Дерриге а Исламан библиотека

98 - The Clear Proof - Al-Bayyinah .

:1

Ца хилира жайнан охIлах а‚ мушрикунех а болу керстанаш д1атилаш /шаьш тIехь хиллачу керста динах/ шайга къеггина делил далц−

:2

Делера элча (Мухьаммад пайхамар)‚ ша дуьйцуш /царна/ цIена долу хьарчораш.

:3

Царна чохь мехала долу яздинарш а (аяташ,хьукамаш) долуш.

:4

Шайга жайна доссинарш бекъа ца белира шайга къеггина долу делилдеъначул тIаьхьа а бен‚

:5

Цаьрга омра-м ца динера /деккъа/ Далла Iибадат де аьлла а бен‚ шаьш Цунна дог ц1ена хуьлуш _/дечу/ 1ибадатехь, бакъ долчунна (ИбрахIиман а‚ Мухьаммадан а динна) тIе тижаш‚ ламаз хIоттаде‚ закат ло аьлла бен. Иза ду нийса долу дин.

:6

Баккъалла а, жайнан охIлах а‚ мушрикунех а болу и керстанаш жоьжахатин цIергахь хир бу‚ гуттар цу чохь лаьтташ. Уьш вон халкъ ду-кх.

:7

Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а − уьш дика халкъ ду-кх!

:8

Церан бекхам шаьш Кхиош-кхобучун гергахь Iадн цIе йолчу ялсаманин бошмаш ю-кх‚ шайн бухахула оьхуш хиш а долуш‚ цу чохь уьш гуттар лаьтташ. Дела реза хили царна‚ уьш а хили Цунна реза. Иза ду ша Кхиош-кхобучух кхоьруш хиллачунна дерг.