All Islam Directory
1

Цара хьоьга хоьтту/хIай Мухьаммад/ хIонсах лаьцна‚ ахь āла: "ХIонс Делан а‚ элчанан а ю". Шу Делах кхера‚ вовший юккъехь маслахьат а де‚ муьтIахь хила Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ шаьш хиллехь тешаш дерш (муъмин нах).

2

Баккъалла а, тешаш берш (муъмин нах) бу Дела хьехийча, шайн дегнаш кIадлуш берш‚ шайна тIехь Цуьнан аяташ дешча, ийманца совбуьйлуш берш‚ шайн Кхиош-кхобучунна тIетевжаш берш.

3

Ишттанаш бу уьш шаьш ламаз а хIоттош‚ Оха шайна деллачу рицкъанах /Делан новкъахь/ харжаш а еш.

4

Уьш бу хьакъ-бакъ болу тешаш берш (муъмин нах)‚ царна шайн Кхиош-кхобучунна гергахь даржаш ду‚ гечдар ду‚ шортта рицкъ а ду.

5

Хьан Кхиош-кхобучо хьо бакъонцахьайн цIа чуьра араваккхаре терра‚ тешаш болчех (муъмин нахах) цхьа тоба чIогIа ца лууш ма ю/гIазот дан/.

6

Хьоьца къуьйсуш бу уьш бакъдолчуьнгахьи билгалдаьллачул тIаьхьа‚ шаьш Iожаллина тIе лоьхкуш санна, шаьш хьоьжуш а лаьтташ.

7

Дала шуьца ваIда йо: шина тобанахцхьаъ шун ю, олий. Шуна дезаш ду герз доцург шайна хуьлийла‚ Далла лууш ду бакъдерг чIагIдан а Шен дешнашца‚ цатешачеран тIаьхье хадон а.

8

Бакъдерг чIагIдархьама а‚ харцдерг дIатилорхьама а, къинош дечарна /и мел/ ца дезахь а.

9

Аш шайн Кхиош-кхобучуьнга гIо доьхура. Цо шуна жоп делира: "Ас шу чIагIдийр ду эзар вовшашна т1ехьа-т1ехьахь лаьттачу маликашца"‚− аьлла.

10

И ца дира Дала кхаъ хилла а бен‚ шеца шун дегнаш паргIатдахархьама а бен. ГIо дац Делера а бен. Баккъалла а, Дела веза верг‚ хьукма нийса деш верг ву.

11

Дагадаийта: Цо шуна тIетесира наб озор, шуна Шегара сапаргIато хилла‚ доссадора шуна тIе стиглара хи (догIа), шеца шу цIандархьама‚ шайтIанан вас-васал шух дIаяккхархьама‚ шун дегнаш сацорхьама (собарца а‚ бакъдолчуьнца а)‚ шун когаш цуьнцачIагIбархьама.

12

Дагадаийта: хьан Кхиош-кхобучо хаийтира маликашка, Ша шуьца ву, аьлла‚ чIагIбе ийман диллинарш. Ас тIаьхьа цатешначеран дегнашка кхерам тосур бу – тоха легашна т1ехула /кортош даха/‚ хадайе церан массо а пIелган юьхьиг.

13

Иза ду уьш Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьал хилла хиларна. Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьал хиллачунна Дела бекхам эца чIогIа ву.

14

Иза (Iазап) ду шуна: "Iовша и шайна – цатешачарна цIеран Iазап ду".

15

ХIай ийман диллинарш! Шаьш цатешачарна дуьхьалкхетча (тIам тIехь эскарш вовшахкхетча) могIаршца, /шайн/ баккъаш ма тоха царна (царах кхералой ма довда).

16

Оцу дийнахь царна шен букъ тоьхнарг‚ ша тIамна хьаьвзаш вацахь я кхечу тобанах дIауьйш вацахь, Делера оьгIазаллина юкъаваьлла и‚ цуьнан чугIойла жоьжахати ю‚ ма вон бу и кхоллам!

17

Аш ца байина уьш‚ делахь а, Дала байина уьш. Ахь ца кхоьссина /герз/ айхьа кхуссуш, делахь а, – Дала кхоьссина (Дела вара и шун гIазот дIахьош верг) муъмин нахана шегара хаза ял (толам‚ хIонс) ялархьама. Баккъалла а, Дела хезаш верг а, хууш верг а ву.

18

Иза -Дела хилар ду цатешачеран мекарло эшор йолуш.

19

Аштолам бехча – толам беана шуьга. Шу совцахь – и дика ду шуна‚ шу юха а тIамна юкъа дагIахь – Тхо а догIур ду, шун тобано шу цхьана а хIуманах кIелхьардохур дац, и йоккха хилахь а. Дела муъмин нахаца ву.

20

ХIай ийман диллинарш! МуьтIахь хила Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ и (пайхамар) витий дIа ма гIо, шу хезаш долуш /цо дуьйцург/.

21

Шу тар ма ло аьллачарах: "ЛадоьгIна оха"‚ шаьш ладугIуш а боцуш.

22

Баккъалла а, Далла гергахь уггар боьха хьайба ду къораниг а, мотт цахуург а. Уьш бу хьекъале боцурш (Делах ца тешаш болу керстанаш).

23

Далла цаьргахь диканиг лиъна хиллехьара, Цо ладогIуьйтур дара цаьрга. Цо шайга ладогIийтича а, тIаккха а дIагIур бара уьш (гIазотера бовдур бара), /ийманах/ юьстах а бевлла.

24

ХIай ийман диллинарш! Жоп ло Далла а‚ элчанна а Цо шайга кхайкхича Ша шуна дахар лушдолчуьнга. Шуна хаалаш: и Дела стагана а‚ цуьнан дагана а юкъавулу /шена луург цуьнга ца дойтуш/‚ шу а Цунна тIе д1агулдийр ду.

25

Питанах кхералаш: къаьсттина шух зулам диначарна зен дина Iанне а ца Iа иза (массарна а зен до цо). Шуна хаалаш, и Дела бекхам барца (таIзар дарца) чIогIа вуйла.

26

Аш дагадаийталшаьш, кIеззиг а долуш, лаьттахь заьIап хилар‚ шаьш наха схьалецарна а кхоьруш. ТIаккха Цо тIелецира шу‚ Шен гIоьнца чIагIдира шу‚ цIенчух рицкъ а делира шуна, – шу хила мегар-кха баркалла олуш.

27

ХIай ийман диллинарш! Аш тешнабехк ма белаш Далла а‚ элчанна а‚ аш тешнабехк ма белаш шайга хиллачу тешамна (декхар делахь а‚ я кхин хIума делахь а), шаьш хууш а долуш.

28

Шуна хаалаш, шайн бахам а, шайн доьзалш а питана дуйла‚ баккъалла а, Дела Шегахь сийлахь-йоккха ял йолуш вуйла.

29

ХIай ийман диллинарш! Шу Делах кхерахь‚ Цо кхетам бийр бу шуна (довзуьйтур ду бакъдерг‚ харцдерг)‚ шайн къинойх цIандийр ду шу‚ шуна гечдийр ду Цо, – и Дела сийлахь-йокха комаьршалла йолуш ма ву.

30

Хьуна мекарло ма йора цатешачара хьо лаца‚ я вен‚ я хьо араваккха /Макки чуьра/. Мекарло йо цара, – Дала а йо мекарло /церан мекарло йохош/. И Дела /мекарлонна дуьхьал/ мекарло ечарех диканиг ву.

31

Шайна тIехь Тхан аяташ дешча, цара олу: "Хезна тхуна‚ тхайна лиъча, цунах тераниг оха а эр дара‚ уьш-м хьалхалерачийн туьйранаш дара".

32

Цара ма элира /дагадаийтал, хIай элча/: "Везан Дела‚ хIара хиллехь Хьоьгара бакъдерг‚ догIица тIулгаш делхийта тхуна стиглара‚ я лазош долу Iазап даийта тхуна".

33

Дела ца хилира царна Iазап деш, хьо царна юккъехь волуш. Ца хилира Дела царна Iазап деш верг, уьш шайна гечдар доьхуш а болуш.

34

Дала Iазап хIунда ца до царна, уьш Дезчу Маьждиге/ бусалба нах/ ца буьтуш хилча? Уьш ца хилла цуннадоладеш берш. Цуьнан доладан хьакъ берш беккъа /Делах/ кхоьрурш бу‚ делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх.

35

Церан ламаз (КаIбан) цIийна хьалхахь ма ца хилира шок еттар а‚ тIараш деттар а бен. /Царна жоп дац/ "Iовша шайна Iазап, шаьш цахиларна тешаш" /алар бен/.

36

Баккъалла а, цатешачара харжаш йо Делан некъах /нах/ дIатилабан. ТIаьхьа а йийр ю цара уьш‚ тIаккха йуьсур ю хьуна уьш царна шайна дохкобовлар а, гIайгIа а хилла.ТIаккха уьш эшор бу. Цатешаш берш жоьжахате гулбийр бу

37

Дала къасторхьама боьханиг цIенчух‚ боьханиг боьхачунна тIедиллархьама‚ тIаккха царах массарах а барз бархьама‚ тIаккха и жоьжахатехь хилийтархьама. Уьш бу-кх эшнарш.

38

Ахь āла /хIай Мухьаммад/ цатешначаьрга: "Уьш совцахь, царна гечдийр ду хьалха даьллачунна‚ уьш юха а буьйлалахь /бусалбанашца тIом бан/ – хьалхалерачарна хилларг хир ду (хIаллакбийр бу)”.

39

ТIом бе цаьрца питана ца хилийта‚ дерриге а дин Далла хилийта. ТIаккха уьш совцахь (маслахьате баьхкина – совца шу а), – баккъалла а, Дела цара дийриг гуш ву.

40

Уьш дIаберзахь (маслахьте ца богIуш)‚ шуна хаалаш, Дела вуйла шун гIоьнча (тIаккха тIом бе аш) – дика гIоьнча ву‚ дика толам луш верг ву Иза.

41

Шуна хаалаш, шаьш хIонсах хIума яьккхича, оцунах пхоьалгIадāкъа ду Далла а‚ элчанна а‚ цуьнан гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачарна а‚ некъахочунна а‚ шу хиллехь тешаш Делах а‚ Оха Тхайн лега, къастаман дийнахьши тобавовшашна дуьхь-дуьхьал нисъеллачу дийнахь, доссийначух а (маликашка а, кхин Делан билгалонашка а). Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш ву.

42

Дагадаийта, шу /Мадинатан/ гергарчу аг1ор а долуш‚ уьш генарчу аг1ор а болуш, и къепалшуна лахахь а йолуш ма дара. Аш вовшашца ваIда йина хиллехьара‚ галдевр дара шу тоьхначу хенаца (меттигца) делахь а, Дала кхочушхилийтархьама и хилла даьлла гIуллакх‚ хIаллакван ша билггал хIаллакхилларг‚ вахийта ша билггал дийна виснарг. Баккъалла а, Дела хезаш верг а‚ хууш верг а ма ву.

43

Дагадаийта: хьоьга гайтира Дала уьш гIенах кIеззиг хиларца /ахь дийцира и г1ан хьан накъосташка/‚ Цо хьоьга уьш гайтинехьара дукха хиларца – дýхур дара шу‚ гIуллакхехь къуьйсур дара аш‚ делахь а, Дала лардина /шу иэшарах/. Баккъалла а, Иза хууш ву дегнашкахь дерг.

44

Дагадаийта! Шуна гайтира Цо уьш‚ шу /царна/ дуьхьалкхетча‚ шун бIаьргашкахула уьш кIеззиг болуш‚ шу кIеззиг долуш гайтира церан бIаьргашкахула, Дала кхочушдархьама хилла даьлла долу гIуллакх. Деле дIадоьрзу гIуллакхаш.

45

ХIай ийман диллинарш! Шайна /мостаг1ийн/тоба дуьхьалкхетча, чIагIлолаш‚ Дела хьехавелаш дуккха‚ шу даккхийден тарло.

46

МуьтIахь хилалаш Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ вовшашца ма къийсалаш – тIаккха озалур ду шу /мостагIчух/‚ шун ницкъ дIабер бу. Собаре хилалаш. Баккъалла а, Дела собаре болчаьрца ву (царна гIодарца).

47

Шу ма хилалаш шайн цIеношкара арабевллачарахтера кураллица‚ нахана гайтархьама, Делан некъах /нах/ дIатилабеш. И Дела аш дечунна гуо беш ма ву /хаарца/.

48

Дагадаийта, шайтIано хазйира царна шайн Iамалш‚ элира: "Тахана нахах цхьа а вац шу эшо‚ со шуна лулаходу". ТIаккха, шена ши тоба гича, дIадедира иза‚ элира: "Баккъалла а, со цIена ду шух‚ баккъалла а, со гуш ду (цунна маликаш гуш дара бусалбанашна гIо деш) шуна цагург‚ со кхоьру Делах – и Дела таIзар дарца чIогIа ву".

49

Дагадаийта! Мунепикъаша а‚ шайн дегнашкахь цамгар йолчара а олура: "ХIорш шайн дино Iехийна". Далла тIетевжинарг – /Делан хьесапехь ву/. Баккъалла а, и Дела веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву.

50

Хьуна гинехьара и цатешнарш маликаша шайн синош схьадохуш, шайн яххьех а‚ тIехьашха а етташ: "Iовша шайна жоьжахатин Iазап‚− олуш.-

51

Иза ду шун куьйгаша хьалха -даькхинарг бахьанехь‚ Дела лешна зуламе вац".

52

ФирIавнан доьзалан а‚ царал хьалха хиллачеран а Iадатах терра‚ ца тийшира уьш Делан аятех – тIаккха Дала шайн къиношца схьалецира уьш. Баккъалла а, и Дела нуьцкъала ву‚ чIогIа ву таIзар дарца.

53

Иза ду – Дела цахиларна ша цхьана а къомана делла хилла долу ниIмат хуьйцуш верг, цара шаьш хийццалц шайцадерг, и ду Дела хиларна хезаш верг а‚ хууш верг а.

54

ФирIавнан доьзалан а‚ царал хьалха хиллачеран а Iадатах терра‚ харцдира цара шайн Делан аяташ – тIаккха Оха уьш, шайн къинош бахьанехь, хIаллакбира. ФирIавнан доьзал Оха хIорда бухабахийтира - массо а хилира уьш зуламхой.

55

/Дала мел кхоьллинчу/ лаьттахула лелачу х1уманех уггар боьханиг Далла гергахь – цатешарш бу‚ цара ийман ца дуьллу.

56

Ахь шайца барт бина (тIом бира бац, аьлла) хилларш бу уьш‚ тIаккха массо а хенахь и шайн барт бохабо цара‚ уьш ца кхоьру /Делах и барт бохо/.

57

Хьо царна тIамехь дуьхьал нисвелча, луьра та1зар де царна, царал тIехьахь болчарна кхерам таса- цара ойла ян мегара /хьуна шаьш тешнабехк ца бан, хьоьца хилла барт ца бохо /.

58

Хьо кхерахь цхьана /хьан шеца барт болчу/ къоман тешнабехках‚ бохабе ахь /барт/ цаьрца нийсса. Баккъалла а, Далла ца беза тешнабехк бийраш.

59

/Бадрехь ца бойуш кIелхьарбевллачу/ керстанашна маттанне а ма моьттийла шаьш /Тхол/ хьалхадевли (Тхан шайна тIехь ницкъ кхочур бац). Баккъалла а, цара кIелдуьтур дац /Делан гIуллакх а, бусалбанашна гIо хилар а/.

60

Кечбе царна дуьхьал шайн тар малло ницкъ: т1еман г1ирс а, кийча говраш шеца аш кхеро Делан мостагI а‚ шайн мостагI а‚ уьш боцурш кхиберш а‚ шуна шаьш ца бевзаш болу- Далла бевза уьш. Аш Делан новкъахь мел харж яхь а – и /кхоччуш/ юхайоьрзур ю шуна‚ шуна зулам дийр дац (Дала аш динарг тидаме ца оьцуш дуьтур дац).

61

Нагахь санна уьш машаре кховдахь‚ – тIаккха хьо а кховда цуьнга (машаре)‚ Далла тIетовжа‚ баккъалла а, Иза хезаш верг а‚ хууш верг а ву.

62

Царна лаахь хьо Iехо (тешнабехк бан) – хьуна кхачойийриг Дела ву. И ву Ша Шен гIоьнца а, муъмин нахаца а хьо чIагIвина хилларг.

63

Цо бартадалира церан дегнаш (безам тесира вовшашна юккъехь)‚ ахь лаьттахь мел дерг доьхкича а, хьоьга бартадалалур дацара церан дегнаш‚ делахь а, Дала бартабалийра уьш. Баккъалла а, Иза веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.

64

ХIай пайхамар! Хьуна кхачоен ерг Дела ву‚ муъмин нахах хьуна тIаьхьахIоьттинарг а ву.

65

ХIай пайхамар! ТIамна тIеберзабе муъмин нах! Шух собаре ткъа хилча – эшор ву цара ши бIе‚ шух бIе хилча – эшор ву цара цатешачарах эзар‚ хIунда аьлча, уьш ца кхеташ къам ду.

66

ХIинца Дала дайдира шуна /т1еман хьал/‚ Цунна хиира шуьца ледарло юй (кIеззиг хилар‚ тIамна кийча цахилар)‚ шух собаре бIе хилча – ши бIе эшор ву цара/собаре болчара/, шух эзар хилча – ши эзар эшор ву цара Делан пурбанца‚ Дела собаре болчаьрца ву.

67

Ца тарлора пайхамарна шен йийсарой хила лаьттахь кхоччуш ша чIагIваллалц‚ шу дезаш ду дуьненан хIума‚ Далла дезаш ду эхарт. Дела веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.

68

Делера йозахьалха ца даьллехьара аш эцначунна, доккхачу Iазапо схьалоцур дара шу.

69

Яа шаьш яьккхинчу хIонсах хьанал ерг‚ цIена ерг‚ Делах кхера (хьарам дерг ца дан). Баккъалла а, Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву.

70

ХIай пайхамар! Āла шайн куьйга кIел болчу йийсархошка: "Далла хаахь шун дегнашкахь диканиг‚ шуьгара даьккхинчул сов диканиг лур ду Цо шуна‚ гечдийр ду Цо шуна‚ и Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву".

71

Царна лаахь хьуна тешнабехк бан‚ хьалха Далла а тешнабехк бина цара‚ Цо (хьуна царна т1ехь таIзар дан) ницкъ белла. И Дела хууш верг а‚ хьукма /нийса / деш верг а ву.

72

Баккъалла а, ийман а диллина, дIакхелхинарш а (динан дуьхьа пайхамарца Маккара Мединате дIабаханарш)‚ шайн бахамца а‚ синошца а Делан новкъахь къахьегнарш а‚ шаьш уьш тIелаьцнарша‚ гIо динарш а – уьш вовшийн верасаш (доттагIий‚ гIоьнчий) бу. Ийман а диллина, дIа ца кхелхинарш – цхьанна хIуманца цаьрца гергарло дац шун, уьш дIакхалххалц. Динан хьокъехь цара шуьга гIо дехахь‚ – шуна тIехь (царна) гIо дар ду, шуна а, шайна а юккъехь барт болчу къомана дуьхьал дацахь. И Дела аш дийриг гуш ма ву.

73

Цатешарш вовшийн гергарнаш бу. Аш и (гIо) ца дахь‚ лаьттахь питана хир ду‚ доккха боьханиг даьржар ду.

74

Ийман а диллина‚ /Мадинате/ дIакхелхинарш а‚ Делан новкъахь къахьегнарш а‚ уьш тIелаьцнарша‚ гIо динарш а – уьш бу хьакъ-бакъ муъмин нах‚ царна гечдар а‚ шортта рицкъ а хир ду.

75

ТIаьхьа ийман а диллина‚ /Мадинате/ дIакхелхинарш‚ шуьца цхьана къахьегнарш – уьш шух бу. Гергарлонаш дерш – царах цхьаберш вукхарал герга бу Делан жайна чохь. Баккъалла а, Дела массо а хIума хууш верг ву.