллехь.

:14

Цара шайна жоп ца лахь‚ шуна хаалаш, и Делан Iилманца доьссина дуйла а‚ И воцург кхин дела воцийла а. Шу бусалбанаш хуьлий?"

:15

Дуьненан дахар а‚ цуьнан хазалла а езаш хиллачунна – церан /дикчу/ Iамалшна цу (дуьнена) чохь кхоччуш бекхам бийр бу Оха‚ уьш цу (дуьнена) чохь /рицкъих/ эшор бац.

:16

Уьш бу шайна эхартахь /жоьжахатин/ цIе а бен йоцурш. ХIаллакхили цара цу /дуьнена/ чохь динарг‚ харцдерг ду цара деш хилларг (пайда бац цара дуьненахь деш хиллачу дикчух, Делах кхоьруш уьш хилла бацахь).

:17

Ткъа шен Кхиош-кхобучуьнгара билгалонна тIехь хилларг‚ шена тIаьхьавозуш Цуьнгара теш а волуш‚ цул хьалха /теш/ – Мусан жайна хилла /нахана/ имам а‚ къинхетам а - /тера ву деккъа дуьне дезачаьрга?/ – уьш цунах (Къуръанах) тешаш бу. Тобанех цунна керстаналла дечарна ваIда хилларг /жоьжахатин/ цIе ю. Хьо цунахшеконехь ма хилалахь. Баккъалла а, и хьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъдерг ду хьуна‚ делахь а, дукхахболу нах ца теша.

:18

Мила ву ткъа зуламе ша Далла тIехь харцдерг кхоьллинчул? Уьш шайн Далла хьалха хIоттор ма бу‚ тешаша эр ма ду: "ХIорш бу и шайн Дела харцвинарш‚ Делан неIалт яц ткъа зуламхошна?!

:19

Шаьш Делан некъах /нах/ дIатилош хилла болчу‚ шаьш и талхо лууш болчу‚ – эхартана уьш керстанаш ма бу ".

:20

Уьш ца хилира ницкъ кхочуш лаьттахь /хIумма хийцо/, Дела воцург доттагIий ца хилира царна. ТIеттIа Iазап ду царна. ЛадогIа ницкъ кхочуш ца хилира уьш‚ гуш ца хилира уьш.

:21

Уьш бу шаьш шайна зен динарш‚ царах дIатилира цара кхуллуш хилларг.

:22

Дуьйцийла йоццуш, уьш бу эхартахь шаьш ч1ог1а эшнарш.

:23

Баккъалла а, иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а‚ шайн Кхиош-кхобучунна мукIар хилларш,– уьш бу ялсаманин дай‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар бу.

:24

Шина тобананмасал тера ду бIаьрзечух а – къорачух а‚ гуш волчух а – хезаш волчух а. Нислой уьш шиъ масалца? Шу ца кхета? /Ца нисло, Деллара!/.

:25

Оха Нухь вахийтира цуьнан къомана тIе: "Баккъалла а, со шуна билггала кхерамча ву‚ аьлла.

:26

Далла бен аш Iибадат цадархьама‚ баккъалла а, со кхоьру шуна лазош долчу дийнан Iазапах"‚−аьлла.

:27

Цуьнан къомах цатешначеран элаша элира: "Тхуна-м ца го хьо, тхаьш санна, адам бен‚ тхуна ца го хьуна тIаьхьахIиттинарш, юьхьанца хьажарца‚ тхан уггар бухахь берш бен‚ тхуна ца го шун тхуна тIехь цхьа а дозалла‚ хIетте а, тхуна моттало шу харцлуьйш дерш".

:28

Цо (Нухьас) элира: "ХIай сан къам‚ гой шуна со хилча сан Кхиош-кхобучуьнгара билгалонна тIехь‚ Цо Шегара къинхетам а белча суна‚ ткъа шу цуьнца бIаьрзе хилча, оха шуна тIедуьллур ду иза,шуна ца луушехь? (Тхуна могур дац шуьга нуьцкъах дин тIелацийта).

:29

ХIай сан къам! Ас шуьга цунна тIехь бāхам ца боьху‚ сан ял Далла тIехь а бен яц‚ со вац лелхорболуш иман диллинарш. Баккъалла а, уьш дуьхьалкхетар болуш бу шайн Кхиош-кхобучунна‚ делахь а, суна шу го ца кхеташ къам.

:30

ХIай сан къам! Хьан гIо дийр ду суна Далла дуьхьал ас уьш лелхийча? Аш ойла ца йо?

:31

Ас шуьга ца боху: "Сан гергахь Делан хазнаш ю"‚ хьуламехь дерг а ца хаьа суна‚ ас ца боху: "Со малик ду"‚ ас ца олу шун бIаьргаш шайх ца бешаш болчарах: "Дала диканиг лур дац царна". Далла дика хаьа цаьргахь дерг – иза дича, со хир вара, баккъалла а, зуламхойх".

:32

Цара элира: "ХIай Нухь‚ тхоьца къийси ахь‚ тхан къийсам а алсамбаьккхи ахь‚ даийта тхуна айхьа тхуна хир ду аьлларг‚ хьо бакълуьйчарах хиллехь".

:33

Цо элира: "И шуна доуьйтур ду Дала, Шена лаахь‚ шуна ницкъ кхочур бац /и Iазап духатоха/.

:34

Сан хьехамо а шуна пайда бийр бац‚ суна шуна хьехам бан лиъча а, Дела лууш хиллехь шу тилдала дита. И ву шун Кхиош-кхобург‚ Цуьнга шу дIадерзор долуш а ду".

:35

Я цара олу: "И цо ша кхоьллина". Ахьа āла: "Нагахь и айса кхоьллинехь – суна тIехь ду-кх сан къинош‚ со цIена ву-кх аш дечу къинойх".

:36

Нухье вехьица хаам бира‚ хьан къомах цхьаммо а иман дуьллур дац хьуна‚ шаьш хIинцале иман диллинчара а бен‚ аьлла‚ хьо гIайгIане ма вожалахь цара деш хилларг бахьанехь.

:37

Кема де Тхан тергамца а‚ Тхан вехьишца а‚ вист ма хилалахь Соьга зулам диначаьргахьа‚ баккъалла, уьш хина буха бохуьйтур болуш бу.

:38

Цо кема дора‚ Цуьнан къоман элий уллохула чекх мел бовлу, цунах боьлура. Цо элира: "Шу тхох доьлу‚ тIаккха тхо шух доьлур ду, шу ма- дуьйлу.

:39

ТIаьхьа хуур ду шуна‚ хьанна тIе Iазап догIур ду‚ цо иза сийсазвеш долу‚ лаьтташ долу Iазап шех хьаьрчар дерг мила ву".

:40

Тхан омра деъча, пеш кхахка йолаелча‚ Оха элира: "Цуннат1е хаа е хIора /дийнатех/ шишша‚ хьан доьзалах а шена тIехь дош хьалхадаьлларгвоцург‚ /массо а/ иман диллинарг а. Иман ца диллира цуьнца кIеззигчара бен.

:41

Цо (Нухьас) элира: "ТIеховша цунна‚ Делан цIарца ду цуьнан лелар а‚ сацар а. Баккъалла а, сан Кхиош-кхобург гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву".

:42

И (кема) лелара уьш а тIехь тулгIенашна чухула, лаьмнаш санна. Нухьас кхийкхира шен кIанте‚ и вара юьстах: "ХIай сан кIаьтиг! ТIе хаа тхоьца‚ ма хила керстанашца".

:43

Цо элира: "Со воьрзур ву ламанна тIе – цо ларвийр ву со хих". Цо (Нухьас) элира: "Тахана цхьаммо а ларвийр вац Делан гIуллакхах, Цо шех къинхетам бинарг бен". Царна шинна юккъе тулгIе хьаьвзира – иза хина бухаваханчарах хилира.

:44

Элира: "ХIай латта! Д1ахуда хьан хи‚ ва хIай стигал! ДIадаккха /догIа даийтар/. Хи дIаделира‚ гIуллакх кхочушхилира. Исецира Джудияхь. Элира: "Декъаза хуьлда зуламе къам".

:45

Нухьас кхийкхира шен Кхиош-кхобучуьнга‚ элира: "Сан Кхиош-кхобург! И сан кIант сан доьзалах ма вуй‚ Хьан ваIда бакъ ма юй‚ Хьо хьукам дечарах уггар хьукам /нийса/ деш верг а ма вуй!"

:46

Элира /Дала/: "ХIай Нухь! И хьан доьзалах вац. Иза – дика боцу болх бу. Соьга ма деха хьайна шеца Iилма доцург. Ас хьехам бо хьуна хьо ца хилийта цахуучарах".

:47

Цо элира: "Сан Кхиош-кхобург! Со ларло Хьоьца сайна Iилма шеца доцург Хьоьга дехарх. Ахь суна ца гечдахь‚ сох къинхетам ца бахь – со хуьлуш ву-кх эшначарах".

:48

Аьллера: "ХIай Нухь! Охьавосса Тхоьгара маршаллица а‚ беркатца а хьайна а‚ хьоьца цхьана /кемана т1ехь/ хиллачу зуьрретана а. Оха шайна тIаьхьа бахам а лур болуш /цхьа кхин умматашхир ду/‚ тIаккха Тхайгара лазош долчу Iазапаца схьалоцур долуш".

:49

Уьш къайленан хабарш ду‚ Оха хьоьга дуьйцуш долу вехьишца. Уьш хууш ца хилира хьо а /хIай Мухьаммад/‚ хьан къам а хIокхул хьалха. Ахь собар де. ТIаьхье /Делах/ кхоьручарна ю.

:50

Iадашка а церан ваша ХIуд /вахийтира Оха/. Цо элира: "ХIай сан къам‚ Iибадат де /цхьана/ Далла – Аллах1ана‚ И воцург кхин дела вац шуна‚ шу ма дац харцдерг кхуллуш бен.

:51

ХIай сан къам! Цунна тIехь шуьга сайна мах ца боьху ас. Суна мах балар Ша со кхоьллина волчунна т1ехь бен дац. Шу хьекъале ца хуьлу?

:52

ХIай сан къам! Гечдар дēха шайн Кхиош-кхобучуьнга‚ тIаккха Цуьнга тōба де‚ Цо стигал йоуьйтур шуна шортта догIица‚ шун ницкъана тIе а ницкъаца совдохур ду Цо шу‚ шу дIа ма дерзалаш къинош деш а долуш."

:53

Цара элира: "ХIай ХIуд! Хьо ца веана тхоьга билгалонца‚ тхо ма дац тхан делий д1атосур долуш хьан дош бахьанехь‚ тхо хир дац хьох тешарш.

:54

Оха олу: "Тхан цхьаболчу делаша зулам дина хьуна". Цо элира: "Баккъалла а, ас Дела хIоттаво теш‚ аш тешалла де со аш /Делаца/ накъост лацарх цIена ву алий

:55

И ша /Дела/ воцучух. Мекарло е суна массара а‚ ца еш тIаьхьа ма татталаш со.

:56

Баккъалла а, со Далла тIетевжи‚ сан а‚ шун а Эла волчу. Цхьа а дийнат ма дац Цо шен чIаба лоцур йолушбен. Баккъалла а, сан Кхиош-кхобург нийсачу новкъахь ма ву (нийса бекхам беш ву).

:57

Шу духадовлахь /ас деъначух/ – ас шуьга дIакхачийна шеца со шуьга ваийтинарг. Сан Кхиош-кхобучо тIаьхье шу доцчу /кхечу/ къомана хуьлуьйтур ю‚ аш Цунна цхьана а хIуманца зен дийр дац. Баккъалла а, сан Кхиош-кхобург – массо а хIуманан лардархо ву!"

:58

Тхан гIуллакх деъча‚ Оха кIелхьарбехира ХIуд а‚ цуьнца болу иман диллина хилларш а Тхайгарчу къинхетамца‚ Оха уьш кIелхьарбехира луьрачу Iазапах.

:59

Вуьйш Iадаш бу – шайн Кхиош-кхобучун аяташна инкарло йира цара‚ Цуьнан элчанашна Iеса хилира‚ хIор къарлур воцчу‚ х1ор ницкъ бечу хьолан ден гIуллакхна тIаьхьахIиттира уьш.

:60

/Делан а, маликийн а, массо а нехан а /неIалт хьаьрчира царах хIокху дуьненахь а‚ къематдийнахь а. Хьовсал! Баккъалла а, Iадаша керстаналла ма дина шайн Кхиош-кхобучунна. Хьовсал! Белла бовла и Iадаш‚ ХIудин къам!

:61

Самудашка а церан ваша Салихь /вахийтира Оха/. Цо элира: "ХIай сан къам! Iибадат дейша /цхьана/ Далла-Аллах1ана‚ И воцург кхин дела ма вац шуна. Цо кхиийна шу лаьттах‚ цу чохь дāхийтина шу‚ Цуьнга гечдар деха‚ тIаккха Цуьнга тōба де. Баккъалла а, сан Кхиош-кхобург гергахь а ву‚ жоп луш а ву".

:62

Цара элира: "ХIай Салихь! Хьо ма варий тхуна юккъехь хIокхул хьалха хьох /тхайна т1ехь эла хиларе оха/ догдохуш верг. Ахь тхо духатуху Оха Iибадат дарх тхан дайша Iибадат дечунна. Баккъалла‚ тхо чIогIачу шеконехь ма ду ахь тхо шега кхойкхучух".

:63

Цо элира: "ХIай сан къам! Гой шуна‚ со сан Кхиош-кхобучуьнгара билгалонна тIехь хилча‚ Цо суна шегара къинхетам а белча‚ хьан гIо дийр дара суна Далла дуьхьал‚ со Цунна Iеса хилча? Аш суна сов ца боккху эшама бен.

:64

ХIай сан къам! ХIара Делан эмкал ю шуна делил хилла‚ йиталаш и Делан лаьттахь яжа. Вониг ма делаш цунна - тIаккха кеста хир долчу Iазапо схьалоцур ду шу".

:65

Цара цунна (Дала яийтинчу эмкална) урс хьаькхира. Цо (Салихьа) элира: "Зовкх хьега шайн цIеношкахь кхаа дийнахь. И харц йоцу ваIда ю!"

:66

Тхан гIуллакх деъча, Оха кIелхьарваьккхира Салихь а‚ цуьнца иман диллина хилларш а Тхайгара къинхетамца а, цу дийнан сийсазаллах а. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург нуьцкъала верг а‚ веза верг а ма ву.

:67

Зулам динарш мохьо схьалецира – шайн цIеношкахь /белла/ бертал бегна Iуьйранга бевлира уьш.

:68

Шаьш царна чохь ца лаьттинарш санна. Хьовсал! Баккъалла а, самудаша керстаналла дина шайн Кхиош-кхобучунна. Хьовсал! Белла бовла и самудаш!

:69

Тхан элчанаш (маликаш) баьхкира ИбрахIиме кхаъ боккхуш‚ цара элира: "Салам!". Цо элира: "Салам!"‚ хье ца велира и кхаьрзинчу эсица /хьешашна/ тIе ван.

:70

Цунна гича церан куьйгаш цунна (эсанна) тIе ца кхочуш‚ цо царна инкарлойира‚ и царах кхеравелира. Цара элира: "Ма кхера! Баккъалла а, тхо дахкийтина ЛутIин къомана тIе" /уьш хIаллакбан/.

:71

Цуьнан (ИбрахIиман) зуда (Сарат) яра ирахIоьттина лаьтташ‚ и елаелира. Оха цунна (Саратана) кхаъ баьккхира Исхьакъаца‚ Исхьакъал тIехьахь −ЯIкъубаца.

:72

Цо (Сāрата) элира: "Декъаза ма яла со! Бер до ткъа ас‚ со-х къена зуда ма юй‚ хIара сан майра а къена стаг ма вуй? Ма тамаше хIума ду хIара!"

:73

Цара (маликаша) элира: "Ахь тамаша бо Делан гIуллакхах? Делан къинхетам а‚ Цуьнан беркат а хуьлда шуна тIехь‚ хIай цIийнан охIла! Баккъалла а, Иза хастаме верг а‚ сийлахь верг а ма ву".

:74

ИбрахIимах кхеравалар дIадаьлча‚ цуьнга кхаъ а беъча‚ Тхоьца (Тхан маликашца) къийса волавелира и ЛутIин къам бахьанехь (царна Iазап тIаьхьататтахьара бохуш, иман дилла мегара цара).

:75

Баккъалла а, ИбрахIим собаре а‚ "ахI" дукха баьхнарг а‚ дIавирзинарга ма ву".

:76

ИбрахIим! Дита и‚ Хьан Кхиош-кхобучун омра деана‚ духатохалур доцу Iазап царна догIуш ду.

:77

Тхан элчанаш ЛутIина тIебаьхкича‚ царна сингаттаме хилира иза‚ уьш бахьанехь дог гатделира цуьнан (шен къомо царна зен дан кхоьруш)‚ цо элира: "ХIара хала де ду!"

:78

Цунна тIедеара цуьнан къам (цуьнан къоман нах)‚ сихха цунна тIебирзира уьш /хьешашца ирчаниг леладайта шайга, бохуш/‚ хьалха а хилира уьш къинош деш. Цо (ЛутIас) элира: "ХIай сан къам! Кхузахь сан мехкарий бу‚ уьш мелхо а цIена бу шуна /маре бига/. Делах кхерийша‚ сийсаза ма вейша со сан хьешашкахь! Шух цхьа а нийса стаг вац?!"

:79

Цара элира: "Хьуна хууш ма дара‚ хьан мехкаршкахь тхан гIуллакх дац‚ хьуна ма хаьа‚ тхуна хIун деза".

:80

Цо элира: "Шуьца /къовса/ ницкъ балхьара-кх суна‚ чIогIа гIортор елахьара тIетовжа".

:81

Цара (маликаша) элира: "ХIай ЛутI! Тхо хьан Кхиош-кхобучун элчанаш ду‚ цкъа а хьуна тIекхочур бац уьш. Хьан доьзалца буьйсанан дакъошкахь новкъа вāла‚ юха ма воьрзийла шух цхьа а, хьан зуда а бен. Баккъалла а, цунах кхетар ду царах кхеттарг. Царна тоьхна хан – Iуьйре ю. Гергахь яц ткъа Iуьйре?"

:82

Тхан гIуллакх деъча‚ Оха цуьнан (ЛутIин юьртан) лакхех лахе йира‚ Оха царна тIе бекъачу поппарх тIулгаш делхийтира,

:83

Билгалдаьхна хилла долу хьан Кхиош-кхобучун гергахь. /Массо а/ зуламхойх генахь дац и(иштта таIзар хила). (Хьан къомана генахь ма яц и церан Дала йохийна ярташ, хIай Мухьаммад).

:84

Мадъянашка а церан ваша ШуIайб /вахийтира Оха/. Цо элира: "ХIай сан къам! цхьана Далла – Аллах1ана Iибадат де‚ И воцург кхин дела вац шуна. Юстар а‚ озар а эша ма е. Суна гуш ду шу диканехь‚ со кхоьру шуна го бийр болчу дийнанIазапах.

:85

ХIай сан къам! Кхочушъе юстар а‚ озар а нийсонца‚ ма эшае нахана шайн хIуманаш‚ ма лелалаш лаьттахула, боьханиг даржадеш.

:86

Делан бухадуьсуршдика ду шуна шу муъма/нах/ хиллехь‚ со ма вац шуна тIехь лардархо".

:87

Цара элира: "ХIай ШуIайб! Хьан дино омра до хьоьга тхан дайша шена Iибадат дийриг тхоьга дита, олий‚ я тхан бахамехь тхайна луург дар /дита олий/? Баккъалла а, хьо собаре а‚ нийсачу кхетамехь а ма вуй".

:88

Цо элира: "ХIай сан къам! Гой шуна‚ со хиллехь сан Кхиош-кхобучуьнгара билгалонна тIехь‚ Цо Шегара хаза рицкъ делла суна. Суна ца лаьа шуна хилпало ян ас шуна дихкинчуьнгахь. Со деккъа диканиг лууш ву сайна ма - моггу. Сан кхиам Делаца бен бац. Цунна тIетевжина со. Цунна тIевоьрзу со.

:89

ХIай сан къам! Соьца эгIаро даллане а тIе ма даладойла шуна Нухьан къомана а‚ я ХIудан къомана а, я Салихьан къомана а хилларг. ЛутIин къам а шуна дукха генахь а ма дац.

:90

Шайн Кхиош-кхобучуьнга гечдар деха‚ тIаккха тōба де Цуьнга. Баккъалла а, сан Кхиош-кхобург къинхетаме верг а‚ Шена /Шен халкъ/ дезаш верг а ма ву".

:91

Цараэлира: "ХIай ШуIайб! Ахь дуьйцучух дуккхачух тхо кхеташ ма дац‚ тхо хьо тхайлахь ледара гуш ма ду‚ и хьан гергарнаш бацахьара, Оха тIулгаш диттина хир ма дара хьуна‚ хьо тхуна веза верг а ма вац".

:92

Цо элира: "ХIай сан къам! Ткъа сан гергарнаш беза бу шуна Делал? Аш Иза-м шайн букъа тIехьахь ма витий?! Баккъалла а, сан Кхиош-кхобург аш дийриг /Шен 1илмаца/ чулоцуш ма ву.

:93

ХIай сан къам! Шайна могург де аш‚ аса а дийр ду. ТIаьхьа хуур ду шуна‚ муьлхачуьнга догIур ду и сийсазвеш долу Iазап‚ мила ву харцлуьйриг! Хьежа! Со а шуьца цхьана хьоьжур ву".

:94

Тхан гIуллакх деъча‚ Оха кIелхьарваьккхира ШуIайб а‚ цуьнца иман диллинарш а Тхайгара къинхетамца. Зулам динарш мохьо схьалецира‚ шайн цIеношкахь бертал кхетта Iуьйренга бевлира уьш.

:95

Цигахь ца баьхнарш санна /бисира уьш/. Хьовсал! Белла бовла и мадъянаш‚ Самудаш белла бовларе терра.

:96

Муса вахийтира Оха Тхан аяташца а‚ билгалчу делилаца а

:97

ФирIавне а‚ цуьнан элашка а – ФирIавнан гIуллакхна тIаьхьахIуьттуш бара уьш. ФирIавнан гIуллакх нийса ма дацара!

:98

Шен къомана хьалхавер ву и къематдийнахь‚ цо буьгур бу уьш цIерга. Ма вон чугIойла ю уьш /шена/ чулохкург!

:99

ХIокху чохь (дуьненахь) а неIалт хьаьрчира царах‚ къематдийнахь а. Ма вон совгIат ду-кх и ша лечунна!

:100

Уьш – яртийн хабарех ду‚ Оха дуьйцу уьш хьоьга. Царахлаьтташ ерг ю‚ /ялта санна/ хьаькхнарг а ю.

:101

Оха зулам ца дина царна‚ хIетте а, шаьш шайна зулам дина цара. Шайн Дела а витина, шайга кхойкхуш болчу делаша хIумма а кIелхьар ца даьккхира царах хьан Кхиош-кхобучун гIуллакх деъначул тIаьхьа. Цара тIетуьйхира царна хIаллакхилар.

:102

Иштта ду хьан Кхиош-кхобучун /зуламхой Iазапаца/ схьалацар‚ Ша зуламе йолу ярташ /Iазапаца/ схьалоцуш. Баккъалла а, Цуьнан схьалацар– чIогIа лазош ду-кх.

:103

Баккъалла а, цу чохь делил ма ду ша эхартан Iазапах кхийринчунна‚ и де ду шена тIе нах гулбийр долу‚ и де ду ша гур долу.

:104

Оха тIаьхьатоттур ма дац и ягарйинчу ханна бен.

:105

И де деъча, сино къамел дийр дац Цуьнан пурбанца бен. Царах декъазниг а хир ву‚ ирсениг а хир ву.

:106

Дакъазабевлларш – уьш цIергахь хир бу‚ царна цигахь тийжамаш а‚ угIарш а ду.

:107

Гуттар лаьттар болуш бу уьш цу чохь, стигланаш а, латта а мел ду‚ хьан Кхиош-кхобучунна ма луъу. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург гуттар деш ма ву Шена луург.

:108

Амма ирсе хилларш – бешахьхир бу‚ цу чохь гуттар лаьттар болуш бу уьш, стигланаш а‚ латта а мел ду‚ хьан Кхиош-кхобучунна ма луъу‚ ша хадалур доцу совгIат хилла.

:109

Хьо шеконехь ма хилалахь хIокхара Iибадат дечух. Цара Iибадат деш ма дац хьуна хьалха шайн дайша ма-дарра бен. Баккъалла а, Оха царна кхачор ма ду шайн /Iазапан/ дāкъа, ца эшадеш.

:110

Мусага жайна делира Оха‚ цу чохь а цхьаьнацадарш хилира церан. Хьан Кхиош-кхобучуьнгара дош хьалха ца даьллехьара, царна юккъехь кхиэл йина хир яра. Баккъалла а, уьш оцунах шеконан шекона чохь ма бу.

:111

Баккъалла а, хIоранна хьан Кхиош-кхобучо банне а бекхам бийр бу шайн Iамалашца. Баккъалла а, Иза цара дийриг дика хууш верг ву.

:112

Нисло‚ хьайга омра ма ди‚ хьо а, хьоьца цхьана ша тōба динарг а‚ /Делан дозанех/ тIех ма довла. Баккъалла а, Иза аш дийриг гуш ма ву.

:113

Зулам диначарна тIе ма тийжа – цIаро схьалоцур ду шу‚ Дела воцург доладийраш бац шуна‚ тIаккха шуна гIо дийр дац.

:114

Ламаз хIоттаде дийнан шинна юьхьехь а‚ буьйсанах а дийнан герга долчу сахьташкахь. Баккъалла а, дикчу Iамалша дIайоху вон Iамалш. Иза – дагадаийтар ду дагадогIучарна.

:115

Собар де‚ баккъалла а, Дала эша ца йо дика Iамалш ечеран ял.

:116

Ма ца хилира шул хьалха хиллачу тIаьхьенах бухадуьсучундай‚ шаьш /нах/ духатухуш лаьттахь дечу боьхачух, Оха шаьш царах кIелхьарбаьхначарах цхьа кIеззиг берш бен. Зулам динарш тIаьхьабезира шайна делла хиллачу /хазчу/ хьолана‚ уьш хилира къинош деш берш.

:117

Хьан Кхиош-кхобург ца хилира зуламца ярташ хIаллакьеш, церан бахархой дика Iамалш еш а болуш.

:118

Хьан Кхиош-кхобучунна лиънехьара‚ нах цхьана умматах хилийтина хир бара Цо. Уьш дIа ца тила тайп-тайпана хуьлучух

:119

Хьан Кхиош-кхобучо шех къинхетам бийнарг бен. Оцуьнан (къинхетаман)дуьхьа Цо уьш кхоьллина. Кхочушхили хьан Кхиош-кхобучун дош: "Юззане а юзур ю Ас жоьжахати /шайт1анна т1аьхьах1иттинчу/ жинех а‚ нахах- массарех а"‚−аьлла долу.

:120

Дерриг а дуьйцу Оха хьоьга элчанийн хабарех хьан дог шеца Оха чIагIдеш дерг. Цу чохь деана хьоьга бакъдерг а‚ хьехам а‚ муъманахана дагадаийтар а.

:121

Ахь āла цатешачаьрга: "Шайн 1амал е шайн новкъахь, Оха а йийр ю /тхан 1амал тхан новкъахь/.

:122

Хьовса‚ тхо а хьовсур ду!

:123

Делан ю стигланийн а‚ лаьттан а къайле. Цуьнга дIадоьрзу массо а гIуллакх‚ Цунна Iибадат де‚ Цунна тIетовжа. Хьан Кхиош-кхобург тергал ца деш вац аш дийриг.