Дерриге а Исламан библиотека

104 - The Traducer - Al-Humazah .

:1

Боккха бāла бу массо а /нахах/ луьйшволчунна а‚ /нах/сийсазабешволчунна а‚

:2

Ша /дуьненан/ хьал гулдеш хиллачу и дагардеш хиллачу‚ /массо а хIуманна дуьхьал/ иза кечдеш хиллачу.

:3

Иза моьттуш ву шен хьоло ша гуттар латтор ву /дуьненахь‚ ца волуьйтуш/?!

:4

ХIан-хIа! Иза кхоссанне а кхуссур ву кийсакаш еш йолчу хIуманна чу.

:5

Хьуна стено хаийтина‚ иза хIун кийсакаш еш йолу хIума ю?

:6

Делан цIе ю иза, латийна йолу‚

:7

Ша дегний тIе ер йолу.

:8

Баккъалла а, иза царна тIехь нартолйолуш хир ю‚

:9

Дахдинчу бIогIамаш тIехь.