All Islam Directory
1

Хастам бу Далла‚ Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллинчу‚ Ша бода а‚ нур а динчу. ТIаккха а керстанаша шайн Кхиош-кхобучуьнца нисбо /кхиберш/.

2

И ву шу кхоьллинарг поппарх‚ тIаккха 1ожалла хIоттийна /шуна дала/. /Кхин/ 1ожалла ю хан тоьхна Цунна гергахь /шу гIовто/. ТIаккха а шу шеко еш ду.

3

И – АллахI (ц1е йолу цхьа Дела) ву‚ Ша стигланашкахь а ву‚ лаьттахь а ву. Цунна хаьа шун къайлах дерг а‚ шун гуш дерг а. Цунна хаьа аш карадеш дерг а.

4

Шайн Кхиош-кхобучун аятех цхьа а аят ца деана цаьрга‚ уьш цунах дIабоьрзуш бен.

5

Харцдира цара бакъдерг, и шайга деъначул тIаьхьа. ТIаьхьа догIур ду цаьрга хабарш‚ уьш шайх ца бешаш хилла долу.

6

Царна ца го-техьа: мел дукха т1аьхьенаш хIаллакйина Оха царал хьалха‚ Оха чIагIбина бара уьш лаьттахь, шу ца чIагIдинчу кепара‚ стигал йоссийра Оха царна тIе догIица‚ церан бухахула лелаш хиш хилийтира Оха‚ тIаккха Оха хIаллакбира уьш шайн къинош бахьанехь‚ царал тIаьхьа кхечаран т1аьхье кхиийра Оха.

7

Оха доссош делхьара жайна хьоьга кехата тIехь‚ шайн куьйгашца цунах хьакхалур бара уьш – керстанаша эр ма дара: "Билггала бозбуунчалла ду-кх хIара".

8

Ма элира цара: "Малик доссийна хиллехьара цунна тIе". Оха малик доссийна хиллехьара – кхочушхир дара гIуллакх‚ тIаккха а уьш хьоьжуш лоттуьйтур бацара.

9

Оха и хилийтинехьара малик – и дахийтина хир дара Оха адаман хьесапехь, цу тIехь а кегари (хало) йийр яра Оха, цара шаьш еш ерг.

10

Хьол хьалха а элчанаш сийсазбина. Царах ца бешаш болчарах хьакха ма делира цара ша сийсаздеш хилларг.

11

Ахь āла: "ДIасаида лаьттахула‚ тIаккха хьовсал шу‚ муха хилла /дин/ харцдечаран тIаьхье".

12

Ахь āлал: "Хьенан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а дерг ?" Ахь āла: "Делан ду". Шена тIедиллина Цо къинхетам бар. Гулданне а гулдийр ма ду Цо шу къематдийне‚ шена чохь шеко йоцчу. Шайна иэшар динарш – цара ийман дуьллур дац.

13

Цуьнан ду буьйсанна а‚ дийнахь а тийна (я лелаш) хилларг. И хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву.

14

Ахь āла: "Ша стигланийн а‚ лаьттан а кхоллархо волу Дела воцург /кхин/ лоцу ткъа ас доладийриг? И ву рицкъ луш‚ Цунна ца ло рицкъ". Ахь āла: "Суна омра дина со хила /Далла/ муьт1ахь хиллачарех хьалхарниг, аьлла‚ хьо хиланне а ма хилалахь мушрикунех "‚ аьлла.

15

Ахь āла: "Со кхоьру сайн Кхиош-кхобучунна со Iеса хилахь деза-доккхачу дийнан Iазапах".

16

Цу дийнахь ша цунах хьалхаваьккхинарг – Цо цунах къинхетам бина. И билггала толам бу-кх.

17

Дала хьо цхьана зене лацахь – вац хьуна и т1ерадоккхуверг И ша бен. Цо хьо цхьана дикане лацахь – И массо а хIуманна ницкъ кхочуш ву.

18

И ницкъ болуш ву Шен лешна тIехь. И ша хьукма /нийса/ деш верг а ву‚ сов дика хууш верг а ву.

19

Āлал /хIай Мухьаммад/: "ХIун ду уггар доккха х1ума тешалла дарца?" Āла: "Дела ву теш суна а, шуна а юккъехь‚ соьга ваьхьица даийтина хIара Къуръан‚ ас шеца кхерам тасархьама шуна а, и /шега/ кхаьчначуьнга а. Шу ду тешалла деш Делаца кхин делий бу, бохуш?" Āла: "Ас тешалла дац". Āла: "Баккъалла а, и – цхьа Дела ву‚ со цIена ву аш Делаца накъост лацарх".

20

Оха шайна жайна деллачарна вевза и‚ шайн кIентий бовзаре терра, шайна иэшам бинарш– уьш бу ца тешаш‚

21

Мила ву зуламе Далла тIе харцдерг кхоьллинчул‚ я Цуьнан аяташ харцдинчул? Баккъалла а, бакхийбийр ма бац зуламхой.

22

Оцу /къемат/дийнахь Оха гулбийр ма бу уьш массо а‚ тIаккха Оха эр ду ширк диначаьрга: "Мичахь бу шун накъостий‚ шуна шаьш /делий бу / моьттуш хилла болу?"

23

ТIаккха церан /кхин/ бехказло ма ца хилира, цара алар бен: "ВаллахIи‚ тхан Кхиош-кхобучух дуй ма боу оха: тхо ма ца хилира /Делаца/ накъост лоцурш ".

24

Хьажал! Муха харцлийна уьш шаьш шайна тIехь! ДIатилира царах шаьш кхуллуш хилла долу харцдерг.

25

Царах хьоьга ладугIуш верг ву. Церан дегнашка кирхьа диллина Оха, уьш цунахца кхетийта‚ церан лергаш чохь къоралла йина. Массо а делил шайна дайча а‚ ца теша уьш цунах, мел дуккха хьо волчу баьхкича а‚ хьоьца къуьйсу цара‚ цатешачара олу: "Уьш-м хьалхалерачийн туьйранаш дара".

26

Уьш оцунах /нах/ бухатухуш бу‚ шаьш а генабовлуш бу цунах. Цара хIаллакдеш-м дац шайн догIмаш бен. Ца хаало-кх царна.

27

Хьуна гича уьш жоьжахатина тIехIиттийна‚ цара олуш: "Ма декъаза хили тхо! Юхадахийтахьара тхо– ма харцдийр дацара Оха тхайн Кхиош-кхобучун аяташ‚ тешачарех хир дара тхо".

28

Х1аъ, гучудаьлла царна шаьш хьалха хьулдеш хилларг. Уьш юхабахийтича а, шайга ма де аьллачунна тIебоьрзур ма бара уьш‚ баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу.

29

Цара ма олура: "ХIара вайн дуьненан дахар бен кхин дахар ма дац‚ вай дендийр долуш ма дац".

30

Хьуна уьш гича шайн Кхиош-кхобучун хьалха хIиттийна! Цо олуш: "Бакъ дац ткъа хIара?" Цара олуш: "ХIаъ‚ ду тхо Кхиош-кхобучу Делора". Цо олуш: "Iовша шайна Iазап, шаьш ца тешаш хиларна!"

31

Ийшира шаьш Делаца цхьаьнакхетар харцдинарш – цIеххьана шайна сахьтхIоьттича, элира цара: "Ма бала бу-кх вайна вай ша тергал ца динарг бахьанехь". Цара дIахьур ду шайн къинош шайн баккъаш тIехь. Ма вон хIума ду-кх цара шайна мохь бинарг!

32

Дуьненан дахар ма дац ловзар а, эрна хан яйар а бен. Баккъалла а, эхартан цIа дика ду /Делах/ кхоьруш болчарна. Шу хьекъале ца хуьлу?

33

Тхо хууш ду‚ баккъалла а, цара дуьйцучо хьо ванне а сингаттаме ма во. Баккъалла а, хьо харцвеш бац уьш – шаьш зуламхой бу, Делан аяташ керстадеш.

34

Хьол хьалха а харцбина элчанаш – собар дира цара шаьш харцдинчунна тIехь‚ шаьш лазорна тIехь шайга Тхан гIо кхаччалц. Делан дешнаш хийца цхьа а вац. Хьоьга ма деъна элчанийн хабар.

35

Уьш дIаберзархьуна доккха хеташ делахь‚ хьуна магахь лаьттахь хералла‚ я стигла вала лами каро, тIаккха ахь дахьар дара цаьрга цхьа аят (делил). Далла лиънехьара‚ Цо гулбийр бара уьш нийсачу новкъа. Хьо хиланне а ма хилалахь жехIалчу нахах.

36

/Хьан кхайкхарна/ жоп лур ду, баккъалла а, хезаш болчара. Ткъа белларш – Дала денбийр бу уьш‚ тIаккха Цуьнга дIаберзор бу.

37

Цара элира: "Шен Кхиош-кхобучуьнгара аятдоссош хиллехьара цуьнга". Ахь āла: "Баккъалла а, Дела ницкъ кхочуш ву аят доссо‚ делахь а, царах дукхахберш ца хууш бу".

38

Цхьа а дийнат ма дац лаьттахь‚ цхьа а хьоза ма дац тIема долуш шен тIемашца – шаьш шу санна умматашдолуш бен. ХIумма а диц ца дина Оха кху жайни чохь. ТIаккха шайн Кхиош-кхобучуьнга уьш дIагулбийр бу.

39

И Тхан аяташ харцдеш берш бу къора‚ мотт ца хууш‚ боданехь Iохкуш. Шена луург тилавала вуьту Дала‚ Шена луург нийсачу новкъа вуьллу Цо.

40

Ахь āла: "Шуна гой! Ткъа Делан Iазап шайга деъча‚ я сахьтшайна тIехIоьттича‚ Дела воцучуьнга кхойкхур дара Аш, шу хиллехь бакълуьйш?"

41

ХIан-хIа! Цуьнга кхойкхур дара аш. Айдийр дараЦо аш шега кхайкхинарг, Шена лаахь. Аш дицдийр дара шаьш /Делаца/ накъост лацар.

42

Хьол хьалха а бахкийтира Оха халкъашка /элчанаш/‚ и халкъаш баланашца (мискаллица)‚ халонашца (цамгаршца) схьалийцира Оха‚ уьш /Тхоьга/ хьасталур бацара-те?

43

Тхан ницкъ шайга беъча, хьаста хIунда ца белира уьш /Далла/? Делахь а, къиза хилира церан дегнаш. Хаздора царна шайтIано шаьш деш хилларг.

44

Цара шайга шеца хьехам бина хилларг (кхерам тесна хилларг) дицдича, Оха дIайиллира царна массо а /дикачу/ хIуманан неIарш (шайн къиношкахь уьш дуккха латтийтархьама)‚ уьш бакхийбеш болуш шайга деъначух‚ /тIаккха/ цIеххьана схьалийцира Оха уьш – тIаккха цара дог диллира массо а диканах.

45

Хадийра ша зулам деш хиллачу халкъан тIаьхье. Хастам бу Далла – Iаламийн Дена.

46

Ахь āла: "Шу хьовсал‚ Дала шун лерса а‚ бIаьрса а схьаэцча‚ шун дегнашна Цо мухIар тоьхча‚ АллахI воцчу муьлхачу Дала шуна и лур дара? Хьажал! Муха билгалдоху Оха аяташ – тIаккха а уьш /бакъдолчух/ дIабоьрзу".

47

Ахь āла: "Хьовсал! Дийцийша суна‚ Делан Iазап шайга цIеххьана деъча я гуш деъча, зуламе къам бен хIаллакьхир дуй?"

48

Оха бохуьйтуш ма бац элчанаш цара /дика Iамал йиначарна/ кхаъ боккхуш‚ /вон Iамал йиначарна/ кхерам тосуш бен. Ийман диллинарг а‚ диканиг динарг а – /эхартахь/ кхерам а хир ма бац царна‚ уьш сингаттаме а хир ма бац /дуьненахь бухадуьсачух/.

49

Тхан аяташ харцдинарш – царах хьакхалур ду Iазап уьш фасикъхиларна.

50

Ахь āла: "Ас ца боху шуьга: "Сан гергахь Делан хазнаш ду"‚ суна ца хаьа къайле а‚ ас ца боху шуьга: "Со малик ду". Со тIаьхьахIуттуш ву сайга луш долчу ваьхьашна". Ахь āла: "Ткъа цхьабосса вуй-те бIаьрса доцург а‚ бIаьрса дерг а. Аш ойла ца йо-те?"

51

Ахь цуьнцахьехамбешаьш шайн Кхиош-кхобучунна хьалха гулдийриг хиларх кхоьруш болчарна‚ царна вац И воцург доладийриг а‚ гIодаккхархо а – уьш хила мегара кхоьруш.

52

Ахь дIа ма лелхабе Iуьйренца а‚ суьйренца а шайн Деле кхойкхуш берш‚ Цуьнан юьхь лууш/миска бу алий, хьалдолчарна тамбархьама/. Церан хьесап цхьана а хIуманца хьуна тIехь дац‚ хьан хьесапан хIумма а царна тIехь а дац (хьоьга хоттур дац церан къинойх я дагчохь дерг бахьанехь, иштта цаьрга а – хьо бахьанехь). Ахь уьш дIалелхабой – хьо зуламхойх хуьлу.

53

Иштта Оха зийра уьш вовшашца, цаьрга алийтархьама: "ХIорш бу уьш Дала вайна юккъера шайна диканаш делларш". Ткъа Дела вац дика бевзаш шукур дийраш (баркалла олурш)?

54

Хьо волчу баьхкича Тхан аятех тешаш берш, ахь āла: "Машар шуна". Шун Кхиош-кхобучо Ша Шена тIедиллина /шен халкъах/ къинхетам бар: нагахь шух цхьаммо вон дахьца хууш‚ тIаккха цул тIаьхьа тōба дахь‚ дика Iамал яхь – баккъалла а, И ву-кх /цунна/ гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.

55

Иштта ма-дарра дIадуьйцу Оха аяташ‚ къинош леточеран некъ билгалбалийтархьама а.

56

Ахь āла: "Суна ца магийна Iибадан дан Дела воцчу аш шега кхойкхучуьнга". Āла: "Со тIаьхьах1уттур ма вац шун дезаршна, /х1оьттинехь/ - со тиллавелла хир ма вара т1аккха‚ нийсачу новкъахь болчарах хир ма вацара со".

57

Ахь āла: "Баккъалла а, со сан Кхиош-кхобучун билгалонна тIехь ву‚ аш и харцдина (Делера бакъдерг). Соьгахь дац шу шеца сихлуш дерг‚ хьукма Делан бен дац – Цо дуьйцу бакъдерг‚ Иза дика къастамбийриг ма ву".

58

Ахь āла: "Соьгахь делхьара шу шеца сихлуш дерг‚– сан а‚ шун а юккъера гIуллакх (къовсам) чекхдаьлла хир дара. Дела дика бевзаш ву-кх зуламхой".

59

Цуьнгахь ду-кх къайленан /хазнийн/ догIанаш. Цунна Шена бен ца хаьа уьш. Аренгахь дерг а‚ хIорда чохь дерг а хууш ву-кх И‚ гIа охьа- дужур ма дац Цунна хууш бен‚ буьртиг /кхуьур/ ма бац лаьттан боданашкахь‚ я тIуналла а‚ я йокъалла а /южур/ ма яц‚ ша билгалчу жайначохь йолуш бен.

60

Шу буса долуьйтургву Иза‚ аш дийнахь деш дерг хууш ву И – тIаккха цу чохь (дийнахь) шу дендо Цо – цIе тоьхна йолу ханкхочушхилийтархьама. Цунна тIе ду шун дIадерзар‚ тIаккха Цо дуьйцур ду шуьга аш лелош хилларг.

61

Иза ницкъ кхочуш ву Шен лешна тIехь. Шуна тIе боуьйту Цо хехой. Шух цхьанна тIе валар деъча – Тхан элчанаш (маликаш) кхочушдои – цара ледарло ца йолуьйту.

62

ТIаккха берзабо уьш Далла тIе‚ церан бакъ Доладийриг волчу.Ткъа хьукма Цуьнан дац? Уггар сиха ву И хьесап дарехь.

63

Ахь āла: "Мила ву и шу аренан а‚ хIордан а боданах ларден верг‚ аш Шега хьастаделла а‚ къайлаха а кхойкхуш верг: "ХIокхунах Цо тхо кIелхьардахахь‚ тхо хиланне а хир ма ду баркалла олучарах!?" /олуш/.

64

Ахь āла: "Дала кIелхьардохур ду шу цунах а‚ массо а балех а – тIаккха а аш Цуьнца накъост ма лоцу".

65

Āла: "Иза /Дела/ ницкъ кхочуш ву шуна тIехула а‚ шун когий бухахула а шуна Iазап доссо‚ я шу тобанашка декъа‚ цхьаболчара вукхаьрга бала хьегабайта а". Хьажал‚ муха ма-дарра дуьйцу Оха аяташ, уьш хилийта кхеташ.

66

Харцдина хьан къомо и (Къуръан), и бакъдерг доллушехь. Ахь āла: "Со ца хили шуна тIехь векал" (шун гIуллакхаш кхочушдан).

67

ХIор /Делера/ хабаран шен хан ю /и т1ех1оьттича, и кхочушхир долуш/ – тIаьхьа хуур ду шуна.

68

Хьуна гича, Тхан аяташ, сийсаз а деш, хьехош берш – генавала царах‚ уьш кхечу хабарна тIебовллалц. Я хьо ванне а вицволуьйтур ву шайтIано – тIаккха дагадеъначул тIаьхьа кхин зулам дечу къомаца охьа ма хаалахь.

69

/Делах/ кхоьруш болчарна церан (Делан аяташ сийсаза деш болчеран) хьесапаххIумма хир дац‚ делахь а, хьехам бар ду-кх /царна тIехь/ – уьшкхоьруш хир бацара-те?

70

Бита и шайн дин ловзаре а‚ эрна хан яйаре а даьккхинарш‚ шаьш дуьненан дахаро Iехийнарш. Ахь хьехам бе /нахана/ цуьнца (Къуръанца) адам ша карадаийтинчо хIаллак цадайтархьама – вац цунна Дела воцург доладийриг а‚ гIолоцург а. Мелла а /жоьжахатина/ дуьхьал мах белча а – оьцур бац цуьнгара и. Уьш бу шаьш динчуьнца шаьш хIаллакьхилларш‚ царна ду цIийдина хинан малар а‚ лазош долу Iазап а - уьш хиларна ца тешаш.

71

Ахь āла: "Вай кхойкху ткъа, Дела а вуьтий, ваьшна пайда а‚ зен а ца дечуьнга? Вай юхадерзина хир ма ду (керстаналле) Дала вай нисдинчул тIаьхьа‚ лаьттахь шайтIано ша Iехийнчух тера хьере а хилла‚ шен накъостий болуш шега нийсачу новкъа кхойкхуш: "Схьавола тхуна тIе"‚ бохуш. Ахь āла: "Делан нийса некъ – и бу нийса некъ‚ тхуна омра дина Iаламийн Дена муьтIахь хила,

72

Ламаз хIоттаде‚ Цунах (Делах) кхера"‚−аьлла. И ву шу Шена тIе дIагулдийр дерг.

73

И ву стигланаш а‚ латта а Ша кхоьллинарг бакъонца. Цо "Хила!" аьллачу дийнахь – хуьлу. Цуьнан дош бакъдерг ду. Ма1а (зурма) локхучу дийнахьпаччахьлла Цуьнан ду‚ къайлахь дерг‚ гушдерг хуург И ву. И Ша хьекъале верг ву‚ сов дика хууш верг ву.

74

ИбрахIима аьллерашен дега Āзаре: "Ахь цIунаш лоьцу делий бой? Хьо а‚ хьан къам а билггалчу тилар чохь гуш ву-кх со".

75

Иштта гойту Оха ИбрахIимна стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла, и хилийтархьама а /Делах/ ч1ог1а тешачарах.

76

Шена тIе буьйса йоьлча‚ цунна (ИбрахIимна) гира седа. Цо элира: "И ву сан Дела". И дIатилча, цо элира: "Суна ца беза дIатуьлуш берш".

77

Шена бутт байча кхеташ‚ цо элира: "И ву сан Дела". Иза а дIабуьзча‚ цо элира: "Сан Кхиош-кхобучо со ца нисвахь‚ со билггала хир ма ву тиладеллачу къомах".

78

Шена малх гича кхеташ‚ цо элира: "Иза ву сан Дела‚ иза уггар воккха ву". Иза а дIабуьзча‚ цо элира: "ХIай сан къам‚ со цIена ву-кх аш /Делаца/ накъост лацарх.

79

Ас д1аерзи сайн юьхь стигланаш а‚ лаьтта а Кхоьллинчуьнга‚ доггах /массо а харцдинах бакъдолчу динна / тIе а вирзина‚ со вац мушрикех".

80

Цуьнан къомо къийсира цуьнца. Цо элира: "Соьца къуьйсу аш Дела бахьанехь? Цо со нийсачу новкъа ма ваьккхина. Со ца кхоьру аш шеца ширкдечух‚ сан Кхиош-кхобучунна лууш долчу хIуманах бен. Массо а хIума чулаьцна сан Кхиош-кхобучо Iилманца. Аш ойла ца йо?

81

Со муха кхоьру аш ширк динчух? Шу а ма ца кхоьру шаьш Делаца накъост лаьцна хиларх‚ шеца шуьга доссош хилла цхьа а делил доццушехь. /Цу/ шинна тобанех муьлханиг ю уггар хьакъ кхерам цахиларна‚ шу хууш хиллехь?"

82

Ийман диллинарш‚ шайн ийман зуламех ца эдинарш – уьш бу шайна кхерам боцурш‚ уьш бу нийсачу новкъахь.

83

И ду Тхан делил‚ Оха делла и ИбрахIимна шен къомана дуьхьал. Тхайна луург даржашкахь хьалавоккху Оха. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург ма ву хьекъале верг а‚ хууш верг а.

84

Оха цуннасовгIатна велира Исхьакъ а‚ ЯIкъуб а. Берриге а нийсачу новкъа нисбира. Нухь а нисвира Оха нийсачу новкъа /царал/ хьалха. Цуьнан (ИбрахIиман) зуьрретахву Давуд а‚ Сулайман а‚ Аюб а‚ Юсуф а‚ Муса а‚ ХIарун а. Иштта бекхам бо Оха дикачарна.

85

Закария а‚ Яхьъя а‚ Iийса а‚ Ильяс а – массо а дикачарах ву.

86

ТIаккха ИсмаIил а‚ Ал- ЯсаI а‚ Юнус а‚ ЛутI а – массо а вазвина Оха Iаламел.

87

Церан дайх а‚ церан т1аьхьенех а‚ церан вежарех а /бевллачарна а делла Оха и ниIмат/, уьш хаьржина Оха‚ нисбира нийсачу новкъа.

88

Иза – Делан нийса некъ бу‚ цуьнца нисво Цо шен лех Шена луург. Цара ширк динехьара, цара йина хилла Iамалш йовр ма яра.

89

Уьш бу Оха шайга жайна а‚ хьукма а‚ пайхамаралла а делларш. ХIорш цунахца тешахь – Оха иза т1едуьллур ду /кхечу/ къомана‚ ша цуьнца керстаналла дийр доцуш долчу.

90

Уьш бу Дала нисбинарш. Церан нийсачу новкъа тIаьхьахIотта хьо. Ахь āла: "Ас шуьгара мах ца боьху цунах. И ма бац Iаламашна хьехам бен".

91

Далла хьакъ болу мах ца хадийра цара, шаьш олуш: "Дала ца доссийна стаге хIумма а". Ахь āла: "Хьан доссийна жайна‚ шеца Муса веана волу‚ нур а нийса некъ хилла болу нахана? Аш цунна тептаршдо: цхьадерг гуча а доккхуш‚ дукхадерг хьул а деш. Шуна Iамийна ма ду шуна а‚ шун дайшна а цахуург". Ахь āла: "Дала" /доссийна/ ТIаккха бита уьш шайн тиларчохь ловзуш.

92

ХIара жайнаа‚ Оха доссийна и‚ ша беркате а долуш‚ шел хьалхарниг бакъдеш долуш‚ яртийн наннаа‚ цунна гонаха долчунна а кхерам таса. Эхартах тешаш берш теша цунах (Къръанах). Уьш шайн ламазаш Iалашдеш бу.

93

Мила ву Далла тIе харцдерг кхоьллинчул зуламе? Я аьллачул: "Шега ваьхьий деана"‚ ваьхьех хIумма а ца деана цуьнга, аьллачул а: "Аса а доссор ду Дала доссийначух тераниг". Хьуна гича и зуламхой сауьйзуш‚ маликаш церан куьйгаш даржош /олуш/: "Арадаха шайн синош‚ тахана сийсазаллин Iазапца бекхам бу шуна аш Далла тIехь бакъдоцург олуш хиларна‚ шу Цуьнан аятех курадовлуш хиларна”.

94

Шу даьхкина Тхуна тIе цхьацца, Оха шу ма дуьххьара ма кхоллара. Аш дитира Оха шайна делларг шайн тIēхьахь. Тхуна-м ца го шуьца шун гIодаккхархой‚ шуна моьттуш хилла болу шаьш шун накъостий бу. ДIахедира шун юкъ‚ дIатилира шух шуна моьттуш хилларг.

95

Баккъалла а, Дела ву хIу а‚ лаг а схьадоьллуш верг. Дийнадерг деллачух схьадоккху Цо‚ делларг дийначух схьадоккхург а ву Иза. И ву шун Дела – шу муха Iехош ду /харцдолчо/!?

96

Сатасар къастадийриг ву И‚ буьйса йина Цо тийналла хилла‚ малх а‚ бутт а кхоьллина /ханна-заманна лерина/ хьесапна. И бу Ша веза волчун‚ Ша хууш волчун дIахIоттам.

97

И ву шуна седарчий кхоьллинарг‚ аренан а‚ хIордан а боданехь шуна некъ карабан. Оха билгалдина аяташ хууш долчу къомана.

98

И ву шу кхиийна цхьана сих(Āдамах)‚ т1аккха /шена/ чIагIдалар а‚ 1алашдалар а хуьлуш. Билгалдина Оха аяташ ойла ечу къомана.

99

И ву стиглара хи доссийнарг‚ цуьнца ккхиира Оха массо а тайпа орамат‚ цунах хасстоьмаш а къастийра Оха‚ кхиадо цунах буьртигаш тIеттIа. Хурманан дитта т1ехь кхуьу хурманан кенаш‚ /хуьлуьйту Цо/ кемсийн а‚ зайт-диттан а‚ нарийна бошмаш‚ тера ерш а‚ тера йоцурш а. Хьовсал шу стоьмашка‚ уьш кхуьуш а‚ хуьлуш а. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду тешаш долчу къомана.

100

Далла накъостий хилийтина цара жинех‚ Цо кхоьллина ма ду уьш‚ цара (тешаш боцчу наха) цхьа а Iилма доцуш харцо кхоьллира Цунна – кIентий а‚ мехкарий /бу Цуьнан, аьлла/. ЦIена ву И вонах‚ лакхавели И цара дечу (харц) сибатех.

101

Стигланийн а‚ лаьттан аюьхьанца кхоллархо, мичара хир ву Цуьнан доьзалхо ? Цуьнан зуда ма ца хилла. Цо Ша ма кхоьллина массо а хIума. Массо а хIума Ша хууш верг ма ву Иза.

102

И ву шун Дела – шу Кхиош-кхобург – кхин дела вац И воцург‚ массо а хIума Ша кхоьллинарг ву И. Цунна Iибадат дейша! И ма ву массо а хIуманна тIехь векал.

103

БIаьрса ца кхуьу Цунах‚ И кхуьу бIаьрсанах. И тIех кхетаме а ву‚ дика хууш а ву.

104

Шуьга еана бIаьрсерлонашшун Кхиош-кхобучуьнгара. БIаьрг биллинчунна – цунна шена ду‚ бIаьрг хьаббинчунна – цунна шена ду‚ /ахь āла‚ Мухьаммад/: "Со ма вац шуна тIехь хехо".

105

Иштта билгалдоху Оха аяташ‚ цара āла тарло дела: "Ахь Iамийна"‚ Оха и билгалдаккхархьама хууш долчу къомана.

106

Хьо хьайн Кхиош-кхобучуьнгара хьайн даг чу дуьллучунна тIаьхьахIотта‚ кхин Дела вац И воцург‚ генавала мушрикех.

107

Далла лиънехьара /Цуьнца/ накъост лоцур вацара цара‚ царна тIехь хехо ца вина Оха хьох‚ царна тIехь векала вац хьо.

108

Аш сийсаза ма бе Дела а витина, цара шайга кхойкхуш берш (ц1уш) – тIаккха цара мостагIаллица‚ цхьа а Iилма доцуш, Дела а сийсазвийр ву. Иштта хазйина Оха хIор умматана шен Iамал‚ тIаккха шайн Кхиош-кхобучуьнга ду церан дIадерзар‚ Цо дуьйцур ду царна цара деш хилларг.

109

Делаца чIогIа дуйнаш биира цара: шайга делил деъча‚ цунах тешанне а тешаза Iийр ма дац шаьш‚ аьлла. Ахь āла: "Делилаш Далла гергахь ду"‚ стенхоуьйту шуьга? – уьш деъча а, цара ийман дуьллур дац.

110

Церан дегнаш а‚ церан бIаьрса а хьийзадо Оха‚ уьш цунах (Къуръанах) юьхьанца ца тешаш ма хилла‚ буьту уьш шайн тиларчохь дIасауьйдуш.

111

Оха цаьрга маликаш доссош хиллехьара а‚ беллачара цаьрга къамел деш хиллехьара а‚ Оха царна массо а хIума шайн бIаргаш хьалха гулйина хиллехьара а – тIаккха а тешна хир бацара уьш‚ Далла лиъча а бен. Делахь а, царах дукхахберш ца хууш бу.

112

Иштта массо а пайхамарна мостагI хилийтира Оха адамийн а‚ жинийн а шайтIанех‚ цхьаболчара вукхеран дегнашка хаздина дешнаш кхуьссуш, уьш Iехорхьама. Хьан Кхиош-кхобучунна лиъна хиллехьара, и дина хир дацара цара. Бита уьш а‚ цара харц кхуллушдерг а.

113

Цу тIе эхартах цатешачеран дегнаш дахийтархьама а‚ цунна реза уьш хилийтархьама а‚ цаьрга гулдайтархьама а шаьш деш хилла долу къинош /битина уьш Дала/.

114

/Ахь āла/: "Дела воцчуьнгара лоьху ткъа ас хьукма? И ма ву шуьга къастош долу жайна доссийнарг". Оха шайна жайна деллачарна хаьа и хьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъонца доссош хилар. Хьо хиланне а ма хилалахь шеко еш болчарах.

115

Кхочушхилла хьан Кхиош-кхобучун дешнаш бакъодлчуьнца а‚ нийсонца а. Цуьнан дешнаш хийца цхьа а вац. И ша хезаш верг а‚ хууш верг а ву.

116

Хьо муьтIахь хилахь лаьттахь болчарах дуккхахболчарна‚ Делан некъах тилор ву хьо цара. Уьш тIаьхьахIуьттуш ма бац шайна моьттуш долчунна а бен‚ уьш ма бац харцлуьйш бен.

117

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург – И ма ву дика хууш (вевзаш) Шен некъах тилавелларг‚ И дика хууш (бевзаш) ма ву нийсачу новкъахь берш.

118

Аш даа /бежнех/ шена тIехь /урс хьокхучу хенахь/ Делан цIе яьккхинчух‚ шаьш Цуьнан аятех тешаш хилла делахь.

119

Аш хIунда ца дуу шена тIехь Делан цIе яьккхичух? Цо шуна къаста ма дина Ша шуна хьарам динарг. Шу и ца диъча ца довлуш дерг доцург. Баккъалла а, дукхаберш /нах/ нийсачу некъах тилош ма бу шайн лаамашца‚ цхьа а Iилма доццушехь. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург – И ма ву дика бевзаш дозанех бевлларш.

120

Дита гучудаьлла къа а‚ гучу ца даьлларг а. Баккъалла а, шаьш къинош деш болчарна бекхам хир ма бу шаьш деш хиллачуьнца.

121

Аш ма даалашДелан цIе шена тIехь ца яьккхинчух. Иза, баккъалла а, фасикъаллаю. Баккъалла а, шайтIанаша дагатуьйсу шайн доттагIашна, цаьрга шуьца къийсийтархьама. Нагахь санна шу царна муьтIахь хилахь – /т1аккха/ шу хир ма ду мушрикаш.

122

Я ша хилларг велла‚ тIаккха Оха ша денвина‚ шена Оха нур хилийтина‚ цуьнца нахалахь лелаш верг тера вуй ша боданашкахь волчух‚ цу чуьра ша аравер воцчу? Иштта хаздина цатешачарна шаьш деш хилларг.

123

Иштта хилийтина Оха массо а юьртахь къинош леточеран тхьамданаш‚ цу чохь цаьрга мекарло яйта. Цара-м мекарло ца йо шайна а бен‚ царна хаа ца ло-кх.

124

Шайга делил (аят) деъча‚ цара олу: "Тхо тешар ма дац, Делан элчанашка деънарг саннарг тхайга ца дагIахь". Далла дика хаьа Ша элчаналла дала хьакъ верг. Къинош диначарах сийсазалла кхуьур ма ю Далла гергахь‚ чIогIа Iазап а /кхуьур ду/ шаьш хиларна мекарло еш.

125

Далла Шена нисван луучунна дог паргIатдоккхуисламана‚ Цо Шена тилавала вита луучунна дог чIогIа гатдо, стигла хьалаволучух терра. Иштта хилийтина Дала рижсцатешачарна тIехь.

126

ХIара бу хьан Кхиош-кхобучун некъ‚ нийса хилла болу. Къаста ма дина Оха аяташ хьехам тIелоцучу къомана.

127

Царна машаран цIаду шайн Кхиош-кхобучун гергахь. И ву церан доттагI уьш хиларна /дика/ Iамалш еш.

128

/Хьахаде:/ уьш берриге а гулбечу дийнахь/кхойкхур ду/: "ХIай жинийн тоба! Адамех доккха дāкъа схьалаьцна аш (дуккха адамаш тилийна аш)". Адамех церан доттагIаша эр ду: "Тхо Кхиош-кхобуш волу, тхан Дела‚ оха вовшашкара зовкх ийцира‚ Ахь тхуна хIоттийна йолу тхан Iожалла тIекхечира". Цо (Дала) элира: "/Жоьжахатин/ цIе ю шун чугIойла‚ даима цу чохь лаьтташ‚ Далла ма лиъна". Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург ма ву Ша хьукма /нийса/ деш верг а‚ хууш верг а.

129

Иштта цхьаболчу зуламхошка вуккхеран доладойту Оха цара карадеш хилла долчуьнца.

130

"ХIай жинийн а‚ адамийн а тоба! Шуьга ца баьхкина элчанаш шуна юккъера‚ шуьга дуьйцуш Сан аяташ‚ шуна хьехош (кхерам тасарца) хIокху шун денна дуьхьалкхетар?" Цара аьр: "Тхайна тIехь тешалла дина оха". Дуьненан дахаро Iехийра уьш‚ шайна тIехь тешалла дира цара, шаьш ца тешаш хилла, аьлла.

131

Иштта (элчанаш бохуьйтура Оха) хьан Кхиош-кхобург ца хилла дела зуламца ярташ хIаллакьеш, церан охIланна а ца хууш.

132

ХIоранна шен-шен дарж ду‚ ша динчух. Хьан Кхиош-кхобург ма вац тидаме оьцур доцуш цара деш дерг.

133

Хьан Кхиош-кхобург ву /цхьаннех/ ца возуш (халкъ а, цуьнан Iибадат а Шена ца хилча а мегаш)‚ къинхетам болуш а. Шена лаахь, шу х1аллакдийр ду Цо. Шул тIаьхьа Шена луург вуьтур ву‚ шу а Цо кхиийна хиларе терра кхечу къоман зуьрретах.

134

Баккъалла а, шуна хир ду аьлларг догIур долуш ду шуна‚ шун ницкъ кхочур ма бац и гIелдан (и духатоха).

135

Ахь āла: "ХIай сан къам! Шайн Iамал е аш шайн меттигашкахь‚ аса а йийр ю сайн Iамал‚ тIаьхьа хуур ду шуна‚ хьенан хир ю цIийнан тIаьхье (эхарт). Баккъалла а‚ баккхийбийр ма бац зуламхой".

136

Цара дира Далла Цо кхоьллинчу ялтех а‚ бежанех а дāкъа‚ элира (цара) "ХIара Далла ду" – царна моттарехь – "хIара вайн накъосташна ду". Церан накъосташна хилларг Дēле ца кхочу‚ Далла хилларг церан накъосташка кхочу – ма вон хилла цара деш долу хьукма.

137

Иштта хаздира дукхаболчу мушрикашна церан накъосташа – жинаша шайн бераш дайар (зудабераш, дийна долуш, лаьттах дохкар), уьш хIаллакбархьама а‚ царна шайн (ИсмаIилера схьадогIуш хилла долу) дин дохадайтархьама а. Далла лиъна хиллехьара, и дийр дацара цара‚ бита уьш а‚ цара /харц/ кхуллург а.

138

/Мушрикаша/ элира: "ХIара даьхни а‚ ялта а хьарам ду‚ и дуур дац вайна луъчо бен"‚ – иштта довдора цара‚ даьхни ду шайна тIехаар хьарам долуш /царна моттарехь/‚ даьхни ду цара шайна тIехь Делан цIе ца йоккхуш Цунна тIехь харцдерг кхоллархьама. ТIаккха бекхам бийр бу Цо царна цара /харцдерг/ тIекхуллуш хиларна.

138

/Мушрикаша/ элира: "ХIара даьхни а‚ ялта а хьарам ду‚ и дуур дац вайна луъчо бен"‚ – иштта довдора цара‚ даьхни ду шайна тIехаар хьарам долуш /царна моттарехь/‚ даьхни ду цара шайна тIехь Делан цIе ца йоккхуш Цунна тIехь харцдерг кхоллархьама. ТIаккха бекхам бийр бу Цо царна цара /харцдерг/ тIекхуллуш хиларна.

139

Цара элира: "ХIокху бежанийн гай чохь дергцIена ду вайн божаршна‚ хьарам ду вайн зударшна. Нагахь санна елладуьнена ялахь – уьш цу чохь /цхьанийсса/ декъахой бу". Цо (Дала) бекхам бийр бу царна шаьш кхуллуш долчунна тIехь. Баккъалла а, И хьикмате а ву /Ша дечу х1уманехь/‚ девзаш а ву /Шен халкъ/.

139

Цара элира: "ХIокху бежанийн гай чохь дергцIена ду вайн божаршна‚ хьарам ду вайн зударшна. Нагахь санна елладуьнена ялахь – уьш цу чохь /цхьанийсса/ декъахой бу". Цо (Дала) бекхам бийр бу царна шаьш кхуллуш долчунна тIехь. Баккъалла а, И хьикмате а ву /Ша дечу х1уманехь/‚ девзаш а ву /Шен халкъ/.

140

Эшаллехь биси Iовдаллалица‚ хууш хIума а доцуш‚ шайн бераш хIаллакбинарш‚ Дала шайна делла рицкъ шайна хьарамдинарш, Далла тIе харцдерг кхоллархьама. Тилабелла уьш‚ нийсачу новкъахь хила а ца хилла уьш.

140

Эшаллехь биси Iовдаллалица‚ хууш хIума а доцуш‚ шайн бераш хIаллакбинарш‚ Дала шайна делла рицкъ шайна хьарамдинарш, Далла тIе харцдерг кхоллархьама. Тилабелла уьш‚ нийсачу новкъахь хила а ца хилла уьш.

141

И ву кхиийнарг бошмаш‚ кхозуш йолу а‚ кхозуш йоцу а‚ хурманаш а‚ ораматаш а‚ шайн даар башха долуш‚ зайт-дитт а‚ нара – тера йолу а‚ тера йоцу а. Баа церан стоьмаш, уьш кхиъча‚ ялта чудерзочу дийнахь цуьнан хьакъ (закат) дIало. Кхоам ца беш ма дайа /шайгахь дерг/. Баккъалла а, Цунна ца беза хIуманан кхоам ца беш берш.

142

Бежанех ду – шуна мохь кхоьхьурш а‚ шуна кIеда моттхуьлурш а. Даа Дала шайна деллачу рицкъех‚ тIаьхьа ма хIитта шайтIанан гIулчашна. Баккъалла а, и шуна билггала мостагI ма ду.

143

/Схьаэца/ бархI боьршаниг а‚ стēниг а: уьстагIех а шишша‚ гезарех а шиша. Āлал (хаттал цаьрга): "Боьршаниг шиъ хьарам дина Цо (Дала) я стēниг шиъ дина‚ я шиннан а стечийн кийрахь дерг дина? Дийцал суна Iилманца‚ шаьш бакълуьйш хиллехь".

144

Эмкалех шиъ‚ бежнех шиъ – āлал /хIинца/: шиъ боьршаниг хьарам дина‚ я шиъ стēниг дина‚ я шиннан а стēчийн кийрахь дерг дина‚ я шу дара тешаш (дāкъа лоцуш) Дала шуна цуьнца весет деш?" Мила хир ву зуламе Далла тIе харцдерг кхуллучул, нах тилорхьама цхьа а Iилма доццушехь? Баккъалла а, Дала ца нисдо зуламе къам.

145

Ахь āла: "Суна ца карадо сайга даийтинчу ваьхьашкахьдуучунна даа хьарам динарг къеделларг доцург‚ я Iенаш долу цIий доцург, я хьакхин жижиг доцург‚ – тIаккха и рижс ю, – я шена тIехь/урс хьокхуш/ Дела воцчун цIе яьккхина цIена йоцу хIумайоцург. ТIкъа шена ницкъ бахь /мацалло/‚ къинах ларлуш‚ /Делан/ дозанах а ца волуш – /юур ю цо хьарамниг/. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург гечдеш верг ма ву‚ къинхетаме верг а ма ву.

146

Жуьгташна хьарам ма дира Оха массо а (екъаелла) берг йолу /дийнат/. Хьелех а‚ уьстагIех а, - Оха хьарам йира царна оцеран мохь, шайн букъах‚ я чокох летт йоцург‚ я даьIахках ийнарг йоцург. И бекхам бира Оха царна уьш тилбалар бахьанехь. Баккъалла а, тхо бакъ ду /Тхан хьукмашкахь./

147

Хьо цара харцвахь‚ āла: "Шун Кхиош-кхобург ву шортта къинхетам болуш‚ бухатохалур бац Цуьнан ницкъ къинош дечу къомах".

148

Делаца накъост лаьцначара эр ду: "Далла лиънехьара, Делаца накъост лоцур вацара оха а‚ тхан дайша а‚ хIумма а хьарам дийр дацара оха". Иштта харцдира /дин/ царал хьалха хиллачара а тхан ницкъ Iовшшалц. Āлал (хаттал цаьрга): "Шуьгахь дуй Iилма? Делахь, аш и тхуна гучудаккха. Шу тIаьхьахIуьттуш ма дац моттаргIашна а бен‚ шу ма дац харцлуьйш а бен ".

149

Āла: "Делехь ду кхоччуш делил. Лиънехьара, шу дерриге а нисдийр дара Цо".

150

Āла: "Балабе шайн тешаш‚ шаьш тешалла дийр долу‚ Дала и хьарам дина"‚−аьлла. Цара тешалла дахь‚ ахь ма делахь царца тешалла. Хьо тIаьхьа ма хIотталахь Тхан аяташ харцдиначеран а‚ эхартах цатешачеран а лааршна – уьш бу шайн Кхиош-кхобучуьнца /кхин накъостий/ нисбеш (мушрикаш).

151

Āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "Схьадуьйла‚ ас дуьйцур ду шун Кхиош-кхобучо шуна хьарам динарг: аш цуьнца цхьанна хIуманца накъост цалацар а‚ деца-ненаца дика хилар а. Шайн доьзалш ма байа мацаллах /кхоьруш/- Оха кхобур ду шу а‚ уьш а. Боьхачуннагерга ма гIолаш – цунах гучудаьллачух а‚ къайлаха долчух а. Са ма делаш, ша Дала хьарам дина долу‚ бакъонца бен. И ду Цо шуьга весет динарг, шу хиллархьама хьекъале.

152

Боберан даьхнина герга ма гIолаш дикачуьнца бен, и кхиъна даллалц. Терза нийса озалаш. Оха тIе ца дуьллу сина цунна ницкъ кхочург бен. Шаьш дийцахь‚ нийсо елаш (бакъдерг дийцалаш), гергара велахь а. Делаца йина ваIда кхочушъелаш. И ду Цо шуна шеца весет динарг, шу хилийтархьама ойла еш.

153

ХIара Сан некъ бу нийса берг – тIаьхьахIитта цунна‚ тIаьхьа ма хIитта кхечу некъашна – цара дIакъастор ду шу Цуьнан некъах. И ду шуна Цо (Дала) шеца весет динарг, шу хилийтархьама /Делах/ кхоьруш.

154

ТIаккха Мусага делира Оха жайна‚ ша диканиг диначунна /Тхан ниIмат/ кхочушдеш хилла долу‚ хIор хIуманна къастор хилла долу‚ нийса некъ а‚ къинхетам а хилла болу- уьш шайн Кхиош-кхобучуьнца цхьанакхетарх тешаш хила ма мегара.

155

ХIара а жайна /Къуръан/ ду. Оха доссийна и ша беркате а долуш‚ тIаьхьахIитта цунна‚ /Делах/ кхера – шух къинхетам бан мегара.

156

Аш ца алархьама: "Тхол хьалха хиллачу шина тобанедоссийна жайна‚ тхо хилла уьш Iамарх гIопал (тхуна ца 1ема уьш-тхан маттахь дац уьш".

157

Я аш ца алархьама: "Тхоьга доссийна хиллехьара жайна – царал а нийса хилла хир дара тхо". Еана шуьга билгало шун Кхиош-кхобучуьнгара‚ нийса некъ а‚ къинхетам а. Мила ву ткъа зуламе Делан аяташ харцдечул‚ царах /нах/ дIатилинчул? Бекхам бийр бу Оха Тхан аятех /нах/ дIатилинчарна вочу Iазапца цара уьш тилош хилар бахьанехь.

158

Хьовсур буй-те уьш шайга маликаш дахкаре я шайна Дела варе‚ я хьан Кхиош-кхобучун цхьадолу аяташ дахкаре? Хьан Кхиош-кхобучун цхьадолу аяташ даьхканчу дийнахь сина пайда бийр бац цуьнан иймано‚ ша хьалха тешна хилла дацахь я шен ийман чохь гулдина диканиг дацахь. Ахь āла: "Хьовсуш Iе шу – тхо а хьовсуш ду".

159

Баккъалла а, шайн дин декъна хилларш‚ тобанаш хилларш– хьо царах ма вац хьуна цхьанна хIуманна тIехь‚ церан гIуллакх Деле ду. ТIаккха Цо дуьйцур ду цаьрга цара деш хилларг.

160

Диканиг деъначунна −цунна итт цунах тераниг ду. Вониг деъначунна – бекхам хир бац цунах терачуьнца бен. Царна зулам дийр дац.

161

Ахь āла: "Баккъалла а, со нисвина сан Кхиош-кхобучо нийсачу новкъа‚ мехала (нийса) дин хуьлуйтуш‚ доггах /и бакъдина/ тIевирзина хилла волчу ИбрахIиман миллатах хуьлуьйтуш. И /ИбрахIим/ ца хилла мушрикех".

162

Āла: "Сан ламаз а‚ сан Iибадат а‚ сан денвалар а‚ сан валар а – Далла ду‚ Iаламийн Да хилла волчу.

163

Накъост вац цуьнан. Цуьнца омра дина суна‚ со хьалхара муьтIахь верг ву".

164

Ахь āла: "АллахI воцург /кхин/ лоху ас Кхиош-кхобург (Дела)? И ма ву массо а хIуманан Кхиош-кхобург. Карор ма дац хIор синна шена тIехь дерг бен. Хьур ма бац хьочо кхечуьнан мохь. ТIаккха шун дIадерзар шун Кхиош-кхобучуьнга ма ду – Цо дуьйцур ма ду шуна шу шена чохь хилпало еш хилларг.

165

И ма ву шух хилийтинарг лаьттан тIаьхье‚ шух цхьаберш вукхарал даржаца айбинарг, шу зерхьама Ша шуна деллачуьнгахь. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург сиха ма ву таIзар дарехь‚ И гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ма ву.