Дерриге а Исламан библиотека

10 - Jonah - Yūnus .

:1

Алиф-ла-м-ра. Хьикматедолчу жайнан аяташ ду хIорш.

:2

Тамаше хилла-те нахана, Оха царах цхьана стаге Тхешан ваьхьа доссор нахана кхерам таса а‚ ийман диллиначарна кхаъ баккха а, царна шайн Кхиош-кхобучунна гергахь шаьш хьалха йина хиллачу дика Iамалийн дуьхьа доккха диканиг ду‚ алий? Керстанаша ма элира: "Баккъалла а, хIара билггала бозбуунча ма ву".

:3

Баккъалла а, шу Кхиош-Кхобург Дела ву‚ Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллина волу ялх дийнахь‚ тIаккха дIанисвелира И Iарша тIехь. Урхалла до Цо (гIуллакхашна т1ехь). Цо пурба деллачул тIаьхьа а бен цхьа а гIодаккхархо ма вац. И ву шун Дела‚ шун Кхиош-Кхобург‚ Цунна Iибадат де. Аш ойла ца йо?

:4

Цуьнга ду шун массеран дIадерзар Делан бакъ йолчу ваIдаца. Баккъалла а, Цо кхоллар доладо‚ тIаккха и карладоккху ийман диллинчарна а‚ дика Iамалш йиначарна а нийсонца бекхам бархьама. Керстанаш-м – царна кхехкаш долу хих малар а ду‚ лазош долу Iазап а ду шаьш /дин/ керстадеш хиларна.

:5

И ву Ша малх бина серло хилла‚ бутт а бина нур хилла‚ цуьнан (беттан) барам а хIоттийна – манзалаш‚ шуна шерийн терахь а‚ хьесап а хаийтархьама. Бакъонца а бен ца кхоьллина Дала и. Къастадо Цо аяташ /ойла ян/ хуучу къомана.

:6

Баккъалла а, буьйса а‚ де а хийцадаларехь‚ Дала стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел кхоьллинчохь /и Дела цхьаъ хилар, И нуьцкъалла хилар гойтуш долу/ делилаш ма ду /Делах/ кхоьручу къомана.

:7

Баккъалла а, Тхуна дуьхьалкхетаре дог ца дохуш берш а‚ шаьш гергарчу дахарна (дуьненна) реза хилла берш а‚ цуьнца са-паргIат бевлла берш а‚ Тхан аяташна гIопалхилларш а‚–

:8

Уьш бу шайн чугIойла /жоьжахатин/ цIе ерш шаьш карадеш хиллачуьнца.

:9

Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – шайн Кхиош- Кхобучо (Дала) нисбийр бу уьш шайн /ц1ена/ ийман хилар бахьанехь /ялсаманин новкъа/ - церан бухахула хиш оьхуш, шаьш На1им олучу ялсаманин бошмашкахь болуш.

:10

Церан доIа цу чохь (ялсаманехь): "Везан Дела‚ вонах цIена ву Хьо" хир ду‚ церан маршалла цигахь "Салам" хир ду. Церан тIаьхьара доIа хир ду: "Хастам бу Далла – Iаламийн Дена".

:11

Дала нахана вониг сихдинехьара диканецеран сихбаларца – шайн Iожалла царна тIекхаьчна хир яра. Оха буьту Тхуна дуьхьалкхетаре дог ца дохуш берш, шайн тиллар чохь б1аьрзе дIай-схьай уьдуш.

:12

Адамо, шех цхьа бāла хьакхабелча, Тхоьга кхойкху шен агIонна тIехь 1уьллуш‚ я охьахиъна, я хьалагIаьттина. Оха ша оцу бāлех хьалхадаьккхича – дIадолало /шен хьалахалерачу новкъа –Далла 1есалла ян/, шех хьакхабеллачу бāлане Тхоьга ца кхайкхича санна. Иштта хаздина /Делан/ дозанех бовлучарнашаьш деш хилларг.

:13

/ Мел дукха/тIаьхьенаш хIаллакйина Оха шул хьалха цара зуламаш дича‚ шайн элчанаш баьхкира царна тIе билгалонашца‚ – уьш ца хилира ийман дуьллуш. Иштта бекхам бо Оха къинош дечу къомана.

:14

ТIаккха шу хилийтира Оха царал тIаьхьа лаьттахь тIаьхье, Тхо хьажархьама, аш муха 1амал йо.

:15

Тхан билгала аяташ шайна тIехь дешча‚ Тхуна дуьхьалкхетаре дог ца дохучара элира: "ХIара доцург кхин дешарло‚ я и хийца". Ахь āла: "Сан и хуьйцийла дац сайггара‚ со деккъа сайга дуссуш долчу ваьхьина тIаьхьавозуш ву. Со кхоьру сан Кхиош-Кхобучунна Iеса хила сийлахь-доккхачу /къемат/дийнан Iазапах".

:16

Āла: "Далла лиънехьара‚ ас шуна доьшур ма дацара и‚ Цо (Дала) шуна Iамора ма дацара и‚ ас шуна юккъехь цул хьалха а цхьа оьмар ма ехьна. Аш ойла ца йо?”

:17

Мила ву-те зуламе ша Далла тIе харцдерг кхуллучул‚ я Цуьнан аяташ харцдечул? Баккъалла а, къинош деш берш баккхийбийр ма бац.

:18

Цара Iибадат до, Дела а вуьтий, шайна зен а‚ шайна пайда а цабечунна. Цара олу: "ХIорш бу тхан гIодаккхархой Далла гергахь". Ахь āла: "Аш дуьйцу Деле Цунна Шена стигланашкахь а‚ лаьттахь а цахуург?" Вонах цIена ву Иза‚ лакхавели И цара Шеца накъост лацарх.

:19

Ма ца хилла нах цхьа уммат бен, – тIаьхьа бекъабелира уьш. Хьан Кхиош-Кхобучуьнгара дошхьалха ца даьллехьара, царна юкъахь кхиэл йина хир яра Цо, цара шеца хилпалоечохь.

:20

Цара олу: "Шен Кхиош-Кхобучуьнгара делилдоьссинехьра цуьнга". Ахь āла: "Хьуламехь дерг Делан ду‚ шу хьовсуш Iе‚ баккъалла а, со а шуьца цхьаьна хьовсучарах ву".

:21

Оха нахекъинхетамах чам баккхийтича, уьш зено схьалаьцначул тIаьхьа, − церан мекарло хуьлу Тхан аяташкахь. Ахь āла: "Дела мелхо а сиха ву /мекарлона дуьхьал/ мекарло ярца". Баккъалла а, Тхан элчанашадIаязъеш ю аш еш йолу мекарло.

:22

И ву шу дIасалелош аренгахь а‚ хIорда тIехь а. Шу кемана т1ехь долуш, И дIадоьду цаьрца хазчу махца‚ уьш баккхийбина цунах. ЧIогIа мох богIу цуннатIе‚ царна йогIу массо а меттигера тулгIе‚ царна моттало цо шаьш юкъахьарчадо. Деле кхойкху цара, Цуьнан дин цIандеш берш а хуьлий: "Ахь тхо хIокхунах к1елхьардахахь‚ тхо баркалла олучарах хир ма ду"‚− бохуш.

:23

Цо уьш к1елхьарбаьхначул тIаьхьа цара лаьттахь боьханиг леладо цхьа а бакъо йоцуш. ХIай нах! Шун боьханиг шуна шайна ду шуна. Дуьненан дахаран /кIеззиг/ хIума ду иза. ТIаккха шун дIадерзар Тхоьга ду – Оха дуьйцур ду шуьга аш деш хилларг.

:24

Дуьненан дахаран масал Оха стиглара даийтинчу хих тера ду: цунах ийра наха а‚ бежанаша а юучех лаьттан орамат. Лаьтто цуьнан заза эцча (и орамат хаза кхиъча)‚ хаздича‚ цуьнан дайшна шаьш цунна тIехь ницкъ кхочуш ду (пайда эца)‚ аьлла хааделча, буса я дийнахь Тхан болхкхочу цунна тIе – Оха хилийти цунах /хьаькхна охьадиллина/ ялта – селхана цахилларг санна – иштта къастадо Оха аяташ ойла еш долчу къомана.

:25

Дала кхойкху машаран цIачу‚ нисво Шена луург нийсачу новкъа.

:26

Дика хиллачарна дика ду – /ялсамани/‚ кхин совдерг хир ду /къематдийнахь–Делан юьхь гар/‚ церан яххьех чан летар яц‚ сийсазалла а /летар яц/. Уьш – ялсаманин дай бу‚ цу чохь шаьш гуттар а хир болуш.

:27

Вониг диначарна бекхам и санна вониг ду‚ сийсазалла летар ю царах. Ма вац царна Делера и духатухур верг. Шайн яххьаш буьйсанан бодане кийсигашца хьулйиначарах тера бу уьш. Уьш цIеран дай бу‚ цу чохь гуттар а хир болуш.

:28

Оцу /къемат/дийнахь Оха уьш берриге а гулбийр бу‚ /Делаца/ накъост лаьцна хиллачаьрга эр ду: "ДIалаца шайн меттиг аша а‚ шун накъосташа а". Церан юкъаметтиг хадийра Оха. Церан накъосташаэлира: "Шу ца хилла тхуна Iибадат деш‚

:29

Дала кхачойира теш хилла тхуна а‚ шуна а юккъехь: баккъалла а, тхо хилла аш тхуна Iибадат дарх гIопал".

:30

Цигахь бāла кхечира массо а синан ша хьалха динчуьнца. Уьш дIаберзийра Деле‚ шайн хьакъ-бакъ верас хилла волчу‚ царах дIатилира цара /харц/ кхуллуш хилларг.

:31

Ахь āлал: "Мила ву шуна рицкъ луш верг стиглара а‚ лаьттара а? Я мила ву дōладеш лерсих (хазарх) а‚ бIаьрсих а‚ мила ву дийна верг веллачух схьавоккхуш‚ велларг дийначух схьавоккхуш‚ мила ву дIахьош гIуллакхаш?" Цара эр ду хьуна: "Дела ву-кх". ТIаккха ахь āла: "Шу ца кхоьру /Цунах/?"

:32

И ву Дела – шун хьакъ-бакъ волу Эла. ХIун ду ткъа бакъдолчул тIаьхьа тилар бен? ТIаккха а ма дIадерзош ду шу!

:33

Иштта бакъхилира хьан Кхиош-Кхобучун дош фасикъ нахана тIехь, уьш тешар болуш бац аьлла долу.

:34

Ахь āла: "Шун накъостех вуй ша кхоллар юьхьанца д1адолош верг‚ тIаккха и карладоккхуш верг?" Āла: "Дала д1адоладо кхоллар‚ тIаккха и карладоккху. Ма талхош ду-кх шу (бакъдолчух)!"

:35

Āлал: "Шун накъостех вуй ша бакъдолчунна тIе нисбеш верг?" Āла: "Дала нисбо бакъдолчунна тIе". Ткъа ша бакъдолчунна тIе /нах/ нисбеш верг хьакъ вац шена тIаьхьахIотта‚ я ша нис ца беш верг ву, ша /цхьаммо/ нисвахь бен? Ткъа шуна хIун хилла? Аш муха хьукма до?!

:36

Царах дукхахберш моттадаларна а бен тIаьхьахIуьттуш ма бац. Баккъалла а, моттадаларо бакъдолчух хIумма а кIелхьар ца доккху (баккъалла а, мотталуш дерг бакъдолчунна дуьхьал хIумма пайдане ма дац). Баккъалла а, Дела хууш ву цара деш дерг.

:37

ХIара Къуръан ца хилла кхолладала /тарлуш/ Дела воцчуьнгара‚ делахь а, нийса догIуш ду и шел хьалха хиллачуьнца‚ шен чохь шеко йоццуш Iаламийн Дегара жайна (Мухьаммадан умматана т1едихкина декхарш) билгалдаккхар а ду и.

:38

Я цара олу: "Цо/ша/ кхоьллина и /Къуръан/"? Аш даийтал цунах тера цхьа сурат‚ кхайкха Дела воцчуьнга шайга кхайкхалучуьнга /кхечу г1оьнчашка/‚ шаьш бакълуьйш хиллехь.

:39

Х1аъ, харцдира цара (Маккан керстанаша) и (Къуръан) шаьш и дика довза а кхиале‚ шен таъвил ахIинцале шайга ца кхаьчна долу. Иштта харцдира царал хьалха хиллачара а. Хьажал‚ муха хилла зуламхойн тIаьхье!

:40

Царах цунах тешаш берш а бу‚ царах цунах ца тешаш берш а бу. Хьан Кхиош-Кхобург дика бевзаш ву хьуна /х1ума/ талхош берш.

:41

Хьо цара харцвахь‚ ахь āла: "Суна сайн Iамал ю‚ шуна шайн Iамал ю. Шу цIена ду ас дечух‚ со цIена ву аш дечух".

:42

Царах хьоьга ладугIуш берш а бу. Ахь хозуьйтур дара къорачарна, цу тIе а уьш хьекъале а ца хилча?

:43

Царах хьоьга хьоьжуш верг а ву. Ахь нисбийр бара бIаьрсадоцурш, цу тIе а уьш са гуш а ца хилча?

:44

Баккъалла а, Дала зулам ца до нахана цхьана а хIуманца‚ делахь а, наха шаьш до шайна зуламаш.

:45

Цхьана /къемат/ дийнахь Цо уьш гулбийр бу‚ шаьш /дуьненахь/ дийнан цхьана сохьтехь а бен ца 1ийнарш санна‚ вовшашна бевзар бу уьш – тIаккха ийшира шаьш Далла дуьхьалкхетар харцдинарш. Ца хилира уьш нисбелла.

:46

Я Оха гойтур ма ду хьуна Тхаьш царна ваIда ечух цхьадерг (Iазап)‚ я Оха волуьйтур ма ву хьо /царна Iазап дале/. Тхоьга дуцеран дIадерзар – цул т1аьхьа Дела теш ма ву цара деш долчунна.

:47

ХIор умматан элча ву. Шайн элча веъча, кхиэл йийр ю царна юккъехь нийсонца‚ царна зулам дийр дац.

:48

Цара олу: "Маца кхочушхир ю и ваIда, шу бакълуьйш хиллехь?"

:49

Ахь āла: "Ас дола ца до сайна зенна а‚ пайденна а (сан карахь дац сайна зе дар а, пайда бар а), Далла ма луъу бен. ХIор умматна тоьхна хан ю‚ и шайн хан тIекхаьчча – цхьа сахьт тIаьхьабуьсур а бац уьш‚ / цхьа сахьт/ хьалхабевр а бац".

:50

Āла: "Дийцал аш суна: Цуьнан Iазап шайга буса я дийнахь деъча‚ оцунах хIун сихдан луур дара къинош деш болчарна?

:51

ТIаккха иза хIоьттича, тешар дара шу цунах? ХIинций? Шу ма дарий и сихдала лууш /хьалха/."

:52

ТIаккха эр ду зулам диначаьрга: "Iовша шайна гуттаренан Iазап. Бекхам хир буй шуна ткъа аш карадеш хиллачуьнца а бен?"

:53

Хьоьга доьху цара (цунах лаьцна) хаийтар: "Бакъ дуй и?" Ахь āла: "ХIаъ‚ сан Кхиош-кхобучуьнца (дуй боу ас), бакъ ду-кх и! Шуьга дайдалур дац иза".

:54

ХIор зулам динчу синна (адамна) лаьттахь мел дерг шен хилча а – и дIалур дарацо‚ хьулдийр цара дара дохкодовлар, шайна Iазап гича. Царна юккъехь нийсонца кхиэл йина. Царна зулам дийр дац.

:55

Шуна хаийла баккъалла а, стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг Делан дуйла! Шуна хаийла Делан ваIда хьакъ-бакъ юйла! Делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх.

:56

Цо дендолуьйту‚ Цо долуьйту‚ Цунна тIе шу дIадерзор долуш ду.

:57

ХIай нах! Шуьга беана шун Кхиош-Кхобучуьнгара хьехам а‚ дегнашкахь долчунна дарба а – муъмин нахана нийса некъ а‚ къинхетам а.

:58

Āла: "Делан коьмаьршаллица‚ Цуьнан къинхетамца – Цуьнца баккхийбер уьш – иза мелхо а дика ду царна шаьш гулдечул".

:59

Ахь āла: "Хьовсал шу‚ хIун доссийна Дала шуна (Шен) рицкъанах! Аш цунах хьарам дерг а‚ хьанал дерг а дира". Āла: "Дала пурба делира шуна‚ я шу Далла тIехь харцдерг кхуллуш ду?"

:60

ХIун ду техьа Далла тIехь харцдерг кхуллучарна моьттург къематдийнахь? Баккъалла а, Дела къинхетам болуш ву нахана тIехь‚ делахь а, царах дукхахболчара баркалла ца олу.

:61

Хьо (пайхамар) хир вац цхьана а гIуллакхехь а‚ ахь доьшур дац цунахцхьа а дешара‚ аш йийр яц цхьа а Iамал а Тхо шайна тIехь тешаш долуш бен‚ шу цу чохь а дуьсуш. Хьан Кхиош-Кхобучух къайладер дац мискъалзаррат(х1ума) лаьттахь а‚ стиглахь а‚ цул жиманиг‚ доккханиг – билгалчу жайнахьдолуш бен.

:62

Тидаме эца! Баккъалла а, Делан доттагIий–кхерам а хир ма бац царна /эхартахь Делан 1азапах/‚ уьш сингаттаме а хир ма бац /шайх д1атиллачу дуьненан хьолах/.

:63

Уьш бу ийман диллинарш‚ /Делах/ кхоьруш хилларш (Цо бохург деш, ма де бохург ца деш) –

:64

Царна кхаъ бу дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а. Делан дешнашна хийцадалар дац. Иза – сийлахь-боккха толам бу.

:65

Церан /керстаналлин/ дашо сингаттаме ма войла хьо, – баккъалла а, ерриге сийлахьалла Делан ю. И хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву.

:66

Тидаме эца! Баккъалла а, Делан бу стигланашкахь а‚ лаьттахь а берш. Стенна тIаьхьахIуьттуш бу Дела воцчу /кхечу/ накъосташка кхойкхуш берш? Уьш тIаьхьахIуьттуш ма бац деккъа моттадаларна бен‚ уьш ма бац харцлуьйш а бен.

:67

И ву шуна буьйса йинарг, цу чохь шуьга сада1ийта‚ де а /динарг/, цу чохь /шуна хIуманаш/ ган. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду хезаш долчу къомана.

:68

Цара элира: "Дала доьзалхо лаьцна (вина)". Вочух цIена ву Иза! И хьал долуш верг ву. Цуьнан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь мел дерг. Цуьнца (цу хьокъехь) цхьа а делил дац шун! Далла тIехь шайна цахуург дуьйцу аш?

:69

Ахь āла /хIай Мухьаммад/: "Баккъалла а, Далла тIехь харцдерг кхуллуш берш баккхийбийр бац".

:70

Дуьненан (цхьа к1еззиг) марзо ю /цара пайда оьцуш ерг/‚ тIаккха церан дIадерзар Тхуна тIе ду‚ тIаккха Оха Iовшуьйтур ду цаьрга чIогIа Iазап уьш ца тешаш хиларна.

:71

Дийца царна Нухьан хабар‚ цо шен къоме ма элира: "ХIай сан къам! Нагахь санна шуна хала хиллехь сан /шуьца/ Iар а‚ ас Делан аяташ хьехадар а – со Далла тIетевжина. Вовшахтоха шайн гIуллакх а, шайн накъостий а‚ цул тIаьхьа шун гIуллакх шуна ма хуьлийла сингаттаме. ТIаккха суна шайн кхиэл е‚ хан т1аьхьа ма татталаш (и ца еш).

:72

Шу дIадерзахь /сох/ – ас шуьга цхьа а мах ца бехна‚ сан мах Делехь бен бац. Суна омра дина бусалбанехцхьаъ хила"‚− аьлла.

:73

Цара и харцвира‚ тIаккха Оха иза а‚ цуьнца берш а кIелхьарбехира кеманна чохь‚ Оха хилийтира царах тIаьхье‚ Тхешан аяташ харцдинарш хина бухабахийтира Оха. Хьажал‚ муха хилла шайна /элчанаша/ кхерам тосучеран тIаьхье!

:74

ТIаккха цул тIаьхьа Оха бахийтира элчанаш шайн къаьмнашка‚ уьш баьхкира царна тIе билгалонашца – уьш (элчанаш шайна т1ебаьхкинарш) ца хилира (х1инца а) тешар болуш шаьш хьалха харцдинчух. Иштта мухIар тоьхна Оха /Делан/ дозанех бевлачеран дегнашна.

:75

ТIаккха царал тIаьхьа Муса а‚ ХIарун а вахийтира Оха ФирIавнна а‚ цуьнан элашна а тIе Тхешан аяташца – цара куралла йира‚ уьш хилира къинош деш долу къам.

:76

Тхоьгара бакъдерг шайга деъча‚ цара элира: "Баккъалла а, хIара билггала бозбуунчалла ма ду".

:77

Мусас элира: "Бакъдолчунна, и шайга деъча, /иштта/ олу аш? Бозбуунчалла ду хIара? Бозбуунчаш баккхийбийр ма бац".

:78

Цара элира: "Хьо веана тхуна тхешан дай шена тIехь тхуна карийначух тхо дIадерзо /деккъа/ шу- шиннахилийтархьама лаьттахь сийлалла? Тхо шушиннах а тешаш ма дац".

:79

ФирIавна элира: "Суна тIе валаве хIора говза мел волу бозбуунча".

:80

Бозбуунчаш баьхкича, Мусас цаьрга элира: "Кхосса шаьш кхуссуш ерг".

:81

Цара кхоьссича‚ Мусас элира: "Аш шайца деана дерг бозбуунчалла ду. Баккъалла а, Дала дойур ду иза. Баккъалла а, Дала ца тойо /х1ума/ талхош болчеран Iамал.

:82

Бакъдерг бакъхуьлуьйту Дала Шен дешнашца‚ къинош дечарна и мел ца дезахь а".

:83

Мусах ца тийшира цуьнан къомах цхьа зуьрриетбен, ФирIавна а‚ цуьнан элаша а шаьш питане лацархкхерарна. Баккъалла а, ФирIавн лакхаваьлла лаьттахь /зуламаш деш/. Баккъалла а, и /Делан ниIматах/ кхоам цабечарах ву.

:84

Мусас элира: "ХIай сан къам‚ шу хиллехь Делах тешна – Цунна тIетовжа‚ шаьш (Цунна) муьтIахь дерш делахь".

:85

ТIаккха цара элира: "Далла тIетевжина тхо. Веза волу Тхо Кхиош-Кхобург‚ тхо ма хилийталахь зуламе къомана питана.

:86

КIелхьардахалахь тхо Хьайн къинхетамца керста къомах".

:87

Мусага а‚ цуьнан веше (ХIаруне) а Оха хаийтира ваьхьицаашшиммо а шаьшшиннан къомана Мисрахь х1усамаш а лаца, шайн х1усамех къилба а хилийта‚ ламаз а хIоттаде‚ кхаъ а баккха муъмин нахе‚ аьлла.

:88

Мусас элира: "Веза волу тхо Кхиош-Кхобург‚ ФирIавнна а‚ цуьнан элашна а дуьненан дахарехь хазалла а‚ бахам а белла Ахь, тхан Кхиош-кхобург, уьш тилабалийтархьама Хьайн некъах. Веза волу тхо Кхиош-Кхобург‚ байа церан бахам а‚ къиза де церан дегнаш а - уьш тешар болуш бац шайна лазош долу Iазап ца гича".

:89

Цо (Дала) элира: "ШушиннандоIина жоп делла‚ нийса хила шушиъ‚ тIаьхьа ма хIитталаш ца хууш болчеран новкъа".

:90

Оха хIорда дехьа бехира Исраилан кIентий. Царна тIаьхьа бевлира ФирIавн а‚ цуьнан бIо а хьогIаций‚ мостагIаллиций. /ХIорда/ бухавахар шена т1екхиъча‚ цо (ФирIавна ша хьорда буха воьдуш) элира: "Со тийши кхин Дела цахиларх, Шех Исраилан кIентий тешнарг бен‚ со муьтIахь болчарах (бусалба нахах) ву-кх".

:91

ХIинций? Хьалха-м Iесалла ма йира ахь‚ хьо ма хилира /нах Делан динах/ талхочарах.

:92

Тахана Оха кIелхьарвоккхур ву хьо хьайн дегIацахьол тIаьхьа богIучарна делил хилийтархьама. Баккъалла а, нахах дукхаберш Тхан аятех гIопал ма бу.

:93

Оха охьаховшийра Исраилан кIентий /бāха/ тоьлаш йолччу меттиге‚ цIенчух рицкъ а делира царна‚ /дин бахьанехь/ хилпало ца йуьйжира царна юкъа шайга Iилма кхаччалц. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучо кхиэл йийр ю царна юккъехь къематдийнахь уьш шеца хилпало еш хиллачохь.

:94

Хьуо шеко йолуш хилахь Оха хьайга доссийначух‚ ахь хаттал хьайл хьалха жайна доьшуш болчаьрга. Хьоьга деана хьан Кхиош-Кхобучуьнгара бакъдерг‚ хьо хиланне а ма хилалахь шеко ечарах.

:95

Хьо хиланне а ма хилалахь Делан аяташ харцдеш болчарах – тIаккха хьо хир ву эшначарах.

:96

Баккъалла а, шайна тIехь хьан Кхиош-Кхобучун дошбакъ хилларш тешар бац

:97

Шайга массо а делил деъча а‚ шайна лазош долу Iазап галлац.

:98

/Оха хIаллакйинчу яртех/ цхьа а юрт хиллий шена /Iазап гиначул тIаьхьа/ ийман диллича – цу иймано шен пайда бина, деккъа Юнусан /юьртан/ къам бен? Оха д1аайдира царах дуьненан дахарехь сийсазаллин Iазап‚ бахам белира царна цхьана ханна.

:99

Хьан Кхиош-Кхобучунна лиънехьара, ийман диллина хир дара массо а лаьттахь мел волчо. Ткъа хьоьга ийман диллийталур дарий нахе /царна ца луушехь/?

:100

Ца хилла синна (адамна) ийман диллар Делан пурбанца а бен. Ойла ца еш болчарна рижс (та1зар) хуьлуьйту Цо.

:101

Ахь āла /цу хьайга Дела цхьаъ хиларан делилаш гайта бохучу мушрикашка/: "Хьовсал! ХIун ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а?/мел дукха Дела цхьаъ хиларан делилаш ду цигахь – малх, бутт...!/ Хьалхадоккхур ма дац /Iазапах/ аяташа а‚ кхерамаш туьйсучара атешаш доцу къам".

:102

Уьш хьовсур буй шайл хьалха баханчеран деношка санна а бен? Ахь āла: "Хьовса‚ со а шуьца цхьана хьовсучарах ву".

:103

ТIаккха Оха кIелхьарбохур бу Тхайн элчанаш а‚ ийман диллинарш а. Иштта хьакъхилла Тхуна: Оха кIелхьарбохур бу муъмин нах.

:104

Ахь āла /хIай Мухьаммад/: "ХIай нах! Шу хиллехь шеконехь сан динах‚ ас Iибадат дийр дац Дела воцчу аш Iибадат дечарна‚ делахь а, ас Iибадат дийр ду Далла‚ шу а долуьйтуш волчу. Суна омра дина со муъмин нахах хила‚ аьлла.

:105

Хьайн юьхь хIоттае динна тIе догцIена‚ хьо хиланне а ма хилалахь мушрикунех‚ аьлла.

:106

Ахь ма кхайкхалахьДела воцчу хьайна пайда а‚ зен а ца дечуьнга‚ ахь и дахь – тIаккха, баккъалла, хьо хир ма ву зуламхойх"‚− аьлла.

:107

Дала зенаца хьо схьалацахь – и д1айдендерг вац хьуна И ша воцург. Хьуна диканиг Цунна лаахь – Цуьнан къинхетам бухатухург вац хьуна. И кхачадо Цо Шен лех Шена луучунна. И гечдеш верг а ву а‚ къинхетаме верг а ву.

:108

Ахь āла: "ХIай нах! Шуьга деана бакъдерг шун Кхиош-кхобучуьнгара: нисвелларг – шена нисвелла ву‚ тилавелларг – шена тилавелла ву. Со шуна тIехь векал а вац".

:109

Хьайга ваьхьица хаийтинчунна тIаьхьахIотта хьо‚ собар де Дала хьукма даллац. И – хьукма /нийса/ дечарах диканиг ву.